89. Сурат АЛЬ-ФАДЖР

Сатасар
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 30 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Сатасарх дуй боу Ас. وَالْفَجْرِ
2 Аят
Итт буьйсанех[1] а дуй боу Ас. وَلَيَالٍ عَشْرٍ
3 Аят
Шала а‚ шалза а[2] долчух дуй боу Ас. وَالشَّفْعِ وَالْوَتْرِ
4 Аят
Буьйсанах а дуй боу Ас‚ иза дIайолаелча. وَاللَّيْلِ إِذَا يَسْرِ
5 Аят
Цу чохь дуй бац ткъа хьекъал долчунна? /Бу, Делора!/ هَلْ فِي ذَلِكَ قَسَمٌ لِّذِي حِجْرٍ
6 Аят
Хьоьга ца кхечира /хIай Мухьаммад/‚ хIун дира хьо Кхиош-Кхобуш волчо Iадашца[3]? أَلَمْ تَرَ كَيْفَ فَعَلَ رَبُّكَ بِعَادٍ
7 Аят
Шайн бIогIамаш долчу ирамашца[4] а? إِرَمَ ذَاتِ الْعِمَادِ
8 Аят
Ишттанаш бу уьш, шайх теранаш махкахь кхин кхоьллина боцуш. الَّتِي لَمْ يُخْلَقْ مِثْلُهَا فِي الْبِلَادِ
9 Аят
Самудашца[5] а, атагIахь тархаш (чараш) туьстуш /цIенош деш/ хиллачу? وَثَمُودَ الَّذِينَ جَابُوا الصَّخْرَ بِالْوَادِ
10 Аят
Хьостамаш[6] долчу ФирIавнаца? وَفِرْعَوْنَ ذِي الْأَوْتَادِ
11 Аят
Шаьш махкахь /Делан дозанех/ тIехбевлла хилла болчу. الَّذِينَ طَغَوْا فِي الْبِلَادِ
12 Аят
Дукха дира цара цигахь вон хIуманаш. فَأَكْثَرُوا فِيهَا الْفَسَادَ
13 Аят
Царна тIе Iанийра хьо Кхиош-Кхобучо тайп-тайпана Iазап. فَصَبَّ عَلَيْهِمْ رَبُّكَ سَوْطَ عَذَابٍ
14 Аят
Баккъалла а, хьо, Кхиош-Кхобург, /нахана/ тIехьожуш ву-кх /церан Iамалш тергал еш/. إِنَّ رَبَّكَ لَبِالْمِرْصَادِ
15 Аят
Адамо ша Кхиош-Кхобучо зийча‚ Цо шен сий дича‚ ниIматаш делча‚ олу: "Со Кхиош-Кхобучо сий дина сан". فَأَمَّا الْإِنسَانُ إِذَا مَا ابْتَلَاهُ رَبُّهُ فَأَكْرَمَهُ وَنَعَّمَهُ فَيَقُولُ رَبِّي أَكْرَمَنِ
16 Аят
Амма Цо ша зийча‚ шена рицкъ кIеззиг делча‚ цо олу: "Со Кхиош-Кхобучо со сийсазаваьккхи[7]". وَأَمَّا إِذَا مَا ابْتَلَاهُ فَقَدَرَ عَلَيْهِ رِزْقَهُ فَيَقُولُ رَبِّي أَهَانَنِ
17 Аят
ХIан-хIа! Боберан сий ца до аш. كَلَّا بَل لَّا تُكْرِمُونَ الْيَتِيمَ
18 Аят
Мискачунна даа хIума дала /нехан/ дегнаш айа ца до аш. وَلَا تَحَاضُّونَ عَلَى طَعَامِ الْمِسْكِينِ
19 Аят
/Боберийн а‚ зударийн а/ ирс дууш ду шу чIогIачу даарца. وَتَأْكُلُونَ التُّرَاثَ أَكْلًا لَّمًّا
20 Аят
Даьхни дезаш ду шу дукха дезарца. وَتُحِبُّونَ الْمَالَ حُبًّا جَمًّا
21 Аят
Латта нисдича‚ нисдеш‚ нисдеш /цунах д1асаяьржина чан хуьлуш/. كَلَّا إِذَا دُكَّتِ الْأَرْضُ دَكًّا دَكًّا
22 Аят
ВогIур ву[8] хьо Кхиош-Кхобург а‚ малик а могIанехь  могIанехь. وَجَاء رَبُّكَ وَالْمَلَكُ صَفًّا صَفًّا
23 Аят
Оцу /къемат/дийнахь ялор ю (гучуйоккхур ю) жоьжахати. Оцу дийнахь дагадогIур[9] ду адамна. Стенна ду цунна /хIинца/ и дагадар?! وَجِيءَ يَوْمَئِذٍ بِجَهَنَّمَ يَوْمَئِذٍ يَتَذَكَّرُ الْإِنسَانُ وَأَنَّى لَهُ الذِّكْرَى
24 Аят
Цо эр ду: "Хьалхадаьккхина хиллехьара ас /диканиг/ сайн /хирг долчу/ дахарна". يَقُولُ يَا لَيْتَنِي قَدَّمْتُ لِحَيَاتِي
25 Аят
Оцу дийнахь Цуьнан (Делан) Iазап дийр дац цхьаммо а‚ فَيَوْمَئِذٍ لَّا يُعَذِّبُ عَذَابَهُ أَحَدٌ
26 Аят
Цхьаммо а буьхкур бац Цуьнан шад[10]. وَلَا يُوثِقُ وَثَاقَهُ أَحَدٌ
27 Аят
/Делах кхоьруш хиллачаьрга эр ду/: "ХIай синтем хилла долу са! يَا أَيَّتُهَا النَّفْسُ الْمُطْمَئِنَّةُ
28 Аят
ДIадерза хьуо Кхиош-Кхобучуьнга хьо реза долуш‚ хьайна /Дела а‚ маликаш а/ реза долуш‚ ارْجِعِي إِلَى رَبِّكِ رَاضِيَةً مَّرْضِيَّةً
29 Аят
ДIакхиа Сан /дикачу/ лешка‚ فَادْخُلِي فِي عِبَادِي
30 Аят
ЧугIо Сан ялсаманина". وَادْخُلِي جَنَّتِي
[1]Зуль-хьижжат беттан хьалхара итт буьйса (гIурбанан денош). Уьш шеран уггар деза денош ду. Бухарийн сахьихь чохь ч1аг1делла ду: Дика 1амал ян Далла оцарал дукха дезаш денош дац. Асхьабаша хаьттира: « Делан новкъахь деш долу джих1ад дац царал деза?»«Дац,-жоп делира Делан элчано ﷺ Шен са а, даьхни а ца кхоош, Делан новкъахь араваьлла, т1аккха цигара юха ца вирзина стаг воцург».
[2]Шалза дерг  гIурбанан дийнал хьалхара - 9-г1 зуль-хьижжат (1арафат) де ду‚ аьлла ду; шаладерг  гIурбанан де (10 зуль-хьижжат). Сабунина хетарехь, шалзадерг ( وتر) витр - шинна декъацалург Делан сибатех ду, ткъа шаладерг ( شفع) шафа1 – шинна декъалург Дала мел кхоьллина х1ума ю, Дала дуй боуш санна Шех а, Шен халкъах а.
[3]ХIуд- пайхамаран халкъ‚ шайн керстаналла бахьанехь Дала хIаллакдина долу.
[4]Iадийн цхьа тайпа‚ цIенош лекха деш хилла цара‚ цундела аьлла "бIогIамаш берш". Шаьш лекха хилла аьлла а ду.
[5]Салихь- пайхамаран къам.
[6]Уьш куьйгех а, когех а тухуш, Iазап деш хилла цо шена муьтIахь цахиллачунна.
[7]Дала адаман сийдар а‚ Цо иза сийзавар а дац цуьнан хьолах доьзна‚ ду цуьнан Iамалшка хьаьжжина.
[8]Делан омра догIур ду‚ тIеттIа-тIеттIа (تفسير الجلالين ) – Тафсир аль-Джалалайни.
[9]Къематдийнахь ша дуьненахь йина хилла 1амал дагайог1ур ю адамна, ледарлонашна дохковер ву, тоба дан лууш хир ву. Х1инца цунах пайда бац.
[10]Цхьаммо тухур дац цунна буржалш  цхьаммо а дийр дац, Дала санна, Iазап.