72. Сурат АЛЬ-ДЖИНН

Жинаш
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 28 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Ахь āла: "Соьга ваьхьица хаийтина: "ЛадуьйгIира /Къуръане/ жинийн цхьана тобано[1]‚ тIаккха цара элира: "Баккъалла а, тхуна хезира цхьа тамаше дешар[2] ! قُلْ أُوحِيَ إِلَيَّ أَنَّهُ اسْتَمَعَ نَفَرٌ مِّنَ الْجِنِّ فَقَالُوا إِنَّا سَمِعْنَا قُرْآنًا عَجَبًا
2 Аят
Цо (Къуръано) нисво нийсачу новкъа‚ тхо цунах тийшира‚ оха лацанне а лоцур вац тхаьш кхиош-кхобуш волчу Делаца цхьа а накъост. يَهْدِي إِلَى الرُّشْدِ فَآمَنَّا بِهِ وَلَن نُّشْرِكَ بِرَبِّنَا أَحَدًا
3 Аят
Баккъалла а, лакхадели тхо кхиош-кхобуш волчу Делан возалла  ца леци Цо зуда-накъост а‚ доьзалхо а. وَأَنَّهُ تَعَالَى جَدُّ رَبِّنَا مَا اتَّخَذَ صَاحِبَةً وَلَا وَلَدًا
4 Аят
Баккъалла а, хили тхан Iовдалниг[3] олуш Далла тIехь кIорггера харцдерг. وَأَنَّهُ كَانَ يَقُولُ سَفِيهُنَا عَلَى اللَّهِ شَطَطًا
5 Аят
Тхуна моьттура цкъа а эр дац адамо а‚ жино а Далла тIехь харцдерг. وَأَنَّا ظَنَنَّا أَن لَّن تَقُولَ الْإِنسُ وَالْجِنُّ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا
6 Аят
Адамийн цхьа божарий[4] бара ларлуш жинийн божаршца (цаьргара гIо лоьцуш)  цара совбехира уьш тиларца (Делан дозанех бовларца). وَأَنَّهُ كَانَ رِجَالٌ مِّنَ الْإِنسِ يَعُوذُونَ بِرِجَالٍ مِّنَ الْجِنِّ فَزَادُوهُمْ رَهَقًا
7 Аят
Баккъалла а, царна моьттура шуна моьттуш хилларг: "Цкъа а Дала цхьа а денвийр вац"‚ – аьлла. وَأَنَّهُمْ ظَنُّوا كَمَا ظَنَنتُمْ أَن لَّن يَبْعَثَ اللَّهُ أَحَدًا
8 Аят
/Жинаша элира/: "Тхо хьакхаделира стигалах‚ тхуна иза карийра нуьцкъалчу гIаролех‚ цIе тухучу седарчех юьззина. وَأَنَّا لَمَسْنَا السَّمَاء فَوَجَدْنَاهَا مُلِئَتْ حَرَسًا شَدِيدًا وَشُهُبًا
9 Аят
Тхо хилира цигахь охьахууш ладогIаран охьахаарна. ЛадугIуш волчунна хIинца карор шена кIело йина Iаш болу цIе туху седа. وَأَنَّا كُنَّا نَقْعُدُ مِنْهَا مَقَاعِدَ لِلسَّمْعِ فَمَن يَسْتَمِعِ الْآنَ يَجِدْ لَهُ شِهَابًا رَّصَدًا
10 Аят
Тхуна хаац‚ вониг лууш ду лаьттахь болчарна я уьш кхиош-кхобуш волу Дела царна нийса некъ лууш ву. وَأَنَّا لَا نَدْرِي أَشَرٌّ أُرِيدَ بِمَن فِي الْأَرْضِ أَمْ أَرَادَ بِهِمْ رَبُّهُمْ رَشَدًا
11 Аят
Тхох диканаш а ду‚ тхох уьш доцурш а ду‚ тхо хилира тайп-тайпана некъенаш. وَأَنَّا مِنَّا الصَّالِحُونَ وَمِنَّا دُونَ ذَلِكَ كُنَّا طَرَائِقَ قِدَدًا
12 Аят
Тхуна хиира: тхан цкъа а ницкъ кхочур бац Дела (-н омранах довла) лаьттахь а‚ тхан цкъа а ницкъ кхочур бац девдда кIелхьардовла а. وَأَنَّا ظَنَنَّا أَن لَّن نُّعجِزَ اللَّهَ فِي الْأَرْضِ وَلَن نُّعْجِزَهُ هَرَبًا
13 Аят
Тхуна нийса некъ (Къуръан) хезча‚ тхо Цунах (Делах) тийшира. Ша кхиош-кхобуш волчу шен Делах тешаш верг  кхоьрур вац шен мела эшарх а‚ зулам хиларх а /къа сов даьлла/. وَأَنَّا لَمَّا سَمِعْنَا الْهُدَى آمَنَّا بِهِ فَمَن يُؤْمِن بِرَبِّهِ فَلَا يَخَافُ بَخْسًا وَلَا رَهَقًا
14 Аят
Баккъалла а, тхох /Далла/ муьт1ахь дерш а ду‚ тхох /бакъдолчух/ дIадирзинарш а ду. Ткъа шаьш /Далла/ муьт1ахь хилларш  дикачунна тIе /нийсачу новкъа/ нисбелла. وَأَنَّا مِنَّا الْمُسْلِمُونَ وَمِنَّا الْقَاسِطُونَ فَمَنْ أَسْلَمَ فَأُوْلَئِكَ تَحَرَّوْا رَشَدًا
15 Аят
Амма бакъболчу некъах дIабирзинарш  царах хили жоьжахатина ягориг". وَأَمَّا الْقَاسِطُونَ فَكَانُوا لِجَهَنَّمَ حَطَبًا
16 Аят
Уьш нисбеллехьара /исламан/ новкъа, Оха малор дара царна шортта хи (оьшучу хенахь шортта догIа доуьйтур дара Оха царна)‚ وَأَلَّوِ اسْتَقَامُوا عَلَى الطَّرِيقَةِ لَأَسْقَيْنَاهُم مَّاء غَدَقًا
17 Аят
Цуьнца уьш зерхьама. Ша кхиош-кхобуш волу шен Дела хьехорах дIавоьрзуш верг – Цо вохуьйтур ву и лан хала долчу Iазапа чу. لِنَفْتِنَهُمْ فِيهِ وَمَن يُعْرِضْ عَن ذِكْرِ رَبِّهِ يَسْلُكْهُ عَذَابًا صَعَدًا
18 Аят
Баккъалла а, маьждигаш[5] Делан ду  аш ма кхайкха Делаца цхьа а! وَأَنَّ الْمَسَاجِدَ لِلَّهِ فَلَا تَدْعُوا مَعَ اللَّهِ أَحَدًا
19 Аят
Баккъалла а, Делан лай (Мухьаммад) д1ахIоьттича Цуьнга кхойкхуш,[6] уьш (бусалба джинаш) дисира, тIеттIа цунна тIе гулделла /ладогIа лууш/. وَأَنَّهُ لَمَّا قَامَ عَبْدُ اللَّهِ يَدْعُوهُ كَادُوا يَكُونُونَ عَلَيْهِ لِبَدًا
20 Аят
Ахь āла /цу керстанашка, хIай Мухьаммад/: "Баккъалла а, ас кхойкху со кхиош-кхобуш волчу сайн Деле‚ Цуьнца цхьа а накъост ца лоцу ас". قُلْ إِنَّمَا أَدْعُو رَبِّي وَلَا أُشْرِكُ بِهِ أَحَدًا
21 Аят
Ахь āла: "Баккъалла а, со вац сан долахь шуна зен долуш‚ нийса некъ болуш а". قُلْ إِنِّي لَا أَمْلِكُ لَكُمْ ضَرًّا وَلَا رَشَدًا
22 Аят
Ахь āла: "Баккъалла а, со Делах ларор вац цхьаммо а‚ суна карор яц Иза воцург вада меттиг. قُلْ إِنِّي لَن يُجِيرَنِي مِنَ اللَّهِ أَحَدٌ وَلَنْ أَجِدَ مِن دُونِهِ مُلْتَحَدًا
23 Аят
Делера дерг а‚ Цуьнан элчаналлин дерг а дIакхачор бен /нахе дац суна тIехь/. Далла а‚ Цуьнан элчанна а Iесалла еш верг  баккъалла а, цунна жоьжахатин цIе хир ю‚ уьш цу чохь гуттар лаьтташ. إِلَّا بَلَاغًا مِّنَ اللَّهِ وَرِسَالَاتِهِ وَمَن يَعْصِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ فَإِنَّ لَهُ نَارَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا
24 Аят
Шайна хир ду аьлла ваIда йинарг галлалц  тIаккха хуур ду царна‚ мила ву вуно ледара гIоьнчий хиларца‚ вуно кIезиг ницкъ хиларца. حَتَّى إِذَا رَأَوْا مَا يُوعَدُونَ فَسَيَعْلَمُونَ مَنْ أَضْعَفُ نَاصِرًا وَأَقَلُّ عَدَدًا
25 Аят
Ахь āла: "Суна хаац‚ герга ду и шуна хир ду аьлла ваIда йинарг, я со кхиош-кхобуш волчу сан Дала цунна хан тоьхна‚ قُلْ إِنْ أَدْرِي أَقَرِيبٌ مَّا تُوعَدُونَ أَمْ يَجْعَلُ لَهُ رَبِّي أَمَدًا
26 Аят
Къайле хуург /ву Иза/‚ Цо ца кхиаво Шен къайленна тIе цхьа а عَالِمُ الْغَيْبِ فَلَا يُظْهِرُ عَلَى غَيْبِهِ أَحَدًا
27 Аят
/Ша Далла/ резахилла элча воцург[7]. Т1аккха, баккъалла а, Цо лоьлуьйту элчанна хьалхахула а‚ тIехьахула а /иза жинех а, шайт1анан васвасаллах а Iалашвеш маликийн/ тергаман тоба. إِلَّا مَنِ ارْتَضَى مِن رَّسُولٍ فَإِنَّهُ يَسْلُكُ مِن بَيْنِ يَدَيْهِ وَمِنْ خَلْفِهِ رَصَدًا
28 Аят
Шена хаийтан цара (элчанаша) дIакхачийна дуйла шаьш кхиош-кхобуш волчу шайн Делан элчаналла. Цаьргахь дерг кхоччуш хууш ву Иза‚ хIор хIума дагарйина Цо барамца". لِيَعْلَمَ أَن قَدْ أَبْلَغُوا رِسَالَاتِ رَبِّهِمْ وَأَحَاطَ بِمَا لَدَيْهِمْ وَأَحْصَى كُلَّ شَيْءٍ عَدَدًا
[1]3  10 жин.
[2]Дешар – кхузахь: Къуръан. 1арбийн дош قرءان и бохург ду.
[3]Иблис
[4]Джех1ал заманахь 1арбийн 1адат хилла, шаьш цхьана яьссачу аренга нисделча, цу меттиган жинийн элане, шайна моттарехь, шаьш массо а бохамах лардар доьхуш. Оцу г1уллакхо жинаш мелхо а майрадохура, /Делан дозанел/ т1ехдохура.
[5]Кхузахь луург  Iибадат ден меттигаш‚ сужуд дар‚ ламаз дар ду. Iибадат цхьана Далла дан деза.
[6]Iибадат деш.
[7]Элча кхиаво Дала цхьацца муIжизаташца Шен цхьайолчу къайленашна тIе.