81. Сурат АТ-ТАКВИР

ДIахьарчор
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 29 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Малх дIахьарчича‚ إِذَا الشَّمْسُ كُوِّرَتْ
2 Аят
Седарчий охьаэгча‚ وَإِذَا النُّجُومُ انكَدَرَتْ
3 Аят
Лаьмнаш /шайн меттигашкара/ дIадоладалийтича, وَإِذَا الْجِبَالُ سُيِّرَتْ
4 Аят
Пхора[1] эмкалш Iу воцуш йитича, وَإِذَا الْعِشَارُ عُطِّلَتْ
5 Аят
Акхарой гулйича[2] وَإِذَا الْوُحُوشُ حُشِرَتْ
6 Аят
ХIордаш дагийна‚ царах цIе хилча‚ وَإِذَا الْبِحَارُ سُجِّرَتْ
7 Аят
Синош /шайн дуьненахь хиллачу догIмаш чу/ дIадерзийча[3] وَإِذَا النُّفُوسُ زُوِّجَتْ
8 Аят
Дийна йолуш /кешнаш чу/ дIайоьллина хиллачу йоь1иге[4] хаьттича, وَإِذَا الْمَوْؤُودَةُ سُئِلَتْ
9 Аят
Х1ун къа бахьанехь иза йийна хилла аьлла, بِأَيِّ ذَنبٍ قُتِلَتْ
10 Аят
/Нехан Iамалш тIеяздина/ тептарш дIасадекъча (царга шайга д1аделча)‚ وَإِذَا الصُّحُفُ نُشِرَتْ
11 Аят
Стигал /уьстагIан цIока йоккхуш санна схьаоьзна/ д1аяьккхича‚ وَإِذَا السَّمَاء كُشِطَتْ
12 Аят
Жоьжахати дIалатича‚ وَإِذَا الْجَحِيمُ سُعِّرَتْ
13 Аят
Ялсамани /Делах кхоьруш хиллачарна/ гергаялийча  وَإِذَا الْجَنَّةُ أُزْلِفَتْ
14 Аят
/И массо а хIума хилча, тIаккха/ синна хуур ду, ша хIун деана[5]. عَلِمَتْ نَفْسٌ مَّا أَحْضَرَتْ
15 Аят
ХIан-хIа! Дуй боу Ас дийнахь хьулдечу, буьйсанна гучудолучу (къегачу) седарчех. فَلَا أُقْسِمُ بِالْخُنَّسِ
16 Аят
/Маьлхаца, баттаца/ дIасалелаш‚ тIаккха /малх д1абузучу хенахь/ къайладовлуш долчу седарчех а‚ الْجَوَارِ الْكُنَّسِ
17 Аят
Буьйсанах а‚ иза Iаржъелча‚ وَاللَّيْلِ إِذَا عَسْعَسَ
18 Аят
Iуьйренах а‚ иза серлаяла йолаелча: وَالصُّبْحِ إِذَا تَنَفَّسَ
19 Аят
Баккъалла а, иза (Къуръан) сийлахь долчу элчанан[6] дош ма ду‚ إِنَّهُ لَقَوْلُ رَسُولٍ كَرِيمٍ
20 Аят
Нуьцкъала долчу, Шегахь Iарш йолчун (Далла) гергахь чIогIа долчу‚ ذِي قُوَّةٍ عِندَ ذِي الْعَرْشِ مَكِينٍ
21 Аят
/Шена кхин маликаш/ муьтIахь долчу‚ цигахь ша тешаме долчу. مُطَاعٍ ثَمَّ أَمِينٍ
22 Аят
Ма вац шун накъост (Мухьаммад) жинех /цхьаболчу керстанашна ма моьтту/. وَمَا صَاحِبُكُم بِمَجْنُونٍ
23 Аят
Цунна[7] и (Джабраил-малик) ма гира серлаяьллачу анахь (стиглан арахь). وَلَقَدْ رَآهُ بِالْأُفُقِ الْمُبِينِ
24 Аят
Иза-м а вац шега къайлаха (нахана ца гуш долу) доуьйтучу ваьхьех хIумма а эшадеш (нахах хьулдеш‚ ца дуьйцуш). وَمَا هُوَ عَلَى الْغَيْبِ بِضَنِينٍ
25 Аят
И (Къуръан) ма дац /цхьаболчу керстанашна ма моьтту/ шена не1алт[8] аьллачу шайтIанан дош. وَمَا هُوَ بِقَوْلِ شَيْطَانٍ رَجِيمٍ
26 Аят
Шу мича доьлху /цу Къуръанна инкарло еш/? فَأَيْنَ تَذْهَبُونَ
27 Аят
Иза беккъа хьехам бу Iаламашна‚ إِنْ هُوَ إِلَّا ذِكْرٌ لِّلْعَالَمِينَ
28 Аят
Шух ша нисвала лиъначунна. لِمَن شَاء مِنكُمْ أَن يَسْتَقِيمَ
29 Аят
Шуна луур-м дац, Iаламийн Да ша волчу Далла ца лаахь. وَمَا تَشَاؤُونَ إِلَّا أَن يَشَاء اللَّهُ رَبُّ الْعَالَمِينَ
[1]Пхора эмкалш хьахийна кхузахь, уьш Iарбийн уггар сийлахь даьхни хиларна.
[2]Къематдийнахь массо а акхароша‚ дийнаташа Делан омранца кхиэл оьцур ю дуьненахь шайна бохам бийначаьргара‚ тIаккха цаьрга "чан хила" эр ду.
[3]ШолгIа сур лекхча (къематде хIуттуш), хIор са шен дуьненахь хиллачу дегIа чу дIагIур ду Делан омранца. Сабунис цуьнан маь1на иштта дина: къематдийнахь синош цхьаьнатухур ду: къинош динарг- къинош диначуьнца жоьжахати чохь, дика 1амал йинарг- дика 1амал йиначуьнца ялсаманехь.
[4] Йоь1иг – йо1алг; жима йо1. Бусалба дин тIедале цхьацца болчу Iарбийн Iадат хилла шайна дуьненчу даьлла зудабер дийна долуш каш чу дIадуллуш, йоI шена дуьненчу ялар ца дезаш а‚ куралла еш а. Бусалба дино дIадаьккхина и боьха Iадат.
[5]ХIор синна хуур ду оцу къематдийнахь, ша хIун кечдина хилла дуьненахь долуш оцу денна.
[6]Элча  кхузахь: Джабраил-малик. Цо иза Делера дахьаш долу дела, цуьнан дош аьлла.
[7]Мухьаммад-пайхамарна ﷺ гуш хилла Джабраил-малик шен хазачу суртехь, и ваьхьий дахьаш догIуш.
[8]1арбийн дешан رجيم Раджим юьхьанца маь1на хилла Т1улгаш бетташ, эккхориг. И хилла ч1ог1а сийсазалла, не1алт алар. Дукха хьолахь и сибат шайт1анна деш ду. Цуьнан маь1на ду: Дала Шен къинхетамах генадаьккхинарг.