70. Сурат АЛЬ-МАIАРИДЖ

Хьалаволу кензаш
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 44 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Дийхира цхьана доьхучо дужу Iазап 1 سَأَلَ سَائِلٌ بِعَذَابٍ وَاقِعٍ
2 Аят
Цатешачарна яц цунна ян дуьхьало. لِّلْكَافِرينَ لَيْسَ لَهُ دَافِعٌ
3 Аят
Делера /Iазап/ ду иза‚ Шен /маликашна хьаладовла/ кензаш йолчу. مِّنَ اللَّهِ ذِي الْمَعَارِجِ
4 Аят
Хьаладовлу маликаш а‚ Са (Джибрил-малик) а Иза волчу‚ шен барам /нахана гергахь/ шовзткъе итт эзар шо долчу дийнахь. تَعْرُجُ الْمَلَائِكَةُ وَالرُّوحُ إِلَيْهِ فِي يَوْمٍ كَانَ مِقْدَارُهُ خَمْسِينَ أَلْفَ سَنَةٍ
5 Аят
Ахь хазачу собарца собар делахь /хIай Мухьаммад, цу керстанаша, хьо сийсазван гIерташ, дуьйцучунна т1ехь/. فَاصْبِرْ صَبْرًا جَمِيلًا
6 Аят
Баккъалла а, царна иза (Делан Iазап) гуш ду генахь‚ إِنَّهُمْ يَرَوْنَهُ بَعِيدًا
7 Аят
Тхуна иза гуш ду гергахь. وَنَرَاهُ قَرِيبًا
8 Аят
Оцу дийнахь стигал хир ю, лалийна цIеста санна. يَوْمَ تَكُونُ السَّمَاء كَالْمُهْلِ
9 Аят
Лаьмнаш хир ду /бежнашна тIера схьаяьккхина/, цIока санна. وَتَكُونُ الْجِبَالُ كَالْعِهْنِ
10 Аят
/Оцу дийнахь/ доттагIчо доттагIчух хоттур ма дац /шен бāла совбаларна/– وَلَا يَسْأَلُ حَمِيمٌ حَمِيمًا
11 Аят
Уьш вовшашна гойтуш хир ма бу /хIетте а хоьттур дац цара вовшех/. Луур ду къинош динчунна оцу дийнахь Iазапах кIелхьарвала, шен кIентий дIабелла а‚ يُبَصَّرُونَهُمْ يَوَدُّ الْمُجْرِمُ لَوْ يَفْتَدِي مِنْ عَذَابِ يَوْمِئِذٍ بِبَنِيهِ
12 Аят
Шен зуда а‚ шен ваша а /дIавелла а/‚ وَصَاحِبَتِهِ وَأَخِيهِ
13 Аят
Ша тIелаьцна хилла долу шен тайпа 2 а /дIаделла а/‚ وَفَصِيلَتِهِ الَّتِي تُؤْويهِ
14 Аят
Массо а лаьттахь мел верг а /дIавелла а/, тIаккха кIелхьарвала /луур дара цунна/. وَمَن فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا ثُمَّ يُنجِيهِ
15 Аят
ХIан-хIа! Баккъалла а, иза (жоьжахати) āлу лепа цIе ю. كَلَّا إِنَّهَا لَظَى
16 Аят
Схьаозор долуш ду цо коьртан чкъор. نَزَّاعَةً لِّلشَّوَى
17 Аят
ТIекхойкхур ву цо ша /Дела цхьаъ варх/ юхаваьлларг а‚ /ийманах/ дIаведдарг а, تَدْعُو مَنْ أَدْبَرَ وَتَوَلَّى
18 Аят
Гулдинарг /дуьненахь даьхни, хьанал-хьарам ца къестош/, т1аккха и д1адиллинарг 3 а /Делан а, нехан а хьакъ д1а ца луш/. وَجَمَعَ فَأَوْعَى
19 Аят
Адам кхоьлина ду /бāла беъча/ собар доцуш, /Делан ниIматашна/ шукур доцуш. إِنَّ الْإِنسَانَ خُلِقَ هَلُوعًا
20 Аят
Шех цадезарг (пекъаралла, цамгар, кхерам) 1оттаделча, нуьцкъала собарх волуш (массо а диканах дог дуьллуш), إِذَا مَسَّهُ الشَّرُّ جَزُوعًا
21 Аят
Шех диканиг 1оттаделча 4 , нуьцкъала духадетташ /сагIа далар‚ дикачу агIор харж яр а/, وَإِذَا مَسَّهُ الْخَيْرُ مَنُوعًا
22 Аят
Ламазаш деш берш боцурш, إِلَّا الْمُصَلِّينَ
23 Аят
Шаьш шайн ламазашкахь гуттар болуш; الَّذِينَ هُمْ عَلَى صَلَاتِهِمْ دَائِمُونَ
24 Аят
Шайн /хьолехь/ билгала хьакъ долуш وَالَّذِينَ فِي أَمْوَالِهِمْ حَقٌّ مَّعْلُومٌ
25 Аят
/СагIа/ доьхучунна а‚ шегахь хIумма а доцчунна а (сагIа ца доьхучунна а); لِّلسَّائِلِ وَالْمَحْرُومِ
26 Аят
Шаьш декхаран де 5 бакъдеш берш; وَالَّذِينَ يُصَدِّقُونَ بِيَوْمِ الدِّينِ
27 Аят
Шаьш Кхиош-Кхобучун Iазапах кхоьруш берш - وَالَّذِينَ هُم مِّنْ عَذَابِ رَبِّهِم مُّشْفِقُونَ
28 Аят
Баккъалла а, уьш Кхиош-Кхобуш волчу церан Делан Iазап тешаме дац /муьлхачу хенахь дан тарло/; إِنَّ عَذَابَ رَبِّهِمْ غَيْرُ مَأْمُونٍ
29 Аят
Шаьш шайн эхье меженаш ларъеш берш وَالَّذِينَ هُمْ لِفُرُوجِهِمْ حَافِظُونَ
30 Аят
Шайн зударий боцучарах а‚ шайн аьтту куьйго доладина зударий 6 боцучарах а. Оцаьргахь уьш бехке бац. إِلَّا عَلَى أَزْوَاجِهِمْ أَوْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُمْ فَإِنَّهُمْ غَيْرُ مَلُومِينَ
31 Аят
Цул тIехбевлларш – уьш /Делан/ дозанех бевлларш бу. فَمَنِ ابْتَغَى وَرَاء ذَلِكَ فَأُوْلَئِكَ هُمُ الْعَادُونَ
32 Аят
Шаьш 7 шайна бина тешам а‚ шаьш йина ваIда а кхочушъеш берш; وَالَّذِينَ هُمْ لِأَمَانَاتِهِمْ وَعَهْدِهِمْ رَاعُونَ
33 Аят
Шаьш шайн тешаллина тIехь лаьтташ берш 8 ; وَالَّذِينَ هُم بِشَهَادَاتِهِمْ قَائِمُونَ
34 Аят
Шаьш шайн ламазаш Iалашдеш 9 берш – وَالَّذِينَ هُمْ عَلَى صَلَاتِهِمْ يُحَافِظُونَ
35 Аят
Уьш /ялсаманин/ бошмашкахь хир бу шайх сийдина. أُوْلَئِكَ فِي جَنَّاتٍ مُّكْرَمُونَ
36 Аят
ХIун хилла цатешначарна – хьуна хьалха дIасауьдуш болчарна‚ فَمَالِ الَّذِينَ كَفَرُوا قِبَلَكَ مُهْطِعِينَ
37 Аят
/Хьуна/ аьтту агIорхьа‚ аьрру агIорхьа а тобанаш еш болчу /бусалбанех ца бешаш, вовшашка дуьйцуш болчу: хIорш ялсамане гIахь‚ вай царал хьалха гIур ду/? عَنِ الْيَمِينِ وَعَنِ الشِّمَالِ عِزِينَ
38 Аят
Лууш вуй те царах массо а стаг ша ниIматийн ялсамане вахийта? أَيَطْمَعُ كُلُّ امْرِئٍ مِّنْهُمْ أَن يُدْخَلَ جَنَّةَ نَعِيمٍ
39 Аят
ХIан-хIа! Баккъалла а, Оха уьш кхоьллира царна хуучух /тIадамах, курабовла ца оьшура царна/. كَلَّا إِنَّا خَلَقْنَاهُم مِّمَّا يَعْلَمُونَ
40 Аят
ХIан-хIа! Ас дуй боу малхбалийн а‚ малхбузийн 10 а кхиош-кхобучу Делах: баккъалла а, Тхо ницкъ болуш ду-кх فَلَا أُقْسِمُ بِرَبِّ الْمَشَارِقِ وَالْمَغَارِبِ إِنَّا لَقَادِرُونَ
41 Аят
/Уьш/ хийца царал дикачаьрца‚ /цу тIехь/ тхол хьалхавер вац /цхьа а/. عَلَى أَن نُّبَدِّلَ خَيْرًا مِّنْهُمْ وَمَا نَحْنُ بِمَسْبُوقِينَ
42 Аят
Бита уьш /шайн тиларчохь/ дIасаида а‚ ловза а, шайн ваIда йина йолчу /къемат/ денна дуьхьалкхетталц. فَذَرْهُمْ يَخُوضُوا وَيَلْعَبُوا حَتَّى يُلَاقُوا يَوْمَهُمُ الَّذِي يُوعَدُونَ
43 Аят
Оцу дийнахь уьш арабевр бу кешнаш чуьра, сихбевлла, шаьш /хьалха шаьш Iибадат деш хилла болу/ тIулгашна тIе бовдуш санна‚ يَوْمَ يَخْرُجُونَ مِنَ الْأَجْدَاثِ سِرَاعًا كَأَنَّهُمْ إِلَى نُصُبٍ يُوفِضُونَ
44 Аят
Шайн бIаьргаш охьатоьхна. Сийсазалла кхуьур ю царах. И де ду-кх, царна хир ду аьлла, ваIда йина хилларг! خَاشِعَةً أَبْصَارُهُمْ تَرْهَقُهُمْ ذِلَّةٌ ذَلِكَ الْيَوْمُ الَّذِي كَانُوا يُوعَدُونَ
1 Назр бин Хьарис керстано дехна хилла Деле: "Веза Дела, хIокху Мухьаммада дуьйцург бакъ делахь, стигалара тIулгаш эгабехьа тхуна", – аьлла. Бадрехь хиллачу тIамехь ирчачу хьолехь вийна иза цо ца вешаш и алар бахьанехь.
2 Тайпа – кхузахь: берриг гергарнаш.
3 Адамо гулдо даьхни‚ дIахьулдо иза цо Делан а‚ нехан а хьаккъаш дIа ца луш.
4 Дала шена дукха даьхни делча, пис хуьлуш: закат даларций а, саг1а даккхарций а Делан а, нехан а хьакъ д1а ца луш.
5 Декхаран де – къематде. Иштта аьлла цунах адаме дуьненахь д1а ца делла декхарш д1адолуьйтур долу дела.
6 Аьтто куьйга доладина зударий – дин бахьанехь бечу тIемашкахь карабеъна болу мостагIийн зударий‚ цаьрца лело магийна шен зудчуьнца лелориг, мах ца беш. Iеламнах бертабахна, хIинца и хьал дац аьлла - лолалла массанхьа д1адаьккхина.
7 Вай хьалха хьехийна болу бусалба нах.
8 Шаьш шайн тешаллина тIехь лаьтташ берш – дуьненан х1уманах 1ехабелла я цхьаннах кхерабелла, шайн тешалла ца дохош берш.
9 Шен хеннахь, кхоччуш ламазаш деш берш.
10 Малхбалийн а, малхбузийн а Дела. Малхбале – малх схьакхета меттиг, малхбузе – малх д1абузу меттиг. Кхузахь Дала дукхаллин терахьехь аьлла Шена луург маьлхан а, баттан а, массо а седанан а схьакхета а, д1абузу меттигаш йолу дела.