71. Сурат НУХЬ

(Маккахь доьссина‚ дерриге а 28 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Баккъалла а, Оха вахийтира шен къомана тIе Нухь: "Кхерам таса хьайн къомана цунна тIе лазош долу Iазап дале"‚ – аьлла. إِنَّا أَرْسَلْنَا نُوحًا إِلَى قَوْمِهِ أَنْ أَنذِرْ قَوْمَكَ مِن قَبْلِ أَن يَأْتِيَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
2 Аят
Цо элира: "ХIай сан къам! Баккъалла а, со шуна /ваийтина/ билгала волу кхерамча ву-кх: قَالَ يَا قَوْمِ إِنِّي لَكُمْ نَذِيرٌ مُّبِينٌ
3 Аят
Далла Iибадат де‚ Цунах кхера‚ суна муьтIахь хила! أَنِ اعْبُدُوا اللَّهَ وَاتَّقُوهُ وَأَطِيعُونِ
4 Аят
/ТIаккха/ Цо гечдийр ду шуна шун къинош‚ тIаьхьатоттур ду шу /Iазап ца деш/ цхьана тоьхначу ханна – Iожалла т1екхаччалц. Баккъалла а, Делан Iожалла, ша еъча, тIаьхьатоттур яц‚ шу хууш хиллехь". يَغْفِرْ لَكُم مِّن ذُنُوبِكُمْ وَيُؤَخِّرْكُمْ إِلَى أَجَلٍ مُّسَمًّى إِنَّ أَجَلَ اللَّهِ إِذَا جَاء لَا يُؤَخَّرُ لَوْ كُنتُمْ تَعْلَمُونَ
5 Аят
Цо (Нухьас ша дукха къахьегначул тIаьхьа, наха дин тIе ца лоцуш, гаттавелча) элира: "Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ баккъалла а, ас кхайкхийра /дин/ сайн къоме буса а‚ дийнахь а. قَالَ رَبِّ إِنِّي دَعَوْتُ قَوْمِي لَيْلًا وَنَهَارًا
6 Аят
Амма сан кхайкхамо уьш /динах/ бовдар бен алсам ца даьккхи. فَلَمْ يَزِدْهُمْ دُعَائِي إِلَّا فِرَارًا
7 Аят
Баккъалла а, ас уьш мел кхайкхи Хьоьга шайна гечдан‚ цара шайн пIелгаш шайн лергаш чудуьхкура /сан кхайкхар шайна ца хазийтархьама/‚ шайн бедаршца шайн кортош хьулдора /ца хазийтархьама/‚ уьш чIагIбелира /шайн къинош тIехь/‚ курабевлира курабовларца. وَإِنِّي كُلَّمَا دَعَوْتُهُمْ لِتَغْفِرَ لَهُمْ جَعَلُوا أَصَابِعَهُمْ فِي آذَانِهِمْ وَاسْتَغْشَوْا ثِيَابَهُمْ وَأَصَرُّوا وَاسْتَكْبَرُوا اسْتِكْبَارًا
8 Аят
ТIаккха ас цаьрга кхайкхира чIогIа (ца кхоьруш, аз айдина). ثُمَّ إِنِّي دَعَوْتُهُمْ جِهَارًا
9 Аят
ТIаккха, баккъалла а, ас цаьрга кхайкхира гучохь, ас кхайкхира цаьрга къайлаха. ثُمَّ إِنِّي أَعْلَنتُ لَهُمْ وَأَسْرَرْتُ لَهُمْ إِسْرَارًا
10 Аят
Ас элира: "Гечдар деха шаьш кхиош-кхобуш волчу Деле‚ баккъалла а, Иза хилла дукха гечдийриг. فَقُلْتُ اسْتَغْفِرُوا رَبَّكُمْ إِنَّهُ كَانَ غَفَّارًا
11 Аят
Цо стигал йоуьйтур ю 1 шуна алсам /догIанца/. يُرْسِلِ السَّمَاء عَلَيْكُم مِّدْرَارًا
12 Аят
Цо гIо дийр ду шуна хьолаца‚ кIенташца‚ хуьлуьйтур ю шуна бошмаш‚ хуьлуьйтур ду шуна хиш-татолаш. وَيُمْدِدْكُمْ بِأَمْوَالٍ وَبَنِينَ وَيَجْعَل لَّكُمْ جَنَّاتٍ وَيَجْعَل لَّكُمْ أَنْهَارًا
13 Аят
Шуна хIун хилла? ХIунда дог ца доху аш Деле /Иза/ лерарца? مَّا لَكُمْ لَا تَرْجُونَ لِلَّهِ وَقَارًا
14 Аят
Цо кхоьллина шу даржаца (хьалха тIадам‚ тIаккха деттна цIий хуьлуш‚ тIаккха – т1ехк (даьIахк) хуьлуш‚ тIаккха цунна тIе жижиг латош…). وَقَدْ خَلَقَكُمْ أَطْوَارًا
15 Аят
Шуна ца го‚ муха кхоьллира Дала тIеттIа ворхI стигал? أَلَمْ تَرَوْا كَيْفَ خَلَقَ اللَّهُ سَبْعَ سَمَاوَاتٍ طِبَاقًا
16 Аят
Цо хилийтира бутт царна чохь, нур хилла‚ Цо хилийтира малх, чиркх хилла. وَجَعَلَ الْقَمَرَ فِيهِنَّ نُورًا وَجَعَلَ الشَّمْسَ سِرَاجًا
17 Аят
Дала шу схьадовлийтира лаьттах орамат /санна кхуьуш/. (Āдам лаьттах кхоьллира). وَاللَّهُ أَنبَتَكُم مِّنَ الْأَرْضِ نَبَاتًا
18 Аят
ТIаккха Цо шу юха дIадерзор ду цуьнга (лаьтте) 2 ‚ арадохур ду /лаьтта чуьра/ арадахарца /къематдийнахь/. ثُمَّ يُعِيدُكُمْ فِيهَا وَيُخْرِجُكُمْ إِخْرَاجًا
19 Аят
Дала хилийтина шуна латта, /дIабаржийна/ куз санна. وَاللَّهُ جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ بِسَاطًا
20 Аят
Шу цунна тIехула лелийтархьама, шайна шуьйра некъаш лоьцуш". لِتَسْلُكُوا مِنْهَا سُبُلًا فِجَاجًا
21 Аят
Нухьас элира: "Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ баккъалла а, цара суна Iесалла йи‚ уьш тIаьхьахIитти шен бахамо а‚ шен доьзало а шайна эшалла бен сов ца яьккхинчунна. قَالَ نُوحٌ رَّبِّ إِنَّهُمْ عَصَوْنِي وَاتَّبَعُوا مَن لَّمْ يَزِدْهُ مَالُهُ وَوَلَدُهُ إِلَّا خَسَارًا
22 Аят
Цара йи тIех йоккха мекарло: وَمَكَرُوا مَكْرًا كُبَّارًا
23 Аят
Цара элира: "Ма биталаш шайн деланаш а‚ ма виталаш Вадда а‚ СуваI а‚ ЯгIус а‚ ЯIукъ а‚ Наср а 3 !" وَقَالُوا لَا تَذَرُنَّ آلِهَتَكُمْ وَلَا تَذَرُنَّ وَدًّا وَلَا سُوَاعًا وَلَا يَغُوثَ وَيَعُوقَ وَنَسْرًا
24 Аят
/Нухьас доIа дира/: "Цара тилийра дукхахберш‚ зуламхой сов ма бахалахь тиларций бен". وَقَدْ أَضَلُّوا كَثِيرًا وَلَا تَزِدِ الظَّالِمِينَ إِلَّا ضَلَالًا
25 Аят
Шайн гIалатех (къинойх) уьш хи чу бахийтира‚ тIаккха цIерга бахийтира‚ царна ца карийра Дела воцург гIоьнчий 4 . مِمَّا خَطِيئَاتِهِمْ أُغْرِقُوا فَأُدْخِلُوا نَارًا فَلَمْ يَجِدُوا لَهُم مِّن دُونِ اللَّهِ أَنصَارًا
26 Аят
Нухьас элира: "Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь ма виталахь лаьтта тIехь цатешачарах цхьа а цIа чохь вехаш верг. وَقَالَ نُوحٌ رَّبِّ لَا تَذَرْ عَلَى الْأَرْضِ مِنَ الْكَافِرِينَ دَيَّارًا
27 Аят
Баккъалла а, Ахь уьш битахь, цара Хьан леш тилор бу‚ цара дуьнена воккхур вац къинош деш верг‚ тIех ца тешаш верг бен. إِنَّكَ إِن تَذَرْهُمْ يُضِلُّوا عِبَادَكَ وَلَا يَلِدُوا إِلَّا فَاجِرًا كَفَّارًا
28 Аят
Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь гечделахь суна а‚ сан дена-нанна а‚ ийман диллина сан цIа чу ваьллачунна а‚ муъма божаршна а‚ муъма зударшна а‚ Ахь сов ма бахалахь зуламхой, хIаллакбарций бен!" رَبِّ اغْفِرْ لِي وَلِوَالِدَيَّ وَلِمَن دَخَلَ بَيْتِيَ مُؤْمِنًا وَلِلْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ وَلَا تَزِدِ الظَّالِمِينَ إِلَّا تَبَارًا
1 Стигал йоуьйтур ю – кхузахь: дог1а доуьйтур ду (шортта).
2 Долуьйтур ду шу.
3 Вадда‚ СуваI‚ ЯгIус‚ ЯIукъ‚ Наср – Нухьан заманчохь хиллачу цIуйн (идолийн) цIерш. Дийцарехь,, уьш дика Iамал йина муъма нах хилла. ТIаьхьа наха царах шайн деланаш лаьцна.
4 Дала доссийнчу 1азапехь и духатоха цхьа а г1оьнча ца хилира царна.