7. Сурат АЛЬ-АIРАФ

АIраф
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 206 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Алиф-лам-мим-ссад 1 . المص
2 Аят
Жайна (Къуръан) ду х1ара, доссийна хьоьга /я Мухьаммад/, хьан дагчохь /халонца/ г1итто ма хуьлийла оцунах (хьан къомо харцдарна кхоьруш шен метте д1акхачо) - шеца ахь /Делах кхоьручунна/ дхьахьедо а, хьехам /бан/ а тешачарна (муъма нахана). كِتَابٌ أُنزِلَ إِلَيْكَ فَلاَ يَكُن فِي صَدْرِكَ حَرَجٌ مِّنْهُ لِتُنذِرَ بِهِ وَذِكْرَى لِلْمُؤْمِنِينَ
3 Аят
ТIаьхьахIитта шайн Кхиош-Кхобучуьнгара шайга доссинчунна‚ тIаьхьа ма хIитта Иза воцчу /кхечу/ доттагIашна (я г1олоцуршна 2 )‚ кIезиг ду-кх аш ойла йийриг. اتَّبِعُواْ مَا أُنزِلَ إِلَيْكُم مِّن رَّبِّكُمْ وَلاَ تَتَّبِعُواْ مِن دُونِهِ أَوْلِيَاء قَلِيلاً مَّا تَذَكَّرُونَ
4 Аят
Маса юрт Оха хIаллакйина! Тхан 1азап деара цаьрга буса 3 я царна делкъанна наб озаелча. وَكَم مِّن قَرْيَةٍ أَهْلَكْنَاهَا فَجَاءهَا بَأْسُنَا بَيَاتًا أَوْ هُمْ قَآئِلُونَ
5 Аят
Тхан 1азап шайга деъча, церан кхайкхар ма ца хилира алар бен: "Баккъалла а, тхо хилла - кх зуламхой." فَمَا كَانَ دَعْوَاهُمْ إِذْ جَاءهُمْ بَأْسُنَا إِلاَّ أَن قَالُواْ إِنَّا كُنَّا ظَالِمِينَ
6 Аят
ТIаьхьа хоттур ма ду Оха шайга элчанаш бахкийтина хиллачаьрга‚ хоттур ма ду Оха элчанашка. فَلَنَسْأَلَنَّ الَّذِينَ أُرْسِلَ إِلَيْهِمْ وَلَنَسْأَلَنَّ الْمُرْسَلِينَ
7 Аят
Цаьрга дуьйцур ма ду Оха Iилманца 4 ‚ Тхо доцуш 5 ца хилла. فَلَنَقُصَّنَّ عَلَيْهِم بِعِلْمٍ وَمَا كُنَّا غَآئِبِينَ
8 Аят
Мизан-терза оцу дийнахь хирг хилар хьакъ-бакъ ду. Шен терза дазделларш 6 – уьш бу баккхийбийраш. وَالْوَزْنُ يَوْمَئِذٍ الْحَقُّ فَمَن ثَقُلَتْ مَوَازِينُهُ فَأُوْلَئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
9 Аят
Шен терза дайделларш 7 – уьш бу шайн синош эшийнарш Тхан аяташца шаьш зулам деш хилла хиларца. وَمَنْ خَفَّتْ مَوَازِينُهُ فَأُوْلَئِكَ الَّذِينَ خَسِرُواْ أَنفُسَهُم بِمَا كَانُواْ بِآيَاتِنَا يِظْلِمُونَ
10 Аят
Лаьтта тIехь Оха чIагIдира шу‚ Оха шуна цу тIехь бахам хилийтира‚ кIеззиг ду-кх аш баркалла олург. وَلَقَدْ مَكَّنَّاكُمْ فِي الأَرْضِ وَجَعَلْنَا لَكُمْ فِيهَا مَعَايِشَ قَلِيلاً مَّا تَشْكُرُونَ
11 Аят
Оха шу кхоьллира‚ тIаккха Оха шуна куц хилийтира‚ тIаккха Оха элира маликашка: "Сужуд де Āдамна!" Цара сужуд дира‚ иблис доцчо – и ца хилира сужуд дечарах. وَلَقَدْ خَلَقْنَاكُمْ ثُمَّ صَوَّرْنَاكُمْ ثُمَّ قُلْنَا لِلْمَلآئِكَةِ اسْجُدُواْ لآدَمَ فَسَجَدُواْ إِلاَّ إِبْلِيسَ لَمْ يَكُن مِّنَ السَّاجِدِينَ
12 Аят
Элира /Дала/: "Стен дуьхьало йина хьуна сужуд дан, Ас хьайга омра дича?" Элира /иблисо/: "Со дика ду цул (Āдамал). Со кхоьллина Ахь цIарах‚ и кхоьллина Ахь поппарх". قَالَ مَا مَنَعَكَ أَلاَّ تَسْجُدَ إِذْ أَمَرْتُكَ قَالَ أَنَاْ خَيْرٌ مِّنْهُ خَلَقْتَنِي مِن نَّارٍ وَخَلَقْتَهُ مِن طِينٍ
13 Аят
Элира: "Охьадосса цигара (ялсаманера). Оьшуш дац хьан цу чохь доккхадер. Арадала! Баккъалла а, хьо сийсазачарах ду". قَالَ فَاهْبِطْ مِنْهَا فَمَا يَكُونُ لَكَ أَن تَتَكَبَّرَ فِيهَا فَاخْرُجْ إِنَّكَ مِنَ الصَّاغِرِينَ
14 Аят
Цо элира: "Хьем бе сох уьш юха денбийр болу де тIекхаччалц (къемат де даллалц ца долуьйтуш дита со)". قَالَ أَنظِرْنِي إِلَى يَوْمِ يُبْعَثُونَ
15 Аят
Элира /Дала/: "Баккъалла а, шех хьем биначарех ду хьо (дити хьо къематде даллалц ца долуьйтуш)". قَالَ إِنَّكَ مِنَ المُنظَرِينَ
16 Аят
Элира /иблисо/: "Ахь со тилор бахьанехь уьш 8 Хьан нийсачу некъах тило кIелонна хуур ма ду со. قَالَ فَبِمَا أَغْوَيْتَنِي لأَقْعُدَنَّ لَهُمْ صِرَاطَكَ الْمُسْتَقِيمَ
17 Аят
ТIаккха догIур ма ду со царна хьалхахула‚ тIехьахула‚ аьтту агIорхула‚ аьрру агIорхула‚ царах дукхахберш карор ма бац хьуна баркалла олуш". ثُمَّ لآتِيَنَّهُم مِّن بَيْنِ أَيْدِيهِمْ وَمِنْ خَلْفِهِمْ وَعَنْ أَيْمَانِهِمْ وَعَن شَمَآئِلِهِمْ وَلاَ تَجِدُ أَكْثَرَهُمْ شَاكِرِينَ
18 Аят
Элира /Дала/: "Арадала цу чуьра (ялсаманера) бехке а хилла‚ къинхетамна гена а дале. Милла хилахь а царах хьуна тIаьхьахIоьттинарг – юзонза юьтур ма яц Ас жоьжахати шух массарех а. قَالَ اخْرُجْ مِنْهَا مَذْؤُومًا مَّدْحُورًا لَّمَن تَبِعَكَ مِنْهُمْ لأَمْلأنَّ جَهَنَّمَ مِنكُمْ أَجْمَعِينَ
19 Аят
ХIай Āдам! Вāха хьо а‚ хьан зуда а ялсаманехь‚ аш шиммо а даа шайна луъучуьра‚ шу шиъ герга ма гIолаш хIокху диттана – т1аккха зуламхойх хир ду шу шиъ". وَيَا آدَمُ اسْكُنْ أَنتَ وَزَوْجُكَ الْجَنَّةَ فَكُلاَ مِنْ حَيْثُ شِئْتُمَا وَلاَ تَقْرَبَا هَذِهِ الشَّجَرَةَ فَتَكُونَا مِنَ الظَّالِمِينَ
20 Аят
И шиъ Iехо доладелира шайтIа гучуяхархьама царах шиннах хьулйина йолу церан эхье меттигаш. Элира: "Шун Кхиош-Кхобучо цу диттах шу шиъ духатоьхна ма дац шух шиннах маликаш ца хилийта а, я шу шиъ гуттар дехачарах ца хилийта а бен". فَوَسْوَسَ لَهُمَا الشَّيْطَانُ لِيُبْدِيَ لَهُمَا مَا وُورِيَ عَنْهُمَا مِن سَوْءَاتِهِمَا وَقَالَ مَا نَهَاكُمَا رَبُّكُمَا عَنْ هَذِهِ الشَّجَرَةِ إِلاَّ أَن تَكُونَا مَلَكَيْنِ أَوْ تَكُونَا مِنَ الْخَالِدِينَ
21 Аят
Царна шинна дуйнаш биира цо: "Баккъалла а, со ма ду шуна шинна хьехамча"‚– бохуш. وَقَاسَمَهُمَا إِنِّي لَكُمَا لَمِنَ النَّاصِحِينَ
22 Аят
И шиъ 1ехо /Делах харц/ дуйнаш 9 биира цо царна. ТIаккха цу шимма цу диттах чамбаьккхича, царна гучуелира шайн эхье меттигаш‚ уьш буьйлабелира шайна тIе ялсаманин гIаш Iитта. Церан Кхиош-Кхобучо цу шинга кхайкхира: "Ас цу диттах духатоьхна дацара шу шиъ? Ас шуьга аьлла дацара: шайтIа шун билгала мостагI ма дуй?" فَدَلاَّهُمَا بِغُرُورٍ فَلَمَّا ذَاقَا الشَّجَرَةَ بَدَتْ لَهُمَا سَوْءَاتُهُمَا وَطَفِقَا يَخْصِفَانِ عَلَيْهِمَا مِن وَرَقِ الْجَنَّةِ وَنَادَاهُمَا رَبُّهُمَا أَلَمْ أَنْهَكُمَا عَن تِلْكُمَا الشَّجَرَةِ وَأَقُل لَّكُمَا إِنَّ الشَّيْطَآنَ لَكُمَا عَدُوٌّ مُّبِينٌ
23 Аят
Цу шиммо элира: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ тхан догIмашна зулам ма ди оха. Ахь тхуна геч ца дахь‚ Ахь тхох къинхетам ца бахь – тхо хир ма ду эшначарах". قَالاَ رَبَّنَا ظَلَمْنَا أَنفُسَنَا وَإِن لَّمْ تَغْفِرْ لَنَا وَتَرْحَمْنَا لَنَكُونَنَّ مِنَ الْخَاسِرِينَ
24 Аят
Элира /Дала/: "Охьадисса /ялсамани чуьра/‚ шу вовшийн мостагIий ду. Лаьттахь шуна чIагIам а‚ цхьа хан тIеккхаччалц бахам а хир бу". قَالَ اهْبِطُواْ بَعْضُكُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ وَلَكُمْ فِي الأَرْضِ مُسْتَقَرٌّ وَمَتَاعٌ إِلَى حِينٍ
25 Аят
Элира: "Цу чохь шу кхуьур ду‚ цу чохь шу лийр ду‚ цу чуьра шу арадохур а ду" 10 . قَالَ فِيهَا تَحْيَوْنَ وَفِيهَا تَمُوتُونَ وَمِنْهَا تُخْرَجُونَ
26 Аят
ХIай Āдаман кIентий 11 ! Оха доссийна шуна аш шеца эхье меттигаш хьулйе духар а, шу шеца хазлуш долу духар а. /Делах/ кхераран духар – и ду дика дерг. И Делан аятех ду уьш хилархьама кхеташ. يَا بَنِي آدَمَ قَدْ أَنزَلْنَا عَلَيْكُمْ لِبَاسًا يُوَارِي سَوْءَاتِكُمْ وَرِيشًا وَلِبَاسُ التَّقْوَىَ ذَلِكَ خَيْرٌ ذَلِكَ مِنْ آيَاتِ اللّهِ لَعَلَّهُمْ يَذَّكَّرُونَ
27 Аят
ХIай Āдаман кIентий! Шу Iеха ма дойла шайтIано‚ цо шун да-наний ялсамани чуьра арадахарх терра, схьадоккхуш церан шинна тIера духар царна шинна гайтархьама шайн эхье меттигаш. Баккъалла а, цунна (шайтIанна) шу гуш ду‚ ткъа иза а‚ цуьнан зуьррет а шуна ца гучарах ду. Баккъалла а, Оха шайтIанаш хилийтина цатешачарна доттагIий (доладийраш). يَا بَنِي آدَمَ لاَ يَفْتِنَنَّكُمُ الشَّيْطَانُ كَمَا أَخْرَجَ أَبَوَيْكُم مِّنَ الْجَنَّةِ يَنزِعُ عَنْهُمَا لِبَاسَهُمَا لِيُرِيَهُمَا سَوْءَاتِهِمَا إِنَّهُ يَرَاكُمْ هُوَ وَقَبِيلُهُ مِنْ حَيْثُ لاَ تَرَوْنَهُمْ إِنَّا جَعَلْنَا الشَّيَاطِينَ أَوْلِيَاء لِلَّذِينَ لاَ يُؤْمِنُونَ
28 Аят
Шаьш боьханиг дича‚ цара олу: "Тхан дай карийна тхуна цунна тIехь‚ Дала омра дина тхуна цуьнца". Ахь āла: "Баккъалла а, Дала омра ца до боьхучуьнца‚ аш олу ткъа Делах лаьцна шайна цахуург?" وَإِذَا فَعَلُواْ فَاحِشَةً قَالُواْ وَجَدْنَا عَلَيْهَا آبَاءنَا وَاللّهُ أَمَرَنَا بِهَا قُلْ إِنَّ اللّهَ لاَ يَأْمُرُ بِالْفَحْشَاء أَتَقُولُونَ عَلَى اللّهِ مَا لاَ تَعْلَمُونَ
29 Аят
Āла: "Омра дина сан Кхиош-Кхобучо /массанхьа/ нийсо лелаяр 12 . ХIоттае шайн яххьаш /Далла тIе/ хIор сужуд дечу меттигехь а, сужуд дечу хенахь а 13 ‚ кхайкха Цуьнга (Деле)‚ Цуьнан дин цIандеш /ширках/. Цо шу кхолларх терра /лаьттах/‚ юхадоьрзур ду шу дахаре (юхадендийр ду шу къематдийнахь)". قُلْ أَمَرَ رَبِّي بِالْقِسْطِ وَأَقِيمُواْ وُجُوهَكُمْ عِندَ كُلِّ مَسْجِدٍ وَادْعُوهُ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ كَمَا بَدَأَكُمْ تَعُودُونَ
30 Аят
Цхьа тоба нисйина Цо‚ вукхарна тIехь тилар бакъхилла. Баккъалла а, цара Дела а витина, шайтIанех доттагIий (доладийраш) лаьцна шайна‚ царна моьтту шаьш нийсачу новкъахь ду. فَرِيقًا هَدَى وَفَرِيقًا حَقَّ عَلَيْهِمُ الضَّلاَلَةُ إِنَّهُمُ اتَّخَذُوا الشَّيَاطِينَ أَوْلِيَاء مِن دُونِ اللّهِ وَيَحْسَبُونَ أَنَّهُم مُّهْتَدُونَ
31 Аят
ХIай Āдаман кIентий! Схьаэца шайн хаза духар хIор сужуд дечу меттигахь а, сужуд дечу хенахь 14 а (хаза, цIена духар духа, шаьш ламаз деш а, тIаваф деш а – хьажцIенна го боккхуш а)‚ даа‚ мала‚ /шайн х1уманан/ кхоам бе. Баккъалла а, Далла ца беза /х1уманан/ кхоам беш боцурш. يَا بَنِي آدَمَ خُذُواْ زِينَتَكُمْ عِندَ كُلِّ مَسْجِدٍ وكُلُواْ وَاشْرَبُواْ وَلاَ تُسْرِفُواْ إِنَّهُ لاَ يُحِبُّ الْمُسْرِفِينَ
32 Аят
Ахь āла /хIай Мухьаммад, оцу Маккин керстанашка, шаьш КаIбина тIаваф деш хилла болчу берзина (т1ехь духар доцуш), Дала хьанал динарг шайна хьарам деш хилла болчу/: "Хьан хьарам дина Делера хаза дерг (духар)‚ Цо шен лешна схьадаьккхина долу‚ рицкъанах а цIена дерг?" Āла: "Иза ду ийман диллинчарна гергарчу (дуьненан) дахарехь‚ деккъа царна долуш къематдийнахь. Иштта къастадо Оха аяташ хууш долчу къомана". قُلْ مَنْ حَرَّمَ زِينَةَ اللّهِ الَّتِيَ أَخْرَجَ لِعِبَادِهِ وَالْطَّيِّبَاتِ مِنَ الرِّزْقِ قُلْ هِي لِلَّذِينَ آمَنُواْ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا خَالِصَةً يَوْمَ الْقِيَامَةِ كَذَلِكَ نُفَصِّلُ الآيَاتِ لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ
33 Аят
Ахь āла: "Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобучо хьарам дина боьханиг‚ цунах гучадаьлларг а‚ хьуламехь дерг а‚ къа а‚ бахьана доцуш гIело яр а‚ аш /Делаца/ накъост лацар а Цо шеца цхьа а делил доссийна доцчуьнца‚ аш Далла тIехь алар а шайна цахуург". قُلْ إِنَّمَا حَرَّمَ رَبِّيَ الْفَوَاحِشَ مَا ظَهَرَ مِنْهَا وَمَا بَطَنَ وَالإِثْمَ وَالْبَغْيَ بِغَيْرِ الْحَقِّ وَأَن تُشْرِكُواْ بِاللّهِ مَا لَمْ يُنَزِّلْ بِهِ سُلْطَانًا وَأَن تَقُولُواْ عَلَى اللّهِ مَا لاَ تَعْلَمُونَ
34 Аят
ХIор умматан Iожалла ю (тоьхна хан). Шен Iожалла тIееъча, цхьа сахьт тIаьхьадуьсур а дац и‚ хьалхадер а дац. وَلِكُلِّ أُمَّةٍ أَجَلٌ فَإِذَا جَاء أَجَلُهُمْ لاَ يَسْتَأْخِرُونَ سَاعَةً وَلاَ يَسْتَقْدِمُونَ
35 Аят
ХIай Āдаман кIентий! Бахказа буьсур ма бац шуьга элчанаш шух шайх‚ шуна дуьйцур ду цара Тхан аяташ‚ /Делах/ кхийринчунна‚ диканиг диначунна – кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац. يَا بَنِي آدَمَ إِمَّا يَأْتِيَنَّكُمْ رُسُلٌ مِّنكُمْ يَقُصُّونَ عَلَيْكُمْ آيَاتِي فَمَنِ اتَّقَى وَأَصْلَحَ فَلاَ خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلاَ هُمْ يَحْزَنُونَ
36 Аят
Тхан аяташ харцдинарш‚ царна куралла йинарш – уьш бу /жоьжахатин/ цIеран дай. Уьш цу чохь даима лаьттар бу. وَالَّذِينَ كَذَّبُواْ بِآيَاتِنَا وَاسْتَكْبَرُواْ عَنْهَا أُوْلََئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
37 Аят
Мила ву Далла тIе харцдерг кхоьллинчул зуламе‚ я Цуьнан аяташ харцдинчул (зуламе)? – Царна шайн дāкъа кхочур ду яздинчух 15 . Тхан элчанаш 16 шайна тIебогIуш синош эца‚ олуш: "Мичахь бу аш, Дела а витина, Iибадат деш хилларш?" Цара элира: "ДIатилина уьш тхох". Шайна тIехь тешалла дира цара шаьш цатешарш (керстанаш) хилира, аьлла. فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَى عَلَى اللّهِ كَذِبًا أَوْ كَذَّبَ بِآيَاتِهِ أُوْلَئِكَ يَنَالُهُمْ نَصِيبُهُم مِّنَ الْكِتَابِ حَتَّى إِذَا جَاءتْهُمْ رُسُلُنَا يَتَوَفَّوْنَهُمْ قَالُواْ أَيْنَ مَا كُنتُمْ تَدْعُونَ مِن دُونِ اللّهِ قَالُواْ ضَلُّواْ عَنَّا وَشَهِدُواْ عَلَى أَنفُسِهِمْ أَنَّهُمْ كَانُواْ كَافِرِينَ
38 Аят
Элира /Дала/: "ЧугIо шайл хьалха /жоьжахатин/ цIергахь хиллачу жинийн а‚ адамийн а умматашна". Чоьхьа мел даьллачу уммато неIалт олура вукхарна‚ берриге а вовшахкхетча – тIаккха тIаьхьарчо хьалхарчух элира: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ хIокхара тилийра хьуна тхо‚ /жоьжахатин/ цIеран Iазап дехьа царна тIеттIа". Элира /Дала/: "ХIоранна а тIеттIа /Iазап/ хир ду". Делахь а, ца хаьа-кх шуна. قَالَ ادْخُلُواْ فِي أُمَمٍ قَدْ خَلَتْ مِن قَبْلِكُم مِّن الْجِنِّ وَالإِنسِ فِي النَّارِ كُلَّمَا دَخَلَتْ أُمَّةٌ لَّعَنَتْ أُخْتَهَا حَتَّى إِذَا ادَّارَكُواْ فِيهَا جَمِيعًا قَالَتْ أُخْرَاهُمْ لأُولاَهُمْ رَبَّنَا هَؤُلاء أَضَلُّونَا فَآتِهِمْ عَذَابًا ضِعْفًا مِّنَ النَّارِ قَالَ لِكُلٍّ ضِعْفٌ وَلَكِن لاَّ تَعْلَمُونَ
39 Аят
Хьалхарчо вукхуьнга элира: "Тхуна тIехь дозалла ца хилира шун‚ Iовша шайна Iазап шаьш карадина хиллачуьнца". وَقَالَتْ أُولاَهُمْ لأُخْرَاهُمْ فَمَا كَانَ لَكُمْ عَلَيْنَا مِن فَضْلٍ فَذُوقُواْ الْعَذَابَ بِمَا كُنتُمْ تَكْسِبُونَ
40 Аят
Баккъалла а, Тхан аяташ харцдинарш‚ царна куралла йинарш – стигалан неIарш дIайоьллур ма яц царна‚ ялсамани чу гIур ма бац уьш эмкал механ Iуьрга йоллалц 17 – иштта бекхам бийр бу Оха къинош диначарна. إِنَّ الَّذِينَ كَذَّبُواْ بِآيَاتِنَا وَاسْتَكْبَرُواْ عَنْهَا لاَ تُفَتَّحُ لَهُمْ أَبْوَابُ السَّمَاء وَلاَ يَدْخُلُونَ الْجَنَّةَ حَتَّى يَلِجَ الْجَمَلُ فِي سَمِّ الْخِيَاطِ وَكَذَلِكَ نَجْزِي الْمُجْرِمِينَ
41 Аят
Царна жоьжахатих хир бу /вижа/ мотт а‚ царна тIехула цIеран пардо хир ду – иштта бекхам бийр бу Оха зуламхошна. لَهُم مِّن جَهَنَّمَ مِهَادٌ وَمِن فَوْقِهِمْ غَوَاشٍ وَكَذَلِكَ نَجْزِي الظَّالِمِينَ
42 Аят
Ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а‚ – синна тIе ца дуьллу Оха цунна ницкъ кхочург бен‚ – уьш ялсаманийн дай бу‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар бу. وَالَّذِينَ آمَنُواْ وَعَمِلُواْ الصَّالِحَاتِ لاَ نُكَلِّفُ نَفْسًا إِلاَّ وُسْعَهَا أُوْلَئِكَ أَصْحَابُ الْجَنَّةِ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
43 Аят
Оха дIаяьккхира церан дегнашкара оьгIазло; дIаоьхуш хир ду /ялсаманехь/ церан /г1аланий/ бухахула хиш‚ цара эр: "Хастам бу Далла‚ тхо нисдинчу хIокхунна тIе‚ тхо хир ма дацара нисделла, Дала нисдина ца хиллехь. Тхан Кхиош-Кхобучун элчанаш баьхкира бакъонца". Цаьрга кхайкхира: "ХIара ялсамани шуна ирсана кхаьчна ю аш Iамал йина хиларца". وَنَزَعْنَا مَا فِي صُدُورِهِم مِّنْ غِلٍّ تَجْرِي مِن تَحْتِهِمُ الأَنْهَارُ وَقَالُواْ الْحَمْدُ لِلّهِ الَّذِي هَدَانَا لِهَذَا وَمَا كُنَّا لِنَهْتَدِيَ لَوْلا أَنْ هَدَانَا اللّهُ لَقَدْ جَاءتْ رُسُلُ رَبِّنَا بِالْحَقِّ وَنُودُواْ أَن تِلْكُمُ الْجَنَّةُ أُورِثْتُمُوهَا بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
44 Аят
Ялсаманин дайша жоьжахатин дайшка кхойкхур: "Тхуна-м карийна тхайн Кхиош-Кхобучо тхуна ваIда йина хилларг бакъхилла‚ шуна карийний шун Кхиош-Кхобучо шуна ваIда йина хилларг бакъхилла?" Цара эр: "ХIаъ". ТIаккха дIахьедархочо дIахьедира царна юккъехь: "Делан неIалт хуьлда зуламхошна"‚ – аьлла. وَنَادَى أَصْحَابُ الْجَنَّةِ أَصْحَابَ النَّارِ أَن قَدْ وَجَدْنَا مَا وَعَدَنَا رَبُّنَا حَقًّا فَهَلْ وَجَدتُّم مَّا وَعَدَ رَبُّكُمْ حَقًّا قَالُواْ نَعَمْ فَأَذَّنَ مُؤَذِّنٌ بَيْنَهُمْ أَن لَّعْنَةُ اللّهِ عَلَى الظَّالِمِينَ
45 Аят
Ишттанаш бу уьш шаьш дIатилабеш /нах/ Делан некъах, и шаьш гамбан лууш‚ уьш эхарт керстадеш ма бу. الَّذِينَ يَصُدُّونَ عَن سَبِيلِ اللّهِ وَيَبْغُونَهَا عِوَجًا وَهُم بِالآخِرَةِ كَافِرُونَ
46 Аят
Царний, вукхарний юккъехь дуьхьало хир ю. АIрафана 18 тIехь нах хир бу, шайна массо а вевзаш шайн билгалонашца. Ялсаманин дайшка цара кхойкхур ду: "Саламун Iалайкум 19 "‚ – аьлла. Оцу /ялсамани/ чу гIур бац уьш‚ уьш чIогIа лууш ма бара 20 . وَبَيْنَهُمَا حِجَابٌ وَعَلَى الأَعْرَافِ رِجَالٌ يَعْرِفُونَ كُلاًّ بِسِيمَاهُمْ وَنَادَوْاْ أَصْحَابَ الْجَنَّةِ أَن سَلاَمٌ عَلَيْكُمْ لَمْ يَدْخُلُوهَا وَهُمْ يَطْمَعُونَ
47 Аят
Жоьжахатин дай болчу агIор шайн бIаьрса д1адерзича‚ цара 21 аьр: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ тхо ма хилийталахь зуламе долчу къомаца". وَإِذَا صُرِفَتْ أَبْصَارُهُمْ تِلْقَاء أَصْحَابِ النَّارِ قَالُواْ رَبَّنَا لاَ تَجْعَلْنَا مَعَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ
48 Аят
АIрафан дайша кхойкхур ду нахе, шайна бевзаш болчу церан билгалонашца‚ ōлуш: "ХIун пайда би шун гулдаро а (аш дуьненахь гулдеш хиллачу хьоло)‚ аш куралла еш хиларо а?" وَنَادَى أَصْحَابُ الأَعْرَافِ رِجَالاً يَعْرِفُونَهُمْ بِسِيمَاهُمْ قَالُواْ مَا أَغْنَى عَنكُمْ جَمْعُكُمْ وَمَا كُنتُمْ تَسْتَكْبِرُونَ
49 Аят
"ХIорш 22 бу уьш, аш дуйнаш бууш хилларш‚ Делан къинхетам царах кхетар бац‚ бохуш?" "ЧугIо ялсаманина. Кхерам а хир ма бац шуна‚ шу сингаттаме (пошме) а хир ма дац " 23 . أَهَؤُلاء الَّذِينَ أَقْسَمْتُمْ لاَ يَنَالُهُمُ اللّهُ بِرَحْمَةٍ ادْخُلُواْ الْجَنَّةَ لاَ خَوْفٌ عَلَيْكُمْ وَلاَ أَنتُمْ تَحْزَنُونَ
50 Аят
Жоьжахатин дайша ялсаманин дайшка кхойкхур: "Доттийша тхуна тIе хи я Дала шайна деллачу рицкъанах /цхьацца х1ума лойша тхуна/". Цара аьр: "Баккъалла а, Дала и хьарам 24 дина ма ду цатешачарна" – وَنَادَى أَصْحَابُ النَّارِ أَصْحَابَ الْجَنَّةِ أَنْ أَفِيضُواْ عَلَيْنَا مِنَ الْمَاء أَوْ مِمَّا رَزَقَكُمُ اللّهُ قَالُواْ إِنَّ اللّهَ حَرَّمَهُمَا عَلَى الْكَافِرِينَ
51 Аят
Уьш бу шайн динах цадашар 25 а, ловзар а динарш‚ шаьш дуьненан дахаро Iехийнарш. Тахана Оха уьш бицбийр ма бу‚ цара хIокху шайн денна дуьхьалкхетар шаьш дицдаре терра‚ уьш тхан аяташ керстадеш хиларе терра. الَّذِينَ اتَّخَذُواْ دِينَهُمْ لَهْوًا وَلَعِبًا وَغَرَّتْهُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا فَالْيَوْمَ نَنسَاهُمْ كَمَا نَسُواْ لِقَاء يَوْمِهِمْ هَذَا وَمَا كَانُواْ بِآيَاتِنَا يَجْحَدُونَ
52 Аят
Тхо даьхкина 26 ма дара цаьрга жайнаца‚ Оха ша билгалдаьккхина долчу Iилманца 27 ‚ тешаш долчу къомана ша нийса некъ а‚ къинхетам а хилла долчу. وَلَقَدْ جِئْنَاهُم بِكِتَابٍ فَصَّلْنَاهُ عَلَى عِلْمٍ هُدًى وَرَحْمَةً لِّقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
53 Аят
И 28 тидаре бен хьовсуш буй-те уьш? Цуьнан тидар деъначу дийнахь и хьалха дицдинчара эр ма ду: "Тхан Кхиош-Кхобучун элчанаш ма баьхкира бакъонна тIехь. ХIинца тхуна шапаIат дан цхьа а вуй‚ и тхуна дийр долуш волу‚ я тхо юхадерзадан 29 ‚ тIаккха оха йийр ма яра тхаьш йина ца хилла йолу /дика/Iамал". Цара шаьш х1аллакдира шаьш‚ дIатилира царах цара /харц/ кхуллуш хилларг 30 . هَلْ يَنظُرُونَ إِلاَّ تَأْوِيلَهُ يَوْمَ يَأْتِي تَأْوِيلُهُ يَقُولُ الَّذِينَ نَسُوهُ مِن قَبْلُ قَدْ جَاءتْ رُسُلُ رَبِّنَا بِالْحَقِّ فَهَل لَّنَا مِن شُفَعَاء فَيَشْفَعُواْ لَنَا أَوْ نُرَدُّ فَنَعْمَلَ غَيْرَ الَّذِي كُنَّا نَعْمَلُ قَدْ خَسِرُواْ أَنفُسَهُمْ وَضَلَّ عَنْهُم مَّا كَانُواْ يَفْتَرُونَ
54 Аят
Баккъалла а, шун Кхиош-Кхобург ву /цхьа Аллах1/ Дела‚ Ша стигланаш а‚ латта кхоьллина волу а ялх дийна чохь. ТIаккха дIанисвелира Иза Iарша тIехь 31 . Буьйсане де хьулдойту Цо‚ /царах/ хIораммо важа лоьхуш сихонца 32 . Малх а‚ бутт а‚ седарчий а болх беш ду Цуьнан омраца. Ткъа Цуьнан дац кхоллар а‚ омра а? Беркате хили и Дела – Iаламийн Да. إِنَّ رَبَّكُمُ اللّهُ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضَ فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ اسْتَوَى عَلَى الْعَرْشِ يُغْشِي اللَّيْلَ النَّهَارَ يَطْلُبُهُ حَثِيثًا وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ وَالنُّجُومَ مُسَخَّرَاتٍ بِأَمْرِهِ أَلاَ لَهُ الْخَلْقُ وَالأَمْرُ تَبَارَكَ اللّهُ رَبُّ الْعَالَمِينَ
55 Аят
Кхайкха (доIа де) шайн Кхиош-Кхобучуьнга хьасталой а‚ меллаша а (доIа деш маьхьарий ма бетта). Баккъалла а, Цунна ца беза дозанах бовлурш 33 . ادْعُواْ رَبَّكُمْ تَضَرُّعًا وَخُفْيَةً إِنَّهُ لاَ يُحِبُّ الْمُعْتَدِينَ
56 Аят
Боьханиг ма леладе лаьттахь и цIанделлачул тIаьхьа 34 ‚ кхайкха Цуьнга /Деле/ кхерамца а 35 ‚ догдахарца а 36 . Баккъалла а, Делан къинхетам герга бу дикачарна. وَلاَ تُفْسِدُواْ فِي الأَرْضِ بَعْدَ إِصْلاَحِهَا وَادْعُوهُ خَوْفًا وَطَمَعًا إِنَّ رَحْمَتَ اللّهِ قَرِيبٌ مِّنَ الْمُحْسِنِينَ
57 Аят
И ву мехаш боуьйтуш, кхаъ хуьлий, Шен къинхетамал 37 хьалха. Цара /догIих/ язъелла мархаш ялийча‚ Оха лохку уьш белла хиллачу махка (йокъана хилла бакъбеллачу) – цуьнца (мархаца) хи (догIа) доссадо Оха. Цуьнца массо а стом араболуьйту. Иштта белларш а арабохур бу Оха‚ шу хила мегара ойла еш. وَهُوَ الَّذِي يُرْسِلُ الرِّيَاحَ بُشْرًا بَيْنَ يَدَيْ رَحْمَتِهِ حَتَّى إِذَا أَقَلَّتْ سَحَابًا ثِقَالاً سُقْنَاهُ لِبَلَدٍ مَّيِّتٍ فَأَنزَلْنَا بِهِ الْمَاء فَأَخْرَجْنَا بِهِ مِن كُلِّ الثَّمَرَاتِ كَذَلِكَ نُخْرِجُ الْموْتَى لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ
58 Аят
Дика мохк – цуьнан ораматаш (латтах схьайолу дика хIума) арадуьйлу шен Кхиош-Кхобучун пурбанца‚ бехбелла хилларг (мохк) – цхьа а пайдабоцург бен ара ца йоккху цо. Иштта къастадо Оха аяташ баркалла олучу къомана. وَالْبَلَدُ الطَّيِّبُ يَخْرُجُ نَبَاتُهُ بِإِذْنِ رَبِّهِ وَالَّذِي خَبُثَ لاَ يَخْرُجُ إِلاَّ نَكِدًا كَذَلِكَ نُصَرِّفُ الآيَاتِ لِقَوْمٍ يَشْكُرُونَ
59 Аят
Оха вахийтира Нухь шен къомана тIе. Цо элира: "ХIай сан къам! Iибадат дейша Далла‚ И воцург кхин дела вац шуна. Со кхоьру шуна деза- доккхачу дийнан 38 Iазапах ". لَقَدْ أَرْسَلْنَا نُوحًا إِلَى قَوْمِهِ فَقَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُواْ اللَّهَ مَا لَكُم مِّنْ إِلَهٍ غَيْرُهُ إِنِّيَ أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ
60 Аят
Цуьнан къоман элаша элира: "Баккъалла а, тхуна хьо гуш ма ву билггалчу тилар чохь". قَالَ الْمَلأُ مِن قَوْمِهِ إِنَّا لَنَرَاكَ فِي ضَلاَلٍ مُّبِينٍ
61 Аят
Цо элира: “ХIай сан къам! Соьца тилавалар ма дац‚ делахь а, со Iаламийн Дегара элча ма ву. قَالَ يَا قَوْمِ لَيْسَ بِي ضَلاَلَةٌ وَلَكِنِّي رَسُولٌ مِّن رَّبِّ الْعَالَمِينَ
62 Аят
Ас шуьга д1акхачадо сан Кхиош-Кхобучун элчалалла‚ ас шуна хьехам бо‚ Делера шуна цахуург хууш ву со. أُبَلِّغُكُمْ رِسَالاَتِ رَبِّي وَأَنصَحُ لَكُمْ وَأَعْلَمُ مِنَ اللّهِ مَا لاَ تَعْلَمُونَ
63 Аят
Я шу цецдевлира шайга шайн Кхиош-Кхобучуьнгара шуна юккъера цхьана стагехула хьехам бāрах, шуна кхерам 39 тасархьама‚ шу кхоьруш 40 хилархьама. Шух къинхетам бан мегара –кх”. أَوَعَجِبْتُمْ أَن جَاءكُمْ ذِكْرٌ مِّن رَّبِّكُمْ عَلَى رَجُلٍ مِّنكُمْ لِيُنذِرَكُمْ وَلِتَتَّقُواْ وَلَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ
64 Аят
Цара и 41 харцвира. Оха и кIелхьарваьккхира‚ цуьнца берш а‚ кемана чохь‚ Тхан аяташ харцдинарш хи чу бахийтира. Баккъалла а, уьш хилира бIаьрса 42 доцу къам. فَكَذَّبُوهُ فَأَنجَيْنَاهُ وَالَّذِينَ مَعَهُ فِي الْفُلْكِ وَأَغْرَقْنَا الَّذِينَ كَذَّبُواْ بِآيَاتِنَا إِنَّهُمْ كَانُواْ قَوْماً عَمِينَ
65 Аят
Iадашка а /вахийтира/ церан ваша ХIýд. Цо элира: "ХIай сан къам! Iибадат дейша Далла‚ И воцург кхин дела ма вац шуна. Шу ца кхоьру?" وَإِلَى عَادٍ أَخَاهُمْ هُوداً قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُواْ اللّهَ مَا لَكُم مِّنْ إِلَهٍ غَيْرُهُ أَفَلاَ تَتَّقُونَ
66 Аят
Цуьнан къоман цатешначеран элаша элира: "Баккъалла а, тхуна хьо го Iовдаллина чохь‚ баккъалла а, тхуна хьо хеташ ма ву харцлуьйчарах". قَالَ الْمَلأُ الَّذِينَ كَفَرُواْ مِن قَوْمِهِ إِنَّا لَنَرَاكَ فِي سَفَاهَةٍ وِإِنَّا لَنَظُنُّكَ مِنَ الْكَاذِبِينَ
67 Аят
Цо элира: "ХIай сан къам! Сох Iовдалалла а ма дац‚ делахь а, со Iаламийн Дегара элча ма ву. قَالَ يَا قَوْمِ لَيْسَ بِي سَفَاهَةٌ وَلَكِنِّي رَسُولٌ مِّن رَّبِّ الْعَالَمِينَ
68 Аят
Ас шуьга д1акхачадо сан Кхиош-Кхобучун элчаналла‚ со шуна тешаме волу хьехамча ма ву. أُبَلِّغُكُمْ رِسَالاتِ رَبِّي وَأَنَاْ لَكُمْ نَاصِحٌ أَمِينٌ
69 Аят
Я шу цецдевлира шайга шайн Кхиош-Кхобучун шуна юккъера цхьана стагехула хьехам барах шуна кхерам таса. Дагадаийтал‚ Цо шух тIаьхье хилийтира Нухьан къомал тIаьхьа‚ Цо шу алсамдехира дог1машкахь ницкъаца. Дагадайта Делан ниIматаш‚ шу хила мегара хазахеташ". أَوَعَجِبْتُمْ أَن جَاءكُمْ ذِكْرٌ مِّن رَّبِّكُمْ عَلَى رَجُلٍ مِّنكُمْ لِيُنذِرَكُمْ وَاذكُرُواْ إِذْ جَعَلَكُمْ خُلَفَاء مِن بَعْدِ قَوْمِ نُوحٍ وَزَادَكُمْ فِي الْخَلْقِ بَسْطَةً فَاذْكُرُواْ آلاء اللّهِ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
70 Аят
Цара элира: "Хьо тхуна веана тхоьга веккъа цхьана Далла Iибадат дайта‚ тхоьга дитийта тхан дай шена Iибадат деш хилларг? ХIаъ‚ даийта тхуна айхьа тхоьца ваIда йина хилларг‚ хьо бакълуьйчарах хиллехь". قَالُواْ أَجِئْتَنَا لِنَعْبُدَ اللّهَ وَحْدَهُ وَنَذَرَ مَا كَانَ يَعْبُدُ آبَاؤُنَا فَأْتِنَا بِمَا تَعِدُنَا إِن كُنتَ مِنَ الصَّادِقِينَ
71 Аят
Цо элира: "Доьжна шуна тIе шайн Кхиош-Кхобучуьнгара Iазап а‚ оьгIазло а. Соьца къуьйсу ткъа аш‚ шаьш а‚ шун дайша а тихкина хиллачу цIершкахь‚ шайца Дала цхьа а делил доссийна ца хиллачу? Хьоьжуш 1е шу /Iазап догIур ду шуна/‚ со а шуьца цхьаьна хьоьжуш 1ечарах ву". قَالَ قَدْ وَقَعَ عَلَيْكُم مِّن رَّبِّكُمْ رِجْسٌ وَغَضَبٌ أَتُجَادِلُونَنِي فِي أَسْمَاء سَمَّيْتُمُوهَا أَنتُمْ وَآبَآؤكُم مَّا نَزَّلَ اللّهُ بِهَا مِن سُلْطَانٍ فَانتَظِرُواْ إِنِّي مَعَكُم مِّنَ الْمُنتَظِرِينَ
72 Аят
ТIаккха и кIелхьарваьккхира Оха /Iазапах/‚ цуьнца хилларш а‚ Тхайгара къинхетамца. Тхан аяташ харцдиначеран тIаьхье хадийра Оха‚ уьш ца хилира тешаш берш. فَأَنجَيْنَاهُ وَالَّذِينَ مَعَهُ بِرَحْمَةٍ مِّنَّا وَقَطَعْنَا دَابِرَ الَّذِينَ كَذَّبُواْ بِآيَاتِنَا وَمَا كَانُواْ مُؤْمِنِينَ
73 Аят
Самудашка а /вахийтира Оха/ церан ваша Салихь. Цо элира: "ХIай сан къам! Далла Iибадат дейша‚ И воцург кхин дела вац шуна. Шайн Кхиош-Кхобучуьнгара билгало ма еана шуьга‚ хIара Делан стен эмкал ю шуна делил хилла. Йита аш иза яжа Делан лаьттахула‚ ма Iитталолаш цунах зуламца – тIаккха лазош долчу Iазапо схьалоцур ду шу. وَإِلَى ثَمُودَ أَخَاهُمْ صَالِحًا قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُواْ اللّهَ مَا لَكُم مِّنْ إِلَهٍ غَيْرُهُ قَدْ جَاءتْكُم بَيِّنَةٌ مِّن رَّبِّكُمْ هَذِهِ نَاقَةُ اللّهِ لَكُمْ آيَةً فَذَرُوهَا تَأْكُلْ فِي أَرْضِ اللّهِ وَلاَ تَمَسُّوهَا بِسُوَءٍ فَيَأْخُذَكُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
74 Аят
Аш дагадайта Цо (Дала) шух Iадийл тIаьхьа тIаьхье хилийтар‚ Цо шу дāха ховшийна хилар лаьттахь‚ цуьнан (лаьттан) нийсачу меттигех аш гIаланаш еш‚ цуьнан ламанех аш цIенош а деш. Дагадайта Делан ниIматаш. Ма де боьханиг лаьтта тIехь". وَاذْكُرُواْ إِذْ جَعَلَكُمْ خُلَفَاء مِن بَعْدِ عَادٍ وَبَوَّأَكُمْ فِي الأَرْضِ تَتَّخِذُونَ مِن سُهُولِهَا قُصُورًا وَتَنْحِتُونَ الْجِبَالَ بُيُوتًا فَاذْكُرُواْ آلاء اللّهِ وَلاَ تَعْثَوْا فِي الأَرْضِ مُفْسِدِينَ
75 Аят
Цуьнан къомах курабевллачийн элаша элира царах ийман диллина болчу заьIап нахе: "Шуна хаьий и Салихь шен Кхиош-Кхобучуьнгара ваийтина вуйла?" Цара элира: "Баккъалла а, тхо и шеца ваийтинчух тешаш ду-кх". قَالَ الْمَلأُ الَّذِينَ اسْتَكْبَرُواْ مِن قَوْمِهِ لِلَّذِينَ اسْتُضْعِفُواْ لِمَنْ آمَنَ مِنْهُمْ أَتَعْلَمُونَ أَنَّ صَالِحًا مُّرْسَلٌ مِّن رَّبِّهِ قَالُواْ إِنَّا بِمَا أُرْسِلَ بِهِ مُؤْمِنُونَ
76 Аят
Куралла йиначара элира: "Баккъалла а, тхо шу шех тешнарг керстадеш ду-кх". قَالَ الَّذِينَ اسْتَكْبَرُواْ إِنَّا بِالَّذِيَ آمَنتُمْ بِهِ كَافِرُونَ
77 Аят
ТIаккха цу эмкална урс хьаькхира цара‚ шайн Кхиош-Кхобучун омрана куралла йира цара‚ элира: "ХIай Салихь! Даийта 43 тхуна айхьа тхуна ваIда йина хилларг, нагахь хьо хиллехь элчанех". فَعَقَرُواْ النَّاقَةَ وَعَتَوْاْ عَنْ أَمْرِ رَبِّهِمْ وَقَالُواْ يَا صَالِحُ ائْتِنَا بِمَا تَعِدُنَا إِن كُنتَ مِنَ الْمُرْسَلِينَ
78 Аят
Ирча /мохк/ ласторо схьалецира уьш – уьш Iуьйренга бевлира шайн цIеношкахь /белла/, шайн голаш а, яьххьаш а лаьттах а летта. فَأَخَذَتْهُمُ الرَّجْفَةُ فَأَصْبَحُواْ فِي دَارِهِمْ جَاثِمِينَ
79 Аят
Царах юьстахвелира иза (Салихь)‚ элира: "ХIай сан къам! Ас шуьга дIакхачийра сан Кхиош-Кхобучун элчалалла‚ ас шуна хьехам бира‚ амма шуна хьехамчаш ца беза-кх". فَتَوَلَّى عَنْهُمْ وَقَالَ يَا قَوْمِ لَقَدْ أَبْلَغْتُكُمْ رِسَالَةَ رَبِّي وَنَصَحْتُ لَكُمْ وَلَكِن لاَّ تُحِبُّونَ النَّاصِحِينَ
80 Аят
/Дагавайта хьайн къомана/ ЛутI‚ цо ма аьллера шен къоме: "Сел боьханиг 44 леладо ткъа аш‚ Iаламел цхьа а шеца шул хьалха ваьлла воцу? وَلُوطًا إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ أَتَأْتُونَ الْفَاحِشَةَ مَا سَبَقَكُم بِهَا مِنْ أَحَدٍ مِّن الْعَالَمِينَ
81 Аят
Баккъалла а, шу ду шовкъаца божаршна т1ег1ерташ, зударий а буьтий. Ма т1аламза къам ду-кх шу". إِنَّكُمْ لَتَأْتُونَ الرِّجَالَ شَهْوَةً مِّن دُونِ النِّسَاء بَلْ أَنتُمْ قَوْمٌ مُّسْرِفُونَ
82 Аят
Цуьнан къоман жоп ма ца хилира, цара āлар бен: "Арабāха уьш 45 шайн юьртара – шаьш цIена бу моьттуш нах бу уьш". وَمَا كَانَ جَوَابَ قَوْمِهِ إِلاَّ أَن قَالُواْ أَخْرِجُوهُم مِّن قَرْيَتِكُمْ إِنَّهُمْ أُنَاسٌ يَتَطَهَّرُونَ
83 Аят
Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цхьа зуда йиссалц – и хилла бухайисинчарах /Iазапана чохь/. فَأَنجَيْنَاهُ وَأَهْلَهُ إِلاَّ امْرَأَتَهُ كَانَتْ مِنَ الْغَابِرِينَ
84 Аят
Царна тIе догIа делхийтира Оха – хьажал‚ муха хилла къинош диначеран тIаьхье! وَأَمْطَرْنَا عَلَيْهِم مَّطَرًا فَانظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُجْرِمِينَ
85 Аят
Мадьянашка а церан ваша ШуIайб /вахийтира Оха/. Цо элира: "ХIай сан къам! Далла Iибадат де‚ И воцург кхин дела вац шуна. Шуьга еана шун Кхиош-Кхобучуьнгара билгало: дустар а‚ терза озар а нийса хилийта‚ нахана хIуманаш ма эшае‚ ма даржаде лаьтта тIехь вониг и цIандинчул тIаьхьа. Иза шуна дика ду, шу тешаш хиллехь. وَإِلَى مَدْيَنَ أَخَاهُمْ شُعَيْبًا قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُواْ اللّهَ مَا لَكُم مِّنْ إِلَهٍ غَيْرُهُ قَدْ جَاءتْكُم بَيِّنَةٌ مِّن رَّبِّكُمْ فَأَوْفُواْ الْكَيْلَ وَالْمِيزَانَ وَلاَ تَبْخَسُواْ النَّاسَ أَشْيَاءهُمْ وَلاَ تُفْسِدُواْ فِي الأَرْضِ بَعْدَ إِصْلاَحِهَا ذَلِكُمْ خَيْرٌ لَّكُمْ إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ
86 Аят
Ма ховша (к1елонна) х1ор некъ т1е, /нахана/ кхерамаш а туьйсуш, Делан некъах д1атоьттуш ша Цунах тешна хилларг‚ чIогIа и ганбан а гIерташ. Аш дагадаийта шаьш кIеззиг бен цахилар – Цо (Дала) дебийра шу. Хьовсал шу! Муха хилла вониг динчеран тIаьхье! وَلاَ تَقْعُدُواْ بِكُلِّ صِرَاطٍ تُوعِدُونَ وَتَصُدُّونَ عَن سَبِيلِ اللّهِ مَنْ آمَنَ بِهِ وَتَبْغُونَهَا عِوَجًا وَاذْكُرُواْ إِذْ كُنتُمْ قَلِيلاً فَكَثَّرَكُمْ وَانظُرُواْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُفْسِدِينَ
87 Аят
Шух цхьа тоба ийман диллина хиллехь соьга доссийначуьнга‚ важа тоба ийман ца дуьллуш хиллехь – аш собар де Дала вайна юккъехь цхьа хьукам далц. – Иза хьукам дечарах уггар диканиг ма ву" وَإِن كَانَ طَآئِفَةٌ مِّنكُمْ آمَنُواْ بِالَّذِي أُرْسِلْتُ بِهِ وَطَآئِفَةٌ لَّمْ يْؤْمِنُواْ فَاصْبِرُواْ حَتَّى يَحْكُمَ اللّهُ بَيْنَنَا وَهُوَ خَيْرُ الْحَاكِمِينَ
88 Аят
Цуьнан къомах курабевлачеран элаша элира: "Оха аравоккхур ма ву хьо‚ хIай ШуIайб‚ хьоьца цхьаьна ийман диллинарш а тхан юьртара‚ я шу тхан дине юхадоьрзур ма ду". Цо элира: "Тхо хиллехь безам боцуш 46 ? قَالَ الْمَلأُ الَّذِينَ اسْتَكْبَرُواْ مِن قَوْمِهِ لَنُخْرِجَنَّكَ يَا شُعَيْبُ وَالَّذِينَ آمَنُواْ مَعَكَ مِن قَرْيَتِنَا أَوْ لَتَعُودُنَّ فِي مِلَّتِنَا قَالَ أَوَلَوْ كُنَّا كَارِهِينَ
89 Аят
Далла тIе харцдерг кхоьллина хир ма дара Оха, нагахь санна тхо шун дине юхадирзича (хIинца)‚ Дала тхо цунах хьалхадаьхначул тIаьхьа. Тхуна Цунна тIе духадерзар хир ма дац Далла‚ тхан Кхиош-Кхобучунна‚ лаахь бен. Массо а хIума Iилманца (хаарца) шорта дина тхан Кхиош-Кхобучо. Далла тIетевжина тхо. Тхан Кхиош-Кхобург! Нийсонца дастахь тхуна а‚ тхан къомана а юккъехь дерг‚ Хьо /гIуллакх/ достучарах дика верг ма ву-кх". قَدِ افْتَرَيْنَا عَلَى اللّهِ كَذِبًا إِنْ عُدْنَا فِي مِلَّتِكُم بَعْدَ إِذْ نَجَّانَا اللّهُ مِنْهَا وَمَا يَكُونُ لَنَا أَن نَّعُودَ فِيهَا إِلاَّ أَن يَشَاء اللّهُ رَبُّنَا وَسِعَ رَبُّنَا كُلَّ شَيْءٍ عِلْمًا عَلَى اللّهِ تَوَكَّلْنَا رَبَّنَا افْتَحْ بَيْنَنَا وَبَيْنَ قَوْمِنَا بِالْحَقِّ وَأَنتَ خَيْرُ الْفَاتِحِينَ
90 Аят
Цуьнан къоман цатешначеран элаша элира: "Нагахь шу ШуIайбана тIаьхьахIиттахь, баккъалла а, шу тIаккха /шайна / зен деш ду-кх!" وَقَالَ الْمَلأُ الَّذِينَ كَفَرُواْ مِن قَوْمِهِ لَئِنِ اتَّبَعْتُمْ شُعَيْباً إِنَّكُمْ إِذاً لَّخَاسِرُونَ
91 Аят
ТIаккха /латта/ ластаро схьалецира уьш – Iуьйренга ма бевлира уьш шайн цIеношкахь /белла/, шайн голаш а, яьххьаш а лаьттах а летта. فَأَخَذَتْهُمُ الرَّجْفَةُ فَأَصْبَحُواْ فِي دَارِهِمْ جَاثِمِينَ
92 Аят
ШуIайб харцвинарш /бисира шаьш/ баьхна а хиллий-техьа /шайн цIеношкахь/ аьлла хеташ. ШуIайб харцвинарш хилла-кх шаьш /шайна / зен деш 47 . الَّذِينَ كَذَّبُواْ شُعَيْبًا كَأَن لَّمْ يَغْنَوْاْ فِيهَا الَّذِينَ كَذَّبُواْ شُعَيْبًا كَانُواْ هُمُ الْخَاسِرِينَ
93 Аят
И дIавирзира царах‚ элира: "Сан къам! Сан Кхиош-Кхобучун элчаналла шуьга дIакхачина-кх ас‚ шуна хьехам а бина-кх. Ас муха синтем бойур бу цатешачу къомана дуьхьа?" فَتَوَلَّى عَنْهُمْ وَقَالَ يَا قَوْمِ لَقَدْ أَبْلَغْتُكُمْ رِسَالاَتِ رَبِّي وَنَصَحْتُ لَكُمْ فَكَيْفَ آسَى عَلَى قَوْمٍ كَافِرِينَ
94 Аят
Оха ца вахийтина /цхьанна/ юьрта цхьа а пайхамар шен охIла баланашца а‚ халонашца а схьалуьйцуш бен‚ уьш хьастлур бацара-те /Далла/? وَمَا أَرْسَلْنَا فِي قَرْيَةٍ مِّن نَّبِيٍّ إِلاَّ أَخَذْنَا أَهْلَهَا بِالْبَأْسَاء وَالضَّرَّاء لَعَلَّهُمْ يَضَّرَّعُونَ
95 Аят
ТIаккха вочунна метта диканиг хийцира Оха 48 уьш совбуьйлуш 49 ‚ цара элира: "Вайн дайх а хьакхаделла халахетарш а, хазахетарш а". ТIаккха Оха цIеххьана схьалецира уьш /Iазапаца/, царна хаа ца луш. ثُمَّ بَدَّلْنَا مَكَانَ السَّيِّئَةِ الْحَسَنَةَ حَتَّى عَفَواْ وَّقَالُواْ قَدْ مَسَّ آبَاءنَا الضَّرَّاء وَالسَّرَّاء فَأَخَذْنَاهُم بَغْتَةً وَهُمْ لاَ يَشْعُرُونَ
96 Аят
Яртийн охIлано ийман диллинехьара‚ /Делах/ кхийринехьара – царна стиглара а‚ лаьттара а ниIматаш схьадиллина хир ма дара Оха‚ делахь а, харцдина-кх цара /дин/. ТIаккха Оха схьалийцира уьш шаьш карадеш хиллачуьнца 50 . وَلَوْ أَنَّ أَهْلَ الْقُرَى آمَنُواْ وَاتَّقَواْ لَفَتَحْنَا عَلَيْهِم بَرَكَاتٍ مِّنَ السَّمَاء وَالأَرْضِ وَلَكِن كَذَّبُواْ فَأَخَذْنَاهُم بِمَا كَانُواْ يَكْسِبُونَ
97 Аят
Тешна буй-те яртийн бахархой Тхан Iазап шайна тIе буса цадарна, шаьш наб еш лаьтташ болуш? أَفَأَمِنَ أَهْلُ الْقُرَى أَن يَأْتِيَهُمْ بَأْسُنَا بَيَاتاً وَهُمْ نَآئِمُونَ
98 Аят
Я тешна буй-те яртийн бахархой Тхан Iазап шайна тIе цадарах Iуьйранна, шаьш ловзуш болуш? أَوَ أَمِنَ أَهْلُ الْقُرَى أَن يَأْتِيَهُمْ بَأْسُنَا ضُحًى وَهُمْ يَلْعَبُونَ
99 Аят
Делан мекарлонах 51 (кхерам цахиларах) тешна бу-те уьш? Делан мекарлонах (кхерам цахиларах) тешна хир ма дац /шена/ зен деш долу къам бен. أَفَأَمِنُواْ مَكْرَ اللّهِ فَلاَ يَأْمَنُ مَكْرَ اللّهِ إِلاَّ الْقَوْمُ الْخَاسِرُونَ
100 Аят
И латта, шен дай /шайн къинош бахьанехь Дала х1аллакбинчул/ т1аьхьа, шайна ирсана кхаьчначарна билгал ца даьлла-те, Оха Тхайна лиъча, шайн къинош бахьанехь шайна таIзар дийр дуйла? Церан дегний тIе мухIар туху Оха – царна ца хеза. أَوَلَمْ يَهْدِ لِلَّذِينَ يَرِثُونَ الأَرْضَ مِن بَعْدِ أَهْلِهَا أَن لَّوْ نَشَاء أَصَبْنَاهُم بِذُنُوبِهِمْ وَنَطْبَعُ عَلَى قُلُوبِهِمْ فَهُمْ لاَ يَسْمَعُونَ
101 Аят
Оцу яртийн хабарех дуьйцу Оха хьоьга. Цаьрга баьхкира Тхан элчанаш билгалонашца‚ уьш ца хилира тешар болуш шаьш хьалха харцдинчух. Иштта мухIар туху Дала цатешачеран дегнашна тIе. تِلْكَ الْقُرَى نَقُصُّ عَلَيْكَ مِنْ أَنبَآئِهَا وَلَقَدْ جَاءتْهُمْ رُسُلُهُم بِالْبَيِّنَاتِ فَمَا كَانُواْ لِيُؤْمِنُواْ بِمَا كَذَّبُواْ مِن قَبْلُ كَذَلِكَ يَطْبَعُ اللّهُ عَلَىَ قُلُوبِ الْكَافِرِينَ
102 Аят
Царах дукхахболчеран Тхуна ца карийра ваIда 52 кхочушъяр‚ Тхуна ма карийра царах дукхахберш песакъ нах. وَمَا وَجَدْنَا لأَكْثَرِهِم مِّنْ عَهْدٍ وَإِن وَجَدْنَا أَكْثَرَهُمْ لَفَاسِقِينَ
103 Аят
ТIаккха царал тIаьхьа ФирIавна а‚ цуьнан элашна а тIе Муса вахийтира Оха Тхешан аяташца – цаьрца зулам дира цара 53 . Хьажал‚ муха хилла боьханиг дечеран т1аьхье! ثُمَّ بَعَثْنَا مِن بَعْدِهِم مُّوسَى بِآيَاتِنَا إِلَى فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ فَظَلَمُواْ بِهَا فَانظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُفْسِدِينَ
104 Аят
Мусас элира: "ХIай ФирIавн! Баккъалла а, со ву Iаламийн Кхиош-Кхобучуьнгара элча. وَقَالَ مُوسَى يَا فِرْعَوْنُ إِنِّي رَسُولٌ مِّن رَّبِّ الْعَالَمِينَ
105 Аят
Хьакъ ву со Далла тIехь бакъдерг бен ца āла. Со веана шуьга шун Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонца‚ соьца д1абахкийта 54 Исраилан кIентий". حَقِيقٌ عَلَى أَن لاَّ أَقُولَ عَلَى اللّهِ إِلاَّ الْحَقَّ قَدْ جِئْتُكُم بِبَيِّنَةٍ مِّن رَّبِّكُمْ فَأَرْسِلْ مَعِيَ بَنِي إِسْرَائِيلَ
106 Аят
Цо 55 элира: "Хьо веана хиллехь делилаца‚ схьало и, хьо бакълуьйчарах хиллехь". قَالَ إِن كُنتَ جِئْتَ بِآيَةٍ فَأْتِ بِهَا إِن كُنتَ مِنَ الصَّادِقِينَ
107 Аят
ТIаккха /Мусас/ шен Iаса охьакхоьссира – цунах билггала текхарг хилира. فَأَلْقَى عَصَاهُ فَإِذَا هِيَ ثُعْبَانٌ مُّبِينٌ
108 Аят
ТIаккха цо шен /кисанара/ куьг схьадаьккхира– и хьоьжучарна шурул- кIайн хилира. وَنَزَعَ يَدَهُ فَإِذَا هِيَ بَيْضَاء لِلنَّاظِرِينَ
109 Аят
ФирIавнан къоман элаша элира: "Баккъалла а, хIара ву говза бозбуунча. قَالَ الْمَلأُ مِن قَوْمِ فِرْعَوْنَ إِنَّ هَذَا لَسَاحِرٌ عَلِيمٌ
110 Аят
Шу шайн лаьттара арадāха лууш ву иза – хIун омра до аш?" يُرِيدُ أَن يُخْرِجَكُم مِّنْ أَرْضِكُمْ فَمَاذَا تَأْمُرُونَ
111 Аят
Цара элира: "Бухасацаве иза а‚ цуьнан ваша а (цхьа жимма)‚ бахийта гIаланашка гуламхой 56 . قَالُواْ أَرْجِهْ وَأَخَاهُ وَأَرْسِلْ فِي الْمَدَآئِنِ حَاشِرِينَ
112 Аят
Хьуна тIе валойла цара массо а говза бозбуунча". يَأْتُوكَ بِكُلِّ سَاحِرٍ عَلِيمٍ
113 Аят
ФирIавнан бозбуунчаш баьхкира‚ цара элира: "Баккъалла а, тхуна мах хир буй, тхо хиллехь тоьлларш?" وَجَاء السَّحَرَةُ فِرْعَوْنَ قَالْواْ إِنَّ لَنَا لأَجْرًا إِن كُنَّا نَحْنُ الْغَالِبِينَ
114 Аят
Цо (ФирIавна) элира: "ХIаъ‚ баккъалла а, шу хир ду-кх (суна) гергарчарах". قَالَ نَعَمْ وَإَنَّكُمْ لَمِنَ الْمُقَرَّبِينَ
115 Аят
Цара элира: "ХIай Муса! Ахь кхуссу (хьалха)‚ я тхо хир ду кхуссурш (хьалха)?" قَالُواْ يَا مُوسَى إِمَّا أَن تُلْقِيَ وَإِمَّا أَن نَّكُونَ نَحْنُ الْمُلْقِينَ
116 Аят
Цо элира: "Аш кхосса". Цара кхоьссича, нехан бIаьргашна бозбуунчалла хилира‚ чIогIа кхерийра цара уьш‚ деза доккха бозбуунчалла деара цара". قَالَ أَلْقُوْاْ فَلَمَّا أَلْقَوْاْ سَحَرُواْ أَعْيُنَ النَّاسِ وَاسْتَرْهَبُوهُمْ وَجَاءوا بِسِحْرٍ عَظِيمٍ
117 Аят
Мусага хаийтира Оха хьайн Iаса кхосса‚ аьлла. ТIаккха цо сихха кхаьллина дIаяхийтира цара сурт хIоттийнарг. وَأَوْحَيْنَا إِلَى مُوسَى أَنْ أَلْقِ عَصَاكَ فَإِذَا هِيَ تَلْقَفُ مَا يَأْفِكُونَ
118 Аят
Гучуделира бакъдерг‚ харц хилира цара деш хилларг. فَوَقَعَ الْحَقُّ وَبَطَلَ مَا كَانُواْ يَعْمَلُونَ
119 Аят
Цигахь эшийра уьш‚ сийсазхилла дIахььвзира уьш. فَغُلِبُواْ هُنَالِكَ وَانقَلَبُواْ صَاغِرِينَ
120 Аят
Бозбуунчаш сужудане охьабахийтира. وَأُلْقِيَ السَّحَرَةُ سَاجِدِينَ
121 Аят
Цара элира: "Оха ийман дилли массо а Iаламан Кхиош-Кхобучуьнга‚ قَالُواْ آمَنَّا بِرِبِّ الْعَالَمِينَ
122 Аят
Мусан а, ХIарунан а Кхиош-Кхобучуьнга". رَبِّ مُوسَى وَهَارُونَ
123 Аят
ФирIавна элира: "Аш ийман дилли цуьнга, ас шайна пурба далале ?! Баккъалла а, иза мекарло ю-кх‚ аш шаьш йина гIалина чуьра нах арабāхархьама‚ тIаьхьа хуур ду шуна. قَالَ فِرْعَوْنُ آمَنتُم بِهِ قَبْلَ أَن آذَنَ لَكُمْ إِنَّ هَذَا لَمَكْرٌ مَّكَرْتُمُوهُ فِي الْمَدِينَةِ لِتُخْرِجُواْ مِنْهَا أَهْلَهَا فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ
124 Аят
Шун куьйгаш а‚ когаш а хедонза буьтур ма бац ас дуьхь-дуьхьала 57 ‚ тIаккха шу дерриге а ирхъухкур ду ас". لأُقَطِّعَنَّ أَيْدِيَكُمْ وَأَرْجُلَكُم مِّنْ خِلاَفٍ ثُمَّ لأُصَلِّبَنَّكُمْ أَجْمَعِينَ
125 Аят
Цара элира: "Баккъалла а, тхо тхан Кхиош-Кхобучуьнга дIадоьрзур ду. قَالُواْ إِنَّا إِلَى رَبِّنَا مُنقَلِبُونَ
126 Аят
Ахь тхоьгара бекхам оьцуш ма бац тхо тхан Кхиош-Кхобучун аятех тешна аьлла бен, уьш тхоьга деъначул тIаьхьа. Тхан Кхиош-Кхобург! Тхуна собар лолахь‚ тхо Ахь далийталахь (хьуна) муьт1ахь 58 хилла". وَمَا تَنقِمُ مِنَّا إِلاَّ أَنْ آمَنَّا بِآيَاتِ رَبِّنَا لَمَّا جَاءتْنَا رَبَّنَا أَفْرِغْ عَلَيْنَا صَبْرًا وَتَوَفَّنَا مُسْلِمِينَ
127 Аят
ФирIавнан къоман элаша элира: "Муса а‚ цуьнан къам а дуьту ахь лаьттахь телхина хIуманаш дан‚ цо хьо а‚ хьан деланаш а дIатаса 59 ?" Цо элира: "ТIаьхьа вай бойур бу церан кIентий‚ дийна буьтур бу церан зударий‚ баккъалла а, вай царна тIехь ницкъ болуш ма ду". وَقَالَ الْمَلأُ مِن قَوْمِ فِرْعَونَ أَتَذَرُ مُوسَى وَقَوْمَهُ لِيُفْسِدُواْ فِي الأَرْضِ وَيَذَرَكَ وَآلِهَتَكَ قَالَ سَنُقَتِّلُ أَبْنَاءهُمْ وَنَسْتَحْيِي نِسَاءهُمْ وَإِنَّا فَوْقَهُمْ قَاهِرُونَ
128 Аят
Мусас шен къоме элира: "Делаца гIо лаха аш‚ собар делаш‚ лаьтта Делан ду – Цо ирсана ло и Шен лех Шена луучунна, тIаьхье /Делах/ кхоьручарна ю". قَالَ مُوسَى لِقَوْمِهِ اسْتَعِينُوا بِاللّهِ وَاصْبِرُواْ إِنَّ الأَرْضَ لِلّهِ يُورِثُهَا مَن يَشَاء مِنْ عِبَادِهِ وَالْعَاقِبَةُ لِلْمُتَّقِينَ
129 Аят
Цара 60 элира: "Лазарш (бохамаш) дина тхуна хьалха хьо тхоьга вāле а‚ хьо тхоьга веъначул тIаьхьа а". Цо элира: "Шу кхиош-кхобуш Волчо шун мостагI хIаллакван мега‚ лаьттахь верасаш шу а хуьлуьйтуш – тIаккха Иза хьожур ву, шу муха 1амал еш хир ду ". قَالُواْ أُوذِينَا مِن قَبْلِ أَن تَأْتِينَا وَمِن بَعْدِ مَا جِئْتَنَا قَالَ عَسَى رَبُّكُمْ أَن يُهْلِكَ عَدُوَّكُمْ وَيَسْتَخْلِفَكُمْ فِي الأَرْضِ فَيَنظُرَ كَيْفَ تَعْمَلُونَ
130 Аят
ФирIавнан доьзал схьалецира Оха шерашкахь /йокъанца/ а‚ стоьмаш эшорца а – цара ойла ян там бара. وَلَقَدْ أَخَذْنَا آلَ فِرْعَونَ بِالسِّنِينَ وَنَقْصٍ مِّن الثَّمَرَاتِ لَعَلَّهُمْ يَذَّكَّرُونَ
131 Аят
Шайга диканиг деъча‚ цара олура: "ХIара тхуна ду" 61 . Шайх вониг хьакхаделча‚ Мусана а, цуьнца болчарна а т1е вон туьдура цара и 62 . Сема хилалаш: баккъалла а, царах хьакхалуш дерг (диканиг а, вониг а – дерриге а) Делера ма ду. Делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу. فَإِذَا جَاءتْهُمُ الْحَسَنَةُ قَالُواْ لَنَا هَذِهِ وَإِن تُصِبْهُمْ سَيِّئَةٌ يَطَّيَّرُواْ بِمُوسَى وَمَن مَّعَهُ أَلا إِنَّمَا طَائِرُهُمْ عِندَ اللّهُ وَلَكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لاَ يَعْلَمُونَ
132 Аят
Цара (ФарIавнан наха) элира: "Муьлхха а делил ахь тхуна дāладахь а, тхуна шеца бозбуунчалла дархьама‚ тхо хьох тешар долуш дац хьуна". وَقَالُواْ مَهْمَا تَأْتِنَا بِهِ مِن آيَةٍ لِّتَسْحَرَنَا بِهَا فَمَا نَحْنُ لَكَ بِمُؤْمِنِينَ
133 Аят
Оха царна тIехьажийра хи тIедалар а‚ цIоз а‚ мезий а‚ пхьидаш а‚ цIий а къегина делилаш а хилла – тIаккха а куралла йира цара‚ царах хилира къинош деш долу къам. فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمُ الطُّوفَانَ وَالْجَرَادَ وَالْقُمَّلَ وَالضَّفَادِعَ وَالدَّمَ آيَاتٍ مُّفَصَّلاَتٍ فَاسْتَكْبَرُواْ وَكَانُواْ قَوْمًا مُّجْرِمِينَ
134 Аят
Шайна тIе Iазап доьжча‚ цара элира: "ХIай Муса! Деха тхуна хьан Кхиош-Кхобучуьнга хъоьца Шен ваIда хилларг (Iазап айде, тхо хьох тешча). Нагахь ахь тхуна тIера хIара Iазап айдахь‚ хьох тешанза а Iийр ма дац тхо‚ хьоьца Исраилан кIентий а бохкуьйтур ма бу Оха". وَلَمَّا وَقَعَ عَلَيْهِمُ الرِّجْزُ قَالُواْ يَا مُوسَى ادْعُ لَنَا رَبَّكَ بِمَا عَهِدَ عِندَكَ لَئِن كَشَفْتَ عَنَّا الرِّجْزَ لَنُؤْمِنَنَّ لَكَِِ وَلَنُرْسِلَنَّ مَعَكَ بَنِي إِسْرَآئِيلَ
135 Аят
Оха шайна тIера Iазап шаьш /хIорда бухабохуьйту/ хан тIекхаччалц айдича, цара шайца бина хилла болу барт бохабо. فَلَمَّا كَشَفْنَا عَنْهُمُ الرِّجْزَ إِلَى أَجَلٍ هُم بَالِغُوهُ إِذَا هُمْ يَنكُثُونَ
136 Аят
ТIаккха Оха цаьргара бекхам ийцира. Оха уьш хIорда бухабахийтира уьш хиларна Тхан аяташ харцдеш‚ уьш хиларна уьш тергал ца деш. فَانتَقَمْنَا مِنْهُمْ فَأَغْرَقْنَاهُمْ فِي الْيَمِّ بِأَنَّهُمْ كَذَّبُواْ بِآيَاتِنَا وَكَانُواْ عَنْهَا غَافِلِينَ
137 Аят
Оха ирсана елира заьIап хиллачу къомана шайна чохь/даха/ беркате хилийтина йолу дуьненан малхбаленаш а‚ цуьнан малхбузенаш а. Исраилан кIенташна тIехь кхочушхилира хьан Кхиош-Кхобучун хаза дош цара собар дарна. Оха дохийна дIадахийтира ФирIавна а‚ цуьнан къомо а деш хилларг а‚ цара хьалах1иттош хилларг а 63 . وَأَوْرَثْنَا الْقَوْمَ الَّذِينَ كَانُواْ يُسْتَضْعَفُونَ مَشَارِقَ الأَرْضِ وَمَغَارِبَهَا الَّتِي بَارَكْنَا فِيهَا وَتَمَّتْ كَلِمَتُ رَبِّكَ الْحُسْنَى عَلَى بَنِي إِسْرَآئِيلَ بِمَا صَبَرُواْ وَدَمَّرْنَا مَا كَانَ يَصْنَعُ فِرْعَوْنُ وَقَوْمُهُ وَمَا كَانُواْ يَعْرِشُونَ
138 Аят
Оха Исраилан кIентий хIорда дехьабехира. ТIаккха уьш кхечира цхьана шайн ц1ушна Iибадат деш долчу къомана тIе‚ цара (Исраилан кIенташа) элира: "ХIай Муса! Тхуна Дела хилийта, церан деланаш санна". Цо (Мусас) элира: "Баккъалла а, ма жехIал 64 къам ду-кх шу. وَجَاوَزْنَا بِبَنِي إِسْرَآئِيلَ الْبَحْرَ فَأَتَوْاْ عَلَى قَوْمٍ يَعْكُفُونَ عَلَى أَصْنَامٍ لَّهُمْ قَالُواْ يَا مُوسَى اجْعَل لَّنَا إِلَهًا كَمَا لَهُمْ آلِهَةٌ قَالَ إِنَّكُمْ قَوْمٌ تَجْهَلُونَ
139 Аят
Баккъалла а, хIорш шаьш хиллачохь хIаллакхир бу‚ харц ду цара деш хилларг". إِنَّ هَؤُلاء مُتَبَّرٌ مَّا هُمْ فِيهِ وَبَاطِلٌ مَّا كَانُواْ يَعْمَلُونَ
140 Аят
Цо (Мусас) элира: "АллахI (цхьа Дела) воцург кхин дела лоху ткъа ас шуна? Цо шу даз ма дина /ниIматашца массо а/ Iаламел. قَالَ أَغَيْرَ اللّهِ أَبْغِيكُمْ إِلَهًا وَهُوَ فَضَّلَكُمْ عَلَى الْعَالَمِينَ
141 Аят
Дагадайта /х1ай Исраилан к1ентий/: Цо к1елхьар ма дехира шу ФирIавнан доьзалх‚ шуна боьха Iазап латтош хилла болчу. Цара бойура шун кIентий‚ дийна буьтура /шайна бацо/ шун зударий. Шуна цу чохь шун сийлахь-веза волчу Кхиош-Кхобучуьнгара зер 65 ма ду. وَإِذْ أَنجَيْنَاكُم مِّنْ آلِ فِرْعَونَ يَسُومُونَكُمْ سُوَءَ الْعَذَابِ يُقَتِّلُونَ أَبْنَاءكُمْ وَيَسْتَحْيُونَ نِسَاءكُمْ وَفِي ذَلِكُم بَلاء مِّن رَّبِّكُمْ عَظِيمٌ
142 Аят
ТIаккха Оха Мусаца ваIда йира ткъе итт буьйсанца‚ уьш кхочушхилийтира Оха иттанца. Цуьнан Кхиош-Кхобучун тоьхна хан кхочушхилира шовзткъа буьйсанца 66 . ТIаккха Мусас элира шен вешига ХIаруне: "Сан метта виса сан къомаца‚ маслахьат (диканиг) де‚ боьханиг дечеран новкъа ма хIотталахь". وَوَاعَدْنَا مُوسَى ثَلاَثِينَ لَيْلَةً وَأَتْمَمْنَاهَا بِعَشْرٍ فَتَمَّ مِيقَاتُ رَبِّهِ أَرْبَعِينَ لَيْلَةً وَقَالَ مُوسَى لأَخِيهِ هَارُونَ اخْلُفْنِي فِي قَوْمِي وَأَصْلِحْ وَلاَ تَتَّبِعْ سَبِيلَ الْمُفْسِدِينَ
143 Аят
Оха билгалъяьккхинчу меттиге веъча‚ шен Кхиош-Кхобучо шеца къамел дича‚ Мусас элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ суна Хьуо гайтахь – Хьоьга хьожур вара со!". Цо элира: "Со гур ма вац хьуна‚ делахь а, хьажахь дIо ламане‚ цуьнан меттиг чIагIлахь – тIаккха Со гур ву хьуна". Цуьнан Кхиош-Кхобург ламанна гучуваьлча‚ Цо и аьтта дIабахийтира‚ Муса, эсах а ваьлла, вуьйжира. ТIаккха ша меттавеъча‚ цо элира: "Хьо вонах цIанво ас 67 ‚ ас тōба ди Хьоьга‚ со ву-кх тешачарах хьалхарниг". وَلَمَّا جَاء مُوسَى لِمِيقَاتِنَا وَكَلَّمَهُ رَبُّهُ قَالَ رَبِّ أَرِنِي أَنظُرْ إِلَيْكَ قَالَ لَن تَرَانِي وَلَكِنِ انظُرْ إِلَى الْجَبَلِ فَإِنِ اسْتَقَرَّ مَكَانَهُ فَسَوْفَ تَرَانِي فَلَمَّا تَجَلَّى رَبُّهُ لِلْجَبَلِ جَعَلَهُ دَكًّا وَخَرَّ موسَى صَعِقًا فَلَمَّا أَفَاقَ قَالَ سُبْحَانَكَ تُبْتُ إِلَيْكَ وَأَنَاْ أَوَّلُ الْمُؤْمِنِينَ
144 Аят
Цо (Дала) элира: "ХIай Муса! Баккъалла а, Ас хьо хаьржина нахал Сан элчаллица‚ Сан къамелаца 68 ‚ дIалаца Ас хьайга делларг‚ хьо хила шукур дечарах". قَالَ يَا مُوسَى إِنِّي اصْطَفَيْتُكَ عَلَى النَّاسِ بِرِسَالاَتِي وَبِكَلاَمِي فَخُذْ مَا آتَيْتُكَ وَكُن مِّنَ الشَّاكِرِينَ
145 Аят
Оха яздира цунна аьнний чохь хIор хIуманах хьехам а‚ хIор хIуманна къастор а, /олуш/: "ДIаэца и ницкъица‚ хьан къоме а омра де, дIалаца алий цуьнан уггар хазаниг. Ас тIаьхьа гойтур ду шуьга песакъ нехан цIа" 69 . وَكَتَبْنَا لَهُ فِي الأَلْوَاحِ مِن كُلِّ شَيْءٍ مَّوْعِظَةً وَتَفْصِيلاً لِّكُلِّ شَيْءٍ فَخُذْهَا بِقُوَّةٍ وَأْمُرْ قَوْمَكَ يَأْخُذُواْ بِأَحْسَنِهَا سَأُرِيكُمْ دَارَ الْفَاسِقِينَ
146 Аят
ТIаьхьа Ас Сан аятех д1аберзор бу 70 лаьттахь, бовла хьакъ боцуш, курабевлла хилларш. Муьлхха а делил гича а – цунах ца теша уьш‚ нийсонан некъ гича а – и некъ бой тIе ца лоцу цара‚ тиларан некъ гича – и некъ бой тIелоцу цара‚ иза цара Тхан аяташ харцдина дела ду‚ уьш царах гIопал 71 хилла дела ду. سَأَصْرِفُ عَنْ آيَاتِيَ الَّذِينَ يَتَكَبَّرُونَ فِي الأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ وَإِن يَرَوْاْ كُلَّ آيَةٍ لاَّ يُؤْمِنُواْ بِهَا وَإِن يَرَوْاْ سَبِيلَ الرُّشْدِ لاَ يَتَّخِذُوهُ سَبِيلاً وَإِن يَرَوْاْ سَبِيلَ الْغَيِّ يَتَّخِذُوهُ سَبِيلاً ذَلِكَ بِأَنَّهُمْ كَذَّبُواْ بِآيَاتِنَا وَكَانُواْ عَنْهَا غَافِلِينَ
147 Аят
Тхан аяташ а‚ эхартаца цхьаьнакхетар а харцдинарш – церан Iамалш хIаллакхилла. Шаьш еш хиллачу Iамалашца а бен бекхам хир буй царна?! وَالَّذِينَ كَذَّبُواْ بِآيَاتِنَا وَلِقَاء الآخِرَةِ حَبِطَتْ أَعْمَالُهُمْ هَلْ يُجْزَوْنَ إِلاَّ مَا كَانُواْ يَعْمَلُونَ
148 Аят
Мусан къомо и /Делаца къамел дан/ ваханчул тIаьхьа гIозарех а‚ мухIарех эса 72 дира шен дегI а‚ аз а долуш. Царна ца го техьа‚ цо цаьрца къамел ма ца дой‚ /нийсачу/ новкъа а нис ма ца бо цо уьш? Цара и лецира / Дела а витина, Iибадат дан/, – уьш зуламхой хилира. وَاتَّخَذَ قَوْمُ مُوسَى مِن بَعْدِهِ مِنْ حُلِيِّهِمْ عِجْلاً جَسَدًا لَّهُ خُوَارٌ أَلَمْ يَرَوْاْ أَنَّهُ لاَ يُكَلِّمُهُمْ وَلاَ يَهْدِيهِمْ سَبِيلاً اتَّخَذُوهُ وَكَانُواْ ظَالِمِينَ
149 Аят
ТIаккха уьш дохкобевлла‚ хIун дийр ду ца хууш болуш‚ царна гича шаьш тиладелла хилар‚ цара элира: "Вай Кхиош-Кхобучо вайх къинхетам ца бахь‚ Цо вайна геч ца дахь – вай хир ма ду эшначарах". وَلَمَّا سُقِطَ فَي أَيْدِيهِمْ وَرَأَوْاْ أَنَّهُمْ قَدْ ضَلُّواْ قَالُواْ لَئِن لَّمْ يَرْحَمْنَا رَبُّنَا وَيَغْفِرْ لَنَا لَنَكُونَنَّ مِنَ الْخَاسِرِينَ
150 Аят
Муса шен къомана тIе юхавирзича‚ ша оьгIазвахана‚ чIогIа пошме хилла‚ элира: "Ма вон хIума ду-кх аш суна кхоьллинарг сол тIаьхьа (со воцуш). Сихлой 73 ткъа шайн Кхиош-Кхобучун гIуллакхехь?" Шегара аннаш 74 охьакхиссира цо‚ шен вешин корта (-н месаш) шена тIе озийра цо. Элира /ХIаруна/: "ХIай сан ненан кIант 75 ! Цу къомо со заьIап ма ви‚ со вен герга ма хилла уьш‚ мостагIий баккхий ма белахь суна‚ зуламе къомаца ма хилийталахь со". وَلَمَّا رَجَعَ مُوسَى إِلَى قَوْمِهِ غَضْبَانَ أَسِفًا قَالَ بِئْسَمَا خَلَفْتُمُونِي مِن بَعْدِيَ أَعَجِلْتُمْ أَمْرَ رَبِّكُمْ وَأَلْقَى الألْوَاحَ وَأَخَذَ بِرَأْسِ أَخِيهِ يَجُرُّهُ إِلَيْهِ قَالَ ابْنَ أُمَّ إِنَّ الْقَوْمَ اسْتَضْعَفُونِي وَكَادُواْ يَقْتُلُونَنِي فَلاَ تُشْمِتْ بِيَ الأعْدَاء وَلاَ تَجْعَلْنِي مَعَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ
151 Аят
Элира /Мусас/: "Со Кхиош-Кхобург! Гечделахь суна а‚ сан вешина а‚ Хьан къинхетамна чудохкалахь тхо. Хьо ву-кх уггар къинхетаме верг". قَالَ رَبِّ اغْفِرْ لِي وَلأَخِي وَأَدْخِلْنَا فِي رَحْمَتِكَ وَأَنتَ أَرْحَمُ الرَّاحِمِينَ
152 Аят
Баккъалла а, эса лаьцнарш /шайн дела вина/ – шайн Кхиош-Кхобучуьнгара оьгIазло кхуьур ма ю царах‚ сийсазалла а /ю царна/ дуьненан дахарехь. Иштта бекхам бо Оха харцдерг кхуллучарна. إِنَّ الَّذِينَ اتَّخَذُواْ الْعِجْلَ سَيَنَالُهُمْ غَضَبٌ مِّن رَّبِّهِمْ وَذِلَّةٌ فِي الْحَياةِ الدُّنْيَا وَكَذَلِكَ نَجْزِي الْمُفْتَرِينَ
153 Аят
Вониг (къинош) динарш‚ тIаккха цул тIаьхьа тōба а дина, ийман диллинарш, – баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург цул тIаьхьа /царна/ гечдеш верг ма ву‚ къинхетам беш верг ма ву. وَالَّذِينَ عَمِلُواْ السَّيِّئَاتِ ثُمَّ تَابُواْ مِن بَعْدِهَا وَآمَنُواْ إِنَّ رَبَّكَ مِن بَعْدِهَا لَغَفُورٌ رَّحِيمٌ
154 Аят
Муса оьгIазаллах ваставелча, аннаш 76 схьаийцира цо‚ церан йозаний чохь бара нийса некъ а‚ къинхетам а шен Кхиош-Кхобучух кхоьруш болчарна. وَلَمَّا سَكَتَ عَن مُّوسَى الْغَضَبُ أَخَذَ الأَلْوَاحَ وَفِي نُسْخَتِهَا هُدًى وَرَحْمَةٌ لِّلَّذِينَ هُمْ لِرَبِّهِمْ يَرْهَبُونَ
155 Аят
Мусас шен къомах кхузткъе итт стаг хаьржира Тхьоца цхьаьнакхетарна 77 . ТIаккха чIогIачу латталастаро уьш схьалецча‚ цо элира: "Со Кхиош–кхобург‚ Хьайна лиъна хиллехьара, Ахь хьалха хIаллакбина хир бара уьш а‚ со а. Тхо хIаллакдо Ахь тхох /цхьаболчу/ Iовдалша лелийначуьнца? Иза хьан питана ма дуй‚ Ахь шеца Хьайна луург тилош‚ Хьайна луург нисвеш долу. Хьо ву-кх тхан доладийриг (вали)‚ гечдехьа тхуна‚ къинхетам бехьа тхох‚ Хьо ву-кх гечдечарах уггар дика верг. وَاخْتَارَ مُوسَى قَوْمَهُ سَبْعِينَ رَجُلاً لِّمِيقَاتِنَا فَلَمَّا أَخَذَتْهُمُ الرَّجْفَةُ قَالَ رَبِّ لَوْ شِئْتَ أَهْلَكْتَهُم مِّن قَبْلُ وَإِيَّايَ أَتُهْلِكُنَا بِمَا فَعَلَ السُّفَهَاء مِنَّا إِنْ هِيَ إِلاَّ فِتْنَتُكَ تُضِلُّ بِهَا مَن تَشَاء وَتَهْدِي مَن تَشَاء أَنتَ وَلِيُّنَا فَاغْفِرْ لَنَا وَارْحَمْنَا وَأَنتَ خَيْرُ الْغَافِرِينَ
156 Аят
Яздехьа тхуна хIокху дуьненахь диканиг‚ эхартахь а /диканиг/‚ баккъалла а, тхо нисделла-кх Хьоьга". Цо /Дала/ элира: "Сан Iазап Ас кхиор ду Сайна луучух‚ Сан къинхетамо массо а хIума шена чулаьцна – тIаьхьа Ас дIаязбийр бу и /къинхетам/ шаьш /къинах/ кхоьруш болчарна‚ закат луш болчарна‚ шаьш Тхан аятех тешаш болчарна. وَاكْتُبْ لَنَا فِي هَذِهِ الدُّنْيَا حَسَنَةً وَفِي الآخِرَةِ إِنَّا هُدْنَا إِلَيْكَ قَالَ عَذَابِي أُصِيبُ بِهِ مَنْ أَشَاء وَرَحْمَتِي وَسِعَتْ كُلَّ شَيْءٍ فَسَأَكْتُبُهَا لِلَّذِينَ يَتَّقُونَ وَيُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَالَّذِينَ هُم بِآيَاتِنَا يُؤْمِنُونَ
157 Аят
Ишттанаш бу уьш шаьш тIаьхьахIуьттуш элчанна-пайхамарна йоза-дешар ца хууш волчу 78 ‚ шех лаьцна яздина шайна карош шайн гергахь Таврата чохь‚ Инжила чохь‚ ша царна "Диканиг де!" олуш волу‚ вочух уьш духатухуш волу‚ цIена дерг царна хьанал деш волу‚ боьханиг шайна хьарам деш волу‚ царна тIера деза хIуманаш а‚ буржолаш а ша дIадохуш 79 волу. Цунах 80 тешнарш‚ и лийринарш‚ цунна гIо динарш‚ цуьнца доссийна долчу нуьрана (Къуръанна) тIаьхьахIиттинарш – уьш бу баккхийбуьйр берш. الَّذِينَ يَتَّبِعُونَ الرَّسُولَ النَّبِيَّ الأُمِّيَّ الَّذِي يَجِدُونَهُ مَكْتُوبًا عِندَهُمْ فِي التَّوْرَاةِ وَالإِنْجِيلِ يَأْمُرُهُم بِالْمَعْرُوفِ وَيَنْهَاهُمْ عَنِ الْمُنكَرِ وَيُحِلُّ لَهُمُ الطَّيِّبَاتِ وَيُحَرِّمُ عَلَيْهِمُ الْخَبَآئِثَ وَيَضَعُ عَنْهُمْ إِصْرَهُمْ وَالأَغْلاَلَ الَّتِي كَانَتْ عَلَيْهِمْ فَالَّذِينَ آمَنُواْ بِهِ وَعَزَّرُوهُ وَنَصَرُوهُ وَاتَّبَعُواْ النُّورَ الَّذِيَ أُنزِلَ مَعَهُ أُوْلَئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
158 Аят
Ахь āла: "ХIай нах! Баккъалла а, со Делан элча ву шуьга массаьрга а‚ Иза ву стигалийн а‚ лаьттан а паччахьлла Шен долахь дерг. Кхин дела вац И воцург‚ /массо са долу х1ума а, нах а/ денбо Цо‚ болуьйту Цо. Теша шу Делах а‚ Цуьнан элча-пайхамарах а‚ йоза-дешар ца хууш волчу‚ ша тешаш волчу Делах а‚ цуьнан дешнех а. ТIаьхьахIитта цунна – шу нийсачу новкъа довла там бара". قُلْ يَا أَيُّهَا النَّاسُ إِنِّي رَسُولُ اللّهِ إِلَيْكُمْ جَمِيعًا الَّذِي لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ لا إِلَهَ إِلاَّ هُوَ يُحْيِي وَيُمِيتُ فَآمِنُواْ بِاللّهِ وَرَسُولِهِ النَّبِيِّ الأُمِّيِّ الَّذِي يُؤْمِنُ بِاللّهِ وَكَلِمَاتِهِ وَاتَّبِعُوهُ لَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ
159 Аят
Мусан къомах а ду цхьа уммат‚ ша бакъдолчунна тIе нисделла долу‚ ша цуьнца нийсо еш долу. وَمِن قَوْمِ مُوسَى أُمَّةٌ يَهْدُونَ بِالْحَقِّ وَبِهِ يَعْدِلُونَ
160 Аят
Оха уьш (Исраилан кIентий) бийкъира шийтта некъене. Мусага хаийтира Оха, иза шен къомана хи доьхуш волчу хенахь, "хьан Iаса тоха тIулгах"‚ аьлла. ТIаккха шийтта хьоста схьаделира цунах. ХIор некъенна (тобанна) шен хи молу меттиг хиира. Оха царна IиндагI (салкха) дира мархаца‚ доссийра царна Манна а‚ Салва а 81 – даа Оха шайна деллачу рицкъих цIенадерг. Тхуна зулам ца дина цара – уьш хилла-кх шаьш шайна зулам деш. وَقَطَّعْنَاهُمُ اثْنَتَيْ عَشْرَةَ أَسْبَاطًا أُمَمًا وَأَوْحَيْنَا إِلَى مُوسَى إِذِ اسْتَسْقَاهُ قَوْمُهُ أَنِ اضْرِب بِّعَصَاكَ الْحَجَرَ فَانبَجَسَتْ مِنْهُ اثْنَتَا عَشْرَةَ عَيْنًا قَدْ عَلِمَ كُلُّ أُنَاسٍ مَّشْرَبَهُمْ وَظَلَّلْنَا عَلَيْهِمُ الْغَمَامَ وَأَنزَلْنَا عَلَيْهِمُ الْمَنَّ وَالسَّلْوَى كُلُواْ مِن طَيِّبَاتِ مَا رَزَقْنَاكُمْ وَمَا ظَلَمُونَا وَلَكِن كَانُواْ أَنفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ
161 Аят
Дагадаийта цаьрга аьлла хилар: "ХIокху юьртахь 82 дāха совца‚ даа цу чуьра шайна луъучохь‚ аш āла: "/Тхан къинош/ д1адайар 83 /доьху оха Деле/!"‚ неIарехула чоьхьадовла, сужуд деш‚ Оха гечдийр ду шуна шун гIалаташ. ТIаьхьа Оха алсамбохур бу диканиг деш берш". وَإِذْ قِيلَ لَهُمُ اسْكُنُواْ هَذِهِ الْقَرْيَةَ وَكُلُواْ مِنْهَا حَيْثُ شِئْتُمْ وَقُولُواْ حِطَّةٌ وَادْخُلُواْ الْبَابَ سُجَّدًا نَّغْفِرْ لَكُمْ خَطِيئَاتِكُمْ سَنَزِيدُ الْمُحْسِنِينَ
162 Аят
Царах зулам диначара хийцира дош шайга аьлла доцчуьнца 84 . ТIаккха Оха царна тIе стиглара Iазап доссийра уьш зулам деш хиларна. فَبَدَّلَ الَّذِينَ ظَلَمُواْ مِنْهُمْ قَوْلاً غَيْرَ الَّذِي قِيلَ لَهُمْ فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ رِجْزًا مِّنَ السَّمَاء بِمَا كَانُواْ يَظْلِمُونَ
163 Аят
Хаттал цаьрга хIордана уллохь хиллачу юьртах лаций: уьш /Делан/ дозанех 85 бевлира шотдийнахь‚ царна чIерий догIура гучудовлий церан шотдийнахь‚ церан шотде доцуш царна ца догIура уьш (чIерий) – иштта балане лецира Оха уьш шаьш песакъ хиларна. واَسْأَلْهُمْ عَنِ الْقَرْيَةِ الَّتِي كَانَتْ حَاضِرَةَ الْبَحْرِ إِذْ يَعْدُونَ فِي السَّبْتِ إِذْ تَأْتِيهِمْ حِيتَانُهُمْ يَوْمَ سَبْتِهِمْ شُرَّعاً وَيَوْمَ لاَ يَسْبِتُونَ لاَ تَأْتِيهِمْ كَذَلِكَ نَبْلُوهُم بِمَا كَانُوا يَفْسُقُونَ
164 Аят
Царах цхьана тобано аьллера /хьехам бечаьрга/: “Аш хIунда хьехам бо нахана‚ шаьш Дала хIаллакбийр болчу‚ я Цо шайна чIогIачу Iазапца Iазап дийриг долчу?” Цара элира: "Шун Кхиош-Кхобучуьнга бехказадовлархьама‚ уьш хилархьама а /Далла 1есалла ярах / кхоьруш 86 ". وَإِذَ قَالَتْ أُمَّةٌ مِّنْهُمْ لِمَ تَعِظُونَ قَوْمًا اللّهُ مُهْلِكُهُمْ أَوْ مُعَذِّبُهُمْ عَذَابًا شَدِيدًا قَالُواْ مَعْذِرَةً إِلَى رَبِّكُمْ وَلَعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ
165 Аят
Цара шайга хьехийнарг дицдича‚ Оха кIелхьарбехира шаьш /нах/ вочух духатухуш берш. Зулам динарш Оха схьалецира ирчачу Iазапца уьш 87 песакъ хиларна. فَلَمَّا نَسُواْ مَا ذُكِّرُواْ بِهِ أَنجَيْنَا الَّذِينَ يَنْهَوْنَ عَنِ السُّوءِ وَأَخَذْنَا الَّذِينَ ظَلَمُواْ بِعَذَابٍ بَئِيسٍ بِمَا كَانُواْ يَفْسُقُونَ
166 Аят
Цара тергал ца дича Оха шаьш шех духатоьхнарг‚ Оха элира цаьрга: "Хила шух сийсаза маймалш 88 ". فَلَمَّا عَتَوْاْ عَن مَّا نُهُواْ عَنْهُ قُلْنَا لَهُمْ كُونُواْ قِرَدَةً خَاسِئِينَ
167 Аят
Хьан Кхиош-Кхобучо дIахаийтира ша царна (жуьгташна) тIе бахкийтаза буьтур ма бац бу къематде кхаччалц царна луьра Iазап деш берш‚ баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург сиханиг ву таIзар дарехь‚ Иза – гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву. وَإِذْ تَأَذَّنَ رَبُّكَ لَيَبْعَثَنَّ عَلَيْهِمْ إِلَى يَوْمِ الْقِيَامَةِ مَن يَسُومُهُمْ سُوءَ الْعَذَابِ إِنَّ رَبَّكَ لَسَرِيعُ الْعِقَابِ وَإِنَّهُ لَغَفُورٌ رَّحِيمٌ
168 Аят
Оха бийкъира уьш (жуьгтий) лаьттахь тобанашка – царах диканаш а бу‚ царах уьш боцурш а бу. Оха уьш теллира хазачуьнца а‚ вочуьнца а: уьш юхабоьрзур бацара-те /Далла тIе/. وَقَطَّعْنَاهُمْ فِي الأَرْضِ أُمَمًا مِّنْهُمُ الصَّالِحُونَ وَمِنْهُمْ دُونَ ذَلِكَ وَبَلَوْنَاهُمْ بِالْحَسَنَاتِ وَالسَّيِّئَاتِ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ
169 Аят
Царал тIаьхьа кхин тIаьхье хилира‚ жайна 89 ирсана кхечира цаьрга‚ хIокху дуьненан бахам оьцура цара‚ олура: "Вайна-м гечдийр ма ду". Цуьнга терра кхин бахам шайга беъча – иза а оьцур бара цара. Ткъа жайнин чIагIо ца хиллера царна тIехь‚ цара Далла тIехь бакъдерг бен эр дац аьлла‚ цу чохь дерг цара Iамийна ма дара? 90 Эхартан цIа тоьлуш ма ду шаьш /Делах/ кхоьруш болчарна‚ шу хьекъале ца хуьлу? فَخَلَفَ مِن بَعْدِهِمْ خَلْفٌ وَرِثُواْ الْكِتَابَ يَأْخُذُونَ عَرَضَ هَذَا الأدْنَى وَيَقُولُونَ سَيُغْفَرُ لَنَا وَإِن يَأْتِهِمْ عَرَضٌ مُّثْلُهُ يَأْخُذُوهُ أَلَمْ يُؤْخَذْ عَلَيْهِم مِّيثَاقُ الْكِتَابِ أَن لاَّ يِقُولُواْ عَلَى اللّهِ إِلاَّ الْحَقَّ وَدَرَسُواْ مَا فِيهِ وَالدَّارُ الآخِرَةُ خَيْرٌ لِّلَّذِينَ يَتَّقُونَ أَفَلاَ تَعْقِلُونَ
170 Аят
Шаьш жайница ч1аг1белларш (цо бохург деш)‚ ламаз хIоттийнарш, – баккъалла а, Оха эша ма ца бо дикачеран мēла. وَالَّذِينَ يُمَسَّكُونَ بِالْكِتَابِ وَأَقَامُواْ الصَّلاَةَ إِنَّا لاَ نُضِيعُ أَجْرَ الْمُصْلِحِينَ
171 Аят
Царна тIехь лам 91 айбира Оха‚ ша тIейожа йоллу лаба санна лаьтташ‚ царна моьттура и шайна тIеюжуш ю. /Оха элира/: "ДIалаца Оха шайна делларг ницкъица‚ хьехаде цу чохь дерг‚ шу хила мегара /Делах/ кхоьруш 92 !" وَإِذ نَتَقْنَا الْجَبَلَ فَوْقَهُمْ كَأَنَّهُ ظُلَّةٌ وَظَنُّواْ أَنَّهُ وَاقِعٌ بِهِمْ خُذُواْ مَا آتَيْنَاكُم بِقُوَّةٍ وَاذْكُرُواْ مَا فِيهِ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ
172 Аят
Хьахаде хьан Кхиош-Кхобучо Āдаман кIентех – церан баккъех церан зуьррет схьадаккхар‚ тIаккха шайна тIехь уьш тешаш хIоттор: "Со вац ткъа шун Кхиош-Кхобург"‚– аьлла. Цара ма элира: "ХIаъ! Оха тешалла дина". /Иза ду/ аш къематдийнахь эриг хиларна: "Баккъалла а, тхо цунах гIопал ма хили". وَإِذْ أَخَذَ رَبُّكَ مِن بَنِي آدَمَ مِن ظُهُورِهِمْ ذُرِّيَّتَهُمْ وَأَشْهَدَهُمْ عَلَى أَنفُسِهِمْ أَلَسْتَ بِرَبِّكُمْ قَالُواْ بَلَى شَهِدْنَا أَن تَقُولُواْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ إِنَّا كُنَّا عَنْ هَذَا غَافِلِينَ
173 Аят
Я аш эриг хиларна: "Тхан дайша ширк дира 93 хьалха‚ тхох хилира царал тIаьхьа зуьррет‚ Ахь хIаллакдийр ду тхо харцболчара динарг бахьнехь?" أَوْ تَقُولُواْ إِنَّمَا أَشْرَكَ آبَاؤُنَا مِن قَبْلُ وَكُنَّا ذُرِّيَّةً مِّن بَعْدِهِمْ أَفَتُهْلِكُنَا بِمَا فَعَلَ الْمُبْطِلُونَ
174 Аят
Иштта къастадо Оха аяташ – уьш юхабоьрзур бацара-те /къинош дарах/. وَكَذَلِكَ نُفَصِّلُ الآيَاتِ وَلَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ
175 Аят
Дийцал царна Оха шена Тхешан аяташ делла, тIаккха уьш дIатесначун хабар‚ тIаккха шайтIано шена тIаьхьавазийра и‚ тилабеллачарах хилира иза 94 . وَاتْلُ عَلَيْهِمْ نَبَأَ الَّذِيَ آتَيْنَاهُ آيَاتِنَا فَانسَلَخَ مِنْهَا فَأَتْبَعَهُ الشَّيْطَانُ فَكَانَ مِنَ الْغَاوِينَ
176 Аят
Тхуна лиънехьара, Оха цаьрца 95 айвира вара иза‚ делахь а, дуьнена тIе тевжира иза‚ шен дезаршна тIаьхьавезира. Цуьнан масал жIаьлин масалх тера ду: хьо шена тIаьхьа ваьлча, мотт аракхуссу цо‚ я ахь ша дитича а, мотт аракхуссу цо. И ду тхан аяташ харцдинчу къоман масал. Дийца дийцарш‚ ойла ян там бара цара. وَلَوْ شِئْنَا لَرَفَعْنَاهُ بِهَا وَلَكِنَّهُ أَخْلَدَ إِلَى الأَرْضِ وَاتَّبَعَ هَوَاهُ فَمَثَلُهُ كَمَثَلِ الْكَلْبِ إِن تَحْمِلْ عَلَيْهِ يَلْهَثْ أَوْ تَتْرُكْهُ يَلْهَث ذَّلِكَ مَثَلُ الْقَوْمِ الَّذِينَ كَذَّبُواْ بِآيَاتِنَا فَاقْصُصِ الْقَصَصَ لَعَلَّهُمْ يَتَفَكَّرُونَ
177 Аят
Тхан аяташ харцдина къам вон хилла масалца – шайна зулам деш хилла уьш. سَاء مَثَلاً الْقَوْمُ الَّذِينَ كَذَّبُواْ بِآيَاتِنَا وَأَنفُسَهُمْ كَانُواْ يَظْلِمُونَ
178 Аят
Ша Дала нисвеш верг нийсавелларг ву‚ Цо тилавала вуьтуш верг, – уьш бу эшнарш. مَن يَهْدِ اللّهُ فَهُوَ الْمُهْتَدِي وَمَن يُضْلِلْ فَأُوْلَئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ
179 Аят
Оха кхиина жоьжахатина дуккха джинаш а‚ адамаш а. Церан дегнаш ду – цаьрца ца кхета уьш‚ бIаьргаш бу – цаьрца ца го царна‚ лергаш ду – цаьрца ца хеза царна‚ уьш бежанех тера бу. ХIаъ! Царал а тилабелла бу! Уьш бу-кх гIопал хилларш. وَلَقَدْ ذَرَأْنَا لِجَهَنَّمَ كَثِيرًا مِّنَ الْجِنِّ وَالإِنسِ لَهُمْ قُلُوبٌ لاَّ يَفْقَهُونَ بِهَا وَلَهُمْ أَعْيُنٌ لاَّ يُبْصِرُونَ بِهَا وَلَهُمْ آذَانٌ لاَّ يَسْمَعُونَ بِهَا أُوْلَئِكَ كَالأَنْعَامِ بَلْ هُمْ أَضَلُّ أُوْلَئِكَ هُمُ الْغَافِلُونَ
180 Аят
Делан ю хаза цIерш – кхайкха аш Цуьнга цаьрца. Бита Цуьнан цIерш харцъеш берш. Т1аьхьа /эхартахь/ бекхам хир бу царна шаьш /дуьненахь/ деш хиллачуьнца . وَلِلّهِ الأَسْمَاء الْحُسْنَى فَادْعُوهُ بِهَا وَذَرُواْ الَّذِينَ يُلْحِدُونَ فِي أَسْمَآئِهِ سَيُجْزَوْنَ مَا كَانُواْ يَعْمَلُونَ
181 Аят
Оха кхоьллинчарах ду цхьа уммат‚ ша бакъдолчунна тIе /нах/ нисбеш долу‚ ша цуьнца нийсо еш долу (цIена бусалба уммат ду иза). وَمِمَّنْ خَلَقْنَا أُمَّةٌ يَهْدُونَ بِالْحَقِّ وَبِهِ يَعْدِلُونَ
182 Аят
Тхан аяташ харцдинарш – тIаьхьа жим-жимма таIош, охьатаIор бу Оха уьш, шайна а ца хууш. وَالَّذِينَ كَذَّبُواْ بِآيَاتِنَا سَنَسْتَدْرِجُهُم مِّنْ حَيْثُ لاَ يَعْلَمُونَ
183 Аят
ТIаьхьатотту 96 Ас уьш – Сан /керстанийн мекарлонна дуьхьал/ мекарло чIогIа ю. وَأُمْلِي لَهُمْ إِنَّ كَيْدِي مَتِينٌ
184 Аят
Ойла ца йо-техьа цара? Жинех ма вац церан накъост (Мухьаммад-пайхамар; цатешачара олуш хилла жинех ву иза). Иза билггала кхерамча 97 ма ву. أَوَلَمْ يَتَفَكَّرُواْ مَا بِصَاحِبِهِم مِّن جِنَّةٍ إِنْ هُوَ إِلاَّ نَذِيرٌ مُّبِينٌ
185 Аят
Уьш ца хьовсу стигалийн а‚ лаьттан а паччахьалле‚ Дала кхоьллинчу хIуманашка‚ шайн ажал (Iожалла) гергакхаьчна хила магаре? Цул (Къуръанал) тIаьхьа муьлхачу /боссийначу/ хьехамах уьш тешар бу? أَوَلَمْ يَنظُرُواْ فِي مَلَكُوتِ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ وَمَا خَلَقَ اللّهُ مِن شَيْءٍ وَأَنْ عَسَى أَن يَكُونَ قَدِ اقْتَرَبَ أَجَلُهُمْ فَبِأَيِّ حَدِيثٍ بَعْدَهُ يُؤْمِنُونَ
186 Аят
Дала тилавала вуьтуш волчунна – и нисван цхьа а вац. Цо буьту уьш шайн тилар чохь дIай-схьай уьйдуш. مَن يُضْلِلِ اللّهُ فَلاَ هَادِيَ لَهُ وَيَذَرُهُمْ فِي طُغْيَانِهِمْ يَعْمَهُونَ
187 Аят
Хьоьга хоьтту цара /хIай Мухьаммад/ сахьтах (къематдийнах) лаьцна – цуьнан хIоттар маца хир ду, бохуш. Ахь āла: "Цуьнан Iилма сан Кхиош-Кхобучуьнгахь ду. Шен хеннахь и билгалдоккхур ду веккъа Цо‚ дазделла и стигланашкахь а‚ лаьттахь а. ЦIеххьана бен догIур дац иза шуна". Хьоьга хоьтту цара – хьо иза дика хууш верг волуш санна 98 . Ахь āла: "Цуьнан Iилма Делехь ду". Делахь а‚ нахах дукхахболчарна /и/ ца хаьа-кх. يَسْأَلُونَكَ عَنِ السَّاعَةِ أَيَّانَ مُرْسَاهَا قُلْ إِنَّمَا عِلْمُهَا عِندَ رَبِّي لاَ يُجَلِّيهَا لِوَقْتِهَا إِلاَّ هُوَ ثَقُلَتْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ لاَ تَأْتِيكُمْ إِلاَّ بَغْتَةً يَسْأَلُونَكَ كَأَنَّكَ حَفِيٌّ عَنْهَا قُلْ إِنَّمَا عِلْمُهَا عِندَ اللّهِ وَلَكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لاَ يَعْلَمُونَ
188 Аят
Ахь āла: "Ас дола ца до сан дегIан - пайдехьа а‚ я зенехьа а, Далла лиънарг бен. Со хиллехьара хууш къайлаха дерг‚ ас совдаьхна хир дара диканаш‚ халоно схьалаьцна хир ма вацара со. Со веккъа кхерамча а‚ хаамча а ву тешаш долчу къомана". قُل لاَّ أَمْلِكُ لِنَفْسِي نَفْعًا وَلاَ ضَرًّا إِلاَّ مَا شَاء اللّهُ وَلَوْ كُنتُ أَعْلَمُ الْغَيْبَ لاَسْتَكْثَرْتُ مِنَ الْخَيْرِ وَمَا مَسَّنِيَ السُّوءُ إِنْ أَنَاْ إِلاَّ نَذِيرٌ وَبَشِيرٌ لِّقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
189 Аят
И ву шу кхоьллинарг цхьана синах‚ цунна зуда 99 а кхоьллина, и цуьнца вахийта. И цунна улло вахча – байн болчу мохьца язло и 100 ‚ и дIакхоьхьу 101 цо. ТIаккха иза язъелча 102 , цара шиммо (маро а‚ зудчо а) шайн кхиош-кхобучу Деле доьху: "Ахь тхуна дика доьзалхо лахь, тхо баркалла бохучарах хир дара-кх". هُوَ الَّذِي خَلَقَكُم مِّن نَّفْسٍ وَاحِدَةٍ وَجَعَلَ مِنْهَا زَوْجَهَا لِيَسْكُنَ إِلَيْهَا فَلَمَّا تَغَشَّاهَا حَمَلَتْ حَمْلاً خَفِيفًا فَمَرَّتْ بِهِ فَلَمَّا أَثْقَلَت دَّعَوَا اللّهَ رَبَّهُمَا لَئِنْ آتَيْتَنَا صَالِحاً لَّنَكُونَنَّ مِنَ الشَّاكِرِينَ
190 Аят
ТIаккха цо шаьш-шинна дика доьзалхо велча‚ Цо шайна деллачуьнгахь Цунна накъост хилийтина цу шиммо 103 . Лакхавели Дела цара накъост лацарах. فَلَمَّا آتَاهُمَا صَالِحاً جَعَلاَ لَهُ شُرَكَاء فِيمَا آتَاهُمَا فَتَعَالَى اللّهُ عَمَّا يُشْرِكُونَ
191 Аят
Цара хуьлуьйту ткъа Цунна накъост ша хIумма цакхуллург‚ шаьш кхечо (Дала) кхуллуш берш? أَيُشْرِكُونَ مَا لاَ يَخْلُقُ شَيْئاً وَهُمْ يُخْلَقُونَ
192 Аят
Царна гIодан ца могу царна‚ шаьш шайна а гIо ца до цара. وَلاَ يَسْتَطِيعُونَ لَهُمْ نَصْرًا وَلاَ أَنفُسَهُمْ يَنصُرُونَ
193 Аят
Аш уьш нийсачу новкъа кхайкхахь‚ шуна тIаьхьа а ца хIуьтту уьш. Цхьатерра ду шуна: аш уьш кхайкхахь а‚ я шу севцца /1ад/ Iахь а. وَإِن تَدْعُوهُمْ إِلَى الْهُدَى لاَ يَتَّبِعُوكُمْ سَوَاء عَلَيْكُمْ أَدَعَوْتُمُوهُمْ أَمْ أَنتُمْ صَامِتُونَ
194 Аят
Аш, Дела а витина, шайга кхойкхуш 104 берш – шух терра /Делан/ леш бу. Кхайкха цаьрга‚ шуна жоп лойла цара‚ шу бакълуьйш хиллехь. إِنَّ الَّذِينَ تَدْعُونَ مِن دُونِ اللّهِ عِبَادٌ أَمْثَالُكُمْ فَادْعُوهُمْ فَلْيَسْتَجِيبُواْ لَكُمْ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
195 Аят
Ткъа церан 105 когаш бу, шаьшца уьш дIасалелаш‚ я церан куьйгаш ду, цара шаьш детташ‚ я церан бIаьргаш бу, шаьшца царна гуш‚ я церан лергаш ду, шаьшца царна хезаш? Ахь āла: "Кхайкха шайн накъосташка 106 ‚ мекарло е суна‚ тIаьхьа ма татта со 107 . أَلَهُمْ أَرْجُلٌ يَمْشُونَ بِهَا أَمْ لَهُمْ أَيْدٍ يَبْطِشُونَ بِهَا أَمْ لَهُمْ أَعْيُنٌ يُبْصِرُونَ بِهَا أَمْ لَهُمْ آذَانٌ يَسْمَعُونَ بِهَا قُلِ ادْعُواْ شُرَكَاءكُمْ ثُمَّ كِيدُونِ فَلاَ تُنظِرُونِ
196 Аят
Баккъалла а, сан доттагI (доладийриг) – Дела ву‚ Ша жайна доссош хилла волу‚ И ву дикачарах Iуналла деш верг" 108 . إِنَّ وَلِيِّيَ اللّهُ الَّذِي نَزَّلَ الْكِتَابَ وَهُوَ يَتَوَلَّى الصَّالِحِينَ
197 Аят
Аш, И (Дела) а витина, шайга кхойкхуш берш, – шуна гIо дан луш бац уьш‚ шайна гIо дийр долуш а бац. وَالَّذِينَ تَدْعُونَ مِن دُونِهِ لاَ يَسْتَطِيعُونَ نَصْرَكُمْ وَلآ أَنفُسَهُمْ يَنْصُرُونَ
198 Аят
Аш шаьш нийсачу новкъа кхайкхича – ца хеза царна. Хьуна го уьш хьайга хьоьжуш царна /хьо/ ца гучу хьолехь. وَإِن تَدْعُوهُمْ إِلَى الْهُدَى لاَ يَسْمَعُواْ وَتَرَاهُمْ يَنظُرُونَ إِلَيْكَ وَهُمْ لاَ يُبْصِرُونَ
199 Аят
КъинтIера вала‚ диканиг хьеха‚ дукха тергал ма бе жехIал нах 109 . خُذِ الْعَفْوَ وَأْمُرْ بِالْعُرْفِ وَأَعْرِضْ عَنِ الْجَاهِلِينَ
200 Аят
ШайтIанера талхор хьо талхо гIертахь, – Делаца ларвалар дēха. Баккъалла а, Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ву. وَإِمَّا يَنزَغَنَّكَ مِنَ الشَّيْطَانِ نَزْغٌ فَاسْتَعِذْ بِاللّهِ إِنَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
201 Аят
Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш шаьш шайтIанан балано схьалаьцча, /Дела/ хьехаво (зикр до) цара - уьш гуш хуьлу /нийса некъ/. إِنَّ الَّذِينَ اتَّقَواْ إِذَا مَسَّهُمْ طَائِفٌ مِّنَ الشَّيْطَانِ تَذَكَّرُواْ فَإِذَا هُم مُّبْصِرُونَ
202 Аят
Амма церан вежарий (къинош деш берш) – царна-м тиларчохь гIо до хьуна цара (шайтIано а, цуьнан накъосташа а)‚ тIаккха а ледарло ца йолуьйту цара (уьш тилош къахьегарехь). وَإِخْوَانُهُمْ يَمُدُّونَهُمْ فِي الْغَيِّ ثُمَّ لاَ يُقْصِرُونَ
203 Аят
Ахь шайга аят 110 ца деъча‚ олура: "Айхьа хаьржина хиллехьара ахь /аят/". Ахь āла: "Сайга сан Кхиош-Кхобучуьнгара догIучу ваьхьина бен со тIаьхьахIуттуш вац. ХIара /Къуръан/ – шун Кхиош-Кхобучуьнгара билгалонаш ю‚ нийса некъ а‚ къинхетам а бу, ша тешаш долчу къомана". وَإِذَا لَمْ تَأْتِهِم بِآيَةٍ قَالُواْ لَوْلاَ اجْتَبَيْتَهَا قُلْ إِنَّمَا أَتَّبِعُ مَا يِوحَى إِلَيَّ مِن رَّبِّي هَذَا بَصَآئِرُ مِن رَّبِّكُمْ وَهُدًى وَرَحْمَةٌ لِّقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
204 Аят
Къуръан доьшуш долуш – ладогIа цуьнга‚ гIовгIа ма е‚ шух къинхетам бан тарло 111 . وَإِذَا قُرِىءَ الْقُرْآنُ فَاسْتَمِعُواْ لَهُ وَأَنصِتُواْ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ
205 Аят
Хьехаве хьан Кхиош-Кхобург хьайгахь (меллаша), /Цуьнга/ хьасталой‚ /Цунах/ кхоьруш‚ чIогIа доцчу озаца Iуьйранна а‚ суьйранна а. Хьо ма хилалахь и тергам ца бечарах 112 . وَاذْكُر رَّبَّكَ فِي نَفْسِكَ تَضَرُّعاً وَخِيفَةً وَدُونَ الْجَهْرِ مِنَ الْقَوْلِ بِالْغُدُوِّ وَالآصَالِ وَلاَ تَكُن مِّنَ الْغَافِلِينَ
206 Аят
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучун гергахь дерш 113 Цунна Iибадат дарна куралла еш дац‚ массо а вочух И цIанвеш ду, Цунна сужуд деш ду. إِنَّ الَّذِينَ عِندَ رَبِّكَ لاَ يَسْتَكْبِرُونَ عَنْ عِبَادَتِهِ وَيُسَبِّحُونَهُ وَلَهُ يَسْجُدُونَ ( سجدة مستحبة )
1 Оцунах лаьцнарг хьалха деана «Аль-Бакъара» суратан юьххьехь.
2 Доттаг1ий я г1олоцурш - Iарбашха: أولياء авлияъ (дукхаллин терахь, цхьаъ – وليвали). Кхузахь Дала боху: Къуръано бохург де, аш ма лийца Аллах1-Дела воцург кхин г1олоцурш, керстанаша луьйцуш хилла йолу цIуш (жа1арш) а, бозбуанчаш а санна, шайн гIуллакхаш царна тIе дуьхкуш, цаьрца дагабуьйлуш.
3 Царна наб кхетта йолуш.
4 Цара дуьненахь лелийнарг‚ Тхайна хууш долу дела.
5 Цхьана а хенахь а, я меттигехь а.
6 Дика Iамалш дукха хилла.
7 Шайна эшам бинарш, шайн дика Iамалш к1еззиг а хилла.
8 Уьш – Адам а, цуьнан зуьррет а.
9 Ибн-1аббаса аьлла: иблисо Адам а, Хьава а 1ехийра дуйнашца. Адамна ца моьттура Делаца цхьаммо харц дуй боур бу.
10 Дала элира: "Лаьттахь шу дуьненчу довлур ду‚ цигахь шун далар а хир ду‚ юха цигара дендина арадохур ду шу къематдийнахь хьесап дан.
11 Адаман к1ентий – بنو آدم Бану Адам. Нах, адамаш. Иштта олу царах церан массеран а да Адам хилла дела.
12 Нийсо лелае, аьлла.
13 Шаьш сужуд деш, аьлча а, ламаз деш, кхоччуш Далла тIе дерза.
14 Сужуд ден меттиг я сужуд ден хан – Къуръан чохь: مسجد Масджид, سجد Саджада « Сужуд дар» орамах схьадаьлла долу. Цунах схьадаьлла нохчийн Маьждиг боху дош. 1аьрбийн маттахь Ма дешхьалхеца кхуллало меттиган я хенан ц1ердешнаш, масала, ولد Дуьненчу далар, مولد Мавлид – дуьненчу даьлла меттиг я дуьненчу даьлла хан.
15 Лавхь-махьфуза чохь шайна язделлачу рицкъанах‚ Iожаллах, и. дI. кх.
16 Элчанаш – кхузахь: са оьцу малик 1израил а, цуьнан г1оьнчий а.
17 Эмкал механ 1уьрга йолар – самитийн меттанашкахь цхьа хила ца тарло х1ума дуьйцуш олург.
18 АIраф –ألأعراف (суратан цIе а иза ю) – ялсаманина а‚ жоьжахатина а юккъехь йолу лекха меттиг. Шайн диканаш а‚ вонаш а цхьатерра болу нах кхузахь цхьана заманна совцор бу.
19 Маьршо ю шуна.
20 Цу чу баха.
21 АIрафан дайша.
22 АIрафан дайша хоттуш ду жоьжахатин дайшка ялсаманин дайх лаьцна.
23 Иштта эр ду Дала АIрафан дайшка.
24 Керстанашна хи доттар‚ кхин хIума ялар хIинца ялсамани чохь болчарна хьарам хир ду .
25 Иштта гочдина кхузахь 1аьрбийн дош لهو . Цхьа кхечахь цуьнан маь1на дина эрна хан яйар, синкъерам, аьлла.
26 Оха делира Маккин ох1лане Тхан жайна - сийлахь долу Къуръан.
27 Массо а хIума Тхайна дика хаарца.
28 Цу Къуръан чохь дуьйцуш дерг (туьйсуш болу шайна кхерам) хиларе хьоьжуш бу-те уьш?
29 Могуш тхо юха дуьненчу дахийта.
30 Цара, Дела а, витина лаьцна хилла болу доттаг1ий, цара Делаца лаьцна хилла болу накъостий.
31 Хьажа "ТIахIа" суратан 5-чу аяте. Цуьнан возаллах там болу д1анисвалар, кхечу х1уманах тар ца деш, шена инкарло ца еш, д1аса ца ийзадеш. Иза хьалхабаханчийн (салафитийн) мазх1аб ду. Т1аьхьабеанчийн (халафитийн) мазх1аб ду и цхьа кхечу маь1ница дастар (Цуьнан возаллица там болчу маь1ница таъвийл яр).
32 Де-буьйса вовшашца сиха хийцадалар.
33 Далла ца беза до1а деш, зикр деш мохь беттарш. Хьадисехь ду: «Аш ца кхойкху къора волчуьнга а, генахь волчуьнга а»,аьлча а, аш кхойкху хозуш волчу, гергахь волчу Деле, цундела Цуьнга хьасталой меллаша кхайкха.
34 Элчанаш а баьхкина.
35 Цуьнан таIзарах.
36 Цуьнан къинхетаме.
37 Шуна догIа даийтале.
38 Доккха де – кхузахь: къематде.
39 Аш Дала бохург ца дича.
40 Делах‚ вониг ца деш.
41 Нухь‚ цуьнан къомо.
42 Бакъдерг ца гуш.
43 ХIай Салихь‚ тхо хьох тешар долуш дац‚ айхьа тхуна хир ду бохуш долу Iазап дайта тхуна‚ хьуо Делан элча велахь‚ аьлла цуьнан къомо.
44 ЛутIин халкъалахь божарий божаршца лелаш хилла, зударшца ца лелаш.
45 ЛутI‚ цуьнца тешаш берш а.
46 ШуIайба элира: "Шун дине тхан безам бацахь а, юхадерзор ду аш тхо цунна тIе?"
47 Шайна зулам динарш.
48 Халахетар хийцира Оха хазахетарца.
49 Даьхница а‚ доьзалца а.
50 Цара еш хилла вон 1амал бахьанехь.
51 Делан мекарло – кхузахь: дуьненахь цхьа а бохам ца хулуьйтуш зуламхошка зовкх хьегийтар, тIаккха цIаьххьана уьш Iазапаца схьалийцар.
52 Шайн дайшца Дала йина хилла йолу ваIда тIаьхьалонаша дIатесна йитира.
53 Уьш харцдира.
54 Исраилан кIентий хилла Мисрахь йийсарехь‚ цара бацош. Уьш йийсарера Палестине дIабигийта шега‚ аьлла‚ Делан омраца веана Муса ФирIавнна тIе.
55 ФирIавн – Мисран паччахьийн сийлахь цIе (титул). Мусаца вуьйцуш верг хила там болуш ву Тутмес I ФирIавн‚ Iийса дуьненчу валале 1540 шо хьалха хилла волу.
56 Бозбуунчаш гулбан Мусаца къовса.
57 Аьтту куьг – аьрру ког‚ аьрру куьг – аьтту ког.
58 Бусалба хьолахь. Иштта до1а дира цара Деле, Фир1авна шаьш дойур дуйла шайна хааделча.
59 Iибадат ца деш.
60 Исраилан кIенташа Мусага.
61 Тхо бахьанехь ду‚ тхан къинхьегамца‚ тхо хьакъ ду цунна.
62 Муса а, цуьнца берш а бахьанехь хуьлуьйтура цара и.
63 Церан бошмаш а‚ гIирсаш а, и дI. кх.
64 Жех1ал – бодане, х1ума ца хууш.
65 Шу зуьйш хазахетаршца а‚ халонашца а.
66 Дала Мусага элира‚ 30 буса марха кхобур ду ахь‚ тIаккха итт буьйса т1етухур ю‚ и 40 буьйса яьлча, Ша къамел дийр ду хьоьца, аьлла.
67 Ас хастам бо хьуна.
68 Хьоьца къамел дарца.
69 ФирIавнан мохк – Мисар.
70 Курабеввлачу нахана Шен аятех кхетам лур бац Ша, боху Дала, оцарах ойла ян могур дац царна.
71 Г1овпал хилла - /Делан аяташ/ тидаме ца уьйцуш хилла.
72 Муса Делаца къамел дан вахча‚ Самирий бохучу стеган долорца Мусан къомо шайгахь хиллачу детих а‚ деших а (ФирIавнан болх а бина‚ цо делла хиллачу) эса дира‚ шена чухула мох бахача‚ дека а декаш. Цунна Iибадат дан буьйлабелира уьш.
73 Собар дан мегар дацара аш со вухаверззалц, вайн Деле къамел а дина?
74 Дала шена тIе Таврат яздина долу‚ Цо шега делла аннаш, оьгIазваьлла, охьакхиссира Мусас‚ ХIарунан маж лаьцна шен аьрру куьйгаца, цуьнан коьртан месаш лаьцна аьтту куьйгаца шена тIеозийра цо.
75 Ненан к1ант элира Х1аруна шен веших Мусах иза дукха оьг1азвахана гина цуьнга шех къахетийтархьама, вуьшта Муса а, Х1арун а нанас цхьана дена бина вежарий хилла.
76 Шена тIехь Таврат яздина долу‚ шен наха эсана Iибадат дича, оьгIаз а вахана, охьакхиссина хилла аннаш.
77 Делаца къамел деш, Мусана а, Цунна а юккъехь ваIда хилира: цхьана билггалчу хенахь Муса Делаца къамел дан ван, шеца 70 стаг волуш, шайх даьллачу къинна (эсана Iибадат дар) гечдар деха. Амма новкъахь цара элира Мусага: "Тхо тешар дац хьох, и Дела тхуна ца гахь". ТIаккха Дала, оьгIаз а вахана, хIаллакбира уьш.
78 Мухьаммадах‚ Мусага доссийначу Таврата чохь а‚ Iийсага доссийначу Инжила чохь а ша хьехийна хилла волчу. Мухьаммад пайхамарна ﷺ ца хууш хилла йоза-дешар.
79 Таврата чохь Дала нахана тIедихкина хилла хала декхарш Къуръан чохь дIадаьхна.
80 Мухьаммад - пайхамарах.
81 Манна а‚ Салва а – 1арбашха: ألمن وألسلوي ялсамани чуьра Дала Исраилан к1енташна доссийна хилла долу даар. Манна – мерза‚ моз санна‚ Салва – олхазар‚ лекъ санна.
82 Аль-Байт аль-Мукъаддас – 1арбашха: البيت ألمقدس Иерусалим.
83 Кзузахь: Дала омра до Исраилан кIенташка حطة (хьитт1ат) –къинош д1адайар доьхуш, сужуд деш г1о г1аличу, олий.
84 Цара шайга аьлла хилла дош حطة хийцира вон маь1на долчу حنطة хьинт1ат дашца, сужуд дечу меттана, Делан омрах ца бешаш, к1егашт1ахь текхаш чоьхьа бевлира уьш.
85 Дала аьллачунна тIера бевлира Исраилан кIентий. Шотде церан дезде ду. Дала оцу дийнахь таллар дан а, ч1ерий лийца а ца магийна хилла царна. Дийцина: иза хилла Давуд пайхамаран заманчохь. Иблисо хьехна хилла царна: шуна ч1ерий лийца ца мега шотдийнахь. Аш х1орда йистехь, го а беш, 1ам бе, т1аккха п1ераскан дийнахь цу чу ч1ерий лахка – уьш цу чохь дуьсур ду арадовла ца луш. Т1аккха аш к1ирандийнахь луьйцур ду уьш. Иштта и х1илла дан хьевсира уьш, амма Дела 1ехор вац цхьаммо а. Иштта Делан дозанех бовларна Дала царна Iазап дира – царах маймалш а, хьакхарчий а хилийтира. Ибн-Касиро элира, и юрт Айлат ю, аль-Къалзам х1оьрдан йистехь лаьтташ йолу.
86 Кхузахь лекха-воккха волчу Дала дуьйцу оцу юьртан бахархойх лаьцна. Уьш бекъабелира кха декъе: цхьаберш, шайга ма де бохург а деш, шотдийнахь ч1ерий лийца х1илла лелош бара, важаш цаьрга и хьарам х1ума ма леладе, бохуш омра деш, т1аккха царах д1акъаьстина бара. Ткъа кхоалг1а тоба сецца 1еш яра: ша ца дора хьарамниг, амма и дечаьрга ма де ца олура, делахь а, цара элира и ма де бохучаьрга: аш х1унда хьехам бо цаьрга, уьш Дала иштта а х1аллакбийр болуш бу, шун хьехамах пайда хир бац. Вакхара элира: шайна т1ехь долу декхар кхочушдеш ду шаьш: Дала боху: вониг деш гича, ма де алий омра де. Хьалхарнаш Дала х1аллакбира, шолг1анаш к1елхьарбаьхира, ткъа кхоалг1ачарах хилларг Дала ца дуьйцу. Ибн-1аббаса шена царах х1ун хилла ца хаа, боху. 1икрамата боху царах хиллачух ша т1аьхьакхиира: уьш к1елхьарбаьхна Дала царна цара деш долу хьарам х1ума ца дезаш хиларна. Царна и бен доцуш хиллехьара, уьш а х1аллакхир бара. Ша къа деш вацахь а, и дечунна реза хилахь, цунна а къа хир ду.
87 Кхузахь буьйцурш Исраилан к1ентех цхьа тоба ю.
88 Шайна 1азап дича а юха ца бевлича, Дала царах маймалаш хилийтира.
89 Шайн дайшкара Таврат кхечира цаьрга.
90 Царна хууш ма дарий и. Цара дешна ма дарий Таврата чохь.
91 Дала лаьттах схьабаьккхина Исраилан к1ентийн кортош т1ехула айбина кхебира лам.
92 Исраилан кIенташка хилла долу Делан къамел.
93 Ширк дан – Делаца накъост лаца.
94 Кхузахь вуьйцург Исраилан к1ентех цхьа 1еламстаг ву, ша ц1ена нийсачу новкъахь хиллачул т1аьхьа шайт1ано тилавина хилла волу. Ибн-1аббаса аьлла: « Иза بلعم بن باعوراء Бал1ам бин Ба1ураъ хилла. Цунна хууш хилла Делан сийлахь-еза ц1е». Ибн-Мас1уда аьлла: «Иза хилла Исраилан к1ентех цхьаъ. Мусас вахийтина хилла и Мадйанан паччахьна т1е иза а, цуьнан халкъ а дине кхойкхуш. Паччахьо цунна кхаъ белира, совг1аташ а делира цо Мусан дин д1атосург а, и шена т1аьхьх1уттург а. Цо и дира, цуьнца дуккха нах а тилира».
95 Цу Делан аяташца цуьнан сий айдийр дара Оха.
96 Шена дуьхьал болчара мел вон дича а, Дала дуьненахь 1азап ца деш буьту уьш-эхартахь доккха 1азап дан.
97 Дала бохург ца дича, Iазап хир ду, бохуш, кхерам тосург.
98 Сабунин тафсир чохь оцу аятан маь1на иштта дина:Хьоьга хоьтту цара,х1ай Мухьаммад,къематде маца х1уттур ду,бохуш,хьо оцунах дерг дукха хоьттуш а, хаа лууш а верг санна.
99 Адаман дегIах кхоьллина Хьава.
100 Берах юьсу и зуда.
101 Бер ненан кийрахь доккха хуьлуш лаьтта.
102 Кийрахь бер доккха хилча.
103 Кхузахь Дала буйцурш Адам а, Хьава а бу. Царах кхиинчу нахах Делаца накъостий - ц1уш (жа1арш) луьйцу керстанаша.
104 Кхайкхар кхузахь а, кхечухьа а 1ибадат даран я шега до1ица дехаран маь1нехь ду.
105 Кхузахь Далла луург цатешачара деланаш бу, бохуш, шайна 1ибадат деш йолу х1уманаш – ц1уш ю.
106 ГIо деха шайн цIушка – жа1аршка.
107 И мекарло ца еш ма вита со шайн ц1ушца.
108 Цаьрца доттагIалла лоцуш верг‚ 1уналла деш верг.
109 Массо а хIуманна тIехь бехкаш ма баха царна.
110 Делан аят ца деъча‚ цатешачара олуш хилла Мухьаммаде: "Хьайгара дийца" (вонаш цо шегара дуьйцуш лоруш хилла цара).
111 Дукха болчу 1еламнахана хетарехь и аят лерина ду ламаз т1ехь долуш имамо Къуръанах х1ума доьшуш, цуьнца цхьаьна ца доьшуш, цуьнга ладуг1уш хиларна. Юьхьанца пайхамара ﷺ ламаз т1ехь волуш Къуръанах х1ума дешча, цунна т1ехьахь болчара а доьшуш хилла цуьнца цхьаьна. И ма де боху аято.
112 Дела хьехо ледарло ечарах. Дела хьехор – 1арбашха: ذكر ألله зикруллах1и – зикр. Зикр де – Ша хьехаве, Ша дагавайта, боху Дала, массо а хенахь, Шега хьасталуш , Шех кхоьруш, дукха ч1ог1а а ца деш зикр, т1ех меллаша а ца деш.
113 Маликаш – цаьрга тера хилалаш.