79. Сурат АН-НАЗИIАТ

Схьадохурш
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 46 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Шаьш нуьцкъала /керстанийн синош/ схьадохучу /маликех/ дуй боу Ас, وَالنَّازِعَاتِ غَرْقًا
2 Аят
Шаьш жигара[1] /муъма нехан синош/ схьаоьцучу /маликех/ дуй боу Ас, وَالنَّاشِطَاتِ نَشْطًا
3 Аят
Нека дечарах[2], нека дарца, дуй боу Ас, وَالسَّابِحَاتِ سَبْحًا
4 Аят
Сихлуш долчарах[3], сихдаларца, дуй боу Ас, فَالسَّابِقَاتِ سَبْقًا
5 Аят
/Делан/ омра шен-шен метта дIадоькъучарах /маликех/ а дуй боу Ас: فَالْمُدَبِّرَاتِ أَمْرًا
6 Аят
Оцу дийнахь /Iалам/ эгор ду эгочо[4]. يَوْمَ تَرْجُفُ الرَّاجِفَةُ
7 Аят
Цунна тIаьххьа хир ду тIаьхьадогIург[5]. تَتْبَعُهَا الرَّادِفَةُ
8 Аят
Дегнаш оцу дийнахь /кхераделла/ детталур ду. قُلُوبٌ يَوْمَئِذٍ وَاجِفَةٌ
9 Аят
Церан хьежар /шайн ирча хьал гучудаьлча, сийсазадаьлла/ охьатаь1на хир ду. أَبْصَارُهَا خَاشِعَةٌ
10 Аят
Олура цара /дуьненахь болуш, ца бешаш/: "Вай юхадерзор ду вай схьадаьллачу /дахаре/ يَقُولُونَ أَئِنَّا لَمَرْدُودُونَ فِي الْحَافِرَةِ
11 Аят
Вайх хиллачул тIаьхьа яхкаелла даьIахкаш?" أَئِذَا كُنَّا عِظَامًا نَّخِرَةً
12 Аят
Олура цара: "Иза хIета пайдабоцу юхадерзар ма ду"[6]. قَالُوا تِلْكَ إِذًا كَرَّةٌ خَاسِرَةٌ
13 Аят
Баккъалла а, иза беккъа цхьа мохь хир бу. (Исрафил-малико сур лакхар). فَإِنَّمَا هِيَ زَجْرَةٌ وَاحِدَةٌ
14 Аят
Уьш берриге а /денбина/ латта тIехь хир бу. فَإِذَا هُم بِالسَّاهِرَةِ
15 Аят
Хьоьга деъний /хIай Мухьаммад/ Мусан хабар? هَلْ أتَاكَ حَدِيثُ مُوسَى
16 Аят
Цуьнга кхайкхира иза Кхиош-Кхобучо ТIува цIе йолчу езачу атагIахь: إِذْ نَادَاهُ رَبُّهُ بِالْوَادِ الْمُقَدَّسِ طُوًى
17 Аят
"Хьада, ФирIавнна тIе гIо‚ иза тIехваьлла /Делан дозанех/. اذْهَبْ إِلَى فِرْعَوْنَ إِنَّهُ طَغَى
18 Аят
Ахь āла /цуьнга/: "Хьо /ширках/ цIанвала дагахь вуй? فَقُلْ هَل لَّكَ إِلَى أَن تَزَكَّى
19 Аят
Ас нисвийр ву хьо Кхиош-Кхобучунна тIе‚ тIаккха кхоьрур ву хьо". ("Хир ву хьо дика Iамал ечарах.") وَأَهْدِيَكَ إِلَى رَبِّكَ فَتَخْشَى
20 Аят
Цо (Мусас) гайтира цуьнга доккха делил (муIжизат‚ бозбуунчалла). فَأَرَاهُ الْآيَةَ الْكُبْرَى
21 Аят
Харцдира /иза ФирIавна/‚ Iеса велира иза. فَكَذَّبَ وَعَصَى
22 Аят
ТIаккха юхавелира, сихвелла. ثُمَّ أَدْبَرَ يَسْعَى
23 Аят
Цо гулбира /бозбуунчаш а‚ шен бIо а/‚ кхайкхира‚ فَحَشَرَ فَنَادَى
24 Аят
Т1аккха цо элира: "Со ву вуно лекха волу, шу кхиош-кхобуш волу /шун дела/!" فَقَالَ أَنَا رَبُّكُمُ الْأَعْلَى
25 Аят
Дала схьалецира иза тIаьххьара /дош бахьанехь/ таIзарций‚ хьалха аьлла /дош[7] бахьанехь/ таIзарций. فَأَخَذَهُ اللَّهُ نَكَالَ الْآخِرَةِ وَالْأُولَى
26 Аят
Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бу /Делах/ кхоьруш волчунна. إِنَّ فِي ذَلِكَ لَعِبْرَةً لِّمَن يَخْشَى
27 Аят
Шу дара хала /Цунна/ кхолла я стигал яра? Цо х1оттийна иза! أَأَنتُمْ أَشَدُّ خَلْقًا أَمِ السَّمَاء بَنَاهَا
28 Аят
Цо айбира цуьнан тхов[8]‚ тIаккха нисйира /цхьа а гуш 1уьрг доцуш/. رَفَعَ سَمْكَهَا فَسَوَّاهَا
29 Аят
Бодане йира цуьнан буьйса‚ схьадаьккхира сатасар. وَأَغْطَشَ لَيْلَهَا وَأَخْرَجَ ضُحَاهَا
30 Аят
Латта цул тIаьхьа даржийра Цо. وَالْأَرْضَ بَعْدَ ذَلِكَ دَحَاهَا
31 Аят
Схьадаьккхира цунах хи а‚ дежийлаш а. أَخْرَجَ مِنْهَا مَاءهَا وَمَرْعَاهَا
32 Аят
Лаьмнаш дуьйг1ира Цо /лаьтта тIехь/. وَالْجِبَالَ أَرْسَاهَا
33 Аят
Шуна а пайда болуш‚ шун бежнашна а. مَتَاعًا لَّكُمْ وَلِأَنْعَامِكُمْ
34 Аят
Боккха бāла[9] беъча, فَإِذَا جَاءتِ الطَّامَّةُ الْكُبْرَى
35 Аят
Оцу дийнахь адамна дагадогIур ду ша къахьегнарг. يَوْمَ يَتَذَكَّرُ الْإِنسَانُ مَا سَعَى
36 Аят
Гучуйоккхур ю жоьжахати гучунна. وَبُرِّزَتِ الْجَحِيمُ لِمَن يَرَى
37 Аят
Амма тIехваьлларг /Делан дозанех/‚ فَأَمَّا مَن طَغَى
38 Аят
/Эхартал/дуьненан дахар хаьржинарг  وَآثَرَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا
39 Аят
Жоьжахати хир ю цуьнан чугIойла. فَإِنَّ الْجَحِيمَ هِيَ الْمَأْوَى
40 Аят
Амма ша Кхиош-Кхобучунна хьалха хIотта кхоьруш хилларг‚ шен дезачух (дуьненан марзонах) шен са а духатоьхнарг[10] وَأَمَّا مَنْ خَافَ مَقَامَ رَبِّهِ وَنَهَى النَّفْسَ عَنِ الْهَوَى
41 Аят
Ялсамани хир ю цуьнан чугIойла. فَإِنَّ الْجَنَّةَ هِيَ الْمَأْوَى
42 Аят
Хьоьга хоьтту цара /хIай Мухьаммад, ца бешаш/ сахьтах[11]‚ маца хир ду иза хIоттар бохуш‚ يَسْأَلُونَكَ عَنِ السَّاعَةِ أَيَّانَ مُرْسَاهَا
43 Аят
Хьуна мичара ду и хьехадан[12]? فِيمَ أَنتَ مِن ذِكْرَاهَا
44 Аят
Хьо Кхиош-Кхобучуьнга ю цуьнан чаккхе[13]! إِلَى رَبِّكَ مُنتَهَاهَا
45 Аят
Баккъалла а, хьо кхерамча ву цунах кхоьруш волчунна. إِنَّمَا أَنتَ مُنذِرُ مَن يَخْشَاهَا
46 Аят
Уьш иза шайна гуш долчу дийнахь хир бу, шаьш /дуьненахь/ цхьа суьйре я цхьа Iуьйре бен ца яьккхинарш санна. كَأَنَّهُمْ يَوْمَ يَرَوْنَهَا لَمْ يَلْبَثُوا إِلَّا عَشِيَّةً أَوْ ضُحَاهَا
[1]Лаза ца лазош, цхьанаэшшарехь.
[2] Стиглара, Делан омра а, ваьхьий а дахьаш, охьадуьссучу маликех, х1орда чохь нека деш санна, дуй боу Дала.
[3]Синош эцна, жоьжахати я ялсамане сихлуш долу маликаш.
[4]Къематдийнахь Исрафил-малико хьалхара сур лекхча, массо а х1уманан са оьцур ду.
[5]ШолгIа сур лекхча, массо а х1ума денйийр ю Делан пурбанца.
[6]"Вай деллачул тIаьхьа юхадендахь, – и доьхна гIуллакх ма ду, вай жоьжахате гIур ма дуй," – молура цара.
[7]Хьалха а аьлла хилла ФирIавна: "Суна ца вевза, шуна, со воцург дела". Цхьа кхечахь оцу аятан тафсир иштта дина: Дала схьалецира иза эхартан а, дуьненан а таIзарца.
[8]1арбашха: سمك самкун. Тхов, кхин маь1на "нартол".И стигал кхолларан куц Далла Шена дика хаьа.
[9]ШолгIа сур лекхча (къематде хIоьттича).
[10]Дала хьарамдинчух, и шайна мел дезахь, генаваьлларг.
[11]Къематде.
[12]Хьуна мичара хуур ду, и маца догIур ду. Хьоьгахь ма дац и хьехадан 1илма.
[13]Далла хуур ду, иза маца хIуттур ду.