78. Сурат АН-НАБАЪ

Хабар
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 40 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Стенах /лаьцна/ вовшашка хоьтту цара? عَمَّ يَتَسَاءلُونَ
2 Аят
Сийлахь-доккхачу хабарх! عَنِ النَّبَإِ الْعَظِيمِ
3 Аят
Шаьш цу чохь хилпало йолуш долчу. الَّذِي هُمْ فِيهِ مُخْتَلِفُونَ
4 Аят
ХIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду царна! كَلَّا سَيَعْلَمُونَ
5 Аят
ТIаккха а хIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду царна! ثُمَّ كَلَّا سَيَعْلَمُونَ
6 Аят
Оха ца дина латта, мотт 1 хилла ? أَلَمْ نَجْعَلِ الْأَرْضَ مِهَادًا
7 Аят
Лаьмнаш, хьостамий 2 хилла? وَالْجِبَالَ أَوْتَادًا
8 Аят
Оха кхоьллина шу шишша (боьрша а‚ стен а). وَخَلَقْنَاكُمْ أَزْوَاجًا
9 Аят
Оха хилийтина шун наб, садаIар хилла. وَجَعَلْنَا نَوْمَكُمْ سُبَاتًا
10 Аят
Оха хилийтина буьйса, духар 3 хилла. وَجَعَلْنَا اللَّيْلَ لِبَاسًا
11 Аят
Оха хилийтина де, дахар хилла /шайн хьашташ кхочушдан/ وَجَعَلْنَا النَّهَارَ مَعَاشًا
12 Аят
Оха йоьг1на шуна тIехула ворхI чIогIа /стигал/‚ وَبَنَيْنَا فَوْقَكُمْ سَبْعًا شِدَادًا
13 Аят
Оха бина т1ех лепаш чиркх (малх). وَجَعَلْنَا سِرَاجًا وَهَّاجًا
14 Аят
Оха даийтина Iаьвдаш йолчу мархашна юккъера дуттуш долу хи (догIа). وَأَنزَلْنَا مِنَ الْمُعْصِرَاتِ مَاء ثَجَّاجًا
15 Аят
Цуьнца Оха схьабаккхархьама буьртиг а‚ орамат а‚ لِنُخْرِجَ بِهِ حَبًّا وَنَبَاتًا
16 Аят
Луьста бошмаш а. وَجَنَّاتٍ أَلْفَافًا
17 Аят
Баккъалла а, къастаман де хилла хан тоьхна. إِنَّ يَوْمَ الْفَصْلِ كَانَ مِيقَاتًا
18 Аят
Оцу дийнахь сур локхур ю – шу догIур ду тобанашца. يَوْمَ يُنفَخُ فِي الصُّورِ فَتَأْتُونَ أَفْوَاجًا
19 Аят
ДIаеллира стигал – цунах хилира неIарш. وَفُتِحَتِ السَّمَاء فَكَانَتْ أَبْوَابًا
20 Аят
ДIадихьира лаьмнаш – /царах/ дисира шаьш хилла сурт 4 . وَسُيِّرَتِ الْجِبَالُ فَكَانَتْ سَرَابًا
21 Аят
Баккъалла а, жоьжахати хилира кIелонна йоьгIна (керстанаш чубахкаре хьоьжуш)‚ إِنَّ جَهَنَّمَ كَانَتْ مِرْصَادًا
22 Аят
/Делан дозанех/ тIехбевллачарна чугIойла хилла. لِلْطَّاغِينَ مَآبًا
23 Аят
Лаьттар бу уьш цу чохь дуккха а хенашкахь. لَابِثِينَ فِيهَا أَحْقَابًا
24 Аят
Iовшур дац цара цу чохь, шело а‚ малар а, لَّا يَذُوقُونَ فِيهَا بَرْدًا وَلَا شَرَابًا
25 Аят
Лалийна хи а‚ наткъарш бен. إِلَّا حَمِيمًا وَغَسَّاقًا
26 Аят
/Царна/ нийсса богIуш бекхам бу /иза/. جَزَاء وِفَاقًا
27 Аят
Баккъалла а, уьш хилира дог ца дохуш /шаьш динчун/ хьесапе. إِنَّهُمْ كَانُوا لَا يَرْجُونَ حِسَابًا
28 Аят
Цара харцдора Тхан аяташ т1ех харцдарца. وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا كِذَّابًا
29 Аят
Массо а хIума дIатергалдина Оха жайница 5 ! وَكُلَّ شَيْءٍ أَحْصَيْنَاهُ كِتَابًا
30 Аят
Iовша шайна! Совдоккхур дац Оха шуна Iазап бен. فَذُوقُوا فَلَن نَّزِيدَكُمْ إِلَّا عَذَابًا
31 Аят
Баккъалла а, /Делах/ кхоьручарна тола меттиг ма ю /ялсамани чохь/. إِنَّ لِلْمُتَّقِينَ مَفَازًا
32 Аят
Бошмаш а‚ кемсаш а /ю царна/.

حَدَائِقَ وَأَعْنَابًا
33 Аят
/Царна/ накхош горга долу‚ шерашца цхьанийса болу мехкарий /хир бу/.

وَكَوَاعِبَ أَتْرَابًا
34 Аят
Буьззина /маларан/ кад а /хир бу/.

وَكَأْسًا دِهَاقًا
35 Аят
Царна хезар дац цу чохь даьсса хабар а‚ харцдерг а.

لَّا يَسْمَعُونَ فِيهَا لَغْوًا وَلَا كِذَّابًا
36 Аят
Бекхам бу /иза/ хьо Кхиош-Кхобучуьнгара‚ совгIат а‚ хьесап а /Цуьнгара/ хилла, جَزَاء مِّن رَّبِّكَ عَطَاء حِسَابًا
37 Аят
Стигалийн а‚ лаьттан а царна юккъехь мел долчун а Кхиош-Кхобучуьнгара, Ша сов къинхетаме волчуьнгара. 6 Цуьнгара хабар дийцаран доладийр дац цара.

رَبِّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا الرحْمَنِ لَا يَمْلِكُونَ مِنْهُ خِطَابًا
38 Аят
Оцу дийнахь д1ахIуттур ду Са 7 а‚ маликаш а могIарехь. Вист хир вац шена Сов Къинхетаме волчо пурба делларг бен – цо а эр ду бакъдерг.

يَوْمَ يَقُومُ الرُّوحُ وَالْمَلَائِكَةُ صَفًّا لَّا يَتَكَلَّمُونَ إِلَّا مَنْ أَذِنَ لَهُ الرحْمَنُ وَقَالَ صَوَابًا
39 Аят
Иза хьакъ-бакъ долу де ду. Шена лиъначо схьалаьцна шен Кхиош-Кхобучуьнга дIаверзаран некъ.

ذَلِكَ الْيَوْمُ الْحَقُّ فَمَن شَاء اتَّخَذَ إِلَى رَبِّهِ مَآبًا

40. Баккъалла а, Оха кхерам тесна шуна гергахь долчу Iазапца – оцу дийнахь адам хьожур ду шен шина куьйго хьалхадаьккхинчуьнга 8 ‚ эр ду керстано 9 : "Эх1! Сох хилла белхьара поппар /-ан чан/! 10 "

إِنَّا أَنذَرْنَاكُمْ عَذَابًا قَرِيبًا يَوْمَ يَنظُرُ الْمَرْءُ مَا قَدَّمَتْ يَدَاهُ وَيَقُولُ الْكَافِرُ يَا لَيْتَنِي كُنتُ تُرَابًا
1 Мотт санна, к1еда, т1ехула лела а, х1ума ен а.
2 Хьостамаша санна, латта ч1аг1до лаьмнаша.
3 Шу массо а хIуманах хьуллой, паргIатдуьйлуш.
4 Мираж – довхачу дийнахь яьссачу аренгахь цхьана хIуманан сурт хIоттар .
5 Жайница – д1аяздарца. Адамо мел деш дерг д1аяздеш ду маликаша къематдийнахь бекхам байта.
6 Сов къинхетаме верг – кхузахь а‚ кхин дIа: Дела‚ Iарбийн الرحمان " аль-Рахьман" бохучу дешан маьIнехь ду иза.
7 Джабраил-малик. Са аьлла цунах цо элчанашка Делера ваьхьий кхоьхьуш хиларна, цаьрца нехан дегнаш дендеш.
8 Ша дуьненахь йина хилла йолу Iамал – дика ялахь а, вон ялахь а – гур ю адамна.
9 Кхузахь а‚ кхин дIа: керста – Делах ца тешаш хилларг."Христианин" бохург дац иза. Царах "Насараш" аьлла, деана а, догIур а ду‚ Дала мукъалахь.
10 Иза эр ду цо Дала бекхам эцна, хьайбанашка "поппар хила шух" аьллачул тIаьхьа‚ шена хир долу Iазап гуш.