56. Сурат АЛЬ-ВАКЪИIА

Хилаза цадолург
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 96 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Ша хилаза ца долург 1 хилча‚ إِذَا وَقَعَتِ الْوَاقِعَةُ
2 Аят
И хилар харцдеш цхьа а /са/ ма дац. لَيْسَ لِوَقْعَتِهَا كَاذِبَةٌ
3 Аят
/Дукхахберш/ цо охьатаIор бу‚ /дукхахберш/ хьалабохур 2 ма бу. خَافِضَةٌ رَّافِعَةٌ
4 Аят
Латта ластийча, ласторца‚ إِذَا رُجَّتِ الْأَرْضُ رَجًّا
5 Аят
Лаьмнаш даржийча, даржорца‚ وَبُسَّتِ الْجِبَالُ بَسًّا
6 Аят
/Царах/ хилча дIасаяьржина чан. فَكَانَتْ هَبَاء مُّنبَثًّا
7 Аят
Шу а хилча кхаа декъе декъаделла: وَكُنتُمْ أَزْوَاجًا ثَلَاثَةً
8 Аят
Аьтту куьйган 3 дай – муьлш бу и аьтту куьйган дай? فَأَصْحَابُ الْمَيْمَنَةِ مَا أَصْحَابُ الْمَيْمَنَةِ
9 Аят
Аьрру куьйган дай – муьлш бу и аьрру куьйган 4 дай? وَأَصْحَابُ الْمَشْأَمَةِ مَا أَصْحَابُ الْمَشْأَمَةِ
10 Аят
/Ийманца дуьненахь/ хьалхабевлла хилларш – хир бу /ял шайна яларца къематдийнахь/ хьалхабевлла берш. وَالسَّابِقُونَ السَّابِقُونَ
11 Аят
Уьш хир бу /Далла/ гергахь أُوْلَئِكَ الْمُقَرَّبُونَ
12 Аят
НиIматийн бошмашкахь. فِي جَنَّاتِ النَّعِيمِ
13 Аят
Хьалхарчарах цхьа тоба‚ ثُلَّةٌ مِّنَ الْأَوَّلِينَ
14 Аят
ТIаьхьарчарах цхьа кIеззиг берш. وَقَلِيلٌ مِّنَ الْآخِرِينَ
15 Аят
/Деших‚ жовхIарех/ тегначу маьнганаш тIехь хир бу (уьш). عَلَى سُرُرٍ مَّوْضُونَةٍ
16 Аят
Царна тIетевжина‚ вовшашна дуьхьалбирзина. مُتَّكِئِينَ عَلَيْهَا مُتَقَابِلِينَ
17 Аят
Царна /гIуллакх деш/ тIехьийзар бу гуттар къона кегийрхой يَطُوفُ عَلَيْهِمْ وِلْدَانٌ مُّخَلَّدُونَ
18 Аят
Стаканашца‚ кIудалшца‚ /чагIаран/ шовданан кадаца – بِأَكْوَابٍ وَأَبَارِيقَ وَكَأْسٍ مِّن مَّعِينٍ
19 Аят
Кортош лозур дац церан цунах‚ бехар а бац уьш. لَا يُصَدَّعُونَ عَنْهَا وَلَا يُنزِفُونَ
20 Аят
Стоьмаш хир бу царна шаьш хаьржинчух‚ وَفَاكِهَةٍ مِّمَّا يَتَخَيَّرُونَ
21 Аят
Хьозанан жижиг хир ду царна шайна дукхадезачух‚ وَلَحْمِ طَيْرٍ مِّمَّا يَشْتَهُونَ
22 Аят
Iаьржа‚ баккхий (хаза) бIаьргаш болу мехкарий а хир бу‚ وَحُورٌ عِينٌ
23 Аят
Нуьцкъала Iалашдечу луълуъах тера болу – كَأَمْثَالِ اللُّؤْلُؤِ الْمَكْنُونِ
24 Аят
Цара деш хиллачун бекхаман дуьхьа ду иза. جَزَاء بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
25 Аят
Царна хезар дац цу чохь (ялсаманехь) даьсса хабарш а‚ къинош дина бохуш, бехкаш а – لَا يَسْمَعُونَ فِيهَا لَغْوًا وَلَا تَأْثِيمًا
26 Аят
Деккъа "Салам!" "Салам!" олу дош бен. إِلَّا قِيلًا سَلَامًا سَلَامًا
27 Аят
Аьтту куьйган дай – муьлш бу и аьтту куьйган дай? وَأَصْحَابُ الْيَمِينِ مَا أَصْحَابُ الْيَمِينِ
28 Аят
КIохцалш доцчу лотос диттийн юккъехь хир бу /уьш/‚ فِي سِدْرٍ مَّخْضُودٍ
29 Аят
ТIетта стоьмех дуьзначу тIалхь 5 дитташна юккъехь /хир бу/‚ وَطَلْحٍ مَّنضُودٍ
30 Аят
Дехха даьржинчу IиндагIехь хир бу‚ وَظِلٍّ مَّمْدُودٍ
31 Аят
Гуттар оьхучу хинна юккъехь хир бу‚ وَمَاء مَّسْكُوبٍ
32 Аят
Дуккха а стоьмашна юккъехь хир бу‚ وَفَاكِهَةٍ كَثِيرَةٍ
33 Аят
Шаьш царах хадор боцчу‚ духатухур боцчу‚ لَّا مَقْطُوعَةٍ وَلَا مَمْنُوعَةٍ
34 Аят
Хьалаайбинчу маьнганаш тIехь. وَفُرُشٍ مَّرْفُوعَةٍ
35 Аят
Баккъалла а, Оха кхиийна уьш 6 кхиорца‚ إِنَّا أَنشَأْنَاهُنَّ إِنشَاء
36 Аят
Оха хилийти уьш йоI-цIена 7 فَجَعَلْنَاهُنَّ أَبْكَارًا
37 Аят
Шайн марош дукхабезаш‚ цаьрца цхьанахенара‚ عُرُبًا أَتْرَابًا
38 Аят
Аьттачу куьйган дайшна /хир бу уьш/‚ لِّأَصْحَابِ الْيَمِينِ
39 Аят
/Уьш бу/: хьалхарчарах цхьа тоба‚ ثُلَّةٌ مِّنَ الْأَوَّلِينَ
40 Аят
Кхечарах цхьа тоба. وَثُلَّةٌ مِّنَ الْآخِرِينَ
41 Аят
Аьрру куъйган дай – муьлш бу и аьрру куьйган дай? وَأَصْحَابُ الشِّمَالِ مَا أَصْحَابُ الشِّمَالِ
42 Аят
Уьш хир бу цIе еттачу махехь‚ цIийдинчу хи чохь‚ فِي سَمُومٍ وَحَمِيمٍ
43 Аят
Сов Iаьржачу дохкан IиндагIехь‚ وَظِلٍّ مِّن يَحْمُومٍ
44 Аят
Ша шийла доцчу‚ ша /дегIана/ там беш доцчу. لَّا بَارِدٍ وَلَا كَرِيمٍ
45 Аят
Баккъалла а, уьш ма бара оцул хьалха /дуьненахь/ зовкх хьоьгуш. إِنَّهُمْ كَانُوا قَبْلَ ذَلِكَ مُتْرَفِينَ
46 Аят
Уьш бара, къар ца луш, доккха къа 8 деш. وَكَانُوا يُصِرُّونَ عَلَى الْحِنثِ الْعَظِيمِ
47 Аят
Уьш бара олуш: “Тхо делча‚ тхох топпар (поппар) а‚ т1ехкаш (даьIахкаш) а хилча, тхо юха дендийр ду? 9 وَكَانُوا يَقُولُونَ أَئِذَا مِتْنَا وَكُنَّا تُرَابًا وَعِظَامًا أَئِنَّا لَمَبْعُوثُونَ
48 Аят
Я тхан хьалхалера дай /денбийр бу/?” أَوَ آبَاؤُنَا الْأَوَّلُونَ
49 Аят
Ахь āла: “Баккъалла а, хьалхалеранаш а‚ тIаьхьарнаш а, قُلْ إِنَّ الْأَوَّلِينَ وَالْآخِرِينَ
50 Аят
Гулбийр ма бу билгалчу /къемат/ дийнан тоьхначу ханна. لَمَجْمُوعُونَ إِلَى مِيقَاتِ يَوْمٍ مَّعْلُومٍ
51 Аят
ТIаккха, баккъалла а, аш‚ хIай тиладелларш‚/бакъдерг/ харцдийнарш‚ ثُمَّ إِنَّكُمْ أَيُّهَا الضَّالُّونَ الْمُكَذِّبُونَ
52 Аят
Дуур ма ду заккъум 10 диттах /стоьмаш/‚ لَآكِلُونَ مِن شَجَرٍ مِّن زَقُّومٍ
53 Аят
Юзор ма ю цунах /шайн/ гайш‚ فَمَالِؤُونَ مِنْهَا الْبُطُونَ
54 Аят
Цунна тIе /аш/ мер ма ду цIийдинчу хих‚ فَشَارِبُونَ عَلَيْهِ مِنَ الْحَمِيمِ
55 Аят
/Аш/ мер ма ду хьагъеллачу эмкалан малар.” فَشَارِبُونَ شُرْبَ الْهِيمِ
56 Аят
Иза ду царна кечдийнарг бекхаман дийнахь. هَذَا نُزُلُهُمْ يَوْمَ الدِّينِ
57 Аят
Оха кхоьллина шу‚ аш хIунда бакъ ца до /юхадендар къематдийнахь/? نَحْنُ خَلَقْنَاكُمْ فَلَوْلَا تُصَدِّقُونَ
58 Аят
Шуна ца го, шаьш хIу тосуш 11 ? أَفَرَأَيْتُم مَّا تُمْنُونَ
59 Аят
Аш кхуллуш ду иза /адам/ я Тхо ду кхуллурш? أَأَنتُمْ تَخْلُقُونَهُ أَمْ نَحْنُ الْخَالِقُونَ
60 Аят
Оха билгалдаьккхира шуна юккъехь валар‚ Тхо тIаьхьадуьсур дац نَحْنُ قَدَّرْنَا بَيْنَكُمُ الْمَوْتَ وَمَا نَحْنُ بِمَسْبُوقِينَ
61 Аят
Шу хийца шух терачарах‚ шу кхио шуна ца хуучу кепара. عَلَى أَن نُّبَدِّلَ أَمْثَالَكُمْ وَنُنشِئَكُمْ فِي مَا لَا تَعْلَمُونَ
62 Аят
Шуна девзира-май дуьххьарлера кхоллар‚ аш ойла хIунда ца йо? وَلَقَدْ عَلِمْتُمُ النَّشْأَةَ الْأُولَى فَلَوْلَا تَذكَّرُونَ
63 Аят
Шаьш дуьйш дерг (ялта) гой шуна? أَفَرَأَيْتُم مَّا تَحْرُثُونَ
64 Аят
Шу ду и /лаьттах/ кхуьуьйтуш, я Тхо ду и кхуьуьйтурш? أَأَنتُمْ تَزْرَعُونَهُ أَمْ نَحْنُ الزَّارِعُونَ
65 Аят
Тхуна лиънехьара‚ Оха екъа яр хуьлуьйтур яра цунах‚ шу цецдевлла дуьсур ма дара‚ /олуш/: لَوْ نَشَاء لَجَعَلْنَاهُ حُطَامًا فَظَلَلْتُمْ تَفَكَّهُونَ
66 Аят
"Баккъалла а, тхо декхарна кIел 12 ма диси. إِنَّا لَمُغْرَمُونَ
67 Аят
ХIаъ‚ тхо хIумма а доцуш ма диси". بَلْ نَحْنُ مَحْرُومُونَ
68 Аят
Шуна гой шаьш молуш долу хи? أَفَرَأَيْتُمُ الْمَاء الَّذِي تَشْرَبُونَ
69 Аят
Аш даийтина иза мархина юккъера, я Тхо ду и доуьйтурш? أَأَنتُمْ أَنزَلْتُمُوهُ مِنَ الْمُزْنِ أَمْ نَحْنُ الْمُنزِلُونَ
70 Аят
Тхуна лиънехьара, Оха и дуьра хуьлуьйтур дара /шуьга мала ца луш/‚ баркалла хIунда ца олу аш? لَوْ نَشَاء جَعَلْنَاهُ أُجَاجًا فَلَوْلَا تَشْكُرُونَ
71 Аят
Шуна гой цIе‚ шаьш латаеш йолу? أَفَرَأَيْتُمُ النَّارَ الَّتِي تُورُونَ
72 Аят
Аш кхиийна цуьнан дитт 13 , я Тхо ду и кхиош дерш? أَأَنتُمْ أَنشَأْتُمْ شَجَرَتَهَا أَمْ نَحْنُ الْمُنشِؤُونَ
73 Аят
Оха хилийтина иза /жоьжахатин цIе/ дагайоуьйтург а‚ яьссачу арахь болчарна пайда оьцу хIума а хилла (царна нах 1аш болу меттиг йовзуьйтуш). نَحْنُ جَعَلْنَاهَا تَذْكِرَةً وَمَتَاعًا لِّلْمُقْوِينَ
74 Аят
Хьайн сийлахь-воккха волчу Кхиош-Кхобучун цIе хастае (И массо а вочу х1уманах ц1анвеш)! فَسَبِّحْ بِاسْمِ رَبِّكَ الْعَظِيمِ
75 Аят
ТIаккха Ас дуй боу седарчий дIадузучу меттигах. فَلَا أُقْسِمُ بِمَوَاقِعِ النُّجُومِ
76 Аят
Баккъалла а, и дуй‚ шуна хаахьара‚ беза-боккха ма бу! وَإِنَّهُ لَقَسَمٌ لَّوْ تَعْلَمُونَ عَظِيمٌ
77 Аят
Баккъалла а, иза сийлахь Къуръан ма ду إِنَّهُ لَقُرْآنٌ كَرِيمٌ
78 Аят
Iалашдинчу жайни 14 чохь. فِي كِتَابٍ مَّكْنُونٍ
79 Аят
Цунах хьакха ца ло цIена 15 берш бен. لَّا يَمَسُّهُ إِلَّا الْمُطَهَّرُونَ
80 Аят
Охьадоьссина ду иза Iаламийн Дегара. تَنزِيلٌ مِّن رَّبِّ الْعَالَمِينَ
81 Аят
И хабар а ца лоруш ду шу? أَفَبِهَذَا الْحَدِيثِ أَنتُم مُّدْهِنُونَ
82 Аят
Шайна рицкъ даларна /Далла шукур дар/ шаьш /цуьнан/ ни1мат (дин) харцдар хуьлуьйту аш? وَتَجْعَلُونَ رِزْقَكُمْ أَنَّكُمْ تُكَذِّبُونَ
83 Аят
И (са арадолуш) къамкъарге кхаьчча‚ فَلَوْلَا إِذَا بَلَغَتِ الْحُلْقُومَ
84 Аят
Цу хенахь шу хьоьжуш долуш, /шуна и юхачудерзо мегар ма дацара/, وَأَنتُمْ حِينَئِذٍ تَنظُرُونَ
85 Аят
Тхо вуно гергахь ду цунна шул‚ делахь а шуна ца го. وَنَحْنُ أَقْرَبُ إِلَيْهِ مِنكُمْ وَلَكِن لَّا تُبْصِرُونَ
86 Аят
Шу ца хиллехьара /къематдийнахь/ шайгара бекхам оьцуш‚ فَلَوْلَا إِن كُنتُمْ غَيْرَ مَدِينِينَ
87 Аят
Аш духадерзор дара и /са/, шаьш бакъ луьйш хиллехь? تَرْجِعُونَهَا إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
88 Аят
Амма иза хиллехь /Далла/ гергарчарах‚ فَأَمَّا إِن كَانَ مِنَ الْمُقَرَّبِينَ
89 Аят
/ТIаккха цунна/ ду садаIар‚ дог парг1атдалар а‚ ниIматийн бошмаш а. فَرَوْحٌ وَرَيْحَانٌ وَجَنَّةُ نَعِيمٍ
90 Аят
Амма иза хиллехь аьтту куьйган дех – وَأَمَّا إِن كَانَ مِنَ أَصْحَابِ الْيَمِينِ
91 Аят
ТIаккха салам ду хьуна аьтту куьйган дайшкара. فَسَلَامٌ لَّكَ مِنْ أَصْحَابِ الْيَمِينِ
92 Аят
Амма иза хиллехь /дин/ харцдиначарах‚ тилабеллачарах – وَأَمَّا إِن كَانَ مِنَ الْمُكَذِّبِينَ الضَّالِّينَ
93 Аят
Цунна ду хьошалгIа тIелацар цIийделлачу хих‚ فَنُزُلٌ مِّنْ حَمِيمٍ
94 Аят
Жоьжатехь вагар а. وَتَصْلِيَةُ جَحِيمٍ
95 Аят
Баккъалла а, иза хьакъ-бакъдерг ду-кх! إِنَّ هَذَا لَهُوَ حَقُّ الْيَقِينِ
96 Аят
Ахь хастае хьайн сийлахь-воккхачу Кхиош-Кхобучун цIе (И массо а вочу х1уманах ц1анвеш)! فَسَبِّحْ بِاسْمِ رَبِّكَ الْعَظِيمِ
1 Къематде. И ц1е ю суратан а. Цуьнан дозаллах лаьцна Ибн-Мас1удах дийцина. Делан элчано ﷺ аьлла: «Х1ор буса ألواقعة сурат дешначух цкъа а мискалла хьакхалур яц».(Схьадаьккхина Хьафиз Абу- Йа1лас а, Ибн- 1асакиро а). Т1аьхьарчо Абу-Забиййатах дийцира: «1абдулла ибн-Мас1удах 1ожаллин цамгар кхетта хилла. Цуьнга хьажа веана хилла халиф 1усман бин 1аффан. Цо хаьттина цуьнга: «Х1ун арз ду хьан?»-аьлла. «Сан къинош»- жоп делира Ибн-Мас1уда. «Х1ун оьшур яра хьуна?»- хаьттира халифо. «Сан Делан къинхетам»- элира Ибн-Мас1уда. «Ас лор воуьйту хьуна»- элира 1усмана. «Х1ан-х1а! – жоп делира Ибн-Мас1уда.- Лоьро со цомгуш вина». «Ас хьуна совг1аташ ло, олий, омра до, - элира халифа, - хьол т1аьхьа хьан мехкаршна а оьшур ю х1ума». «Сан мехкаршна мискаллах кхоьру хьо?- хаьттира Ибн-Мас1уда. - Ас омра дина цаьрга, х1ор буса ألواقعة сурат деша аьлла. Суна хезира Делан элчано ﷺ олуш: Х1ор буса ألواقعة сурат дешначух цкъа а мискалла хьакхалур яц. Абу-Забиййит цкъа а и дешар д1а ца тесира».
2 Къинош динарш жоьжахате бохуьйтур бу‚ диканаш – ялсамане.
3 Дика Iамалш йинарш – цаьрга жайна аьтту куьйга лур ду.
4 Вон Iамал йинарш - цаьрга шайн жайна аьрру куьйга лур ду.
5 ТIалхь дитт – банан т1ейолу дитт‚ я шатайпа акацин дитт.
6 Хьурул Iинаш – ялсаманин мехкарий‚ нанас бина боцуш.
7 Цхьа а шайх хьакхавелла воцуш.
8 Делаца накъост лоцуш.
9 Бохуш‚ ца тешаш.
10 Заккъум дитт – жоьжахатин боьха хьожа йогIу дитт
11 Стеган зудчуьнца юкъаметтиг хилар бахьанехь бер кхолладалар.
12 Тхан лаьттах тесна хIу хIаллакьхилла.
13 Вовшаххьаькхича, цIе леташ долу.
14 1алашдинчу жайни чохь – хьулдинчу хийцамах лардинчу жайни чохь я Аль-лавхь аль –махьфуз чохь.Оцу аято гойту вайна Къуръан чохь хийцам хуьлийла доцийла къематде даллалц.
15 Къуръанах хьакхавала ца мега, ламаз карахь долуш бен.