69. Сурат АЛЬ-ХЬАККЪА

Бакъхилла доьжнарг
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 52 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Бакъхилла доьжнарг 1 . الْحَاقَّةُ
2 Аят
ХIун ду и бакъхилла доьжнарг? مَا الْحَاقَّةُ
3 Аят
Стен хаийтина хьоьга /хIай Мухьаммад/‚ хIун ду и бакъхилла доьжнарг? وَمَا أَدْرَاكَ مَا الْحَاقَّةُ
4 Аят
Самудаша а‚ Iадаша а харцдира тухуш дерг 2 . كَذَّبَتْ ثَمُودُ وَعَادٌ بِالْقَارِعَةِ
5 Аят
Амма самудаш а - уьш хIаллакбира /чIогIаллица/ дозанах беллачу мохьаца. فَأَمَّا ثَمُودُ فَأُهْلِكُوا بِالطَّاغِيَةِ
6 Аят
Ва амма Iадаш а – ткъа уьш хIаллакбира инзаре нуьцкъалчу т1ех шийлачу мехаца. وَأَمَّا عَادٌ فَأُهْلِكُوا بِرِيحٍ صَرْصَرٍ عَاتِيَةٍ
7 Аят
Цо /нуьцкъалла/ балийтира и царна ворхI буса а‚ бархI дийнахь а тIеттIа. Хьуна гур бара нах оцу дийнахь /хIаллакбина/ дIасакхиссина‚ даьсса дисна (чохь хара йолу) хурманан диттан гIаддаш санна. سَخَّرَهَا عَلَيْهِمْ سَبْعَ لَيَالٍ وَثَمَانِيَةَ أَيَّامٍ حُسُومًا فَتَرَى الْقَوْمَ فِيهَا صَرْعَى كَأَنَّهُمْ أَعْجَازُ نَخْلٍ خَاوِيَةٍ
8 Аят
Цхьа а бухадисар гой хьуна царна? فَهَلْ تَرَى لَهُم مِّن بَاقِيَةٍ
9 Аят
Веара ФирIавн‚ цул хьалха мел верг а‚ муътафикаташ 3 а /баьхкира/, къа деш. وَجَاء فِرْعَوْنُ وَمَن قَبْلَهُ وَالْمُؤْتَفِكَاتُ بِالْخَاطِئَةِ
10 Аят
Цара Iесалла йира шаьш Кхиош-Кхобуш волчу Делан элчанна – тIаккха уьш схьалецира т1ех чIогIа долчу схьалацаро. فَعَصَوْا رَسُولَ رَبِّهِمْ فَأَخَذَهُمْ أَخْذَةً رَّابِيَةً
11 Аят
Оха хи дозанах даьлча, дихьира шу лелаш долчуьнца 4 (кеманца). إِنَّا لَمَّا طَغَى الْمَاء حَمَلْنَاكُمْ فِي الْجَارِيَةِ
12 Аят
Иза хилийтархьама шуна хьехам‚ тидаме долчу лерге тидаме эцийтархьама а. لِنَجْعَلَهَا لَكُمْ تَذْكِرَةً وَتَعِيَهَا أُذُنٌ وَاعِيَةٌ
13 Аят
Сур 5 лекхча цхьана лакхарца‚ فَإِذَا نُفِخَ فِي الصُّورِ نَفْخَةٌ وَاحِدَةٌ
14 Аят
Латта а дIадаьхьча‚ лаьмнаш а /айдича/‚ царах, аьтта, х1ур бича цхьана атарца - وَحُمِلَتِ الْأَرْضُ وَالْجِبَالُ فَدُكَّتَا دَكَّةً وَاحِدَةً
15 Аят
Оцу дийнахь дог1ур ду данза ца даьлларг (къематде). فَيَوْمَئِذٍ وَقَعَتِ الْوَاقِعَةُ
16 Аят
Стигал йедар ю‚ оцу дийнахь хир ю иза ледаръяьлла (ч1аг1о йоцуш), وَانشَقَّتِ السَّمَاء فَهِيَ يَوْمَئِذٍ وَاهِيَةٌ
17 Аят
Маликаш хир ду цуьнан йисташкахула. Хьо Кхиош-Кхобуш волчун Iарш хьур ю оцу дийнахь бархIаммо 6 шайна т1ехула. وَالْمَلَكُ عَلَى أَرْجَائِهَا وَيَحْمِلُ عَرْشَ رَبِّكَ فَوْقَهُمْ يَوْمَئِذٍ ثَمَانِيَةٌ
18 Аят
Оцу дийнахь шу хIоттор ду /кхиэлна/ хьалха‚ цхьа а хьуллеш хуьлу хIума хьулделла хир дац шух. يَوْمَئِذٍ تُعْرَضُونَ لَا تَخْفَى مِنكُمْ خَافِيَةٌ
19 Аят
Амма шен жайна шега аьтту (бакъахьара) куьйга делларг‚ цо эр ма ду /ч1ог1а хазахетта/: "ХIей‚ схьадуьйла! Деша сан жайна! فَأَمَّا مَنْ أُوتِيَ كِتَابَهُ بِيَمِينِهِ فَيَقُولُ هَاؤُمُ اقْرَؤُوا كِتَابِيهْ
20 Аят
Баккъалла а, со моьттуш 7 ма вара /цхьана дийнахь/ сан хьесап суна дуьхьалкхетар дуйла". إِنِّي ظَنَنتُ أَنِّي مُلَاقٍ حِسَابِيهْ
21 Аят
Иза хир ву ша реза волчу дахарехь. فَهُوَ فِي عِيشَةٍ رَّاضِيَةٍ
22 Аят
Лекхачу бешахь. فِي جَنَّةٍ عَالِيَةٍ
23 Аят
Шен стоьмаш гергахь болуш. قُطُوفُهَا دَانِيَةٌ
24 Аят
/Эр ду цаьрга/: "ГIоза даа‚ гIоза мала шайна /дуьненан/ дIадаханчу деношкахь шаьш хьалхадаьккхинарг /бахьанехь/ ". كُلُوا وَاشْرَبُوا هَنِيئًا بِمَا أَسْلَفْتُمْ فِي الْأَيَّامِ الْخَالِيَةِ
25 Аят
Ва амма шен жайна шега аьрру (харцхьара) куьйга делларг‚ цо эр ма ду: "ЭхI! И сан жайна соьга ма деллехьара! وَأَمَّا مَنْ أُوتِيَ كِتَابَهُ بِشِمَالِهِ فَيَقُولُ يَا لَيْتَنِي لَمْ أُوتَ كِتَابِيهْ
26 Аят
И сан /ч1ог1а суна дуьхьал долу/ хьесап хууш ца хиллехьара со. وَلَمْ أَدْرِ مَا حِسَابِيهْ
27 Аят
Эх1! И сан /дуьненахь/ валар хиллехьара тIаьххьара‚ /со юха ден ца веш/. يَا لَيْتَهَا كَانَتِ الْقَاضِيَةَ
28 Аят
Со кIелхьар ца ваьккхи сан бахамо. مَا أَغْنَى عَنِّي مَالِيهْ
29 Аят
ХIаллакьхили соьгара сан долахь мел хилларг (сан уьйраш а, сан хьал а)". هَلَكَ عَنِّي سُلْطَانِيهْ
30 Аят
/Делан омра догIур ду/: "Схьалаца иза! ДIавехка иза! خُذُوهُ فَغُلُّوهُ
31 Аят
Т1аккха жоьжахати чу д1авига иза. ثُمَّ الْجَحِيمَ صَلُّوهُ
32 Аят
ТIаккха шен яхалла кхузткъе итт дол йолчу зIенах вихкина, д1алалла иза". ثُمَّ فِي سِلْسِلَةٍ ذَرْعُهَا سَبْعُونَ ذِرَاعًا فَاسْلُكُوهُ
33 Аят
Баккъалла а, иза вацара сийлахь-воккхачу Делах тешаш. إِنَّهُ كَانَ لَا يُؤْمِنُ بِاللَّهِ الْعَظِيمِ
34 Аят
Мискачунна даа хIума дала /кхечарна/ дагадоуьйтуш вацара иза. وَلَا يَحُضُّ عَلَى طَعَامِ الْمِسْكِينِ
35 Аят
Вац цунна тахана кхузахь цхьа а доттагI. فَلَيْسَ لَهُ الْيَوْمَ هَاهُنَا حَمِيمٌ
36 Аят
Даа хIума дац, диларш бен. وَلَا طَعَامٌ إِلَّا مِنْ غِسْلِينٍ
37 Аят
Уьш дуур дац, гIалатбевллачара бен. لَا يَأْكُلُهُ إِلَّا الْخَاطِؤُونَ
38 Аят
ХIан-хIа! Ас дуй боу шуна гуш долчух فَلَا أُقْسِمُ بِمَا تُبْصِرُونَ
39 Аят
Шуна гуш доцучух а: وَمَا لَا تُبْصِرُونَ
40 Аят
Баккъалла а, иза сийлахьчу элчанан дош ма ду (Делера цо дуьйцуш). إِنَّهُ لَقَوْلُ رَسُولٍ كَرِيمٍ
41 Аят
ШаIиран 8 дош ма дац иза‚ кIеззиг ду-кх шу тешаш дерг. وَمَا هُوَ بِقَوْلِ شَاعِرٍ قَلِيلًا مَا تُؤْمِنُونَ
42 Аят
Бозбуунчин дош а ма дац иза‚ кIеззиг ду-кх аш ойла еш дерг. وَلَا بِقَوْلِ كَاهِنٍ قَلِيلًا مَا تَذَكَّرُونَ
43 Аят
Iаламийн Дегара охьадоьссина ду иза (Къуръан). تَنزِيلٌ مِّن رَّبِّ الْعَالَمِينَ
44 Аят
Цо 9 Тхоьга аьллехьара цхьацца (Оха аьлла доцу) дешнаш, وَلَوْ تَقَوَّلَ عَلَيْنَا بَعْضَ الْأَقَاوِيلِ
45 Аят
Оха схьалаьцна хир вара иза аьтту (бакъахьара) куьйга 10 لَأَخَذْنَا مِنْهُ بِالْيَمِينِ
46 Аят
ТIаккха хадийна хир бара цуьнан деган пха 11 . ثُمَّ لَقَطَعْنَا مِنْهُ الْوَتِينَ
47 Аят
Шух цхьа а хир ма вацара, цунах иза духатухуш. فَمَا مِنكُم مِّنْ أَحَدٍ عَنْهُ حَاجِزِينَ
48 Аят
Баккъалла а, иза (Къуръан) хьехам бу-кх /Делах/ кхоьруш болчарна. وَإِنَّهُ لَتَذْكِرَةٌ لِّلْمُتَّقِينَ
49 Аят
Баккъалла а, Тхо хууш ду-кх шух /дин/ харцдеш берш буйла. وَإِنَّا لَنَعْلَمُ أَنَّ مِنكُم مُّكَذِّبِينَ
50 Аят
Баккъалла а, иза (Къуръан) г1айг1а ю-кх цатешачарна. (Цуьнга ийман диллинчарна хир долу ниIматаш гина пошме хир бу керстанаш къематдийнахь). وَإِنَّهُ لَحَسْرَةٌ عَلَى الْكَافِرِينَ
51 Аят
Баккъалла а, иза хьакъ-бакъдерг ду-кх! وَإِنَّهُ لَحَقُّ الْيَقِينِ
52 Аят
Сийлахь-воккхачу хьуо кхиош-кхобуш волчу хьан Делан цIе хастае! (Массо а вочу сибатех ц1анве Иза). فَسَبِّحْ بِاسْمِ رَبِّكَ الْعَظِيمِ
1 Бакъхилла доьжнарг – къематде‚ иштта аьлла цунах, хьалха цунах лаьцна харцдина мел хилларг бакъхилла гучудаларна.
2 Къематде – цуьнан халонаш гича, нехан дегнаш детталур долу.
3 ЛутIин яртийн бахархой.
4 Хи чухула кеманна тIехь – Нухь а‚ цунна тIаьхьахIиттинарш а.
5 Исрафил-малико шозлагIа локхур йолу зурма массо а Iаламна юккъехь къастамбархьама.
6 БархI малико‚ я маликийн шен дукхалла Далла бен ца хуучу бархI могIано.
7 Со моьттуш ма вара – со тешаш ма вара.
8 Илланча. Илланчийн дешнаш ду Мухьаммада дуьйцуш дерг, олуш хилла цатешачара.
9 Элчано – Оха аьлла доцу дешнаш аьллехьара.
10 Аьтту куьйга – ницкъица. Дала боху: Мухьаммад Ша ца аьлларг дуьйцуш валхьара, Ша та1зар дийр дара цунна. Цо дуьйцург (Къуръан) Делан къамел ду.
11 Деган пха – дегах хоттабелла пха. И хадийча, адам а, дийнат а ле.