88. Сурат АЛЬ-ГIАШИЯ

ДIалоцург
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 26 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Хьоьга деъний /хIай Мухьаммад/ дIалоцучун 1 хабар? هَلْ أَتَاكَ حَدِيثُ الْغَاشِيَةِ
2 Аят
Цхьа яххьаш оцу дийнахь сийсаза хир ю‚ وُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ خَاشِعَةٌ
3 Аят
Къахьоьгуш 2 ‚ кIадъелла‚ عَامِلَةٌ نَّاصِبَةٌ
4 Аят
Йовхачу цIергахь йогуш‚ تَصْلَى نَارًا حَامِيَةً
5 Аят
Шайна цIийдинчу хьостера хи малош. تُسْقَى مِنْ عَيْنٍ آنِيَةٍ
6 Аят
Даар хир дац царна кIохцалх бен. لَّيْسَ لَهُمْ طَعَامٌ إِلَّا مِن ضَرِيعٍ
7 Аят
Цо барстор бац /уьш/‚ мацаллах хьалхабохур а бац. لَا يُسْمِنُ وَلَا يُغْنِي مِن جُوعٍ
8 Аят
Цхьа /кхин/ яххьаш хир ю оцу дийнахь ниIмат хьоьгуш. وُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ نَّاعِمَةٌ
9 Аят
Шаьш /дуьненахь йолуш Далла гIуллакхдарехь/ къахьегарна реза йолуш. لِسَعْيِهَا رَاضِيَةٌ
10 Аят
Лекхачу бешахь /ялсаманехь хир ю уьш/. فِي جَنَّةٍ عَالِيَةٍ
11 Аят
Царна хезар дац цу чохь даьсса хабарш. لَّا تَسْمَعُ فِيهَا لَاغِيَةً
12 Аят
Цу чохь оьхуш шовда хир ду. فِيهَا عَيْنٌ جَارِيَةٌ
13 Аят
Цу чохь айдина маьнгеш хир ду. فِيهَا سُرُرٌ مَّرْفُوعَةٌ
14 Аят
Охьадехкина кедаш хир ду. وَأَكْوَابٌ مَّوْضُوعَةٌ
15 Аят
МогIанехь дехкина гIайбеш хир ду. وَنَمَارِقُ مَصْفُوفَةٌ
16 Аят
Даржийна кузаш а хир ду. وَزَرَابِيُّ مَبْثُوثَةٌ
17 Аят
Уьш ца хьовсу эмкале‚ иза муха кхоьллина ю? أَفَلَا يَنظُرُونَ إِلَى الْإِبِلِ كَيْفَ خُلِقَتْ
18 Аят
Стигале‚ иза муха айина ю? وَإِلَى السَّمَاء كَيْفَ رُفِعَتْ
19 Аят
Лаьмнашка‚ уьш муха доьгIна ду? وَإِلَى الْجِبَالِ كَيْفَ نُصِبَتْ
20 Аят
Лаьтте‚ иза муха даржийна ду /тодина, нахана пайда эца/? وَإِلَى الْأَرْضِ كَيْفَ سُطِحَتْ
21 Аят
Хьехам бе /хIай Мухьаммад/! Хьо, баккъалла а, хьехамча ма вуй! فَذَكِّرْ إِنَّمَا أَنتَ مُذَكِّرٌ
22 Аят
Хьо царна тIе хIоттийна хьаькам ма вац. لسْتَ عَلَيْهِم بِمُصَيْطِرٍ
23 Аят
Ша дIавирзинарг /хьехамах/‚ керстаналла динарг а воцучунна /хьехам бе/. إِلَّا مَن تَوَلَّى وَكَفَرَ
24 Аят
Цунна Дала Iазап дийр ду вуно доккхачу Iазапца. فَيُعَذِّبُهُ اللَّهُ الْعَذَابَ الْأَكْبَرَ
25 Аят
Баккъалла а, Тхуна тIе церан дIадерзар ду. إِنَّ إِلَيْنَا إِيَابَهُمْ
26 Аят
ТIаккха, баккъалла а, Тхуна тIехь церан хьесап 3 ду. ثُمَّ إِنَّ عَلَيْنَا حِسَابَهُمْ
1 ДIалоцург – кхузахь: къематде‚ ша халкъаш дIалоцур долу шен ирчаллица.
2 Къахьоьгуш – жоьжати чохь буржалш текхош, ирхонаш йохуш…
3 Цара дуьненахь болуш дина долу диканиг а‚ вониг а билгалдаккхар, т1аккха цуьнца бекхам бар.