86 Сурат АТI-ТIАРИКЪ

(Маккахь доьссина‚ дерриге а 17 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Стигалх а дуй боу Ас‚ /буса кхетачу/ седанах а дуй боу Ас. وَالسَّمَاء وَالطَّارِقِ
2 Аят
Хьоьга стен хаийтина /хIай Мухьаммад/, и / буса кхетарг/ хIун седа бу? وَمَا أَدْرَاكَ مَا الطَّارِقُ
3 Аят
Бода хадош болу седа бу иза. النَّجْمُ الثَّاقِبُ
4 Аят
Цхьа а са ма дац, шена тIехь тергамхо[1] волуш бен. إِن كُلُّ نَفْسٍ لَّمَّا عَلَيْهَا حَافِظٌ
5 Аят
Хьожийла адам‚ ша стенах кхоьллина ду! فَلْيَنظُرِ الْإِنسَانُ مِمَّ خُلِقَ
6 Аят
Иза кхоьллина ду ийначу /боьршачу стеган а‚ зудчун а/ хих. خُلِقَ مِن مَّاء دَافِقٍ
7 Аят
Иза схьадолу /ден/ букъара‚ /ненан/ некхан даьIахкех (т1ехкех). يَخْرُجُ مِن بَيْنِ الصُّلْبِ وَالتَّرَائِبِ
8 Аят
Баккъалла а, И /Дела/ ву иза юхаверзо[2] ницкъ кхочуш верг. إِنَّهُ عَلَى رَجْعِهِ لَقَادِرٌ
9 Аят
Къайленаш толлучу /къемат/ дийнахь. يَوْمَ تُبْلَى السَّرَائِرُ
10 Аят
Ма бац цунна (къинош диначунна) ницкъ а‚ ма вац цунна (къинош диначунна) гIоьнча а. فَمَا لَهُ مِن قُوَّةٍ وَلَا نَاصِرٍ
11 Аят
Стигалх а дуй боу Ас‚ шегахь юхадерзор долчу (шен хен-хенахь доьлху догIа долчу). وَالسَّمَاء ذَاتِ الرَّجْعِ
12 Аят
Лаьттах а дуй боу Ас‚ шегахь дадар долчу /орамат схьадолуш/: وَالْأَرْضِ ذَاتِ الصَّدْعِ
13 Аят
Баккъалла а, и /Къуръан/ /диканиг а‚ вониг а/ къастош дош ду-кх! إِنَّهُ لَقَوْلٌ فَصْلٌ
14 Аят
Иза забар яц-кх! وَمَا هُوَ بِالْهَزْلِ
15 Аят
Баккъалла а, уьш (керстанаш) мекарло еш бу мекарло ярца. إِنَّهُمْ يَكِيدُونَ كَيْدًا
16 Аят
Аса йо /церан мекарлонна дуьхьал/ мекарло. وَأَكِيدُ كَيْدًا
17 Аят
Бита и керстанаш /сих ца луш цаьргара чIир эца/‚ Аса а буьтур бу цхьажимма. فَمَهِّلِ الْكَافِرِينَ أَمْهِلْهُمْ رُوَيْدًا
[1]Массо а хIума (вониг а‚ диканиг а) д1аяздеш долу малик.
[2]Веллачул тIаьхьа денван.