87. Сурат АЛЬ-АIЛЯ

Вуно лекханиг
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 19 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
/Массо а Шеца хила там боцчу вочу сибатех/ ц1анъе хьан вунō лекха волчу Кхиош-Кхобучун цIе 1 ! سَبِّحِ اسْمَ رَبِّكَ الْأَعْلَى
2 Аят
Ишттаниг ву Иза Ша кхоьллина‚ /массо а хIума шен-шен меттиге/ дIанисйина волу‚ الَّذِي خَلَقَ فَسَوَّى
3 Аят
Ишттаниг а ву Иза, Ша /массо а х1уманан/ барам бина‚ /адам/ нийсачу новкъа диллина волу‚ وَالَّذِي قَدَّرَ فَهَدَى
4 Аят
Ишттаниг а ву Иза, Ша /шун бежнашна/ дежийлаш схьадаьхна волу. وَالَّذِي أَخْرَجَ الْمَرْعَى
5 Аят
Цо хилийтина царах /сенъеллачул тIаьхьа/ якъаелла, Iаржъелла яраш. فَجَعَلَهُ غُثَاء أَحْوَى
6 Аят
Оха хьуна /хIай Мухьаммад/ доьшур ду /Къуръан/‚ хьуна дицлур дац иза 2 سَنُقْرِؤُكَ فَلَا تَنسَى
7 Аят
Далла лиънарг бен! Баккъалла а, Иза хууш ву гучохь дерг а‚ къайлахь дерг а. إِلَّا مَا شَاء اللَّهُ إِنَّهُ يَعْلَمُ الْجَهْرَ وَمَا يَخْفَى
8 Аят
Оха атта дийр ду хьуна аттадолчунна 3 /тIаьхьахIотта хьо/. وَنُيَسِّرُكَ لِلْيُسْرَى
9 Аят
Хьехам бе /Къуръанца/‚ хьехамо пайда 4 бахь / бийр бу аьлла хьайна хетачунна/! فَذَكِّرْ إِن نَّفَعَتِ الذِّكْرَى
10 Аят
Т1елоцур бу хьуна /и хьан хьехам - Къуръан/ /Делах/ кхоьруш волчо. سَيَذَّكَّرُ مَن يَخْشَى
11 Аят
Цунах хийрвер ву хьуна т1ех дакъазаваьлларг. وَيَتَجَنَّبُهَا الْأَشْقَى
12 Аят
Иза ву хьуна вогур волуш йоккхачу цIергахь. الَّذِي يَصْلَى النَّارَ الْكُبْرَى
13 Аят
ТIаккха иза лийр а вац цигахь /1азапах парг1ат а волуш/, вехар а вац /ирсечу дахарехь/. ثُمَّ لَا يَمُوتُ فِيهَا وَلَا يَحْيَى
14 Аят
Ваккхийвийди /закат луш/ ша цIанвелларг‚ قَدْ أَفْلَحَ مَن تَزَكَّى
15 Аят
Ша Кхиош-Кхобуш волчун цIе хьехийнарг‚ тIаккха ламаз динарг. وَذَكَرَ اسْمَ رَبِّهِ فَصَلَّى
16 Аят
ХIаъ! Аш дуьненан дахар хоржу /эхарт а дуьтий/! بَلْ تُؤْثِرُونَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا
17 Аят
Ткъа эхарт дика а‚ мелхō а бухадуьсуш ма дара! وَالْآخِرَةُ خَيْرٌ وَأَبْقَى
18 Аят
Баккъалла а, хIара ду-кх хьалхалерчу жайнашкахь 5 дерг а‚ إِنَّ هَذَا لَفِي الصُّحُفِ الْأُولَى
19 Аят
ИбрахIиман а‚ Мусан а жайнашкахь дерг а. صُحُفِ إِبْرَاهِيمَ وَمُوسَى
1 Веза-воккха волчу Дала боху Махьаммад-пайхамаре ﷺ: ц1анве Дела массо а кхачамбацарех, керстанаша олучу Цуьнах там боцчу дашех. Хьадисехь ду пайхамара ﷺ и сурат дешча, سبحان ربي الاعلي Субхьана раббиял а1ля олуш хилла. ( Дийцина Ахьмада Ибн-1аббасах).
2 Делан элча хилла шега Къуръан дуссуш, Джабраил-маликаца цунна тIаьххье доьшуш, дицдала кхоьруш. Цундела боху Дала: "Дицлур дац Оха Тхаш дIадаьккхинарг бен, ладугIуш Iе".
3 Шари1ат хилийта‚ кхета а‚ лело а атта долуш.
4 Къуръанца хьехам бе шен хьекъало и т1елоцучунна
5 Къуръан чохь и деана صحف ссухьуф (цхьаъ – صحيفة ссахьифа ) аьлла. Цуьнан коьрта маь1на "кехат", "кехатан аг1о" , «хьарчор» бохург ду. Мусага доьссинарг كتاب жайна (Таврат) хиллехь а, цул хьалха хиллачу пайхамаршка (Адам, Шис, Ибрах1им…) доьссинарг الصحف Кехаташ я хьарчораш хилла.