64. Сурат АТ-ТАГIАБУН

Вовшашна зенаш хилар а, кхиамаш хилар а
(Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 18 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Далла тасбихь деш ду стигалшкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Цунна ду паччахьалла‚ Цунна бу хастам а. Иза ву массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш верг. يُسَبِّحُ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ لَهُ الْمُلْكُ وَلَهُ الْحَمْدُ وَهُوَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
2 Аят
Иза ву шу кхоьллинарг. Шух ву ца тешаш верг а‚ шух ву тешаш верг а /Делах/. Дела аш дийриг гуш верг ву. هُوَ الَّذِي خَلَقَكُمْ فَمِنكُمْ كَافِرٌ وَمِنكُم مُّؤْمِنٌ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
3 Аят
Цо кхоьллира стигалш а‚ латта а бакъонца‚ Цо хIоттийра шун куц‚ тIаккха хаздира шун куьцаш. Цунна тIе ду /чаккхенан/ дIадерзар. خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ وَصَوَّرَكُمْ فَأَحْسَنَ صُوَرَكُمْ وَإِلَيْهِ الْمَصِيرُ
4 Аят
Цунна хаьа стигалшкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Цунна хаьа аш къайладоккхург а‚ аш дIахьедориг а. Дела ву хууш верг дегнашкахь дерг. يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَيَعْلَمُ مَا تُسِرُّونَ وَمَا تُعْلِنُونَ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ
5 Аят
Шуьга ца деара хьалха ца тешаш хиллачеран хабар? Цара Iаьвшира шайн гIуллакхийн бāла‚ царна лазош долу Iазап а ду. أَلَمْ يَأْتِكُمْ نَبَأُ الَّذِينَ كَفَرُوا مِن قَبْلُ فَذَاقُوا وَبَالَ أَمْرِهِمْ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
6 Аят
Иза ду цаьрга богIуш хиларна шайн элчанаш билгалонашца‚ тIаккха цара олуш хиларна: "/Вай санна/ наха дуьхкур ду вай нийсачу новкъа?" Цара керстадира /уьш Дала бахкийтар/‚ уьш дIабирзира /оцу элчанех а‚ бакъдолчу ийманах а/. Дела /церан Iибадат/ ца хиларх а волу: Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву. ذَلِكَ بِأَنَّهُ كَانَت تَّأْتِيهِمْ رُسُلُهُم بِالْبَيِّنَاتِ فَقَالُوا أَبَشَرٌ يَهْدُونَنَا فَكَفَرُوا وَتَوَلَّوا وَّاسْتَغْنَى اللَّهُ وَاللَّهُ غَنِيٌّ حَمِيدٌ
7 Аят
/Делах/ цатешначарна моьттина 1 шаьш дендийр дац. Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "ХIаъ‚ со Кхиош-Кхобучу сан Делах дуй боу ас: дендийр ма ду шу‚ тIаккха шуьга дуьйцур ма ду аш деш хилларг. Иза Далла атта ду". زَعَمَ الَّذِينَ كَفَرُوا أَن لَّن يُبْعَثُوا قُلْ بَلَى وَرَبِّي لَتُبْعَثُنَّ ثُمَّ لَتُنَبَّؤُنَّ بِمَا عَمِلْتُمْ وَذَلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرٌ
8 Аят
Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ Оха доссийнчу нуьрах а (Къуръанах). Дела аш дийриг сов дика хууш верг ву. فَآمِنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَالنُّورِ الَّذِي أَنزَلْنَا وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ
9 Аят
Цхьана дийнахь Цо гулдийр ду шу гуламан /къемат/дийне. Иза ду вовшашна зенаш хиларан а, кхиамаш хиларан а де 2 . Милла велахь Делах тешаш а, дика Iамал еш а, Оха цIанвийр ву иза шен къинойх‚ вохуьйтур ву бошмаш чу‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу, цу чохь уьш гуттар а лаьтташ. Иза сийлахь-боккха толам бу-кх! يَوْمَ يَجْمَعُكُمْ لِيَوْمِ الْجَمْعِ ذَلِكَ يَوْمُ التَّغَابُنِ وَمَن يُؤْمِن بِاللَّهِ وَيَعْمَلْ صَالِحًا يُكَفِّرْ عَنْهُ سَيِّئَاتِهِ وَيُدْخِلْهُ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ذَلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
10 Аят
Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдина хилларш а – уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу‚ цу чохь гуттар лаьттар болуш. Ма вон дIадерзар ду-кх иза! وَالَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا أُوْلَئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ خَالِدِينَ فِيهَا وَبِئْسَ الْمَصِيرُ
11 Аят
Цхьа а бохам хир бац Делан пурбанца бен. Милла велахь Делах тешаш – Цо нисдийр ду цуьнан дог. Дела массо а хIума хууш верг ву. مَا أَصَابَ مِن مُّصِيبَةٍ إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ وَمَن يُؤْمِن بِاللَّهِ يَهْدِ قَلْبَهُ وَاللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
12 Аят
МуьтIахь хила Далла а‚ муьтIахь хила элчанна а. Шу дIадерзахь /ийманах/ – Тхан элчанна тIехь-м билгала дIакхачор бен дац. وَأَطِيعُوا اللَّهَ وَأَطِيعُوا الرَّسُولَ فَإِن تَوَلَّيْتُمْ فَإِنَّمَا عَلَى رَسُولِنَا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ
13 Аят
АллахI-Дела ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Далла тIе тевжийла муъма нах. اللَّهُ لَا إِلَهَ إِلَّا هُوَ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ
14 Аят
ХIай ийман диллинарш! Баккъалла а, шун зударех а‚ доьзалх а шуна мостагIий берш а бу‚ царах ларлолаш. Шу /церан/ бехках довлахь‚ товахь‚ аш гечдахь – /и дика ду шуна/, баккъалла а, Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنَّ مِنْ أَزْوَاجِكُمْ وَأَوْلَادِكُمْ عَدُوًّا لَّكُمْ فَاحْذَرُوهُمْ وَإِن تَعْفُوا وَتَصْفَحُوا وَتَغْفِرُوا فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
15 Аят
Баккъалла а, шун бахам а‚ шун доьзал а питана 3 ду. Ткъа Дела – Цунна гергахь сийлахь-йоккха ял ю! إِنَّمَا أَمْوَالُكُمْ وَأَوْلَادُكُمْ فِتْنَةٌ وَاللَّهُ عِندَهُ أَجْرٌ عَظِيمٌ
16 Аят
Шу Делах кхералаш 4 шайн ницкъ ма-кхоччу‚ аш ладогIалаш /шайга Дала дечу омране/‚ шу муьтIахь хилалаш /Дала бохучунна/‚ аш харжаш е /Делан новкъахь/ шуна шайна дика хилийтархьама. Шен синан бIаьрмецигаллах Iалаш хилларг – уьш бу баккхийбийр берш. فَاتَّقُوا اللَّهَ مَا اسْتَطَعْتُمْ وَاسْمَعُوا وَأَطِيعُوا وَأَنفِقُوا خَيْرًا لِّأَنفُسِكُمْ وَمَن يُوقَ شُحَّ نَفْسِهِ فَأُوْلَئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
17 Аят
Аш /юхалург/ Далла лахь хаза декхар, – Цо маситтазза 5 алсамдаьккхина юхадерзор ду иза шуна‚ шуна гечдийр а ду. Дела баркалле а ву‚ дукха собаре ву (Шех тешначарна оьгIазе воцуш). إِن تُقْرِضُوا اللَّهَ قَرْضًا حَسَنًا يُضَاعِفْهُ لَكُمْ وَيَغْفِرْ لَكُمْ وَاللَّهُ شَكُورٌ حَلِيمٌ
18 Аят
Хьуламехь дерг а‚ гучохь дерг а хууш верг а ву /Иза/‚ Ша веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. عَالِمُ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
1 /Делах/ цатешначарна моьттина – д1аяханчу хенахь боху Дала и церан дегнашкахь ч1аг1делла долу дела. /Делах/ цатешначарна моьтту, аьлла дешча а, нийса хир дара.
2 Бусалбанашна луш долу даржаш, ийман диллина хиллехьара, керстанашна а лур дара. Оцу дийнахь керстанашна гучудер ду шайна хилла зен шаьш дуьненахь ийман цадиллар бахьанехь. Ткъа бусалбанаш бакхийбийр бу шаьш дуьненахь ийман диллина хилар а, шаьш дика 1амал йина хилар бахьанехь шайна кечйина хиллачу ялсаманица.
3 Питана – кхузахь: Дала Шен халкъ зéр Шена муьтIахь верг а, воцург а билгалваккхархьама.
4 Аш Далла Iибадат делаш шайн ницкъ ма- кхоччу. Цу аято дIадаьккхина "Шу Делах кхералаш кхера хьакъ мадду‚ шу ла ма лойла Далла муьтIахь долуш бен"./Тафсир Джалалайн/. Цхьа кхечара и д1адаьккхина ца лору. Цара и иштта даьстина: Еза 1амал, суннат 1амал шайн ницкъ ма- кхоччу елаш, ткъа хьарам х1умнех массарех а генадовлалаш.
5 Дала Шен дуьхьа дика диначунна мела лур бу лахарчу хьесапехь иттазза, лакхарчу хьесапехь - ворх1 б1озза алсам.