8. Сурат АЛЬ-АНФАЛ.

Х1ОНСАШ


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Цара хьоьга хоьтту 1 /хIай Мухьаммад/ хIонсах лаьцна‚ ахь āла: "ХIонс Делан а‚ элчанан а ю". Шу Делах кхера‚ вовший юккъехь маслахьат а де‚ муьтIахь хила Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ шаьш хиллехь тешаш дерш (муъма нах). يَسْأَلُونَكَ عَنِ الأَنفَالِ قُلِ الأَنفَالُ لِلّهِ وَالرَّسُولِ فَاتَّقُواْ اللّهَ وَأَصْلِحُواْ ذَاتَ بِيْنِكُمْ وَأَطِيعُواْ اللّهَ وَرَسُولَهُ إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ
2 Аят
Баккъалла а, тешаш берш (муъма нах) бу Дела хьехийча, шайн дегнаш кIадлуш берш‚ шайна тIехь Цуьнан аяташ дешча, ийманца совбуьйлуш берш‚ шайн Кхиош-Кхобучунна тIетевжаш берш. إِنَّمَا الْمُؤْمِنُونَ الَّذِينَ إِذَا ذُكِرَ اللّهُ وَجِلَتْ قُلُوبُهُمْ وَإِذَا تُلِيَتْ عَلَيْهِمْ آيَاتُهُ زَادَتْهُمْ إِيمَانًا وَعَلَى رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ
3 Аят
Ишттанаш бу уьш шаьш ламаз а хIоттош‚ Оха шайна деллачу рицкъанах /Делан новкъахь/ харжаш а еш. الَّذِينَ يُقِيمُونَ الصَّلاَةَ وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنفِقُونَ
4 Аят
Уьш бу хьакъ-бакъ болу тешаш берш (муъма нах)‚ царна шайн Кхиош-Кхобучунна гергахь даржаш ду‚ гечдар ду‚ шортта рицкъ а ду. أُوْلَئِكَ هُمُ الْمُؤْمِنُونَ حَقًّا لَّهُمْ دَرَجَاتٌ عِندَ رَبِّهِمْ وَمَغْفِرَةٌ وَرِزْقٌ كَرِيمٌ
5 Аят
Хьан Кхиош-Кхобучо хьо бакъонца 2 хьайн цIа чуьра араваккхаре терра‚ тешаш болчех (муъма нахах) цхьа тоба чIогIа ца лууш ма ю 3 /гIазот дан/. كَمَا أَخْرَجَكَ رَبُّكَ مِن بَيْتِكَ بِالْحَقِّ وَإِنَّ فَرِيقاً مِّنَ الْمُؤْمِنِينَ لَكَارِهُونَ
6 Аят
Хьоьца къуьйсуш бу уьш бакъдолчуьнгахь 4 и билгалдаьллачул тIаьхьа‚ шаьш Iожаллина тIе лоьхкуш санна, шаьш хьоьжуш а лаьтташ. يُجَادِلُونَكَ فِي الْحَقِّ بَعْدَمَا تَبَيَّنَ كَأَنَّمَا يُسَاقُونَ إِلَى الْمَوْتِ وَهُمْ يَنظُرُونَ
7 Аят
Дала шуьца ваIда йо: шина тобанах 5 цхьаъ шун ю, олий. Шуна дезаш ду герз доцург шайна хуьлийла‚ Далла лууш ду бакъдерг чIагIдан а Шен дешнашца‚ цатешачеран тIаьхье хадон а. وَإِذْ يَعِدُكُمُ اللّهُ إِحْدَى الطَّائِفَتِيْنِ أَنَّهَا لَكُمْ وَتَوَدُّونَ أَنَّ غَيْرَ ذَاتِ الشَّوْكَةِ تَكُونُ لَكُمْ وَيُرِيدُ اللّهُ أَن يُحِقَّ الحَقَّ بِكَلِمَاتِهِ وَيَقْطَعَ دَابِرَ الْكَافِرِينَ
8 Аят
Бакъдерг чIагIдархьама а‚ харцдерг дIатилорхьама а, къинош дечарна /и мел/ ца дезахь а. لِيُحِقَّ الْحَقَّ وَيُبْطِلَ الْبَاطِلَ وَلَوْ كَرِهَ الْمُجْرِمُونَ
9 Аят
Аш шайн Кхиош-Кхобучуьнга гIо доьхура. Цо шуна жоп делира: "Ас шу чIагIдийр ду эзар вовшашна т1ехьа-т1ехьахь лаьттачу маликашца"‚– аьлла. إِذْ تَسْتَغِيثُونَ رَبَّكُمْ فَاسْتَجَابَ لَكُمْ أَنِّي مُمِدُّكُم بِأَلْفٍ مِّنَ الْمَلآئِكَةِ مُرْدِفِينَ
10 Аят
И ца дира Дала кхаъ хилла а бен‚ шеца шун дегнаш паргIатдахархьама а бен. ГIо дац Делера а бен. Баккъалла а, Дела веза верг‚ хьукам нийса деш верг ву. وَمَا جَعَلَهُ اللّهُ إِلاَّ بُشْرَى وَلِتَطْمَئِنَّ بِهِ قُلُوبُكُمْ وَمَا النَّصْرُ إِلاَّ مِنْ عِندِ اللّهِ إِنَّ اللّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
11 Аят
Дагадаийта: Цо шуна тIетесира наб озор, шуна Шегара сапаргIато хилла‚ доссадора шуна тIе стиглара хи (догIа), шеца шу цIандархьама‚ шайтIанан вас-васал шух дIаяккхархьама‚ шун дегнаш сацорхьама (собарца а‚ бакъдолчуьнца а)‚ шун когаш цуьнца 6 чIагIбархьама. إِذْ يُغَشِّيكُمُ النُّعَاسَ أَمَنَةً مِّنْهُ وَيُنَزِّلُ عَلَيْكُم مِّن السَّمَاء مَاء لِّيُطَهِّرَكُم بِهِ وَيُذْهِبَ عَنكُمْ رِجْزَ الشَّيْطَانِ وَلِيَرْبِطَ عَلَى قُلُوبِكُمْ وَيُثَبِّتَ بِهِ الأَقْدَام
12 Аят
Дагадаийта: хьан Кхиош-Кхобучо хаийтира маликашка, Ша шуьца ву, аьлла‚ чIагIбе ийман диллинарш. Ас тIаьхьа цатешначеран дегнашка кхерам тосур бу – тоха легашна т1ехула /кортош даха/‚ хадайе церан массо а пIелган юьхьиг 7 . إِذْ يُوحِي رَبُّكَ إِلَى الْمَلآئِكَةِ أَنِّي مَعَكُمْ فَثَبِّتُواْ الَّذِينَ آمَنُواْ سَأُلْقِي فِي قُلُوبِ الَّذِينَ كَفَرُواْ الرَّعْبَ فَاضْرِبُواْ فَوْقَ الأَعْنَاقِ وَاضْرِبُواْ مِنْهُمْ كُلَّ بَنَانٍ
13 Аят
Иза ду уьш Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьал хилла хиларна. Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьал хиллачунна Дела бекхам эца чIогIа ву. ذَلِكَ بِأَنَّهُمْ شَآقُّواْ اللّهَ وَرَسُولَهُ وَمَن يُشَاقِقِ اللّهَ وَرَسُولَهُ فَإِنَّ اللّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ
14 Аят
Иза (Iазап) ду шуна: "Iовша и шайна – цатешачарна цIеран Iазап ду". ذَلِكُمْ فَذُوقُوهُ وَأَنَّ لِلْكَافِرِينَ عَذَابَ النَّارِ
15 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шаьш цатешачарна дуьхьалкхетча (тIам тIехь эскарш вовшахкхетча) могIаршца, /шайн/ баккъаш ма тоха царна (царах кхералой ма довда). يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ إِذَا لَقِيتُمُ الَّذِينَ كَفَرُواْ زَحْفاً فَلاَ تُوَلُّوهُمُ الأَدْبَارَ
16 Аят
Оцу дийнахь царна шен букъ тоьхнарг 8 ‚ ша тIамна хьаьвзаш вацахь я кхечу тобанах дIауьйш вацахь, Делера оьгIазаллина юкъаваьлла и‚ цуьнан чугIойла жоьжахати ю‚ ма вон бу и кхоллам! وَمَن يُوَلِّهِمْ يَوْمَئِذٍ دُبُرَهُ إِلاَّ مُتَحَرِّفاً لِّقِتَالٍ أَوْ مُتَحَيِّزاً إِلَى فِئَةٍ فَقَدْ بَاء بِغَضَبٍ مِّنَ اللّهِ وَمَأْوَاهُ جَهَنَّمُ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ
17 Аят
Аш ца байина уьш‚ делахь а, Дала байина уьш. Ахь ца кхоьссина /герз/ айхьа кхуссуш, делахь а, – Дала кхоьссина (Дела вара и шун гIазот дIахьош верг) муъма нахана шегара хаза ял (толам‚ хIонс) ялархьама. Баккъалла а, Дела хезаш верг а, хууш верг а ву. فَلَمْ تَقْتُلُوهُمْ وَلَكِنَّ اللّهَ قَتَلَهُمْ وَمَا رَمَيْتَ إِذْ رَمَيْتَ وَلَكِنَّ اللّهَ رَمَى وَلِيُبْلِيَ الْمُؤْمِنِينَ مِنْهُ بَلاء حَسَناً إِنَّ اللّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
18 Аят
Иза -Дела хилар ду цатешачеран мекарло эшор йолуш. ذَلِكُمْ وَأَنَّ اللّهَ مُوهِنُ كَيْدِ الْكَافِرِينَ
19 Аят
Аш 9 толам бехча – толам беана шуьга. Шу совцахь – и дика ду шуна‚ шу юха а тIамна юкъа дагIахь – Тхо а догIур ду 10 , шун тобано шу цхьана а хIуманах кIелхьардохур дац, и йоккха хилахь а. Дела муъма нахаца ву. إِن تَسْتَفْتِحُواْ فَقَدْ جَاءكُمُ الْفَتْحُ وَإِن تَنتَهُواْ فَهُوَ خَيْرٌ لَّكُمْ وَإِن تَعُودُواْ نَعُدْ وَلَن تُغْنِيَ عَنكُمْ فِئَتُكُمْ شَيْئًا وَلَوْ كَثُرَتْ وَأَنَّ اللّهَ مَعَ الْمُؤْمِنِينَ
20 Аят
ХIай ийман диллинарш! МуьтIахь хила Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ и (пайхамар) витий дIа ма гIо, шу хезаш долуш /цо дуьйцург/. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ أَطِيعُواْ اللّهَ وَرَسُولَهُ وَلاَ تَوَلَّوْا عَنْهُ وَأَنتُمْ تَسْمَعُونَ
21 Аят
Шу тар ма ло аьллачарах: "ЛадоьгIна оха"‚ шаьш ладугIуш а боцуш. وَلاَ تَكُونُواْ كَالَّذِينَ قَالُوا سَمِعْنَا وَهُمْ لاَ يَسْمَعُونَ
22 Аят
Баккъалла а, Далла гергахь уггар боьха хьайба ду къораниг а, мотт цахуург а. Уьш бу хьекъале боцурш (Делах ца тешаш болу керстанаш). إِنَّ شَرَّ الدَّوَابِّ عِندَ اللّهِ الصُّمُّ الْبُكْمُ الَّذِينَ لاَ يَعْقِلُونَ
23 Аят
Далла цаьргахь диканиг лиъна хиллехьара, Цо ладогIуьйтур дара цаьрга. Цо шайга ладогIийтича а, тIаккха а дIагIур бара уьш (гIазотера бовдур бара), /ийманах/ юьстах а бевлла. وَلَوْ عَلِمَ اللّهُ فِيهِمْ خَيْرًا لَّأسْمَعَهُمْ وَلَوْ أَسْمَعَهُمْ لَتَوَلَّواْ وَّهُم مُّعْرِضُونَ
24 Аят
ХIай ийман диллинарш! Жоп ло Далла а‚ элчанна а Цо шайга кхайкхича Ша шуна дахар луш 11 долчуьнга. Шуна хаалаш: и Дела стагана а‚ цуьнан дагана а юкъавулу /шена луург цуьнга ца дойтуш/‚ шу а Цунна тIе д1агулдийр ду. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ اسْتَجِيبُواْ لِلّهِ وَلِلرَّسُولِ إِذَا دَعَاكُم لِمَا يُحْيِيكُمْ وَاعْلَمُواْ أَنَّ اللّهَ يَحُولُ بَيْنَ الْمَرْءِ وَقَلْبِهِ وَأَنَّهُ إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
25 Аят
Питанах кхералаш: къаьсттина шух зулам диначарна зен дина Iанне а ца Iа иза (массарна а зен до цо). Шуна хаалаш, и Дела бекхам барца (таIзар дарца) чIогIа вуйла. وَاتَّقُواْ فِتْنَةً لاَّ تُصِيبَنَّ الَّذِينَ ظَلَمُواْ مِنكُمْ خَآصَّةً وَاعْلَمُواْ أَنَّ اللّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ
26 Аят
Аш дагадаийтал 12 шаьш, кIеззиг а долуш, лаьттахь заьIап хилар‚ шаьш наха схьалецарна а кхоьруш. ТIаккха Цо тIелецира шу‚ Шен гIоьнца чIагIдира шу‚ цIенчух рицкъ а делира шуна, – шу хила мегар-кха баркалла олуш. وَاذْكُرُواْ إِذْ أَنتُمْ قَلِيلٌ مُّسْتَضْعَفُونَ فِي الأَرْضِ تَخَافُونَ أَن يَتَخَطَّفَكُمُ النَّاسُ فَآوَاكُمْ وَأَيَّدَكُم بِنَصْرِهِ وَرَزَقَكُم مِّنَ الطَّيِّبَاتِ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
27 Аят
ХIай ийман диллинарш! Аш тешнабехк ма белаш Далла а‚ элчанна а‚ аш тешнабехк ма белаш шайга хиллачу тешамна (декхар делахь а‚ я кхин хIума делахь а), шаьш хууш а долуш. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ لاَ تَخُونُواْ اللّهَ وَالرَّسُولَ وَتَخُونُواْ أَمَانَاتِكُمْ وَأَنتُمْ تَعْلَمُونَ
28 Аят
Шуна хаалаш, шайн бахам а, шайн доьзалш а питана дуйла‚ баккъалла а, Дела Шегахь сийлахь-йоккха ял йолуш вуйла. وَاعْلَمُواْ أَنَّمَا أَمْوَالُكُمْ وَأَوْلاَدُكُمْ فِتْنَةٌ وَأَنَّ اللّهَ عِندَهُ أَجْرٌ عَظِيمٌ
29 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шу Делах кхерахь‚ Цо кхетам бийр бу шуна (довзуьйтур ду бакъдерг‚ харцдерг)‚ шайн къинойх цIандийр ду шу‚ шуна гечдийр ду Цо, – и Дела сийлахь-йокха комаьршалла йолуш ма ву. يِا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ إَن تَتَّقُواْ اللّهَ يَجْعَل لَّكُمْ فُرْقَاناً وَيُكَفِّرْ عَنكُمْ سَيِّئَاتِكُمْ وَيَغْفِرْ لَكُمْ وَاللّهُ ذُو الْفَضْلِ الْعَظِيمِ
30 Аят
Хьуна мекарло ма йора цатешачара хьо лаца 13 ‚ я вен‚ я хьо араваккха /Макки чуьра/. Мекарло йо цара, – Дала а йо мекарло /церан мекарло йохош/. И Дела /мекарлонна дуьхьал/ мекарло ечарех диканиг ву. وَإِذْ يَمْكُرُ بِكَ الَّذِينَ كَفَرُواْ لِيُثْبِتُوكَ أَوْ يَقْتُلُوكَ أَوْ يُخْرِجُوكَ وَيَمْكُرُونَ وَيَمْكُرُ اللّهُ وَاللّهُ خَيْرُ الْمَاكِرِينَ
31 Аят
Шайна тIехь Тхан аяташ дешча, цара олу: "Хезна тхуна‚ тхайна лиъча, цунах тераниг оха а эр дара‚ уьш-м хьалхалерачийн туьйранаш дара". وَإِذَا تُتْلَى عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا قَالُواْ قَدْ سَمِعْنَا لَوْ نَشَاء لَقُلْنَا مِثْلَ هَذَا إِنْ هَذَا إِلاَّ أَسَاطِيرُ الأوَّلِينَ
32 Аят
Цара ма элира /дагадаийтал, хIай элча/: "Везан Дела‚ хIара хиллехь Хьоьгара бакъдерг‚ догIица тIулгаш делхийта тхуна стиглара‚ я лазош долу Iазап даийта тхуна". وَإِذْ قَالُواْ اللَّهُمَّ إِن كَانَ هَذَا هُوَ الْحَقَّ مِنْ عِندِكَ فَأَمْطِرْ عَلَيْنَا حِجَارَةً مِّنَ السَّمَاء أَوِ ائْتِنَا بِعَذَابٍ أَلِيمٍ
33 Аят
Дела ца хилира царна Iазап деш, хьо царна юккъехь волуш. Ца хилира Дела царна Iазап деш верг, уьш шайна гечдар доьхуш а болуш. وَمَا كَانَ اللّهُ لِيُعَذِّبَهُمْ وَأَنتَ فِيهِمْ وَمَا كَانَ اللّهُ مُعَذِّبَهُمْ وَهُمْ يَسْتَغْفِرُونَ
34 Аят
Дала Iазап хIунда ца до царна, уьш Дезчу Маьждиге 14 / бусалба нах/ ца буьтуш хилча? Уьш ца хилла цунна 15 доладеш берш. Цуьнан доладан хьакъ берш беккъа /Делах/ кхоьрурш бу‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх. وَمَا لَهُمْ أَلاَّ يُعَذِّبَهُمُ اللّهُ وَهُمْ يَصُدُّونَ عَنِ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ وَمَا كَانُواْ أَوْلِيَاءهُ إِنْ أَوْلِيَآؤُهُ إِلاَّ الْمُتَّقُونَ وَلَكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لاَ يَعْلَمُونَ
35 Аят
Церан ламаз (КаIбин) цIийна хьалхахь ма ца хилира шок еттар а‚ тIараш деттар а бен. /Царна жоп дац/ "Iовша шайна Iазап 16 , шаьш цахиларна тешаш" /алар бен/. وَمَا كَانَ صَلاَتُهُمْ عِندَ الْبَيْتِ إِلاَّ مُكَاء وَتَصْدِيَةً فَذُوقُواْ الْعَذَابَ بِمَا كُنتُمْ تَكْفُرُونَ
36 Аят
Баккъалла а, цатешачара харжаш йо Делан некъах /нах/ дIатилабан. ТIаьхьа а йийр ю цара уьш‚ тIаккха йуьсур ю хьуна уьш царна шайна дохкобовлар а, гIайгIа а хилла.ТIаккха уьш эшор бу. Цатешаш берш жоьжахате гулбийр бу إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُواْ يُنفِقُونَ أَمْوَالَهُمْ لِيَصُدُّواْ عَن سَبِيلِ اللّهِ فَسَيُنفِقُونَهَا ثُمَّ تَكُونُ عَلَيْهِمْ حَسْرَةً ثُمَّ يُغْلَبُونَ وَالَّذِينَ كَفَرُواْ إِلَى جَهَنَّمَ يُحْشَرُونَ
37 Аят
Дала къасторхьама боьханиг цIенчух‚ боьханиг боьхачунна тIедиллархьама‚ тIаккха царах массарах а барз бархьама‚ тIаккха и жоьжахатехь хилийтархьама. Уьш бу-кх эшнарш. لِيَمِيزَ اللّهُ الْخَبِيثَ مِنَ الطَّيِّبِ وَيَجْعَلَ الْخَبِيثَ بَعْضَهُ عَلَىَ بَعْضٍ فَيَرْكُمَهُ جَمِيعاً فَيَجْعَلَهُ فِي جَهَنَّمَ أُوْلَئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ
38 Аят
Ахь āла /хIай Мухьаммад/ цатешначаьрга: "Уьш совцахь, царна гечдийр ду хьалха даьллачунна‚ уьш юха а буьйлалахь /бусалбанашца тIом бан/ – хьалхалерачарна хилларг хир ду (хIаллакбийр бу)”. قُل لِلَّذِينَ كَفَرُواْ إِن يَنتَهُواْ يُغَفَرْ لَهُم مَّا قَدْ سَلَفَ وَإِنْ يَعُودُواْ فَقَدْ مَضَتْ سُنَّةُ الأَوَّلِينِ
39 Аят
ТIом бе цаьрца питана ца хилийта‚ дерриге а дин Далла хилийта. ТIаккха уьш совцахь (маслахьате баьхкина – совца шу а), – баккъалла а, Дела цара дийриг гуш ву. وَقَاتِلُوهُمْ حَتَّى لاَ تَكُونَ فِتْنَةٌ وَيَكُونَ الدِّينُ كُلُّهُ لِلّه فَإِنِ انتَهَوْاْ فَإِنَّ اللّهَ بِمَا يَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
40 Аят
Уьш дIаберзахь (маслахьте ца богIуш)‚ шуна хаалаш, Дела вуйла шун гIоьнча (тIаккха тIом бе аш) – дика гIоьнча ву‚ дика толам луш верг ву Иза. وَإِن تَوَلَّوْاْ فَاعْلَمُواْ أَنَّ اللّهَ مَوْلاَكُمْ نِعْمَ الْمَوْلَى وَنِعْمَ النَّصِيرُ ( الجزء العاشر )
41 Аят
Шуна хаалаш, шаьш хIонсах хIума яьккхича, оцунах пхоьалгIа 17 дāкъа ду Далла а‚ элчанна а‚ цуьнан гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачарна а‚ некъахочунна а‚ шу хиллехь тешаш Делах а‚ Оха Тхайн лега, къастаман дийнахь 18 ши тоба 19 вовшашна дуьхь-дуьхьал нисъеллачу дийнахь, доссийначух а (маликашка а, кхин Делан билгалонашка а). Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш ву. وَاعْلَمُواْ أَنَّمَا غَنِمْتُم مِّن شَيْءٍ فَأَنَّ لِلّهِ خُمُسَهُ وَلِلرَّسُولِ وَلِذِي الْقُرْبَى وَالْيَتَامَى وَالْمَسَاكِينِ وَابْنِ السَّبِيلِ إِن كُنتُمْ آمَنتُمْ بِاللّهِ وَمَا أَنزَلْنَا عَلَى عَبْدِنَا يَوْمَ الْفُرْقَانِ يَوْمَ الْتَقَى الْجَمْعَانِ وَاللّهُ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
42 Аят
Дагадаийта, шу /Мадинатан/ гергарчу аг1ор 20 а долуш‚ уьш генарчу аг1ор а болуш, и къепал 21 шуна лахахь а йолуш ма дара. Аш вовшашца ваIда йина хиллехьара‚ галдевр дара шу тоьхначу хенаца (меттигца) делахь а, Дала кхочушхилийтархьама и хилла даьлла гIуллакх‚ хIаллакван ша билггал хIаллакхилларг‚ вахийта ша билггал дийна виснарг. Баккъалла а, Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ма ву. إِذْ أَنتُم بِالْعُدْوَةِ الدُّنْيَا وَهُم بِالْعُدْوَةِ الْقُصْوَى وَالرَّكْبُ أَسْفَلَ مِنكُمْ وَلَوْ تَوَاعَدتَّمْ لاَخْتَلَفْتُمْ فِي الْمِيعَادِ وَلَكِن لِّيَقْضِيَ اللّهُ أَمْراً كَانَ مَفْعُولاً لِّيَهْلِكَ مَنْ هَلَكَ عَن بَيِّنَةٍ وَيَحْيَى مَنْ حَيَّ عَن بَيِّنَةٍ وَإِنَّ اللّهَ لَسَمِيعٌ عَلِيمٌ
43 Аят
Дагадаийта: хьоьга гайтира Дала уьш гIенах кIеззиг хиларца /ахь дийцира и г1ан хьан накъосташка/‚ Цо хьоьга уьш гайтинехьара дукха хиларца – дýхур дара шу‚ гIуллакхехь къуьйсур дара аш‚ делахь а, Дала лардина /шу иэшарах/. Баккъалла а, Иза хууш ву дегнашкахь дерг. إِذْ يُرِيكَهُمُ اللّهُ فِي مَنَامِكَ قَلِيلاً وَلَوْ أَرَاكَهُمْ كَثِيرًا لَّفَشِلْتُمْ وَلَتَنَازَعْتُمْ فِي الأَمْرِ وَلَكِنَّ اللّهَ سَلَّمَ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ
44 Аят
Дагадаийта! Шуна гайтира Цо уьш‚ шу /царна/ дуьхьалкхетча‚ шун бIаьргашкахула уьш кIеззиг болуш‚ шу кIеззиг долуш гайтира церан бIаьргашкахула, Дала кхочушдархьама хилла даьлла долу гIуллакх. Деле дIадоьрзу гIуллакхаш. وَإِذْ يُرِيكُمُوهُمْ إِذِ الْتَقَيْتُمْ فِي أَعْيُنِكُمْ قَلِيلاً وَيُقَلِّلُكُمْ فِي أَعْيُنِهِمْ لِيَقْضِيَ اللّهُ أَمْرًا كَانَ مَفْعُولاً وَإِلَى اللّهِ تُرْجَعُ الاُمُورُ
45 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шайна /мостаг1ийн/тоба дуьхьалкхетча 22 , чIагIлолаш‚ Дела хьехавелаш дуккха‚ шу даккхийден тарло. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ إِذَا لَقِيتُمْ فِئَةً فَاثْبُتُواْ وَاذْكُرُواْ اللّهَ كَثِيرًا لَّعَلَّكُمْ تُفْلَحُونَ
46 Аят
МуьтIахь хилалаш Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ вовшашца ма къийсалаш – тIаккха озалур ду шу /мостагIчух/‚ шун ницкъ дIабер бу. Собаре хилалаш. Баккъалла а, Дела собаре болчаьрца ву (царна гIодарца). وَأَطِيعُواْ اللّهَ وَرَسُولَهُ وَلاَ تَنَازَعُواْ فَتَفْشَلُواْ وَتَذْهَبَ رِيحُكُمْ وَاصْبِرُواْ إِنَّ اللّهَ مَعَ الصَّابِرِينَ
47 Аят
Шу ма хилалаш шайн цIеношкара арабевллачарах 23 тера кураллица‚ нахана гайтархьама, Делан некъах /нах/ дIатилабеш. И Дела аш дечунна гуо беш ма ву /хаарца/. وَلاَ تَكُونُواْ كَالَّذِينَ خَرَجُواْ مِن دِيَارِهِم بَطَرًا وَرِئَاء النَّاسِ وَيَصُدُّونَ عَن سَبِيلِ اللّهِ وَاللّهُ بِمَا يَعْمَلُونَ مُحِيطٌ
48 Аят
Дагадаийта, шайтIано хазйира царна шайн Iамалш‚ элира: "Тахана нахах цхьа а вац шу эшо‚ со шуна лулахо 24 ду". ТIаккха, шена ши тоба гича, дIадедира иза‚ элира: "Баккъалла а, со цIена ду шух‚ баккъалла а, со гуш ду (цунна маликаш гуш дара бусалбанашна гIо деш) шуна цагург‚ со кхоьру Делах – и Дела таIзар дарца чIогIа ву". وَإِذْ زَيَّنَ لَهُمُ الشَّيْطَانُ أَعْمَالَهُمْ وَقَالَ لاَ غَالِبَ لَكُمُ الْيَوْمَ مِنَ النَّاسِ وَإِنِّي جَارٌ لَّكُمْ فَلَمَّا تَرَاءتِ الْفِئَتَانِ نَكَصَ عَلَى عَقِبَيْهِ وَقَالَ إِنِّي بَرِيءٌ مِّنكُمْ إِنِّي أَرَى مَا لاَ تَرَوْنَ إِنِّيَ أَخَافُ اللّهَ وَاللّهُ شَدِيدُ الْعِقَابِ
49 Аят
Дагадаийта! Мунепикъаша а‚ шайн дегнашкахь цамгар йолчара а олура: "ХIорш шайн дино Iехийна". Далла тIетевжинарг – /Делан хьесапехь ву/. Баккъалла а, и Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. إِذْ يَقُولُ الْمُنَافِقُونَ وَالَّذِينَ فِي قُلُوبِهِم مَّرَضٌ غَرَّ هَؤُلاء دِينُهُمْ وَمَن يَتَوَكَّلْ عَلَى اللّهِ فَإِنَّ اللّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
50 Аят
Хьуна гинехьара и цатешнарш маликаша шайн синош схьадохуш, шайн яххьех а‚ тIехьашха а етташ: "Iовша шайна жоьжахатин Iазап‚– олуш.- وَلَوْ تَرَى إِذْ يَتَوَفَّى الَّذِينَ كَفَرُواْ الْمَلآئِكَةُ يَضْرِبُونَ وُجُوهَهُمْ وَأَدْبَارَهُمْ وَذُوقُواْ عَذَابَ الْحَرِيقِ
51 Аят
Иза ду шун куьйгаша хьалха -даькхинарг бахьанехь‚ Дела лешна зуламе вац". ذَلِكَ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيكُمْ وَأَنَّ اللّهَ لَيْسَ بِظَلاَّمٍ لِّلْعَبِيدِ
52 Аят
ФирIавнан доьзалан а‚ царал хьалха хиллачеран а Iадатах терра‚ ца тийшира уьш Делан аятех – тIаккха Дала шайн къиношца схьалецира уьш. Баккъалла а, и Дела нуьцкъала ву‚ чIогIа ву таIзар дарца. كَدَأْبِ آلِ فِرْعَوْنَ وَالَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ كَفَرُواْ بِآيَاتِ اللّهِ فَأَخَذَهُمُ اللّهُ بِذُنُوبِهِمْ إِنَّ اللّهَ قَوِيٌّ شَدِيدُ الْعِقَابِ
53 Аят
Иза ду – Дела цахиларна ша цхьана а къомана делла хилла долу ниIмат хуьйцуш верг, цара шаьш хийццалц шайцадерг, и ду Дела хиларна хезаш верг а‚ хууш верг а. ذَلِكَ بِأَنَّ اللّهَ لَمْ يَكُ مُغَيِّرًا نِّعْمَةً أَنْعَمَهَا عَلَى قَوْمٍ حَتَّى يُغَيِّرُواْ مَا بِأَنفُسِهِمْ وَأَنَّ اللّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
54 Аят
ФирIавнан доьзалан а‚ царал хьалха хиллачеран а Iадатах терра‚ харцдира цара шайн Делан аяташ – тIаккха Оха уьш, шайн къинош бахьанехь, хIаллакбира. ФирIавнан доьзал Оха хIорда бухабахийтира - массо а хилира уьш зуламхой. كَدَأْبِ آلِ فِرْعَوْنَ وَالَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ كَذَّبُواْ بآيَاتِ رَبِّهِمْ فَأَهْلَكْنَاهُم بِذُنُوبِهِمْ وَأَغْرَقْنَا آلَ فِرْعَونَ وَكُلٌّ كَانُواْ ظَالِمِينَ
55 Аят
/Дала мел кхоьллинчу/ лаьттахула лелачу х1уманех уггар боьханиг Далла гергахь – цатешарш бу‚ цара ийман ца дуьллу. إِنَّ شَرَّ الدَّوَابِّ عِندَ اللّهِ الَّذِينَ كَفَرُواْ فَهُمْ لاَ يُؤْمِنُونَ
56 Аят
Ахь шайца барт бина (тIом бира бац, аьлла) хилларш бу уьш‚ тIаккха массо а хенахь и шайн барт бохабо цара‚ уьш ца кхоьру /Делах и барт бохо/. الَّذِينَ عَاهَدتَّ مِنْهُمْ ثُمَّ يَنقُضُونَ عَهْدَهُمْ فِي كُلِّ مَرَّةٍ وَهُمْ لاَ يَتَّقُونَ
57 Аят
Хьо царна тIамехь дуьхьал нисвелча, луьра та1зар де царна, царал тIехьахь болчарна кхерам таса 25 - цара ойла ян мегара /хьуна шаьш тешнабехк ца бан, хьоьца хилла барт ца бохо /. فَإِمَّا تَثْقَفَنَّهُمْ فِي الْحَرْبِ فَشَرِّدْ بِهِم مَّنْ خَلْفَهُمْ لَعَلَّهُمْ يَذَّكَّرُونَ
58 Аят
Хьо кхерахь цхьана /хьан шеца барт болчу/ къоман тешнабехках‚ бохабе ахь /барт/ цаьрца нийсса. Баккъалла а, Далла ца беза тешнабехк бийраш. وَإِمَّا تَخَافَنَّ مِن قَوْمٍ خِيَانَةً فَانبِذْ إِلَيْهِمْ عَلَى سَوَاء إِنَّ اللّهَ لاَ يُحِبُّ الخَائِنِينَ
59 Аят
/Бадрехь ца бойуш кIелхьарбевллачу/ керстанашна маттанне а ма моьттийла шаьш /Тхол/ хьалхадевли (Тхан шайна тIехь ницкъ кхочур бац). Баккъалла а, цара кIелдуьтур дац /Делан гIуллакх а, бусалбанашна гIо хилар а/. وَلاَ يَحْسَبَنَّ الَّذِينَ كَفَرُواْ سَبَقُواْ إِنَّهُمْ لاَ يُعْجِزُونَ
60 Аят
Кечбе царна дуьхьал шайн тар малло ницкъ: т1еман г1ирс а, кийча говраш шеца аш кхеро Делан мостагI а‚ шайн мостагI а‚ уьш боцурш кхиберш а‚ шуна шаьш ца бевзаш болу- Далла бевза уьш. Аш Делан новкъахь мел харж яхь а – и /кхоччуш/ юхайоьрзур ю шуна‚ шуна зулам дийр дац (Дала аш динарг тидаме ца оьцуш дуьтур дац). وَأَعِدُّواْ لَهُم مَّا اسْتَطَعْتُم مِّن قُوَّةٍ وَمِن رِّبَاطِ الْخَيْلِ تُرْهِبُونَ بِهِ عَدْوَّ اللّهِ وَعَدُوَّكُمْ وَآخَرِينَ مِن دُونِهِمْ لاَ تَعْلَمُونَهُمُ اللّهُ يَعْلَمُهُمْ وَمَا تُنفِقُواْ مِن شَيْءٍ فِي سَبِيلِ اللّهِ يُوَفَّ إِلَيْكُمْ وَأَنتُمْ لاَ تُظْلَمُونَ
61 Аят
Нагахь санна уьш машаре кховдахь‚ – тIаккха хьо а кховда цуьнга (машаре)‚ Далла тIетовжа‚ баккъалла а, Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ву. وَإِن جَنَحُواْ لِلسَّلْمِ فَاجْنَحْ لَهَا وَتَوَكَّلْ عَلَى اللّهِ إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
62 Аят
Царна лаахь хьо Iехо (тешнабехк бан) – хьуна кхачойийриг Дела ву. И ву Ша Шен гIоьнца а, муъма нахаца а хьо чIагIвина хилларг. وَإِن يُرِيدُواْ أَن يَخْدَعُوكَ فَإِنَّ حَسْبَكَ اللّهُ هُوَ الَّذِيَ أَيَّدَكَ بِنَصْرِهِ وَبِالْمُؤْمِنِينَ
63 Аят
Цо бартадалира церан дегнаш (безам тесира вовшашна юккъехь)‚ ахь лаьттахь мел дерг доьхкича а, хьоьга бартадалалур дацара церан дегнаш‚ делахь а, Дала бартабалийра уьш 26 . Баккъалла а, Иза веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. وَأَلَّفَ بَيْنَ قُلُوبِهِمْ لَوْ أَنفَقْتَ مَا فِي الأَرْضِ جَمِيعاً مَّا أَلَّفَتْ بَيْنَ قُلُوبِهِمْ وَلَكِنَّ اللّهَ أَلَّفَ بَيْنَهُمْ إِنَّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
64 Аят
ХIай пайхамар! Хьуна кхачоен ерг Дела ву‚ муъма нахах хьуна тIаьхьахIоьттинарг а ву. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ حَسْبُكَ اللّهُ وَمَنِ اتَّبَعَكَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ
65 Аят
ХIай пайхамар! ТIамна тIеберзабе муъма нах! Шух собаре ткъа хилча – эшор ву цара ши бIе‚ шух бIе хилча – эшор ву цара цатешачарах эзар‚ хIунда аьлча, уьш ца кхеташ къам ду. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ حَرِّضِ الْمُؤْمِنِينَ عَلَى الْقِتَالِ إِن يَكُن مِّنكُمْ عِشْرُونَ صَابِرُونَ يَغْلِبُواْ مِئَتَيْنِ وَإِن يَكُن مِّنكُم مِّئَةٌ يَغْلِبُواْ أَلْفًا مِّنَ الَّذِينَ كَفَرُواْ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لاَّ يَفْقَهُونَ
66 Аят
ХIинца Дала дайдира шуна /т1еман хьал/‚ Цунна хиира шуьца ледарло юй (кIеззиг хилар‚ тIамна кийча цахилар)‚ шух собаре бIе хилча – ши бIе эшор ву цара (собаре болчара), шух эзар хилча – ши эзар эшор ву цара Делан пурбанца‚ Дела собаре болчаьрца ву. الآنَ خَفَّفَ اللّهُ عَنكُمْ وَعَلِمَ أَنَّ فِيكُمْ ضَعْفًا فَإِن يَكُن مِّنكُم مِّئَةٌ صَابِرَةٌ يَغْلِبُواْ مِئَتَيْنِ وَإِن يَكُن مِّنكُمْ أَلْفٌ يَغْلِبُواْ أَلْفَيْنِ بِإِذْنِ اللّهِ وَاللّهُ مَعَ الصَّابِرِينَ
67 Аят
Ца тарлора пайхамарна шен йийсарой хила лаьттахь кхоччуш ша чIагIваллалц 27 ‚ шу дезаш ду дуьненан хIума‚ Далла дезаш ду эхарт. Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. مَا كَانَ لِنَبِيٍّ أَن يَكُونَ لَهُ أَسْرَى حَتَّى يُثْخِنَ فِي الأَرْضِ تُرِيدُونَ عَرَضَ الدُّنْيَا وَاللّهُ يُرِيدُ الآخِرَةَ وَاللّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
68 Аят
Делера йоза 28 хьалха ца даьллехьара аш эцначунна 29 , доккхачу Iазапо схьалоцур дара шу. لَّوْلاَ كِتَابٌ مِّنَ اللّهِ سَبَقَ لَمَسَّكُمْ فِيمَا أَخَذْتُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ
69 Аят
Яа шаьш яьккхинчу хIонсах хьанал ерг‚ цIена ерг‚ Делах кхера (хьарам дерг ца дан). Баккъалла а, Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву. فَكُلُواْ مِمَّا غَنِمْتُمْ حَلاَلاً طَيِّبًا وَاتَّقُواْ اللّهَ إِنَّ اللّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
70 Аят
ХIай пайхамар! Āла шайн куьйга кIел болчу йийсархошка: "Далла хаахь шун дегнашкахь диканиг‚ шуьгара даьккхинчул сов диканиг лур ду Цо шуна‚ гечдийр ду Цо шуна‚ и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву". يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ قُل لِّمَن فِي أَيْدِيكُم مِّنَ الأَسْرَى إِن يَعْلَمِ اللّهُ فِي قُلُوبِكُمْ خَيْرًا يُؤْتِكُمْ خَيْرًا مِّمَّا أُخِذَ مِنكُمْ وَيَغْفِرْ لَكُمْ وَاللّهُ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
71 Аят
Царна лаахь хьуна тешнабехк бан‚ хьалха Далла а тешнабехк бина цара‚ Цо (хьуна царна т1ехь таIзар дан) ницкъ белла. И Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса / деш верг а ву. وَإِن يُرِيدُواْ خِيَانَتَكَ فَقَدْ خَانُواْ اللّهَ مِن قَبْلُ فَأَمْكَنَ مِنْهُمْ وَاللّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
72 Аят
Баккъалла а, ийман а диллина, дIакхелхинарш а (динан дуьхьа пайхамарца Маккара Мединате дIабаханарш)‚ шайн бахамца а‚ синошца а Делан новкъахь къахьегнарш а‚ шаьш уьш тIелаьцнарш 30 а‚ гIо динарш а – уьш вовшийн верасаш (доттагIий‚ гIоьнчий) бу. Ийман а диллина, дIа ца кхелхинарш – цхьанна хIуманца цаьрца гергарло дац шун, уьш дIакхалххалц. Динан хьокъехь цара шуьга гIо дехахь‚ – шуна тIехь (царна) гIо дар ду, шуна а, шайна а юккъехь барт болчу къомана дуьхьал дацахь. И Дела аш дийриг гуш ма ву. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُواْ وَهَاجَرُواْ وَجَاهَدُواْ بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنفُسِهِمْ فِي سَبِيلِ اللّهِ وَالَّذِينَ آوَواْ وَّنَصَرُواْ أُوْلَئِكَ بَعْضُهُمْ أَوْلِيَاء بَعْضٍ وَالَّذِينَ آمَنُواْ وَلَمْ يُهَاجِرُواْ مَا لَكُم مِّن وَلاَيَتِهِم مِّن شَيْءٍ حَتَّى يُهَاجِرُواْ وَإِنِ اسْتَنصَرُوكُمْ فِي الدِّينِ فَعَلَيْكُمُ النَّصْرُ إِلاَّ عَلَى قَوْمٍ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُم مِّيثَاقٌ وَاللّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
73 Аят
Цатешарш вовшийн гергарнаш бу. Аш и (гIо) ца дахь‚ лаьттахь питана хир ду‚ доккха боьханиг даьржар ду. وَالَّذينَ كَفَرُواْ بَعْضُهُمْ أَوْلِيَاء بَعْضٍ إِلاَّ تَفْعَلُوهُ تَكُن فِتْنَةٌ فِي الأَرْضِ وَفَسَادٌ كَبِيرٌ
74 Аят
Ийман а диллина‚ /Мадинате/ дIакхелхинарш а‚ Делан новкъахь къахьегнарш а‚ уьш тIелаьцнарш 31 а‚ гIо динарш а – уьш бу хьакъ-бакъ муъма нах‚ царна гечдар а‚ шортта рицкъ а хир ду. وَالَّذِينَ آمَنُواْ وَهَاجَرُواْ وَجَاهَدُواْ فِي سَبِيلِ اللّهِ وَالَّذِينَ آوَواْ وَّنَصَرُواْ أُولَئِكَ هُمُ الْمُؤْمِنُونَ حَقًّا لَّهُم مَّغْفِرَةٌ وَرِزْقٌ كَرِيمٌ
75 Аят
ТIаьхьа ийман а диллина‚ /Мадинате/ дIакхелхинарш‚ шуьца цхьана къахьегнарш – уьш шух бу. Гергарлонаш дерш – царах цхьаберш вукхарал герга бу Делан жайни чохь. Баккъалла а, Дела массо а хIума хууш верг ву. وَالَّذِينَ آمَنُواْ مِن بَعْدُ وَهَاجَرُواْ وَجَاهَدُواْ مَعَكُمْ فَأُوْلَئِكَ مِنكُمْ وَأُوْلُواْ الأَرْحَامِ بَعْضُهُمْ أَوْلَى بِبَعْضٍ فِي كِتَابِ اللّهِ إِنَّ اللّهَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
1 Бадрехь хиллачу т1амехь яьккхина х1онс муха екъа еза, бохуш хоьттуш хилла пайхамаре. Дала боху:цуьнан хьукам Делехь а, элчанехь а ду.
2 Делера ваьхьий дарца‚ Бадре гIазотана аравалар.
3 Бадрехь тIом хилале хьалха вайн пайхамар гIазотана араваьлла хилла Абу Суфьянан тобанна дуьхьал. Бусалба нехан цхьа тоба и гIазот чIогIа ца дезаш хилла.
4 Бадрехь хиллачу гIазотана арадовла ца деза‚ бохуш, къуьйсуш хилла цхьаболу бусалбанаш.
5 Шамара Абу Суфьяна ялош хилла йолу къепал шеца дукха товараш долу (и ларош герзаца 40 стаг бен ца хилла) я Маккара Абу-ДжахIала далош хилла долу эскар 1000 сов т1емалочух лаьтташ долу. Бусалбанаш 300 сов бен вацара.
6 Цуьнца – дог1ица. Бадрахь т1ом болуш Дала бусалбанашна делла ни1мат. Т1ом г1амаршкахь хилла. Когаш шершаш хала лелаш хилла т1емалой. Т1аккха Дала дог1а делхийтина ч1аг1бира уьш. Иштта дог1ица лийчара уьш шайн т1ера боьха хи д1адоккхуш.
7 Иштта омра дина Дала маликашка, уьш бусалбанашна гIоьнна дахкийтича. П1елгийн юьхьигаш яьхча, цаьрца т1ом бан а, уьш йийсаре леца а атта хуьлу.
8 ГIазотехь кхеравелла юхаваьлларг.
9 И долу Делан хабар мушрикашка ду (Бадрехь) хиллачу тIамах лаьцна, уьш сийсазабеш, боху Дала: «Толам беана шуьга, аьлча а, шуна тIехь».
10 Тхан ницкъ бог1ур бу. Кхин цунах лаьцнарг «Т1ах1а» суратан 5-чу аятехь дог1ур ду, Дала мукъалахь.
11 Шу исламе кхойкхуш ду цо – и шу дендар ду‚ шуна гуттаренна дахар ду и (ялсаманехь).
12 Маккахь долуш ледара дара шу‚ цатешачара хьийзош‚ тIаккха Дала Мединате дIакхалха дагатесира шуна‚ цигахь шу алсамдевлира‚ Делан гIоьнца Бадрехь тIамехь тола а туьйлира‚ дика хIонс а яьккхира.
13 Делан элча Мадинате ваха кечвелла шайна хааделча, и шайна кIелхьарвала воллу аьлла хетта, къурайшин элаша ойла йора и дIаваккха. И вен баьхьаш ца хилла уьш: цуьнан тукхум доккха а, нуьцкъалла а хилла, цара шайгара чIир эцарах кхоьрура уьш. Царах цхьаммо аьлла и эмкална тIехь сацийна (вихкина) и эмкал ессачу ара дIахеца еза – цигахь мацаллах а, хьогаллах а лийр ву и. Амма цу тIехь барт ца хилира церан. Шайн кхеташонехь цара сацам бира хIор тукхамах цхьацца нуьцкъала къонах хаьржина (40 хуьлура уьш), цара цхьатерра тарраш тоьхна и вен. ТIаккха Iабд аль-Манафан доьзалан ницкъ кхочур бацара массаьргара чIир эца, дият (вийначунна дуьхьал луш болу мах – 100 эмкалан барамехь) делла маслахьат дийр дара цара. И дан хьевсира уьш – амма Дала и церан мекарло йохийра: уьш пайхамар 1ечу ц1енна гобина к1елонна хевшина болуш, царна наб озийча, 1ела ша вижна хиллачохь а вуьтуш, церан яьххьех шен куьйга чан кхуссуш, Делан ницкъаца пайхамар царна юккъехула ваьлла д1авахара.
14 Маккахь долу доккха маьждиг. Цига бусалба нах баха ца буьтуш хилла цигара пайхамар харцвеш болчу наха.
15 Дезчу Маьждигна доладан хьакъ бац и бусалба дин харцдеш болу нах.
16 Бадрехь хиллачу тIамехь эшийра цатешарш.
17 Т1амехь х1онс (оьрсашха: трофей) яьккхича, цунах пхи дакъа дича, диъ дакъа и яьккхинчу т1емалочун ду. Бухадисна цхьа дакъа кхин пхеа декъе доькъур ду: 1) Далла а, пайхамарна а (иза бусалба нехан юкъарчу г1уллакхашка д1ахьавзор ду); 2) пайхамаран гергарчу нахана – Бану Х1ашиман а, Бану Мут1аллибан а т1аьхьенна – царна саг1а эца ца мега: 3) боберашна 4) мискачарна; 5) новкъахь болчарна, шайн х1уманах хаьдда. Уьш бу цхьана хьаналчу г1уллакха т1ехь шайн махках бевларш. Царна х1онсах дакъа дийр ду (иштта закат а лур ду), церан ц1ахь долчуьнга ца хьоьжуш.
18 Къастаман де – Бадрехь тIом хилла де (бакъдерг а‚ харцдерг а къастош хилла долу).
19 Бусалбанаш а‚ цатешарш а вовшашна дуьхь-дуьхьал бахана тIом бира.
20 Бадрехь тIом болабелча, бусалба нах Мадинатана уллохь бара‚ цатешарш генахь бара.
21 Къепал (ковра)– караван; эмкалшца йохка-эца боьлху–богIу нах. Кхузахь: абу-Суфьяна Шемара ялош хилла йолу йохка-эцаран къепал.
22 ТIамехь мостагIийн.
23 Шайн ницкъ гайта Бадрехь тIамна арабевлла хилла цатешарш, – Дала эшийра уьш.
24 ГIоьнча‚ оцу меттехь чIогIа лоруш хилла волчу элан Маликан кIантан Суракъатан суртехь деана хилла шайтIа царна тIе.
25 Хьан мостаг1ашна т1аьхьах1отта кийча болу кхиберш лелхабе кхечарна а масал хилийта..
26 1аьрбийн тайпанаш хилла вовшашца ч1ог1а мостаг1алла долуш, бусалба дин т1еэцча, вежарий хилира царах.
27 Шена дуьхьал болу цатешарш берриге эшийна‚ хIаллакбина.
28 Делан дош ду хьалхха даьлла‚ ца хууш къа динчунна бехк бац‚ аьлла.
29 Йийсарш мах оьцуш дIа а бахийтина, аш яьккхина хIонс.
30 Мадинатехь бехаш хилла болу бахархой – шаьш шайна Маккара тIебаьхкина хилла болу муъма нах тIелаьцна хилла болу- أنصار ансараш.
31 Шайна тIебаьхкина хилла болу муъма нах. Дин лело парг1ато йолчу Мадинате д1акхелхина хилла Маккара бусалбанаш. Царах مهاجرون Мух1ажарш олу.