74. Сурат АЛЬ-МУДДАССИР

(Маккахь доьссина‚ дерриге а 56 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме волчу Делан цIарца
1 Аят
ХIай /бедарх/ дIахьаьрчинарг 1 ! يَا أَيُّهَا الْمُدَّثِّرُ
2 Аят
ХьалагIатта‚ кхерам таса! قُمْ فَأَنذِرْ
3 Аят
Хьуо Кхиош-Кхобург воккхаве! وَرَبَّكَ فَكَبِّرْ
4 Аят
Хьайн бедар цIанъе! وَثِيَابَكَ فَطَهِّرْ
5 Аят
Боьху хIуманаш дIатаса 2 ! وَالرُّجْزَ فَاهْجُرْ
6 Аят
Ма ло хIума, хьайна /цунах/ алссам тIекхиар лоьхуш 3 . وَلَا تَمْنُن تَسْتَكْثِرُ
7 Аят
Хьо Кхиош-Кхобучун /гIуллакхна/ собаре хила. وَلِرَبِّكَ فَاصْبِرْ
8 Аят
Сур лекхначу хенахь (шолгIа локху сур) – فَإِذَا نُقِرَ فِي النَّاقُورِ
9 Аят
Иза оцу дийнахь хала де ду. فَذَلِكَ يَوْمَئِذٍ يَوْمٌ عَسِيرٌ
10 Аят
/Делах/ тешаш боцучарна атта доцуш. عَلَى الْكَافِرِينَ غَيْرُ يَسِيرٍ
11 Аят
Вита Со а и Ас кхоьллинарг 4 а тхаьш. ذَرْنِي وَمَنْ خَلَقْتُ وَحِيدًا
12 Аят
Ас хилийтира цунна шортта даьхни а‚ وَجَعَلْتُ لَهُ مَالًا مَّمْدُودًا
13 Аят
КIентий а, шаьш цуьнца цхьаьна /гуттар/ лаьтташ. وَبَنِينَ شُهُودًا
14 Аят
Ас аьтто бира цунна /хаза/ аьтто барца. وَمَهَّدتُّ لَهُ تَمْهِيدًا
15 Аят
ТIаккха а лиира цунна Ас совдаккха /шен хьал/. ثُمَّ يَطْمَعُ أَنْ أَزِيدَ
16 Аят
ХIан-хIа! Баккъалла а, иза хилира Тхан аяташна дуьхьал. كَلَّا إِنَّهُ كَانَ لِآيَاتِنَا عَنِيدًا
17 Аят
Ас тIеюьллур ю цунна ирхо (Iазапан мохь). سَأُرْهِقُهُ صَعُودًا
18 Аят
Баккъалла а, цо ойла йора‚ хьесап а дора. إِنَّهُ فَكَّرَ وَقَدَّرَ
19 Аят
ХIаллакхиларг 5 ! Муха дора цо хьесап? فَقُتِلَ كَيْفَ قَدَّرَ
20 Аят
ТIаккха а хIаллакхиларг! Муха дора цо хьесап? ثُمَّ قُتِلَ كَيْفَ قَدَّرَ
21 Аят
ТIаккха иза хьаьжира. ثُمَّ نَظَرَ
22 Аят
ТIаккха юьхь хабийра‚ вусавелира. ثُمَّ عَبَسَ وَبَسَرَ
23 Аят
ТIаккха иза юхавелира /Къуръанах/‚ куравелира. ثُمَّ أَدْبَرَ وَاسْتَكْبَرَ
24 Аят
Цо элира: "ХIара деккъа бозбуунчалла ду /хьалха дуьйна/ схьадогIуш долу. فَقَالَ إِنْ هَذَا إِلَّا سِحْرٌ يُؤْثَرُ
25 Аят
ХIара деккъа адаман дош ду". إِنْ هَذَا إِلَّا قَوْلُ الْبَشَرِ
26 Аят
Ас вагор ву иза сакъаран /жоьжахати/ чохь. سَأُصْلِيهِ سَقَرَ
27 Аят
Хьан хаийтина хьуна‚ хIун ю и сакъар? وَمَا أَدْرَاكَ مَا سَقَرُ
28 Аят
Буха а ца вуьту цо‚ дIа а ца тосу, لَا تُبْقِي وَلَا تَذَرُ
29 Аят
Гучуйолу и адамна /геннара цуьнан юьхь Iаржъеш/. لَوَّاحَةٌ لِّلْبَشَرِ
30 Аят
Цунна тIехIоьттина ткъаяссана /малик/ ду. عَلَيْهَا تِسْعَةَ عَشَرَ
31 Аят
Жоьжахатина тIехIоьттина берш Оха маликаш бен ца хилийтина. Церан дагардар ца хилийтина Оха деккъа цатешачарна питанна бен а‚ жайнин охIлана и бакъ дуйла хаийтархьама а‚ /Делах/ тешаш берш ийманца совбахархьама а‚ шеко ца яйтархьама жайнин охIлане а‚ муъма нахе а; шайн дегнашкахь цамгар йолчаьрга а‚ цатешачаьрга а алийтархьама: "ХIун лиъна техьа Далла хIокхуьнца масал а далийна?" Иштта тилавала вуьту Дала Шена луург‚ нисво Шена луург. Хьо Кхиош-Кхобучун эскар хуур дац Цунна Шена бен. Иза беккъа хьехам бу-кх адамашна. وَمَا جَعَلْنَا أَصْحَابَ النَّارِ إِلَّا مَلَائِكَةً وَمَا جَعَلْنَا عِدَّتَهُمْ إِلَّا فِتْنَةً لِّلَّذِينَ كَفَرُوا لِيَسْتَيْقِنَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ وَيَزْدَادَ الَّذِينَ آمَنُوا إِيمَانًا وَلَا يَرْتَابَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ وَالْمُؤْمِنُونَ وَلِيَقُولَ الَّذِينَ فِي قُلُوبِهِم مَّرَضٌ وَالْكَافِرُونَ مَاذَا أَرَادَ اللَّهُ بِهَذَا مَثَلًا كَذَلِكَ يُضِلُّ اللَّهُ مَن يَشَاء وَيَهْدِي مَن يَشَاء وَمَا يَعْلَمُ جُنُودَ رَبِّكَ إِلَّا هُوَ وَمَا هِيَ إِلَّا ذِكْرَى لِلْبَشَرِ
32 Аят
ХIан-хIа! Баттах дуй боу Ас; كَلَّا وَالْقَمَرِ
33 Аят
Буьйсанах дуй боу и тIаьхьаяханчу хенахь; وَاللَّيْلِ إِذْ أَدْبَرَ
34 Аят
Сатасарх дуй боу и гучудаьллачу хенахь: وَالصُّبْحِ إِذَا أَسْفَرَ
35 Аят
Баккъалла а, иза (сакъар олу жоьжахати) уггар яккхийчарах цхьаъ ю! إِنَّهَا لَإِحْدَى الْكُبَرِ
36 Аят
Кхерамча адамашна /ю иза/. نَذِيرًا لِّلْبَشَرِ
37 Аят
Шух шен луучунна /диканна/ хьалхавала а‚ /вочунна/ тIаьхьависа а 6 . لِمَن شَاء مِنكُمْ أَن يَتَقَدَّمَ أَوْ يَتَأَخَّرَ
38 Аят
Массо а са ша карадинчуьнца закъалт ду كُلُّ نَفْسٍ بِمَا كَسَبَتْ رَهِينَةٌ
39 Аят
Аьтту куьйган дай боцурш. إِلَّا أَصْحَابَ الْيَمِينِ
40 Аят
Уьш /бошмашкахь/ вовшашка хоьттуш хир бу فِي جَنَّاتٍ يَتَسَاءلُونَ
41 Аят
Къинош диначарах: عَنِ الْمُجْرِمِينَ
42 Аят
"Хьан дигина шу сакъара чу?" مَا سَلَكَكُمْ فِي سَقَرَ
43 Аят
Цара элира: "Тхо ца хилира ламазаш дечарах, قَالُوا لَمْ نَكُ مِنَ الْمُصَلِّينَ
44 Аят
Тхо ца хилира, мискачарна хIума даош. وَلَمْ نَكُ نُطْعِمُ الْمِسْكِينَ
45 Аят
Даьсса хабарш дуьйцучаьрца /даьсса/ хабар дуьйцуш хилира тхо‚ وَكُنَّا نَخُوضُ مَعَ الْخَائِضِينَ
46 Аят
Бекхаман де 7 харцдеш хилира тхо وَكُنَّا نُكَذِّبُ بِيَوْمِ الدِّينِ
47 Аят
Тхайга бакъдерг даллалц". حَتَّى أَتَانَا الْيَقِينُ
48 Аят
Пайда бийр бац царна шапаIат дечеран шапаIато. فَمَا تَنفَعُهُمْ شَفَاعَةُ الشَّافِعِينَ
49 Аят
ХIун ду царна уьш хьехамах дIаберза? فَمَا لَهُمْ عَنِ التَّذْكِرَةِ مُعْرِضِينَ
50 Аят
Шаьш акхаевлла варраш санна‚ كَأَنَّهُمْ حُمُرٌ مُّسْتَنفِرَةٌ
51 Аят
/Кхераелла/ йовдуш ломах? فَرَّتْ مِن قَسْوَرَةٍ
52 Аят
ХIаъ, царах массо а ву лууш шега лойла схьадиллина жайнаш. بَلْ يُرِيدُ كُلُّ امْرِئٍ مِّنْهُمْ أَن يُؤْتَى صُحُفًا مُّنَشَّرَةً
53 Аят
ХIан-хIа‚ уьш ца кхоьру эхартах. كَلَّا بَل لَا يَخَافُونَ الْآخِرَةَ
54 Аят
ХIан-хIа! Баккъалла а, иза /Къуръан/ хьехам бу, كَلَّا إِنَّهُ تَذْكِرَةٌ
55 Аят
Шена /нисвала/ луучо т1елоцур бу и. فَمَن شَاء ذَكَرَهُ
56 Аят
Далла лаахь бен, цара т1елоцур-м бац. Иза ву /Шех/ кхеран охIла‚ Иза ву /Ша/ гечдаран охIла. وَمَا يَذْكُرُونَ إِلَّا أَن يَشَاء اللَّهُ هُوَ أَهْلُ التَّقْوَى وَأَهْلُ الْمَغْفِرَةِ
1 ХIара сурат доссоран бахьана хьалхалерниг ду.
2 Цара деланаш бу бохуш, лоьцучу ж1арашна (цIушна) герга ма гIолахь, хIай Мухьаммад.
3 Ахь ма ло нахана х1ума, цаьргара алссам юхахиларе дог дохуш.
4 Иза ву Валид бин МугIират Аль-Мазуми – динна дуьхьалваьлла хилла волу хьалдолу стаг.
5 Цхьа доккха инзаре х1ума дича, 1арбаша олуш хилла: قاتله الله Дала х1аллаквойла иза! Муг1иратан к1анта Валида аьлла хилла Къуръанах, и сихьр (бозбуунчалла) ду аьлла.
6 Жоьжахатих кхеравелла диканаш сиха деш, вонаш – ца деш, т1аьхьатоьттуш.
7 Бекхаман де – къематде.