75. Сурат АЛЬ-КЪИЯМА

Къемат /де/
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 40 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
ХIан-хIа! Дуй боу Ас къематдийнах. لَا أُقْسِمُ بِيَوْمِ الْقِيَامَةِ
2 Аят
ХIан-хIа! Дуй боу Ас дукха бехкаш бохучу 1 синах. وَلَا أُقْسِمُ بِالنَّفْسِ اللَّوَّامَةِ
3 Аят
Адамна моьтту те Оха янне а гулйийр яц шен даьIахкаш? أَيَحْسَبُ الْإِنسَانُ أَلَّن نَجْمَعَ عِظَامَهُ
4 Аят
ХIаъ! Ницкъ болуш ду /Тхо/ цуьнан пIелгаш /гулдина‚ вовшахтоьхна/ дIанисдан. بَلَى قَادِرِينَ عَلَى أَن نُّسَوِّيَ بَنَانَهُ
5 Аят
ХIаъ‚ луу адамна къинош дан /и къематде харцдарца/ шен хьалха /йисинчу заманчохь/. بَلْ يُرِيدُ الْإِنسَانُ لِيَفْجُرَ أَمَامَهُ
6 Аят
Хотту цо /къинош динчу керста адамо, ца вешаш/: "Маца хир ду и къематде?" – يَسْأَلُ أَيَّانَ يَوْمُ الْقِيَامَةِ
7 Аят
БIаьрса /хьере хилла/ дIатохаделча. فَإِذَا بَرِقَ الْبَصَرُ
8 Аят
Бутт лаьцча /шен нур дIадаьхьна‚ бода хилча/. وَخَسَفَ الْقَمَرُ
9 Аят
Малх а‚ бутт а вовшахтоьхча. وَجُمِعَ الشَّمْسُ وَالْقَمَرُ
10 Аят
Эр ду адамо оцу /къемат/дийнахь: "Мичахь ю дIавада меттиг?" يَقُولُ الْإِنسَانُ يَوْمَئِذٍ أَيْنَ الْمَفَرُّ
11 Аят
ХIан-хIа! ДIавада меттиг ма яц! كَلَّا لَا وَزَرَ
12 Аят
Хьуо Кхиош-Кхобучунна тIе ю оцу дийнахь дIанисвала меттиг. إِلَى رَبِّكَ يَوْمَئِذٍ الْمُسْتَقَرُّ
13 Аят
ДIадуьйцур ду оцу дийнахь адаме цо хьалхадаьккхинарг 2 а‚ цо тIаьхьатеттинарг 3 а. يُنَبَّأُ الْإِنسَانُ يَوْمَئِذٍ بِمَا قَدَّمَ وَأَخَّرَ
14 Аят
ХIаъ‚ тIаккха адам ша шена тIехь теш хир ду-кх (массо а межено тешалла дийр ду ша диначунна тIехь). بَلِ الْإِنسَانُ عَلَى نَفْسِهِ بَصِيرَةٌ
15 Аят
Шен бехказлонаш цо мел ялийча а /къобалйийр яц уьш/. وَلَوْ أَلْقَى مَعَاذِيرَهُ
16 Аят
Хьан мотт ма хьавзабе /Джабраил-малико хьайга Къуръанан аяташ доьшучу хенахь/ цуьнца сихвалархьама /хьайна дагахь цадисарна кхоьруш, хIай Мухьаммад/. لَا تُحَرِّكْ بِهِ لِسَانَكَ لِتَعْجَلَ بِهِ
17 Аят
Баккъалла а, Тхуна тIехь ду иза гулдар а /хьан даг чохь/‚ иза дешийтар а /хьан маттаца/. إِنَّ عَلَيْنَا جَمْعَهُ وَقُرْآنَهُ
18 Аят
Оха иза доьшуш, тIаьхьахIотта цуьнан дешарна. فَإِذَا قَرَأْنَاهُ فَاتَّبِعْ قُرْآنَهُ
19 Аят
ТIаккха Тхуна тIехь ду иза билгалдаккхар а. ثُمَّ إِنَّ عَلَيْنَا بَيَانَهُ
20 Аят
ХIаъ! Шу ма дезаш ду сиханиг 4 . كَلَّا بَلْ تُحِبُّونَ الْعَاجِلَةَ
21 Аят
Аш /д1атесна/ дуьтуш ма ду тIаьхьарниг (эхарт). وَتَذَرُونَ الْآخِرَةَ
22 Аят
Цхьа яххьаш хир ю оцу дийнахь екхаелла‚ وُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ نَّاضِرَةٌ
23 Аят
Шаьш Кхиош-Кхобучуьнга хьоьжуш. إِلَى رَبِّهَا نَاظِرَةٌ
24 Аят
Цхьа /кхин/ яххьаш хир ю оцу дийнахь мархаелла وَوُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ بَاسِرَةٌ
25 Аят
Шайна тIехь боккха ницкъ бина хьуна хеталуш. تَظُنُّ أَن يُفْعَلَ بِهَا فَاقِرَةٌ
26 Аят
ХIан-хIа! /Са озийна доккхуш/ и логе кхаьчча, /цо сауьйзуш/, كَلَّا إِذَا بَلَغَتْ التَّرَاقِيَ
27 Аят
Эр ду /цуьнан гергарчара/: "Хьан тавийр вара /х1ара/ 5 ?" وَقِيلَ مَنْ رَاقٍ
28 Аят
Хуур ду /адамна/ хIара /дуьненах/ дIакъастар дуйла. وَظَنَّ أَنَّهُ الْفِرَاقُ
29 Аят
/Сауьйзуш, ветталуш/ ност настарх кхетар ю. وَالْتَفَّتِ السَّاقُ بِالسَّاقِ
30 Аят
Хьуо Кхиош-Кхобучуьнга хир ду оцу дийнахь /нах/ дIалахкар /шаьш йинчу Iамалх бекхам эца/. إِلَى رَبِّكَ يَوْمَئِذٍ الْمَسَاقُ
31 Аят
Бакъ ца дора / керста адамо хIара дин/‚ ламаз а ца дора. فَلَا صَدَّقَ وَلَا صَلَّى
32 Аят
Амма харцдора /Къуръан/‚ юхавелира /ийманах/. وَلَكِن كَذَّبَ وَتَوَلَّى
33 Аят
ТIаккха шен доьзална тIе воьдура, кураволуш. ثُمَّ ذَهَبَ إِلَى أَهْلِهِ يَتَمَطَّى
34 Аят
Ма бāла бу хьуна‚ ма бāла бу! أَوْلَى لَكَ فَأَوْلَى
35 Аят
ТIаккха ма бāла бу хьуна‚ ма бāла бу! ثُمَّ أَوْلَى لَكَ فَأَوْلَى
36 Аят
Моьттуш ду те адамна ша эрна дуьтур ду /дендина барт ца хоттуш /? أَيَحْسَبُ الْإِنسَانُ أَن يُتْرَكَ سُدًى
37 Аят
Иза (адам) дацара ткъа /хилла/ тIадамах (зудчун беран ц1ачу кхетначу стеган хих)? أَلَمْ يَكُ نُطْفَةً مِّن مَّنِيٍّ يُمْنَى
38 Аят
ТIаккха дукъаделла ц1ий хилира цунах. ТIаккха Цо кхоьллира /цунах адам/‚ нисвира иза /шен меженашца/. ثُمَّ كَانَ عَلَقَةً فَخَلَقَ فَسَوَّى
39 Аят
ТIаккха цунах Цо хилийтира шиъ: боьрша стаг а‚ зуда а. فَجَعَلَ مِنْهُ الزَّوْجَيْنِ الذَّكَرَ وَالْأُنثَى
40 Аят
Ткъа И /Дела, Ша цу кепара тамаше х1уманаш кхоьллинарг/ ницкъ кхочуш вац белларш денбан? 6 /Ву, Делора!/ أَلَيْسَ ذَلِكَ بِقَادِرٍ عَلَى أَن يُحْيِيَ الْمَوْتَى
1 Вон хIуманаш дича, шен дегIана бехкаш бохкур долу, Делах кхоьруш хилла адаман са.
2 Стаго ша дийна волуш дуьненахь йина 1амалш, дика елахь а, вон елахь а, дукха елахь а, к1еззиг елахь а.
3 Стаг веллачул т1аьхьа буха йисина дика ц1е, дика 1амал я вон ц1е, вон 1амал. Хьадисехь ду: дика суннат дендинчунна цуьнца 1амал мел йиначунна хуьлу мела хир бу къематде даллалц, вукхарна эша а ца беш. Иштта вон 1адат (къа хуьлу г1уллакх) гучудаьккхинчунна шена а къа хир ду, и веллачул т1аьхьа а, и 1адат мел лелийнчунна хуьлу къа а хир ду къематде кхаччалц, вукхарна эша а ца деш.
4 Сиха чекхдер долу дуьне.
5 Хир вац оцу хенахь и таван цхьа а.
6 И аят дешча, Делан элчано ﷺ олуш хилла: سبحان أللهم بلى “СубхьаналлохIумма. Бала.” (“Вонах цIанво Хьо, веза Дела. ХIаъ. Ву Хьо массо а хIуманна тIехь ницкъ берг”)