84. Сурат АЛЬ-ИНШИКЪАКЪ

(Маккахь доьссина‚ дерриге а 25 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Стигал етIича‚ إِذَا السَّمَاء انشَقَّتْ
2 Аят
Шен кхиош-кхобуш волчу Далла муьтIахь хилла‚ /и Далла муьтIахь хилар цунна/ хьакъ хилча‚ وَأَذِنَتْ لِرَبِّهَا وَحُقَّتْ
3 Аят
Латта дIадаржийча /нисдича, тIехь мел йолу хIума дIа а яьккхина/‚ وَإِذَا الْأَرْضُ مُدَّتْ
4 Аят
Шена тIехь (чохь) мел дерг дIакхоьссина‚ ша даьсса дисча‚ وَأَلْقَتْ مَا فِيهَا وَتَخَلَّتْ
5 Аят
Шен кхиош-кхобуш волчу Далла муьтIахь хилла, /и Далла муьтIахь хилар цунна/ хьакъ хилча 1 /х1уттур ду къематде/. وَأَذِنَتْ لِرَبِّهَا وَحُقَّتْ
6 Аят
ХIай адам! Баккъалла а, хьо, хьайн Кхиош-Кхобучунна тIе даха къахоьгуш ду къахьегарца (даларна тIе даха я Далла)‚ хьо Цунна дуьхьалкхетар ма ду (я айхьа йинчу Iамална – диканиг елахь а‚ вониг елахь а). يَا أَيُّهَا الْإِنسَانُ إِنَّكَ كَادِحٌ إِلَى رَبِّكَ كَدْحًا فَمُلَاقِيهِ
7 Аят
Амма и шен тептар 2 шега шен аьтту куьйга дIаделларг – فَأَمَّا مَنْ أُوتِيَ كِتَابَهُ بِيَمِينِهِ
8 Аят
ТIаьхьа цунна хьесап дийр ду аттачу хьесапца /миза-терза узуш/‚ فَسَوْفَ يُحَاسَبُ حِسَابًا يَسِيرًا
9 Аят
Шен цIийнан охIлана тIе иза д1авоьрзур ву хазахеташ. وَيَنقَلِبُ إِلَى أَهْلِهِ مَسْرُورًا
10 Аят
Амма и шен тептар шега шен букъа т1ехьахула дIаделларг – وَأَمَّا مَنْ أُوتِيَ كِتَابَهُ وَرَاء ظَهْرِهِ
11 Аят
ТIаьхьа цо кхойкхур ду хIаллакхиларе /делла дIадалар атта дара цунна/‚ فَسَوْفَ يَدْعُو ثُبُورًا
12 Аят
Чудер ду (къинош дина адам) жоьжахатина. وَيَصْلَى سَعِيرًا
13 Аят
Баккъалла а, иза (адам) дара шен доьзалехь хазахеташ /дуьненахь долуш/. إِنَّهُ كَانَ فِي أَهْلِهِ مَسْرُورًا
14 Аят
Баккъалла а, цунна моьттура ша /шен Кхиош-Кхобучунна тIе/ цкъа а юхадоьрзур дац. إِنَّهُ ظَنَّ أَن لَّن يَحُورَ
15 Аят
ХIаъ‚ баккъалла а, иза кхиош-кхобуш волу Дела хилла цунах дерг гуш. بَلَى إِنَّ رَبَّهُ كَانَ بِهِ بَصِيرًا
16 Аят
ХIан-хIа! Дуй боу Ас /малх дIабузуш я малх схьакхеташ/ стигал цIийяларца‚ فَلَا أُقْسِمُ بِالشَّفَقِ
17 Аят
/Дуй боу Ас/ буьйсанах а‚ цо гулдечух 3 а. وَاللَّيْلِ وَمَا وَسَقَ
18 Аят
Баттах а /дуй боу Ас/, и буьзча /боккха хилла/ وَالْقَمَرِ إِذَا اتَّسَقَ
19 Аят
Шу хьаьвзар ма ду цхьана хьолера кхечу хьоле 4 . لَتَرْكَبُنَّ طَبَقًا عَن طَبَقٍ
20 Аят
ХIун ду те царна уьш ца теша? فَمَا لَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ
21 Аят
Шайна тIехь Къуръан доьшуш, сужуд ца дан? وَإِذَا قُرِئَ عَلَيْهِمُ الْقُرْآنُ لَا يَسْجُدُونَ
22 Аят
ХIаъ! И ца тешаш хилларш /дин/ харцдеш бу-кх. بَلِ الَّذِينَ كَفَرُواْ يُكَذِّبُونَ
23 Аят
Дела дика хууш ву цара шайгахь хьулдинарг 5 . وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا يُوعُونَ
24 Аят
Кхаъ баккха царна лазош долчу Iазапца‚ فَبَشِّرْهُم بِعَذَابٍ أَلِيمٍ
25 Аят
Ийман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш боцучарна – царна хир ю хедар йоцу ял! إِلَّا الَّذِينَ آمَنُواْ وَعَمِلُواْ الصَّالِحَاتِ لَهُمْ أَجْرٌ غَيْرُ مَمْنُونٍ
1 И Дала хьехориг хир долуш ду къематде гергадеъча.
2 Тептар – кхузахь: дуьненахь волуш адамо мел йина Iамал (диканиг‚ вониг) дIаязйина йолу жайна.
3 Буьйсанна арайовлу са долу хIуманаш. Дийнахь шайн г1уллакхашкахь д1адаьржина мел хилла х1ума буьйсанна шайн гуттаренан меттиге д1адоьрзу, т1егулло.
4 Цкъа лийр ду‚ тIаккха дендийр ду…
5 Церан дегнашкахь гулъелла йолу элчанца мостагIалла, шайн харц динна т1ехь ч1аг1болуьйту бахьанаш.