66. Сурат АТ-ТАХЬРИМ

Хьарам дар
(Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 12 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
ХIай пайхамар! Ахь хIунда хьарам до Дала хьуна хьанал динарг[1], хьайн зударий резабан гIерташ? Дела гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ لِمَ تُحَرِّمُ مَا أَحَلَّ اللَّهُ لَكَ تَبْتَغِي مَرْضَاتَ أَزْوَاجِكَ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
2 Аят
Дала тIедиллина шуна дуйнаш бастар. Дела ву шун гIоьнча. Иза ву хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а. قَدْ فَرَضَ اللَّهُ لَكُمْ تَحِلَّةَ أَيْمَانِكُمْ وَاللَّهُ مَوْلَاكُمْ وَهُوَ الْعَلِيمُ الْحَكِيمُ
3 Аят
Пайхамара шен цхьаболчу зударшка (Хьафсате) къайлах дийцира цхьа хабар[2]. Цо (Хьафсата) иза кхечаьрга (Iаишате) дийцича‚ Дала иза цунна (элчанна) гучудаьккхича, цунах (цу хабарх) цхьадерг довзийтира цо (элчано Хьафсате), цхьадерг хьулдира. Цо цуьнга (Хьафсате) и дийцича‚ элира /Хьафсата/: "Хьан дийцина хьоьга иза?" Цо элира: "Соьга дийцина иза /нехан къайленаш/ хууш волчо‚ /массо а х1ума/ дика девзаш волчо (Дала)." وَإِذْ أَسَرَّ النَّبِيُّ إِلَى بَعْضِ أَزْوَاجِهِ حَدِيثًا فَلَمَّا نَبَّأَتْ بِهِ وَأَظْهَرَهُ اللَّهُ عَلَيْهِ عَرَّفَ بَعْضَهُ وَأَعْرَضَ عَن بَعْضٍ فَلَمَّا نَبَّأَهَا بِهِ قَالَتْ مَنْ أَنبَأَكَ هَذَا قَالَ نَبَّأَنِيَ الْعَلِيمُ الْخَبِيرُ
4 Аят
Аш шиммо (Хьафсата а‚ Iаишата а) тōба динехьара Деле… /И дика хир дара шуна аш цунна дуьхьал барт бечул/. Шу шиннан дог дIатевжира /Делан элчанца лело дезачу г1иллакхах/. Аш вовшашна гIо дахь цунна (пайхамарна) дуьхьал  баккъалла а, Дела  Иза ву и ларвийр верг‚ Джибрил а ду‚ муъма нахах дика мел верг а ву‚ маликаш а ду цул тIаьхьа гIоьнчий. إِن تَتُوبَا إِلَى اللَّهِ فَقَدْ صَغَتْ قُلُوبُكُمَا وَإِن تَظَاهَرَا عَلَيْهِ فَإِنَّ اللَّهَ هُوَ مَوْلَاهُ وَجِبْرِيلُ وَصَالِحُ الْمُؤْمِنِينَ وَالْمَلَائِكَةُ بَعْدَ ذَلِكَ ظَهِيرٌ
5 Аят
Мега иза кхиош-кхобуш волчу цуьнан Дала, цо шу дитича, цунна шул дика зударий бало[3]: шаьш бусалба болуш‚ шайгахь ийман долуш‚ муьтIахь болуш‚ тōба деш болуш‚ Iибадат деш болуш‚ /пайхамарца/ дIасалелаш болуш‚ хьалха марехь хилларш а‚ маре бахаза болу мехкарий а. عَسَى رَبُّهُ إِن طَلَّقَكُنَّ أَن يُبْدِلَهُ أَزْوَاجًا خَيْرًا مِّنكُنَّ مُسْلِمَاتٍ مُّؤْمِنَاتٍ قَانِتَاتٍ تَائِبَاتٍ عَابِدَاتٍ سَائِحَاتٍ ثَيِّبَاتٍ وَأَبْكَارًا
6 Аят
ХIай ийман диллинарш! Ларде шаьш а‚ шайн доьзал а /жоьжахатин/ цIерах‚ шен ягориг нах а‚ тIулгаш[4] а болчу. Цунна тIе хIиттийна ирча‚ чIогIа маликаш ду‚ юха ца довлуш Дала шайна омра динчух, шаьш кхочушдеш шайга омра деш дерг. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا قُوا أَنفُسَكُمْ وَأَهْلِيكُمْ نَارًا وَقُودُهَا النَّاسُ وَالْحِجَارَةُ عَلَيْهَا مَلَائِكَةٌ غِلَاظٌ شِدَادٌ لَا يَعْصُونَ اللَّهَ مَا أَمَرَهُمْ وَيَفْعَلُونَ مَا يُؤْمَرُونَ
7 Аят
ХIай /Делах/ цатешнарш! Шу бехказа ма дийла тахана /къематдийнахь/: шуна беш болу бекхам аш /дуьненахь/ деш хилларг /бахьанехь/ ду. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ كَفَرُوا لَا تَعْتَذِرُوا الْيَوْمَ إِنَّمَا تُجْزَوْنَ مَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
8 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шу д1адерза Деле цIена тōба дарца  тарло шу кхиош-кхобучу шун Дала шу цIандан шун къинойх‚ /тIаккха/ шу бошмашна чу дихка‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу‚ оцу дийнахь Дала сийсазвийр вац пайхамар а‚ цуьнца ийман диллинарш а. Церан нур дедда лелар ду царна хьалхахула а‚ церан аьтту куьйгаш долчу агIорхьара а‚ цара олуш: "Тхо кхиош-кхобуш волу тхан Дела‚ Ахь кхочушделахь тхан нур‚ Ахь тхуна гечделахь. Баккъалла а, Хьо ву-кх массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш верг". يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا تُوبُوا إِلَى اللَّهِ تَوْبَةً نَّصُوحًا عَسَى رَبُّكُمْ أَن يُكَفِّرَ عَنكُمْ سَيِّئَاتِكُمْ وَيُدْخِلَكُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ يَوْمَ لَا يُخْزِي اللَّهُ النَّبِيَّ وَالَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ نُورُهُمْ يَسْعَى بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَبِأَيْمَانِهِمْ يَقُولُونَ رَبَّنَا أَتْمِمْ لَنَا نُورَنَا وَاغْفِرْ لَنَا إِنَّكَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
9 Аят
ХIай пайхамар! Къийсам латтабе цатешачаьрца а‚ мунепикъашца а‚ луьра хила цаьрца. Церан чугIойла жоьжахати ю. Ма вон ду-кх /церан/ дIадерзар! يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ جَاهِدِ الْكُفَّارَ وَالْمُنَافِقِينَ وَاغْلُظْ عَلَيْهِمْ وَمَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ
10 Аят
Дала масал далийна цатешачарна Нухьан зудчух а‚ ЛутIан зудчух а: уьш бара Тхан дикачу лех шина лена /куьйга/ кIел‚ цара шиммо а царна шинна тешнабехк бира /зина дар боцу/‚ цхьанна а хIуманца Делера шаьш шиъ кIелхьар-м ца яьккхира цара‚ элира /цаьрга/: "Шу шиъ чу гIо /жоьжахатин/ цIерга цу чу боьлхуш болчарца". ضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا لِّلَّذِينَ كَفَرُوا اِمْرَأَةَ نُوحٍ وَاِمْرَأَةَ لُوطٍ كَانَتَا تَحْتَ عَبْدَيْنِ مِنْ عِبَادِنَا صَالِحَيْنِ فَخَانَتَاهُمَا فَلَمْ يُغْنِيَا عَنْهُمَا مِنَ اللَّهِ شَيْئًا وَقِيلَ ادْخُلَا النَّارَ مَعَ الدَّاخِلِينَ
11 Аят
Дала масал далийна ийман диллинчарна ФирIавнан зудчух‚ цо ма элира[5]: "Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь суна дēлахь Хьайна гергахь ялсамани чохь цIа‚ Ахь со кIелхьаръяккхалахь ФирIавнах а‚ цуьнан балхах а‚ Ахь со кIелхьаръяккхалахь зулам дечу къомах". وَضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا لِّلَّذِينَ آمَنُوا اِمْرَأَةَ فِرْعَوْنَ إِذْ قَالَتْ رَبِّ ابْنِ لِي عِندَكَ بَيْتًا فِي الْجَنَّةِ وَنَجِّنِي مِن فِرْعَوْنَ وَعَمَلِهِ وَنَجِّنِي مِنَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ
12 Аят
Iимранан йоIах Марьямах а /масал далийна Дала/‚ ша лардина хиллачу шен йоIалла. Оха цуьнан дегIа чу са уьйзира Тхан Сих (Джабраил-малико)‚ цо (Марьяма) бакъдира ша кхиош-кхобуш волчу шен Делан дешнаш‚ Цуьнан жайнаш а‚ иза хилира муьтIахь болчарах. وَمَرْيَمَ ابْنَتَ عِمْرَانَ الَّتِي أَحْصَنَتْ فَرْجَهَا فَنَفَخْنَا فِيهِ مِن رُّوحِنَا وَصَدَّقَتْ بِكَلِمَاتِ رَبِّهَا وَكُتُبِهِ وَكَانَتْ مِنَ الْقَانِتِينَ
[1]Пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) Iадат хилла, шен берриге а зударий болчу цхьатерра воьдуш, хIор денна малхбузан ламазал тIаьхьа. Цхьана дийнахь иза вуно дукха висна шен зуда Джахьшан йоI Зайнаб йолчохь. Цигахь моз диъна цо. Иза цигахь дукха висар ца ловш, Iаишата а‚ ‚ Савдата а‚ Сафияс а барт бина цуьнга ала: "Хьан багара боьха хьожа йогIу". Иза шега аьлча‚ пайхамара ﷺ дуй биъна‚ кхин Зайнаб йолчохь моз дуур дац ша аьлла. И дуй ца магош доссийна и сурат. Сабунин тафсира чохь и аят доссоран бахьана лерина х1ара: Делан элча ﷺ ша висна хилла шен доьзалхочун Ибрах1иман ненаца Мариятаца Хьафсатан ц1а чохь. Иза элчанан долахь хилла, зудчун хьесапехь йоцуш. И хааделлачу Хьафсатана вон хетта хилла. Иза резаярхьама элчано дуй биъна хилла, кхин цкъа а Мариятаца 1ийр вац ша аьлла. Дала боху: зударий резабархьама Дала хьанал динарг хьарам ма де хьайна.
[2]Мехкан урхалла шел тIаьхьа Абу-Бакарехь, тIаккха Iумарехь хир ду; ша шена гIарош хьарам яр а /тафсир Ас-Сабуний/
[3]ХIара Делан къамел пайхамаран зударшка ду.
[4]Т1улгаш – Сабунийс яздо: Т1улг хьахийна Дала и жоьжахатин ц1е, дуьненан ц1арца юьстича (дечиг санна х1ума бен ца ягош йолчу), ч1ог1а нуьцкъала х1ума йолу дела, цуьнан нуьцкъалалла гайтархьама. Цхьаболчу 1еламнаха уьш керстанаша шайна 1ибадат деш хилла ж1араш (ц1уш) ю аьлла.
[5]ФирIавна, шен зудчо Асията Муса бакъвина вуйла хиъча. цунна чIогIа Iазап дира: куьйгех а‚ когех а хьостамаш а тухуш, цIенкъа юьйгIира‚ и Iазап хьоьгуш ша леш, цо аьлла дешнаш ду уьш.