59. Сурат АЛЬ-ХЬАШР

ДIалахкар
(Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 24 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Тасбихь дина Далла стигалшкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо а. Иза веза верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. سَبَّحَ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
2 Аят
Иза ву Ша арабаьхнарг жайнин охIлах цатешнарш 1 хьалхарчу дIалахкарехь 2 . Шуна ца моьттура уьш арабевр бу. Царна моьттура шайн /тIеман/ гIепаша лардийр ду шаьш Делах. Дела т1екхиира 3 царна шайна дага а ца догIучухула. Церан дегнашка кхерам тесира Цо, - дохадеш шайн цIенош шайн куьйгашца а‚ муъма нехан куьйгашца а. Хьехам хилийта шайна цунах‚ хIай бIаьрсадерш! هُوَ الَّذِي أَخْرَجَ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ مِن دِيَارِهِمْ لِأَوَّلِ الْحَشْرِ مَا ظَنَنتُمْ أَن يَخْرُجُوا وَظَنُّوا أَنَّهُم مَّانِعَتُهُمْ حُصُونُهُم مِّنَ اللَّهِ فَأَتَاهُمُ اللَّهُ مِنْ حَيْثُ لَمْ يَحْتَسِبُوا وَقَذَفَ فِي قُلُوبِهِمُ الرُّعْبَ يُخْرِبُونَ بُيُوتَهُم بِأَيْدِيهِمْ وَأَيْدِي الْمُؤْمِنِينَ فَاعْتَبِرُوا يَا أُولِي الْأَبْصَارِ
3 Аят
Дала царна ца яздинехьара махкара арабахар, Iазап дина хир дара царна дуьненахь. Царна эхартахь а цIеран Iазап ду. وَلَوْلَا أَن كَتَبَ اللَّهُ عَلَيْهِمُ الْجَلَاء لَعَذَّبَهُمْ فِي الدُّنْيَا وَلَهُمْ فِي الْآخِرَةِ عَذَابُ النَّارِ
4 Аят
Иза ду цара дуьхьало ярна Далла а‚ Делан элчанна а. Милла велахь а Далла дуьхьало еш верг - баккъалла а, Дела ч1ог1а ву-кх таIзар дарехь. ذَلِكَ بِأَنَّهُمْ شَاقُّوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَمَن يُشَاقِّ اللَّهَ فَإِنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ
5 Аят
Аш хадийна долу хурманан дитт‚ я дитина дерг шен орамаш тIехь 4 - Делан пурбанца ду‚ песакх нах сийсазбарна а. مَا قَطَعْتُم مِّن لِّينَةٍ أَوْ تَرَكْتُمُوهَا قَائِمَةً عَلَى أُصُولِهَا فَبِإِذْنِ اللَّهِ وَلِيُخْزِيَ الْفَاسِقِينَ
6 Аят
Дала Шен элчанна /аш т1ом ца беш / елла цаьргара 5 хIонс 6 - шуна ца кхийтира цунна тIаьхьа лахка говраш а‚ эмкалш а‚ амма Дала ло урхалла Шен элчанашка Шена луучунна тIехь. Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву. وَمَا أَفَاء اللَّهُ عَلَى رَسُولِهِ مِنْهُمْ فَمَا أَوْجَفْتُمْ عَلَيْهِ مِنْ خَيْلٍ وَلَا رِكَابٍ وَلَكِنَّ اللَّهَ يُسَلِّطُ رُسُلَهُ عَلَى مَن يَشَاء وَاللَّهُ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
7 Аят
Дала Шен элчанна яртийн нахера 7 схьаяьккхина елла хIонс ю Далла 8 ‚ Цуьнан элчанна‚ /пайхамаран/ гергарчарна‚ боберашна‚ мискачарна‚ некъахочунна шух хьал долчу нехан долахь ца хилийтархьама. Элчано деънарг схьаэца‚ цо ца магийнарг дита: Делах кхералаш. Баккъалла а, и Дела чIогIа ву-кх таIзар дарехь. مَّا أَفَاء اللَّهُ عَلَى رَسُولِهِ مِنْ أَهْلِ الْقُرَى فَلِلَّهِ وَلِلرَّسُولِ وَلِذِي الْقُرْبَى وَالْيَتَامَى وَالْمَسَاكِينِ وَابْنِ السَّبِيلِ كَيْ لَا يَكُونَ دُولَةً بَيْنَ الْأَغْنِيَاء مِنكُمْ وَمَا آتَاكُمُ الرَّسُولُ فَخُذُوهُ وَمَا نَهَاكُمْ عَنْهُ فَانتَهُوا وَاتَّقُوا اللَّهَ إِنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ
8 Аят
МухIажирийн пекъарш нахана а /ю и хIонс/‚ шайн цIенойх а‚ бахамах а арабаьхна хилла болчу‚ цара Делера къинхетам а, резахилар а лахарна‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а гIо дарна. Уьш бу бакъберш. لِلْفُقَرَاء الْمُهَاجِرِينَ الَّذِينَ أُخْرِجُوا مِن دِيارِهِمْ وَأَمْوَالِهِمْ يَبْتَغُونَ فَضْلًا مِّنَ اللَّهِ وَرِضْوَانًا وَيَنصُرُونَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ أُوْلَئِكَ هُمُ الصَّادِقُونَ
9 Аят
Царал 9 хьалха шайн цIенош хилларш‚ иймана чохь чIагIбелларш 10 - безаш бу шайна тIе баьхкинарш 11 ‚ царна ца карайо шайн дегнашкахь /мухIажиршна 12 елла хIонс бахьанехь/ хьагI‚ шайл а уьш совбоху цара, шайгахь пекъаралла хиллехь а 13 . Шен дегI бIаьрмецигаллах лардинарг - уьш бу-кх баккхийбийр берш. وَالَّذِينَ تَبَوَّؤُوا الدَّارَ وَالْإِيمَانَ مِن قَبْلِهِمْ يُحِبُّونَ مَنْ هَاجَرَ إِلَيْهِمْ وَلَا يَجِدُونَ فِي صُدُورِهِمْ حَاجَةً مِّمَّا أُوتُوا وَيُؤْثِرُونَ عَلَى أَنفُسِهِمْ وَلَوْ كَانَ بِهِمْ خَصَاصَةٌ وَمَن يُوقَ شُحَّ نَفْسِهِ فَأُوْلَئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
10 Аят
Царал тIаьхьа баьхкинарш а, олуш: "Веза Дела‚ гечделахь тхуна а‚ ийманца тхол хьалхабевллачу тхан вежаршна а‚ ма хилийталахь тхан дегнашкахь ийман диллинчаьрга цабезам. Веза Дела‚ баккъалла а, Хьо ву-кх /тхуна/ къинтIераволург а, къинхетаме верг а" /хьакъ бу шайна х1онсах дакъа кхача/. وَالَّذِينَ جَاؤُوا مِن بَعْدِهِمْ يَقُولُونَ رَبَّنَا اغْفِرْ لَنَا وَلِإِخْوَانِنَا الَّذِينَ سَبَقُونَا بِالْإِيمَانِ وَلَا تَجْعَلْ فِي قُلُوبِنَا غِلًّا لِّلَّذِينَ آمَنُوا رَبَّنَا إِنَّكَ رَؤُوفٌ رَّحِيمٌ
11 Аят
Хьуна гирий и мунепикъ нах, шаьш олуш жайнин охIлах ца тешаш хиллачу шайн вежаршка: "Шу арадаьхна хиллехьара‚ тхо а арадевр ма дара шуьца. Шуна дуьхьал цхьанна а цкъа а муьтIахь хир дацара тхо. Шуьца тIом бинехьара - шуна гIо дийр ма дара оха". Дала тешалла до‚ баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу аьлла. أَلَمْ تَر إِلَى الَّذِينَ نَافَقُوا يَقُولُونَ لِإِخْوَانِهِمُ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ لَئِنْ أُخْرِجْتُمْ لَنَخْرُجَنَّ مَعَكُمْ وَلَا نُطِيعُ فِيكُمْ أَحَدًا أَبَدًا وَإِن قُوتِلْتُمْ لَنَنصُرَنَّكُمْ وَاللَّهُ يَشْهَدُ إِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ
12 Аят
Уьш арабаьхча‚ цаьрца арабевр а ма бацара уьш. Цаьрца тIом бича, - царна гIо дийр ма дацара цара. Цара царна гIо дича а, юхабевр ма бара уьш (бовдур ма бара уьш)‚ тIаккха /церан/ гIо царна хир ма дацара. لَئِنْ أُخْرِجُوا لَا يَخْرُجُونَ مَعَهُمْ وَلَئِن قُوتِلُوا لَا يَنصُرُونَهُمْ وَلَئِن نَّصَرُوهُمْ لَيُوَلُّنَّ الْأَدْبَارَ ثُمَّ لَا يُنصَرُونَ
13 Аят
Шу ма ду церан дегнашкахь Делал а тIех кхераме. Иза уьш кхетам боцу къам долу дела ду. لَأَنتُمْ أَشَدُّ رَهْبَةً فِي صُدُورِهِم مِّنَ اللَّهِ ذَلِكَ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لَّا يَفْقَهُونَ
14 Аят
Цара шуьца тIом бийр бац массара а цхьана чIагIйина ярташкахь бен я пенашна тIехьара бен. Церан ницкъ вовшашна юкъахь чIогIа бу. Хьуна моьтту, уьш цхьаьна бу. Церан дегнаш декъаделла ду. Иза уьш хьекъал доцу къам долу дела ду. لَا يُقَاتِلُونَكُمْ جَمِيعًا إِلَّا فِي قُرًى مُّحَصَّنَةٍ أَوْ مِن وَرَاء جُدُرٍ بَأْسُهُمْ بَيْنَهُمْ شَدِيدٌ تَحْسَبُهُمْ جَمِيعًا وَقُلُوبُهُمْ شَتَّى ذَلِكَ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لَّا يَعْقِلُونَ
15 Аят
Дукха хан йоцуш шайл хьалха хиллачарах тера бу уьш: шайн гIуллакхан бāла Iаьвшира цара. Царна хир ду лазош долу Iазап а /эхартахь/. كَمَثَلِ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ قَرِيبًا ذَاقُوا وَبَالَ أَمْرِهِمْ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
16 Аят
ШайтIанах тера бу уьш, ша аьллачу адаме: "/Делах/ цатешарг хила!" Иза /Делах/ цатешарг хилча, цо элира: "Баккъалла а, со цIена ду хьох. Баккъалла а, со кхоьру Делах - Iаламийн Дех!" كَمَثَلِ الشَّيْطَانِ إِذْ قَالَ لِلْإِنسَانِ اكْفُرْ فَلَمَّا كَفَرَ قَالَ إِنِّي بَرِيءٌ مِّنكَ إِنِّي أَخَافُ اللَّهَ رَبَّ الْعَالَمِينَ
17 Аят
Цу шиннан (мунепикъийн а, жугтийн динан цатешачеран а) тIаьхье хилира и шиъ жоьжахатехь хилар‚ цу чохь гуттар а лаьтташ. Иза бу зуламхойн бекхам. فَكَانَ عَاقِبَتَهُمَا أَنَّهُمَا فِي النَّارِ خَالِدَيْنِ فِيهَا وَذَلِكَ جَزَاء الظَّالِمِينَ
18 Аят
ХIай ийман диллинарш! Делах кхералаш. Хьожийла са 14 ‚ ша хIун кечдина те кханенна. Шу кхералаш Делах. Баккъалла а, Дела сов дика хууш ву аш дийриг. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا اللَّهَ وَلْتَنظُرْ نَفْسٌ مَّا قَدَّمَتْ لِغَدٍ وَاتَّقُوا اللَّهَ إِنَّ اللَّهَ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ
19 Аят
Шу ма хилалаш Дела вицвинчарах тера – тIаккха Цо бицбайтира цаьрга шаьш а. Уьш песакъ нах бу. وَلَا تَكُونُوا كَالَّذِينَ نَسُوا اللَّهَ فَأَنسَاهُمْ أَنفُسَهُمْ أُوْلَئِكَ هُمُ الْفَاسِقُونَ
20 Аят
Цхьатерра бац жоьжахатин дай а‚ ялсаманин дай а. Ялсаманин дай - уьш бу тоьлларш! لَا يَسْتَوِي أَصْحَابُ النَّارِ وَأَصْحَابُ الْجَنَّةِ أَصْحَابُ الْجَنَّةِ هُمُ الْفَائِزُونَ
21 Аят
Оха хIара Къуръан доссийна хиллехьара ламане, хьуна гур ма бара иза д1атийна, баьдда Делах кхерабаларна. ХIара масалш Оха дāладо нахана, цара ойла яхьара аьлла. لَوْ أَنزَلْنَا هَذَا الْقُرْآنَ عَلَى جَبَلٍ لَّرَأَيْتَهُ خَاشِعًا مُّتَصَدِّعًا مِّنْ خَشْيَةِ اللَّهِ وَتِلْكَ الْأَمْثَالُ نَضْرِبُهَا لِلنَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَتَفَكَّرُونَ
22 Аят
Иза АллахI (цхьа Дела) ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Хьуламехь дерг а‚ гучохь дерг а хуург ву Иза. Иза сов къинхетаме верг а‚ къинхетаме 15 верг а ву. هُوَ اللَّهُ الَّذِي لَا إِلَهَ إِلَّا هُوَ عَالِمُ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ هُوَ الرَّحْمَنُ الرَّحِيمُ
23 Аят
Иза АллахI ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Паччахь ву Иза‚ /массо а боьхачу, кхоьллинчу сибатех, кхачамбацарех/ ц1ена верг ву‚ /Шен халкъана/ машар /луш/ верг ву‚ /Шен элчанашка цаьргахула Шен му1жизаташ гучудахарца нахе/ ийман дуьллуьйтуш верг ву‚ /массо а х1ума/1алашдийриг ву‚ веза верг ву‚ нуьцкъала верг ву‚ /вāла хьакъ долуш/ кура верг 16 ву. ЦIена ву Иза /Шеца/ цара накъост лацарх. هُوَ اللَّهُ الَّذِي لَا إِلَهَ إِلَّا هُوَ الْمَلِكُ الْقُدُّوسُ السَّلَامُ الْمُؤْمِنُ الْمُهَيْمِنُ الْعَزِيزُ الْجَبَّارُ الْمُتَكَبِّرُ سُبْحَانَ اللَّهِ عَمَّا يُشْرِكُونَ
24 Аят
Иза АллахI ву‚ Кхоллархо ву Иза‚ йоцучуьра хIуманаш хуьлуьйтург а ву Иза, сурт хIоттош верг а ву /Ша кхуллучу х1уманан/. Цуьнан хаза цIерш а ю. Цунна тасбихь деш ду стигалшкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Иза веза верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. هُوَ اللَّهُ الْخَالِقُ الْبَارِئُ الْمُصَوِّرُ لَهُ الْأَسْمَاء الْحُسْنَى يُسَبِّحُ لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
1 Уьш хилла Мадинатехь бехаш хилла болчу жуьгтийн бану Надир тайпанан нах. Бусалбанашна кхерам туьйсура цара Ухьудехь тIом хиллачул тIаьхьа (х1ижран 3 шеран шаввал бутт).
2 Цигара дIалаьхкира уьш цхьаберш Шама‚ цхьаберш Хайбаре (х1ижран 4 шеран рабиI аль-аввал беттахь).
3 Дела т1екхиира - Делан ницкъ беара.
4 Стоьмийн дитташ теда ца магадо исламо тIамехь а‚ делахь а, кхузахь мостагIчунна гIело ярхьама магийна хилла. Жуьгташа бусалбанашка бехк баьккхина хилла, цара уьш тедарна.
5 Жуьгтийн бани Надир олучу тайпанера; духьало ца еш муьтIахь хилира уьш бусалбанашна.
6 Х1онс – кхузахь 1арбашха فيئ Файъун аьлла ду. Цуьнан а, 8-чу суратехь ((ألأنفال юьйцучу х1онсан а (1арбашха: غنيمة Г1аниматун) башхалла ю. Кхузахь юьйцу х1онс - файъун (فيء) бусалбанашна т1ом ца беш керстанашкара караеана х1ума ю, цара маслаIатана шаьш дIаелларг санна. Иза пайхамара ﷺшена луъучу кепара йоькъуш хилла. Ткъа «ألأنفال» суратехь юьйцу хIонс – гIаниматун (ألغنيمة) т1емалоша т1амт1ехь яьккхинарг ю. Цуьнан хьукам деана «ألأنفال» сурата чохь: цунах пхи дакъа дича, диъ дакъа и яьккхинчу т1емалочунна д1алуш хилла, важа цхьа дакъа пайхамаро ﷺ доькъуш хилла оьшучарна.
7 Мадинатана гонаха хилла йолу, жуьгташа доладеш хилла ярташ.
8 Цуьнан хьукам ду и Делан хилар – Цо Шена луъучу д1алур ю.
9 Шайна тIе баьхкинчу мухIажирунел.
10 Мадинатан бахархой.
11 МухIажирунаш - Маккара элчанца Мадинате д1акхелхинарш.
12 Шайл а уьш совбоху цара, шайгахь пекъаралла хиллехь а.
13 Шайл а уьш (МухIажираш - Маккара элчанца Мадинате д1акхелхинарш) совбоху цара, шайгахь пекъаралла хиллехь а . И аят доссоран бахьана дийцира шина шайхо (Муслима а, Бухарис а) Абу- Х1урайратах: «Цхьа стаг веара Делан элчанна т1е, ша дукха ч1ог1а меца ву бохуш. Цо, шен цхьана зудчунна т1е бохуьйтуш, массарна а т1е бахийтира, хоьттуш, яа х1ума юй вайгахь бохуш? Массара а элира: хи доцург х1ума яц-кх вайгахь аьлла. Делан элчано кхайкхар дира шен гонах болчаьрга: тховса х1окхунна хьошалла динчух Дала къинхетам бийр болуш бу-кх аьлла. Цунна жоп делира цхьана Мадинатан вахархочо. Ансараша хаза т1елецира шайна т1е баьхкина мух1ажираш, массо а кепара церан аьтто беш, шайн долахь дерг, шайна оьшшушехь, царна луш. Ансарех вара шен долахь болчу зударех, цхьаъ юьтий, мух1ажире ялайойтуш верг а.
14 Са – кхузахь: адам.
15 Сов къинхетаме верг (الرحمان), Къинхетаме верг (الرحيم) – Делан ц1ерш-сибаташ. Оцарах лаьцнарг деана хьалхарчу (الفاتحة) суратан т1етовжарехь.
16 Куралла халкъалахь вōн, сийсазаллин сибат лоруш ду. Куравала хьакъ вац цхьа а. Массо а Далла хьалха жопе озор волуш ву, ткъа жопе узург кура хила там бац. Куралла деккъа Делан сибат ду.