83. Сурат АЛЬ-МУТIАФФИФИН

Эшош берш
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 36 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Боккха бāла[1] бу /йохка-эцар еш дустуш -узуш/ эшош болчарна‚ وَيْلٌ لِّلْمُطَفِّفِينَ
2 Аят
Ишттанаш бу уьш шаьш нахера дустуш оьцуш /терза/ нисйойтуш‚ الَّذِينَ إِذَا اكْتَالُواْ عَلَى النَّاسِ يَسْتَوْفُونَ
3 Аят
Ткъа шаьш царна дустуш а‚ узуш а – эшаеш. وَإِذَا كَالُوهُمْ أَو وَّزَنُوهُمْ يُخْسِرُونَ
4 Аят
Царна ца моьтту те шаьш /деллачул тIаьхьа/ дендийр дуйла أَلَا يَظُنُّ أُولَئِكَ أَنَّهُم مَّبْعُوثُونَ
5 Аят
Сийлахь-доккхачу денна[2]! لِيَوْمٍ عَظِيمٍ
6 Аят
Оцу дийнахь нах д1ахIуттур бу Iаламийн Дена /Далла/ хьалха. يَوْمَ يَقُومُ النَّاسُ لِرَبِّ الْعَالَمِينَ
7 Аят
ХIан-хIа! Баккъалла а, къинош диначеран тептар Сижжина[3] чохь хир ду! كَلَّا إِنَّ كِتَابَ الفُجَّارِ لَفِي سِجِّينٍ
8 Аят
Хьуна стен хаийтина /хIай Мухьаммад/‚ и Сижжин хIун ю? وَمَا أَدْرَاكَ مَا سِجِّينٌ
9 Аят
МухIар тоьхна тептар /ду иза/. كِتَابٌ مَّرْقُومٌ
10 Аят
Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна! وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ
11 Аят
Шаьш бекхаман де харцдеш болчу‚ الَّذِينَ يُكَذِّبُونَ بِيَوْمِ الدِّينِ
12 Аят
Иза харцдийр ма дац массо а дозанах ваьлла‚ къинош деш волчо бен. وَمَا يُكَذِّبُ بِهِ إِلَّا كُلُّ مُعْتَدٍ أَثِيمٍ
13 Аят
Шена тIехь Тхан аяташ дешча‚ цо олу: "Хьалхалерчийн туьйранаш /ду хIорш/". إِذَا تُتْلَى عَلَيْهِ آيَاتُنَا قَالَ أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ
14 Аят
ХIан-хIа! ХIаъ! Цара карадеш долчо макх латийна церан дегнашка[4]. كَلَّا بَلْ رَانَ عَلَى قُلُوبِهِم مَّا كَانُوا يَكْسِبُونَ
15 Аят
ХIан-хIа! Баккъалла а, уьш оцу дийнахь шаьш Кхиош-Кхобучух дIахьулбина хир бу (царна и Дела гур вац). كَلَّا إِنَّهُمْ عَن رَّبِّهِمْ يَوْمَئِذٍ لَّمَحْجُوبُونَ
16 Аят
ТIаккха уьш чугIур бу жоьжахатина. ثُمَّ إِنَّهُمْ لَصَالُو الْجَحِيمِ
17 Аят
ТIаккха эр ду: "ХIара ду аш харцдеш хилларг". ثُمَّ يُقَالُ هَذَا الَّذِي كُنتُم بِهِ تُكَذِّبُونَ
18 Аят
ХIан-хIа! Баккъалла а, дикачеран тептар Iиллиййунан[5] чохь хир ду. كَلَّا إِنَّ كِتَابَ الْأَبْرَارِ لَفِي عِلِّيِّينَ
19 Аят
Хьуна стен хаийтина‚ и хIун Iиллиййун ю? وَمَا أَدْرَاكَ مَا عِلِّيُّونَ
20 Аят
МухIар тоьхна тептар /ду иза/. كِتَابٌ مَّرْقُومٌ
21 Аят
Цунна тешалла дийр ду /Далла/ гергахь долчу /маликаша/. يَشْهَدُهُ الْمُقَرَّبُونَ
22 Аят
Баккъалла а, диканиг динарш /ялсаманехь/ ни1маташкахь хир бу‚ إِنَّ الْأَبْرَارَ لَفِي نَعِيمٍ
23 Аят
Маьнганаш тIехь хьоьжуш. عَلَى الْأَرَائِكِ يَنظُرُونَ
24 Аят
Хьуна девзар ду церан яххьашкахь ниIматийн лепар! تَعْرِفُ فِي وُجُوهِهِمْ نَضْرَةَ النَّعِيمِ
25 Аят
Малор ду царна мухIар тоьхначу уггар цIеначу чагIарх‚ يُسْقَوْنَ مِن رَّحِيقٍ مَّخْتُومٍ
26 Аят
Цуьнан чаккхе миск[6] ю[7]. Оцунна т1ехь йохье бовлийла шаьш йохье бовлурш! خِتَامُهُ مِسْكٌ وَفِي ذَلِكَ فَلْيَتَنَافَسِ الْمُتَنَافِسون
27 Аят
Цунах (чагIарх) тоьхнарг таснимах[8] хир ду‚ وَمِزَاجُهُ مِن تَسْنِيمٍ
28 Аят
Шовда ду иза‚ шена чуьра мер долуш /Далла/ гергаболчара. عَيْنًا يَشْرَبُ بِهَا الْمُقَرَّبُونَ
29 Аят
Баккъалла а, къинош динарш бара ийман диллинчарах боьлуш‚ إِنَّ الَّذِينَ أَجْرَمُوا كَانُواْ مِنَ الَّذِينَ آمَنُوا يَضْحَكُونَ
30 Аят
Царна тIехбовлуш, вовшашка муьшкаш еш‚ وَإِذَا مَرُّواْ بِهِمْ يَتَغَامَزُونَ
31 Аят
Шайн доьзална тIебоьрзуш, тIебоьрзура забарш еш‚ وَإِذَا انقَلَبُواْ إِلَى أَهْلِهِمُ انقَلَبُواْ فَكِهِينَ
32 Аят
И /муъма нах/ шайна гича‚ цара олура: "Баккъалла а, хIорш тилабелларш бу-кх!" وَإِذَا رَأَوْهُمْ قَالُوا إِنَّ هَؤُلَاء لَضَالُّونَ
33 Аят
Ца бахийтина уьш царна (бусалбанашна) тIе, тергамхой[9] хилла. وَمَا أُرْسِلُوا عَلَيْهِمْ حَافِظِينَ
34 Аят
Тахана ийман диллина хилларш /Делах/ цатешачарах боьлур бу! فَالْيَوْمَ الَّذِينَ آمَنُواْ مِنَ الْكُفَّارِ يَضْحَكُونَ
35 Аят
Маьнганаш тIехь хьоьжуш хир бу! عَلَى الْأَرَائِكِ يَنظُرُونَ
36 Аят
/Нийсса/ бекхам биний /Делах/ цатешачарна цара деш хиллачуьнца? /Х1аъ, бина, Делора!/ هَلْ ثُوِّبَ الْكُفَّارُ مَا كَانُوا يَفْعَلُونَ
[1]Боккха бала  Iарбашха: ويل "Вайлун"  Iазап‚ хIаллакхилар, я жоьжахатин боьра.
[2]Къематдийнахь.
[3]Сижжин – уггар бухахь йолу готта меттиг (жоьжахатин бух).
[4]Наха лелош долчу вочу хIуманаша (къиноша) церан дегнашка мекха лоцуьйту‚ аьлча а, уьш бехло.
[5]Ялсаманехь уггар лакхахь йолу, сийлахь меттиг.
[6]Миск  хаза хьожа йолу орамат (мускус).
[7]Цуьнан чаккхе миск ю - Ша мелла ваьлча, мискан хьожа йогIуш.
[8]Тасним  хаза чам болу ялсаманин малар.
[9]Керстанашна т1е ца диллина Ша, боху Дала, бусалбнийн 1амалш тергалъяр.