68. Сурат АЛЬ-КЪАЛАМ

Къолам
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 52 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Нỳн 1 . Дуй боу Ас къоламах а‚ цара /наха/ яздеш 2 долчух а: ن وَالْقَلَمِ وَمَا يَسْطُرُونَ
2 Аят
Хьо ма вац /хIай Мухьаммад/ хьо Кхиош–Кхобучун (Делан) къинхетамца жинийх. مَا أَنتَ بِنِعْمَةِ رَبِّكَ بِمَجْنُونٍ
3 Аят
Баккъалла а, хьуна ма ю хадалур йоцу ял. وَإِنَّ لَكَ لَأَجْرًا غَيْرَ مَمْنُونٍ
4 Аят
Баккъалла а, хьо ма ву сийлахь-доккха (хаза) гIиллакх 3 хьайгахь долуш. وَإِنَّكَ لَعَلى خُلُقٍ عَظِيمٍ
5 Аят
ТIаьхьа гур ду хьуна‚ царна а гур ду‚ فَسَتُبْصِرُ وَيُبْصِرُونَ
6 Аят
Мила ву шух питане лаьцнарг 4 . بِأَييِّكُمُ الْمَفْتُونُ
7 Аят
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург – Цунна дика вевза Шен некъах тилавелларг а‚ Цунна дика бевза нийсачу новкъахь берш а. إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ بِمَن ضَلَّ عَن سَبِيلِهِ وَهُوَ أَعْلَمُ بِالْمُهْتَدِينَ
8 Аят
Хьо /хIай Мухьаммад/ муьтIахь ма хилалахь /дин/ харцдеш болчарна. فَلَا تُطِعِ الْمُكَذِّبِينَ
9 Аят
Уьш лууш бара хьо кIеда хила – тIаккха шаьш кIеда хир бара 5 . وَدُّوا لَوْ تُدْهِنُ فَيُدْهِنُونَ
10 Аят
Хьо муьтIахь ма хилалахь массо а /харц/ дуйнаш дукха боуш сийсаз- волчунна‚ وَلَا تُطِعْ كُلَّ حَلَّافٍ مَّهِينٍ
11 Аят
/Х1ор/ луьйш волчунна /нахах тIаьхьашха/‚ /царна юккъехь/ меттанаш дIасакхоьхьуш волчунна‚ هَمَّازٍ مَّشَّاء بِنَمِيمٍ
12 Аят
Дикачу /хIуманна/ новкъарло еш волчунна‚ къинош деш дозанех ваьлла волчунна‚ مَنَّاعٍ لِّلْخَيْرِ مُعْتَدٍ أَثِيمٍ
13 Аят
Къизачунна‚ цул совнаха а шен дуьненчу валар шеконехь долчунна 6 (да мила ву ца хууш, боьха леларца вевзаш волчу). عُتُلٍّ بَعْدَ ذَلِكَ زَنِيمٍ
14 Аят
Шен даьхни а, к1ентий а хиларца /Делан дозанех а ваьлла, кура а ваьлла и/. أَن كَانَ ذَا مَالٍ وَبَنِينَ
15 Аят
Шена Тхан аяташ дешча, цо элира: "Хьалхалерачийн туьйранаш ду хIорш". إِذَا تُتْلَى عَلَيْهِ آيَاتُنَا قَالَ أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ
16 Аят
Оха цуьнан мера тIе васт 7 дуьллур ду. سَنَسِمُهُ عَلَى الْخُرْطُومِ
17 Аят
Баккъалла а, Оха зийра уьш‚ Оха цхьана бешан дай зерах терра: цара дуй биира‚ шаьш /бешара/ стоьмаш бохур бу Iуьйранна 8 аьлла‚ إِنَّا بَلَوْنَاهُمْ كَمَا بَلَوْنَا أَصْحَابَ الْجَنَّةِ إِذْ أَقْسَمُوا لَيَصْرِمُنَّهَا مُصْبِحِينَ
18 Аят
"Дала мукъалахь" ца элира цара. وَلَا يَسْتَثْنُونَ
19 Аят
ТIаккха цунна (бешана) го тесира хьан Кхиош-Кхобучуьнгара го тосуш долчо 9 ‚ уьш наб еш болуш. فَطَافَ عَلَيْهَا طَائِفٌ مِّن رَّبِّكَ وَهُمْ نَائِمُونَ
20 Аят
/Ягна/ Iаржъелларг санна Iуьйренга елира и /церан беш/. فَأَصْبَحَتْ كَالصَّرِيمِ
21 Аят
Iуьйренга бевлча, вовшашка кхайкхира цара: فَتَنَادَوا مُصْبِحِينَ
22 Аят
"Шайн беша чу гIо‚ шаьш стоьмаш бохур белахь"‚ – аьлла. أَنِ اغْدُوا عَلَى حَرْثِكُمْ إِن كُنتُمْ صَارِمِينَ
23 Аят
Уьш буьйлабелира, меллаша вовшашка луьйш: فَانطَلَقُوا وَهُمْ يَتَخَافَتُونَ
24 Аят
"Тахана шуна тIе /шун беша/ цхьа а мисканиг ма вогIийла /стоьмаш боьхуш/". أَن لَّا يَدْخُلَنَّهَا الْيَوْمَ عَلَيْكُم مِّسْكِينٌ
25 Аят
Iуьйранна новкъа бевлира уьш, шайн дагахь /мисканиг/ духатоха ницкъ болуш. وَغَدَوْا عَلَى حَرْدٍ قَادِرِينَ
26 Аят
Иза шайна /ягна/ гича‚ цара элира: "Баккъалла а, вай тиладелла‚ فَلَمَّا رَأَوْهَا قَالُوا إِنَّا لَضَالُّونَ
27 Аят
ХIаъ‚ вай /и стоьмаш/ боцуш дисина". بَلْ نَحْنُ مَحْرُومُونَ
28 Аят
Царах кхечарал Iедале волчо элира: "Ас ца аьллера шуьга: аш /Далла/ хастам бинехьара"‚ – аьлла? قَالَ أَوْسَطُهُمْ أَلَمْ أَقُل لَّكُمْ لَوْلَا تُسَبِّحُونَ
29 Аят
Цара элира: "Вонах цIена ву-кх и вай кхиош-кхобуш волу Дела‚ баккъалла а, вай хили-кх зуламхой". قَالُوا سُبْحَانَ رَبِّنَا إِنَّا كُنَّا ظَالِمِينَ
30 Аят
Уьш вовшашна бехкаш бохуш дуьхьалбевлира. فَأَقْبَلَ بَعْضُهُمْ عَلَى بَعْضٍ يَتَلَاوَمُونَ
31 Аят
Цара элира: "Ма бала бу вайна: вай хилира /Делан дозанех/ тIехдовлурш. قَالُوا يَا وَيْلَنَا إِنَّا كُنَّا طَاغِينَ
32 Аят
Вай кхиош-кхобуш волчу вай Дала вайна цул дикачуьнца /и беш/ хийца а тарло. Баккъалла а, вай кхиош-кхобуш волчу вайн Делан /дикане/ дог дохуш ду-кх". عَسَى رَبُّنَا أَن يُبْدِلَنَا خَيْرًا مِّنْهَا إِنَّا إِلَى رَبِّنَا رَاغِبُونَ
33 Аят
Иштта ду Iазап‚ ткъа эхартан Iазап вуно доккха ду, уьш хууш хиллехь. كَذَلِكَ الْعَذَابُ وَلَعَذَابُ الْآخِرَةِ أَكْبَرُ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ
34 Аят
Баккъалла а, /Делах/ кхоьручарна шаьш кхиош-кхобуш волчу Далла гергахь ниIматийн бошмаш ю. إِنَّ لِلْمُتَّقِينَ عِندَ رَبِّهِمْ جَنَّاتِ النَّعِيمِ
35 Аят
Ткъа Оха хуьлуьйту /Далла/ муьт1ахь болу нах 10 къинош дечарах тера? أَفَنَجْعَلُ الْمُسْلِمِينَ كَالْمُجْرِمِينَ
36 Аят
Шуна хIун хилла /иштта ойла ял/? Аш муха хьукам до? مَا لَكُمْ كَيْفَ تَحْكُمُونَ
37 Аят
Я шуна жайна ду‚ аш шена чохь доьшуш /и хьукам/? أَمْ لَكُمْ كِتَابٌ فِيهِ تَدْرُسُونَ
38 Аят
Баккъалла а, шуна цу /жайни/ чохь долуш аш мел хоржург? إِنَّ لَكُمْ فِيهِ لَمَا يَتَخَيَّرُونَ
39 Аят
Я шун Тхоьца биъна дуйнаш бу къематде кхаччалц‚ баккъалла а, шайна аш дина хьукам хир долуш? أَمْ لَكُمْ أَيْمَانٌ عَلَيْنَا بَالِغَةٌ إِلَى يَوْمِ الْقِيَامَةِ إِنَّ لَكُمْ لَمَا تَحْكُمُونَ
40 Аят
Хатта цаьрга /хIай Мухьаммад/‚ мила ву царах и чIагIдийриг. سَلْهُم أَيُّهُم بِذَلِكَ زَعِيمٌ
41 Аят
Я церан накъостий 11 бу? Схьабалабе цара шайн и накъостий, шаьш бакълуьйш хиллехь. أَمْ لَهُمْ شُرَكَاء فَلْيَأْتُوا بِشُرَكَائِهِمْ إِن كَانُوا صَادِقِينَ
42 Аят
Оцу дийнахь настарш ерзина хир ю 12 ‚ уьш кхойкхур бу сужуде – царна мегар дац‚ – يَوْمَ يُكْشَفُ عَن سَاقٍ وَيُدْعَوْنَ إِلَى السُّجُودِ فَلَا يَسْتَطِيعُونَ
43 Аят
БIаьргаш охьадахна‚ сийсазалла тIейоьжна. Цаьрга сужуде кхойкхуш дара уьш могуш болуш 13 . خَاشِعَةً أَبْصَارُهُمْ تَرْهَقُهُمْ ذِلَّةٌ وَقَدْ كَانُوا يُدْعَوْنَ إِلَى السُّجُودِ وَهُمْ سَالِمُونَ
44 Аят
Вита Со-суо хIара хабар харцдеш болчарца. Оха схьалоцур бу уьш кIез-кIеззиг /хIаллакбарца/ царна ца хуучухула. فَذَرْنِي وَمَن يُكَذِّبُ بِهَذَا الْحَدِيثِ سَنَسْتَدْرِجُهُم مِّنْ حَيْثُ لَا يَعْلَمُونَ
45 Аят
Ас хан лур ю царна 14 . /Церан мекарлонна дуьхьал/ Сан мекарло чIогIа ю-кх. وَأُمْلِي لَهُمْ إِنَّ كَيْدِي مَتِينٌ
46 Аят
Я ахь цаьрга мах боьху, уьш декхарша базбина болуш? أَمْ تَسْأَلُهُمْ أَجْرًا فَهُم مِّن مَّغْرَمٍ مُّثْقَلُونَ
47 Аят
Я цаьргахь гушдоцург /девзаш Iилма/ ду, цара дIаяздеш? أَمْ عِندَهُمُ الْغَيْبُ فَهُمْ يَكْتُبُونَ
48 Аят
Собар де хьуо Кхиош-Кхобуш волчу хьан Делан хьукамна‚ ма хилалахь чIеран накъостах 15 тера: цо /Деле/ кхайкхира ша /чIеран кийрахь пашмаллица/ гатвелла волуш. فَاصْبِرْ لِحُكْمِ رَبِّكَ وَلَا تَكُن كَصَاحِبِ الْحُوتِ إِذْ نَادَى وَهُوَ مَكْظُومٌ
49 Аят
Ша Кхиош-Кхобучун ниIмат шех ца кхиънехьара, иза кхоьссина хир вара /чIеран кийрара/ ара, сийсаз а хилла. لَوْلَا أَن تَدَارَكَهُ نِعْمَةٌ مِّن رَّبِّهِ لَنُبِذَ بِالْعَرَاء وَهُوَ مَذْمُومٌ
50 Аят
Ша Кхиош-Кхобучо хаьржира иза‚ цо хилийтира иза дикачарах. فَاجْتَبَاهُ رَبُّهُ فَجَعَلَهُ مِنَ الصَّالِحِينَ
51 Аят
Цатешнарша маь11аргона шайн бIаьргашца хьо хIаллаквийр ма вара 16 шайна хьехам хезначул тIаьхьа‚ цара олу: "Баккъалла а, иза жинийх ву-кх". وَإِن يَكَادُ الَّذِينَ كَفَرُوا لَيُزْلِقُونَكَ بِأَبْصَارِهِمْ لَمَّا سَمِعُوا الذِّكْرَ وَيَقُولُونَ إِنَّهُ لَمَجْنُونٌ
52 Аят
Иза-м 17 дац массо а Iаламна хьехам бен. وَمَا هُوَ إِلَّا ذِكْرٌ لِّلْعَالَمِينَ
1 Далла хаьа цуьнца Шена луург.
2 Къоламах а, наха цуьнца яздечух Дала дуй баар йозанах а, Iилманах а Дала сийдар ду.
3 Кхузахь Дала хаставо Мухьаммад-пайхамар ﷺ, иза ч1ог1а хаза г1иллакх долуш вуйла хоуьйтуш. Баккъалла а, Дала цуьнгахь кхин цхьанггахь а ца хиллачу кепара дукха хаза амалш гулйина хилла. Цуьнан хазачу г1иллакхех хилла: 1илма (дезар), кхетаме хилар, нуьцкъала эхь хетар, 1ибадат дукха дар, комаьршалла, собаре хилар, шукур деш (баркале) хилар, оьзда хилар, тешаме хилар, йина ва1да, делла дош кхочушдеш хилар, к1еззигчу х1уманах тоам беш хилар, къинхетаме а, нахах дог лозуш а хилар, нахаца к1еда-мерза хилар, вочу х1уманна реза воцуш луьра хилар, бакъдерг дуьйцуш, харцдерг ца дезаш хилар…
4 ТIаьхьа хуур ду, мила ву шух жинийх верг.
5 Маккин тхьамданаша аьлла хилла Мухьаммад-пайхамаре ﷺ цхьана ханна ахь тхан делашна Iибадат де, тIаккха оха АллахIана а Iибадат дийр ду цхьана ханна. Иза ца магийна Дала.
6 Иза МугIиратан кIант Валид ву‚ шен дас, 18 шо дуьзначул тIаьхьа шен ву аьлла, тIелаьцна волу.
7 Бадрехь хиллачу тIамехь туьраца мара хадийра цуьнан (Валидан).
8 Уьш мискачарна сагIина цабалархьама.
9 ЦIе яьлла ягийра и церан беш буьйсанна.
10 Къуръана чохь яздина: َألمُسْلمون(ал-муслимун ) - бусалбанаш.
11 Церан бу Делан санна ницкъ болуш, царна т1е г1уллакхаш дохкуш, т1аьхьа цаьргара жоп доьхур долу накъостий?
12 Настарш ерзина хир ю – гIуллакх дукха сов чолхе хир ду.
13 Цара жоп ца делира (дуьненахь). Шаьш могуш-маьрша болуш, дуьненахь Далла 1амал ца йира цара, х1инца эхартахь и оьшуш а яц.
14 Цхьажимма т1аьхьатоттур бу уьш, 1азап ца деш.
15 Кхузахь Дала вуьйцург Юнус-пайхамар ву: Дала зерхьама чIере худийтира иза‚ тIаьхьа араваьккхира.
16 Оцу аято гойту б1аьрг хилар бакъхилар, цуьнан асар хилар Делан пурбанца. И ч1аг1деш ду Ахьмада а, Ат-Тармазийс а дийцина хьадис: «Делан къадарах хьалхадолуш х1ума хиллехьара, б1аьрг хилар хьалхадер ма дара цул». Цхьаболчу 1еламнаха и аят пайдане лерина б1аьрг хиларна дуьхьал.
17 Къуръан