85. Сурат АЛЬ-БУРУДЖ

ГIаланаш
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 22 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Стигалах дуй боу Ас‚ /седарчий чохь долу/ гIаланаш 1 йолчу‚ وَالسَّمَاء ذَاتِ الْبُرُوجِ
2 Аят
Шуна ваIда йинчу /къемат/ дийнах а дуй боу Ас‚ وَالْيَوْمِ الْمَوْعُودِ
3 Аят
Ша тешалла дийр долчух а, шена т1ехь тешалла дийр долчух а /дуй боу Ас 2 /. وَشَاهِدٍ وَمَشْهُودٍ
4 Аят
Х1аллакхили 3 саьнгарийн 4 дай, قُتِلَ أَصْحَابُ الْأُخْدُودِ
5 Аят
/Муъма нахах/ шена ягориг йинчу цIеран дай 5 . النَّارِ ذَاتِ الْوَقُودِ
6 Аят
Уьш бара цунна гонахь хевшина‚ إِذْ هُمْ عَلَيْهَا قُعُودٌ
7 Аят
Шаьш муъма нахана тIехь дечуьнга 6 хьоьжуш. وَهُمْ عَلَى مَا يَفْعَلُونَ بِالْمُؤْمِنِينَ شُهُودٌ
8 Аят
Цаьргара чIир ца оьцура цара, деккъа уьш Ша веза волчу‚ Ша хастаме волчу Делах тешаш бу аьлла бен. وَمَا نَقَمُوا مِنْهُمْ إِلَّا أَن يُؤْمِنُوا بِاللَّهِ الْعَزِيزِ الْحَمِيدِ
9 Аят
Ишттаниг ву Иза Шегахь долуш стигалийн а‚ лаьттан а паччахьалла. И Дела массо а хIуманна тIехь теш ма ву. الَّذِي لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَاللَّهُ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدٌ
10 Аят
Баккъалла а, и муъма божарий а‚ муъма зударий а бале лаьцнарш 7 ‚ тIаккха тоба ца динарш – царна жоьжахатин Iазап ду‚ царна цIеран Iазап ду. إِنَّ الَّذِينَ فَتَنُوا الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ ثُمَّ لَمْ يَتُوبُوا فَلَهُمْ عَذَابُ جَهَنَّمَ وَلَهُمْ عَذَابُ الْحَرِيقِ
11 Аят
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – царна бошмаш ю‚ шайна бухахула хиш оьхуш йолу. Иза боккха толам бу-кх! إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَهُمْ جَنَّاتٌ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ذَلِكَ الْفَوْزُ الْكَبِيرُ
12 Аят
Баккъалла а, хьо Кхиош-Кхобуш волчун /Делан/ ницкъ чIогIа бу-кх! إِنَّ بَطْشَ رَبِّكَ لَشَدِيدٌ
13 Аят
Баккъалла а, Цо д1адоладо‚ Цо карладоккху /муьлха гIуллакх/. (Цо кхоьллина халкъ юхьанца, Цо дендийр ду и тIаьхьа къематдинахь) إِنَّهُ هُوَ يُبْدِئُ وَيُعِيدُ
14 Аят
Иза сов гечдийриг а ву‚ безаш верг а ву /Шена гIуллакх деш берш/. وَهُوَ الْغَفُورُ الْوَدُودُ
15 Аят
Сийлахьчу Iаьршан Да а ву‚ ذُو الْعَرْشِ الْمَجِيدُ
16 Аят
Шена луург деш верг 8 а ву. فَعَّالٌ لِّمَا يُرِيدُ
17 Аят
Эскарийн хабар деъний хьоьга‚ /хIай Мухьаммад/, هَلْ أَتَاكَ حَدِيثُ الْجُنُودِ
18 Аят
ФирIавнан а‚ самудийн а /хабар/ 9 ? فِرْعَوْنَ وَثَمُودَ
19 Аят
ХIаъ! Цатешнарш харцонна чохь ма бу. بَلِ الَّذِينَ كَفَرُوا فِي تَكْذِيبٍ
20 Аят
Дела царна тIехьахула го бина ма ву (Дела царна тIехь ницкъ болуш ву). وَاللَّهُ مِن وَرَائِهِم مُّحِيطٌ
21 Аят
ХIаъ! Иза сийлахь Къуръан ма ду. بَلْ هُوَ قُرْآنٌ مَّجِيدٌ
22 Аят
1алашдечу уьна чохь 10 ма ду. فِي لَوْحٍ مَّحْفُوظٍ
1 Седарчий лела лекха меттигаш. “ГIаланаш” аьлла царах, уьш, гIаланаш санна, лакхахь, гучохь хуьлу дела
2 Кхузахь Дала дуй боу Ша мел кхоьллинчу халкъах, наха тешалла деш долчу, нахана гуш долчу. Кхечу тафсирашкахь ду: тешалла деш долчу пIераскан дийнах а‚ шена тешалла деш долчу Iарафатан дийнах а, я пайхамарех, шаьш нахана. тIехь тешалла дийр болу‚ я нахах пайхамарша шайна тIехь тешалла дийр долу /дуй боу Ас /
3 Х1аллакхили – Къуръанчохь: قتل Къутила. « Шайна не1алт аьлла» бохучун маь1нехь ду иза. Ибн-1аббаса аьлла Къуръанчохь къутила мел аьллачохь « шена не1алт аьлла» бохург ду.
4 Саьнгар – лаьттахь даьккхина ор. Даккхий оьрнаш дохуш хилла керстанаша Делах тешаш болу нах багабан, царна чу цIерш латаеш. Аятан маь1на юкъара ду, массо а зуламхоша ц1арца багош хиллачу муъма нахах доьзна. Цуьнан масалш исторехь дуккха ду. Царах ду Намруз- паччахь Ибрах1им (Делера салам хуьлда цунна) ваго г1ертар. Царах ду Мухьаммад ﷺ дуьненчу ваьллачу насарийн терахьца 570 –чу шарахь Йеменна доладеш хиллачу х1имйаритийн (хумеритийн) т1аьххьарчу паччахьо Зу-Нуваса (ша жуьгтийн динехь хиллачу) Наджранан насарашна багош зуламаш дар. Иштта хиндерг хуучу Дала дийцинчух ду юккъерчу б1ешерашкахь Европехь коьртехь хиллачара шайн динна духьал хилларш багор…
5 ЦIерца Делах тешаш болчу муъма нахана зуламаш деш болу керстанаш.
6 Уьш бусалба динах юха ца бевлча‚ цIерга кхуьссуш‚ багош хилла цара.
7 ХIара доьссина и бусалба нах багийначарах лаьцна.
8 Деш верг – Къуръан чохь: فعّال Фа11ал вазнехь (моделаца) деъна и дош. Т1аккха цуьнан маь1на хуьлу т1етт1а, к1ад ца луш, дукха х1уманаш деш верг.
9 Дала Шена дуьхьалбовларна уьш хIаллакбарх лаьцна долу хабар.
10 1алашдеш долу у – дерриге а Делан жайнаш т1еяздина, Далла гергахь1алашбеш болу бух (Iарбийн маттахь لوح محفوظ "Лавхь махьфуз").