82. Сурат АЛЬ-ИНФИТIАР

Ядар
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 19 аят)


Ша сов къинхетаме а, къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Стигал яьтIича 1 إِذَا السَّمَاء انفَطَرَتْ
2 Аят
Седарчий охьэгча‚ وَإِذَا الْكَوَاكِبُ انتَثَرَتْ
3 Аят
ХIордаш /шайн йистош дIаевлла, вовшахъийна/ цхьа хIорд хилча‚ وَإِذَا الْبِحَارُ فُجِّرَتْ
4 Аят
Кешнаш тIекIелдевлча /белларш хьалагIовттийта/‚ – وَإِذَا الْقُبُورُ بُعْثِرَتْ
5 Аят
/ТIаккха/ хии синна, ша хIун хьалхадаьккхи‚ хIун тIаьхьатетти. عَلِمَتْ نَفْسٌ مَّا قَدَّمَتْ وَأَخَّرَتْ
6 Аят
ХIай адам! Стен марздина хьуна хьан сийлахь Кхиош-Кхобучунна Iесалла ян 2 ? يَا أَيُّهَا الْإِنسَانُ مَا غَرَّكَ بِرَبِّكَ الْكَرِيمِ
7 Аят
Иштта ву Иза, Ша хьо кхоьллина‚ тIаккха хьо д1анисдина (хьан массо а меже нийса йолуш, хьо хезаш, ойла еш, гуш волуш), т1аккха /хазачу куьцехь/ д1атарвина. الَّذِي خَلَقَكَ فَسَوَّاكَ فَعَدَلَكَ
8 Аят
Шена луучу суьртехь 3 Цо кхоьлли хьо. فِي أَيِّ صُورَةٍ مَّا شَاء رَكَّبَكَ
9 Аят
ХIан-хIа! Шу харцдеш ма ду бекхам хирг хилар /къематдийнахь/. كَلَّا بَلْ تُكَذِّبُونَ بِالدِّينِ
10 Аят
Баккъалла а, шуна тIе хIиттийна лардархой 4 ма бу‚ وَإِنَّ عَلَيْكُمْ لَحَافِظِينَ
11 Аят
Сийлахь хилла‚ яздеш долу. كِرَامًا كَاتِبِينَ
12 Аят
Царна хаьа аш дийриг. يَعْلَمُونَ مَا تَفْعَلُونَ
13 Аят
Баккъалла а, дика берш /шена чохь массо а хIума долу/ наIим цIе йолчу ялсаманехь хир бу. إِنَّ الْأَبْرَارَ لَفِي نَعِيمٍ
14 Аят
Баккъалла а, къинош деш берш жоьжахатехь хир бу. وَإِنَّ الْفُجَّارَ لَفِي جَحِيمٍ
15 Аят
Цу чу гIур бу уьш‚ /цуьнан йовхо Iовшур ю цара/ бекхаман /къемат/ дийнахь. يَصْلَوْنَهَا يَوْمَ الدِّينِ
16 Аят
Цунах къайлабер ма бац уьш. وَمَا هُمْ عَنْهَا بِغَائِبِينَ
17 Аят
Хьуна стен хаийтина‚ иза хIун бекхаман де ду? وَمَا أَدْرَاكَ مَا يَوْمُ الدِّينِ
18 Аят
ТIаккха а хьуна стен хаийтина‚ иза хIун бекхаман де ду? ثُمَّ مَا أَدْرَاكَ مَا يَوْمُ الدِّينِ
19 Аят
Оцу дийнахь сино синан цхьанна а хIуманна тIехь доладийр дац. ГIуллакх оцу дийнахь хир ду Делан. يَوْمَ لَا تَمْلِكُ نَفْسٌ لِّنَفْسٍ شَيْئًا وَالْأَمْرُ يَوْمَئِذٍ لِلَّهِ
1 Исрафил-малико дуьхьашхалгIа сур лекхча.
2 Кхузахь Дала бехк боккху адаме (керстане), цо Шена 1есалла ярна, Ша цунна дукха ни1маташ делла доллушехь, Ша цунах боккха къинхетам беш боллушехь.
3 Шена луучу хазачу куцахь кхоьлли Дала адам.
4 Аш мел дийриг дIаяздеш долу маликаш.