54. Сурат АЛЬ-КЪАМАР

Бутт
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 55 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Гергадеана сахьт (къематде)‚ бутт ахбаьллера 1 . اقْتَرَبَتِ السَّاعَةُ وَانشَقَّ الْقَمَرُ
2 Аят
Шайна делил (муIжизат) гича а, уьш (цатешарш) юхабовлу /ийманах/‚ цара олу: "Дахделла бозбуунчалла ду". وَإِن يَرَوْا آيَةً يُعْرِضُوا وَيَقُولُوا سِحْرٌ مُّسْتَمِرٌّ
3 Аят
Цара харцдира /пайхамар ваийтар/‚ уьш тIаьхьабезира шайн дезаршна. Массо а гIуллакх /диканиг а‚ вониг а/ чIагIделла ду /шен тоьхна хан йолуш/. وَكَذَّبُوا وَاتَّبَعُوا أَهْوَاءهُمْ وَكُلُّ أَمْرٍ مُّسْتَقِرٌّ
4 Аят
Цаьрга деара май хабарш /хьалхалера Делах ца тешаш хилла болу нах хIаллакбарх лаьцна долу/‚ шайна чохь /уьш къинах/ юхаозар а долуш. وَلَقَدْ جَاءهُم مِّنَ الْأَنبَاء مَا فِيهِ مُزْدَجَرٌ
5 Аят
КIорггера хьикмат а /деара цаьрга/. Пайда ца бора кхерамаша (хьехамаша). حِكْمَةٌ بَالِغَةٌ فَمَا تُغْنِ النُّذُرُ
6 Аят
Генавала царах‚ /бита уьш/ кхойкхучо 2 ца дезачу хIумане шаьш кхойкху /къемат/де т1екхаччалц. فَتَوَلَّ عَنْهُمْ يَوْمَ يَدْعُ الدَّاعِ إِلَى شَيْءٍ نُّكُرٍ
7 Аят
БIаьргаш хьетIабаьлла /дукха кхерабаларна/, арабовлур бу уьш кешнашкара, даьржина цIоз санна خُشَّعًا أَبْصَارُهُمْ يَخْرُجُونَ مِنَ الْأَجْدَاثِ كَأَنَّهُمْ جَرَادٌ مُّنتَشِرٌ
8 Аят
/Шайга/ кхойкхуш волчунна /тIекхача/ сихбелла. /Эццахь/ цатешачара эр ду: "Ма хала де ду-кх хIара!" مُّهْطِعِينَ إِلَى الدَّاعِ يَقُولُ الْكَافِرُونَ هَذَا يَوْمٌ عَسِرٌ
9 Аят
Харцдира /дин/ царал (къурайшал) хьалха Нухьан къомо. Цара харцвира Тхан лай /Нухь/‚ элира: "Жинех ву иза"‚ цунна кхерамаш а тийсира (т1улгаш деттар ду, бохуш). كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍ فَكَذَّبُوا عَبْدَنَا وَقَالُوا مَجْنُونٌ وَازْدُجِرَ
10 Аят
ТIаккха цо кхийкхира ша Кхиош-Кхобучуьнга: "Баккъалла а, со эшийна (царна дуьхьало ян ницкъ ца кхочу сан) . Ахь гIо дехьа суна!" فَدَعَا رَبَّهُ أَنِّي مَغْلُوبٌ فَانتَصِرْ
11 Аят
ТIаккха Оха дIайиллира стигалан неIарш дIакхуьссуш долчу хица 3 . فَفَتَحْنَا أَبْوَابَ السَّمَاء بِمَاء مُّنْهَمِرٍ
12 Аят
Лаьттах схьадехира Оха хьосташ, хи вовшахкхийтира ша язделла хилла долчу омранна тIехь. وَفَجَّرْنَا الْأَرْضَ عُيُونًا فَالْتَقَى الْمَاء عَلَى أَمْرٍ قَدْ قُدِرَ
13 Аят
Оха дIаваьхьира иза (Нухь кемана тIехь) аннаш а‚ хьостамаш а долчу. وَحَمَلْنَاهُ عَلَى ذَاتِ أَلْوَاحٍ وَدُسُرٍ
14 Аят
Иза (кема) дIаихира Тхан бIаьргашна хьалха 4 ша харцвина 5 хиллачеран бекхамна. تَجْرِي بِأَعْيُنِنَا جَزَاء لِّمَن كَانَ كُفِرَ
15 Аят
Оха дитира иза 6 делил хилла‚ вуй цхьа а иза тергал деш верг? وَلَقَد تَّرَكْنَاهَا آيَةً فَهَلْ مِن مُّدَّكِرٍ
16 Аят
Муха дара Сан Iазап а‚ кхерамтасар а? فَكَيْفَ كَانَ عَذَابِي وَنُذُرِ
17 Аят
Оха атта дира Къуръан дагалаца 7 . Вуй цхьа а дагалоцург? /1амаде и, ойла е цунах!/ وَلَقَدْ يَسَّرْنَا الْقُرْآنَ لِلذِّكْرِ فَهَلْ مِن مُّدَّكِرٍ
18 Аят
Харцдира /дин/ Iадаша а. Муха хилира Сан Iазап а‚ кхерамтасар а? كَذَّبَتْ عَادٌ فَكَيْفَ كَانَ عَذَابِي وَنُذُرِ
19 Аят
Оха бахийтира царна шок лоькху мох дахделлачу декъазчу дийнахь. إِنَّا أَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ رِيحًا صَرْصَرًا فِي يَوْمِ نَحْسٍ مُّسْتَمِرٍّ
20 Аят
Цо схьабохура нах /шаьш болчуьра/, уьш буьсуш /лаьттах/ схьадохуш долу хурманан диттийн орамаш санна. تَنزِعُ النَّاسَ كَأَنَّهُمْ أَعْجَازُ نَخْلٍ مُّنقَعِرٍ
21 Аят
Муха хилира Сан Iазап а‚ кхерамтасар а? فَكَيْفَ كَانَ عَذَابِي وَنُذُرِ
22 Аят
Оха атта дира Къуръан дагалаца. Вуй цхьа а дагалоцург? وَلَقَدْ يَسَّرْنَا الْقُرْآنَ لِلذِّكْرِ فَهَلْ مِن مُّدَّكِرٍ
23 Аят
Харцбира самудаша а кхерамаш (хьехамаш). كَذَّبَتْ ثَمُودُ بِالنُّذُرِ
24 Аят
Цара (самудаша) элира: "Тхайх цхьана адамна тIаьхьадезар ду тхо? ТIаккха-м хир ма дара тхо тилар чохь а‚ жинех а. فَقَالُوا أَبَشَرًا مِّنَّا وَاحِدًا نَّتَّبِعُهُ إِنَّا إِذًا لَّفِي ضَلَالٍ وَسُعُرٍ
25 Аят
/Цара элира/:"Вайна юккъера /деккъа/ цуьнга доссийна ваьхьий? ХIа-хIа! Иза ву-кх кураваьлла /сов/ харцлуьйш верг". أَؤُلْقِيَ الذِّكْرُ عَلَيْهِ مِن بَيْنِنَا بَلْ هُوَ كَذَّابٌ أَشِرٌ
26 Аят
Хуур ду царна кхана‚ мила ву кураваьлла /сов/ харцлуьйш верг. سَيَعْلَمُونَ غَدًا مَّنِ الْكَذَّابُ الْأَشِرُ
27 Аят
Оха йохуьйтур эмкал, царна питана хилла. Хьо хьажал цаьрга /хIай Салихь/‚ собаре а хилла. إِنَّا مُرْسِلُو النَّاقَةِ فِتْنَةً لَّهُمْ فَارْتَقِبْهُمْ وَاصْطَبِرْ
28 Аят
Āла цаьрга‚ хи декъна хир ду царна юкъахь: хIоранна а шен малар хир ду /шен хенахь/. وَنَبِّئْهُمْ أَنَّ الْمَاء قِسْمَةٌ بَيْنَهُمْ كُلُّ شِرْبٍ مُّحْتَضَرٌ
29 Аят
Цара кхайкхира шайн накъосте 8 ‚ Цо /шен куьйга/ схьаийцира /шаьлта/‚ /эмкална/ хьаькхира. فَنَادَوْا صَاحِبَهُمْ فَتَعَاطَى فَعَقَرَ
30 Аят
Муха хилира Сан Iазап а‚ кхерамтасар а? فَكَيْفَ كَانَ عَذَابِي وَنُذُرِ
31 Аят
Оха бахийтира царна тIе цхьа /чIогIа/ мохь – уьш /белла/ бисира, /шен бежнашна/ керт йинчун якъаелла /дечиган/ юьхкаш санна 9 . إِنَّا أَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ صَيْحَةً وَاحِدَةً فَكَانُوا كَهَشِيمِ الْمُحْتَظِرِ
32 Аят
Оха атта дира Къуръан дагалаца. Вуй цхьа а дагалоцург? وَلَقَدْ يَسَّرْنَا الْقُرْآنَ لِلذِّكْرِ فَهَلْ مِن مُّدَّكِرٍ
33 Аят
Харцбира ЛутIан къомо кхерамаш (хьехамаш). كَذَّبَتْ قَوْمُ لُوطٍ بِالنُّذُرِ
34 Аят
Оха бахийтира царна тIе тIулгаш хьош болу мох‚ ЛутIан доьзал юкъара- боккхуш. Уьш кIелхьарбаьхира Оха сатосуш إِنَّا أَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ حَاصِبًا إِلَّا آلَ لُوطٍ نَّجَّيْنَاهُم بِسَحَرٍ
35 Аят
Тхайгара къинхетамца. Иштта бекхам бо Оха шукур дечунна. نِعْمَةً مِّنْ عِندِنَا كَذَلِكَ نَجْزِي مَن شَكَرَ
36 Аят
Цо (ЛутIас) кхерам тесира царна Тхан ницкъаца – цара шеко йира кхерам тасарх. وَلَقَدْ أَنذَرَهُم بَطْشَتَنَا فَتَمَارَوْا بِالنُّذُرِ
37 Аят
Цуьнгара (ЛутIера) цуьнан хьеший схьабаха хьаьвсира уьш 10 – Оха бIаьрса схьаийцира церан‚ /элира/: "ХIинца Iовша шайна Сан Iазап а‚ Сан кхерам а". وَلَقَدْ رَاوَدُوهُ عَن ضَيْفِهِ فَطَمَسْنَا أَعْيُنَهُمْ فَذُوقُوا عَذَابِي وَنُذُرِ
38 Аят
Схьалецира уьш Iуьйранна чIагIделлачу Iазапо. وَلَقَدْ صَبَّحَهُم بُكْرَةً عَذَابٌ مُّسْتَقِرٌّ
39 Аят
"Iовша шайна Сан Iазап а‚ Сан кхерам а". فَذُوقُوا عَذَابِي وَنُذُرِ
40 Аят
Оха атта дира Къуръан дагалаца‚ вуй цхьа а дагалоцург? وَلَقَدْ يَسَّرْنَا الْقُرْآنَ لِلذِّكْرِ فَهَلْ مِن مُّدَّكِرٍ
41 Аят
ФирIавнан охIлана тIе а баьхкира кхерамчаш. وَلَقَدْ جَاء آلَ فِرْعَوْنَ النُّذُرُ
42 Аят
Цара харцдира Тхан аяташ дерриге а – Оха схьалецира уьш Веза волчун‚ ницкъ Болчун схьалацарца.

كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا كُلِّهَا فَأَخَذْنَاهُمْ أَخْذَ عَزِيزٍ مُّقْتَدِرٍ
43 Аят
Шун цатешарш дика бу царал /хIай къурайшаш/ я шу цIена хиларан бакъо ю Зубурий 11 чохь?

أَكُفَّارُكُمْ خَيْرٌ مِّنْ أُوْلَئِكُمْ أَمْ لَكُم بَرَاءةٌ فِي الزُّبُرِ
44 Аят
Я цара (Абу ДжахIла и санначара) олу: "Вай дерриг /цхьана хилча/, тоьлур ду /Мухьаммадал/"‚

أَمْ يَقُولُونَ نَحْنُ جَمِيعٌ مُّنتَصِرٌ
45 Аят
Берриг /уьш/ эшор бу – бовдур бу уьш 12 .

سَيُهْزَمُ الْجَمْعُ وَيُوَلُّونَ الدُّبُرَ
46 Аят
ХIаъ‚ сахьт (къематде) ду царна тоьхна хан. И сахьт вуно ирча а ду‚ вуно къаьхьа а ду.

بَلِ السَّاعَةُ مَوْعِدُهُمْ وَالسَّاعَةُ أَدْهَى وَأَمَرُّ
47 Аят
Баккъалла а, къинош динарш /дуьненахь/ хьере а‚ /эхартахь/ жоьжахатин цIергахь богур болуш ма бу 13 .

إِنَّ الْمُجْرِمِينَ فِي ضَلَالٍ وَسُعُرٍ
48 Аят
Оцу дийнахь уьш такхор ма бу шайн яххьаш тIехь цIерга. /Эр ду/: "Iовша шайна сакъарах 14 хьакхадалар!"

يَوْمَ يُسْحَبُونَ فِي النَّارِ عَلَى وُجُوهِهِمْ ذُوقُوا مَسَّ سَقَرَ
49 Аят
Оха массо а хIума кхоьллина шен барамехь.

إِنَّا كُلَّ شَيْءٍ خَلَقْنَاهُ بِقَدَرٍ
50 Аят
Тхан омра-м цхьа /дош/ бен дац, бIаьрг- негIар тохар санна.

وَمَا أَمْرُنَا إِلَّا وَاحِدَةٌ كَلَمْحٍ بِالْبَصَرِ
51 Аят
Оха хIаллакйира шух тера тобанаш – вуй цхьа а дагалоцург?

وَلَقَدْ أَهْلَكْنَا أَشْيَاعَكُمْ فَهَلْ مِن مُّدَّكِرٍ
52 Аят
Массо а цара дина долу хIума Зубурий чохь ду.

وَكُلُّ شَيْءٍ فَعَلُوهُ فِي الزُّبُرِ
53 Аят
Массо а жиманиг‚ массо а доккханиг дIаязделла ду.

وَكُلُّ صَغِيرٍ وَكَبِيرٍ مُسْتَطَرٌ
54 Аят
Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш бошмашна чохь а‚ хишкахь а хир бу,

إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي جَنَّاتٍ وَنَهَرٍ
55 Аят
Бакъдерг 15 долчохь‚ Ницкъ болчу Паччахьан (Делан) гергахь /хир бу уьш/. فِي مَقْعَدِ صِدْقٍ عِندَ مَلِيكٍ مُّقْتَدِرٍ
1 Пайхамара гайтина муIжизат – Дала цуьнан дехарца (ткъа цуьнга цатешачара дийхийра: хьуо пайхамар велахь, бутт ахбаккха‚ аьлла) бутт ахбалийтира.
2 Исрафил-малико сур локху де даллалц.
3 Нуьцкъала дог1а делхийтира.
4 Тхан баьргашна хьалха – Оха тидам барца.
5 Нухь – и харцвина вара цуьнан къомо.
6 Хи далар а; Нухь а‚ цуьнан охIла кIелхьардаккхар.
7 Къуръанан му1жизатех ду и дагахь 1ама луучунна и атта дагахь дисар. Вайна гергахь дукха масалш ду, дукха кегий болчара, дукха заь1ап болчара Къуръан дагахь 1аморх доьзна.
8 Цуьнан цIе Къадар хилла‚ и валийра цара эмкална урс хьакха.
9 Кхузахь Дала церан хьал тардеш ду шен бежнашна акхаройх лардан к1охцалех а, дечигах а керт йинчух – уьш хьешна дакъаделла, дахкаделла дисна, цхьанна а х1уманна пайда боцуш.
10 ЛутI волчу деара кегийчу нехан суртехь ши малик. Царна питана лело гIерташ бара ЛутIан къоман нах.
11 Зубурш – кхузахь: Делера доьссина жайнаш.
12 Иштта хилира Бадрехь хиллачу тIамехь – керстанаш, дукха хиллехь а, эшийра.
13 Сабунис иштта даьстина и аят.
14 Жоьжахатин цIе.
15 Бакъдерг долчахь – шаьш реза болчу меттигехь, хазчу меттигехь.