61. Сурат АС-САФФ

МогIа
(Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 14 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Далла тасбихь дина стигалшкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо. Иза веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. سَبَّحَ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
2 Аят
ХIай ийман диллинарш! Аш хIунда дуьйцу шаьш деш доцург[1]? يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آَمَنُوا لِمَ تَقُولُونَ مَا لَا تَفْعَلُونَ
3 Аят
Йоккха хилла оьгIазло Далла гергахь аш āлар шаьш деш доцург. كَبُرَ مَقْتًا عِندَ اللَّهِ أَن تَقُولُوا مَا لَا تَفْعَلُونَ
4 Аят
Баккъалла а, Далла беза Шен новкъахь тIом беш берш, цхьа могIа бина, шаьш чIагIйина гIишло санна. إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الَّذِينَ يُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِهِ صَفًّا كَأَنَّهُم بُنيَانٌ مَّرْصُوصٌ
5 Аят
Мусас ма элира шен къоме /ахь хьахаде иза‚ хIай Мухьаммад‚ хьайн нахе/: "ХIай сан къам‚ аш хIунда суна халахоьтуьйту? Шу хууш ма дуй, со шуьга /ваийтина/ Делан элча вуйла". Уьш /бакъдолчух/ дIабирзича,  Дала дIадерзийра церан дегнаш /бакъдолчух/. Дала нис ца до песакъ къам. وَإِذْ قَالَ مُوسَى لِقَوْمِهِ يَا قَوْمِ لِمَ تُؤْذُونَنِي وَقَد تَّعْلَمُونَ أَنِّي رَسُولُ اللَّهِ إِلَيْكُمْ فَلَمَّا زَاغُوا أَزَاغَ اللَّهُ قُلُوبَهُمْ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْفَاسِقِينَ
6 Аят
Марьяман кIанта Iийсас ма элира‚ /ахь дагадайта иза хьайн нахе‚ хIай Мухьаммад/: "ХIай Исраилан кIентий! Баккъалла а, со шуьга /ваийтина/ Делан элча ву-кх‚ бакъдеш сол хьалха хилла Таврат а‚ кхаъ боккхуш сол тIаьхьа вогIур волчу элчанца, шен цIе Ахьмад[2] йолуш". ТIаьхьа иза шайга веъча билгалонашца‚ цара элира: "ХIара билгала бозбуунчалла ду". وَإِذْ قَالَ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ إِنِّي رَسُولُ اللَّهِ إِلَيْكُم مُّصَدِّقًا لِّمَا بَيْنَ يَدَيَّ مِنَ التَّوْرَاةِ وَمُبَشِّرًا بِرَسُولٍ يَأْتِي مِن بَعْدِي اسْمُهُ أَحْمَدُ فَلَمَّا جَاءهُم بِالْبَيِّنَاتِ قَالُوا هَذَا سِحْرٌ مُّبِينٌ
7 Аят
Мила ву зуламе ша Далла тIехь харцдерг кхоьллина волчул‚ ша /Далла/ муьт1ахь хиларе (ислам дине) кхойкхуш а волуш? Дала нис ца до зуламе къам. وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَى عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ وَهُوَ يُدْعَى إِلَى الْإِسْلَامِ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
8 Аят
Уьш лууш бу шайн баганашца Делан нур дайа. Дала кхочушдо Шен нур, цатешачарна и мел ца дезахь а. يُرِيدُونَ لِيُطْفِؤُوا نُورَ اللَّهِ بِأَفْوَاهِهِمْ وَاللَّهُ مُتِمُّ نُورِهِ وَلَوْ كَرِهَ الْكَافِرُونَ
9 Аят
Иза ву вахийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъдолчу динца, иза толийтархьама массо а дина тIехь, мушрикашна иза мел ца дезахь а. هُوَ الَّذِي أَرْسَلَ رَسُولَهُ بِالْهُدَى وَدِينِ الْحَقِّ لِيُظْهِرَهُ عَلَى الدِّينِ كُلِّهِ وَلَوْ كَرِهَ الْمُشْرِكُونَ
10 Аят
ХIай ийман диллинарш! Ас нисдой шу йохка-эцарна тIе, цо шу кIелхьарадохур долуш лазош долчу Iазапах? /Иза :/ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آَمَنُوا هَلْ أَدُلُّكُمْ عَلَى تِجَارَةٍ تُنجِيكُم مِّنْ عَذَابٍ أَلِيمٍ
11 Аят
Шу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешар ду‚ аш Делан новкъахь къахьегар[3] ду шайн бахамца а‚ синошца а. Иза дика ду шуна, шу хууш хиллехь. تُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَتُجَاهِدُونَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ بِأَمْوَالِكُمْ وَأَنفُسِكُمْ ذَلِكُمْ خَيْرٌ لَّكُمْ إِن كُنتُمْ تَعْلَمُونَ
12 Аят
Цо (Дала) гечдийр ду шун къиношна‚ чудохуьйтур ду бошмашна‚ шайна бухахула хиш оьхуш долчу‚ Iадн ялсаманин цIенчу гIишлошна. Иза сийлахь-боккха толам бу-кх! يَغْفِرْ لَكُمْ ذُنُوبَكُمْ وَيُدْخِلْكُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ وَمَسَاكِنَ طَيِّبَةً فِي جَنَّاتِ عَدْنٍ ذَلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
13 Аят
Кхин /ниIмат хир ду/, шуна ша дезаш долу  Делера гIо а‚ гергара толам а. Ахь кхаъ баккха муъма нахана. وَأُخْرَى تُحِبُّونَهَا نَصْرٌ مِّنَ اللَّهِ وَفَتْحٌ قَرِيبٌ وَبَشِّرِ الْمُؤْمِنِينَ
14 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шу хилалаш Делан гIоьнчий, Марьяман кIанта Iийсас шен мутаIелимашка аьлла хиларх терра: "Муьлш бу Делан аг1оргахьа сан гIоьнчий?" МутаIелимаша элира: "Тхо ду Делан гIоьнчий". Исраилан кIентех цхьана тобано ийман диллира‚ /кхечу/ тобано керстаналла дира. ТIаккха Оха чIагIбира ийман диллинарш церан мостагIчунна тIехь  уьш хилира толам баьккхинарш /делилашца а, билгалонашца а/. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آَمَنُوا كُونوا أَنصَارَ اللَّهِ كَمَا قَالَ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ لِلْحَوَارِيِّينَ مَنْ أَنصَارِي إِلَى اللَّهِ قَالَ الْحَوَارِيُّونَ نَحْنُ أَنصَارُ اللَّهِ فَآَمَنَت طَّائِفَةٌ مِّن بَنِي إِسْرَائِيلَ وَكَفَرَت طَّائِفَةٌ فَأَيَّدْنَا الَّذِينَ آَمَنُوا عَلَى عَدُوِّهِمْ فَأَصْبَحُوا ظَاهِرِينَ
[1]Муъма нах хилла шайна тIе гIазот диллахьара бохуш‚ Ухьудехь тIом болчу хенахь уьш гIазотах юхабевлира. ТIаккха доссийна Дала иза.
[2]Ахьмад‚ Мухьаммад  вайн пайхамаран цIерш. حمد (хасто) – олучу орамах схьаевлла уьш. Церан маь1на ду: " вуно хастаме верг"‚ «т1ех дукха хестош верг». Хьалха грекийн маттахь яздина хиллачу Инжила чохь, "Periclotos" аьлла, хьахийна ву иза. Ингалс маттахь долчу Инжила чохь цунах "Comforter" аьлла‚ оьрсийн маттахь и гочдина "Утешитель" (Евангелие от Иоанна‚ XI‚ 16; XV‚ 26; XVI‚ 7). И грекийн дош герга ду Iарбийн "Ахьмад" дашна. Цуьнан маьIна "Хастаме" бохург ду. Цо къеггина гойту вайна Дала Инжила чохь Мухьаммад ﷺ ваийтар хьахийна хилар.
[3]Кхузахь «Къахьегар» аьлла, гочдеш ду Делан дош تجاهدون (туджāх1идуна). И схьадаьлла جاهد джāх1ада бохучух. К1орггера оцунах лаьцнарг хьалха деана. Цуьнан коьрта маь1на ду къийсам латтабар.