62. Сурат АЛЬ-ДЖУМУIА

Рузба ламаз‚ пIераска
(Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 11 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Ша паччахь волчу‚ Ша /массо а кхачамбацарех/ ц1ена волчу‚ Ша веза волчу‚ Ша хьукам /нийса/ деш волчу Далла тасбихь деш ду 1 стигалшкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. يُسَبِّحُ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ الْمَلِكِ الْقُدُّوسِ الْعَزِيزِ الْحَكِيمِ
2 Аят
Иза ву Ша ваийтинарг йоза ца хуучу нахехь 2 царна шайна юккъера элча‚ цо царна дуьйцуш Цуьнан аяташ‚ уьш цIанбеш‚ царна Iамадеш жайна а‚ хьикмат 3 а‚ уьш хьалха хиллехь а билгалчу тиларчохь. هُوَ الَّذِي بَعَثَ فِي الْأُمِّيِّينَ رَسُولًا مِّنْهُمْ يَتْلُو عَلَيْهِمْ آيَاتِهِ وَيُزَكِّيهِمْ وَيُعَلِّمُهُمُ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَإِن كَانُوا مِن قَبْلُ لَفِي ضَلَالٍ مُّبِينٍ
3 Аят
/Нахах/ кхечарна 4 а /дуьйцу цо Делан аяташ/, шаьш царах (хьалха Мухьаммад-пайхамарна гонах хилла болчарах) ца кхиъна болчу. Иза веза верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. وَآخَرِينَ مِنْهُمْ لَمَّا يَلْحَقُوا بِهِمْ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
4 Аят
Иза Делан дозалла (сий) ду‚ Цо ло иза Шена луучунна. Дела Шегахь сийлахь-доккха дозалла долуш ву. ذَلِكَ فَضْلُ اللَّهِ يُؤْتِيهِ مَن يَشَاء وَاللَّهُ ذُو الْفَضْلِ الْعَظِيمِ
5 Аят
Шайна тIе Таврат диллинчеран 5 ‚ тIаккха иза д1а ца дихьинчеран 6 масал ду жайнаш хьочу виран 7 масалх тера. Вон ду-кх Делан аяташ харцдинчу къоман масал. Дала нис ца бо зуламе нах. مَثَلُ الَّذِينَ حُمِّلُوا التَّوْرَاةَ ثُمَّ لَمْ يَحْمِلُوهَا كَمَثَلِ الْحِمَارِ يَحْمِلُ أَسْفَارًا بِئْسَ مَثَلُ الْقَوْمِ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِ اللَّهِ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
6 Аят
Ахь āла: "ХIай жуьгтий (-н динехь) хилларш! Шу моьттуш делахь шаьш Делан доттагIий ду 8 /кхин/ нах боцуш, – шуна дала лаал, шаьш бакълуьйш хиллехь 9 ". قُلْ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ هَادُوا إِن زَعَمْتُمْ أَنَّكُمْ أَوْلِيَاء لِلَّهِ مِن دُونِ النَّاسِ فَتَمَنَّوُا الْمَوْتَ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
7 Аят
Иза цкъа а луур дац царна, шайн куьйгаша хьалха а даьккхина. Дела бевзаш ву зуламхой. وَلَا يَتَمَنَّوْنَهُ أَبَدًا بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِالظَّالِمِينَ
8 Аят
Ахь āла: "Шу шех довдуш долу и валар дуьхьалкхетар ду шуна. ТIаккха шу дIадерзор ду къайлаха дерг а‚ гучохь дерг а хууш волчуьнга (Далла тIе). ТIаккха Цо д1адуьйцур ду шуьга аш деш хилларг". قُلْ إِنَّ الْمَوْتَ الَّذِي تَفِرُّونَ مِنْهُ فَإِنَّهُ مُلَاقِيكُمْ ثُمَّ تُرَدُّونَ إِلَى عَالِمِ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ فَيُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
9 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шайга кхайкхича ламазе пIераскан дийнахь, сихло Дела хьехо /рузбан ламазе/‚ йита йохка-эцар. Иза дика ду шуна, шу хууш хиллехь. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا نُودِي لِلصَّلَاةِ مِن يَوْمِ الْجُمُعَةِ فَاسْعَوْا إِلَى ذِكْرِ اللَّهِ وَذَرُوا الْبَيْعَ ذَلِكُمْ خَيْرٌ لَّكُمْ إِن كُنتُمْ تَعْلَمُونَ
10 Аят
Ламаз кхочушхилча, – д1асадаржа лаьттахула‚ леха Делан ниIмат 10 . Аш хьехаве 11 Дела дуккха а - шу даккхийдедайта. فَإِذَا قُضِيَتِ الصَّلَاةُ فَانتَشِرُوا فِي الْأَرْضِ وَابْتَغُوا مِن فَضْلِ اللَّهِ وَاذْكُرُوا اللَّهَ كَثِيرًا لَّعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
11 Аят
Шайна йохка-эцар я синкъерам гича, цунна тIе боьрзу уьш‚ хьо вуьту цара хIоьттина лаьттачохь 12 . Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Далла гергахь дерг дика ду синкъерамал а‚ йохка-эцарал а. И Дела рицкъ лучарех уггар диканиг ву-кх". وَإِذَا رَأَوْا تِجَارَةً أَوْ لَهْوًا انفَضُّوا إِلَيْهَا وَتَرَكُوكَ قَائِمًا قُلْ مَا عِندَ اللَّهِ خَيْرٌ مِّنَ اللَّهْوِ وَمِنَ التِّجَارَةِ وَاللَّهُ خَيْرُ الرَّازِقِينَ
1 Тасбихь деш ду – кхузахь и деана карарчу хенехь (يسبح ) и карладаккхархьама, гуттар деш долу г1уллакх дуйла хаийтархьама. Тасбихь дар – Дела массо а кхачамбацарех ц1анвар, Дела вазвар.
2 Кхузахь Далла луург – Бадавера, аьлча а, кхелхаш лела Iарбий бу‚ шайн йоза ца хилла болу, жуьгташка а‚ кхечаьрга а хьаьжча. Царна юккъера ваийтина Мухьаммад- пайхамар.
3 Хьикмат – хьекъалалла.
4 Цуьнан маь1на ду: Мухьаммад ,элча вина, вахийтина шен заманчохь хиллачаьрга а, къематде даллалц цул т1аьхьа мел бог1ур болчаьрга а.
5 Шайга Таврат доссийна хилла болу Исраилан кIентий – жуьгтий.
6 Цу Таврата чохь дерг кхочуш цадинчеран.
7 Ша хьош долу жайнаш деша ца хууш йолчу.
8 Дала хаьржинарш ду, аш ма- бохху.
9 Ибн-Касира оцу аятан маь1на иштта даьстина: Х1ай жуьгтийн динехь берш! Шу моьттуш делахь шаьш бакъонна т1ехь ду, ткъа Мухьаммад а, цуьнан асхьабаш а харцонна т1ехь бу, аш до1а де –л оцу шина тобанах харц верг лойла, алий. Цкъа а дийр ма дац цара иштта до1а, шаьш харц дуйла шайна дика хаьа дела. (Ибн-Касир. Сийлахьчу Къуръанан тафсир. Димашкъ-Бейрут, 1994 шо, 4-г1а жилд, 328 аг1о).
10 Ламаз дина даьлча, шайн гIуллакхашка д1агIо.
11 Дела хьехавар – Далла зикр дар. Джабиран кIанта СаIида аьлла: “Дела хьехавар (зуькар дар) Далла муьтIахь хилар, Дала бохург дар ду. Далла муьтIахь ца хилахь, Дала бохург ца дахь – и Дела хьехош верг (зуькар деш верг) вац, цо мел дукха тасбихьаш дарх а”.
12 Шайна йохка-эцар я синкъерам гича, цунна тIе боьрзу уьш‚ хьо вуьту цара хIоьттина лаьттачохь – Сабунис иштта яздо: цхьана п1ерасканан дийнахь Делан элча ﷺ вара минбарт1ахь рузба-ламазан хут1ба дуьйцуш, Шамара дуу х1ума дахьаш йог1у къепал схьакхечира. Церан 1адатехь хилла къепал г1али чоьхьа яьлча, хазахетарца вотанаш етташ, маьхьарий детташ. Иштта и схьакхаьчча, маьждига чохь хут1бане ладуг1уш болу нах, пайхамар ﷺ хут1ба дуьйцуш витина, къепална дуьхьалбахара, цхьа 12 стаг виссалц. Цаьрца Делан элчаноﷺ рузбан-ламаз чекхдаьккхира. Цаьрга бехк боккхуш, доьссийра и аят. Тидаме эца деза: оцу дийнахь Делан элчано ﷺ (ламаз хут1бал хьалха деш хилла, 1ийд-ламаз санна. Цигара схьаэцна Малико, Дела реза хуьлийла цунна, рузба-ламаз и шена т1едужучарах 12 стаг ца хилча, ца хуьлу боху дош. Ткъа Шафи1ечо а, Хьанбалечо а, Дела реза хуьлийла царна, цигахь 40 стаг хилла боху дийцар къобалдина, цундела цара шиммо ца дехкало боху рузба-ламаз, и дар шайна т1едужучарах 40 стаг ца хилча. Далла дика хаьа.