60. Сурат АЛЬ-МУМТАХЬАНА

Зуьйш ерг
(Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 13 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
ХIай ийман диллинарш! Ма леца Сан мостагIий а‚ шун мостагIий а доттагIий[1]‚ аш цаьрга безам а кхийдабеш. Цара керста ма дина шуьга деана долу бакъдерг‚ шаьш аравоккхуш элча а‚ шу а /цIеношкара/ деккъа шу Делах  шаьш Кхиош-Кхобуш волчух тешаш долу дела. Шу арадевлча гIазотана Сан новкъахь‚ Сан резахилар лоьхуш /ма лецалаш керстанаш шайна доттагIий/. Аш /дегнашкахь/ хьулбора цаьрга безам, Со дика хууш ву аш хьулдинарг а‚ аш дIахьединарг а. Шух иза деш верг тилавелла ву нийсачу некъах. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَّخِذُوا عَدُوِّي وَعَدُوَّكُمْ أَوْلِيَاء تُلْقُونَ إِلَيْهِم بِالْمَوَدَّةِ وَقَدْ كَفَرُوا بِمَا جَاءكُم مِّنَ الْحَقِّ يُخْرِجُونَ الرَّسُولَ وَإِيَّاكُمْ أَن تُؤْمِنُوا بِاللَّهِ رَبِّكُمْ إِن كُنتُمْ خَرَجْتُمْ جِهَادًا فِي سَبِيلِي وَابْتِغَاء مَرْضَاتِي تُسِرُّونَ إِلَيْهِم بِالْمَوَدَّةِ وَأَنَا أَعْلَمُ بِمَا أَخْفَيْتُمْ وَمَا أَعْلَنتُمْ وَمَن يَفْعَلْهُ مِنكُمْ فَقَدْ ضَلَّ سَوَاء السَّبِيلِ
2 Аят
Шуна тIехь шайн аьтто баьлча – шуна мостагIий хуьлу царах‚ шуна тIекхийдадо шайн куьйгаш а‚ шайн меттанаш а /шуна/ зен дарца‚ царна лиира аш /и бакъдерг/ керстадойла. إِن يَثْقَفُوكُمْ يَكُونُوا لَكُمْ أَعْدَاء وَيَبْسُطُوا إِلَيْكُمْ أَيْدِيَهُمْ وَأَلْسِنَتَهُم بِالسُّوءِ وَوَدُّوا لَوْ تَكْفُرُونَ
3 Аят
Банне а шуна пайда бийр ма бац шун гергарлонаша а‚ шун доьзалша а[2] къематдийнахь: Цо къастам бийр бу шуна юккъехь. И Дела аш дийриг гуш ма ву. لَن تَنفَعَكُمْ أَرْحَامُكُمْ وَلَا أَوْلَادُكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ يَفْصِلُ بَيْنَكُمْ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
4 Аят
Хаза масал ма хилира шуна ИбрахIимехь а‚ цуьнца хиллачаьргахь а‚ цара аьлча шайн нахе: "Тхо цIена ду шух а‚ аш шайна, Дела а витина, Iибадат дечу хIуманех а. Оха шуна керстаналла дина. Тхуний‚ шуний юккъехь мостагIалла ду‚ оьгIазло а ю гуттаренна аш веккъа цхьана Деле ийман диллалц". ИбрахIима шен дега аьлла цхьа дош доцург /цунах масал ма эца/: "Хьуна гечдар доьхур ма ду ас Деле‚ /хIетте а/ Делера хьуна цхьанна а хIуманна доладеш-м вац со". /Цара  ИбрахIима а‚ цуьнан накъосташа а доIа дора/: "Тхо Кхиош-Кхобуш волу тхан Дела! Хьуна тIетевжи тхо‚ Хьуна тIедирзи тхо‚ Хьуна тIе ду-кх тхан дIадерзар а. قَدْ كَانَتْ لَكُمْ أُسْوَةٌ حَسَنَةٌ فِي إِبْرَاهِيمَ وَالَّذِينَ مَعَهُ إِذْ قَالُوا لِقَوْمِهِمْ إِنَّا بُرَاء مِنكُمْ وَمِمَّا تَعْبُدُونَ مِن دُونِ اللَّهِ كَفَرْنَا بِكُمْ وَبَدَا بَيْنَنَا وَبَيْنَكُمُ الْعَدَاوَةُ وَالْبَغْضَاء أَبَدًا حَتَّى تُؤْمِنُوا بِاللَّهِ وَحْدَهُ إِلَّا قَوْلَ إِبْرَاهِيمَ لِأَبِيهِ لَأَسْتَغْفِرَنَّ لَكَ وَمَا أَمْلِكُ لَكَ مِنَ اللَّهِ مِن شَيْءٍ رَّبَّنَا عَلَيْكَ تَوَكَّلْنَا وَإِلَيْكَ أَنَبْنَا وَإِلَيْكَ الْمَصِيرُ
5 Аят
Тхо кхиош-кхобуш волу тхан Дела! Тхох питана ма делахь цатешначарна‚ Ахь гечделахь тхуна‚ тхо кхиош-кхобуш волу тхан Дела. Баккъалла а, Хьо ву-кх веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а". رَبَّنَا لَا تَجْعَلْنَا فِتْنَةً لِّلَّذِينَ كَفَرُوا وَاغْفِرْ لَنَا رَبَّنَا إِنَّكَ أَنتَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
6 Аят
Шуна хили цаьргахь хаза масал  Деле а‚ къематдийне а дог дохуш волчунна. /Оцунах/ милла а дIаверзахь,  баккъалла а, и Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву. لَقَدْ كَانَ لَكُمْ فِيهِمْ أُسْوَةٌ حَسَنَةٌ لِمَن كَانَ يَرْجُو اللَّهَ وَالْيَوْمَ الْآخِرَ وَمَن يَتَوَلَّ فَإِنَّ اللَّهَ هُوَ الْغَنِيُّ الْحَمِيدُ
7 Аят
Тарло Дала шуна а‚ царах аш шайца мостагIалла лелош йолчарна а юккъехь безам хилийта. Дела ницкъ кхочуш ву. И Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву. عَسَى اللَّهُ أَن يَجْعَلَ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَ الَّذِينَ عَادَيْتُم مِّنْهُم مَّوَدَّةً وَاللَّهُ قَدِيرٌ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
8 Аят
Дала ца магош дац шуна дин бахьанехь шуьца тIом ца бинчарна а‚ шу шайн цIеношкара ара ца даьхначарна а диканиг дан а‚ аш цаьрца нийсо ян а. Баккъалла а, Далла беза нийсо еш берш[3]. لَا يَنْهَاكُمُ اللَّهُ عَنِ الَّذِينَ لَمْ يُقَاتِلُوكُمْ فِي الدِّينِ وَلَمْ يُخْرِجُوكُم مِّن دِيَارِكُمْ أَن تَبَرُّوهُمْ وَتُقْسِطُوا إِلَيْهِمْ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُقْسِطِينَ
9 Аят
Боккъалла а, Дала ца магадо шуна дин бахьанехь шуьца тIом биначарах‚ шу шайн цIеношкара арадаьхначарах‚ шу арадахарна тIехь гIодиначарах аш шайна доттагIий леца. Царах доттагIий лоьцуш берш  уьш зуламхой бу. إِنَّمَا يَنْهَاكُمُ اللَّهُ عَنِ الَّذِينَ قَاتَلُوكُمْ فِي الدِّينِ وَأَخْرَجُوكُم مِّن دِيَارِكُمْ وَظَاهَرُوا عَلَى إِخْرَاجِكُمْ أَن تَوَلَّوْهُمْ وَمَن يَتَوَلَّهُمْ فَأُوْلَئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ
10 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шуьга баьхкича бевдда муъма зударий  зēлаш уьш, Далла-м дика хаьа церан ийман. Шайна хааделча уьш ийман диллина буйла,  уьш керстанашка дIа ма берзабелаш[4]. Уьш (и муъма зударий) царна (керстанашна) хьанал бац. И (керста нах) а бац царна (зударшна) хьанал. ДIало царна (цу зударийн хиллачу керста марошна) цара йина харж (цара зударшна делла хилла долу урдо). Къа дац шуна аш уьш шайна балийча, царна шайн мах (урдо) дIа а белла. Аш ма леца ца тешаш болчу зударшца /зудчун-майрачун/ уьйраш (аш ма кхаба шайгахь хилла болу таккха керстанийн аг1ор бевлла болу зударий). Аш еха цаьргара шаьш йина харж[5]. Цара а йоьхийла шаьш йина харж /шуьга[6]/. Иза ду Делан хьукам: Цо до шуна юккъехь хьукам. Дела хууш верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا جَاءكُمُ الْمُؤْمِنَاتُ مُهَاجِرَاتٍ فَامْتَحِنُوهُنَّ اللَّهُ أَعْلَمُ بِإِيمَانِهِنَّ فَإِنْ عَلِمْتُمُوهُنَّ مُؤْمِنَاتٍ فَلَا تَرْجِعُوهُنَّ إِلَى الْكُفَّارِ لَا هُنَّ حِلٌّ لَّهُمْ وَلَا هُمْ يَحِلُّونَ لَهُنَّ وَآتُوهُم مَّا أَنفَقُوا وَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ أَن تَنكِحُوهُنَّ إِذَا آتَيْتُمُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ وَلَا تُمْسِكُوا بِعِصَمِ الْكَوَافِرِ وَاسْأَلُوا مَا أَنفَقْتُمْ وَلْيَسْأَلُوا مَا أَنفَقُوا ذَلِكُمْ حُكْمُ اللَّهِ يَحْكُمُ بَيْنَكُمْ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
11 Аят
Шун зударех цхьаъ дIаяхча цатешачаьрга‚ ткъа аш тIом бина хIонс яккхинехь,  дIало шайгара зударий дIабаханчарна цара йина харжаца нислург /хIонсах/[7]. Шу кхералаш /и нийсо ца ян/ Делах‚ шаьш Цунах тешаш долчу. وَإِن فَاتَكُمْ شَيْءٌ مِّنْ أَزْوَاجِكُمْ إِلَى الْكُفَّارِ فَعَاقَبْتُمْ فَآتُوا الَّذِينَ ذَهَبَتْ أَزْوَاجُهُم مِّثْلَ مَا أَنفَقُوا وَاتَّقُوا اللَّهَ الَّذِي أَنتُم بِهِ مُؤْمِنُونَ
12 Аят
ХIай пайхамар! Хьуна тIе баьхкича муъма зударий хьоьца дуйца барт бан /динан агIонаш ларъян/ шаьш Делаца цхьанна хIуманца накъост цалацарна тIехь‚ шаьш /хIума/ цалачкъорна тIехь, зина цадарна тIехь‚ шаьш шайн бераш цадайарна[8] тIехь‚ шаьш цадахьарна тIехь эладита, шаьш иза кхуллуш, шайн куьйгийн а‚ когийн а хьалха (шен майрачунна дина доцу бер цунах ца кхиош[9])‚ шаьш дикачу хIуманна тIехь хьуна Iесалла цаярна тIехь  цаьрца дуйнаца барт бе‚ царна Деле гечдар деха. Баккъалла а, и Дела гечдийриг ву‚ къинхетаме верг ву. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ إِذَا جَاءكَ الْمُؤْمِنَاتُ يُبَايِعْنَكَ عَلَى أَن لَّا يُشْرِكْنَ بِاللَّهِ شَيْئًا وَلَا يَسْرِقْنَ وَلَا يَزْنِينَ وَلَا يَقْتُلْنَ أَوْلَادَهُنَّ وَلَا يَأْتِينَ بِبُهْتَانٍ يَفْتَرِينَهُ بَيْنَ أَيْدِيهِنَّ وَأَرْجُلِهِنَّ وَلَا يَعْصِينَكَ فِي مَعْرُوفٍ فَبَايِعْهُنَّ وَاسْتَغْفِرْ لَهُنَّ اللَّهَ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
13 Аят
ХIай ийман диллинарш! Аш доттагIий ма леца шайна Дела оьгIазвахана къам. Цара дог диллина эхартах‚ цатешачара дог диллина хиларх терра кешнийн дайх (уьш денбина гIовторах). يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَوَلَّوْا قَوْمًا غَضِبَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ قَدْ يَئِسُوا مِنَ الْآخِرَةِ كَمَا يَئِسَ الْكُفَّارُ مِنْ أَصْحَابِ الْقُبُورِ
[1]ХьатIиб бин Аби БалтаIа ц1е йолчу мухIажиро яздина хилла Маккахь болчу шен гергарчу керстанашка кехат‚ пайхамаран къайленаш юьйцуш, иза Макка яккха кечлуш волуш. Цо иза цхьана Макка йоьдучу зудчуьнца (цуьнан ц1е цхьадолчу дийцаршкахь Сарат хилла аьлла ду, цхьа кхечахь – Джарадат) дIадохьуьйтуш хилла. Делан элчано (шега Джабраилехула) хаийтинчул тIаьхьа Iела а‚ Зубайр а‚ Микъдад а вахийтина, и кехат схьадаккха аьлла. Ша Iелас кхерийначул тIаьхьа зудчо и кехат схьадаьккхира кIажарш юккъера. ХьатIиба и лелийна ца хилла, пайхамарана зен дан лууш‚ деккъа шен Маккахь болчу гергарчу нахах къахеташ бен. Цундела Делан элчано гечдина цунна и гIалат.
[2]Мадинате д1акхелхинчу бусалбанийн гергара нах бисна хилла Маккахь. Шайна та1зарш динчу, дин бахьанехь шаьш махкара арадаьхначу керстанашца доттаг1алла лело г1ерташ хилла бусалбанаш, цара шайн гергарчу нахана зен дан кхоьруш.
[3]И аят доссаран бахьана ду: Абу Бакран йо1ан Асмаан нана Къутайла (цу хенахь и керста хилла) еъна хилла шен йо1 йолчу, совг1аташ а дахьаш. Асмаана ца лиъна и шен нана-керста шен ц1а чу йита а, цуьнгара совг1аташ къобалдан а. И яхана шен йиша, пайхамаран зуда, 1аишат йолчу пайхамаре хатта. Т1аккха доьссина и аяташ. Пайхамара аьлла Асмаэ, хьайн нана чу а йита,,цо деъна совг1аташ а схьаэца, лара а лара. Кху аято а, буха дог1учо а боху: бусалбанашца т1ом ца беш, цаьрца маьрша бехаш болчу керстанашца дика хила, лера безачохь уьш лара а лара, цаьрца нийсо а лелае. Дала ца магадо дин бахьанехь бусалбанашца т1ом беш болчарах а, бусалбанаш шайн ц1еношкара арабохучарах а, уьш арабаха г1одечарах а доттаг1ий леца. Уьш бусалбанийн мостаг1ий бу.
[4]Абу Му1ит1ан к1антан 1укъбатан йо1 Уммул Кулсум, бусалба дин т1е а лаьцна, Мадинате еъна бусалбанашна т1е. Цуьнан ши ваша веъна пайхамарна т1е, и шайга схьало бохуш. Бусалбанашна а, керстанашна а юккъехь хиллачу Хьудайбиййат бартаца пайхамара керстанашкара ведда веанарг, и бусалба велахь а, цаьрга д1авала везаш хилла. Кхузахь Дала керстанашкара едда еана зуда-стаг, талла а теллина, и бусалба юйла хиъча, цаьрга д1а ма ло боху. Бусалба зуда керстанехь хила мегаш дац (хьарам ду).
[5]Делах тешаш йоцу зуда, шайн нахе дIайохуьйтуш, шаьш цунна тIехь йина харж (урдо) схьаеха.
[6]Нагахь санна, ийман а диллина, церан зударий тIебаьхкича‚ тIаккха аш уьш балийча.
[7]И хьукам лелийра бусалбанаша цатешачаьрца а‚ вовшашца а юьхьанца‚ тIаккха иза айдира (дIадаьккхира).
[8]Ибн-Касиро аьлла оцу аято чулоцу бер дуьненчу даьллачул т1аьхьа дайар а, цхьаболчу 1арбаша жех1ал заманчохь, мацаллах я сийсазаллах кхоьруш, дойуш ма хилла, иштта бер ненан кийрахь долуш дер а муьлххачу кепара.
[9]Кхузахь Далла луург нахаца лелар дац – иза хьалха хьахийна Цо. Цхьаболчу бераш ца хуьлучу зударша шаьш мароша битарх кхоьруш, нехан д1акхиссина бераш далош хилла, уьш шайн маройн ду бохуш. И хьарам деш ду Дала. Амма иштта бераш, шайн ду бохуш, харц ца луьйш, кхабар - мēла хуьлу, дика г1уллакх ду.