76. Сурат АЛЬ-ИНСАН

Адам
(Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 31 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Еара май адамна тIе заманан цхьа киртиг 1 , и ша хьехо хIума а йоцуш. هَلْ أَتَى عَلَى الْإِنسَانِ حِينٌ مِّنَ الدَّهْرِ لَمْ يَكُن شَيْئًا مَّذْكُورًا
2 Аят
Баккъалла а, Оха кхоьллира адам ийначу тIадамах 2 ‚ Оха иза зуьйш ву /тIе декхарш дахкарца‚ бāланаш кхиссарца/. ТIаккха хилийтира иза хезаш а‚ гуш а. إِنَّا خَلَقْنَا الْإِنسَانَ مِن نُّطْفَةٍ أَمْشَاجٍ نَّبْتَلِيهِ فَجَعَلْنَاهُ سَمِيعًا بَصِيرًا
3 Аят
Баккъалла а, Оха иза нисвира новкъа: я цо баркалла олуш 3 ‚ я керстадеш. إِنَّا هَدَيْنَاهُ السَّبِيلَ إِمَّا شَاكِرًا وَإِمَّا كَفُورًا
4 Аят
Баккъалла а, Оха кечйина цатешачарна зIенаш а‚ буржалш а‚/жоьжахатин/ цIе а. إِنَّا أَعْتَدْنَا لِلْكَافِرِينَ سَلَاسِلَا وَأَغْلَالًا وَسَعِيرًا
5 Аят
Баккъалла /Дала бохург деш/ дика хиллачара мер ду кеда чуьра /хаза маларш/, шех кафур (хаза хьожа йогIу хIума) тоьхна долу. إِنَّ الْأَبْرَارَ يَشْرَبُونَ مِن كَأْسٍ كَانَ مِزَاجُهَا كَافُورًا
6 Аят
Шовданан хи муьйлур ду Делан леша‚ шаьш и схьадоккхуш /шайна луучохь/ шортта схьадаккхарца. عَيْنًا يَشْرَبُ بِهَا عِبَادُ اللَّهِ يُفَجِّرُونَهَا تَفْجِيرًا
7 Аят
Уьш кхочушдеш бу /Далла Iибадат дан/ делла дош‚ уьш кхоьруш бу /къемат/ дийнах‚ шен вон чIогIа даьржина хиллачу. يُوفُونَ بِالنَّذْرِ وَيَخَافُونَ يَوْمًا كَانَ شَرُّهُ مُسْتَطِيرًا
8 Аят
Цара даадо даар, шайна деззашехь, мискачунна а‚ боберана а‚ йийсарна а, وَيُطْعِمُونَ الطَّعَامَ عَلَى حُبِّهِ مِسْكِينًا وَيَتِيمًا وَأَسِيرًا
9 Аят
/Шаьш олуш/: "Оха даадо шуна Делан юьхьана (Делан дуьхьа)‚ тхуна ца оьшу шуьгара бекхам а‚ баркалла а. إِنَّمَا نُطْعِمُكُمْ لِوَجْهِ اللَّهِ لَا نُرِيدُ مِنكُمْ جَزَاء وَلَا شُكُورًا
10 Аят
Баккъалла а, тхо кхоьру тхан Кхиош-Кхобучуьнгара 4 яххьаш чIогIа хебар йолчу дийнах 5 ". إِنَّا نَخَافُ مِن رَّبِّنَا يَوْمًا عَبُوسًا قَمْطَرِيرًا
11 Аят
Дала ларийра уьш оцу дийнан вонах‚ диллира /церан яьххьаш т1е/ бослепар а‚ хазахетар а. فَوَقَاهُمُ اللَّهُ شَرَّ ذَلِكَ الْيَوْمِ وَلَقَّاهُمْ نَضْرَةً وَسُرُورًا
12 Аят
Бекхам бира царна шаьш /Далла ечу Iамална тIехь/ собар дарна бешций 6 ‚ дариций. وَجَزَاهُم بِمَا صَبَرُوا جَنَّةً وَحَرِيرًا
13 Аят
Цигахь уьш Iийр бу маьнганаш тIетевжина. Царна гур бац цигахь малх а‚ шело а 7 مُتَّكِئِينَ فِيهَا عَلَى الْأَرَائِكِ لَا يَرَوْنَ فِيهَا شَمْسًا وَلَا زَمْهَرِيرًا
14 Аят
Гергахь хир ду царна /цу бешан/ IиндагIа‚ охьакхевдина хир бу цуьнан стоьмаш охьакховдарх (аьтто хуьлуш шаьш бāха ирахIоьттина волчунна а‚ охьахиъна волчунна а‚ вижна волчунна а). وَدَانِيَةً عَلَيْهِمْ ظِلَالُهَا وَذُلِّلَتْ قُطُوفُهَا تَذْلِيلًا
15 Аят
Царна тIехьийзор бу дато пхьегIица‚ чохь са гучу кедаца /кегий нах/ – وَيُطَافُ عَلَيْهِم بِآنِيَةٍ مِّن فِضَّةٍ وَأَكْوَابٍ كَانَتْ قَوَارِيرَا
16 Аят
Дато чохь са гучу кедаца (оцу тIехьийзачара хьуна мала бегIийла йолчу кепара малар) дIалуш. قَوَارِيرَ مِن فِضَّةٍ قَدَّرُوهَا تَقْدِيرًا
17 Аят
Цигахь малор бу чагIаран кад‚ шех занжабил 8 тоьхна болу. وَيُسْقَوْنَ فِيهَا كَأْسًا كَانَ مِزَاجُهَا زَنجَبِيلًا
18 Аят
Цигахь /малор ду/ шовда‚ шех салсабиль олу. عَيْنًا فِيهَا تُسَمَّى سَلْسَبِيلًا
19 Аят
Царна тIехьийзар бу къан ца лун кегирхой‚ хьуна уьш гича, дIасадаьржина луълуъ ду моьттуш. وَيَطُوفُ عَلَيْهِمْ وِلْدَانٌ مُّخَلَّدُونَ إِذَا رَأَيْتَهُمْ حَسِبْتَهُمْ لُؤْلُؤًا مَّنثُورًا
20 Аят
Хьо хьаьжначу хенахь‚ цигахь хьуна гур ду ниIматаш а‚ доккха /чаккхе йоцуш/ мулк (ниIмат, Дала хьуна делла долу). وَإِذَا رَأَيْتَ ثَمَّ رَأَيْتَ نَعِيمًا وَمُلْكًا كَبِيرًا
21 Аят
Царна тIедуьйхина хир ду дуткъачу баьццарчу дарин духар а‚ стоммачу дарин духар а‚ уьш хазбина хир бу дато чIагаршца‚ уьш Кхиош-Кхобучо царна малор ду цIена малар а. عَالِيَهُمْ ثِيَابُ سُندُسٍ خُضْرٌ وَإِسْتَبْرَقٌ وَحُلُّوا أَسَاوِرَ مِن فِضَّةٍ وَسَقَاهُمْ رَبُّهُمْ شَرَابًا طَهُورًا
22 Аят
"Баккъалла а, хIара хили шуна бекхамна /аш йина дика Iамалш бахьанехь/‚ шун /дуьненахь/ къахьегар хили /х1инца/ баркалле 9 ". إِنَّ هَذَا كَانَ لَكُمْ جَزَاء وَكَانَ سَعْيُكُم مَّشْكُورًا
23 Аят
Баккъалла а, Оха доссора хьоьга Къуръан /кIез-кIеззиг/ доссорца. إِنَّا نَحْنُ نَزَّلْنَا عَلَيْكَ الْقُرْآنَ تَنزِيلًا
24 Аят
Хьо собаре хила хьуо Кхиош-Кхобучун хьукамна‚ хьо муьтIахь ма хила царах къинош дечунна а‚ /дин/ керста дечунна 10 . فَاصْبِرْ لِحُكْمِ رَبِّكَ وَلَا تُطِعْ مِنْهُمْ آثِمًا أَوْ كَفُورًا
25 Аят
Ахь хьехае хьуо Кхиош-Кхобучун цIе Iуьйранна а‚ суьйранна а.(Ламазаш де, Iибадат де Далла). وَاذْكُرِ اسْمَ رَبِّكَ بُكْرَةً وَأَصِيلًا
26 Аят
Буьйсанах а /цхьана декъехь/ сужуд де Цунна‚ тасбихь а де Цунна еххачу буьйсанна. (Буьйса денъе Далла Iибадат дарца). وَمِنَ اللَّيْلِ فَاسْجُدْ لَهُ وَسَبِّحْهُ لَيْلًا طَوِيلًا
27 Аят
Баккъалла а, хIорш дукхадезаш бу сиха чекхдаьн дерг (дуьне)‚ дуьту шайна тIехьа деза (хала) де – /къематде/. إِنَّ هَؤُلَاء يُحِبُّونَ الْعَاجِلَةَ وَيَذَرُونَ وَرَاءهُمْ يَوْمًا ثَقِيلًا
28 Аят
Оха кхоьллина уьш‚ чIагIйина церан меженаш. Тхуна лиъча, Оха /уьш/ хуьйцур бара царах терачаьрца хийцарца. نَحْنُ خَلَقْنَاهُمْ وَشَدَدْنَا أَسْرَهُمْ وَإِذَا شِئْنَا بَدَّلْنَا أَمْثَالَهُمْ تَبْدِيلًا
29 Аят
Баккъалла а, хIара хьехам бу‚ шена луучо т1елаьцна /иза/ ша Кхиош-Кхобучуьнга некъ бина. إِنَّ هَذِهِ تَذْكِرَةٌ فَمَن شَاء اتَّخَذَ إِلَى رَبِّهِ سَبِيلًا
30 Аят
Шуна луур дац, Далла лаахь бен. Баккъалла а, Дела хили хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а. وَمَا تَشَاؤُونَ إِلَّا أَن يَشَاء اللَّهُ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيمًا حَكِيمًا
31 Аят
Цо вохуьйту Шена луург Шен къинхетамна чу. Ткъа зуламхой – царна Цо кечдина лазош долу Iазап. يُدْخِلُ مَن يَشَاء فِي رَحْمَتِهِ وَالظَّالِمِينَ أَعَدَّ لَهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا
1 Āдаман дег1 кхоьллинчул т1аьхьа, 40 шо даьлча бен, цу чу са ца диллира Дала. Я адам ненан кийрахь долу хан.
2 Боьршачун а, стечун а хих, аьлча а, боьршачун оралла (х1у) а‚ стечун зирх а вовшахъийча, кхоллало бер.
3 Нахах бу тешаш берш а‚ цатешаш берш а. Аято гойту Дала адамна билгалбаьккхина хилар ийманан некъ а, керстаналлин некъ а, ткъа цо ша хоржу шена иза я важа.
4 Кхиош-Кхобург – кхузахь а‚ кхечахь а Дела бохург ду‚ Iарбийн رب "Рабб" бохучун метта яздеш ду иза. Кхин а оцунах лаьцнарг хьалха деана.
5 Къематде‚ шегахь кхерам дукха болу‚ Дела харцвинчу нехан яьххьаш хебар йолу.
6 Ялсаманица‚ цу чохь дарин бедар юхарца.
7 Царна хир яц цигахь (ялсамани чохь) йовхо а‚ шело а.
8 Хаза хьожа йолу‚ чам болу стом (инбирь) я ялсаманин шовда.
9 Иштта эр ду цаьрга маликаша уьш ялсамани чу баханчул тIаьхьа, царна и ниIматаш гинчул тIаьхьа.
10 Бакъ дин харцдечунна.