73. Сурат АЛЬ-МУЗЗАММИЛ

ДIахьаьрчинарг
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 20 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
ХIай /бедарх/ дIахьаьрчинарг 1 ! يَا أَيُّهَا الْمُزَّمِّلُ
2 Аят
ГIатта 2 буса‚ цхьа кIеззиг /буьйса/ йитий /хьайна садаIа/. قُمِ اللَّيْلَ إِلَّا قَلِيلًا
3 Аят
Цуьнан ах /йита/‚ я цунах цхьа кIеззиг эшае. نِصْفَهُ أَوِ انقُصْ مِنْهُ قَلِيلًا
4 Аят
Я тIетоха цунна. Къуръан деша (меллаша, хазачу) дешарца. أَوْ زِدْ عَلَيْهِ وَرَتِّلِ الْقُرْآنَ تَرْتِيلًا
5 Аят
Оха дуьхьалтухур ду хьуна деза дош 3 . إِنَّا سَنُلْقِي عَلَيْكَ قَوْلًا ثَقِيلًا
6 Аят
Баккъалла а, буьйсанан хан еза ю (ламаз дечунна)‚ вуно билгал ю дашца 4 . إِنَّ نَاشِئَةَ اللَّيْلِ هِيَ أَشَدُّ وَطْءًا وَأَقْوَمُ قِيلًا
7 Аят
Баккъалла а, хьуна /дан/ дийнахь дехха гIуллакхаш ду (Къуръан деша мукъа ца волу хьо). إِنَّ لَكَ فِي اَلنَّهَارِ سَبْحًا طَوِيلًا
8 Аят
Хьехае хьуо Кхиош-Кхобуш волчун /Делан/ цIе. /Дуьненан гIуллакхех/ хада Цунна (Дала) Iибадат дарца, (дог цIена) хадарца. وَاذْكُرِ اسْمَ رَبِّكَ وَتَبَتَّلْ إِلَيْهِ تَبْتِيلًا
9 Аят
Малхбалин а‚ малхбузен а Кхиош-Кхобург ву Иза‚ вац кхин дела Иза воцург‚ лаца Цунах /хьайна/ векал (тIетовжа гIоьнча). رَبُّ الْمَشْرِقِ وَالْمَغْرِبِ لَا إِلَهَ إِلَّا هُوَ فَاتَّخِذْهُ وَكِيلًا
10 Аят
Собар де цара (Маккин керастанаша) олучунна тIехь‚ бита уьш хазачу кепара. /Дукха бехкаш ца бохуш, цатам ца беш/. وَاصْبِرْ عَلَى مَا يَقُولُونَ وَاهْجُرْهُمْ هَجْرًا جَمِيلًا
11 Аят
Вита Со а‚ и шайгахь ниIматаш долу /дин/ харцдеш берш а‚ собар де цаьрца цхьа кIеззиг. وَذَرْنِي وَالْمُكَذِّبِينَ أُولِي النَّعْمَةِ وَمَهِّلْهُمْ قَلِيلًا
12 Аят
Баккъалла а, Тхоьгахь буржалш а ду‚ /жоьжахатин/ цIе а ю. إِنَّ لَدَيْنَا أَنكَالًا وَجَحِيمًا
13 Аят
Лога чохь дуьсур долу даар а ду‚ лазош долу Iазап а ду. وَطَعَامًا ذَا غُصَّةٍ وَعَذَابًا أَلِيمًا
14 Аят
Оцу /къемат/дийнахь латта а‚ лаьмнаш а дегалур ду‚ лаьмнех хир бу Iенаш болу г1амаран барз. يَوْمَ تَرْجُفُ الْأَرْضُ وَالْجِبَالُ وَكَانَتِ الْجِبَالُ كَثِيبًا مَّهِيلًا
15 Аят
Баккъалла а, Оха ваийтина шуьга элча /Мухьаммад/ шуна тIехь теш хилла‚ Оха ФирIавне а элча /Муса/ вахийтарх терра. إِنَّا أَرْسَلْنَا إِلَيْكُمْ رَسُولًا شَاهِدًا عَلَيْكُمْ كَمَا أَرْسَلْنَا إِلَى فِرْعَوْنَ رَسُولًا
16 Аят
ФирIавн Iеса хилира элчанна – тIаккха Оха иза схьалецира чIогIачу схьалацарца. فَعَصَى فِرْعَوْنُ الرَّسُولَ فَأَخَذْنَاهُ أَخْذًا وَبِيلًا
17 Аят
Шу муха ца кхоьру /хIай къурайшийн тоба/, аш керстаналла дича, ша бераш къежбийр болчу дийнах? – فَكَيْفَ تَتَّقُونَ إِن كَفَرْتُمْ يَوْمًا يَجْعَلُ الْوِلْدَانَ شِيبًا
18 Аят
Стигал этIар ю /оцу дийнан эрчаллах/. Цуьнан (Делан) ваIда кхочушхилла. السَّمَاء مُنفَطِرٌ بِهِ كَانَ وَعْدُهُ مَفْعُولًا
19 Аят
Баккъалла а, хIара хьехам бу. Шена луучо шен Кхиош-Кхобучуьнга некъ схьалоцур бу /цунах/. إِنَّ هَذِهِ تَذْكِرَةٌ فَمَن شَاء اتَّخَذَ إِلَى رَبِّهِ سَبِيلًا
20 Аят
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучунна хууш ду хьо буьйсанан кха дèкъан шина дèкъал кIеззиг йолчу заманчохь гIаьттина /Шена Iамал еш/ вуйла‚ цуьнан ах заманчохь‚ кха дèкъан цхьа дáкъа заманчохь а‚ хьоьца болчарах цхьа тоба ю, /иштта буса гIаьттина, Iамал еш – иза а хаьа Далла/. Дáла барам бина буьйсанан а‚ дийнан а. Цунна хии шуна /ерриг буьйса я цунах дукхахъерг Iибадат дарца денъян/ мегар доцийла, /хIинца/ гечдина Цо шуна – деша Къуръанах 5 шайна атта дерг /буса/. Цунна (Далла) хии‚ шух хир ву цомгушниг‚ кхиберш лаьттахула бевлла лелаш бу Делан ниIмат лоьхуш (шайна рицкъ тардеш)‚ /цхьа/ кхиберш Делан новкъахь тIом беш бу – деша цунах (Къуръанах) шайна атта дерг. ХIоттаде ламаз‚ д1ало закат‚ аш д1ало Далла хаза декхар /юхалург/. Аш шайна хьалхадаьккхина диканиг шуна иза карор ду Далла гергахь диканиг а‚ сийлахь-еза ял а хилла. Деле гечдар дēха. Баккъалла а, Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву. إِنَّ رَبَّكَ يَعْلَمُ أَنَّكَ تَقُومُ أَدْنَى مِن ثُلُثَيِ اللَّيْلِ وَنِصْفَهُ وَثُلُثَهُ وَطَائِفَةٌ مِّنَ الَّذِينَ مَعَكَ وَاللَّهُ يُقَدِّرُ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ عَلِمَ أَن لَّن تُحْصُوهُ فَتَابَ عَلَيْكُمْ فَاقْرَؤُوا مَا تَيَسَّرَ مِنَ الْقُرْآنِ عَلِمَ أَن سَيَكُونُ مِنكُم مَّرْضَى وَآخَرُونَ يَضْرِبُونَ فِي الْأَرْضِ يَبْتَغُونَ مِن فَضْلِ اللَّهِ وَآخَرُونَ يُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ فَاقْرَؤُوا مَا تَيَسَّرَ مِنْهُ وَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ وَأَقْرِضُوا اللَّهَ قَرْضًا حَسَنًا وَمَا تُقَدِّمُوا لِأَنفُسِكُم مِّنْ خَيْرٍ تَجِدُوهُ عِندَ اللَّهِ هُوَ خَيْرًا وَأَعْظَمَ أَجْرًا وَاسْتَغْفِرُوا اللَّهَ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
1 Шега дуьххьара Делера ваьхьий деъча (Къуръан досса доладелча)‚ пайхамар ( Делан салам хиларг) дукха кхеравелла хорша еъна хилла. "Хьираъ" олучу хьеха чохь хилла иза. ТIаккха веана шен зудчуьнга Хадижате дийцина цо шена хилларг а‚ шех бедарш хьарчае‚ тIе бедарш тоха шена бохуш‚ бедарех дIахьаьрчина. Цундела боху Дала цигахь а‚ буха догIучу суратехь‚ цунах "дIахьаьрчинарг".
2 Iамал е.
3 Деза дош – к1орггера маь1на долу, шегахь доккха хьикмат долу дош.
4 Буьйса кхоьллина сада1а, цундела ламаз дан халó хуьлу. Буьйсанна массо а х1ума д1атийна хуьлу, цундела дешнаш билгала хеза.
5 Дийнахь а, буса а деш долу ламазаш. «Къуръан» аьлла Дала кхузахь ламазах, и цуьнан доккха дāкъа долу дела.