77. Сурат АЛЬ-МУРСАЛЯТ

ТIеттIа дохуьйту мехаш
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 50 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
ТIеттIа дохуьйтучу мехашех /дуй боу Ас/‚ وَالْمُرْسَلَاتِ عُرْفًا
2 Аят
Нуьцкъала хьоькхучу мехашех /дуй боу Ас/‚ فَالْعَاصِفَاتِ عَصْفًا
3 Аят
/ДогIа/ даржочу мехашех /дуй боу Ас/‚ /я догIа даийта мархаш лохкучу маликех/, وَالنَّاشِرَاتِ نَشْرًا
4 Аят
/Бакъдерг харцдолчух‚ хьанал дерг хьарам долчух/ къасточу /маликех/ дуй боу Ас‚ فَالْفَارِقَاتِ فَرْقًا
5 Аят
Хьехам /пайхамаршка/ дIалуш долчу /маликех/ /дуй боу Ас/‚ فَالْمُلْقِيَاتِ ذِكْرًا
6 Аят
/Далла наха/ бехк ца биллийтарна /шайга элчанаш ца бахкийтира аьлла/‚ /Делера/ кхерам тасарца а /доуьйту и ваьхьий/: عُذْرًا أَوْ نُذْرًا
7 Аят
Баккъалла а, шуна ваIда йинарг хилаза ца долу /и къематде дог1ур ду:/ إِنَّمَا تُوعَدُونَ لَوَاقِعٌ
8 Аят
Седарчий дIадайинчу[1] хенахь‚ فَإِذَا النُّجُومُ طُمِسَتْ
9 Аят
Стигал единчу хенахь‚ وَإِذَا السَّمَاء فُرِجَتْ
10 Аят
Лаьмнаш нисдина дIасадаьржинчу хенахь‚ وَإِذَا الْجِبَالُ نُسِفَتْ
11 Аят
Элчанаш /гулбан тешалла дан/ хан тоьхначу хенахь. وَإِذَا الرُّسُلُ أُقِّتَتْ
12 Аят
Муьлхачу денна тIаьхьатеттина /элчанийн тешалла/? لِأَيِّ يَوْمٍ أُجِّلَتْ
13 Аят
Къастаман[2] денна! لِيَوْمِ الْفَصْلِ
14 Аят
Стен хаийтина хьоьга /хIай Мухьаммад/‚ хIун ду и къастаман де? وَمَا أَدْرَاكَ مَا يَوْمُ الْفَصْلِ
15 Аят
Боккха бāла[3] бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна. وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ
16 Аят
Оха хIаллак ца бина хьалха хилларш? أَلَمْ نُهْلِكِ الْأَوَّلِينَ
17 Аят
ТIаккха царна тIаьхьабохуьйтур бу Оха тIаьхьахилларш. ثُمَّ نُتْبِعُهُمُ الْآخِرِينَ
18 Аят
Иштта /та1зар/ до Оха къинош леточарна. كَذَلِكَ نَفْعَلُ بِالْمُجْرِمِينَ
19 Аят
Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна. وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ
20 Аят
Оха ца кхоьллина шу хIумма а йоцчу хих[4]? أَلَمْ نَخْلُقكُّم مِّن مَّاء مَّهِينٍ
21 Аят
Т1аккха Оха дIа ма нисдира иза чIогIачу меттигехь[5]. فَجَعَلْنَاهُ فِي قَرَارٍ مَّكِينٍ
22 Аят
Цхьа билгала хан тIекхаччалц. إِلَى قَدَرٍ مَّعْلُومٍ
23 Аят
Оха дIанисдира‚ дика дIанисдийраш а ду /Тхо/. فَقَدَرْنَا فَنِعْمَ الْقَادِرُونَ
24 Аят
Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна. وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ
25 Аят
Оха ца хилийтира латта /шуна/ дIатардала меттиг хила, أَلَمْ نَجْعَلِ الْأَرْضَ كِفَاتًا
26 Аят
Дийна болчарна а‚ беллачарна а? أَحْيَاء وَأَمْوَاتًا
27 Аят
Оха хилийтира цунна (лаьттана) тIехь лекха лаьмнаш‚ шуна малора теза хи (хаза чам болу, дег1ана томе долу хи). وَجَعَلْنَا فِيهَا رَوَاسِيَ شَامِخَاتٍ وَأَسْقَيْنَاكُم مَّاء فُرَاتًا
28 Аят
Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна. وَيْلٌ يوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ
29 Аят
/Эр ду маликаша/: "ДIагIо /хIинца/ шаьш ша харцдеш хиллачунна (жоьжахатин Iазапна) тIе! انطَلِقُوا إِلَى مَا كُنتُم بِهِ تُكَذِّبُونَ
30 Аят
ДIагIо шен кхо дāкъа долчу IиндагIе[6]!" انطَلِقُوا إِلَى ظِلٍّ ذِي ثَلَاثِ شُعَبٍ
31 Аят
IиндагIа а хир дац /цунах/‚ цIерах а лардийр дац цо. لَا ظَلِيلٍ وَلَا يُغْنِي مِنَ اللَّهَبِ
32 Аят
Баккъалла а, цо суйнаш кхуьссур ду, гIаланаш санна (даккхий)‚ إِنَّهَا تَرْمِي بِشَرَرٍ كَالْقَصْرِ
33 Аят
Шаьш можа эмкалш санна. كَأَنَّهُ جِمَالَتٌ صُفْرٌ
34 Аят
Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна! وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ
35 Аят
Иза де ду  уьш бист хир бац. هَذَا يَوْمُ لَا يَنطِقُونَ
36 Аят
Царна пурба лур дац тIаккха цара бехказлонаш ян. وَلَا يُؤْذَنُ لَهُمْ فَيَعْتَذِرُونَ
37 Аят
Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна! وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ
38 Аят
Иза къастаман де ду. Оха гулдийр ду шу а‚ хьалхарнаш а. هَذَا يَوْمُ الْفَصْلِ جَمَعْنَاكُمْ وَالْأَوَّلِينَ
39 Аят
Шайна цхьа мекарло хиллехь‚ е Суна /шайн/ мекарло[7]! فَإِن كَانَ لَكُمْ كَيْدٌ فَكِيدُونِ
40 Аят
Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна! وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ
41 Аят
Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш  уьш хир бу IиндагIехь а‚ шовданашкахь а‚ إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي ظِلَالٍ وَعُيُونٍ
42 Аят
Шайна безначу стоьмашкахь а. وَفَوَاكِهَ مِمَّا يَشْتَهُونَ
43 Аят
ГIоза даа‚ гIоза мала, шаьш Iамал йина ма хилла! كُلُوا وَاشْرَبُوا هَنِيئًا بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
44 Аят
Оха иштта бекхам бо дикачарна! إِنَّا كَذَلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنينَ
45 Аят
Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна! وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ
46 Аят
Даа‚ кIеззиг пайда эца /дуьненахь/: баккъалла а, шу къинош динарш ду-кх[8]! كُلُوا وَتَمَتَّعُوا قَلِيلًا إِنَّكُم مُّجْرِمُونَ
47 Аят
Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна! وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ
48 Аят
Цаьрга аьлча: "Гора гIо /ламаз де/!"  уьш гора ца гIора. وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ ارْكَعُوا لَا يَرْكَعُونَ
49 Аят
Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна! وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ
50 Аят
Муьлхачу дийцарх цул тIаьхьа уьш тешар бу? فَبِأَيِّ حَدِيثٍ بَعْدَهُ يُؤْمِنُونَ ( الجزء الثلاثون )
[1]Седарчийн нур дIадаьккхинчу хенахь  къематдийнахь.
[2]Дика Iамалш йинарш къинош диначарах къастор болу де  къематде.
[3]Iарбашха ويل "вайлун"  жоьжахатин боьра я боккха бала.
[4]Божарийн хIу  сперма.
[5]Ненан кийрахь  берийн цIа чохь (матка).
[6]Жоьжахатин кIур: иза бекъалур бу кха декъе.
[7]Жоьжахатин Iазапах кIелхьардовла хIилла леладе шайна, хIай цатешарш.
[8]И эр ду маликаша къинош диначаьрга.