53. Сурат АН-НАДЖМ

Седа
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 62 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Седах /дуй боу Ас/, иза /лакхара/ охьабужуш: وَالنَّجْمِ إِذَا هَوَى
2 Аят
Некъах д1а ца тили шун накъост (Мухьаммад-пайхамар)‚ гал а ца вели. مَا ضَلَّ صَاحِبُكُمْ وَمَا غَوَى
3 Аят
Цо ца дуьйцу шегара /шена дезарг/- وَمَا يَنطِقُ عَنِ الْهَوَى
4 Аят
Иза деккъа ваьхьий ду, цуьнга дIахоуьйтуш долу /Дала/. إِنْ هُوَ إِلَّا وَحْيٌ يُوحَى
5 Аят
Иза (Мухьаммад-пайхамар) Iамийна ша ницкъаца чIогIа долчо 1 . عَلَّمَهُ شَدِيدُ الْقُوَى
6 Аят
Шегахь ницкъ болчо. Иза (Джабраил-малик) нийсса дIахIоьттира 2 . ذُو مِرَّةٍ فَاسْتَوَى
7 Аят
Ша лекхачу анахь 3 долуш. وَهُوَ بِالْأُفُقِ الْأَعْلَى
8 Аят
ТIаккха иза гергахилира /Мухьаммад-пайхамарна адамийн куьцехь/‚ кхин тIех гергадера, /элчане ваьхьий дахьаш/. ثُمَّ دَنَا فَتَدَلَّى
9 Аят
Иза хилира /гергахь/ шина Iадан барамехь‚ я кхин а герга. فَكَانَ قَابَ قَوْسَيْنِ أَوْ أَدْنَى
10 Аят
Иштта ваьхьий дахьийтира Цо Шен лега‚ Ша дахьийтинарг. فَأَوْحَى إِلَى عَبْدِهِ مَا أَوْحَى
11 Аят
Харц ца дира /пайхамаран/ даго шена гинарг 4 . مَا كَذَبَ الْفُؤَادُ مَا رَأَى
12 Аят
Ткъа аш къуйсу цуьнца (пайхамарца) цунна гиначуьнца? أَفَتُمَارُونَهُ عَلَى مَا يَرَى
13 Аят
Цунна (Мухьаммад- пайхамарна) иза гира кхин а охьадоссарехь 5 (кхин цкъа дуссуш). وَلَقَدْ رَآهُ نَزْلَةً أُخْرَى
14 Аят
Чаккхенан /дозанан 6 / лотос- диттана гергахь. عِندَ سِدْرَةِ الْمُنْتَهَى
15 Аят
Цунна гергахь ю /ялсаманин/ чугIойлан беш. عِندَهَا جَنَّةُ الْمَأْوَى
16 Аят
/Мухьаммад-пайхамарна гира и дитт ша тамаше/ х1умнаша 7 хьулдечу хенахь. إِذْ يَغْشَى السِّدْرَةَ مَا يَغْشَى
17 Аят
ДIа ца тилина /пайхамаран/ бIаьрса‚ дозанах ца даьлла 8 . مَا زَاغَ الْبَصَرُ وَمَا طَغَى
18 Аят
Цунна гира шен Кхиош-Кхобучун даккхийчу аятех /аяташ/ 9 . لَقَدْ رَأَى مِنْ آيَاتِ رَبِّهِ الْكُبْرَى
19 Аят
Аш дийцал суна Ал-латах а‚ Ал-Iуззах а, أَفَرَأَيْتُمُ اللَّاتَ وَالْعُزَّى
20 Аят
Кхин кхозлагIа Манатах 10 а. /Буй церан Делан санна ницкъ?/ وَمَنَاةَ الثَّالِثَةَ الْأُخْرَى
21 Аят
Ткъа шуна божабераш ду‚ Цунна зудабераш ду? أَلَكُمُ الذَّكَرُ وَلَهُ الْأُنثَى
22 Аят
Иза декъаза дāкъа ма ду. تِلْكَ إِذًا قِسْمَةٌ ضِيزَى
23 Аят
Уьш еккъа цIерш ю, аша а‚ шун дайша а техкина йолу. Дала цхьа а бакъо ца йоссийна /царах лаьцна/. Уьш тIаьхьахIуьттуш ма бу деккъа шайн мотталуш долчунна а‚ /шайн/ дегнашна дезачунна а. Цаьрга ма беана шайн Кхиош-Кхобучуьнгара нийса некъ. إِنْ هِيَ إِلَّا أَسْمَاء سَمَّيْتُمُوهَا أَنتُمْ وَآبَاؤُكُم مَّا أَنزَلَ اللَّهُ بِهَا مِن سُلْطَانٍ إِن يَتَّبِعُونَ إِلَّا الظَّنَّ وَمَا تَهْوَى الْأَنفُسُ وَلَقَدْ جَاءهُم مِّن رَّبِّهِمُ الْهُدَى
24 Аят
Я адамна шена дезарг ду? أَمْ لِلْإِنسَانِ مَا تَمَنَّى
25 Аят
Делан ю тIаьхьарниг (эхарт) а, хьалхарниг (дуьне) а. فَلِلَّهِ الْآخِرَةُ وَالْأُولَى
26 Аят
Маса малик ду стигалшкахь, шайн шапаIаташа хIумма а кIелхьардохур доцуш, Дала Шена луучунна пурба делчий бен‚ Иза резахилчий бен! وَكَم مِّن مَّلَكٍ فِي السَّمَاوَاتِ لَا تُغْنِي شَفَاعَتُهُمْ شَيْئًا إِلَّا مِن بَعْدِ أَن يَأْذَنَ اللَّهُ لِمَن يَشَاء وَيَرْضَى
27 Аят
Баккъалла а, эхартах цатешачара йоккху маликех зударийн цIе 11 . إِنَّ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ لَيُسَمُّونَ الْمَلَائِكَةَ تَسْمِيَةَ الْأُنثَى
28 Аят
Цуьнца цхьа а Iилма ма дац церан. Уьш тIаьхьахIуьттуш ма бу деккъа моттарна. Ткъа моттаро хIумма а хуьйцур дац бакъдолчух. وَمَا لَهُم بِهِ مِنْ عِلْمٍ إِن يَتَّبِعُونَ إِلَّا الظَّنَّ وَإِنَّ الظَّنَّ لَا يُغْنِي مِنَ الْحَقِّ شَيْئًا
29 Аят
Хьо дIаверза Тхан хьехамах юхаваьллачух‚ дуьненан дахар бен шена ца дезаш волчух. فَأَعْرِضْ عَن مَّن تَوَلَّى عَن ذِكْرِنَا وَلَمْ يُرِدْ إِلَّا الْحَيَاةَ الدُّنْيَا
30 Аят
Иза ду церан Iилманах кхиаран дарж. Баккъалла а, хьо Кхиош-Кхобург (хьан Дела) – Иза ву дика вевзаш Шен некъах тилавелларг а, Иза ву дика вевзаш ша нисвелларг а. ذَلِكَ مَبْلَغُهُم مِّنَ الْعِلْمِ إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ بِمَن ضَلَّ عَن سَبِيلِهِ وَهُوَ أَعْلَمُ بِمَنِ اهْتَدَى
31 Аят
Делан ду стигалшкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг Цо бекхам бархьама вон хиллачарна цара диначуьнца‚ Цо бекхам бан дика диначарна уггар дикачуьнца. وَلِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ لِيَجْزِيَ الَّذِينَ أَسَاؤُوا بِمَا عَمِلُوا وَيَجْزِيَ الَّذِينَ أَحْسَنُوا بِالْحُسْنَى
32 Аят
Ишттанаш бу уьш, шаьш генабовлуш къинойх даккхийчарах а‚ боьхучух а, кегийнаш бен /ца долуьйтуш шайгара/. Баккъалла а, хьо Кхиош-Кхобург Шегахь шортта гечдар долуш ву-кх. Иза дика хууш ву шух дерг шу Ша лаьттах кхуллучу хенахь а‚ шу шайн нанойн кийрахь хIу долчу хенахь а. Шаьш цIан ма де – Цунна дика вевзаш ву /Делах/ кхоьруш верг! الَّذِينَ يَجْتَنِبُونَ كَبَائِرَ الْإِثْمِ وَالْفَوَاحِشَ إِلَّا اللَّمَمَ إِنَّ رَبَّكَ وَاسِعُ الْمَغْفِرَةِ هُوَ أَعْلَمُ بِكُمْ إِذْ أَنشَأَكُم مِّنَ الْأَرْضِ وَإِذْ أَنتُمْ أَجِنَّةٌ فِي بُطُونِ أُمَّهَاتِكُمْ فَلَا تُزَكُّوا أَنفُسَكُمْ هُوَ أَعْلَمُ بِمَنِ اتَّقَى
33 Аят
Дийцал /хIай Мухьаммад/ цу /ийманах/ юхаваьллачух 12 . أَفَرَأَيْتَ الَّذِي تَوَلَّى
34 Аят
КIеззиг /сагIа/ делира цо‚ тIаккха юхаозавелира /сагIа лучух/. وَأَعْطَى قَلِيلًا وَأَكْدَى
35 Аят
Ткъа цуьнгахь ду те къайленан Iилма, цунна ган а гуш? أَعِندَهُ عِلْمُ الْغَيْبِ فَهُوَ يَرَى
36 Аят
Я цуьнга ца дийцина те Мусан хьарчоршкахь 13 (Таврата чохь) дерг? أَمْ لَمْ يُنَبَّأْ بِمَا فِي صُحُفِ مُوسَى
37 Аят
ИбрахIиман а /хьарчоршкахь 14 дерг/‚ ша кхочушдина хилла волчу /шена Дала тIедихкинарш/ وَإِبْرَاهِيمَ الَّذِي وَفَّى
38 Аят
/Цуьнга ца дийцина те/: хьур бац хьочо кхечун мохь 15 аьлла‚ أَلَّا تَزِرُ وَازِرَةٌ وِزْرَ أُخْرَى
39 Аят
Дац адамна ша къахьегнарг бен‚ аьлла‚ وَأَن لَّيْسَ لِلْإِنسَانِ إِلَّا مَا سَعَى
40 Аят
Цуьнан къахьегар тIаьхьа гур ду аьлла‚ وَأَنَّ سَعْيَهُ سَوْفَ يُرَى
41 Аят
ТIаьхьа хир бу цунна сов нийса болу бекхам аьлла‚ ثُمَّ يُجْزَاهُ الْجَزَاء الْأَوْفَى
42 Аят
Хьо Кхиош-Кхобучуьнга ю /хьан/ чаккхе аьлла‚ وَأَنَّ إِلَى رَبِّكَ الْمُنتَهَى
43 Аят
Баккъалла а, Иза ву воьлуьйтург а‚ /Иза ву/ воьлхуьйтург аьлла. وَأَنَّهُ هُوَ أَضْحَكَ وَأَبْكَى
44 Аят
Баккъалла а, Иза ву волуьйтург а‚ /Иза ву/ денвийриг аьлла‚ وَأَنَّهُ هُوَ أَمَاتَ وَأَحْيَا
45 Аят
Баккъалла а, Цо кхоьллина шишша – боьрша а‚ стен а аьлла وَأَنَّهُ خَلَقَ الزَّوْجَيْنِ الذَّكَرَ وَالْأُنثَى
46 Аят
/Цхьана/ тIадамах, иза кхет ча /ненан кийрахь долчу беран цIа чу/‚ аьлла. مِن نُّطْفَةٍ إِذَا تُمْنَى
47 Аят
Цунна тIехь кхин цхьа кхоллар (белларш денбар) ду аьлла. وَأَنَّ عَلَيْهِ النَّشْأَةَ الْأُخْرَى
48 Аят
Баккъалла а, Иза ву аьлла‚ (адам) хьоле деш верг а‚ /цуьнга рицкъаца/ кхачо йойтуш верг а 16 . وَأَنَّهُ هُوَ أَغْنَى وَأَقْنَى
49 Аят
Баккъалла а, Иза ву Сириус 17 цIе йолу седа Кхобург (цуьнан Дела а) аьлла. وَأَنَّهُ هُوَ رَبُّ الشِّعْرَى
50 Аят
Баккъалла а, Иза ву аьлла, Ша хIаллакбинарг хьалхалера Iадаш. وَأَنَّهُ أَهْلَكَ عَادًا الْأُولَى
51 Аят
Самудаш а‚ /цхьа а/ буха ца витира /царах/‚ وَثَمُودَ فَمَا أَبْقَى
52 Аят
Нухьан къам а хьалха. Баккъалла а, уьш хилира вуно зуламе а‚ вуно дозанех бевлла а. وَقَوْمَ نُوحٍ مِّن قَبْلُ إِنَّهُمْ كَانُوا هُمْ أَظْلَمَ وَأَطْغَى
53 Аят
Муътафикат 18 а, хьалаяьккхина, охьатуьйхира Цо. وَالْمُؤْتَفِكَةَ أَهْوَى
54 Аят
Д1ахьулйира иза (Лут1ан къоман юрт) ша д1ахьулйечо (даккхий т1улгаш дийгира стиглара). فَغَشَّاهَا مَا غَشَّى
55 Аят
Хьан Кхиош-Кхобучун муьлхачу ниIматаца къуьйсу ахь‚ /хIай адам/? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكَ تَتَمَارَى
56 Аят
ХIара (Мухьаммад-пайхамар) кхерамча 19 ву, хьалхалерчу кхерамчех волуш. هَذَا نَذِيرٌ مِّنَ النُّذُرِ الْأُولَى
57 Аят
ТIекхечи цIеххьана тIекхочург (къематде). أَزِفَتْ الْآزِفَةُ
58 Аят
Ма вац цунна Дела воцург (и царна ца дойтуш) сацон верг. لَيْسَ لَهَا مِن دُونِ اللَّهِ كَاشِفَةٌ
59 Аят
Ткъа цу хабарх а цецдовлу шу? أَفَمِنْ هَذَا الْحَدِيثِ تَعْجَبُونَ
60 Аят
Доьлу шу? Ца доьлху шу? وَتَضْحَكُونَ وَلَا تَبْكُونَ
61 Аят
Ма г1опал ду шу (шайга дуьйцург тидаме ца оьцуш, хан эрна йойуш)! وَأَنتُمْ سَامِدُونَ
62 Аят
Аш Далла сужуд де‚ /Цунна/ Iибадат а де! فَاسْجُدُوا لِلَّهِ وَاعْبُدُوا
1 Джабраил- малико. Цо доссийна Делера вайн пайхамаре Къуръан.
2 Шен бакъдолчу маликийн суртехь. Джабраил-малик дог1уш хилла вайн элчанна т1е а, цул хьалха кхечу пайхамаршка а адамийн суртехь. Мухьаммад-пайхамаро ﷺ дийхира цуьнга, иза гайтахьара шена Дала кхоьллинчу (маликийн) суртехь аьлла. Цо гайтира ша шен бакъ долчу суртехь шозза: цкъа лаьттахь, цкъа стигалахь.
3 Ана – горизонт. Генарчу анахь малхбалехула гучуделира Джабраил-малик пайхамарна шен бакъ долчу куьцехь, иза Хьираъ олучу хьехьа чохь волуш. Цо даржийра шен т1емаш – цара малхбале а, малхбузе а д1ахьулйира. Делан элча, иэсах ваьлла, охьавуьйжира. Т1аккха доьссира и адамийн куьцехь, цо пайхамар шен мара воьллира, цуьнан юьхьа т1ера чан а д1аяьккхира.
4 Шена б1аьрга гина хилла долчу Джабраил-маликан бакъ долу маликийн куц.
5 Дала стигал ваьккхинчу буса Делан 1аршан гергахь юха а гира Делан элчанна Джабраил-малик шен бакъ долчу маликийн куьцехь.Иштта шозза гира и цунна цу кепара. Кхин цхьанна а пайхамарна ца гина Джабраил-малик шен бакъ долчу маликийн куьцехь.
6 Чаккхенан дитт – ворх1алг1ачу стиглахь 1аршан гергахь долу набакъ тайпан дитт, лотос диттан хьесапехъ ( акха ююба олучу диттан тайпа). Тафсиран 1еламнаха боху: цуьнан орамех схьадолу хиш, и лаьтташ ду 1аршан аьтту аг1орахь. Чаккхенан дитт олу цунах цигахь Дала мел кхоьллинчу халкъийн (царна юккъехь массо а маликийн а) 1илма чекхдолу дела. Цуьнан дехьахь дерг цхьана Далла а бен ца хаьа.
7 Тамаше х1уманаш – кхузахь: Делан элчанна ﷺ гира и дитт иза Делан нуро хьулдинчу хенахь, цунна т1е гулделла тасбихь деш олхазарийн куьцехь маликаш долуш; нах Ка1банна зиярате бог1уш санна, цига зиярате дог1у Делан халкъ.
8 Оцу меттехь аьтту аг1ор я аьрру аг1ор д1а ца хьаьвзи пайхамаран б1аьрса, шена гойтуш йолчу тамаше х1уманаш йоцчу кхечу метте ца хьоьжура пайхамар – и цуьнан хазчу г1иллакхех дара.
9 Везчу Дала Мухьаммад-пайхамар ﷺ стигал ваьккхича, гайтира цунна даккхий 1аламаташ: чаккхенан дитт (лотос), Ка1бин хьесапехь долу маликаша шен т1оп деш долу ц1а, ялсамани, жоьжахати, Джабраил-малик шен суртехь…
10 Ширчу Iарбаша шайна 1ибадат деш хилла йолу ж1араш (ц1уш): Ал-лат – Т1аиф ох1лан‚ Ал- Iузза – Г1ат1фан ох1лан (Валидан к1анта Халидо аьтта и)‚ Манат – хаза1ат тайпан, Маккин ох1лано шена 1ибадат деш хилла йолу.
11 Уьш Делан мехкарий бу олуш.
12 Делан хьехамах. Аль-Валид ибн Аль-МугIирас аьлла хилла цхьана ийман диллинчуьнга, цунна цхьа жима сагIа а делла‚ шен къинош а хьайна тIелаца аьлла. Дала боху‚ цхьаммо а кхечаран къа тIелоцур дац.
13 Хьарчорш – 1арбашха: صحف . Хьалха пайхамаршка Делера ваьхьий доссош хилла хьарчош хиллачу кехата я кхин х1уманна т1е яздина. Оьрсашха: свитки.
14 1еламнахана гергахь сацаделла ду кхечу пайхамаршка доссийнарш صحيفة (صحف ) сахьифат (дуккха – сухьуф)- хьарчораш (оьрсийха: свитки) хилла аьлла. Къуръано дуьйцуш долу Дала доссийна жайнаш ду: Таврат – Мусага, Забур – Давуде, Инжил – 1ийсага, Къуръан – Мухьаммаде, (цунна а, царна массарна а Делерв салам хуьлда).
15 Цхьамма а кхечунна т1ера къа схьаоьцур дац, х1ораммо ша лур ду шена т1ера жоп.
16 Сабунис وأنه هو أغني وأقني бохучун маь1на иштта дина: Дала хьал делла Шена луучунна, пекъар (миска) витина Шена луург.
17 Хьалха наха шена Iибадат деш хилла болу седа.
18 ЛутIан къоман ярташ (стигала яьхна, охьатоьхна, Делан омранца Джабраило хIаллакйина).
19 Цхьадолчу тафсирашкахь نذير назир – кхерамча бохучух Далла луург Къуръан ду аьлла ду.