80. Сурат IАБАСА

Юьхь хабийна
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 42 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Юьхь хабийна дIавирзи[1] عَبَسَ وَتَوَلَّى
2 Аят
Шена тIе бIаьргашбоцург вогIу‚ аьлла. أَن جَاءهُ الْأَعْمَى
3 Аят
Стен хоуьйту хьоьга‚ иза-м цIанвала а мегий? وَمَا يُدْرِيكَ لَعَلَّهُ يَزَّكَّى
4 Аят
Я хьехам т1елоцур бу  цу хьехамо цунна пайда бийр бу. أَوْ يَذَّكَّرُ فَتَنفَعَهُ الذِّكْرَى
5 Аят
Амма хьал долуш верг  أَمَّا مَنِ اسْتَغْنَى
6 Аят
Хьо цунна тIе чIогIа воьрзу. فَأَنتَ لَهُ تَصَدَّى
7 Аят
Хьуна тIехь ма дац /къа/, иза цIан ца велча а. وَمَا عَلَيْكَ أَلَّا يَزَّكَّى
8 Аят
Амма хьуна тIе веъча, сихвелла, وَأَمَّا مَن جَاءكَ يَسْعَى
9 Аят
И ша /Делах/ кхоьруш верг  وَهُوَ يَخْشَى
10 Аят
Ахь иза тергал а ца во. فَأَنتَ عَنْهُ تَلَهَّى
11 Аят
ХIан-хIа! /Ма леладе иза/ баккъалла а, иза (Къуръан) хьехам бу! كَلَّا إِنَّهَا تَذْكِرَةٌ
12 Аят
Шена луучо и т1елоцу. فَمَن شَاء ذَكَرَهُ
13 Аят
Сийлахь долчу жайнашкахь бу иза (Лавхь махьфуза чохь). فِي صُحُفٍ مُّكَرَّمَةٍ
14 Аят
Шаьш айдина хилла долчу[2] /Далла гергахь/‚ цIандина хилла долчу /жайнашкахь/‚ مَّرْفُوعَةٍ مُّطَهَّرَةٍ
15 Аят
/Делан а, Цуьнан элчанийн а юккъехь/ элчанаш хилла долчу маликийн куьйгашца /яздина долчу/‚ بِأَيْدِي سَفَرَةٍ
16 Аят
/Далла гергахь/ сийлахь долчу, /Делах кхоьруш/ дика 1амалш еш долчу /маликийн куьйгашца/. كِرَامٍ بَرَرَةٍ
17 Аят
ХIаллакьхили[3] адам! Стен керстаналла дайтина цуьнга? قُتِلَ الْإِنسَانُ مَا أَكْفَرَهُ
18 Аят
Муьлхачу хIуманах Цо (Дала) ша кхоьллина /хаий цунна/? مِنْ أَيِّ شَيْءٍ خَلَقَهُ
19 Аят
ТIадамах кхоьллина Цо иза‚ тIаккха Цо цунна /массо а хIуманца/ барам бина[4]. مِن نُّطْفَةٍ خَلَقَهُ فَقَدَّرَهُ
20 Аят
ТIаккха Цо цунна некъ[5] атта бина. ثُمَّ السَّبِيلَ يَسَّرَهُ
21 Аят
ТIаккха Цо иза валийтина‚ каш чувиллийтина. ثُمَّ أَمَاتَهُ فَأَقْبَرَهُ
22 Аят
ТIаккха, Шена ма-лиъинехь, Цо иза денвийр ву /къематдийнахь/. ثُمَّ إِذَا شَاء أَنشَرَهُ
23 Аят
ХIан-хIа! Цо (адамо) ма кхочуш ца до шега /Дала/ омра динарг. كَلَّا لَمَّا يَقْضِ مَا أَمَرَهُ
24 Аят
И адам хьожийла ша дуучуьнга! فَلْيَنظُرِ الْإِنسَانُ إِلَى طَعَامِهِ
25 Аят
Оха ма доьттина /и стиглара/ хи (догIа) шортта доттарца! أَنَّا صَبَبْنَا الْمَاء صَبًّا
26 Аят
ТIаккха Оха ма дадийна и латта дадорца. ثُمَّ شَقَقْنَا الْأَرْضَ شَقًّا
27 Аят
Оха ма балийтина цу чохь буьртиг‚ فَأَنبَتْنَا فِيهَا حَبًّا
28 Аят
Кемсаш а‚ яраш (керла хастоьмаш) а‚ وَعِنَبًا وَقَضْبًا
29 Аят
Зайтун[6] а‚ хурма а‚ وَزَيْتُونًا وَنَخْلًا
30 Аят
Дуккха а дитташ долу бошмаш а‚ وَحَدَائِقَ غُلْبًا
31 Аят
Стоьмаш а‚ /бежнашна яа/ бецаш а. وَفَاكِهَةً وَأَبًّا
32 Аят
Шуна а пайда болуш‚ шун бежнашна а пайда болуш. مَّتَاعًا لَّكُمْ وَلِأَنْعَامِكُمْ
33 Аят
Нуьцкъала мохь[7] беъча! فَإِذَا جَاءتِ الصَّاخَّةُ
34 Аят
Оцу дийнахь стаг водур ву шен веших‚ يَوْمَ يَفِرُّ الْمَرْءُ مِنْ أَخِيهِ
35 Аят
Шен ненах а‚ шен дех а‚ وَأُمِّهِ وَأَبِيهِ
36 Аят
Шен зудчух а‚ шен кIентех а. وَصَاحِبَتِهِ وَبَنِيهِ
37 Аят
Оцарах хIор стеган оцу дийнахь гIуллакх хир ду ша хьалхаваккхар. لِكُلِّ امْرِئٍ مِّنْهُمْ يَوْمَئِذٍ شَأْنٌ يُغْنِيهِ
38 Аят
Цхьа яххьаш[8] оцу дийнахь хир ю къегина‚ وُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ مُّسْفِرَةٌ
39 Аят
Йоьлуш‚ яккхийеш. ضَاحِكَةٌ مُّسْتَبْشِرَةٌ
40 Аят
Цхьа /кхин/ яххьаш оцу дийнахь хир ю шайна тIе чан йиллина‚ وَوُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ عَلَيْهَا غَبَرَةٌ
41 Аят
Уьш дIахьулйийр ю бодано. تَرْهَقُهَا قَتَرَةٌ
42 Аят
Уьш бу цатешнарш‚ къинош динарш. أُوْلَئِكَ هُمُ الْكَفَرَةُ الْفَجَرَةُ
[1]Делан элча ﷺ хилла Къурайшин элашца къамел деш, уьш бусалба динна т1еберзо гIерташ. Оцу хенахь сихвелла веана бIаьрса доцу IабдуллахI бин Умм Мактум‚ шена Iамаде Дала хьайна Iамийнарг бохуш, мохь бетташ. IабдуллахIана хууш ца хилла, пайхамар машгIул вуйла. И веъча, элий динах юхабовлур бу аьлла, хетта элча, юьхь хабийна, дIавирзина. Цу тIехь Дала цунна бехк боккхуш, доссийна х1ара сурат.Делан элча ﷺ хуьлура цул т1аьхьа, 1абдуллах1ина дуьхьалкхетча, велакъежаш, олуш: "Марша вог1ийла шегахь Дала суна бехк баьккхинарг!" Цо лорура иза, г1айг1абора цуьнан.
[2]Дуьнена мел доссийначу жайнийн бух Далла гергахь Iалашбина бу. Цунах لوح محفوظ (Лавхь махьфуз) олу.
[3]Х1аллакхили – Къуръанчохь: قتل Къутила. « Не1алт хуьлда» бохучун маь1нехь ду иза. Керста Шен къинхетамах генаваьккхи Ша, боху Дала.
[4]Ненан кийрахь кхиина, барам бина рицкъ даларца, 1ожалла х1оттаярца, декъал – декъаза хиларца.
[5]Ненан кийрара дуьненвала.
[6]Зайтун  Iарбийн махкахь кхуьу, шех даьтта доккху стом.
[7]Исрафил-малико шозлагIа зурма лекхча‚ массо а хIума къематденна хьалагIаттош.
[8]Муъма нехан‚ дуьненахь дика Iамалш йина хилла болчу‚ къематдийнахь яххьаш къегина хир ю шайна ялсамани хир юйла хууш.