6. Сурат АЛЬ-АНIАМ

АнIам [1]
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 165 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Хастам бу Далла‚ Ша стигалш а‚ латта а кхоьллинчу‚ Ша бода а‚ нур а динчу. ТIаккха а керстанаша шайн Кхиош-Кхобучуьнца нисбо /кхиберш/ 2 . الْحَمْدُ لِلّهِ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضَ وَجَعَلَ الظُّلُمَاتِ وَالنُّورَ ثُمَّ الَّذِينَ كَفَرُواْ بِرَبِّهِم يَعْدِلُونَ
2 Аят
И ву шу кхоьллинарг поппарх 3 ‚ тIаккха 1ожалла хIоттийна /шуна дала/. /Кхин/ 1ожалла ю хан тоьхна Цунна гергахь /шу гIовто/. ТIаккха а шу шеко еш ду. هُوَ الَّذِي خَلَقَكُم مِّن طِينٍ ثُمَّ قَضَى أَجَلاً وَأَجَلٌ مُّسمًّى عِندَهُ ثُمَّ أَنتُمْ تَمْتَرُونَ
3 Аят
И – АллахI (ц1е йолу цхьа Дела) ву‚ Ша стигалшкахь а ву‚ лаьттахь а ву 4 . Цунна хаьа шун къайлах дерг а‚ шун гуш дерг а. Цунна хаьа аш карадеш дерг а. وَهُوَ اللّهُ فِي السَّمَاوَاتِ وَفِي الأَرْضِ يَعْلَمُ سِرَّكُمْ وَجَهرَكُمْ وَيَعْلَمُ مَا تَكْسِبُونَ
4 Аят
Шайн Кхиош-Кхобучун аятех цхьа а аят ца деана цаьрга‚ уьш цунах дIабоьрзуш бен. وَمَا تَأْتِيهِم مِّنْ آيَةٍ مِّنْ آيَاتِ رَبِّهِمْ إِلاَّ كَانُواْ عَنْهَا مُعْرِضِينَ
5 Аят
Харцдира цара бакъдерг, и шайга деъначул тIаьхьа. ТIаьхьа догIур ду цаьрга хабарш‚ уьш шайх ца бешаш хилла долу. فَقَدْ كَذَّبُواْ بِالْحَقِّ لَمَّا جَاءهُمْ فَسَوْفَ يَأْتِيهِمْ أَنبَاء مَا كَانُواْ بِهِ يَسْتَهْزِؤُونَ
6 Аят
Царна ца го-техьа: мел дукха т1аьхьенаш хIаллакйина Оха царал хьалха‚ Оха чIагIбина бара уьш лаьттахь, шу ца чIагIдинчу кепара‚ стигал йоссийра Оха царна тIе догIица 5 ‚ церан бухахула лелаш хиш хилийтира Оха 6 ‚ тIаккха Оха хIаллакбира уьш шайн къинош бахьанехь‚ царал тIаьхьа кхечаран т1аьхье кхиийра Оха. أَلَمْ يَرَوْاْ كَمْ أَهْلَكْنَا مِن قَبْلِهِم مِّن قَرْنٍ مَّكَّنَّاهُمْ فِي الأَرْضِ مَا لَمْ نُمَكِّن لَّكُمْ وَأَرْسَلْنَا السَّمَاء عَلَيْهِم مِّدْرَارًا وَجَعَلْنَا الأَنْهَارَ تَجْرِي مِن تَحْتِهِمْ فَأَهْلَكْنَاهُم بِذُنُوبِهِمْ وَأَنْشَأْنَا مِن بَعْدِهِمْ قَرْنًا آخَرِينَ
7 Аят
Оха доссош делхьара жайна хьоьга кехата тIехь‚ шайн куьйгашца цунах хьакхалур бара уьш – керстанаша эр ма дара: "Билггала бозбуунчалла ду-кх хIара". وَلَوْ نَزَّلْنَا عَلَيْكَ كِتَابًا فِي قِرْطَاسٍ فَلَمَسُوهُ بِأَيْدِيهِمْ لَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُواْ إِنْ هَذَا إِلاَّ سِحْرٌ مُّبِينٌ
8 Аят
Ма элира цара: "Малик доссийна хиллехьара цунна тIе". Оха малик доссийна хиллехьара – кхочушхир дара гIуллакх‚ тIаккха а уьш хьоьжуш лоттуьйтур бацара 7 . وَقَالُواْ لَوْلا أُنزِلَ عَلَيْهِ مَلَكٌ وَلَوْ أَنزَلْنَا مَلَكًا لَّقُضِيَ الأمْرُ ثُمَّ لاَ يُنظَرُونَ
9 Аят
Оха и хилийтинехьара малик – и дахийтина хир дара Оха адаман хьесапехь, цу тIехь а кегари (хало) йийр яра Оха, цара шаьш еш ерг. وَلَوْ جَعَلْنَاهُ مَلَكًا لَّجَعَلْنَاهُ رَجُلاً وَلَلَبَسْنَا عَلَيْهِم مَّا يَلْبِسُونَ
10 Аят
Хьол хьалха а элчанаш сийсазбина. Царах ца бешаш болчарах хьакха ма делира цара ша сийсаздеш хилларг. وَلَقَدِ اسْتُهْزِىءَ بِرُسُلٍ مِّن قَبْلِكَ فَحَاقَ بِالَّذِينَ سَخِرُواْ مِنْهُم مَّا كَانُواْ بِهِ يَسْتَهْزِؤُونَ
11 Аят
Ахь āла: "ДIасаида лаьттахула‚ тIаккха хьовсал шу‚ муха хилла /дин/ харцдечаран тIаьхье". قُلْ سِيرُواْ فِي الأَرْضِ ثُمَّ انظُرُواْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُكَذِّبِينَ
12 Аят
Ахь āлал: "Хьенан ду стигалшкахь а‚ лаьттахь а дерг ?" Ахь āла: "Делан ду". Шена тIедиллина Цо къинхетам бар 8 . Гулдийр ма ду Цо шу къематдийне 9 ‚ шена чохь шеко йоцчу. Шайна иэшам бинарш – цара ийман дуьллур дац. قُل لِّمَن مَّا فِي السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ قُل لِلّهِ كَتَبَ عَلَى نَفْسِهِ الرَّحْمَةَ لَيَجْمَعَنَّكُمْ إِلَى يَوْمِ الْقِيَامَةِ لاَ رَيْبَ فِيهِ الَّذِينَ خَسِرُواْ أَنفُسَهُمْ فَهُمْ لاَ يُؤْمِنُونَ
13 Аят
Цуьнан ду буьйсанна а‚ дийнахь а тийна (я лелаш) хилларг. И хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву. وَلَهُ مَا سَكَنَ فِي اللَّيْلِ وَالنَّهَارِ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
14 Аят
Ахь āла: "Ша стигланийн а‚ лаьттан а кхоллархо волу Дела воцург /кхин/ лоцу ткъа ас доладийриг 10 ? И ву рицкъ луш‚ Цунна ца ло рицкъ". Ахь āла: "Суна омра дина со хила /Далла/ муьт1ахь хиллачарах хьалхарниг, аьлла‚ хьо хиланне а ма хилалахь мушрикех "‚ аьлла 11 . قُلْ أَغَيْرَ اللّهِ أَتَّخِذُ وَلِيًّا فَاطِرِ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ وَهُوَ يُطْعِمُ وَلاَ يُطْعَمُ قُلْ إِنِّيَ أُمِرْتُ أَنْ أَكُونَ أَوَّلَ مَنْ أَسْلَمَ وَلاَ تَكُونَنَّ مِنَ الْمُشْرِكَينَ
15 Аят
Ахь āла: "Со кхоьру сайн Кхиош-Кхобучунна со Iеса хилахь деза-доккхачу дийнан Iазапах". قُلْ إِنِّيَ أَخَافُ إِنْ عَصَيْتُ رَبِّي عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ
16 Аят
Цу дийнахь ша цунах хьалхаваьккхинарг – Цо цунах къинхетам бина. И билггала толам бу-кх. مَّن يُصْرَفْ عَنْهُ يَوْمَئِذٍ فَقَدْ رَحِمَهُ وَذَلِكَ الْفَوْزُ الْمُبِينُ
17 Аят
Дала хьо цхьана зене лацахь – вац хьуна и т1ерадоккхуверг И ша бен. Цо хьо цхьана дикане лацахь – И массо а хIуманна ницкъ кхочуш ву. وَإِن يَمْسَسْكَ اللّهُ بِضُرٍّ فَلاَ كَاشِفَ لَهُ إِلاَّ هُوَ وَإِن يَمْسَسْكَ بِخَيْرٍ فَهُوَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدُيرٌ
18 Аят
И ницкъ болуш ву Шен лешна тIехь. И ша хьукам /нийса/ деш верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву. وَهُوَ الْقَاهِرُ فَوْقَ عِبَادِهِ وَهُوَ الْحَكِيمُ الْخَبِيرُ
19 Аят
Āлал /хIай Мухьаммад/: "ХIун ду уггар доккха х1ума тешалла дарца?" Āла: "Дела ву теш суна а, шуна а юккъехь‚ соьга ваьхьица даийтина хIара Къуръан‚ ас шеца кхерам тасархьама шуна а, и /шега/ кхаьчначуьнга а. Шу ду тешалла деш Делаца кхин деланаш бу, бохуш?" Āла: "Ас тешалла дац". Āла: "Баккъалла а, и – цхьа Дела ву‚ со цIена ву аш Делаца накъост лацарх". قُلْ أَيُّ شَيْءٍ أَكْبَرُ شَهَادةً قُلِ اللّهِ شَهِيدٌ بِيْنِي وَبَيْنَكُمْ وَأُوحِيَ إِلَيَّ هَذَا الْقُرْآنُ لأُنذِرَكُم بِهِ وَمَن بَلَغَ أَئِنَّكُمْ لَتَشْهَدُونَ أَنَّ مَعَ اللّهِ آلِهَةً أُخْرَى قُل لاَّ أَشْهَدُ قُلْ إِنَّمَا هُوَ إِلَهٌ وَاحِدٌ وَإِنَّنِي بَرِيءٌ مِّمَّا تُشْرِكُونَ
20 Аят
Оха шайна жайна деллачарна вевза и 12 ‚ шайн кIентий бовзаре терра, шайна иэшам бинарш 13 – уьш бу ца тешаш 14 الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يَعْرِفُونَهُ كَمَا يَعْرِفُونَ أَبْنَاءهُمُ الَّذِينَ خَسِرُواْ أَنفُسَهُمْ فَهُمْ لاَ يُؤْمِنُونَ
21 Аят
Мила ву зуламе Далла тIе харцдерг кхоьллинчул‚ я Цуьнан аяташ харцдинчул? Баккъалла а, бакхийбийр ма бац зуламхой. وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَى عَلَى اللّهِ كَذِبًا أَوْ كَذَّبَ بِآيَاتِهِ إِنَّهُ لاَ يُفْلِحُ الظَّالِمُونَ
22 Аят
Оцу /къемат/дийнахь Оха гулбийр ма бу уьш массо а‚ тIаккха Оха эр ду ширк диначаьрга: "Мичахь бу шун накъостий‚ шуна шаьш /деланаш бу / моьттуш хилла болу?" وَيَوْمَ نَحْشُرُهُمْ جَمِيعًا ثُمَّ نَقُولُ لِلَّذِينَ أَشْرَكُواْ أَيْنَ شُرَكَآؤُكُمُ الَّذِينَ كُنتُمْ تَزْعُمُونَ
23 Аят
ТIаккха церан /кхин/ бехказло ма ца хилира, цара алар бен: "ВаллахIи‚ тхан Кхиош-Кхобучух дуй ма боу оха: тхо ма ца хилира /Делаца/ накъост лоцурш ". ُمَّ لَمْ تَكُن فِتْنَتُهُمْ إِلاَّ أَن قَالُواْ وَاللّهِ رَبِّنَا مَا كُنَّا مُشْرِكِينَ
24 Аят
Хьажал! Муха харцлийна уьш шаьш шайна тIехь! ДIатилира царах шаьш кхуллуш хилла долу харцдерг. انظُرْ كَيْفَ كَذَبُواْ عَلَى أَنفُسِهِمْ وَضَلَّ عَنْهُم مَّا كَانُواْ يَفْتَرُونَ
25 Аят
Царах хьоьга ладугIуш верг ву. Церан дегнашка кирхьа диллина Оха, уьш цунах 15 ца кхетийта‚ церан лергаш чохь къоралла йина. Массо а делил шайна дайча а‚ ца теша уьш цунах, мел дуккха хьо волчу баьхкича а‚ хьоьца къуьйсу цара‚ цатешачара олу: "Уьш-м хьалхалерачийн туьйранаш дара". وَمِنْهُم مَّن يَسْتَمِعُ إِلَيْكَ وَجَعَلْنَا عَلَى قُلُوبِهِمْ أَكِنَّةً أَن يَفْقَهُوهُ وَفِي آذَانِهِمْ وَقْرًا وَإِن يَرَوْاْ كُلَّ آيَةٍ لاَّ يُؤْمِنُواْ بِهَا حَتَّى إِذَا جَآؤُوكَ يُجَادِلُونَكَ يَقُولُ الَّذِينَ كَفَرُواْ إِنْ هَذَآ إِلاَّ أَسَاطِيرُ الأَوَّلِينَ
26 Аят
Уьш оцунах /нах/ бухатухуш бу‚ шаьш а генабовлуш бу цунах 16 . Цара хIаллакдеш-м дац шайн догIмаш бен. Ца хаало-кх царна. وَهُمْ يَنْهَوْنَ عَنْهُ وَيَنْأَوْنَ عَنْهُ وَإِن يُهْلِكُونَ إِلاَّ أَنفُسَهُمْ وَمَا يَشْعُرُونَ
27 Аят
Хьуна гича уьш жоьжахатина тIехIиттийна‚ цара олуш: "Ма декъаза хили тхо! Юхадахийтахьара тхо 17 – ма харцдийр дацара Оха тхайн Кхиош-Кхобучун аяташ‚ тешачарех хир дара тхо". وَلَوْ تَرَىَ إِذْ وُقِفُواْ عَلَى النَّارِ فَقَالُواْ يَا لَيْتَنَا نُرَدُّ وَلاَ نُكَذِّبَ بِآيَاتِ رَبِّنَا وَنَكُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ
28 Аят
Х1аъ, гучудаьлла царна шаьш хьалха хьулдеш хилларг. Уьш юхабахийтича а, шайга ма де аьллачунна тIебоьрзур ма бара уьш‚ баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу. بَلْ بَدَا لَهُم مَّا كَانُواْ يُخْفُونَ مِن قَبْلُ وَلَوْ رُدُّواْ لَعَادُواْ لِمَا نُهُواْ عَنْهُ وَإِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ
29 Аят
Цара ма олура: "ХIара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар ма дац‚ вай дендийр долуш ма дац". وَقَالُواْ إِنْ هِيَ إِلاَّ حَيَاتُنَا الدُّنْيَا وَمَا نَحْنُ بِمَبْعُوثِينَ
30 Аят
Хьуна уьш гича шайн Кхиош-Кхобучун хьалха хIиттийна! Цо олуш: "Бакъ дац ткъа хIара?" Цара олуш: "ХIаъ‚ ду тхо кхиош-кхобучу Делора". Цо олуш: "Iовша шайна Iазап, шаьш ца тешаш хиларна!" 18 وَلَوْ تَرَى إِذْ وُقِفُواْ عَلَى رَبِّهِمْ قَالَ أَلَيْسَ هَذَا بِالْحَقِّ قَالُواْ بَلَى وَرَبِّنَا قَالَ فَذُوقُواْ العَذَابَ بِمَا كُنتُمْ تَكْفُرُونَ
31 Аят
Ийшира шаьш Делаца цхьаьнакхетар харцдинарш – цIеххьана шайна сахьт 19 хIоьттича, элира цара: "Ма бала бу-кх вайна вай ша тергал ца динарг бахьанехь 20 ". Цара дIахьур ду шайн къинош шайн баккъаш тIехь. Ма вон хIума ду-кх цара шайна мохь бинарг! قَدْ خَسِرَ الَّذِينَ كَذَّبُواْ بِلِقَاء اللّهِ حَتَّى إِذَا جَاءتْهُمُ السَّاعَةُ بَغْتَةً قَالُواْ يَا حَسْرَتَنَا عَلَى مَا فَرَّطْنَا فِيهَا وَهُمْ يَحْمِلُونَ أَوْزَارَهُمْ عَلَى ظُهُورِهِمْ أَلاَ سَاء مَا يَزِرُونَ
32 Аят
Дуьненан дахар ма дац ловзар а, эрна хан яйар а бен. Баккъалла а, эхартан цIа дика ду /Делах/ кхоьруш болчарна. Шу хьекъале ца хуьлу? وَمَا الْحَيَاةُ الدُّنْيَا إِلاَّ لَعِبٌ وَلَهْوٌ وَلَلدَّارُ الآخِرَةُ خَيْرٌ لِّلَّذِينَ يَتَّقُونَ أَفَلاَ تَعْقِلُونَ
33 Аят
Тхо хууш ду‚ баккъалла а, цара дуьйцучо хьо ванне а сингаттаме ма во. Баккъалла а, хьо харцвеш бац уьш – шаьш зуламхой бу, Делан аяташ керстадеш. قَدْ نَعْلَمُ إِنَّهُ لَيَحْزُنُكَ الَّذِي يَقُولُونَ فَإِنَّهُمْ لاَ يُكَذِّبُونَكَ وَلَكِنَّ الظَّالِمِينَ بِآيَاتِ اللّهِ يَجْحَدُونَ
34 Аят
Хьол хьалха а харцбина элчанаш – собар дира цара шаьш харцдинчунна тIехь‚ шаьш лазорна тIехь шайга Тхан гIо кхаччалц. Делан дешнаш хийца цхьа а вац. Хьоьга ма деъна элчанийн хабар. وَلَقَدْ كُذِّبَتْ رُسُلٌ مِّن قَبْلِكَ فَصَبَرُواْ عَلَى مَا كُذِّبُواْ وَأُوذُواْ حَتَّى أَتَاهُمْ نَصْرُنَا وَلاَ مُبَدِّلَ لِكَلِمَاتِ اللّهِ وَلَقدْ جَاءكَ مِن نَّبَإِ الْمُرْسَلِينَ
35 Аят
Уьш дIаберзар 21 хьуна доккха хеташ делахь‚ хьуна магахь лаьттахь хералла‚ я стигла вала лами каро, тIаккха ахь дахьар дара цаьрга цхьа аят (делил). Далла лиънехьара‚ Цо гулбийр бара уьш нийсачу новкъа. Хьо хиланне а ма хилалахь жехIалчу нахах. وَإِن كَانَ كَبُرَ عَلَيْكَ إِعْرَاضُهُمْ فَإِنِ اسْتَطَعْتَ أَن تَبْتَغِيَ نَفَقًا فِي الأَرْضِ أَوْ سُلَّمًا فِي السَّمَاء فَتَأْتِيَهُم بِآيَةٍ وَلَوْ شَاء اللّهُ لَجَمَعَهُمْ عَلَى الْهُدَى فَلاَ تَكُونَنَّ مِنَ الْجَاهِلِينَ
36 Аят
/Хьан кхайкхарна/ жоп лур ду, баккъалла а, хезаш болчара. Ткъа белларш 22 – Дала денбийр бу уьш‚ тIаккха Цуьнга дIаберзор бу. إِنَّمَا يَسْتَجِيبُ الَّذِينَ يَسْمَعُونَ وَالْمَوْتَى يَبْعَثُهُمُ اللّهُ ثُمَّ إِلَيْهِ يُرْجَعُونَ
37 Аят
Цара элира: "Шен Кхиош-Кхобучуьнгара аят 23 доссош хиллехьара цуьнга". Ахь āла: "Баккъалла а, Дела ницкъ кхочуш ву аят доссо‚ делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу". وَقَالُواْ لَوْلاَ نُزِّلَ عَلَيْهِ آيَةٌ مِّن رَّبِّهِ قُلْ إِنَّ اللّهَ قَادِرٌ عَلَى أَن يُنَزِّلٍ آيَةً وَلَكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لاَ يَعْلَمُونَ
38 Аят
Цхьа а дийнат ма дац лаьттахь‚ цхьа а хьоза ма дац тIема долуш шен тIемашца – шаьш шу санна умматаш 24 долуш бен. ХIумма а диц ца дина Оха кху жайни чохь. ТIаккха шайн Кхиош-Кхобучуьнга уьш дIагулбийр бу. وَمَا مِن دَآبَّةٍ فِي الأَرْضِ وَلاَ طَائِرٍ يَطِيرُ بِجَنَاحَيْهِ إِلاَّ أُمَمٌ أَمْثَالُكُم مَّا فَرَّطْنَا فِي الكِتَابِ مِن شَيْءٍ ثُمَّ إِلَى رَبِّهِمْ يُحْشَرُونَ
39 Аят
И Тхан аяташ харцдеш берш бу къора‚ мотт ца хууш‚ боданехь Iохкуш. Шена луург тилавала вуьту Дала‚ Шена луург нийсачу новкъа вуьллу Цо. وَالَّذِينَ كَذَّبُواْ بِآيَاتِنَا صُمٌّ وَبُكْمٌ فِي الظُّلُمَاتِ مَن يَشَإِ اللّهُ يُضْلِلْهُ وَمَن يَشَأْ يَجْعَلْهُ عَلَى صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ
40 Аят
Ахь āла: "Шуна гой! Ткъа Делан Iазап шайга деъча‚ я сахьт 25 шайна тIехIоьттича‚ Дела воцучуьнга кхойкхур дара Аш, шу хиллехь бакълуьйш?" قُلْ أَرَأَيْتُكُم إِنْ أَتَاكُمْ عَذَابُ اللّهِ أَوْ أَتَتْكُمُ السَّاعَةُ أَغَيْرَ اللّهِ تَدْعُونَ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
41 Аят
ХIан-хIа! Цуьнга кхойкхур дара аш. Айдийр дара 26 Цо аш шега кхайкхинарг, Шена лаахь. Аш дицдийр дара шаьш /Делаца/ накъост лацар. بَلْ إِيَّاهُ تَدْعُونَ فَيَكْشِفُ مَا تَدْعُونَ إِلَيْهِ إِنْ شَاء وَتَنسَوْنَ مَا تُشْرِكُونَ
42 Аят
Хьол хьалха а бахкийтира Оха халкъашка /элчанаш/‚ и халкъаш баланашца (мискаллица)‚ халонашца (цамгаршца) схьалийцира Оха‚ уьш /Тхоьга/ хьасталур бацара-те? وَلَقَدْ أَرْسَلنَآ إِلَى أُمَمٍ مِّن قَبْلِكَ فَأَخَذْنَاهُمْ بِالْبَأْسَاء وَالضَّرَّاء لَعَلَّهُمْ يَتَضَرَّعُونَ
43 Аят
Тхан ницкъ шайга беъча, хьаста хIунда ца белира уьш /Далла/? Делахь а, къиза хилира церан дегнаш. Хаздора царна шайтIано шаьш деш хилларг. فَلَوْلا إِذْ جَاءهُمْ بَأْسُنَا تَضَرَّعُواْ وَلَكِن قَسَتْ قُلُوبُهُمْ وَزَيَّنَ لَهُمُ الشَّيْطَانُ مَا كَانُواْ يَعْمَلُونَ
44 Аят
Цара шайга шеца хьехам бина хилларг (кхерам тесна хилларг) дицдича, Оха дIайиллира царна массо а /дикачу/ хIуманан неIарш (шайн къиношкахь уьш дуккха латтийтархьама)‚ уьш бакхийбеш болуш шайга деъначух‚ /тIаккха/ цIеххьана схьалийцира Оха уьш – тIаккха цара дог диллира массо а диканах. فَلَمَّا نَسُواْ مَا ذُكِّرُواْ بِهِ فَتَحْنَا عَلَيْهِمْ أَبْوَابَ كُلِّ شَيْءٍ حَتَّى إِذَا فَرِحُواْ بِمَا أُوتُواْ أَخَذْنَاهُم بَغْتَةً فَإِذَا هُم مُّبْلِسُونَ
45 Аят
Хадийра ша зулам деш хиллачу халкъан тIаьхье. Хастам бу Далла – Iаламийн Дена. فَقُطِعَ دَابِرُ الْقَوْمِ الَّذِينَ ظَلَمُواْ وَالْحَمْدُ لِلّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ
46 Аят
Ахь āла: "Шу хьовсал‚ Дала шун лерса а‚ бIаьрса а схьаэцча‚ шун дегнашна Цо мухIар тоьхча‚ АллахI воцчу муьлхачу Дала шуна и лур дара? Хьажал! Муха билгалдоху Оха аяташ – тIаккха а уьш /бакъдолчух/ дIабоьрзу". قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ أَخَذَ اللّهُ سَمْعَكُمْ وَأَبْصَارَكُمْ وَخَتَمَ عَلَى قُلُوبِكُم مَّنْ إِلَهٌ غَيْرُ اللّهِ يَأْتِيكُم بِهِ انظُرْ كَيْفَ نُصَرِّفُ الآيَاتِ ثُمَّ هُمْ يَصْدِفُونَ
47 Аят
Ахь āла: "Хьовсал! Дийцийша суна‚ Делан Iазап шайга цIеххьана деъча я гуш деъча, зуламе къам бен хIаллакьхир дуй?" قُلْ أَرَأَيْتَكُمْ إِنْ أَتَاكُمْ عَذَابُ اللّهِ بَغْتَةً أَوْ جَهْرَةً هَلْ يُهْلَكُ إِلاَّ الْقَوْمُ الظَّالِمُونَ
48 Аят
Оха бохуьйтуш ма бац элчанаш цара /дика Iамал йиначарна/ кхаъ боккхуш‚ /вон Iамал йиначарна/ кхерам тосуш бен. Ийман диллинарг а‚ диканиг динарг а – /эхартахь/ кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац /дуьненахь бухадуьсачух/. وَمَا نُرْسِلُ الْمُرْسَلِينَ إِلاَّ مُبَشِّرِينَ وَمُنذِرِينَ فَمَنْ آمَنَ وَأَصْلَحَ فَلاَ خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلاَ هُمْ يَحْزَنُونَ
49 Аят
Тхан аяташ харцдинарш – царах хьакхалур ду Iазап уьш фасикъ 27 хиларна. وَالَّذِينَ كَذَّبُواْ بِآيَاتِنَا يَمَسُّهُمُ الْعَذَابُ بِمَا كَانُواْ يَفْسُقُونَ
50 Аят
Ахь āла: "Ас ца боху шуьга: "Сан гергахь Делан хазнаш ду"‚ суна ца хаьа къайле а‚ ас ца боху шуьга: "Со малик ду". Со тIаьхьахIуттуш ву сайга луш долчу ваьхьашна". Ахь āла: "Ткъа цхьабосса вуй-те бIаьрса доцург а‚ бIаьрса дерг а. Аш ойла ца йо-те?" قُل لاَّ أَقُولُ لَكُمْ عِندِي خَزَآئِنُ اللّهِ وَلا أَعْلَمُ الْغَيْبَ وَلا أَقُولُ لَكُمْ إِنِّي مَلَكٌ إِنْ أَتَّبِعُ إِلاَّ مَا يُوحَى إِلَيَّ قُلْ هَلْ يَسْتَوِي الأَعْمَى وَالْبَصِيرُ أَفَلاَ تَتَفَكَّرُونَ
51 Аят
Ахь цуьнца 28 хьехамбе 29 шаьш шайн Кхиош-Кхобучунна хьалха гулдийриг хиларх кхоьруш болчарна‚ царна вац И воцург доладийриг а‚ гIодаккхархо а – уьш хила мегара кхоьруш. وَأَنذِرْ بِهِ الَّذِينَ يَخَافُونَ أَن يُحْشَرُواْ إِلَى رَبِّهِمْ لَيْسَ لَهُم مِّن دُونِهِ وَلِيٌّ وَلاَ شَفِيعٌ لَّعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ
52 Аят
Ахь дIа ма лелхабе Iуьйренца а‚ суьйренца а шайн Деле кхойкхуш берш‚ Цуьнан юьхь лууш 30 /миска бу алий, хьалдолчарна тамбархьама/. Церан хьесап цхьана а хIуманца хьуна тIехь дац‚ хьан хьесапан хIумма а царна тIехь а дац (хьоьга хоттур дац церан къинойх я дагчохь дерг бахьанехь, иштта цаьрга а – хьо бахьанехь). Ахь уьш дIалелхабой – хьо зуламхойх хуьлу. وَلاَ تَطْرُدِ الَّذِينَ يَدْعُونَ رَبَّهُم بِالْغَدَاةِ وَالْعَشِيِّ يُرِيدُونَ وَجْهَهُ مَا عَلَيْكَ مِنْ حِسَابِهِم مِّن شَيْءٍ وَمَا مِنْ حِسَابِكَ عَلَيْهِم مِّن شَيْءٍ فَتَطْرُدَهُمْ فَتَكُونَ مِنَ الظَّالِمِينَ
53 Аят
Иштта Оха зийра уьш вовшашца, цаьрга алийтархьама: "ХIорш бу уьш Дала вайна юккъера шайна диканаш делларш". Ткъа Дела вац дика бевзаш шукур дийраш (баркалла олурш)? وَكَذَلِكَ فَتَنَّا بَعْضَهُم بِبَعْضٍ لِّيَقُولواْ أَهَؤُلاء مَنَّ اللّهُ عَلَيْهِم مِّن بَيْنِنَا أَلَيْسَ اللّهُ بِأَعْلَمَ بِالشَّاكِرِينَ
54 Аят
Хьо волчу баьхкича Тхан аятех тешаш берш, ахь āла: "Маьршо ю шуна" 31 . Шун Кхиош-Кхобучо Ша Шена тIедиллина /шен халкъах/ къинхетам бар: нагахь шух цхьаммо вон дахь 32 ца хууш‚ тIаккха цул тIаьхьа тōба дахь‚ дика Iамал яхь – баккъалла а, И ву-кх /цунна/ гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а. وَإِذَا جَاءكَ الَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِآيَاتِنَا فَقُلْ سَلاَمٌ عَلَيْكُمْ كَتَبَ رَبُّكُمْ عَلَى نَفْسِهِ الرَّحْمَةَ أَنَّهُ مَن عَمِلَ مِنكُمْ سُوءًا بِجَهَالَةٍ ثُمَّ تَابَ مِن بَعْدِهِ وَأَصْلَحَ فَأَنَّهُ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
55 Аят
Иштта ма-дарра дIадуьйцу Оха аяташ‚ къинош леточеран некъ билгалбалийтархьама а. وَكَذَلِكَ نفَصِّلُ الآيَاتِ وَلِتَسْتَبِينَ سَبِيلُ الْمُجْرِمِينَ
56 Аят
Ахь āла: "Суна ца магийна Iибадан дан Дела воцчу аш шега кхойкхучуьнга". Āла: "Со тIаьхьах1уттур ма вац шун дезаршна, /х1оьттинехь/ - со тиллавелла хир ма вара т1аккха‚ нийсачу новкъахь болчарах хир ма вацара со". قُلْ إِنِّي نُهِيتُ أَنْ أَعْبُدَ الَّذِينَ تَدْعُونَ مِن دُونِ اللّهِ قُل لاَّ أَتَّبِعُ أَهْوَاءكُمْ قَدْ ضَلَلْتُ إِذًا وَمَا أَنَاْ مِنَ الْمُهْتَدِينَ
57 Аят
Ахь āла: "Баккъалла а, со сан Кхиош-Кхобучун билгалонна тIехь ву‚ аш и харцдина (Делера бакъдерг). Соьгахь дац шу шеца сихлуш дерг 33 ‚ хьукам Делан бен дац – Цо дуьйцу бакъдерг‚ Иза дика къастамбийриг ма ву". قُلْ إِنِّي عَلَى بَيِّنَةٍ مِّن رَّبِّي وَكَذَّبْتُم بِهِ مَا عِندِي مَا تَسْتَعْجِلُونَ بِهِ إِنِ الْحُكْمُ إِلاَّ لِلّهِ يَقُصُّ الْحَقَّ وَهُوَ خَيْرُ الْفَاصِلِينَ
58 Аят
Ахь āла: "Соьгахь делхьара шу шеца сихлуш дерг‚– сан а‚ шун а юккъера гIуллакх (къовсам) чекхдаьлла хир дара. Дела дика бевзаш ву-кх зуламхой". قُل لَّوْ أَنَّ عِندِي مَا تَسْتَعْجِلُونَ بِهِ لَقُضِيَ الأَمْرُ بَيْنِي وَبَيْنَكُمْ وَاللّهُ أَعْلَمُ بِالظَّالِمِينَ
59 Аят
Цуьнгахь ду-кх къайленан /хазнийн/ догIанаш. Цунна Шена бен ца хаьа уьш. Аренгахь дерг а‚ хIорда чохь дерг а хууш ву-кх И‚ гIа охьа- дужур ма дац Цунна хууш бен‚ буьртиг /кхуьур/ ма бац лаьттан боданашкахь‚ я тIуналла а‚ я йокъалла а /южур/ ма яц‚ ша билгалчу жайни 34 чохь йолуш бен. وَعِندَهُ مَفَاتِحُ الْغَيْبِ لاَ يَعْلَمُهَا إِلاَّ هُوَ وَيَعْلَمُ مَا فِي الْبَرِّ وَالْبَحْرِ وَمَا تَسْقُطُ مِن وَرَقَةٍ إِلاَّ يَعْلَمُهَا وَلاَ حَبَّةٍ فِي ظُلُمَاتِ الأَرْضِ وَلاَ رَطْبٍ وَلاَ يَابِسٍ إِلاَّ فِي كِتَابٍ مُّبِينٍ
60 Аят
Шу буса долуьйтург 35 ву Иза‚ аш дийнахь деш дерг хууш ву И – тIаккха цу чохь (дийнахь) шу дендо Цо – цIе тоьхна йолу хан 36 кхочушхилийтархьама. Цунна тIе ду шун дIадерзар‚ тIаккха Цо дуьйцур ду шуьга аш лелош хилларг. وَهُوَ الَّذِي يَتَوَفَّاكُم بِاللَّيْلِ وَيَعْلَمُ مَا جَرَحْتُم بِالنَّهَارِ ثُمَّ يَبْعَثُكُمْ فِيهِ لِيُقْضَى أَجَلٌ مُّسَمًّى ثُمَّ إِلَيْهِ مَرْجِعُكُمْ ثُمَّ يُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
61 Аят
Иза ницкъ кхочуш ву Шен лешна тIехь. Шуна тIе боуьйту Цо хехой 37 . Шух цхьанна тIе валар деъча – Тхан элчанаш (маликаш) кхочушдо 38 и – цара ледарло ца йолуьйту 39 . وَهُوَ الْقَاهِرُ فَوْقَ عِبَادِهِ وَيُرْسِلُ عَلَيْكُم حَفَظَةً حَتَّىَ إِذَا جَاء أَحَدَكُمُ الْمَوْتُ تَوَفَّتْهُ رُسُلُنَا وَهُمْ لاَ يُفَرِّطُونَ
62 Аят
ТIаккха берзабо уьш Далла тIе‚ церан бакъ Доладийриг волчу.Ткъа хьукам Цуьнан дац? Уггар сиха ву И хьесап дарехь. ثُمَّ رُدُّواْ إِلَى اللّهِ مَوْلاَهُمُ الْحَقِّ أَلاَ لَهُ الْحُكْمُ وَهُوَ أَسْرَعُ الْحَاسِبِينَ
63 Аят
Ахь āла: "Мила ву и шу аренан а‚ хIордан а боданах ларден верг‚ аш Шега хьастаделла а‚ къайлаха а кхойкхуш верг: "ХIокхунах Цо тхо кIелхьардахахь‚ тхо хир ма ду баркалла олучарах!?" /олуш/. قُلْ مَن يُنَجِّيكُم مِّن ظُلُمَاتِ الْبَرِّ وَالْبَحْرِ تَدْعُونَهُ تَضَرُّعاً وَخُفْيَةً لَّئِنْ أَنجَانَا مِنْ هَذِهِ لَنَكُونَنَّ مِنَ الشَّاكِرِينَ
64 Аят
Ахь āла: "Дала кIелхьардохур ду шу цунах а‚ массо а балех а – тIаккха а аш Цуьнца накъост ма лоцу". قُلِ اللّهُ يُنَجِّيكُم مِّنْهَا وَمِن كُلِّ كَرْبٍ ثُمَّ أَنتُمْ تُشْرِكُونَ
65 Аят
Āла: "Иза /Дела/ ницкъ кхочуш ву шуна тIехула а‚ шун когий бухахула а шуна Iазап доссо‚ я шу тобанашка декъа 40 ‚ цхьаболчара вукхаьрга бала хьегабайта а". Хьажал‚ муха ма-дарра дуьйцу Оха аяташ, уьш хилийта кхеташ. قُلْ هُوَ الْقَادِرُ عَلَى أَن يَبْعَثَ عَلَيْكُمْ عَذَابًا مِّن فَوْقِكُمْ أَوْ مِن تَحْتِ أَرْجُلِكُمْ أَوْ يَلْبِسَكُمْ شِيَعاً وَيُذِيقَ بَعْضَكُم بَأْسَ بَعْضٍ انظُرْ كَيْفَ نُصَرِّفُ الآيَاتِ لَعَلَّهُمْ يَفْقَهُونَ
66 Аят
Харцдина хьан къомо и (Къуръан), и бакъдерг доллушехь. Ахь āла: "Со ца хили шуна тIехь векал" (шун гIуллакхаш кхочушдан). وَكَذَّبَ بِهِ قَوْمُكَ وَهُوَ الْحَقُّ قُل لَّسْتُ عَلَيْكُم بِوَكِيلٍ
67 Аят
ХIор /Делера/ хабаран шен хан ю /и т1ех1оьттича, и кхочушхир долуш/ – тIаьхьа хуур ду шуна. لِّكُلِّ نَبَإٍ مُّسْتَقَرٌّ وَسَوْفَ تَعْلَمُونَ
68 Аят
Хьуна гича, Тхан аяташ, сийсаз а деш, хьехош берш – генавала царах‚ уьш кхечу хабарна тIебовллалц. Я хьо вицволуьйтур ма ву шайтIано – тIаккха дагадеъначул тIаьхьа кхин зулам дечу къомаца охьа ма хаалахь. وَإِذَا رَأَيْتَ الَّذِينَ يَخُوضُونَ فِي آيَاتِنَا فَأَعْرِضْ عَنْهُمْ حَتَّى يَخُوضُواْ فِي حَدِيثٍ غَيْرِهِ وَإِمَّا يُنسِيَنَّكَ الشَّيْطَانُ فَلاَ تَقْعُدْ بَعْدَ الذِّكْرَى مَعَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ
69 Аят
/Делах/ кхоьруш болчарна церан (Делан аяташ сийсаза деш болчеран) хьесапах 41 хIумма хир дац‚ делахь а, хьехам бар ду-кх /царна тIехь/ – уьш 42 кхоьруш хир бацара-те 43 ? وَمَا عَلَى الَّذِينَ يَتَّقُونَ مِنْ حِسَابِهِم مِّن شَيْءٍ وَلَكِن ذِكْرَى لَعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ
70 Аят
Бита и шайн дин ловзаре а‚ эрна хан яйаре а даьккхинарш‚ шаьш дуьненан дахаро Iехийнарш. Ахь хьехам бе /нахана/ цуьнца (Къуръанца) адам ша карадаийтинчо хIаллак цадайтархьама – вац цунна Дела воцург доладийриг а‚ гIолоцург а. Мелла а /жоьжахатина/ дуьхьал мах белча а – оьцур бац цуьнгара и. Уьш бу шаьш динчуьнца шаьш хIаллакхилларш‚ царна ду цIийдина хинан малар а‚ лазош долу Iазап а - уьш хиларна ца тешаш. وَذَرِ الَّذِينَ اتَّخَذُواْ دِينَهُمْ لَعِبًا وَلَهْوًا وَغَرَّتْهُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا وَذَكِّرْ بِهِ أَن تُبْسَلَ نَفْسٌ بِمَا كَسَبَتْ لَيْسَ لَهَا مِن دُونِ اللّهِ وَلِيٌّ وَلاَ شَفِيعٌ وَإِن تَعْدِلْ كُلَّ عَدْلٍ لاَّ يُؤْخَذْ مِنْهَا أُوْلَئِكَ الَّذِينَ أُبْسِلُواْ بِمَا كَسَبُواْ لَهُمْ شَرَابٌ مِّنْ حَمِيمٍ وَعَذَابٌ أَلِيمٌ بِمَا كَانُواْ يَكْفُرُونَ
71 Аят
Ахь āла: "Вай кхойкху ткъа, Дела а вуьтий, ваьшна пайда а‚ зен а ца дечуьнга? Вай юхадерзина хир ма ду (керстаналле) Дала вай нисдинчул тIаьхьа‚ лаьттахь шайтIано ша Iехийнчух тера хьере а хилла‚ шен накъостий болуш шега нийсачу новкъа кхойкхуш: "Схьавола тхуна тIе"‚ бохуш. Ахь āла: "Делан нийса некъ – и бу нийса некъ‚ тхуна омра дина Iаламийн Дена муьтIахь хила, قُلْ أَنَدْعُو مِن دُونِ اللّهِ مَا لاَ يَنفَعُنَا وَلاَ يَضُرُّنَا وَنُرَدُّ عَلَى أَعْقَابِنَا بَعْدَ إِذْ هَدَانَا اللّهُ كَالَّذِي اسْتَهْوَتْهُ الشَّيَاطِينُ فِي الأَرْضِ حَيْرَانَ لَهُ أَصْحَابٌ يَدْعُونَهُ إِلَى الْهُدَى ائْتِنَا قُلْ إِنَّ هُدَى اللّهِ هُوَ الْهُدَىَ وَأُمِرْنَا لِنُسْلِمَ لِرَبِّ الْعَالَمِينَ
72 Аят
Ламаз хIоттаде‚ Цунах (Делах) кхера"‚– аьлла. И ву шу Шена тIе дIагулдийр дерг. وَأَنْ أَقِيمُواْ الصَّلاةَ وَاتَّقُوهُ وَهُوَ الَّذِيَ إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
73 Аят
И ву стигланаш а‚ латта а Ша кхоьллинарг бакъонца. Цо "Хила!" аьллачу дийнахь – хуьлу. Цуьнан дош бакъдерг ду. Ма1а (зурма) локхучу дийнахь 44 паччахьлла Цуьнан ду‚ къайлахь дерг‚ гушдерг хуург И ву. И Ша хьекъале верг ву‚ сов дика хууш верг ву. وَهُوَ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضَ بِالْحَقِّ وَيَوْمَ يَقُولُ كُن فَيَكُونُ قَوْلُهُ الْحَقُّ وَلَهُ الْمُلْكُ يَوْمَ يُنفَخُ فِي الصُّوَرِ عَالِمُ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ وَهُوَ الْحَكِيمُ الْخَبِيرُ
74 Аят
ИбрахIима аьллера 45 шен дега Āзаре: "Ахь цIунаш лоьцу деланаш бой? Хьо а‚ хьан къам а билггалчу тилар чохь гуш ву-кх со". وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ لأَبِيهِ آزَرَ أَتَتَّخِذُ أَصْنَامًا آلِهَةً إِنِّي أَرَاكَ وَقَوْمَكَ فِي ضَلاَلٍ مُّبِينٍ
75 Аят
Иштта гойту Оха ИбрахIимна стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла, и хилийтархьама а /Делах/ ч1ог1а тешачарах. وَكَذَلِكَ نُرِي إِبْرَاهِيمَ مَلَكُوتَ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ وَلِيَكُونَ مِنَ الْمُوقِنِينَ
76 Аят
Шена тIе буьйса йоьлча‚ цунна (ИбрахIимна) гира седа. Цо элира: "И ву сан Дела". И дIатилча, цо элира: "Суна ца беза дIатуьлуш берш". فَلَمَّا جَنَّ عَلَيْهِ اللَّيْلُ رَأَى كَوْكَبًا قَالَ هَذَا رَبِّي فَلَمَّا أَفَلَ قَالَ لا أُحِبُّ الآفِلِينَ
77 Аят
Шена бутт байча кхеташ‚ цо элира: "И ву сан Дела". Иза а дIабуьзча‚ цо элира: "Сан Кхиош-Кхобучо со ца нисвахь‚ со билггала хир ма ву тиладеллачу къомах". فَلَمَّا رَأَى الْقَمَرَ بَازِغًا قَالَ هَذَا رَبِّي فَلَمَّا أَفَلَ قَالَ لَئِن لَّمْ يَهْدِنِي رَبِّي لأكُونَنَّ مِنَ الْقَوْمِ الضَّالِّينَ
78 Аят
Шена малх гича кхеташ‚ цо элира: "Иза ву сан Дела‚ иза уггар воккха ву". Иза а дIабуьзча‚ цо элира: "ХIай сан къам‚ со цIена ву-кх аш /Делаца/ накъост лацарх. فَلَمَّا رَأَى الشَّمْسَ بَازِغَةً قَالَ هَذَا رَبِّي هَذَآ أَكْبَرُ فَلَمَّا أَفَلَتْ قَالَ يَا قَوْمِ إِنِّي بَرِيءٌ مِّمَّا تُشْرِكُونَ
79 Аят
Ас д1аерзи сайн юьхь стигланаш а‚ лаьтта а Кхоьллинчуьнга‚ доггах /массо а харцдинах бакъдолчу динна / тIе а вирзина‚ со вац мушрикех 46 ". إِنِّي وَجَّهْتُ وَجْهِيَ لِلَّذِي فَطَرَ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضَ حَنِيفًا وَمَا أَنَاْ مِنَ الْمُشْرِكِينَ
80 Аят
Цуьнан къомо къийсира цуьнца. Цо элира: "Соьца къуьйсу аш Дела бахьанехь? Цо со нийсачу новкъа ма ваьккхина. Со ца кхоьру аш шеца ширк 47 дечух‚ сан Кхиош-Кхобучунна лууш долчу хIуманах бен. Массо а хIума чулаьцна сан Кхиош-Кхобучо Iилманца. Аш ойла ца йо? وَحَآجَّهُ قَوْمُهُ قَالَ أَتُحَاجُّونِّي فِي اللّهِ وَقَدْ هَدَانِ وَلاَ أَخَافُ مَا تُشْرِكُونَ بِهِ إِلاَّ أَن يَشَاء رَبِّي شَيْئًا وَسِعَ رَبِّي كُلَّ شَيْءٍ عِلْمًا أَفَلاَ تَتَذَكَّرُونَ
81 Аят
Со муха кхоьру аш ширк динчух? Шу а ма ца кхоьру шаьш Делаца накъост лаьцна хиларх‚ шеца шуьга доссош хилла цхьа а делил доццушехь. /Цу/ шинна тобанех муьлханиг ю уггар хьакъ кхерам цахиларна‚ шу хууш хиллехь?" وَكَيْفَ أَخَافُ مَا أَشْرَكْتُمْ وَلاَ تَخَافُونَ أَنَّكُمْ أَشْرَكْتُم بِاللّهِ مَا لَمْ يُنَزِّلْ بِهِ عَلَيْكُمْ سُلْطَانًا فَأَيُّ الْفَرِيقَيْنِ أَحَقُّ بِالأَمْنِ إِن كُنتُمْ تَعْلَمُونَ
82 Аят
Ийман диллинарш‚ шайн ийман зуламех ца эдинарш – уьш бу шайна кхерам боцурш‚ уьш бу нийсачу новкъахь. الَّذِينَ آمَنُواْ وَلَمْ يَلْبِسُواْ إِيمَانَهُم بِظُلْمٍ أُوْلَئِكَ لَهُمُ الأَمْنُ وَهُم مُّهْتَدُونَ
83 Аят
И ду Тхан делил‚ Оха делла и ИбрахIимна шен къомана дуьхьал. Тхайна луург даржашкахь хьалавоккху Оха. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург ма ву хьекъале верг а‚ хууш верг а. وَتِلْكَ حُجَّتُنَا آتَيْنَاهَا إِبْرَاهِيمَ عَلَى قَوْمِهِ نَرْفَعُ دَرَجَاتٍ مَّن نَّشَاء إِنَّ رَبَّكَ حَكِيمٌ عَلِيمٌ
84 Аят
Оха цунна 48 совгIатна велира Исхьакъ а‚ ЯIкъуб а. Берриге а нийсачу новкъа нисбира. Нухь а нисвира Оха нийсачу новкъа /царал/ хьалха. Цуьнан (ИбрахIиман) зуьрретах 49 ву Давуд а‚ Сулайман а‚ Аюб а‚ Юсуф а‚ Муса а‚ ХIарун а. Иштта бекхам бо Оха дикачарна. وَوَهَبْنَا لَهُ إِسْحَقَ وَيَعْقُوبَ كُلاًّ هَدَيْنَا وَنُوحًا هَدَيْنَا مِن قَبْلُ وَمِن ذُرِّيَّتِهِ دَاوُودَ وَسُلَيْمَانَ وَأَيُّوبَ وَيُوسُفَ وَمُوسَى وَهَارُونَ وَكَذَلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ
85 Аят
Закария а‚ Яхьъя а‚ Iийса а‚ Ильяс а – массо а дикачарах ву. وَزَكَرِيَّا وَيَحْيَى وَعِيسَى وَإِلْيَاسَ كُلٌّ مِّنَ الصَّالِحِينَ
86 Аят
ТIаккха ИсмаIил а‚ Ал- ЯсаI а‚ Юнус а‚ ЛутI а – массо а вазвина Оха Iаламел. وَإِسْمَاعِيلَ وَالْيَسَعَ وَيُونُسَ وَلُوطًا وَكُلاًّ فضَّلْنَا عَلَى الْعَالَمِينَ
87 Аят
Церан дайх а‚ церан т1аьхьенех а‚ церан вежарех а /бевллачарна а делла Оха и ниIмат/, уьш хаьржина Оха‚ нисбира нийсачу новкъа. وَمِنْ آبَائِهِمْ وَذُرِّيَّاتِهِمْ وَإِخْوَانِهِمْ وَاجْتَبَيْنَاهُمْ وَهَدَيْنَاهُمْ إِلَى صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ
88 Аят
Иза – Делан нийса некъ бу‚ цуьнца нисво Цо шен лех Шена луург. Цара ширк динехьара, цара йина хилла Iамалш йовр ма яра. ذَلِكَ هُدَى اللّهِ يَهْدِي بِهِ مَن يَشَاء مِنْ عِبَادِهِ وَلَوْ أَشْرَكُواْ لَحَبِطَ عَنْهُم مَّا كَانُواْ يَعْمَلُونَ
89 Аят
Уьш бу Оха шайга жайна а‚ хьукам а‚ пайхамаралла а делларш. ХIорш цунах 50 ца тешахь – Оха иза т1едуьллур ду /кхечу/ къомана 51 ‚ ша цуьнца керстаналла дийр доцуш долчу. أُوْلَئِكَ الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ وَالْحُكْمَ وَالنُّبُوَّةَ فَإِن يَكْفُرْ بِهَا هَؤُلاء فَقَدْ وَكَّلْنَا بِهَا قَوْمًا لَّيْسُواْ بِهَا بِكَافِرِينَ
90 Аят
Уьш бу Дала нисбинарш. Церан нийсачу новкъа тIаьхьахIотта хьо. Ахь āла: "Ас шуьгара мах ца боьху цунах. И ма бац Iаламашна хьехам бен". أُوْلَئِكَ الَّذِينَ هَدَى اللّهُ فَبِهُدَاهُمُ اقْتَدِهْ قُل لاَّ أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ أَجْرًا إِنْ هُوَ إِلاَّ ذِكْرَى لِلْعَالَمِينَ
91 Аят
Далла хьакъ болу мах 52 ца хадийра цара, шаьш олуш: "Дала ца доссийна стаге хIумма а" 53 . Ахь āла: "Хьан доссийна жайна‚ шеца Муса веана волу‚ нур а нийса некъ хилла долу нахана? Аш цунна тептарш 54 до: цхьадерг гуча а доккхуш‚ дукхадерг хьул а деш. Шуна Iамийна ма ду шуна а‚ шун дайшна а цахуург". Ахь āла: "Дала 55 " /доссийна/ ТIаккха бита уьш шайн тиларчохь ловзуш. وَمَا قَدَرُواْ اللّهَ حَقَّ قَدْرِهِ إِذْ قَالُواْ مَا أَنزَلَ اللّهُ عَلَى بَشَرٍ مِّن شَيْءٍ قُلْ مَنْ أَنزَلَ الْكِتَابَ الَّذِي جَاء بِهِ مُوسَى نُورًا وَهُدًى لِّلنَّاسِ تَجْعَلُونَهُ قَرَاطِيسَ تُبْدُونَهَا وَتُخْفُونَ كَثِيرًا وَعُلِّمْتُم مَّا لَمْ تَعْلَمُواْ أَنتُمْ وَلاَ آبَاؤُكُمْ قُلِ اللّهُ ثُمَّ ذَرْهُمْ فِي خَوْضِهِمْ يَلْعَبُونَ
92 Аят
ХIара жайна 56 а‚ Оха доссийна и‚ ша беркате а долуш‚ шел хьалхарниг бакъдеш долуш 57 ‚ яртийн нанна 58 а‚ цунна гонаха долчунна а кхерам таса. Эхартах тешаш берш теша цунах (Къръанах). Уьш шайн ламазаш Iалашдеш бу. وَهَذَا كِتَابٌ أَنزَلْنَاهُ مُبَارَكٌ مُّصَدِّقُ الَّذِي بَيْنَ يَدَيْهِ وَلِتُنذِرَ أُمَّ الْقُرَى وَمَنْ حَوْلَهَا وَالَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِالآخِرَةِ يُؤْمِنُونَ بِهِ وَهُمْ عَلَى صَلاَتِهِمْ يُحَافِظُونَ
93 Аят
Мила ву Далла тIе харцдерг кхоьллинчул зуламе? Я аьллачул: "Шега ваьхьий деана"‚ ваьхьех хIумма а ца деана цуьнга, аьллачул а: "Аса а доссор ду Дала доссийначух тераниг 59 ". Хьуна гича и зуламхой сауьйзуш 60 ‚ маликаш церан куьйгаш даржош /олуш/: "Арадаха шайн синош‚ тахана сийсазаллин Iазапца бекхам бу шуна аш Далла тIехь бакъдоцург олуш хиларна‚ шу Цуьнан аятех курадовлуш хиларна”. وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَى عَلَى اللّهِ كَذِبًا أَوْ قَالَ أُوْحِيَ إِلَيَّ وَلَمْ يُوحَ إِلَيْهِ شَيْءٌ وَمَن قَالَ سَأُنزِلُ مِثْلَ مَا أَنَزلَ اللّهُ وَلَوْ تَرَى إِذِ الظَّالِمُونَ فِي غَمَرَاتِ الْمَوْتِ وَالْمَلآئِكَةُ بَاسِطُواْ أَيْدِيهِمْ أَخْرِجُواْ أَنفُسَكُمُ الْيَوْمَ تُجْزَوْنَ عَذَابَ الْهُونِ بِمَا كُنتُمْ تَقُولُونَ عَلَى اللّهِ غَيْرَ الْحَقِّ وَكُنتُمْ عَنْ آيَاتِهِ تَسْتَكْبِرُونَ
94 Аят
Шу даьхкина Тхуна тIе цхьацца, Оха шу дуьххьара ма кхоллара. Аш дитира Оха шайна делларг шайн тIēхьахь. Тхуна-м ца го шуьца шун гIодаккхархой‚ шуна моьттуш хилла болу шаьш шун накъостий бу. ДIахедира шун юкъ 61 ‚ дIатилира шух шуна моьттуш хилларг. وَلَقَدْ جِئْتُمُونَا فُرَادَى كَمَا خَلَقْنَاكُمْ أَوَّلَ مَرَّةٍ وَتَرَكْتُم مَّا خَوَّلْنَاكُمْ وَرَاء ظُهُورِكُمْ وَمَا نَرَى مَعَكُمْ شُفَعَاءكُمُ الَّذِينَ زَعَمْتُمْ أَنَّهُمْ فِيكُمْ شُرَكَاء لَقَد تَّقَطَّعَ بَيْنَكُمْ وَضَلَّ عَنكُم مَّا كُنتُمْ تَزْعُمُونَ
95 Аят
Баккъалла а, Дела ву хIу а‚ лаг а схьадоьллуш верг. Дийнадерг деллачух схьадоккху Цо‚ делларг дийначух схьадоккхург а ву Иза. И ву шун Дела – шу муха Iехош ду /харцдолчо/!? إِنَّ اللّهَ فَالِقُ الْحَبِّ وَالنَّوَى يُخْرِجُ الْحَيَّ مِنَ الْمَيِّتِ وَمُخْرِجُ الْمَيِّتِ مِنَ الْحَيِّ ذَلِكُمُ اللّهُ فَأَنَّى تُؤْفَكُونَ
96 Аят
Сатасар къастадийриг ву И‚ буьйса йина Цо тийналла хилла‚ малх а‚ бутт а кхоьллина /ханна-заманна лерина/ хьесапна. И бу Ша веза волчун‚ Ша хууш волчун дIахIоттам. فَالِقُ الإِصْبَاحِ وَجَعَلَ اللَّيْلَ سَكَنًا وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ حُسْبَانًا ذَلِكَ تَقْدِيرُ الْعَزِيزِ الْعَلِيمِ
97 Аят
И ву шуна седарчий кхоьллинарг‚ аренан а‚ хIордан а боданехь шуна некъ карабан. Оха билгалдина аяташ хууш долчу къомана. وَهُوَ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ النُّجُومَ لِتَهْتَدُواْ بِهَا فِي ظُلُمَاتِ الْبَرِّ وَالْبَحْرِ قَدْ فَصَّلْنَا الآيَاتِ لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ
98 Аят
И ву шу кхиийна цхьана сих 62 (Āдамах)‚ т1аккха /шена/ чIагIдалар а‚ 1алашдалар а хуьлуш 63 . Билгалдина Оха аяташ ойла ечу къомана. وَهُوَ الَّذِيَ أَنشَأَكُم مِّن نَّفْسٍ وَاحِدَةٍ فَمُسْتَقَرٌّ وَمُسْتَوْدَعٌ قَدْ فَصَّلْنَا الآيَاتِ لِقَوْمٍ يَفْقَهُونَ
99 Аят
И ву стиглара хи доссийнарг‚ цуьнца ккхиира Оха массо а тайпа орамат‚ цунах хасстоьмаш а къастийра Оха‚ кхиадо цунах буьртигаш тIеттIа. Хурманан дитта т1ехь кхуьу хурманан кенаш‚ /хуьлуьйту Цо/ кемсийн а‚ зайт-диттан а‚ нарийн 64 а бошмаш‚ тера ерш а‚ тера йоцурш а. Хьовсал шу стоьмашка‚ уьш кхуьуш а‚ хуьлуш а. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду тешаш долчу къомана. وَهُوَ الَّذِيَ أَنزَلَ مِنَ السَّمَاء مَاء فَأَخْرَجْنَا بِهِ نَبَاتَ كُلِّ شَيْءٍ فَأَخْرَجْنَا مِنْهُ خَضِرًا نُّخْرِجُ مِنْهُ حَبًّا مُّتَرَاكِبًا وَمِنَ النَّخْلِ مِن طَلْعِهَا قِنْوَانٌ دَانِيَةٌ وَجَنَّاتٍ مِّنْ أَعْنَابٍ وَالزَّيْتُونَ وَالرُّمَّانَ مُشْتَبِهًا وَغَيْرَ مُتَشَابِهٍ انظُرُواْ إِلِى ثَمَرِهِ إِذَا أَثْمَرَ وَيَنْعِهِ إِنَّ فِي ذَلِكُمْ لآيَاتٍ لِّقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
100 Аят
Далла накъостий хилийтина цара жинех‚ Цо кхоьллина ма ду уьш‚ цара (тешаш боцчу наха) цхьа а Iилма доцуш харцо кхоьллира Цунна – кIентий а‚ мехкарий /бу Цуьнан, аьлла/. ЦIена ву И вонах‚ лакхавели И цара дечу (харц) сибатех. وَجَعَلُواْ لِلّهِ شُرَكَاء الْجِنَّ وَخَلَقَهُمْ وَخَرَقُواْ لَهُ بَنِينَ وَبَنَاتٍ بِغَيْرِ عِلْمٍ سُبْحَانَهُ وَتَعَالَى عَمَّا يَصِفُونَ
101 Аят
Стигланийн а‚ лаьттан а 65 юьхьанца кхоллархо, мичара хир ву Цуьнан доьзалхо ? Цуьнан зуда ма ца хилла. Цо Ша ма кхоьллина массо а хIума. Массо а хIума Ша хууш верг ма ву Иза. بَدِيعُ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ أَنَّى يَكُونُ لَهُ وَلَدٌ وَلَمْ تَكُن لَّهُ صَاحِبَةٌ وَخَلَقَ كُلَّ شَيْءٍ وهُوَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
102 Аят
И ву шун Дела – шу Кхиош-Кхобург – кхин дела вац И воцург‚ массо а хIума Ша кхоьллинарг ву И. Цунна Iибадат дейша! И ма ву массо а хIуманна тIехь векал. ذَلِكُمُ اللّهُ رَبُّكُمْ لا إِلَهَ إِلاَّ هُوَ خَالِقُ كُلِّ شَيْءٍ فَاعْبُدُوهُ وَهُوَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ وَكِيلٌ
103 Аят
БIаьрса ца кхуьу Цунах‚ И кхуьу бIаьрсанах. И тIех кхетаме а ву‚ дика хууш а ву. لاَّ تُدْرِكُهُ الأَبْصَارُ وَهُوَ يُدْرِكُ الأَبْصَارَ وَهُوَ اللَّطِيفُ الْخَبِيرُ
104 Аят
Шуьга еана бIаьрсерлонаш 66 шун Кхиош-Кхобучуьнгара. БIаьрг биллинчунна – цунна шена ду‚ бIаьрг хьаббинчунна – цунна шена ду 67 ‚ /ахь āла‚ Мухьаммад/: "Со ма вац шуна тIехь хехо 68 ". قَدْ جَاءكُم بَصَآئِرُ مِن رَّبِّكُمْ فَمَنْ أَبْصَرَ فَلِنَفْسِهِ وَمَنْ عَمِيَ فَعَلَيْهَا وَمَا أَنَاْ عَلَيْكُم بِحَفِيظٍ
105 Аят
Иштта билгалдоху Оха аяташ‚ цара āла тарло дела: "Ахь Iамийна 69 "‚ Оха и билгалдаккхархьама хууш долчу къомана. وَكَذَلِكَ نُصَرِّفُ الآيَاتِ وَلِيَقُولُواْ دَرَسْتَ وَلِنُبَيِّنَهُ لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ
106 Аят
Хьо хьайн Кхиош-Кхобучуьнгара хьайн даг чу дуьллучунна тIаьхьахIотта‚ кхин Дела вац И воцург‚ генавала мушрикех 70 . اتَّبِعْ مَا أُوحِيَ إِلَيْكَ مِن رَّبِّكَ لا إِلَهَ إِلاَّ هُوَ وَأَعْرِضْ عَنِ الْمُشْرِكِينَ
107 Аят
Далла лиънехьара /Цуьнца/ накъост лоцур вацара цара‚ царна тIехь хехо ца вина Оха хьох‚ царна тIехь векал 71 а вац хьо. وَلَوْ شَاء اللّهُ مَا أَشْرَكُواْ وَمَا جَعَلْنَاكَ عَلَيْهِمْ حَفِيظًا وَمَا أَنتَ عَلَيْهِم بِوَكِيلٍ
108 Аят
Аш сийсаза ма бе Дела а витина, цара шайга кхойкхуш берш (ц1уш) – тIаккха цара мостагIаллица‚ цхьа а Iилма доцуш, Дела а сийсазвийр ву. Иштта хазйина Оха хIор умматана шен Iамал‚ тIаккха шайн Кхиош-Кхобучуьнга ду церан дIадерзар‚ Цо дуьйцур ду царна цара деш хилларг. وَلاَ تَسُبُّواْ الَّذِينَ يَدْعُونَ مِن دُونِ اللّهِ فَيَسُبُّواْ اللّهَ عَدْوًا بِغَيْرِ عِلْمٍ كَذَلِكَ زَيَّنَّا لِكُلِّ أُمَّةٍ عَمَلَهُمْ ثُمَّ إِلَى رَبِّهِم مَّرْجِعُهُمْ فَيُنَبِّئُهُم بِمَا كَانُواْ يَعْمَلُونَ
109 Аят
Делах чIогIа дуйнаш биира цара: шайга делил деъча‚ цунах тешанне а тешаза Iийр ма дац шаьш‚ аьлла. Ахь āла: "Делилаш Далла гергахь ду"‚ стен 72 хоуьйту шуьга? – уьш деъча а, цара ийман дуьллур дац. وَأَقْسَمُواْ بِاللّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ لَئِن جَاءتْهُمْ آيَةٌ لَّيُؤْمِنُنَّ بِهَا قُلْ إِنَّمَا الآيَاتُ عِندَ اللّهِ وَمَا يُشْعِرُكُمْ أَنَّهَا إِذَا جَاءتْ لاَ يُؤْمِنُونَ
110 Аят
Церан дегнаш а‚ церан бIаьрса а хьийзадо Оха‚ уьш цунах (Къуръанах) юьхьанца ца тешаш ма хилла‚ буьту уьш шайн тиларчохь дIасауьйдуш. وَنُقَلِّبُ أَفْئِدَتَهُمْ وَأَبْصَارَهُمْ كَمَا لَمْ يُؤْمِنُواْ بِهِ أَوَّلَ مَرَّةٍ وَنَذَرُهُمْ فِي طُغْيَانِهِمْ يَعْمَهُونَ
111 Аят
Оха цаьрга маликаш доссош хиллехьара а‚ беллачара цаьрга къамел деш хиллехьара а‚ Оха царна массо а хIума шайн бIаргаш хьалха гулйина хиллехьара а – тIаккха а тешна хир бацара уьш‚ Далла лиъча а бен. Делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу. وَلَوْ أَنَّنَا نَزَّلْنَا إِلَيْهِمُ الْمَلآئِكَةَ وَكَلَّمَهُمُ الْمَوْتَى وَحَشَرْنَا عَلَيْهِمْ كُلَّ شَيْءٍ قُبُلاً مَّا كَانُواْ لِيُؤْمِنُواْ إِلاَّ أَن يَشَاء اللّهُ وَلَكِنَّ أَكْثَرَهُمْ يَجْهَلُونَ
112 Аят
Иштта массо а пайхамарна мостагI хилийтира Оха адамийн а‚ жинийн а шайтIанех‚ цхьаболчара вукхеран дегнашка хаздина дешнаш кхуьссуш, уьш Iехорхьама. Хьан Кхиош-Кхобучунна лиъна хиллехьара, и дина хир дацара цара. Бита уьш а‚ цара харц кхуллушдерг а. وَكَذَلِكَ جَعَلْنَا لِكُلِّ نِبِيٍّ عَدُوًّا شَيَاطِينَ الإِنسِ وَالْجِنِّ يُوحِي بَعْضُهُمْ إِلَى بَعْضٍ زُخْرُفَ الْقَوْلِ غُرُورًا وَلَوْ شَاء رَبُّكَ مَا فَعَلُوهُ فَذَرْهُمْ وَمَا يَفْتَرُونَ
113 Аят
Цу тIе эхартах цатешачеран дегнаш дахийтархьама а‚ цунна реза уьш хилийтархьама а‚ цаьрга гулдайтархьама а шаьш деш хилла долу къинош /битина уьш Дала/. وَلِتَصْغَى إِلَيْهِ أَفْئِدَةُ الَّذِينَ لاَ يُؤْمِنُونَ بِالآخِرَةِ وَلِيَرْضَوْهُ وَلِيَقْتَرِفُواْ مَا هُم مُّقْتَرِفُونَ
114 Аят
/Ахь āла/: "Дела воцчуьнгара лоьху ткъа ас хьукам? И ма ву шуьга къастош долу жайна доссийнарг". Оха шайна жайна деллачарна хаьа и хьан Кхиош-Кхобучуьнгара бакъонца доссош хилар. Хьо хиланне а ма хилалахь шеко еш болчарах. أَفَغَيْرَ اللّهِ أَبْتَغِي حَكَمًا وَهُوَ الَّذِي أَنَزَلَ إِلَيْكُمُ الْكِتَابَ مُفَصَّلاً وَالَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يَعْلَمُونَ أَنَّهُ مُنَزَّلٌ مِّن رَّبِّكَ بِالْحَقِّ فَلاَ تَكُونَنَّ مِنَ الْمُمْتَرِينَ
115 Аят
Кхочушхилла хьан Кхиош-Кхобучун дешнаш бакъодлчуьнца а‚ нийсонца а. Цуьнан дешнаш хийца цхьа а вац. И ша хезаш верг а‚ хууш верг а ву. وَتَمَّتْ كَلِمَتُ رَبِّكَ صِدْقًا وَعَدْلاً لاَّ مُبَدِّلِ لِكَلِمَاتِهِ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
116 Аят
Хьо муьтIахь хилахь лаьттахь болчарах дуккхахболчарна‚ Делан некъах тилор ву хьо цара. Уьш тIаьхьахIуьттуш ма бац шайна моьттуш долчунна а бен‚ уьш ма бац харцлуьйш бен. وَإِن تُطِعْ أَكْثَرَ مَن فِي الأَرْضِ يُضِلُّوكَ عَن سَبِيلِ اللّهِ إِن يَتَّبِعُونَ إِلاَّ الظَّنَّ وَإِنْ هُمْ إِلاَّ يَخْرُصُونَ
117 Аят
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург – И ма ву дика хууш (вевзаш) Шен некъах тилавелларг‚ И дика хууш (бевзаш) ма ву нийсачу новкъахь берш. إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ مَن يَضِلُّ عَن سَبِيلِهِ وَهُوَ أَعْلَمُ بِالْمُهْتَدِينَ
118 Аят
Аш даа /бежнех/ шена тIехь /урс хьокхучу хенахь/ Делан цIе яьккхинчух‚ шаьш Цуьнан аятех тешаш хилла делахь. فَكُلُواْ مِمَّا ذُكِرَ اسْمُ اللّهِ عَلَيْهِ إِن كُنتُمْ بِآيَاتِهِ مُؤْمِنِينَ
119 Аят
Аш хIунда ца дуу шена тIехь Делан цIе яьккхичух? Цо шуна къаста ма дина Ша шуна хьарам динарг. Шу и ца диъча ца довлуш дерг доцург 73 . Баккъалла а, дукхаберш /нах/ нийсачу некъах тилош ма бу шайн лаамашца‚ цхьа а Iилма доццушехь. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург – И ма ву дика бевзаш дозанех бевлларш. وَمَا لَكُمْ أَلاَّ تَأْكُلُواْ مِمَّا ذُكِرَ اسْمُ اللّهِ عَلَيْهِ وَقَدْ فَصَّلَ لَكُم مَّا حَرَّمَ عَلَيْكُمْ إِلاَّ مَا اضْطُرِرْتُمْ إِلَيْهِ وَإِنَّ كَثِيرًا لَّيُضِلُّونَ بِأَهْوَائِهِم بِغَيْرِ عِلْمٍ إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ بِالْمُعْتَدِينَ
120 Аят
Дита гучудаьлла къа а‚ гучу ца даьлларг а. Баккъалла а, шаьш къинош деш болчарна бекхам хир ма бу шаьш деш хиллачуьнца. وَذَرُواْ ظَاهِرَ الإِثْمِ وَبَاطِنَهُ إِنَّ الَّذِينَ يَكْسِبُونَ الإِثْمَ سَيُجْزَوْنَ بِمَا كَانُواْ يَقْتَرِفُونَ
121 Аят
Аш ма даалаш 74 Делан цIе шена тIехь ца яьккхинчух. Иза, баккъалла а, песакъалла 75 ю. Баккъалла а, шайтIанаша дагатуьйсу шайн доттагIашна, цаьрга шуьца къийсийтархьама. Нагахь санна шу царна муьтIахь хилахь – /т1аккха/ шу хир ма ду мушрикаш. وَلاَ تَأْكُلُواْ مِمَّا لَمْ يُذْكَرِ اسْمُ اللّهِ عَلَيْهِ وَإِنَّهُ لَفِسْقٌ وَإِنَّ الشَّيَاطِينَ لَيُوحُونَ إِلَى أَوْلِيَآئِهِمْ لِيُجَادِلُوكُمْ وَإِنْ أَطَعْتُمُوهُمْ إِنَّكُمْ لَمُشْرِكُونَ
122 Аят
Я ша хилларг велла‚ тIаккха Оха ша денвина‚ шена Оха нур хилийтина‚ цуьнца нахалахь лелаш верг тера вуй ша боданашкахь волчух‚ цу чуьра ша аравер воцчу? Иштта хаздина цатешачарна шаьш деш хилларг. أَوَ مَن كَانَ مَيْتًا فَأَحْيَيْنَاهُ وَجَعَلْنَا لَهُ نُورًا يَمْشِي بِهِ فِي النَّاسِ كَمَن مَّثَلُهُ فِي الظُّلُمَاتِ لَيْسَ بِخَارِجٍ مِّنْهَا كَذَلِكَ زُيِّنَ لِلْكَافِرِينَ مَا كَانُواْ يَعْمَلُونَ
123 Аят
Иштта хилийтина Оха массо а юьртахь къинош леточеран тхьамданаш‚ цу чохь цаьрга мекарло яйта. Цара-м мекарло ца йо шайна а бен‚ царна хаа ца ло-кх. وَكَذَلِكَ جَعَلْنَا فِي كُلِّ قَرْيَةٍ أَكَابِرَ مُجَرِمِيهَا لِيَمْكُرُواْ فِيهَا وَمَا يَمْكُرُونَ إِلاَّ بِأَنفُسِهِمْ وَمَا يَشْعُرُونَ
124 Аят
Шайга делил (аят) деъча‚ цара олу: "Тхо тешар ма дац, Делан элчанашка деънарг саннарг тхайга ца дагIахь". Далла дика хаьа Ша элчаналла дала хьакъ верг. Къинош диначарах сийсазалла кхуьур ма ю Далла гергахь‚ чIогIа Iазап а /кхуьур ду/ шаьш хиларна мекарло еш. وَإِذَا جَاءتْهُمْ آيَةٌ قَالُواْ لَن نُّؤْمِنَ حَتَّى نُؤْتَى مِثْلَ مَا أُوتِيَ رُسُلُ اللّهِ اللّهُ أَعْلَمُ حَيْثُ يَجْعَلُ رِسَالَتَهُ سَيُصِيبُ الَّذِينَ أَجْرَمُواْ صَغَارٌ عِندَ اللّهِ وَعَذَابٌ شَدِيدٌ بِمَا كَانُواْ يَمْكُرُونَ
125 Аят
Далла Шена нисван луучунна дог паргIатдоккху 76 исламана‚ Цо Шена тилавала вита луучунна дог чIогIа гатдо, стигла хьалаволучух терра. Иштта хилийтина Дала рижс 77 цатешачарна тIехь. فَمَن يُرِدِ اللّهُ أَن يَهْدِيَهُ يَشْرَحْ صَدْرَهُ لِلإِسْلاَمِ وَمَن يُرِدْ أَن يُضِلَّهُ يَجْعَلْ صَدْرَهُ ضَيِّقًا حَرَجًا كَأَنَّمَا يَصَّعَّدُ فِي السَّمَاء كَذَلِكَ يَجْعَلُ اللّهُ الرِّجْسَ عَلَى الَّذِينَ لاَ يُؤْمِنُونَ
126 Аят
ХIара бу хьан Кхиош-Кхобучун некъ‚ нийса хилла болу. Къаста ма дина Оха аяташ хьехам тIелоцучу къомана. وَهَذَا صِرَاطُ رَبِّكَ مُسْتَقِيمًا قَدْ فَصَّلْنَا الآيَاتِ لِقَوْمٍ يَذَّكَّرُونَ
127 Аят
Царна машаран цIа 78 ду шайн Кхиош-Кхобучун гергахь. И ву церан доттагI уьш хиларна /дика/ Iамалш еш. لَهُمْ دَارُ السَّلاَمِ عِندَ رَبِّهِمْ وَهُوَ وَلِيُّهُمْ بِمَا كَانُواْ يَعْمَلُونَ
128 Аят
/Хьахаде:/ уьш берриге а гулбечу дийнахь 79 /кхойкхур ду/: "ХIай жинийн тоба! Адамех доккха дāкъа схьалаьцна аш (дуккха адамаш тилийна аш)". Адамех церан доттагIаша эр ду: "Тхо кхиош-кхобуш волу, тхан Дела‚ оха вовшашкара зовкх ийцира 80 ‚ Ахь тхуна хIоттийна йолу тхан Iожалла тIекхечира". Цо (Дала) элира: "/Жоьжахатин/ цIе ю шун чугIойла‚ даима цу чохь дуьсуш‚ Далла ма лиъна". Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург ма ву Ша хьукам /нийса/ деш верг а‚ хууш верг а. وَيَوْمَ يِحْشُرُهُمْ جَمِيعًا يَا مَعْشَرَ الْجِنِّ قَدِ اسْتَكْثَرْتُم مِّنَ الإِنسِ وَقَالَ أَوْلِيَآؤُهُم مِّنَ الإِنسِ رَبَّنَا اسْتَمْتَعَ بَعْضُنَا بِبَعْضٍ وَبَلَغْنَا أَجَلَنَا الَّذِيَ أَجَّلْتَ لَنَا قَالَ النَّارُ مَثْوَاكُمْ خَالِدِينَ فِيهَا إِلاَّ مَا شَاء اللّهُ إِنَّ رَبَّكَ حَكِيمٌ عَليمٌ
129 Аят
Иштта цхьаболчу зуламхошка вуккхеран доладойту Оха цара карадеш хилла долчуьнца 81 . وَكَذَلِكَ نُوَلِّي بَعْضَ الظَّالِمِينَ بَعْضًا بِمَا كَانُواْ يَكْسِبُونَ
130 Аят
"ХIай жинийн а‚ адамийн а тоба! Шуьга ца баьхкина элчанаш шуна юккъера‚ шуьга дуьйцуш Сан аяташ‚ шуна хьехош (кхерам тасарца) хIокху шун денна дуьхьалкхетар?" Цара аьр: "Тхайна тIехь тешалла дина оха". Дуьненан дахаро Iехийра уьш‚ шайна тIехь тешалла дира цара, шаьш ца тешаш хилла, аьлла. يَا مَعْشَرَ الْجِنِّ وَالإِنسِ أَلَمْ يَأْتِكُمْ رُسُلٌ مِّنكُمْ يَقُصُّونَ عَلَيْكُمْ آيَاتِي وَيُنذِرُونَكُمْ لِقَاء يَوْمِكُمْ هَذَا قَالُواْ شَهِدْنَا عَلَى أَنفُسِنَا وَغَرَّتْهُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا وَشَهِدُواْ عَلَى أَنفُسِهِمْ أَنَّهُمْ كَانُواْ كَافِرِينَ
131 Аят
Иштта (элчанаш бохуьйтура Оха) хьан Кхиош-Кхобург ца хилла дела зуламца ярташ хIаллакьеш, церан охIланна а ца хууш 82 . ذَلِكَ أَن لَّمْ يَكُن رَّبُّكَ مُهْلِكَ الْقُرَى بِظُلْمٍ وَأَهْلُهَا غَافِلُونَ
132 Аят
ХIоранна шен-шен дарж ду‚ ша динчух. Хьан Кхиош-Кхобург ма вац тидаме оьцур доцуш цара деш дерг. وَلِكُلٍّ دَرَجَاتٌ مِّمَّا عَمِلُواْ وَمَا رَبُّكَ بِغَافِلٍ عَمَّا يَعْمَلُونَ
133 Аят
Хьан Кхиош-Кхобург ву /цхьаннех/ ца возуш (халкъ а, цуьнан Iибадат а Шена ца хилча а мегаш)‚ къинхетам болуш а. Шена лаахь, шу х1аллакдийр ду Цо. Шул тIаьхьа Шена луург вуьтур ву‚ шу а Цо кхиийна хиларе терра кхечу къоман зуьрретах. وَرَبُّكَ الْغَنِيُّ ذُو الرَّحْمَةِ إِن يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ وَيَسْتَخْلِفْ مِن بَعْدِكُم مَّا يَشَاء كَمَآ أَنشَأَكُم مِّن ذُرِّيَّةِ قَوْمٍ آخَرِينَ
134 Аят
Баккъалла а, шуна хир ду аьлларг догIур долуш ду шуна‚ шун ницкъ кхочур ма бац и гIелдан (и духатоха). إِنَّ مَا تُوعَدُونَ لآتٍ وَمَا أَنتُم بِمُعْجِزِينَ
135 Аят
Ахь āла: "ХIай сан къам! Шайн Iамал е аш шайн меттигашкахь‚ аса а йийр ю сайн Iамал‚ тIаьхьа хуур ду шуна‚ хьенан хир ю цIийнан тIаьхье (эхарт). Баккъалла а‚ баккхийбийр ма бац зуламхой". قُلْ يَا قَوْمِ اعْمَلُواْ عَلَى مَكَانَتِكُمْ إِنِّي عَامِلٌ فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ مَن تَكُونُ لَهُ عَاقِبَةُ الدِّارِ إِنَّهُ لاَ يُفْلِحُ الظَّالِمُونَ
136 Аят
Цара дира Далла Цо кхоьллинчу ялтех а‚ бежанех а дāкъа‚ элира (цара) "ХIара Далла ду" – царна моттарехь – "хIара вайн накъосташна ду". Церан накъосташна хилларг Дēле ца кхочу‚ Далла хилларг церан накъосташка кхочу – ма вон хилла цара деш долу хьукам. وَجَعَلُواْ لِلّهِ مِمِّا ذَرَأَ مِنَ الْحَرْثِ وَالأَنْعَامِ نَصِيبًا فَقَالُواْ هَذَا لِلّهِ بِزَعْمِهِمْ وَهَذَا لِشُرَكَآئِنَا فَمَا كَانَ لِشُرَكَآئِهِمْ فَلاَ يَصِلُ إِلَى اللّهِ وَمَا كَانَ لِلّهِ فَهُوَ يَصِلُ إِلَى شُرَكَآئِهِمْ سَاء مَا يَحْكُمُونَ
137 Аят
Иштта хаздира дукхаболчу мушрикашна церан накъосташа – жинаша шайн бераш дайар (зудабераш, дийна долуш, лаьттах дохкар), уьш хIаллакбархьама а‚ царна шайн (ИсмаIилера схьадогIуш хилла долу) дин дохадайтархьама а. Далла лиъна хиллехьара, и дийр дацара цара‚ бита уьш а‚ цара /харц/ кхуллург а. وَكَذَلِكَ زَيَّنَ لِكَثِيرٍ مِّنَ الْمُشْرِكِينَ قَتْلَ أَوْلاَدِهِمْ شُرَكَآؤُهُمْ لِيُرْدُوهُمْ وَلِيَلْبِسُواْ عَلَيْهِمْ دِينَهُمْ وَلَوْ شَاء اللّهُ مَا فَعَلُوهُ فَذَرْهُمْ وَمَا يَفْتَرُونَ
138 Аят
/Мушрикаша/ элира: "ХIара даьхни а‚ ялта а хьарам ду‚ и дуур дац вайна луъчо бен"‚ – иштта довдора цара‚ даьхни ду шайна тIехаар хьарам долуш /царна моттарехь/‚ даьхни ду цара шайна тIехь Делан цIе ца йоккхуш Цунна тIехь харцдерг кхоллархьама. ТIаккха бекхам бийр бу Цо царна цара /харцдерг/ тIекхуллуш хиларна. وَقَالُواْ هَذِهِ أَنْعَامٌ وَحَرْثٌ حِجْرٌ لاَّ يَطْعَمُهَا إِلاَّ مَن نّشَاء بِزَعْمِهِمْ وَأَنْعَامٌ حُرِّمَتْ ظُهُورُهَا وَأَنْعَامٌ لاَّ يَذْكُرُونَ اسْمَ اللّهِ عَلَيْهَا افْتِرَاء عَلَيْهِ سَيَجْزِيهِم بِمَا كَانُواْ يَفْتَرُونَ
139 Аят
Цара элира: "ХIокху бежанийн гай чохь дерг 83 цIена ду вайн божаршна‚ хьарам ду вайн зударшна. Нагахь санна елла 84 дуьнена ялахь – уьш цу чохь /цхьанийсса/ декъахой бу". Цо (Дала) бекхам бийр бу царна шаьш кхуллуш долчунна тIехь. Баккъалла а, И хьикмате а ву /Ша дечу х1уманехь/‚ девзаш а ву /Шен халкъ/. وَقَالُواْ مَا فِي بُطُونِ هَذِهِ الأَنْعَامِ خَالِصَةٌ لِّذُكُورِنَا وَمُحَرَّمٌ عَلَى أَزْوَاجِنَا وَإِن يَكُن مَّيْتَةً فَهُمْ فِيهِ شُرَكَاء سَيَجْزِيهِمْ وَصْفَهُمْ إِنَّهُ حِكِيمٌ عَلِيمٌ
140 Аят
Эшаллехь биси Iовдаллалица‚ хууш хIума а доцуш‚ шайн бераш хIаллакбинарш‚ Дала шайна делла рицкъ шайна хьарамдинарш, Далла тIе харцдерг кхоллархьама. Тилабелла уьш‚ нийсачу новкъахь хила а ца хилла уьш. قَدْ خَسِرَ الَّذِينَ قَتَلُواْ أَوْلاَدَهُمْ سَفَهًا بِغَيْرِ عِلْمٍ وَحَرَّمُواْ مَا رَزَقَهُمُ اللّهُ افْتِرَاء عَلَى اللّهِ قَدْ ضَلُّواْ وَمَا كَانُواْ مُهْتَدِينَ
141 Аят
И ву кхиийнарг бошмаш‚ кхозуш йолу а 85 ‚ кхозуш йоцу а‚ хурманаш а‚ ораматаш а‚ шайн даар башха долуш‚ зайт-дитт а‚ нар 86 а – тера йолу а‚ тера йоцу а. Баа церан стоьмаш, уьш кхиъча‚ ялта чудерзочу дийнахь цуьнан хьакъ (закат) дIало. Кхоам ца беш ма дайа /шайгахь дерг/. Баккъалла а, Цунна ца беза хIуманан кхоам ца беш берш. وَهُوَ الَّذِي أَنشَأَ جَنَّاتٍ مَّعْرُوشَاتٍ وَغَيْرَ مَعْرُوشَاتٍ وَالنَّخْلَ وَالزَّرْعَ مُخْتَلِفًا أُكُلُهُ وَالزَّيْتُونَ وَالرُّمَّانَ مُتَشَابِهًا وَغَيْرَ مُتَشَابِهٍ كُلُواْ مِن ثَمَرِهِ إِذَا أَثْمَرَ وَآتُواْ حَقَّهُ يَوْمَ حَصَادِهِ وَلاَ تُسْرِفُواْ إِنَّهُ لاَ يُحِبُّ الْمُسْرِفِينَ
142 Аят
Бежанех ду – шуна мохь кхоьхьурш а‚ шуна кIеда мотт 87 хуьлурш а. Даа Дала шайна деллачу рицкъех‚ тIаьхьа ма хIитта шайтIанан гIулчашна. Баккъалла а, и шуна билггала мостагI ма ду. وَمِنَ الأَنْعَامِ حَمُولَةً وَفَرْشًا كُلُواْ مِمَّا رَزَقَكُمُ اللّهُ وَلاَ تَتَّبِعُواْ خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُّبِينٌ
143 Аят
/Схьаэца/ бархI боьршаниг а‚ стēниг а: уьстагIех а шишша‚ гезарех а шиша. Āлал (хаттал цаьрга): "Боьршаниг шиъ хьарам дина Цо (Дала) я стēниг шиъ дина‚ я шиннан а стечийн кийрахь дерг дина? Дийцал суна Iилманца‚ шаьш бакълуьйш хиллехь". ثَمَانِيَةَ أَزْوَاجٍ مِّنَ الضَّأْنِ اثْنَيْنِ وَمِنَ الْمَعْزِ اثْنَيْنِ قُلْ آلذَّكَرَيْنِ حَرَّمَ أَمِ الأُنثَيَيْنِ أَمَّا اشْتَمَلَتْ عَلَيْهِ أَرْحَامُ الأُنثَيَيْنِ نَبِّؤُونِي بِعِلْمٍ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
144 Аят
Эмкалех шиъ‚ бежнех шиъ – āлал /хIинца/: шиъ боьршаниг хьарам дина‚ я шиъ стēниг дина‚ я шиннан а стēчийн кийрахь дерг дина‚ я шу дара тешаш (дāкъа лоцуш) Дала шуна цуьнца весет деш?" Мила хир ву зуламе Далла тIе харцдерг кхуллучул, нах тилорхьама цхьа а Iилма доццушехь? Баккъалла а, Дала ца нисдо зуламе къам. وَمِنَ الإِبْلِ اثْنَيْنِ وَمِنَ الْبَقَرِ اثْنَيْنِ قُلْ آلذَّكَرَيْنِ حَرَّمَ أَمِ الأُنثَيَيْنِ أَمَّا اشْتَمَلَتْ عَلَيْهِ أَرْحَامُ الأُنثَيَيْنِ أَمْ كُنتُمْ شُهَدَاء إِذْ وَصَّاكُمُ اللّهُ بِهَذَا فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَى عَلَى اللّهِ كَذِبًا لِيُضِلَّ النَّاسَ بِغَيْرِ عِلْمٍ إِنَّ اللّهَ لاَ يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
145 Аят
Ахь āла: "Суна ца карадо сайга даийтинчу ваьхьийшкахь 88 дуучунна даа хьарам динарг къеделларг доцург‚ я Iенаш долу цIий доцург, я хьакхин жижиг доцург‚ – тIаккха и рижс ю, – я шена тIехь/урс хьокхуш/ Дела воцчун цIе яьккхина цIена йоцу хIума 89 йоцург. ТIкъа шена ницкъ бахь /мацалло/‚ къинах ларлуш‚ /Делан/ дозанех а ца волуш – /яа мега цунна хьарамниг мацалла ца валлал/. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург гечдеш верг ма ву‚ къинхетаме верг а ма ву /ишттачунна/. قُل لاَّ أَجِدُ فِي مَا أُوْحِيَ إِلَيَّ مُحَرَّمًا عَلَى طَاعِمٍ يَطْعَمُهُ إِلاَّ أَن يَكُونَ مَيْتَةً أَوْ دَمًا مَّسْفُوحًا أَوْ لَحْمَ خِنزِيرٍ فَإِنَّهُ رِجْسٌ أَوْ فِسْقًا أُهِلَّ لِغَيْرِ اللّهِ بِهِ فَمَنِ اضْطُرَّ غَيْرَ بَاغٍ وَلاَ عَادٍ فَإِنَّ رَبَّكَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
146 Аят
Жуьгташна хьарам ма дира Оха массо а (екъаелла) берг йолу /дийнат/. Хьелех а‚ уьстагIех а, - Оха хьарам йира царна оцеран мохь, шайн букъах‚ я чокох летта йоцург‚ я даьIахках ийнарг йоцург. И бекхам бира Оха царна уьш тилбалар бахьанехь. Баккъалла а, тхо бакъ ду /Тхан хьукамашкахь./ وَعَلَى الَّذِينَ هَادُواْ حَرَّمْنَا كُلَّ ذِي ظُفُرٍ وَمِنَ الْبَقَرِ وَالْغَنَمِ حَرَّمْنَا عَلَيْهِمْ شُحُومَهُمَا إِلاَّ مَا حَمَلَتْ ظُهُورُهُمَا أَوِ الْحَوَايَا أَوْ مَا اخْتَلَطَ بِعَظْمٍ ذَلِكَ جَزَيْنَاهُم بِبَغْيِهِمْ وِإِنَّا لَصَادِقُونَ
147 Аят
Хьо цара харцвахь‚ āла: "Шун Кхиош-Кхобург ву шортта къинхетам болуш‚ бухатохалур бац Цуьнан ницкъ къинош дечу къомах". فَإِن كَذَّبُوكَ فَقُل رَّبُّكُمْ ذُو رَحْمَةٍ وَاسِعَةٍ وَلاَ يُرَدُّ بَأْسُهُ عَنِ الْقَوْمِ الْمُجْرِمِينَ
148 Аят
Делаца накъост лаьцначара эр ду: "Далла лиънехьара, Делаца накъост лоцур вацара оха а‚ тхан дайша а‚ хIумма а хьарам дийр дацара оха". Иштта харцдира /дин/ царал хьалха хиллачара а тхан ницкъ Iовшшалц. Āлал (хаттал цаьрга): "Шуьгахь дуй Iилма? Делахь, аш и тхуна гучудаккха. Шу тIаьхьахIуьттуш ма дац моттарна (шайна моьттуш долчунна) а бен‚ шу ма дац харцлуьйш а бен ". سَيَقُولُ الَّذِينَ أَشْرَكُواْ لَوْ شَاء اللّهُ مَا أَشْرَكْنَا وَلاَ آبَاؤُنَا وَلاَ حَرَّمْنَا مِن شَيْءٍ كَذَلِكَ كَذَّبَ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِم حَتَّى ذَاقُواْ بَأْسَنَا قُلْ هَلْ عِندَكُم مِّنْ عِلْمٍ فَتُخْرِجُوهُ لَنَا إِن تَتَّبِعُونَ إِلاَّ الظَّنَّ وَإِنْ أَنتُمْ إَلاَّ تَخْرُصُونَ
149 Аят
Āла: "Делехь ду кхоччуш делил. Лиънехьара, шу дерриге а нисдийр дара Цо". قُلْ فَلِلّهِ الْحُجَّةُ الْبَالِغَةُ فَلَوْ شَاء لَهَدَاكُمْ أَجْمَعِينَ
150 Аят
Āла: "Балабе шайн тешаш‚ шаьш тешалла дийр долу‚ Дала и хьарам дина"‚– аьлла. Цара тешалла дахь‚ ахь ма делахь царца тешалла. Хьо тIаьхьа ма хIотталахь Тхан аяташ харцдиначеран а‚ эхартах цатешачеран а лааршна – уьш бу шайн Кхиош-Кхобучуьнца /кхин накъостий/ нисбеш (мушрикаш). قُلْ هَلُمَّ شُهَدَاءكُمُ الَّذِينَ يَشْهَدُونَ أَنَّ اللّهَ حَرَّمَ هَذَا فَإِن شَهِدُواْ فَلاَ تَشْهَدْ مَعَهُمْ وَلاَ تَتَّبِعْ أَهْوَاء الَّذِينَ كَذَّبُواْ بِآيَاتِنَا وَالَّذِينَ لاَ يُؤْمِنُونَ بِالآخِرَةِ وَهُم بِرَبِّهِمْ يَعْدِلُونَ
151 Аят
Āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Схьадуьйла‚ ас дуьйцур ду шун Кхиош-Кхобучо шуна хьарам динарг: аш цуьнца цхьанна хIуманца накъост цалацар а‚ деца-ненаца дика хилар а. Шайн доьзалш ма байа мацаллах /кхоьруш/- Оха кхобур ду шу а‚ уьш а. Боьхачунна 90 герга ма гIолаш – цунах гучудаьллачух а‚ къайлаха долчух а. Са ма делаш 91 , ша Дала хьарам дина долу‚ бакъонца бен 92 . И ду Цо шуьга весет динарг, шу хиллархьама хьекъале. قُلْ تَعَالَوْاْ أَتْلُ مَا حَرَّمَ رَبُّكُمْ عَلَيْكُمْ أَلاَّ تُشْرِكُواْ بِهِ شَيْئًا وَبِالْوَالِدَيْنِ إِحْسَانًا وَلاَ تَقْتُلُواْ أَوْلاَدَكُم مِّنْ إمْلاَقٍ نَّحْنُ نَرْزُقُكُمْ وَإِيَّاهُمْ وَلاَ تَقْرَبُواْ الْفَوَاحِشَ مَا ظَهَرَ مِنْهَا وَمَا بَطَنَ وَلاَ تَقْتُلُواْ النَّفْسَ الَّتِي حَرَّمَ اللّهُ إِلاَّ بِالْحَقِّ ذَلِكُمْ وَصَّاكُمْ بِهِ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ
152 Аят
Боберан даьхнина герга ма гIолаш дикачуьнца бен, и кхиъна даллалц 93 . Терза нийса озалаш. Оха тIе ца дуьллу сина цунна ницкъ кхочург бен. Шаьш дийцахь 94 ‚ нийсо елаш (бакъдерг дийцалаш), гергара велахь а (цунна дуьхьал делахь а и бакъдерг). Делаца йина ваIда кхочушъелаш. И ду Цо шуна шеца весет динарг, шу хилийтархьама ойла еш. وَلاَ تَقْرَبُواْ مَالَ الْيَتِيمِ إِلاَّ بِالَّتِي هِيَ أَحْسَنُ حَتَّى يَبْلُغَ أَشُدَّهُ وَأَوْفُواْ الْكَيْلَ وَالْمِيزَانَ بِالْقِسْطِ لاَ نُكَلِّفُ نَفْسًا إِلاَّ وُسْعَهَا وَإِذَا قُلْتُمْ فَاعْدِلُواْ وَلَوْ كَانَ ذَا قُرْبَى وَبِعَهْدِ اللّهِ أَوْفُواْ ذَلِكُمْ وَصَّاكُم بِهِ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ
153 Аят
ХIара Сан некъ бу нийса берг – тIаьхьахIитта цунна‚ тIаьхьа ма хIитта кхечу некъашна – цара дIакъастор ду шу Цуьнан некъах. И ду шуна Цо (Дала) шеца весет динарг, шу хилийтархьама /Делах/ кхоьруш. وَأَنَّ هَذَا صِرَاطِي مُسْتَقِيمًا فَاتَّبِعُوهُ وَلاَ تَتَّبِعُواْ السُّبُلَ فَتَفَرَّقَ بِكُمْ عَن سَبِيلِهِ ذَلِكُمْ وَصَّاكُم بِهِ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ
154 Аят
ТIаккха Мусага делира Оха жайна‚ ша диканиг диначунна /Тхан ниIмат/ кхочушдеш хилла долу‚ хIор хIуманна къастор хилла долу‚ нийса некъ а‚ къинхетам а хилла болу- уьш шайн Кхиош-Кхобучуьнца цхьанакхетарх тешаш хила ма мегара. ثُمَّ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ تَمَامًا عَلَى الَّذِيَ أَحْسَنَ وَتَفْصِيلاً لِّكُلِّ شَيْءٍ وَهُدًى وَرَحْمَةً لَّعَلَّهُم بِلِقَاء رَبِّهِمْ يُؤْمِنُونَ
155 Аят
ХIара а жайна /Къуръан/ ду. Оха доссийна и ша беркате а долуш‚ тIаьхьахIитта цунна‚ /Делах/ кхера – шух къинхетам бан мегара. وَهَذَا كِتَابٌ أَنزَلْنَاهُ مُبَارَكٌ فَاتَّبِعُوهُ وَاتَّقُواْ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ
156 Аят
Аш ца алархьама: "Тхол хьалха хиллачу шина тобане 95 доссийна жайна‚ тхо хилла уьш Iамарх гIопал (тхуна ца 1ема уьш-тхан маттахь дац уьш". أَن تَقُولُواْ إِنَّمَا أُنزِلَ الْكِتَابُ عَلَى طَآئِفَتَيْنِ مِن قَبْلِنَا وَإِن كُنَّا عَن دِرَاسَتِهِمْ لَغَافِلِينَ
157 Аят
Я аш ца алархьама: "Тхоьга доссийна хиллехьара жайна – царал а нийса хилла хир дара тхо". Еана шуьга билгало шун Кхиош-Кхобучуьнгара‚ нийса некъ а‚ къинхетам а. Мила ву ткъа зуламе Делан аяташ харцдечул‚ царах /нах/ дIатилинчул? Бекхам бийр бу Оха Тхан аятех /нах/ дIатилинчарна вочу Iазапца цара уьш тилош хилар бахьанехь 96 . أَوْ تَقُولُواْ لَوْ أَنَّا أُنزِلَ عَلَيْنَا الْكِتَابُ لَكُنَّا أَهْدَى مِنْهُمْ فَقَدْ جَاءكُم بَيِّنَةٌ مِّن رَّبِّكُمْ وَهُدًى وَرَحْمَةٌ فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّن كَذَّبَ بِآيَاتِ اللّهِ وَصَدَفَ عَنْهَا سَنَجْزِي الَّذِينَ يَصْدِفُونَ عَنْ آيَاتِنَا سُوءَ الْعَذَابِ بِمَا كَانُواْ يَصْدِفُونَ
158 Аят
Хьовсур буй-те уьш шайга маликаш дахкаре я шайна Дела варе‚ я хьан Кхиош-Кхобучун цхьадолу аяташ дахкаре? Хьан Кхиош-Кхобучун цхьадолу аяташ даьхканчу дийнахь сина пайда бийр бац цуьнан иймано‚ ша хьалха тешна хилла дацахь я шен ийман чохь гулдина диканиг дацахь. Ахь āла: "Хьовсуш Iе шу – тхо а хьовсуш ду". هَلْ يَنظُرُونَ إِلاَّ أَن تَأْتِيهُمُ الْمَلآئِكَةُ أَوْ يَأْتِيَ رَبُّكَ أَوْ يَأْتِيَ بَعْضُ آيَاتِ رَبِّكَ يَوْمَ يَأْتِي بَعْضُ آيَاتِ رَبِّكَ لاَ يَنفَعُ نَفْسًا إِيمَانُهَا لَمْ تَكُنْ آمَنَتْ مِن قَبْلُ أَوْ كَسَبَتْ فِي إِيمَانِهَا خَيْرًا قُلِ انتَظِرُواْ إِنَّا مُنتَظِرُونَ
159 Аят
Баккъалла а, шайн дин декъна хилларш‚ тобанаш хилларш 97 – хьо царах ма вац хьуна цхьанна хIуманна тIехь‚ церан гIуллакх Деле ду. ТIаккха Цо дуьйцур ду цаьрга цара деш хилларг. إِنَّ الَّذِينَ فَرَّقُواْ دِينَهُمْ وَكَانُواْ شِيَعًا لَّسْتَ مِنْهُمْ فِي شَيْءٍ إِنَّمَا أَمْرُهُمْ إِلَى اللّهِ ثُمَّ يُنَبِّئُهُم بِمَا كَانُواْ يَفْعَلُونَ
160 Аят
Диканиг деъначунна – цунна итт цунах тераниг ду 98 . Вониг деъначунна – бекхам хир бац цунах терачуьнца бен. Царна зулам дийр дац. مَن جَاء بِالْحَسَنَةِ فَلَهُ عَشْرُ أَمْثَالِهَا وَمَن جَاء بِالسَّيِّئَةِ فَلاَ يُجْزَى إِلاَّ مِثْلَهَا وَهُمْ لاَ يُظْلَمُونَ
161 Аят
Ахь āла: "Баккъалла а, со нисвина сан Кхиош-Кхобучо нийсачу новкъа‚ мехала (нийса) дин хуьлуйтуш‚ доггах /и бакъдина/ тIевирзина хилла волчу ИбрахIиман миллатах хуьлуьйтуш. И /ИбрахIим/ ца хилла мушрикех". قُلْ إِنَّنِي هَدَانِي رَبِّي إِلَى صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ دِينًا قِيَمًا مِّلَّةَ إِبْرَاهِيمَ حَنِيفًا وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ
162 Аят
Āла: "Сан ламаз а‚ сан Iибадат а‚ сан денвалар а‚ сан валар а – Далла ду‚ Iаламийн Да хилла волчу. قُلْ إِنَّ صَلاَتِي وَنُسُكِي وَمَحْيَايَ وَمَمَاتِي لِلّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ
163 Аят
Накъост вац цуьнан. Цуьнца омра дина суна‚ со хьалхара муьтIахь верг ву 99 ". لاَ شَرِيكَ لَهُ وَبِذَلِكَ أُمِرْتُ وَأَنَاْ أَوَّلُ الْمُسْلِمِينَ
164 Аят
Ахь āла: "АллахI воцург /кхин/ лоху ас Кхиош-Кхобург (Дела)? И ма ву массо а хIуманан Кхиош-Кхобург. Карор ма дац хIор синна шена тIехь дерг бен. Хьур ма бац хьочо кхечуьнан мохь 100 . ТIаккха шун дIадерзар шун Кхиош-Кхобучуьнга ма ду – Цо дуьйцур ма ду шуна шу шена чохь хилпало еш хилларг. قُلْ أَغَيْرَ اللّهِ أَبْغِي رَبًّا وَهُوَ رَبُّ كُلِّ شَيْءٍ وَلاَ تَكْسِبُ كُلُّ نَفْسٍ إِلاَّ عَلَيْهَا وَلاَ تَزِرُ وَازِرَةٌ وِزْرَ أُخْرَى ثُمَّ إِلَى رَبِّكُم مَّرْجِعُكُمْ فَيُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ
165 Аят
И ма ву шух хилийтинарг лаьттан тIаьхье‚ шух цхьаберш вукхарал даржаца айбинарг, шу зерхьама Ша шуна деллачуьнгахь. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург сиха ма ву таIзар дарехь‚ И гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ма ву. وَهُوَ الَّذِي جَعَلَكُمْ خَلاَئِفَ الأَرْضِ وَرَفَعَ بَعْضَكُمْ فَوْقَ بَعْضٍ دَرَجَاتٍ لِّيَبْلُوَكُمْ فِي مَا آتَاكُمْ إِنَّ رَبَّكَ سَرِيعُ الْعِقَابِ وَإِنَّهُ لَغَفُورٌ رَّحِيمٌ
1 АнIам – бежанаш. Иштта аьлла суратах цу чохь бежнех лаьцна хьукамаш хьехош хиларна. Ибн-1аббаса аьлла и сурат доьссина Маккахь цхьана буса дерриге цхьаьна, шен гонахь тасбихь деш 70 эзар малик а долуш.
2 И дерриге а х1ума Дала кхоьллина дуйла шайна шуъушехь, мушрикаша Делаца нисйо шаьш шайн куьйга йина х1уманаш (жа1арш-ц1уш и.д1.кх.), шайн хьекъало кхоьллина х1уманаш а…
3 Топпарх
4 И Аллах1 ву Ша стигалшкахь болчарна а, лаьттахь болчарна а 1ибадат дан хьакъ волу Дела. Ибн-Касира яздо: "Цунна 1ибадат до, И цхьаъво, И Дела хилар ч1аг1до стигалшкахь мел волчо а, лаьттахь мел волчо а, Цуьнга кхойкху Цуьнан къинхетаме догдахарций, Цуьнан 1азапах кхерарций стигалшкахь мел волчо а, лаьттахь мел волчо, Цунах цара Аллах1 олу".(Ибн-Касир, 1/568).
5 стигал йоссийра Оха царна тIе догIица – стиглара шортта дог1а даийтира Оха царна.
6 Иштта шортта дог1а а луш, цуьнца дуккха ни1маташ а луш кхаьбира Ша, боху Дала Маккан керстанашка царал хьалха хилларш, т1аккха церан къинош бахьанехь х1аллакбира уьш. Изза хила мега шуьца а.
7 Дала малик доссийна делахьара, т1аккха цара бакъдерг харцдича, Дала х1аллакбийр бара уьш, жимма а т1аьхьатоттур бацара.
8 Шен халкъах къинхетам бар Шена т1едиллина Дала. Дуьненахь Цо къинхетам бо массарех а - Шега ийман диллинчарех а, цадиллинчарех а. Цуьнан къинхетамах ду Цо къинош диначарна а, зуламаш диначарна а сихха та1зар цадар, царна дохкобовла а, тоба дан а, т1аккха дика 1амалш ян а хан ялар. Цуьнан къинхетамах ду Цо диканиг дан луучунна массо а кепара аьтто бар.
9 Къематдийнахь.
10 ДоттагI.
11 Делаца накъост лоцучарах, Цунна декъахо хуьлуьйтучарах.
12 Мухьаммад - пайхамар.
13 Шаьш Iалаш цадинарш.
14 Ийман ца дуьллуш.
15 Бакъдолчух.
16 Цу бакъдолчух нах бухатухуш бу уьш‚ шаьш а цунна генабовлуш бу уьш. Цхьаболчара аьлла: "И аят Абу ТIалибехь доьссина: нах элчанна зен дарх духатуху цо, амма ша цуьнга ийман ца дуьллу".
17 Дуьненчу.
18 Доккха хIума гур дара хьуна!
19 Къематде. Оцу дийнахь хир дерг Дала Шен аяташкахь яханчу хенахь дуьйцу и хирг хилар Шена гергахь ч1аг1делла долу дела.
20 Дуьненахь долуш Дела харцварца.
21 Бакъдолчух.
22 Белларш – Ибн-Касира боху цуьнца Далла луург керстанаш бу, церан дегнаш, ийман т1е а ца лоцуш, делла долу дела.
23 Аят – кхузахь: дуьненан 1адат дохош долу инзаре тамаше х1ума; му1жизат. Маккин керстанаша олуш хилла: «Х1окху Мухьаммаде Дала, кхечу пайхамаршка санна (Салихьана тарха юккъера эмкал схьаяккхарх, Мусага 1аса яларх, 1ийсага велларг денвайта магарх терра) му1жизат луш делхьара, теша мегар вай цунах.
24 И массо а хIума муIжизаташ (тамашийнаш) дара царна‚ Делан возалла гойтуш‚ цара ойла яхьара.
25 Сахьт – къематде.
26 Айдийр дара Цо шуна тIера Iазап, аш ма доьхху.
27 Песакъ – 1аьрбашха: فاسق фасикъ. فسقфаскъа бохучун коьрта маь1на цхьана х1уман чуьра я г1уллакх чуьра аравалар ду, д1акъастар ду. Кхузахь луург Далла муьт1ахь хуьлучура аравалар ду. Фасикъ (песакъ) – Далла муьт1ахь хуьлучуьра араваьлларг ву.
28 Делан дашца.
29 Кхерам таса.
30 Делан дуьхьа, и Дела везаш.
31 Салам Iалайкум.Цуьнан маь1на: "Тхоьгара маьрша ду шу, тхоьгара зен-зулам дац шуна" – السلام عليكم – бусалба нехан маршалла дуьненахь а, эхартахь а.
32 Къа дахь.
33 Цатешачара пайхамаре‚ хьуо бакълуьйш велахь‚ хIинца доссаде шайна Делера Iазап‚ бохуш‚ багалееш хилла. Цо боху: и гIуллакх шегахь дац, Делан карахь ду.
34 Билгала жайна – кхузахь: لوح محفوظ (Лавхь-махьфуз). Массо а х1ума Далла хууш ду, Цунна ма лаъара д1ад1оьдуш ду.
35 Шуна наб кхоьтуьйтуш – шу делча санна хуьлуш.
36 ЦIе тоьхна йолу хан – Iожалла – и шайна тоьхна хан тIеккхаччалц шу дуьненахь дахийтархьама.
37 Хехой – кхузахь: маликаш‚ шу Iалашдеш‚ аш дийриг яздеш долу.
38 Волуьйту.
39 Шайн балха тIехь.
40 Вовшашца мостагIалла а леладеш.
41 Делах кхоьручарна къа хир дац уьш хевшийна Iечахь кхечара Делах ца бешаш хабарш дийцича‚ делахь а, царна тIехь ду царна хьехам бар‚ цунах пайда хир бац аьлла хетахь – царах дIакъастар.
42 Цатешаш берш.
43 Делан аятех ца баша.
44 Къематде.
45 Хьайн нахе дагадаийта цо и алар‚ я Мухьаммад.
46 Мушрикаш – Делаца накъостий лоьцурш.
47 Ширк дар – Делаца накъост лацар. Оцунах лаьцнарг хьалха деана.
48 Дала ИбрахIимна белира‚ и ша дуккха воккха хиллехь а‚ доьзалхой – Исхьакъ а‚ ЯIкъуб а.
49 Зуьррет – т1аьхье.
50 ЦIенчу бусалба динах.
51 Ибн 1аббаса аьлла: «Уьш бу Мадинатан бахархой-ансараш, шаьш, Маккан ох1лано бусалба дин харцдича, и т1елаьцна болу». Къатадана а, кхечарна а хетарехь, уьш бу х1окху аятехь хьехийна 18 пайхамар, церан умматаша Делан ц1ена дин т1е ца лаьцча, Дала иза т1едиллира Мухьаммадна а, цуьнан нахана.
52 Дала деллачу ниIматийн.
53 Цхьа а жайна ца доссийна Дала‚ аьлла‚ керстаналла дира цара.
54 Аш и Таврат яздо шайна ма луъу‚ шайна цадезарг бухадуьтуш.
55 Дала доссийна Мусага Таврат.
56 Къуръан.
57 Къуръано бакъдо шел хьалха хилла жайнаш: Таврат а‚ Инжил а.
58 Макка гIала.
59 Къуръанах тераниг. Мусайламат Ал-Каззаб боху харц стаг хилла дов деш ша пайхамар ву, бохуш.
60 Сауьйзуш – 1ожалла т1ееана синош долуш.
61 Юкъара уьйраш.
62 Са – кхузахь: са долу х1ума – адамаш, бежнаш …
63 Ибн-1аббаса аьлла: са кхуллуш цуьнан ч1аг1далар хуьлу ненан кийрахь, 1алашдалар хуьлу ден букъехь. Ибн –Мас1уда аьлла: синан ч1аг1далар ду ненан кийрахь, 1алашдалар ду лаьттахь, ша лийр долчу.
64 Гранатийн.
65 Дуьххьара.
66 Аяташ‚ Делан делилаш.
67 Къа.
68 Со вац шун 1амалш тергал ян т1ех1оттина, сан декхар ду шуьга Делан омра д1акхачор.
69 Цатешачара олуш хилла Мухьаммаде: "Ахь хьалхалерчу жайний чуьра Iамийна и хIуманаш".
70 Мушрикаш – Делаца накъостий лоьцурш. Хьалха деана цуьнан маь1на.
71 Хьуна т1едиллина дац церан рицкъашка а, церан г1уллакхашка а хьажар.
72 Муьлхха делилаш деъча а‚ цара ийман дуьллур дац – и Далла хууш ду.
73 И даа магийна Цо шуна.
74 Бежанан жижиг ма даалаш‚ цу бежанна урс хьокхуш Делан цIе яккхина яцахь (бисмилла олуш).
75 Исламан дозанех вāлар, Далла муьт1ахь хуьлчура аравалар.
76 ДIадоьллу.
77 Шена чохь пайда боцу хIума.
78 Ялсамане.
79 Къематде.
80 Жинаша хазйора адамашна дуьнене йолу шовкъ, адамаш царна муьтIахь хуьлура.
81 Цара ечу Iесаллица. Наха кхъинош дар, зуламаш дар бахьанехь царна т1е кхин боьха зуламхой х1иттабо Дала. Аль-Къурт1абийс боху: «Х1ара зуламхочунна кхерам бу: зулам дечух и ца сацахь, Дала цунна т1е кхин боьха зуламхо кхуссур ву». Ибн-1аббаса аьлла: «Дала Ша цхьана къомана реза хилча, царна т1е царах диканаш х1иттабо. Ткъа Ша цхьана къомана оьг1азло яхь, царна т1е царах боьханаш х1иттабо». Динаран к1анта Малико боху: «Ас дешна цхьадолчу хьекъалаллин жайнашкахь, лекха-воккха волчу Дала боху аьлла: «Баккъалла а, Со ву паччахьийн паччахь, паччахьийн дегнаш Сан карахь ду – Суна муьт1ахь хиллачунна хуьлуьйтур бу Ас царах къинхетам, Суна 1есалла йинчунна хуьлуьйтур ду Ас цаьргара та1зар. Шу ма хилалаш паччахьашна бехкаш бохкуш, делахь а, аш тоба делаш Соьга – Ас к1адбийр бу уьш шуна».
82 Цаьрга кхерам ца боуьйтуш. Дала нахана та1зар ца до Шен омранаш цаьрга довзийтинчул т1аьхьа цара 1асалла йича бен.
83 Шура‚ я кIорни.
84 Бежано йина кIорни.
85 Кемсийн бошмаш‚ гIабакхаш, хорбазаш, и. дI. кх.
86 Нар – гранат олу стом.
87 Кегийчу бежанашна тIехь хIума яхьа ца мега. "Мотт" ( الفرش"Аль фарш"), аьлла царах уьш кегий долудела, лаьтта баржочу маттах тардина. Сабунин тафсир чохь: урс хьакха охьадийшош дерш (даа мегарш). Цхьа кхечахь: "Аль фарш" – шуна даа, шура яккха мегаш долу бежанаш ду.
88 Дала пайхамаре доуьйту Къуръанан аяташ.
89 Ц1ена йоцу х1ума – 1арбашха: فسق фискъ.Дела воцчу кхечу х1уманан ц1е йоккхуш дийна бежана. Ц1ена доцуш лерина и.
90 Доккха къа дина, и. дI. кх.
91 Стаг ма велаш.
92 Бакъонца бен – вен хьакъ верг бен. Дала стаг вēр хьарам дина, чIир оьцуш, я зулам духатухуш, я шар1ан кхиэло, цо динчу зуламе хьаьжжина, вēн кхиэл йинарг я д1абоьдуш болчу т1амт1ехь дуьхьало еш верг бен.
93 И кхиъна даллалц – и г1еметтах1отталц. Беран кхиъна далар я г1еметтах1оттар хуьлу цуьнан кхиъна даларан билгалонаш гучуяларца (бож-беран аз стомдаларца я чо баларца, зуда-беран ц1ано йохарца), и билгалонаш гучу ца ялахь – пхийтта шо дузарца.
94 Шаьш дийцахь – кхузахь: шаьш хьукам дахь я тешалла дахь. Аятан маь1на: шаьш хьукам деш я тешалла деш, нийса делаш, и тешалла шена т1ехь деш верг гергара хиларе а ца хьоьжуш.
95 Къуръан доссийна Дала Iаьрбийн маттахь, цаьрга ца алийтархьама: "Жуьгташка а‚ насарашка а жайна (Таврат а‚ Инжил а) доссийна‚ тхоьга дац уьш".
96 Цара Делан элчанаш харцбеш хилар бахьанехь а.
97 Ибн-1аббаса аьлла: уьш жуьгтий а, насараш а бу Ибрах1им пайхамаран ц1ена дин тобанашка декъна болу.
98 Дика динчунна – Дала уьттаза дика до‚ вониг динчуьнна – цунах терра цхьа вон до, совдоккхур дац.
99 Бусалба ву.
100 Цхьаммо а хьур бац кхечун къинойн мохь, хIораммо а шен къинойх жоп ша лур ма ду.