67. Сурат АЛЬ-МУЛК

Паччахьалла
Маккахь доьссина‚ дерриге а 30 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Беркате (хастаме) хили Иза (Дела)‚ Шен куьйгахь паччахьалла долу‚ Ша массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш волу. تَبَارَكَ الَّذِي بِيَدِهِ الْمُلْكُ وَهُوَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
2 Аят
Иза ву Ша кхоьллина далар а‚ дахар а шу зерхьама‚ муьлхарниг ву шух вуно диканиг Iамал ярца. Иза ву веза верг а‚ гечдийриг а. الَّذِي خَلَقَ الْمَوْتَ وَالْحَيَاةَ لِيَبْلُوَكُمْ أَيُّكُمْ أَحْسَنُ عَمَلًا وَهُوَ الْعَزِيزُ الْغَفُورُ
3 Аят
Иза ву Ша кхоьллина ворхI стигал тIеттIа. Хьуна гур ма яц сов Къинхетаме волчо кхоьллинчунгахь цхьа а вовшашца ца йогIу хIума. Тохал бIаьрг: гой хьуна цхьа а яьдда меттиг? الَّذِي خَلَقَ سَبْعَ سَمَاوَاتٍ طِبَاقًا مَّا تَرَى فِي خَلْقِ الرَّحْمَنِ مِن تَفَاوُتٍ فَارْجِعِ الْبَصَرَ هَلْ تَرَى مِن فُطُورٍ
4 Аят
ТIаккха юх-юха а тохал бIаьрг – хьоьга духадоьрзур ду бIаьргтохар кIелдисна‚ ша гIелделла долуш. ثُمَّ ارْجِعِ الْبَصَرَ كَرَّتَيْنِ يَنقَلِبْ إِلَيْكَ الْبَصَرُ خَاسِأً وَهُوَ حَسِيرٌ
5 Аят
Оха хазйина дуьненан 2 стигал чиркхашца (седарчашца)‚ Оха хилийтина уьш шайтIанашна кхоссарш 3 . Оха кечдина царна (шайтIанашна) егачу цIеран 4 Iазап. وَلَقَدْ زَيَّنَّا السَّمَاء الدُّنْيَا بِمَصَابِيحَ وَجَعَلْنَاهَا رُجُومًا لِّلشَّيَاطِينِ وَأَعْتَدْنَا لَهُمْ عَذَابَ السَّعِيرِ
6 Аят
Шаьш Кхиош-Кхобучух (Делах) цатешначарна а жоьжахатин Iазап ду. Ма вон дIадерзар ду-кх иза! وَلِلَّذِينَ كَفَرُوا بِرَبِّهِمْ عَذَابُ جَهَنَّمَ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ
7 Аят
Шаьш цу чу кхиссича, царна хезар ду цуьнан угIарш‚ и ша кхехкаш йолуш. إِذَا أُلْقُوا فِيهَا سَمِعُوا لَهَا شَهِيقًا وَهِيَ تَفُورُ
8 Аят
Ша оьгIазъялла эккха кечъелла: цу чу /къинош диначеран/ толгIа (тоба) моссаза кхоьссича а, цуьнан гIаролаша цаьрга хоттур ду: "Кхерамча (Делан элча) ца веара шуьга?" – аьлла. تَكَادُ تَمَيَّزُ مِنَ الْغَيْظِ كُلَّمَا أُلْقِيَ فِيهَا فَوْجٌ سَأَلَهُمْ خَزَنَتُهَا أَلَمْ يَأْتِكُمْ نَذِيرٌ
9 Аят
Цара эр: "ХIаъ‚ веара тхоьга кхерамча – оха иза харцвира‚ оха элира: "Дала хIумма а ца доссийна‚ шу ма ду доккхачу тиларчохь". قَالُوا بَلَى قَدْ جَاءنَا نَذِيرٌ فَكَذَّبْنَا وَقُلْنَا مَا نَزَّلَ اللَّهُ مِن شَيْءٍ إِنْ أَنتُمْ إِلَّا فِي ضَلَالٍ كَبِيرٍ
10 Аят
Цара элира: "Тхо хиллехьара ладугIуш а‚ ойла еш а – тхо хир ма дацара егачу цIеран дайшлахь". وَقَالُوا لَوْ كُنَّا نَسْمَعُ أَوْ نَعْقِلُ مَا كُنَّا فِي أَصْحَابِ السَّعِيرِ
11 Аят
Уьш къера хилира шайн къинна. /Делан къинхетамах/ ма генахь бу-кх егачу цIеран дай! فَاعْتَرَفُوا بِذَنبِهِمْ فَسُحْقًا لِّأَصْحَابِ السَّعِيرِ
12 Аят
Баккъалла а, шайна гуш воццушехь, шаьш кхиош-кхобуш волчу шайн Делах кхоьруш берш – царна ду гечдар а‚ йоккха ял. إِنَّ الَّذِينَ يَخْشَوْنَ رَبَّهُم بِالْغَيْبِ لَهُم مَّغْفِرَةٌ وَأَجْرٌ كَبِيرٌ
13 Аят
Къайладаккха шайн дош, я гучудаккха иза – баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг. وَأَسِرُّوا قَوْلَكُمْ أَوِ اجْهَرُوا بِهِ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ
14 Аят
Ткъа ца хаьа Цунна‚ ша кхоьллинчунна? Иза ву сов дика кхетаме верг а‚ сов дика хууш верг а. أَلَا يَعْلَمُ مَنْ خَلَقَ وَهُوَ اللَّطِيفُ الْخَبِيرُ
15 Аят
Иза ву шуна латта кIеда /лела атта/ динарг – лела /шу, хIай нах/ цуьнан агIонашкахула, даа цуьнан рицкъанах (Дала лаьттахь делла ниIматаш хьанал къахьегарца). – Цуьнга ду /шун кешнашкара/ гIовттар. هُوَ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ ذَلُولًا فَامْشُوا فِي مَنَاكِبِهَا وَكُلُوا مِن رِّزْقِهِ وَإِلَيْهِ النُّشُورُ
16 Аят
Шу тешна дуй /хIай Далла инкарло еш берш/ стигалахь волчух, Цо шаьш лаьттах худор дац аьлла, т1аккха и /латта/ детталуш? أَأَمِنتُم مَّن فِي السَّمَاء أَن يَخْسِفَ بِكُمُ الأَرْضَ فَإِذَا هِيَ تَمُورُ
17 Аят
Я шу тешна дуй стигалахь волчух, Цо шайна боуьйтур бац аьлла тIулгех /буьзна/ чIогIа мох? ТIаьхьа хуур ду шуна‚ муха бу Сан кхерам. أَمْ أَمِنتُم مَّن فِي السَّمَاء أَن يُرْسِلَ عَلَيْكُمْ حَاصِبًا فَسَتَعْلَمُونَ كَيْفَ نَذِيرِ
18 Аят
Харцбира /элчанаш/ царал хьалха хиллачара а – муха хилира /царна/ Сан инкарло! (Ма ирча хилира Сан Iазап!). وَلَقَدْ كَذَّبَ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ فَكَيْفَ كَانَ نَكِيرِ
19 Аят
Царна ца го олхазарш 5 , шайна тIехула лелаш долу – /шайн тIемаш/ даржадеш‚ тIаккха тIегулдеш? Уьш сацадеш верг-м Сов Къинхетаме волу Дела бен вац. Баккъалла а, Иза ву-кх массо а хIума гуш верг. أَوَلَمْ يَرَوْا إِلَى الطَّيْرِ فَوْقَهُمْ صَافَّاتٍ وَيَقْبِضْنَ مَا يُمْسِكُهُنَّ إِلَّا الرَّحْمَنُ إِنَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ بَصِيرٌ
20 Аят
Мила ву, и шуна бIо хилла, гIо дийр дерг ша сов къинхетаме волчу Делан Iазап духатоха? Цатешнарш ма бац Iехабаларгахь бен. أَمَّنْ هَذَا الَّذِي هُوَ جُندٌ لَّكُمْ يَنصُرُكُم مِّن دُونِ الرَّحْمَنِ إِنِ الْكَافِرُونَ إِلَّا فِي غُرُورٍ
21 Аят
Мила ву иза шуна рицкъ лун дерг, Цо Шен рицкъ сацадича? ХIаъ‚ ма /Далла/ дуьхьалбевлла уьш‚ ма /бакъдолчунна/ генабевлла уьш. أَمَّنْ هَذَا الَّذِي يَرْزُقُكُمْ إِنْ أَمْسَكَ رِزْقَهُ بَل لَّجُّوا فِي عُتُوٍّ وَنُفُورٍ
22 Аят
Ткъа шен юьхьа тIехь лелаш верг ву нийса‚ я нийсачу новкъа нийсса лелаш верг ву? أَفَمَن يَمْشِي مُكِبًّا عَلَى وَجْهِهِ أَهْدَى أَمَّن يَمْشِي سَوِيًّا عَلَى صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ
23 Аят
Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Иза ву шу кхиийнарг а‚ шуна лерса а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а динарг а. КIеззиг ду-кх аш баркалла олург!" قُلْ هُوَ الَّذِي أَنشَأَكُمْ وَجَعَلَ لَكُمُ السَّمْعَ وَالْأَبْصَارَ وَالْأَفْئِدَةَ قَلِيلًا مَّا تَشْكُرُونَ
24 Аят
Ахь āла: "Иза ву шу лаьттахь даржийнарг‚ Цуьнга гулдийр долуш а ду шу". قُلْ هُوَ الَّذِي ذَرَأَكُمْ فِي الْأَرْضِ وَإِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
25 Аят
Цара олу: "Маца хир ду и аш бохург, шу бакълуьйш хиллехь?" وَيَقُولُونَ مَتَى هَذَا الْوَعْدُ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
26 Аят
Ахь āла: "Iилма Далла гергахь ду‚ ткъа со билгала волу кхерамча ву". قُلْ إِنَّمَا الْعِلْمُ عِندَ اللَّهِ وَإِنَّمَا أَنَا نَذِيرٌ مُّبِينٌ
27 Аят
Иза шайна гича гергахь‚ цатешначеран яххьаш эрчаевлира‚ /цаьрга/ элира /маликаша, бехк боккхуш/: "ХIара ду иза аш /дуьненахь долуш/ ша лоьхуш хилларг!" فَلَمَّا رَأَوْهُ زُلْفَةً سِيئَتْ وُجُوهُ الَّذِينَ كَفَرُوا وَقِيلَ هَذَا الَّذِي كُنتُم بِهِ تَدَّعُونَ
28 Аят
Ахь āла: "Гой шуна‚ со Дала хIаллаквича‚ соьца берш а‚ я Цо тхох къинхетам бича‚ хьан кIелхьарбохур бу цатешнарш лазош долчу Iазапах?" قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ أَهْلَكَنِيَ اللَّهُ وَمَن مَّعِيَ أَوْ رَحِمَنَا فَمَن يُجِيرُ الْكَافِرِينَ مِنْ عَذَابٍ أَلِيمٍ
29 Аят
Ахь āла: "Иза ву сов къинхетаме волу Дела‚ Цуьнга ийман диллина оха‚ Цунна тIе а тевжина. ТIаьхьа хуур ду шуна‚ мила ву билгалчу тиларчохь". قُلْ هُوَ الرَّحْمَنُ آمَنَّا بِهِ وَعَلَيْهِ تَوَكَّلْنَا فَسَتَعْلَمُونَ مَنْ هُوَ فِي ضَلَالٍ مُّبِينٍ
30 Аят
Ахь āла: "Гой шуна‚ и шун хи 1уьйренца лекъча‚ хьан лур ду шуна оьхуш долу хьастан хи?" قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ أَصْبَحَ مَاؤُكُمْ غَوْرًا فَمَن يَأْتِيكُم بِمَاء مَّعِينٍ
1 Сурат аль-Мулк – нахалахь и сурат девзаш ду, Табарак аьлла. Кхин цуьнан ц1ерш аль-Вакъиййа, аль-Мункъиййа ю. "К1елхьардоккхург", "лардийриг" маь1нехь ду и дешнаш. Иштта аьлла цунах цо ларвийр волу дела ша дешнарг кошан 1азапах. Ат-Тармазийчо схьадаьккхинчу хьадисехь ду: "Иза духатухург ду (кошан 1азап), к1елхьарвоккхург ду кошан 1азапах". Цхьа кхечу хьадисехь цуьнан дазаллах лаьцна ду: "30 аятех лаьтташ сурат ду, ша дешначунна къематдийнахь шапа1ат дийр долуш".
2 Дуьненна гергахь йолу стигал.
3 ШайтIа лакхадала гIоьртича, седа (метеор) тухий хIаллакдо Оха.
4 Йогу ц1е – 1арбашха: السعير Ас-са1ир – жоьжахатин ц1е.
5 Дала кхузахь масал далош ду олхазаршца. Олхазар ч1ог1а Делан хьикмат, Делан ницкъ гойту Делан кхоллар ду. Олхазарех ду шаьш 1а даккха 14000 – 15000 км гена доьлхуш дерш, оцунах 3300 км х1орда т1ехула, са а ца до1уш, доьлхуш дерш. Делан ницкъ бац ткъа иза!!!