65. Сурат АТI-ТIАЛАКЪ

Зуда йитар
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 12 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
ХIай пайхамар! Шаьш[1] зударий буьтуш, уьш бита Iиддатана[2]. Аш дагарде Iиддат /-ан денош/. Шу кхералаш Делах  шаьш Кхиош-Кхобуш волчух /и Iиддат тергал ца дан/. Шайн цIеношкара ара ма бахалаш уьш /и Iиддат чекхдалаза/. Уьш шаьш а ма бовлийла /шайн цIеношкара/ ара, цхьа билгала ирчаниг[3] шаьш деънехь бен. ХIорш ду Делан дозанаш. Делан дозанех ваьлларг шена зулам динарг ву. Хьуна хаац, Дала цхьа гIуллакх[4] хилийта тарло цул тIаьхьа. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ إِذَا طَلَّقْتُمُ النِّسَاء فَطَلِّقُوهُنَّ لِعِدَّتِهِنَّ وَأَحْصُوا الْعِدَّةَ وَاتَّقُوا اللَّهَ رَبَّكُمْ لَا تُخْرِجُوهُنَّ مِن بُيُوتِهِنَّ وَلَا يَخْرُجْنَ إِلَّا أَن يَأْتِينَ بِفَاحِشَةٍ مُّبَيِّنَةٍ وَتِلْكَ حُدُودُ اللَّهِ وَمَن يَتَعَدَّ حُدُودَ اللَّهِ فَقَدْ ظَلَمَ نَفْسَهُ لَا تَدْرِي لَعَلَّ اللَّهَ يُحْدِثُ بَعْدَ ذَلِكَ أَمْرًا
2 Аят
Церан хан (Iиддат) кхочушхилча‚ юхаберзабе уьш хазчу гIиллакхца /шаьш цхьаьна даха лууш делахь/‚ я къастабе уьш хазчу гIиллакхца /шайна, цхьаьна даха тарлур дац аьлла, хеталахь/. Аш шиъ теш[5] хIоттаве /цхьаьнакхетарна я дIакъастарна/ шайх Iедале берш. Аш тешалла хIоттаде Далла. Иза ду Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешна хиллачунна шеца хьехам беш дерг. Шех кхоьруш волчунна Дала некъ хуьлуьйтур бу[6] /массо а балех хьалхавала/. فَإِذَا بَلَغْنَ أَجَلَهُنَّ فَأَمْسِكُوهُنَّ بِمَعْرُوفٍ أَوْ فَارِقُوهُنَّ بِمَعْرُوفٍ وَأَشْهِدُوا ذَوَيْ عَدْلٍ مِّنكُمْ وَأَقِيمُوا الشَّهَادَةَ لِلَّهِ ذَلِكُمْ يُوعَظُ بِهِ مَن كَانَ يُؤْمِنُ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَمَن يَتَّقِ اللَّهَ يَجْعَل لَّهُ مَخْرَجًا
3 Аят
Цо (Дала) цунна рицкъ лур ду цо хьесап ца диначуьра. Далла тIе товжуш верг  иза Цуьнан хьесапехь ву. Баккъалла а, Дела кхочушдеш ву Шен гIуллакх. Дала хилийтина массо а хIуманна барам. وَيَرْزُقْهُ مِنْ حَيْثُ لَا يَحْتَسِبُ وَمَن يَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ فَهُوَ حَسْبُهُ إِنَّ اللَّهَ بَالِغُ أَمْرِهِ قَدْ جَعَلَ اللَّهُ لِكُلِّ شَيْءٍ قَدْرًا
4 Аят
Шун зударех шайн цIий дарах[7] дог диллина берш‚ шу шеко йолуш хиллехь‚ церан Iиддат кхо бутт бу[8]‚ и цIий дар хIинца а ца хиллачарна (жима хилар бахьанехь) а /кхо бутт бу/. Берах бисинчеран /1иддатан/ хан  бер дар ду. (Бер дича, чекхдолу церан Iиддат). Делах кхоьруш верг милла велахь а, – Цо цунна шен гIуллакхах атталла хуьлуьйтур ю (цуьнан г1уллакх атта хуьлуьйтур ду). وَاللَّائِي يَئِسْنَ مِنَ الْمَحِيضِ مِن نِّسَائِكُمْ إِنِ ارْتَبْتُمْ فَعِدَّتُهُنَّ ثَلَاثَةُ أَشْهُرٍ وَاللَّائِي لَمْ يَحِضْنَ وَأُوْلَاتُ الْأَحْمَالِ أَجَلُهُنَّ أَن يَضَعْنَ حَمْلَهُنَّ وَمَن يَتَّقِ اللَّهَ يَجْعَل لَّهُ مِنْ أَمْرِهِ يُسْرًا
5 Аят
ХIара Делан омра ду‚ Цо шуьга доссийна долу. Дала цIанвийр ву шен къинойх Шех кхоьруш верг‚ Цо алсамйоккхур цунна ял. ذَلِكَ أَمْرُ اللَّهِ أَنزَلَهُ إِلَيْكُمْ وَمَن يَتَّقِ اللَّهَ يُكَفِّرْ عَنْهُ سَيِّئَاتِهِ وَيُعْظِمْ لَهُ أَجْرًا
6 Аят
Iайта /и шаьш Iиддатана битина болу зударий/ шаьш а /х1ай марой/ Iаччохь, шайн тароне хьаьжжина[9]. Зен ма де царна аш гатто ярца. Уьш берах белахь, харж е царна бер хиллалц. Цара шуна бераш дакхадахь,  церан мах дIало. Вовшашца догадовла /хIай мар а, зуда а/ хазачу гIиллакхца. Шуна хало хилахь /бер дакхорна харж ян/‚ кхечу зудчо дакхадойла цунна. أَسْكِنُوهُنَّ مِنْ حَيْثُ سَكَنتُم مِّن وُجْدِكُمْ وَلَا تُضَارُّوهُنَّ لِتُضَيِّقُوا عَلَيْهِنَّ وَإِن كُنَّ أُولَاتِ حَمْلٍ فَأَنفِقُوا عَلَيْهِنَّ حَتَّى يَضَعْنَ حَمْلَهُنَّ فَإِنْ أَرْضَعْنَ لَكُمْ فَآتُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ وَأْتَمِرُوا بَيْنَكُم بِمَعْرُوفٍ وَإِن تَعَاسَرْتُمْ فَسَتُرْضِعُ لَهُ أُخْرَى
7 Аят
Хьал долчо шен хьолах харж йойла. Шегахь кIеззиг рицкъ долчо харж йойла Дала шена деллачух. Дала цхьанна а сина тIе ца дуьллу Ша цунна делларг бен. Дала халонал тIаьхьа атталла хуьлуьйтур ю. لِيُنفِقْ ذُو سَعَةٍ مِّن سَعَتِهِ وَمَن قُدِرَ عَلَيْهِ رِزْقُهُ فَلْيُنفِقْ مِمَّا آتَاهُ اللَّهُ لَا يُكَلِّفُ اللَّهُ نَفْسًا إِلَّا مَا آتَاهَا سَيَجْعَلُ اللَّهُ بَعْدَ عُسْرٍ يُسْرًا
8 Аят
Маса юрт дуьхьалъяьлла хилла ша Кхиош-Кхобуш волчу Делан а‚ Цуьнан элчанийн омранна. Оха уьш тергал йира чIогIачу хьесапца‚ Оха Iазап дира царна ирчачу Iазапца. وَكَأَيِّن مِّن قَرْيَةٍ عَتَتْ عَنْ أَمْرِ رَبِّهَا وَرُسُلِهِ فَحَاسَبْنَاهَا حِسَابًا شَدِيدًا وَعَذَّبْنَاهَا عَذَابًا نُّكْرًا
9 Аят
Цара Iаьвшира шайн гIуллакхан бāла‚ церан гIуллакхан тIаьхье хилира эшалла[10]. فَذَاقَتْ وَبَالَ أَمْرِهَا وَكَانَ عَاقِبَةُ أَمْرِهَا خُسْرًا
10 Аят
Дала кечдина царна чIогIа Iазап. Шу кхера Делах‚ хIай хьекъал дерш‚ шаьш ийман диллина долу. Дала шуьга боссийна хьехам (Къуръан). أَعَدَّ اللَّهُ لَهُمْ عَذَابًا شَدِيدًا فَاتَّقُوا اللَّهَ يَا أُوْلِي الْأَلْبَابِ الَّذِينَ آمَنُوا قَدْ أَنزَلَ اللَّهُ إِلَيْكُمْ ذِكْرًا
11 Аят
Элча /ваийтина шуьга/‚ цо шуна дуьйцуш Делан билгала долу аяташ ийман диллинарш‚ дика Iамалш йинарш а боданера нуьре бахархьама. Делах а тийшина, дика Iамал еш верг  Цо иза вуьллур ву бошмашка‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу‚ иза цу чохь гуттар лаьттар ву. Хаза хилийтина Дала цунна рицкъ. رَّسُولًا يَتْلُو عَلَيْكُمْ آيَاتِ اللَّهِ مُبَيِّنَاتٍ لِّيُخْرِجَ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ وَمَن يُؤْمِن بِاللَّهِ وَيَعْمَلْ صَالِحًا يُدْخِلْهُ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا قَدْ أَحْسَنَ اللَّهُ لَهُ رِزْقًا
12 Аят
Дела ву Ша кхоьллинарг ворхI стигал‚ лаьттах а цаьрга терра. /Делан/ омра охьадуссу царна юккъехула шуна хаархьама, и Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш вуйла а‚ Цо чулаьцна юйла массо а хIума Шен Iилманца. اللَّهُ الَّذِي خَلَقَ سَبْعَ سَمَاوَاتٍ وَمِنَ الْأَرْضِ مِثْلَهُنَّ يَتَنَزَّلُ الْأَمْرُ بَيْنَهُنَّ لِتَعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ وَأَنَّ اللَّهَ قَدْ أَحَاطَ بِكُلِّ شَيْءٍ عِلْمًا
[1]Делан къамел пайхамаре ﷺ ду, цуьнан сий а деш, ткъа хьукам юкъара ду, цуьнан массо а умматах доьзна. Зуда йитар Дела оьг1азвохуьйтуш х1ума ду юкъаметтигаш талхарна а, иблисана там барна а. (Цунна хазахета мар а, зуда а къаьсташ). Цуьнца цхьаьна, наггахь майрачунна я зудчунна оьшуш хуьлу и. Цундела Дала цхьа маслахьат хуьлуш делахь, я зулам духатухуш делахь, магийна и, муьлха а кхечу кепара хьарам дина. Дала магийна и йитар ц1ена йолуш, юххе а ца воьдуш, цкъа йитар. Цу кепара кхин цкъа йита тарло цунна. Т1аккха юккъера галаморзахаллаш (цхьаьнацадараш, хилпалонаш) д1адаьлча, вовшийн барт тобелча, шен зуда юхаяло некъ бу цунна, 1иддат чекхдалале мах карла ца боккхуш, чекхдаьллачул т1аьхьа – карлабоккхуш. Амма кхузза йитахь, и юхаялон некъ бац цунна, иза, кхечуьнга маре а яхна, цуьнца 1а а 1ийна, цо шен лаамехь йита а йитина, цуьнан 1иддат чекхдаьлча бен. 1иддат лерина кхузза ц1анъялар (кхо бутт хан) царна ойла ян хан алссам йитархьама. И ю Дала зуда йита магийна кеп ( صفوة التفاسير لصابونى.ج.3 ,ص.399 ). Амма муьлхха а кхечу, суннатаца ца йог1учу, кепара зуда йитар а дукхахболчу 1еламнахана гергахь кхочушхуьлу, и бид1ат лерина делахь а.
[2]Цуьнан маьIна тIаьхьа догIу  зударий, кхузза цIена а ца хилла, цIанбалар (кхо бутт гергга хан).
[3]Ирчаниг – и дош къасторехь 1еламнах бекъабелла. Дукхахболчара боху и нахаца лелар (зина) ду. Йитинчу зудчух и далахь, араяккха мега иза, 1иддат чекхдаларе а ца хьоьжуш. Кхечара ирчаниг лору, цул совнаха, зудчун т1ех вон амал, вон бага леяр, марзхошца т1ех вон хилар – ишттаниг араяккха магадо цара 1иддат чекхдалале.
[4]Къаьстина долу майрий‚ зудий юха цхьаьнакхета.
[5]Шиъ Iедале волу (тешаме волу‚ дин долу) боьрша стаг.
[6]Шех кхоьруш волчунна Дала некъ хуьлуьйтур бу – Делах кхийрина хьарам х1ума ца деш сецначунна Дала балех хьалхавала некъ карабойтур бу. Мужах1идо дийцина: «Со вара Ибн-1аббас волчохь. Цунна т1е цхьа стаг веара, цо элира ша шен зуда йитина, кхо ц1е тесна (цхьана хеннахь). Ибн-1аббас сацавелира, жоп ца луш. Суна моттаделира цо иза цунна юхаерзор ю аьлла (цкъаццкъа Ибн-1аббаса ишттаниг юхаерзош хилла). Т1аккха цо элира: шух цхьаъ д1авоьду, цигахь т1ех 1овдал х1ума до. Т1аккха шега кхойкху: ва Ибн-1аббас! Ва Ибн-1аббас! Ткъа везачу Дала боху: «Шех кхоьруш волчунна Дала некъ хуьлуьйтур бу /массо а балех хьалхавала/», ткъа хьо Делах ца кхийри, суна ца карабо хьуна некъ. Ахь Далла 1есалла йи (цхьана хеннахь кхузза ц1е тасарца) – хьан зуда гуттаренна а йисина хьох». Тафсиран 1еламнаха элира и аят юкъара ду ша 1авф бин Малик Аль-Ашджа1ий бохучуьнгахь доьссина хиллехь а. Цуьнан к1ант хилла мушрикийн йийсарехь. И веана Делан элча ﷺ волчу, шен бала белхош, олуш: мостаг1чо йийсаре лаьцна сан к1ант, собарх йолуш лаьтта цуьнан нана, х1ун омра дийр дара ахь шена. Делан элчано ﷺ аьлла: «Делах кхералахь, собар делахь, ас омра до хьоьга а, хьан зудчуьнга а: аш дукха алалаш لاحول ولا قوةألا بلله Ля хьавла ва ля къуввата илла биллах1. Цара и дира. Уьш иштта лаьтташ, ц1еххьана не1 туьйхира: не1арехь вара церан к1ант, шеца б1е эмкал а йолуш. Мостаг1 г1опал хилча, цо лаьхкина ялийна яра уьш.
[7]Менструаци ца хуьлуш берш.
[8]Беттан календарца.
[9]Шайн тароне хьаьжжина, дуург а, духург а, чохь 1ен меттиг латтае царна 1иддат чекхдаллалц.
[10]Шаьш шайна зен дира цара.