55. Сурат АР-РАХЬМАН

Сов къинхетаме верг
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 78 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Сов къинхетаме верг. الرَّحْمَنُ
2 Аят
Цо Iамадина /Шен пайхамарна/ Къуръан. عَلَّمَ الْقُرْآنَ
3 Аят
Цо кхоьллина адам. خَلَقَ الْإِنسَانَ
4 Аят
Цо Iамадина цунна (адамна) хаар. عَلَّمَهُ الْبَيَانَ
5 Аят
Малх а‚ бутт а /Цуьнан/ хьесапца /дIасалелаш/ бу. الشَّمْسُ وَالْقَمَرُ بِحُسْبَانٍ
6 Аят
Седа 1 а‚ дитт а /Цунна/ сужуд деш ду. وَالنَّجْمُ وَالشَّجَرُ يَسْجُدَانِ
7 Аят
Стигал – Цо иза аййина‚ мийза-терза дIахIоттийна. وَالسَّمَاء رَفَعَهَا وَوَضَعَ الْمِيزَانَ
8 Аят
Шуьга харцо ца яйта /терзанца/ озарехь. أَلَّا تَطْغَوْا فِي الْمِيزَانِ
9 Аят
Озар-дустар хIоттаде нийсонца‚ эша ма де терза! وَأَقِيمُوا الْوَزْنَ بِالْقِسْطِ وَلَا تُخْسِرُوا الْمِيزَانَ
10 Аят
Латта а дIадаржийна Цо /Шен/ Iаламна! وَالْأَرْضَ وَضَعَهَا لِلْأَنَامِ
11 Аят
Цунна (лаьтта) тIехь стоьмаш схьабовлу‚ кедалгаш долу хурманан дитт а /схьадолу/. فِيهَا فَاكِهَةٌ وَالنَّخْلُ ذَاتُ الْأَكْمَامِ
12 Аят
Ча-гIад долу 2 буьртигаш а, хаза хьожа йолу баццаш а /схьайолу лаьттах/. وَالْحَبُّ ذُو الْعَصْفِ وَالرَّيْحَانُ
13 Аят
Т1аккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо 3 ? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
14 Аят
Цо кхоьллира адам бекъачу поппарх, кхийра пхьегIа санна (поппаран пхьегIа санна). خَلَقَ الْإِنسَانَ مِن صَلْصَالٍ كَالْفَخَّارِ
15 Аят
Цо кхоьллира жин кIур ца болучу (цIеначу) цIерах. وَخَلَقَ الْجَانَّ مِن مَّارِجٍ مِّن نَّارٍ
16 Аят
Т1аккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
17 Аят
Шина 4 малхбален а Дела ву Иза‚ шина малхбузен а Дела ву. رَبُّ الْمَشْرِقَيْنِ وَرَبُّ الْمَغْرِبَيْنِ
18 Аят
Т1аккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
19 Аят
Цо паргIатбитира Ши хIорд /дуьра берг а‚ теза берг а/ вовшашца цхьаьнакхета. مَرَجَ الْبَحْرَيْنِ يَلْتَقِيَانِ
20 Аят
Царна шинна юккъехь дуьхьало ю, уьш вовшашна тIе ца кхийда. بَيْنَهُمَا بَرْزَخٌ لَّا يَبْغِيَانِ
21 Аят
Т1аккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
22 Аят
Схьадолу цу шина /хIордах/ луълуъ а‚ маржан а. يَخْرُجُ مِنْهُمَا اللُّؤْلُؤُ وَالْمَرْجَانُ
23 Аят
Т1аккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
24 Аят
Цуьнан ду хIордачухула дIасалела кеманаш, лекхачу лаьмнех тера. وَلَهُ الْجَوَارِ الْمُنشَآتُ فِي الْبَحْرِ كَالْأَعْلَامِ
25 Аят
Т1аккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
26 Аят
Массо а цу /лаьтта/ тIехь верг хIаллакьхир ву. كُلُّ مَنْ عَلَيْهَا فَانٍ
27 Аят
Юьсур ю хьан Кхиош-Кхобучун юьхь 5 ‚ Шегахь сийлахьалла а‚ коьмаьршалла а долу. وَيَبْقَى وَجْهُ رَبِّكَ ذُو الْجَلَالِ وَالْإِكْرَامِ
28 Аят
Т1аккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
29 Аят
Цуьнга доьху стигалшкахь а‚ лаьттахь а болчара. Х1ор дийнахь Иза гIуллакхехь 6 ву. يَسْأَلُهُ مَن فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ كُلَّ يَوْمٍ هُوَ فِي شَأْنٍ
30 Аят
Т1аккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
31 Аят
ТIаьхьа мукъадер 7 ду Тхо шуна, хIай жинаш а‚ адамаш а. سَنَفْرُغُ لَكُمْ أَيُّهَا الثَّقَلَانِ
32 Аят
Т1аккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
33 Аят
ХIай жинийн а‚ адамийн а гулам! Шайна магахь, стигалийн а‚ лаьттан а дозанашна дехьадовла‚ довлал! Шу довлалур-м дац цхьана бакъонца 8 а бен. يَا مَعْشَرَ الْجِنِّ وَالْإِنسِ إِنِ اسْتَطَعْتُمْ أَن تَنفُذُوا مِنْ أَقْطَارِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ فَانفُذُوا لَا تَنفُذُونَ إِلَّا بِسُلْطَانٍ
34 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
35 Аят
Шуна шинна тIе йоуьйтур ю /кIур боцчу/ цIеран алу а, кIур а. ГIо дийр дац шуна шинна. يُرْسَلُ عَلَيْكُمَا شُوَاظٌ مِّن نَّارٍ وَنُحَاسٌ فَلَا تَنتَصِرَانِ
36 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
37 Аят
Стигал йедича‚ иза юьсур ю цIиелла, басар санна. فَإِذَا انشَقَّتِ السَّمَاء فَكَانَتْ وَرْدَةً كَالدِّهَانِ
38 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
39 Аят
Оцу дийнахь шен къинах хоттур ма дац адаме а‚ жине а 9 . فَيَوْمَئِذٍ لَّا يُسْأَلُ عَن ذَنبِهِ إِنسٌ وَلَا جَانٌّ
40 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
41 Аят
Къинош динарш бевзар бу шайн билгалонашца а‚ схьалоьцур бу кIужалшца а‚ когашца а. يُعْرَفُ الْمُجْرِمُونَ بِسِيمَاهُمْ فَيُؤْخَذُ بِالنَّوَاصِي وَالْأَقْدَامِ
42 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
43 Аят
ХIара ю и жоьжахати, къинош летийначара ша харцъеш хилла йолу. هَذِهِ جَهَنَّمُ الَّتِي يُكَذِّبُ بِهَا الْمُجْرِمُونَ
44 Аят
Цара гонаш бохур бу цунна а, цIийдинчу хинна а юккъехула. يَطُوفُونَ بَيْنَهَا وَبَيْنَ حَمِيمٍ آنٍ
45 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
46 Аят
Шен Кхиош-Кхобучунна хьалха хIоттарх кхийринчунна /ялсаманин/ ши беш хир ю. وَلِمَنْ خَافَ مَقَامَ رَبِّهِ جَنَّتَانِ
47 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
48 Аят
Гаьннаш долуш /ю и ши ялсаманин беш/. ذَوَاتَا أَفْنَانٍ
49 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
50 Аят
Цу чохь оьхуш ши шовда ду. فِيهِمَا عَيْنَانِ تَجْرِيَانِ
51 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
52 Аят
Цу шина /ялсамани/ чохь хIор стоьмах ши тайпа бу. فِيهِمَا مِن كُلِّ فَاكِهَةٍ زَوْجَانِ
53 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
54 Аят
Уьш (дика Iамалш йинарш) хир бу маьнгана тIе тевжина‚ /цу маьнганийн/ чоь езадарех йина йолуш. Цу ялсамани чохь /стоьмаш/ баха гергахь хир бу. مُتَّكِئِينَ عَلَى فُرُشٍ بَطَائِنُهَا مِنْ إِسْتَبْرَقٍ وَجَنَى الْجَنَّتَيْنِ دَانٍ
55 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
56 Аят
Цу /ялсамани/ чохь бIаьрг оьзда мехкарий хир бу‚ шайх царал хьалха цхьа а адам а‚ жин а хьакхаделла боцу. فِيهِنَّ قَاصِرَاتُ الطَّرْفِ لَمْ يَطْمِثْهُنَّ إِنسٌ قَبْلَهُمْ وَلَا جَانٌّ
57 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
58 Аят
Шаьш якъут а‚ маржан санна хир бу уьш. كَأَنَّهُنَّ الْيَاقُوتُ وَالْمَرْجَانُ
59 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
60 Аят
Ткъа диканан бекхам дика а бен дуй? هَلْ جَزَاء الْإِحْسَانِ إِلَّا الْإِحْسَانُ
61 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
62 Аят
И шиъ йоцург кхин ши беш хир ю. وَمِن دُونِهِمَا جَنَّتَانِ
63 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
64 Аят
ТаьIна баьццара босахь /ю и ши беш/. مُدْهَامَّتَانِ
65 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
66 Аят
Царна чохь хи кхуьссуш ши шовда хир ду. فِيهِمَا عَيْنَانِ نَضَّاخَتَانِ
67 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
68 Аят
Царна чохь стоьмаш хир бу‚ хурма а‚ нар а хир ю. فِيهِمَا فَاكِهَةٌ وَنَخْلٌ وَرُمَّانٌ
69 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
70 Аят
Царна чохь дика‚ хаза мехкарий хир бу. فِيهِنَّ خَيْرَاتٌ حِسَانٌ
71 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
72 Аят
Iаьржа бIаьргаш болуш‚ хьажар лоцу долу мехкарий 10 хир бу четаршкахь. حُورٌ مَّقْصُورَاتٌ فِي الْخِيَامِ
73 Аят
ТIаккха шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
74 Аят
Шайх царал хьалха цхьа а адам а‚ жин а хьакхаделла боцу. لَمْ يَطْمِثْهُنَّ إِنسٌ قَبْلَهُمْ وَلَا جَانٌّ
75 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
76 Аят
Шаьш тIетевжина болуш баьццарчу гIайбаний‚ хазаллех буьззинчу кузашний а. مُتَّكِئِينَ عَلَى رَفْرَفٍ خُضْرٍ وَعَبْقَرِيٍّ حِسَانٍ
77 Аят
ТIаккха а шайн Кхиош-Кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо? فَبِأَيِّ آلَاء رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
78 Аят
Беркате хилла хьан Кхиош-Кхобучун цIе‚ Шегахь сийлахьалла а‚ комаьршалла а долу. تَبَارَكَ اسْمُ رَبِّكَ ذِي الْجَلَالِ وَالْإِكْرَامِ
1 Седа – Iарбашха: نجم (наджмун). Цуьнан кхин маь1на: г1ад доцу орамат. Ибн-Iаббаса цуьнца Далла луург лаьттах схьайолу яр ю аьлла, сацам бина .Кхечу цхьадолчу тафсиршкахь и нийса лерина.
2 КIа‚ хьаьжкаш и. дI. кх.
3 Аш шиммо – адамо а, жино а. ХIокху сурата тIехь кест – кеста иштта хотту Дала цу шинга – адаме а, жине а.
4 Вайна гучу кепехь бIаьстенан малх схьакхетаран (дIабузаран)‚ Iаьнан схьакхетаран (дIабузаран) меттиг.
5 Юьсур ю хьан Кхиош-кхобучун юьхь – Ибн-1аббаса аьлла Юьхь бохург Ша Дела бохург ду. Веккъа цхьа Дела бухавуьсур ву массо а х1ума х1аллакхиллачул т1аьхьа.
6 Шен халкъан г1уллакхаш кхочушдеш ву.
7 ТIаьхьа хьовсур ду Тхо аш диначуьнга,шун 1амалашка хьаьжна, бекхам бийр бу шуна.
8 Бакъонца – Делан омранца я Делан ницкъаца.
9 Иштта а бевзаш хир бу уьш шайн Iаламаташца, яххьаш Iаржъелла, хоттур дац, мила ву шух къинош динарг аьлла, и вевзаш волу дела.
10 Б1аьргаш хаза болуш, кхечарна т1е б1аьргаш ца бетташ, оьзда мехкарий хир бу ялсаманехь.