63. Сурат АЛЬ-МУНАФИКЪУН

Мунепикъаш
(Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 11 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Хьуна тIе мунепикъаш[1] баьхкича, цара элира: "Оха тешалла до: баккъалла а, хьо Делан элча ма ву." Далла хууш ду хьо, баккъалла а, Шен элча вуйла. Дала тешалла до: баккъалла а, и мунепикъаш харцлуьйш ма бу. إِذَا جَاءكَ الْمُنَافِقُونَ قَالُوا نَشْهَدُ إِنَّكَ لَرَسُولُ اللَّهِ وَاللَّهُ يَعْلَمُ إِنَّكَ لَرَسُولُهُ وَاللَّهُ يَشْهَدُ إِنَّ الْمُنَافِقِينَ لَكَاذِبُونَ
2 Аят
Шайн дуйнаш шайна /бусалбанашкара зен ца хилийта/ турс хилла[2] лийцира цара  /иштта/ цара дIатилийна /нах/ Делан некъах. Баккъалла а, ма вон хили-кх цара деш хилларг! اتَّخَذُوا أَيْمَانَهُمْ جُنَّةً فَصَدُّوا عَن سَبِيلِ اللَّهِ إِنَّهُمْ سَاء مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
3 Аят
Иза ду цара ийман диллина хиларна тIаккха керстадарна. Церан дегнех мухIар тоьхна[3]  уьш ца кхета. ذَلِكَ بِأَنَّهُمْ آمَنُوا ثُمَّ كَفَرُوا فَطُبِعَ عَلَى قُلُوبِهِمْ فَهُمْ لَا يَفْقَهُونَ
4 Аят
Хьуна уьш гича, хьо цецвоккху церан догIмаша‚ цара хабар дуьйцуш ахь ладугIу церан даше. ГIортийна бIогIамаш санна бу уьш[4] (шаьш хIоьттина Iа ца луш). Массо а мохь шайна дуьхьал бу моьтту царна. Уьш мостагIий бу‚ хьо ларлолахь царах. Дала хIаллакбийр бу уьш. Муха генабевлла уьш /ийманах билгалонаш еъначул тIаьхьа/?! وَإِذَا رَأَيْتَهُمْ تُعْجِبُكَ أَجْسَامُهُمْ وَإِن يَقُولُوا تَسْمَعْ لِقَوْلِهِمْ كَأَنَّهُمْ خُشُبٌ مُّسَنَّدَةٌ يَحْسَبُونَ كُلَّ صَيْحَةٍ عَلَيْهِمْ هُمُ الْعَدُوُّ فَاحْذَرْهُمْ قَاتَلَهُمُ اللَّهُ أَنَّى يُؤْفَكُونَ
5 Аят
Цаьрга элча: "Схьадуьйла‚ Делан элчано гечдар доьхур ду шуна"‚ шайн кортош хьебо цара. Хьуна гина уьш дIабоьрзуш /ийманах/, шаьш кура а бовлий. وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ تَعَالَوْا يَسْتَغْفِرْ لَكُمْ رَسُولُ اللَّهِ لَوَّوْا رُؤُوسَهُمْ وَرَأَيْتَهُمْ يَصُدُّونَ وَهُم مُّسْتَكْبِرُونَ
6 Аят
Царна цхьатерра ду: ахь царна гечдар дехча а‚ ца дехча а. Данне а Дала гечдийр дац царна. Баккъалла а, Дала нис ца до песакъ къам. سَوَاء عَلَيْهِمْ أَسْتَغْفَرْتَ لَهُمْ أَمْ لَمْ تَسْتَغْفِرْ لَهُمْ لَن يَغْفِرَ اللَّهُ لَهُمْ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْفَاسِقِينَ
7 Аят
Уьш бу олуш: "Харжаш ма е Делан элчанна гергахь болчарна[5]  дIасабаржийта уьш /Мадинатера/". Делан ю стигалийн а, лаьттан а хазнаш, амма мунепикъаш кхеташ бац-кх. هُمُ الَّذِينَ يَقُولُونَ لَا تُنفِقُوا عَلَى مَنْ عِندَ رَسُولِ اللَّهِ حَتَّى يَنفَضُّوا وَلِلَّهِ خَزَائِنُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَلَكِنَّ الْمُنَافِقِينَ لَا يَفْقَهُونَ
8 Аят
Цара (мунепикъаша) олу: "Тхо Мадинате юхадирзича[6], сийлахь[7] болчара сийсаза[8] берш арабохур бу цу (Мадината) чуьра". Делан ду сий‚ Цуьнан элчанан а ду‚ муъма нехан а ду‚ делахь а мунепикъашна ца хаьа-кх. يَقُولُونَ لَئِن رَّجَعْنَا إِلَى الْمَدِينَةِ لَيُخْرِجَنَّ الْأَعَزُّ مِنْهَا الْأَذَلَّ وَلِلَّهِ الْعِزَّةُ وَلِرَسُولِهِ وَلِلْمُؤْمِنِينَ وَلَكِنَّ الْمُنَافِقِينَ لَا يَعْلَمُونَ
9 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шу юкъах ма дохийла шун бахамо а‚ шун доьзало а Дела хьехорах (дийнахь-бусий дечу пхеа ламазах). И деш берш[9]  уьш бу эшнарш. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تُلْهِكُمْ أَمْوَالُكُمْ وَلَا أَوْلَادُكُمْ عَن ذِكْرِ اللَّهِ وَمَن يَفْعَلْ ذَلِكَ فَأُوْلَئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ
10 Аят
Харж е /Делан новкъахь/ Оха шайна деллачу рицкъанах шайх цхьанна тIе валар кхачале‚ тIаккха цо олуш: "Веза Дела‚ Ахь со тIаьхьатеттинехьара цхьа кIеззиг заманна, ас сагIа доккхур дара‚ со хир вара дика Iамал ечарах". وَأَنفِقُوا مِن مَّا رَزَقْنَاكُم مِّن قَبْلِ أَن يَأْتِيَ أَحَدَكُمُ الْمَوْتُ فَيَقُولَ رَبِّ لَوْلَا أَخَّرْتَنِي إِلَى أَجَلٍ قَرِيبٍ فَأَصَّدَّقَ وَأَكُن مِّنَ الصَّالِحِينَ
11 Аят
ТIаьхьатоттур дац Дала цхьа а са[10], цуьнан Iожалла еъча. Дела дика хууш верг ву аш дийриг. وَلَن يُؤَخِّرَ اللَّهُ نَفْسًا إِذَا جَاء أَجَلُهَا وَاللَّهُ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ
[1]Мунепикъаш  шалхо лелораш: дагахь цхьаъ‚ багахь кхин долу нах. Шаьш Делах тешаш бу бохуш‚ баккъалла а, ца тешаш хилла болу нах. (Кхузахь буьйцурш Мадинатан мунепикъаш бу).
[2]Шаьш бусалбанаш бу бохуш, дуйнаш боура мунепикъаша шаьш ца дайийта.
[3]МухIар тоьхна  чIагIдина‚ бакъдерг чу ца гIо оцу дегнашна.
[4]Даккхий догIмаш ду‚ амма кхетам бац.
[5]МухIажирашна  Делан элчанца Маккара Мадинате д1акхелхинчарна гIо ма де олуш хилла цара.
[6]Бани МустIалакъ олучу тайпанан нахаца гIазот чекхдаьлча.
[7]Сийлахь берш  царна моттарехь, Мадинатехь болу шайн накъостий.
[8]Сийсаза берш  царна моттарехь, Маккара царна т1ебаьхкина болу бусалбанаш - мухIажирш.
[9]Бахам а‚ доьзал а бахьанехь ламаз дуьтуш берш.
[10]Са – кхузахь: Дала мел кхоьллина са долу х1ума.