9. Сурат

АТ-ТАВБА
Тобадар
(Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 129 аят)
1 Аят
Делера а‚ Цуьнан элчанера а, аш шаьш барт бина хилла болчу мушрикашца[2] декъехь цахилар, хаам бу. بَرَاءةٌ مِّنَ اللّهِ وَرَسُولِهِ إِلَى الَّذِينَ عَاهَدتُّم مِّنَ الْمُشْرِكِينَ
2 Аят
Лела лаьттахула[3] беа баттахь[4]‚ тIаккха шуна хаалаш, Дела г1орасиз ван шун ницкъ кхочур боцийла‚ и Дела вуйла цатешарш сийсазабийр болуш. فَسِيحُواْ فِي الأَرْضِ أَرْبَعَةَ أَشْهُرٍ وَاعْلَمُواْ أَنَّكُمْ غَيْرُ مُعْجِزِي اللّهِ وَأَنَّ اللّهَ مُخْزِي الْكَافِرِينَ
3 Аят
Делера а‚ Цуьнан элчанера а кхайкхар ду нахе Доккха хьаж[5] доьхкучу дийнахь: И Дела цIена ву мушрикех‚ Цуьнан элча а /цIена/ ву. Аш тōба дахь – и шуна дика ду‚ шу дуьхьалдовлахь, шуна хаалаш, Дела г1орасиз ван шайн ницкъ кхочур- боцийла. Кхаъ баккха цатешачарна лазош долчу Iазапаца[6], وَأَذَانٌ مِّنَ اللّهِ وَرَسُولِهِ إِلَى النَّاسِ يَوْمَ الْحَجِّ الأَكْبَرِ أَنَّ اللّهَ بَرِيءٌ مِّنَ الْمُشْرِكِينَ وَرَسُولُهُ فَإِن تُبْتُمْ فَهُوَ خَيْرٌ لَّكُمْ وَإِن تَوَلَّيْتُمْ فَاعْلَمُواْ أَنَّكُمْ غَيْرُ مُعْجِزِي اللّهِ وَبَشِّرِ الَّذِينَ كَفَرُواْ بِعَذَابٍ أَلِيمٍ
4 Аят
Аш шайца барт бина хилла берш боцчарна‚ тIаккха шуна цхьанна а хIуманца эшам бина хилла боцчу‚ шуна тIехь цхьанна а гIо дина хилла боцчарна – цаьрца бина барт кхочушбе шен хан чекхъяллалц‚ Далла беза /Шех/ кхоьруш берш. إِلاَّ الَّذِينَ عَاهَدتُّم مِّنَ الْمُشْرِكِينَ ثُمَّ لَمْ يَنقُصُوكُمْ شَيْئًا وَلَمْ يُظَاهِرُواْ عَلَيْكُمْ أَحَدًا فَأَتِمُّواْ إِلَيْهِمْ عَهْدَهُمْ إِلَى مُدَّتِهِمْ إِنَّ اللّهَ يُحِبُّ الْمُتَّقِينَ
5 Аят
Деза /хьаж доьхку/ беттанаш чекхдевлча /и шайца машаре ца богIу, тешнабехк беш болу/ мушрикаш байа, шайна уьш карабаьхкинчохь‚ схьалеца уьш‚ гуо бе царна‚ к1елонна охьаховша царна массанхьа а. Уьш дохкобовлахь‚ цара ламаз хIоттадахь‚ закат лахь – церан некъ маьрша бе. Баккъалла а, Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву. فَإِذَا انسَلَخَ الأَشْهُرُ الْحُرُمُ فَاقْتُلُواْ الْمُشْرِكِينَ حَيْثُ وَجَدتُّمُوهُمْ وَخُذُوهُمْ وَاحْصُرُوهُمْ وَاقْعُدُواْ لَهُمْ كُلَّ مَرْصَدٍ فَإِن تَابُواْ وَأَقَامُواْ الصَّلاَةَ وَآتَوُاْ الزَّكَاةَ فَخَلُّواْ سَبِيلَهُمْ إِنَّ اللّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
6 Аят
Мушрикех цхьаммо хьоьга шена маршо ехахь[7] – кхочушъе иза, цунна Делан дош хаззалц‚ тIаккха дIакхачаве иза кхерам боцчу меттиге (шен даймахка‚ цунна лаахь), – иза уьш ца хууш къам хиларна ду. وَإِنْ أَحَدٌ مِّنَ الْمُشْرِكِينَ اسْتَجَارَكَ فَأَجِرْهُ حَتَّى يَسْمَعَ كَلاَمَ اللّهِ ثُمَّ أَبْلِغْهُ مَأْمَنَهُ ذَلِكَ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لاَّ يَعْلَمُونَ
7 Аят
Муха хир бу мушрикашца барт Далла гергахь а‚ Цуьнан элчанна гергахь а‚ Деза маьждиган гергахь аш шайца барт бинарш боцчаьрца? Уьш шайца нийса ма хиллара‚ шу цаьрца а нийса хила. Баккъалла а, Далла беза /Шех/ кхоьрурш. كَيْفَ يَكُونُ لِلْمُشْرِكِينَ عَهْدٌ عِندَ اللّهِ وَعِندَ رَسُولِهِ إِلاَّ الَّذِينَ عَاهَدتُّمْ عِندَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ فَمَا اسْتَقَامُواْ لَكُمْ فَاسْتَقِيمُواْ لَهُمْ إِنَّ اللّهَ يُحِبُّ الْمُتَّقِينَ
8 Аят
Муха[8]..? Шаьш шуна тIехь толам баьккхича‚ цара тергал ца до шуна юккъехь хилла долу гергарло а‚ барт а. Шу реза до цара шайн батошца‚ ткъа церан дегнаш дуьхьал ду /шаьш батошца дуьйцачунна/, царах дукхахберш песакъ (Далла муьт1ахь хиларх д1ахаьдда нах) бу. كَيْفَ وَإِن يَظْهَرُوا عَلَيْكُمْ لاَ يَرْقُبُواْ فِيكُمْ إِلاًّ وَلاَ ذِمَّةً يُرْضُونَكُم بِأَفْوَاهِهِمْ وَتَأْبَى قُلُوبُهُمْ وَأَكْثَرُهُمْ فَاسِقُونَ
9 Аят
Делан аяташ доьхкина цара кIеззигчу мехах‚ Цуьнан некъах /дуккха а нах/ д1атилийна цара. Баккъалла а, ма вон хилла-кх цара деш хилларг. اشْتَرَوْاْ بِآيَاتِ اللّهِ ثَمَنًا قَلِيلاً فَصَدُّواْ عَن سَبِيلِهِ إِنَّهُمْ سَاء مَا كَانُواْ يَعْمَلُونَ
10 Аят
Тергаме ца до цара муъма стагаца гергарло а‚ барт а. Уьш дозанех бевлларш бу. لاَ يَرْقُبُونَ فِي مُؤْمِنٍ إِلاًّ وَلاَ ذِمَّةً وَأُوْلَئِكَ هُمُ الْمُعْتَدُونَ
11 Аят
Нагахь санна цара тōба дахь‚ ламаз хIоттадахь‚ закат лахь – тIаккха шун вежарий бу уьш динехь, /иштта/ къастадо Оха аяташ хууш долчу къомана. فَإِن تَابُواْ وَأَقَامُواْ الصَّلاَةَ وَآتَوُاْ الزَّكَاةَ فَإِخْوَانُكُمْ فِي الدِّينِ وَنُفَصِّلُ الآيَاتِ لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ
12 Аят
Нагахь санна цара шайн дуйнаш къарбахь, шайн барт хиллачул тIаьхьа‚ Iиттарш яхь шун динна – керстананийн[9] коьртехь болчаьрца т1ом бе ‚ – баккъалла а, церан дуйнаш бан а бац‚ – уьш совца магара /шайн коьртехь берш байича/. وَإِن نَّكَثُواْ أَيْمَانَهُم مِّن بَعْدِ عَهْدِهِمْ وَطَعَنُواْ فِي دِينِكُمْ فَقَاتِلُواْ أَئِمَّةَ الْكُفْرِ إِنَّهُمْ لاَ أَيْمَانَ لَهُمْ لَعَلَّهُمْ يَنتَهُونَ
16 Аят
Шу моьттуш дара шаьш дуьтур ду (балане а ца луьйцуш)? Далла хIинца а шух гIазот динарш а‚ Дела а, элча а витина‚ муъма нах а битина, кхин доттагIий ца лийцинарш а ца бевзина (нахана гучубохуш)? Дела сов дика хууш верг ву аш дийриг[10]. أَمْ حَسِبْتُمْ أَن تُتْرَكُواْ وَلَمَّا يَعْلَمِ اللّهُ الَّذِينَ جَاهَدُواْ مِنكُمْ وَلَمْ يَتَّخِذُواْ مِن دُونِ اللّهِ وَلاَ رَسُولِهِ وَلاَ الْمُؤْمِنِينَ وَلِيجَةً وَاللّهُ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ
17 Аят
Оьшуш дац мушрикаш Делан маьждигашкахь Iен, керстанаш шаьш хиларна тешалла а деш. Церан Iамалш дIатили‚ уьш /жоьжахатин/ цIергахь гуттар лаьттар бу. مَا كَانَ لِلْمُشْرِكِينَ أَن يَعْمُرُواْ مَسَاجِدَ الله شَاهِدِينَ عَلَى أَنفُسِهِمْ بِالْكُفْرِ أُوْلَئِكَ حَبِطَتْ أَعْمَالُهُمْ وَفِي النَّارِ هُمْ خَالِدُونَ
18 Аят
Делан маьждигашкахь Iийр бу Делах а‚ т1аьххьарчу дийнах[11] а тешна берш‚ ламаз хIоттийнарш‚ закат делларш‚ Дела воцчух ца кхоьрурш – уьш хила там бу нисбеллачарах. إِنَّمَا يَعْمُرُ مَسَاجِدَ اللّهِ مَنْ آمَنَ بِاللّهِ وَالْيَوْمِ الآخِرِ وَأَقَامَ الصَّلاَةَ وَآتَى الزَّكَاةَ وَلَمْ يَخْشَ إِلاَّ اللّهَ فَعَسَى أُوْلَئِكَ أَن يَكُونُواْ مِنَ الْمُهْتَدِينَ
19 Аят
Аш хилийти хьаьжина хи далар а‚ Деза маьждигехь Iар а Делах а‚ т1аьххьарчу дийнах а тешначух а‚ Делан новкъахь къахьегначух а тера? Ца нисло уьш Далла гергахь‚ Дала ца нисдо зуламе къам. أَجَعَلْتُمْ سِقَايَةَ الْحَاجِّ وَعِمَارَةَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ كَمَنْ آمَنَ بِاللّهِ وَالْيَوْمِ الآخِرِ وَجَاهَدَ فِي سَبِيلِ اللّهِ لاَ يَسْتَوُونَ عِندَ اللّهِ وَاللّهُ لاَ يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
20 Аят
Ийман диллинарш‚ дIакхелхинарш (пайхамарца Маккара Мадинате ислам Iалашдархьама)‚ Делан новкъахь шайн бахамца а‚ шайн синошца а къахьегнарш дуккха беза бу даржаца Далла гергахь‚ уьш бу тоьлларш. الَّذِينَ آمَنُواْ وَهَاجَرُواْ وَجَاهَدُواْ فِي سَبِيلِ اللّهِ بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنفُسِهِمْ أَعْظَمُ دَرَجَةً عِندَ اللّهِ وَأُوْلَئِكَ هُمُ الْفَائِزُونَ
21 Аят
Царна шайн Кхиош-Кхобучо кхаъ боккху Шегара къинхетам хиларца а‚ резахиларца а‚ (ялсаманин) бошмаш хиларца а‚ шайна цунна (ялсамани) чохь сацаделла лаьтташ долу ниIмат долуш. يُبَشِّرُهُمْ رَبُّهُم بِرَحْمَةٍ مِّنْهُ وَرِضْوَانٍ وَجَنَّاتٍ لَّهُمْ فِيهَا نَعِيمٌ مُّقِيمٌ
22 Аят
Цу чохь уьш гуттар лаьттар бу‚ баккъалла а, Дела Шегахь сийлахь-еза ял йолуш ву (царна яла). خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا إِنَّ اللّهَ عِندَهُ أَجْرٌ عَظِيمٌ
23 Аят
ХIай ийман диллинарш! Ма лийцалаш шайн дай а‚ шайн вежарий а доттагIий, (ма бе царах доладийраш) царна ийманал керстаналла дукхадезахь. Шух царах доттагIий бинарш – уьш бу зуламхой. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ لاَ تَتَّخِذُواْ آبَاءكُمْ وَإِخْوَانَكُمْ أَوْلِيَاء إَنِ اسْتَحَبُّواْ الْكُفْرَ عَلَى الإِيمَانِ وَمَن يَتَوَلَّهُم مِّنكُمْ فَأُوْلَئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ
24 Аят
Ахь āла: /хIай Мухьаммад/ "Нагахь санна шун дай‚ шун кIентий‚ шун вежарий‚ шун зударий‚ шун гергарнаш‚ даьхни‚ аш гулдина хилла долу‚ йохка-эцар‚ ша (са йоцуш) йисарх шу кхоьруш йолу‚ цIенош, шайна шу реза долу‚ шуна /дукха/ дезахь Делал а‚ Цуьнан элчанал а‚ Делан новкъахь т1ом барал а, – хьовсуш Iе Дела валц Шен гIуллакхца (цуьнан Iазап‚ оьгIазло йогIур ю шуна). Дала ца нисдо песакъ къам. قُلْ إِن كَانَ آبَاؤُكُمْ وَأَبْنَآؤُكُمْ وَإِخْوَانُكُمْ وَأَزْوَاجُكُمْ وَعَشِيرَتُكُمْ وَأَمْوَالٌ اقْتَرَفْتُمُوهَا وَتِجَارَةٌ تَخْشَوْنَ كَسَادَهَا وَمَسَاكِنُ تَرْضَوْنَهَا أَحَبَّ إِلَيْكُم مِّنَ اللّهِ وَرَسُولِهِ وَجِهَادٍ فِي سَبِيلِهِ فَتَرَبَّصُواْ حَتَّى يَأْتِيَ اللّهُ بِأَمْرِهِ وَاللّهُ لاَ يَهْدِي الْقَوْمَ الْفَاسِقِينَ
25 Аят
Дала гIо дира шуна дуккхачу меттигашкахь‚ Хьунайн[12] дийнахь а. Шу цецдехира шун дукхалло‚ цо (шу дуккха хиларна, Делан гIоьнах ойла еш дацара шу) шун хIумма кIелхьар ца даьккхира‚ сел шортта хилла долу латта гатделира шуна (довда меттиг йоцуш дисира шу)‚ тIаккха шу юхадевлира. لَقَدْ نَصَرَكُمُ اللّهُ فِي مَوَاطِنَ كَثِيرَةٍ وَيَوْمَ حُنَيْنٍ إِذْ أَعْجَبَتْكُمْ كَثْرَتُكُمْ فَلَمْ تُغْنِ عَنكُمْ شَيْئًا وَضَاقَتْ عَلَيْكُمُ الأَرْضُ بِمَا رَحُبَتْ ثُمَّ وَلَّيْتُم مُّدْبِرِينَ
26 Аят
ТIаккха Дала Шен синтем боссийра Шен элчанна а‚ муъма нахана а; эскар доссийра‚ шуна гуш доцу; цатешачарна Iазап дира‚ цатешачеран бекхам и бу. ثُمَّ أَنَزلَ اللّهُ سَكِينَتَهُ عَلَى رَسُولِهِ وَعَلَى الْمُؤْمِنِينَ وَأَنزَلَ جُنُودًا لَّمْ تَرَوْهَا وَعذَّبَ الَّذِينَ كَفَرُواْ وَذَلِكَ جَزَاء الْكَافِرِينَ
27 Аят
Юха а тōба къобалдийр ду Дала цул тIаьхьа а Шена луучунна. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву. ثُمَّ يَتُوبُ اللّهُ مِن بَعْدِ ذَلِكَ عَلَى مَن يَشَاء وَاللّهُ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
28 Аят
ХIай ийман диллинарш! Мушрикаш нажс (боьха хIума) ю‚ хIокху шарал тIаьхьа Деза маьждигна герга ма гIойла уьш. Шу кхерахь мискаллах (мушрикаш ца баьхкича йохка-эцар сецна), – тIаьхьа Дала хьоле дийр ду шу Шен комаьршаллах[13], Шена лаахь. Баккъалла а, Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ إِنَّمَا الْمُشْرِكُونَ نَجَسٌ فَلاَ يَقْرَبُواْ الْمَسْجِدَ الْحَرَامَ بَعْدَ عَامِهِمْ هَذَا وَإِنْ خِفْتُمْ عَيْلَةً فَسَوْفَ يُغْنِيكُمُ اللّهُ مِن فَضْلِهِ إِن شَاء إِنَّ اللّهَ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
29 Аят
ТIом бе шайга жайна деллачарах[14] Делах а‚ т1аьххьарчу дийнах а ца тешаш болчаьрца‚ Дала а‚ Цуьнан элчано а хьарам динарг хьарам ца деш болчаьрца‚ хьакъ-бакъ долу дин (Ислам) къобал ца деш болчаьрца шайн куьйгаца (мукIар хилла) жизьят[15] луш, уьш /шун куьйга/ кIел совццалц. قَاتِلُواْ الَّذِينَ لاَ يُؤْمِنُونَ بِاللّهِ وَلاَ بِالْيَوْمِ الآخِرِ وَلاَ يُحَرِّمُونَ مَا حَرَّمَ اللّهُ وَرَسُولُهُ وَلاَ يَدِينُونَ دِينَ الْحَقِّ مِنَ الَّذِينَ أُوتُواْ الْكِتَابَ حَتَّى يُعْطُواْ الْجِزْيَةَ عَن يَدٍ وَهُمْ صَاغِرُونَ
30 Аят
Жуьгташа элира: "Iузайр – Делан кIант ву"‚ насараша элира: "Масūхь – Делан кIант ву". Иза – церан дош ду, шайн багара (схьадаьлла)‚ тардеш бу уьш хьалха /Делан дин/ керстадиначеран дашах. Дала хIаллакбойла уьш! Ма бакъдолчух дог даьлла бу уьш! وَقَالَتِ الْيَهُودُ عُزَيْرٌ ابْنُ اللّهِ وَقَالَتْ النَّصَارَى الْمَسِيحُ ابْنُ اللّهِ ذَلِكَ قَوْلُهُم بِأَفْوَاهِهِمْ يُضَاهِؤُونَ قَوْلَ الَّذِينَ كَفَرُواْ مِن قَبْلُ قَاتَلَهُمُ اللّهُ أَنَّى يُؤْفَكُونَ
31 Аят
Шайн ахьбараш[16] а‚ рух1банаш[17] а деланаш лецира цара (царах деланаш бира цара), Аллах1-Дела а витина. Марьяман кIант Масūхь а (дела лецира цара). Цаьрга омра дина дацара цхьанна Далла Iибадат де аьлла бен‚ кхин Дела воцчу И ша бен – цIена ву Иза цара Шеца накъост лацарах. اتَّخَذُواْ أَحْبَارَهُمْ وَرُهْبَانَهُمْ أَرْبَابًا مِّن دُونِ اللّهِ وَالْمَسِيحَ ابْنَ مَرْيَمَ وَمَا أُمِرُواْ إِلاَّ لِيَعْبُدُواْ إِلَهًا وَاحِدًا لاَّ إِلَهَ إِلاَّ هُوَ سُبْحَانَهُ عَمَّا يُشْرِكُونَ
32 Аят
Уьш лууш бу Делан нур дайа шайн баганашца‚ Дела лууш вац Шен нур кхочуш хилийтар бен‚ /мел и/ керстанашна ца дезахь а. يُرِيدُونَ أَن يُطْفِؤُواْ نُورَ اللّهِ بِأَفْوَاهِهِمْ وَيَأْبَى اللّهُ إِلاَّ أَن يُتِمَّ نُورَهُ وَلَوْ كَرِهَ الْكَافِرُونَ
33 Аят
И ву ваийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъонан динца а, и массо динна тIехь толийтархьама, /мел и/ мушрикашна ца дезахь а. هُوَ الَّذِي أَرْسَلَ رَسُولَهُ بِالْهُدَى وَدِينِ الْحَقِّ لِيُظْهِرَهُ عَلَى الدِّينِ كُلِّهِ وَلَوْ كَرِهَ الْمُشْرِكُونَ
34 Аят
ХIай ийман диллинарш! Баккъалла а, ахьбарех а‚ рух1банех а дукхаберш харцонца нехан даьхни дууш бу хьуна‚ Делан некъах (шайна тIаьхьахIуьтту нах) дIатоьттуш а бу. Деший а‚ детий а гулдеш болчаьрга‚ Делан новкъахь цуьнца харж ца еш – царна ахь кхаъ баккхалахь шайна лазош долу Iазап хирг хиларца. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ إِنَّ كَثِيرًا مِّنَ الأَحْبَارِ وَالرُّهْبَانِ لَيَأْكُلُونَ أَمْوَالَ النَّاسِ بِالْبَاطِلِ وَيَصُدُّونَ عَن سَبِيلِ اللّهِ وَالَّذِينَ يَكْنِزُونَ الذَّهَبَ وَالْفِضَّةَ وَلاَ يُنفِقُونَهَا فِي سَبِيلِ اللّهِ فَبَشِّرْهُم بِعَذَابٍ أَلِيمٍ
35 Аят
Цхьана дийнахь (къематдийнахь) жоьжахатин цIергахь лалор ду и (цара дуьненахь гулдина хилла долу деши а, дети а)‚ т1аккха цуьнца х1ост дийр[18] ду церан хьаьжашна а‚ церан агIонашна а‚ церан баккъашна а: "ХIара ду аш шайна гулдинарг‚ Iовша шаьш гулдеш хилларг"‚ (олуш маликаша). يَوْمَ يُحْمَى عَلَيْهَا فِي نَارِ جَهَنَّمَ فَتُكْوَى بِهَا جِبَاهُهُمْ وَجُنوبُهُمْ وَظُهُورُهُمْ هَذَا مَا كَنَزْتُمْ لأَنفُسِكُمْ فَذُوقُواْ مَا كُنتُمْ تَكْنِزُونَ
36 Аят
Баккъалла а, беттанийн дукхалла Далла гергахь – шийтта бутт бу /шарна чохь/ Делан Жайни чохь язбина Цо стигланаш а‚ латта а кхоьллинчу дийнахь‚ царах биъ беза бу (зуль-къаIада‚ зуль-хьиджа‚ мухьаррам‚ раджаб). И ду бакъ долу дин. Цу чохь[19] шайна зулам ма де. ТIом бе массо мушрикашца цара шуьца массаьрца а тIом баре терра‚ шуна хаалаш, и Дела (Шех кхоьручаьрца) вуйла. إِنَّ عِدَّةَ الشُّهُورِ عِندَ اللّهِ اثْنَا عَشَرَ شَهْرًا فِي كِتَابِ اللّهِ يَوْمَ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضَ مِنْهَا أَرْبَعَةٌ حُرُمٌ ذَلِكَ الدِّينُ الْقَيِّمُ فَلاَ تَظْلِمُواْ فِيهِنَّ أَنفُسَكُمْ وَقَاتِلُواْ الْمُشْرِكِينَ كَآفَّةً كَمَا يُقَاتِلُونَكُمْ كَآفَّةً وَاعْلَمُواْ أَنَّ اللّهَ مَعَ الْمُتَّقِينَ
37 Аят
(Цхьа беза бутт кхечу баттал) тIаьхьататтар керстаналлехь совдийлар ду‚ шеца цатешарш тилош, цхьана шарахь хьанал беш и (беза бутт‚ цу чохь тIом бан магош)‚ вукху шарахь  хьарам беш, Дала даздинчийн (беттанийн) дукхаллица и цхьаьнабогIуш хилийтархьама – хьанал до цара Дала хьарам динарш. Хазйина царна шайн вон 1амалш. Дала ца нисдо керста къам. إِنَّمَا النَّسِيءُ زِيَادَةٌ فِي الْكُفْرِ يُضَلُّ بِهِ الَّذِينَ كَفَرُواْ يُحِلِّونَهُ عَامًا وَيُحَرِّمُونَهُ عَامًا لِّيُوَاطِؤُواْ عِدَّةَ مَا حَرَّمَ اللّهُ فَيُحِلُّواْ مَا حَرَّمَ اللّهُ زُيِّنَ لَهُمْ سُوءُ أَعْمَالِهِمْ وَاللّهُ لاَ يَهْدِي الْقَوْمَ الْكَافِرِينَ
38 Аят
ХIай ийман диллинарш! Шуна хIун хилла, шайга Делан новкъахь (гIазотана) арадовла аьлча, /лаьттахь/ дазлой ма Iа шу (гIазоте ца доьлхуш)? Эхартал дуьненан дахарна реза хилла-те шу? Ма кIеззиг хIума ю-кх и, дуьненан дахар, эхартаца юьстича! يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ مَا لَكُمْ إِذَا قِيلَ لَكُمُ انفِرُواْ فِي سَبِيلِ اللّهِ اثَّاقَلْتُمْ إِلَى الأَرْضِ أَرَضِيتُم بِالْحَيَاةِ الدُّنْيَا مِنَ الآخِرَةِ فَمَا مَتَاعُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا فِي الآخِرَةِ إِلاَّ قَلِيلٌ
39 Аят
Шу гIазотана ара ца довлахь – Цо шуна лазош долу Iазап дийр ду‚ хуьйцур ду шу кхечу къомаца‚ аш Цунна зен дийр дац цхьанна хIуманца а. Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш ву. إِلاَّ تَنفِرُواْ يُعَذِّبْكُمْ عَذَابًا أَلِيمًا وَيَسْتَبْدِلْ قَوْمًا غَيْرَكُمْ وَلاَ تَضُرُّوهُ شَيْئًا وَاللّهُ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
40 Аят
Аш цунна (вай пайхамарна Мухьаммадана гIазоте хIуттуш) гIо ца дахь – Дала гIо дира цунна керстанаша иза /Маккара/ араваьккхинчу хенахь‚ цу шиннах[20] цхьаъ и волуш. Уьш шиъ хьехахь волуш‚ цо (пайхамара) элира шен накъосте (Абу-Бакре): "Хьо гIайгIане ма вожалахь‚ вайца Дела ву хьуна". Дала синпаргIато йоссийра цунна тIе‚ Цо чIагIвира и эскарца‚ шуна ша гуш ца хилла долчу‚ цатешачеран дош бухахь хилийтира. Делан дош – и ду лакхахь дерг‚ Дела Ша веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. إِلاَّ تَنصُرُوهُ فَقَدْ نَصَرَهُ اللّهُ إِذْ أَخْرَجَهُ الَّذِينَ كَفَرُواْ ثَانِيَ اثْنَيْنِ إِذْ هُمَا فِي الْغَارِ إِذْ يَقُولُ لِصَاحِبِهِ لاَ تَحْزَنْ إِنَّ اللّهَ مَعَنَا فَأَنزَلَ اللّهُ سَكِينَتَهُ عَلَيْهِ وَأَيَّدَهُ بِجُنُودٍ لَّمْ تَرَوْهَا وَجَعَلَ كَلِمَةَ الَّذِينَ كَفَرُواْ السُّفْلَى وَكَلِمَةُ اللّهِ هِيَ الْعُلْيَا وَاللّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
41 Аят
Арадовла шаьш дайн дерш а‚ деза дерш а[21]‚ къахьега (гIазот де) шайн даьхница а‚ шайн синошца а Делан новкъахь. И дика ду шуна, шу хууш хиллехь. انْفِرُواْ خِفَافًا وَثِقَالاً وَجَاهِدُواْ بِأَمْوَالِكُمْ وَأَنفُسِكُمْ فِي سَبِيلِ اللّهِ ذَلِكُمْ خَيْرٌ لَّكُمْ إِن كُنتُمْ تَعْلَمُونَ
42 Аят
Iалашо гергахь хилахь‚ некъ атта а хилахь – хьуна тIаьхьахIуьтту уьш‚ хIетте а (некъ) гена хиларца хилла царна /хало/. Делах дуйнаш буур бу цара: "Шайн ницкъ кхачахьара, шуьца арадевр дара шаьш" (гIазотана)‚ бохуш. Шаьш- шайн хIаллакдо цара. Далла хаьа уьш харцлуьйш буйла. لَوْ كَانَ عَرَضًا قَرِيبًا وَسَفَرًا قَاصِدًا لاَّتَّبَعُوكَ وَلَكِن بَعُدَتْ عَلَيْهِمُ الشُّقَّةُ وَسَيَحْلِفُونَ بِاللّهِ لَوِ اسْتَطَعْنَا لَخَرَجْنَا مَعَكُمْ يُهْلِكُونَ أَنفُسَهُمْ وَاللّهُ يَعْلَمُ إِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ
43 Аят
Дела къинтIеравер хьуна! Ахь хIунда пурба[22] делла царна хьайна бакълуьйш берш билгалбовллалц‚ харцлуьйш берш бовззаллц? عَفَا اللّهُ عَنكَ لِمَ أَذِنتَ لَهُمْ حَتَّى يَتَبَيَّنَ لَكَ الَّذِينَ صَدَقُواْ وَتَعْلَمَ الْكَاذِبِينَ
44 Аят
Хьоьга пурба доьхур дац хьуна Делах а‚ т1аьххьарчу дийнах а тешаш болчара шайн даьхница а‚ шайн синошца а гIазот ца дан. Дела хууш ву (Шех) кхоьруш берш. لاَ يَسْتَأْذِنُكَ الَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِاللّهِ وَالْيَوْمِ الآخِرِ أَن يُجَاهِدُواْ بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنفُسِهِمْ وَاللّهُ عَلِيمٌ بِالْمُتَّقِينَ
45 Аят
Хьоьга пурба доьху Делах а, т1аьххьарчу дийнах а цатешачара‚ шайн дегнаша шеко ечара‚ – уьш шайн шекона чохь ойланаш керчош бу. إِنَّمَا يَسْتَأْذِنُكَ الَّذِينَ لاَ يُؤْمِنُونَ بِاللّهِ وَالْيَوْمِ الآخِرِ وَارْتَابَتْ قُلُوبُهُمْ فَهُمْ فِي رَيْبِهِمْ يَتَرَدَّدُونَ
46 Аят
Шаьш /гIазотана/ арабовла лууш хиллехьара‚ цунна кечам бина хир бара цара‚ делахь а, Далла ца деза церан гучубовлар /гIазотана/. Цо уьш бухабуьтуш бу /шуьца гIазотана арабовларх, мало ярца/‚ элира /цаьрга/: "Охьаховжший Iиэ охьахевшина Iачаьрца" (зударшца а‚ берашца а‚ къеначу нахаца а). وَلَوْ أَرَادُواْ الْخُرُوجَ لأَعَدُّواْ لَهُ عُدَّةً وَلَكِن كَرِهَ اللّهُ انبِعَاثَهُمْ فَثَبَّطَهُمْ وَقِيلَ اقْعُدُواْ مَعَ الْقَاعِدِينَ
47 Аят
Шуьца уьш арабевллехьара а‚ шу совдохур ма дацара цара низам дохорца а бен‚ шун юкъаметтиг эгIор ма яра цара, шуна питана лоьхуш. Шуна юккъехь ма бу цаьрга ладоьгIуш берш. Дела бевзаш ву-кх зуламе берш. لَوْ خَرَجُواْ فِيكُم مَّا زَادُوكُمْ إِلاَّ خَبَالاً ولأَوْضَعُواْ خِلاَلَكُمْ يَبْغُونَكُمُ الْفِتْنَةَ وَفِيكُمْ سَمَّاعُونَ لَهُمْ وَاللّهُ عَلِيمٌ بِالظَّالِمِينَ
48 Аят
Хьалха а питана лехира цара‚ хьуна мекарлонаш йира бакъдерг даллалц. Делан гIуллакх гучуделира, уьш (и) ца дезарш а болуш. لَقَدِ ابْتَغَوُاْ الْفِتْنَةَ مِن قَبْلُ وَقَلَّبُواْ لَكَ الأُمُورَ حَتَّى جَاء الْحَقُّ وَظَهَرَ أَمْرُ اللّهِ وَهُمْ كَارِهُونَ
49 Аят
Царах ву ша олуш верг: "Пурба лохьа суна /гIазотана ара ца вāла/‚ питана ма де суна[23]". Ткъа питанна чуэгна бац уьш? Баккъалла а, жоьжахати гуо бийр болуш ма ю керстанашна. وَمِنْهُم مَّن يَقُولُ ائْذَن لِّي وَلاَ تَفْتِنِّي أَلاَ فِي الْفِتْنَةِ سَقَطُواْ وَإِنَّ جَهَنَّمَ لَمُحِيطَةٌ بِالْكَافِرِينَ
50 Аят
Хьуна диканиг хилахь‚ цо вон хоьтуьйту царна. Хьуна хало хилахь‚ цара олу: "Оха хьалха т1еийцира тхешан гIуллакх" (гIазоте ца даха сацам бира оха хьалха‚ цундела тхуна вон ца хили). Уьш дIабирзира, шаьш баккхийбеш. إِن تُصِبْكَ حَسَنَةٌ تَسُؤْهُمْ وَإِن تُصِبْكَ مُصِيبَةٌ يَقُولُواْ قَدْ أَخَذْنَا أَمْرَنَا مِن قَبْلُ وَيَتَوَلَّواْ وَّهُمْ فَرِحُونَ
51 Аят
Ахь āла: "Тхуна хиланне а хир ма дац Дала тхуна яздинарг бен. И ву тхан гIоьнча"‚ Далла тIетевжийла муъма нах. قُل لَّن يُصِيبَنَا إِلاَّ مَا كَتَبَ اللّهُ لَنَا هُوَ مَوْلاَنَا وَعَلَى اللّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ
52 Аят
Ахь āла: "Шина диканах[24] цхьаннан а бен хьоьжийла дарий шун тхуна? Тхо хьоьжуш ду шуна Дала шегара я тхан куьйгашца Iазап кхачориг хиларе. Хьоьжуш Iе‚ тхо а шуьца цхьаьна хьоьжуш Iийр ду". قُلْ هَلْ تَرَبَّصُونَ بِنَا إِلاَّ إِحْدَى الْحُسْنَيَيْنِ وَنَحْنُ نَتَرَبَّصُ بِكُمْ أَن يُصِيبَكُمُ اللّهُ بِعَذَابٍ مِّنْ عِندِهِ أَوْ بِأَيْدِينَا فَتَرَبَّصُواْ إِنَّا مَعَكُم مُّتَرَبِّصُونَ
53 Аят
Āла: "СагIа[25] ло шайна лаахь а‚ ца лаахь а‚ шуьгара данне а къобалдийр дац и. Баккъалла а, шу хили-кх песакъ къам". قُلْ أَنفِقُواْ طَوْعًا أَوْ كَرْهًا لَّن يُتَقَبَّلَ مِنكُمْ إِنَّكُمْ كُنتُمْ قَوْمًا فَاسِقِينَ
54 Аят
Цаьргара сагIа къобалдар духатоьхна уьш Делах а‚ элчанах а ца тешаш хиларо‚ шаьш мало еш бен цара ламаз цадаро‚ ца лууш, халла бен цара сагIа а цадаккхаро. وَمَا مَنَعَهُمْ أَن تُقْبَلَ مِنْهُمْ نَفَقَاتُهُمْ إِلاَّ أَنَّهُمْ كَفَرُواْ بِاللّهِ وَبِرَسُولِهِ وَلاَ يَأْتُونَ الصَّلاَةَ إِلاَّ وَهُمْ كُسَالَى وَلاَ يُنفِقُونَ إِلاَّ وَهُمْ كَارِهُونَ
55 Аят
Ахь тамаша ма бойла церан даьхнех а‚ церан доьзалех а. Далла лууш ду цаьрца царна Iазап дан дуьненан дахарехь‚ синош арадевр ду церан уьш керста хьолехь а болуш. فَلاَ تُعْجِبْكَ أَمْوَالُهُمْ وَلاَ أَوْلاَدُهُمْ إِنَّمَا يُرِيدُ اللّهُ لِيُعَذِّبَهُم بِهَا فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَتَزْهَقَ أَنفُسُهُمْ وَهُمْ كَافِرُونَ
56 Аят
Цара Делах дуйнаш буу шаьш шух ду‚ бохуш‚ шух бац уьш‚ хIетте а къаьсташ къам ду уьш. وَيَحْلِفُونَ بِاللّهِ إِنَّهُمْ لَمِنكُمْ وَمَا هُم مِّنكُمْ وَلَكِنَّهُمْ قَوْمٌ يَفْرَقُونَ
57 Аят
Шайна лачкъа меттиг караяхь‚ лаьттах бола меттиг караяхь я чудовла меттиг караяхь – цига сихлур бу уьш чехка /къаьхкина говр санна/. لَوْ يَجِدُونَ مَلْجَأً أَوْ مَغَارَاتٍ أَوْ مُدَّخَلاً لَّوَلَّوْاْ إِلَيْهِ وَهُمْ يَجْمَحُونَ
58 Аят
Царах бу хьуна ирча бехкаш бохуш берш сагIадаккхарехь‚ цунах шайна делча, реза хуьлу уьш‚ цунах шайна ца лахь – уьш оьгIазъоьху. وَمِنْهُم مَّن يَلْمِزُكَ فِي الصَّدَقَاتِ فَإِنْ أُعْطُواْ مِنْهَا رَضُواْ وَإِن لَّمْ يُعْطَوْاْ مِنهَا إِذَا هُمْ يَسْخَطُونَ
59 Аят
Уьш реза хиллехьара Дала а‚ Цуьнан элчано а шайна деллачунна‚ аьллехьара цара: "Тхуна кхачам болуш ву-кх Дела‚ тIаьхьа лур ду тхуна Дала Шен комаьршаллах. Цуьнан элчано а /лур ду тхуна/‚ баккъалла а, тхо Деле догдохуш ду-кх" /дика хир дара-кх царна/. وَلَوْ أَنَّهُمْ رَضُوْاْ مَا آتَاهُمُ اللّهُ وَرَسُولُهُ وَقَالُواْ حَسْبُنَا اللّهُ سَيُؤْتِينَا اللّهُ مِن فَضْلِهِ وَرَسُولُهُ إِنَّا إِلَى اللّهِ رَاغِبُونَ
60 Аят
СагIанаш ло Дала т1едахкарца[26] пекъаршна[27] а‚ мискачарна[28] а‚ царна тIехь болх бечарна[29] а‚ дегнаш кIаддархьама[30] а‚ леш азатбахарехь[31] а‚ декхаршна кIелбисинчарна[32] а‚ Делан новкъахь[33] а‚ некъан накъостана[34] а. Дела хууш а ву‚ /нийса/ хьукам деш а ву. إِنَّمَا الصَّدَقَاتُ لِلْفُقَرَاء وَالْمَسَاكِينِ وَالْعَامِلِينَ عَلَيْهَا وَالْمُؤَلَّفَةِ قُلُوبُهُمْ وَفِي الرِّقَابِ وَالْغَارِمِينَ وَفِي سَبِيلِ اللّهِ وَابْنِ السَّبِيلِ فَرِيضَةً مِّنَ اللّهِ وَاللّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
61 Аят
Царах бу пайхамарна халахоьтуьйтуш берш‚ шаьш олуш: "Иза (пайхамар) – лергаш ду" (массо а хIума хезаш ду-кх цунна). Ахь āла: "Дикаллин лергаш ду-кх шуна‚ тешаш ву и (Мухьаммад пайхамар) Делах а‚ тешаш ву и муъма нахах а‚ шух ийман диллинчарна къинхетам а бу и". Делан элчанна халахоьтуьйтуш берш – царна ду лазош долу Iазап. وَمِنْهُمُ الَّذِينَ يُؤْذُونَ النَّبِيَّ وَيِقُولُونَ هُوَ أُذُنٌ قُلْ أُذُنُ خَيْرٍ لَّكُمْ يُؤْمِنُ بِاللّهِ وَيُؤْمِنُ لِلْمُؤْمِنِينَ وَرَحْمَةٌ لِّلَّذِينَ آمَنُواْ مِنكُمْ وَالَّذِينَ يُؤْذُونَ رَسُولَ اللّهِ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
62 Аят
Шуна Делах дуйнаш буу цара шу резадархьама. Дела а‚ Цуьнан элча а хьакъ бара-кх цара резабан, шаьш муъма нах хиллехь. يَحْلِفُونَ بِاللّهِ لَكُمْ لِيُرْضُوكُمْ وَاللّهُ وَرَسُولُهُ أَحَقُّ أَن يُرْضُوهُ إِن كَانُواْ مُؤْمِنِينَ
63 Аят
Царна ца хаьа-те Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьало йинчунна жоьжахатин цIе хир юйла, и цу чохь гуттар лаьтташ? Ма еза- йоккха сийсазалла ю-кх и! أَلَمْ يَعْلَمُواْ أَنَّهُ مَن يُحَادِدِ اللّهَ وَرَسُولَهُ فَأَنَّ لَهُ نَارَ جَهَنَّمَ خَالِدًا فِيهَا ذَلِكَ الْخِزْيُ الْعَظِيمُ
64 Аят
Кхоьруш бу мунепикъаш цаьрга (бусалба нахе) шайн дегнашкахь дерг[35] дуьйцуш сурат доссарах. Ахь āла: "Ма дāша шу" (ма лара аш дин а‚ Дела а‚ бусалбанаш а). Баккъалла а, Дела арадоккхург ву шу кхоьруш (ларлуш) дерг. يَحْذَرُ الْمُنَافِقُونَ أَن تُنَزَّلَ عَلَيْهِمْ سُورَةٌ تُنَبِّئُهُمْ بِمَا فِي قُلُوبِهِم قُلِ اسْتَهْزِؤُواْ إِنَّ اللّهَ مُخْرِجٌ مَّا تَحْذَرُونَ
65 Аят
Ахь цаьрга хаьттича‚ цара эр ма ду хьуна: "Тхо-м забар еш‚ ловзуш дарий". Ахь āла: "Делах а‚ Цуьнан аятех а‚ Цуьнан элчанах а кхаьрдаш хилла шу?" وَلَئِن سَأَلْتَهُمْ لَيَقُولُنَّ إِنَّمَا كُنَّا نَخُوضُ وَنَلْعَبُ قُلْ أَبِاللّهِ وَآيَاتِهِ وَرَسُولِهِ كُنتُمْ تَسْتَهْزِؤُونَ
66 Аят
Бехказлонаш ма е аш. Керстаналла деана аш шайн ийманал тIаьхьа‚ шух цхьана тобанна Тхо къинтIера довлахь а‚ кхечу тобанна Оха Iазап дийр ду уьш хиларна къинош деш. لاَ تَعْتَذِرُواْ قَدْ كَفَرْتُم بَعْدَ إِيمَانِكُمْ إِن نَّعْفُ عَن طَآئِفَةٍ مِّنكُمْ نُعَذِّبْ طَآئِفَةً بِأَنَّهُمْ كَانُواْ مُجْرِمِينَ
67 Аят
Мунепикъ божарий а‚ мунепикъ зударий а – уьш цхьаберш вукхарах бу. Вониг омра до цара‚ диканиг ма де олу‚ шайн куьйгаш дIакъовлу цара (сагIа ца луш‚ Делан новкъахь харж ца еш). Дела вицвина цара – Цо а бицбина уьш /Шен къинхетамах/. Баккъалла а, мунепикъаш  уьш бу-кх песакъаш. الْمُنَافِقُونَ وَالْمُنَافِقَاتُ بَعْضُهُم مِّن بَعْضٍ يَأْمُرُونَ بِالْمُنكَرِ وَيَنْهَوْنَ عَنِ الْمَعْرُوفِ وَيَقْبِضُونَ أَيْدِيَهُمْ نَسُواْ اللّهَ فَنَسِيَهُمْ إِنَّ الْمُنَافِقِينَ هُمُ الْفَاسِقُونَ
68 Аят
Дала ваIда йина мунепикъ божаршна а‚ мунепикъ зударшна а‚ керстанашна а жоьжахатин цIарца‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар а болуш. И ю царна кхачо йийриг‚ Дала неIалт аьлла царна‚ царна д1ахIоьттина долу Iазап ду. وَعَدَ اللهُ الْمُنَافِقِينَ وَالْمُنَافِقَاتِ وَالْكُفَّارَ نَارَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا هِيَ حَسْبُهُمْ وَلَعَنَهُمُ اللّهُ وَلَهُمْ عَذَابٌ مُّقِيمٌ
69 Аят
Шул хьалха хиллачарах тера /ду иза, хIай мунапикъаш/. Шул чIогIа бара уьш ницкъанца‚ алсам бара даьхница а‚ доьзалшца а. Шайн декъах зовкх хьийгира цара‚ шайн декъах зовкх хьийгира аша а‚ шул хьалха хиллачара а зовкх хьегарх терра шайн декъах‚ /харцонна а, тиларна а/ чу дахара шу, /шул хьалха/ уьш цу чу бахарх терра[36]. Уьш бу-кх шайн Iамалш яйнарш дуьненахь а‚ эхартахь а‚ уьш бу-кх шаьш эшнарш. كَالَّذِينَ مِن قَبْلِكُمْ كَانُواْ أَشَدَّ مِنكُمْ قُوَّةً وَأَكْثَرَ أَمْوَالاً وَأَوْلاَدًا فَاسْتَمْتَعُواْ بِخَلاقِهِمْ فَاسْتَمْتَعْتُم بِخَلاَقِكُمْ كَمَا اسْتَمْتَعَ الَّذِينَ مِن قَبْلِكُمْ بِخَلاَقِهِمْ وَخُضْتُمْ كَالَّذِي خَاضُواْ أُوْلَئِكَ حَبِطَتْ أَعْمَالُهُمْ فِي الُّدنْيَا وَالآخِرَةِ وَأُوْلَئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ
70 Аят
Цаьрга ца деана-те шайл хьалха хиллачу Нухьан‚ Iадин‚ Самудан къаьмнийн хабар‚ ИбрахIиман къоман‚ Мадъянан[37] дайн‚ Муътафикатийн[38] хабар? Цаьрга шайн элчанаш ма баьхкира билгалонашца. Дела ца хилла царна зулам деш‚ хIетте а, шаьш хилла уьш шайна зулам деш. أَلَمْ يَأْتِهِمْ نَبَأُ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ قَوْمِ نُوحٍ وَعَادٍ وَثَمُودَ وَقَوْمِ إِبْرَاهِيمَ وِأَصْحَابِ مَدْيَنَ وَالْمُؤْتَفِكَاتِ أَتَتْهُمْ رُسُلُهُم بِالْبَيِّنَاتِ فَمَا كَانَ اللّهُ لِيَظْلِمَهُمْ وَلَكِن كَانُواْ أَنفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ
71 Аят
Муъма божарий‚ муъма зударий – цхьаберш вовшийн доттагIий (верасаш) бу‚ дикачуьнца омра деш‚ /вон дерг ма де олуш/ вочух духатухуш‚ ламаз хIоттадеш‚ закат луш‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь а болуш. Царах тIаккха къинхетам бийр бу Дала. Баккъалла а, Дела ма ву веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а. وَالْمُؤْمِنُونَ وَالْمُؤْمِنَاتُ بَعْضُهُمْ أَوْلِيَاء بَعْضٍ يَأْمُرُونَ بِالْمَعْرُوفِ وَيَنْهَوْنَ عَنِ الْمُنكَرِ وَيُقِيمُونَ الصَّلاَةَ وَيُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَيُطِيعُونَ اللّهَ وَرَسُولَهُ أُوْلَئِكَ سَيَرْحَمُهُمُ اللّهُ إِنَّ اللّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
72 Аят
Дала ваIда йина муъма божаршна а‚ муъма зударшна а /ялсаманин/ бошмаш, шайн бухахула хиш оьхуш йолу‚ цу чохь уьш гуттар лаьтташ‚ Iадн (ялсаманин)[39] бошмашкахь цIена гIишлош а. Делера резахилар вуно доккха ду – иза сийлахь-боккха толам бу-кх! وَعَدَ اللّهُ الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا وَمَسَاكِنَ طَيِّبَةً فِي جَنَّاتِ عَدْنٍ وَرِضْوَانٌ مِّنَ اللّهِ أَكْبَرُ ذَلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
73 Аят
ХIай пайхамар! Къийсам латтабе керстанашца а‚ мунепикъашца а‚ кIоршаме хила цаьрца. Церан чохьIойла жоьжахати ю, – вон дIадерзар ду-кх иза. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ جَاهِدِ الْكُفَّارَ وَالْمُنَافِقِينَ وَاغْلُظْ عَلَيْهِمْ وَمَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ
74 Аят
Цара (мунепикъаша) дуйнаш буу Делах‚ ца аьлла /пайхамарна вониг/ шаьш‚ бохуш. Аьлла цара керстаналлин дош‚ царах керстанаш хилла шаьш бусалбанаш хиллачул тIаьхьа‚ шайна карх ца даьлларг дан хьаьвсира уьш[40]. Бекхам ца бира цара беккъа Дала а‚ Цуьнан элчано а шайна Шен (Делан) комаьршаллах хьал даларна а бен. Цара тōба динехьара, дика хир дара царна. Уьш дIаберзахь[41]– лазош долчу Iазапца Iазап дийр ду Дала царна дуьненахь а‚ эхартахь а. Ма вац царна лаьттахь верас а‚ гIоьнча а! يَحْلِفُونَ بِاللّهِ مَا قَالُواْ وَلَقَدْ قَالُواْ كَلِمَةَ الْكُفْرِ وَكَفَرُواْ بَعْدَ إِسْلاَمِهِمْ وَهَمُّواْ بِمَا لَمْ يَنَالُواْ وَمَا نَقَمُواْ إِلاَّ أَنْ أَغْنَاهُمُ اللّهُ وَرَسُولُهُ مِن فَضْلِهِ فَإِن يَتُوبُواْ يَكُ خَيْرًا لَّهُمْ وَإِن يَتَوَلَّوْا يُعَذِّبْهُمُ اللّهُ عَذَابًا أَلِيمًا فِي الدُّنْيَا وَالآخِرَةِ وَمَا لَهُمْ فِي الأَرْضِ مِن وَلِيٍّ وَلاَ نَصِيرٍ
75 Аят
Царах бу шаьш Делаца ваIда йинарш: "Цо тхуна Шен комаьршаллах /ниIмат/ лахь‚ /шортта/ лур ма ду шаьш /дала дезачунна/ сагIа, хир ма ду шаьш дикачарах"[42]‚ аьлла. وَمِنْهُم مَّنْ عَاهَدَ اللّهَ لَئِنْ آتَانَا مِن فَضْلِهِ لَنَصَّدَّقَنَّ وَلَنَكُونَنَّ مِنَ الصَّالِحِينَ
76 Аят
Цо[43] Шен комаьршаллах шайна делча‚ уьш цуьнца б1аьрмациг хилира‚ дIабирзира[44], шаьш дуьхьал а хуьлуш. فَلَمَّا آتَاهُم مِّن فَضْلِهِ بَخِلُواْ بِهِ وَتَوَلَّواْ وَّهُم مُّعْرِضُونَ
77 Аят
Церан дегнашка Цо доссийра мунепикъалла[45], уьш Цунна дуьхьалкхетар болчу /къемат/де тIекхаччалц‚ цара шаьш Делаца йина ваIда йохийна хиларна а‚ уьш шаьш харцлуьйш хиларна а. فَأَعْقَبَهُمْ نِفَاقًا فِي قُلُوبِهِمْ إِلَى يَوْمِ يَلْقَوْنَهُ بِمَا أَخْلَفُواْ اللّهَ مَا وَعَدُوهُ وَبِمَا كَانُواْ يَكْذِبُونَ
78 Аят
Царна ца хаьа-те Далла хууш хилар шайн къайле а‚ шайн къайлаха хабарш а‚ и Дела Ша хьуламехь долу хIуманаш дика хууш верг хилар а? أَلَمْ يَعْلَمُواْ أَنَّ اللّهَ يَعْلَمُ سِرَّهُمْ وَنَجْوَاهُمْ وَأَنَّ اللّهَ عَلاَّمُ الْغُيُوبِ
79 Аят
Муъма нахах сагIанашкахь муьтIахь болчарах а[46]‚ шайна /саг1ина дала/ халла бен х1ума цакарийначарах а[47] луьйш берш‚ тIаккха царах кхаьрдашберш, – Дала сийсазабийр бу уьш‚ царна ду лазош долу Iазап. الَّذِينَ يَلْمِزُونَ الْمُطَّوِّعِينَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ فِي الصَّدَقَاتِ وَالَّذِينَ لاَ يَجِدُونَ إِلاَّ جُهْدَهُمْ فَيَسْخَرُونَ مِنْهُمْ سَخِرَ اللّهُ مِنْهُمْ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
80 Аят
Ахь гечдар деха царна я гечдар ма деха царна. Ахь царна кхузткъе уьттазза гечдар дехча а – Дала данне а гечдийр долуш дац царна. И ду цара Далла а‚ Цуьнан элчанна а керстаналла дарна. Дала нис ца до песакъ къам. اسْتَغْفِرْ لَهُمْ أَوْ لاَ تَسْتَغْفِرْ لَهُمْ إِن تَسْتَغْفِرْ لَهُمْ سَبْعِينَ مَرَّةً فَلَن يَغْفِرَ اللّهُ لَهُمْ ذَلِكَ بِأَنَّهُمْ كَفَرُواْ بِاللّهِ وَرَسُولِهِ وَاللّهُ لاَ يَهْدِي الْقَوْمَ الْفَاسِقِينَ
81 Аят
Баккхийбера шаьш бухабитинарш[48] Делан элчанна тIехьахь хевшина бисарна (гIазоте ца боьлхуш)‚ царна ца дийзира Делан новкъахь шайн даьхница а‚ шайн синошца а къахьега (гIазот дан)‚ цара элира: "Ма довла /гIазотана ара/ х1окху йовхонехь"[49]. Ахь āла: "Жоьжахатин цIе йовха хиларца кхин а нуьцкъала ю"‚ уьш кхеташ хиллехь. فَرِحَ الْمُخَلَّفُونَ بِمَقْعَدِهِمْ خِلاَفَ رَسُولِ اللّهِ وَكَرِهُواْ أَن يُجَاهِدُواْ بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنفُسِهِمْ فِي سَبِيلِ اللّهِ وَقَالُواْ لاَ تَنفِرُواْ فِي الْحَرِّ قُلْ نَارُ جَهَنَّمَ أَشَدُّ حَرًّا لَّوْ كَانُوا يَفْقَهُونَ
82 Аят
Боьлийла уьш кIеззиг‚ боьлхийла уьш дуккха а шайна карадеш хиллачун /вочун/ бекхамна. فَلْيَضْحَكُواْ قَلِيلاً وَلْيَبْكُواْ كَثِيرًا جَزَاء بِمَا كَانُواْ يَكْسِبُونَ
83 Аят
Дала хьо юхаверзийча царах цхьана тобанна тIе, хьоьга пурба доьху цара ара довла / кхечу гIазотана/[50]. ТIаккха ахь āла: "Цкъа а соьца арадевр дац шу‚ соьца цхьаммо а мостагIца тIом бийр бац аш. Шу реза хилла дуьххьара хевшина Iен – ховший Iиэ хIинца а бухабисинчаьрца". فَإِن رَّجَعَكَ اللّهُ إِلَى طَآئِفَةٍ مِّنْهُمْ فَاسْتَأْذَنُوكَ لِلْخُرُوجِ فَقُل لَّن تَخْرُجُواْ مَعِيَ أَبَدًا وَلَن تُقَاتِلُواْ مَعِيَ عَدُوًّا إِنَّكُمْ رَضِيتُم بِالْقُعُودِ أَوَّلَ مَرَّةٍ فَاقْعُدُواْ مَعَ الْخَالِفِينَ
84 Аят
Царах цхьаъ велча, цкъа а /докъа/ламаз ма де /цунна т1ехь/‚ цуьнан коша тIе ма хIотта. Баккъалла а, цара керстаналла дина Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ уьш белла шаьш песакъ хьолехь а болуш. وَلاَ تُصَلِّ عَلَى أَحَدٍ مِّنْهُم مَّاتَ أَبَدًا وَلاَ تَقُمْ عَلَىَ قَبْرِهِ إِنَّهُمْ كَفَرُواْ بِاللّهِ وَرَسُولِهِ وَمَاتُواْ وَهُمْ فَاسِقُونَ
85 Аят
Хьоьга тамаша ма бойтийла церан бахамо а‚ церан доьзалша а. Далла лаьа цуьнца царна Iазап дан дуьненахь а‚ церан садала (бала), уьш керстанаш а болуш. وَلاَ تُعْجِبْكَ أَمْوَالُهُمْ وَأَوْلاَدُهُمْ إِنَّمَا يُرِيدُ اللّهُ أَن يُعَذِّبَهُم بِهَا فِي الدُّنْيَا وَتَزْهَقَ أَنفُسُهُمْ وَهُمْ كَافِرُونَ
86 Аят
Сурат доьссича, Делах а теша‚ Цуьнан элчанца гIазот а де‚ аьлла‚ царах хьалдолчара хьоьга пурба дийхира‚ цара элира: "Дитахь тхо‚ хевшина 1аьчаьрца[51] хир дара тхо". وَإِذَآ أُنزِلَتْ سُورَةٌ أَنْ آمِنُواْ بِاللّهِ وَجَاهِدُواْ مَعَ رَسُولِهِ اسْتَأْذَنَكَ أُوْلُواْ الطَّوْلِ مِنْهُمْ وَقَالُواْ ذَرْنَا نَكُن مَّعَ الْقَاعِدِينَ
87 Аят
Реза хилла уьш бухабисинчаьрца[52] хила‚ церан дегнашна мухIар тоьхна, – уьш ца кхета. رَضُواْ بِأَن يَكُونُواْ مَعَ الْخَوَالِفِ وَطُبِعَ عَلَى قُلُوبِهِمْ فَهُمْ لاَ يَفْقَهُونَ
88 Аят
ХIетте а, элчано а‚ цуьнца ийман диллинчара а гIазот дира шайн бахамца а‚ шайн синошца а‚ уьш бу шайна диканаш деш берш‚ уьш бу шаьш баккхийбийр берш. لَكِنِ الرَّسُولُ وَالَّذِينَ آمَنُواْ مَعَهُ جَاهَدُواْ بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنفُسِهِمْ وَأُوْلَئِكَ لَهُمُ الْخَيْرَاتُ وَأُوْلَئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
89 Аят
Царна Дала бошмаш кечйина‚ шайн бухахула хиш оьхуш‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу. И бу-кх сийлахь-боккха толам. أَعَدَّ اللّهُ لَهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ذَلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
90 Аят
Д1асакхелхаш лелачу Iаьрбех[53] бехказлонаш еш берш баьхкира шайна пурба далийтархьама[54]. Бухабисира шаьш Делаца а‚ Цуьнан элчанца а харц хилларш‚ тIаьхьа кхочур ду царах керстаналла диначаьрга лазош долу Iазап. وَجَاء الْمُعَذِّرُونَ مِنَ الأَعْرَابِ لِيُؤْذَنَ لَهُمْ وَقَعَدَ الَّذِينَ كَذَبُواْ اللّهَ وَرَسُولَهُ سَيُصِيبُ الَّذِينَ كَفَرُواْ مِنْهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
91 Аят
ЗаьIапхошна а‚ цомгуш болчарна а‚ ян харж ца карочарна а къа дац /гIазоте ца бахча а/, уьш Делаца а‚ Цуьнан элчанца а дог цIена хилча. Диканиг деш болчарна некъ бац /бехк билла/. Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву. لَّيْسَ عَلَى الضُّعَفَاء وَلاَ عَلَى الْمَرْضَى وَلاَ عَلَى الَّذِينَ لاَ يَجِدُونَ مَا يُنفِقُونَ حَرَجٌ إِذَا نَصَحُواْ لِلّهِ وَرَسُولِهِ مَا عَلَى الْمُحْسِنِينَ مِن سَبِيلٍ وَاللّهُ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
92 Аят
Хьо волчу баьхкинчарна а дац /къа/ ахь шаьш кечдахьара, бохуш[55]‚ ахь аьлча: "Шу шеца кечдан хIума ца карадо суна"‚ дIабирзина болчу, шайн бIаьргаш хих а буьзна, вон хеташ шайна харжъян хIума ца карорна (шайна гIазоте баха таро ца хиларна/. وَلاَ عَلَى الَّذِينَ إِذَا مَا أَتَوْكَ لِتَحْمِلَهُمْ قُلْتَ لاَ أَجِدُ مَا أَحْمِلُكُمْ عَلَيْهِ تَوَلَّواْ وَّأَعْيُنُهُمْ تَفِيضُ مِنَ الدَّمْعِ حَزَنًا أَلاَّ يَجِدُواْ مَا يُنفِقُونَ ( الجزء الحادي عشر )
93 Аят
Некъ бу /бехк билла/ хьоьга пурба доьхучарна, шаьш хьалдолуш а болуш. Уьш реза хилла бухабисинчаьрца (зударшца, берашца, заь1апхошца) хила‚ церан дегнех Дала мухIар тоьхна, – царна ца хаьа. إِنَّمَا السَّبِيلُ عَلَى الَّذِينَ يَسْتَأْذِنُونَكَ وَهُمْ أَغْنِيَاء رَضُواْ بِأَن يَكُونُواْ مَعَ الْخَوَالِفِ وَطَبَعَ اللّهُ عَلَى قُلُوبِهِمْ فَهُمْ لاَ يَعْلَمُونَ
94 Аят
Шуьга бехказлонаш йо цара, шу царна тIе юхадирзича. Ахь āла: "Бехказлонаш ма е! Тешшане а шух тешар дац тхо. Дала дийцина тхуна шун хабарех. Гур ю Далла а‚ Цуьнан элчанна а шун Iамал‚ тIаккха шу д1адерзор ду хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хууш волчунна (Далла) тIе – Цо дуьйцур ду шуьга аш деш хилларг". يَعْتَذِرُونَ إِلَيْكُمْ إِذَا رَجَعْتُمْ إِلَيْهِمْ قُل لاَّ تَعْتَذِرُواْ لَن نُّؤْمِنَ لَكُمْ قَدْ نَبَّأَنَا اللّهُ مِنْ أَخْبَارِكُمْ وَسَيَرَى اللّهُ عَمَلَكُمْ وَرَسُولُهُ ثُمَّ تُرَدُّونَ إِلَى عَالِمِ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ فَيُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
95 Аят
Шуна Делах дуйнаш буур бу цара, шу царна тIедирзича, шу шайх д1адерзорхьама. Д1адерза царах! Баккъалла а, уьш рижс[56] ю‚ церан чугIойла жоьжахати ю – бекхам а хилла царна карадеш хиллачунна (дуьхьал). سَيَحْلِفُونَ بِاللّهِ لَكُمْ إِذَا انقَلَبْتُمْ إِلَيْهِمْ لِتُعْرِضُواْ عَنْهُمْ فَأَعْرِضُواْ عَنْهُمْ إِنَّهُمْ رِجْسٌ وَمَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ جَزَاءَ بِمَا كَانُواْ يَكْسِبُونَ
96 Аят
Дуйнаш буу шуна шу шайна реза хилийтархьама. Шу царна реза хилахь а, – Дела реза хир вац песакъ къомана. يَحْلِفُونَ لَكُمْ لِتَرْضَوْاْ عَنْهُمْ فَإِن تَرْضَوْاْ عَنْهُمْ فَإِنَّ اللّهَ لاَ يَرْضَى عَنِ الْقَوْمِ الْفَاسِقِينَ
97 Аят
Д1асакхелхаш лела Iаьрбий керстаналлица а‚ мунепикъаллица а мелхо а чIогIа бу (кхечарал)‚ Дала Шен элчане доссийна дозанаш цахаарехь а сов бу. Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. الأَعْرَابُ أَشَدُّ كُفْرًا وَنِفَاقًا وَأَجْدَرُ أَلاَّ يَعْلَمُواْ حُدُودَ مَا أَنزَلَ اللّهُ عَلَى رَسُولِهِ وَاللّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
98 Аят
Д1асакхелхаш лелачу Iаьрбех бу шаьш сагIина луш дерг гIуда лоруш берш‚ шуна бāланаш хиларе хьоьжуш берш. Царна бу-кх вочун бāла. Дела хезаш верг а, хууш верг а ву. وَمِنَ الأَعْرَابِ مَن يَتَّخِذُ مَا يُنفِقُ مَغْرَمًا وَيَتَرَبَّصُ بِكُمُ الدَّوَائِرَ عَلَيْهِمْ دَآئِرَةُ السَّوْءِ وَاللّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
99 Аят
Д1асакхелхаш лелачу Iаьрбех бу шаьш Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешаш берш а, шаьш луш долу сагIа Далла гергахь гIурба а‚ элчанна /шайна/ доIа дан /некъ/ лоруш берш а. Царна гIурба дац ткъа и?! Дала Шен къинхетамна чубухкур бу уьш. Баккъалла а, Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву. وَمِنَ الأَعْرَابِ مَن يُؤْمِنُ بِاللّهِ وَالْيَوْمِ الآخِرِ وَيَتَّخِذُ مَا يُنفِقُ قُرُبَاتٍ عِندَ اللّهِ وَصَلَوَاتِ الرَّسُولِ أَلا إِنَّهَا قُرْبَةٌ لَّهُمْ سَيُدْخِلُهُمُ اللّهُ فِي رَحْمَتِهِ إِنَّ اللّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
100 Аят
ДIакхелхинчарах[57] а‚ (царна) гIо лаьцначарах[58] а дуьххьара (ислам дин т1еоьцуш) хьалха хилларш‚ дикачуьнца царна тIаьхьахIиттинарш – Дела реза хилла царна. Уьш а реза хилла Цунна. Цо царна бошмаш кечйина, бухахула хиш оьхуш йолу. Уьш цу чохь гуттар хир бу. И сийлахь- боккха толам бу-кх! وَالسَّابِقُونَ الأَوَّلُونَ مِنَ الْمُهَاجِرِينَ وَالأَنصَارِ وَالَّذِينَ اتَّبَعُوهُم بِإِحْسَانٍ رَّضِيَ اللّهُ عَنْهُمْ وَرَضُواْ عَنْهُ وَأَعَدَّ لَهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي تَحْتَهَا الأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ذَلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
101 Аят
Шуна гонахь болчу д1асакхелхаш лелачу Iаьрбех мунепикъаш а бу‚ Мадинатан бахархойх а бу уьш (мунепикъаш)‚ мунепикъаллина чу кIорга бахана уьш. Хьуна ца бевза уьш‚ Тхуна бевза уьш. Оха шозза Iазап дийр ду царна‚ тIаккха деза-доккхачу Iазапе д1аберзор бу. وَمِمَّنْ حَوْلَكُم مِّنَ الأَعْرَابِ مُنَافِقُونَ وَمِنْ أَهْلِ الْمَدِينَةِ مَرَدُواْ عَلَى النِّفَاقِ لاَ تَعْلَمُهُمْ نَحْنُ نَعْلَمُهُمْ سَنُعَذِّبُهُم مَّرَّتَيْنِ ثُمَّ يُرَدُّونَ إِلَى عَذَابٍ عَظِيمٍ
102 Аят
Кхиберш къера хилира шайн къиношна‚ цара иэйира дика Iамал кхечу вочуьнца[59]‚ Дала тōба къобалдан мега церан. Баккъалла а, Дела ву гечдийриг а‚ къинхетаме верг а. وَآخَرُونَ اعْتَرَفُواْ بِذُنُوبِهِمْ خَلَطُواْ عَمَلاً صَالِحًا وَآخَرَ سَيِّئًا عَسَى اللّهُ أَن يَتُوبَ عَلَيْهِمْ إِنَّ اللّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
103 Аят
Церан бахамах сагIа эца – цуьнца догIмаш а‚ синош а цIандийр ду ахь церан‚ /Деле/ доIа а де царна‚ баккъалла а, хьан доIа царна синтем бу. И Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ву. خُذْ مِنْ أَمْوَالِهِمْ صَدَقَةً تُطَهِّرُهُمْ وَتُزَكِّيهِم بِهَا وَصَلِّ عَلَيْهِمْ إِنَّ صَلاَتَكَ سَكَنٌ لَّهُمْ وَاللّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
104 Аят
Царна ца хаьа-те Дала къобалдеш хилар Шен лешкара тōба а‚ сагIа оьцуш хилар[60] а‚ и Дела ша тōба къобалдеш верг а‚ къинхетаме верг а вуйла? أَلَمْ يَعْلَمُواْ أَنَّ اللّهَ هُوَ يَقْبَلُ التَّوْبَةَ عَنْ عِبَادِهِ وَيَأْخُذُ الصَّدَقَاتِ وَأَنَّ اللّهَ هُوَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ
105 Аят
Ахь āла: /хIай Мухьаммад/ "Iамал е! Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ муъма нахана а тIаьхьа гур ю шун Iамал‚ тIаьхьа д1адерзор ду шу хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хууш волчунна тIе – (Далла тIе). ТIаккха Цо шуьга дуьйцур ду аш деш хилларг". وَقُلِ اعْمَلُواْ فَسَيَرَى اللّهُ عَمَلَكُمْ وَرَسُولُهُ وَالْمُؤْمِنُونَ وَسَتُرَدُّونَ إِلَى عَالِمِ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ فَيُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
106 Аят
Цхьа кхиберш Делан гIуллакхе догдохуьйтуш хир бу: я Iазап дийр ду Цо царна‚ я церан тōба къобалдийр ду Цо[61]. И Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. وَآخَرُونَ مُرْجَوْنَ لِأَمْرِ اللّهِ إِمَّا يُعَذِّبُهُمْ وَإِمَّا يَتُوبُ عَلَيْهِمْ وَاللّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
107 Аят
Цхьа /кхин/ берш бу шаьш зуламна а‚ керстаналлина а‚ муъма нахана юккъехь барт эгIорна а‚ хьалха Делаца а‚ Цуьнан элчанца а тIом беш хиллачарна кечамна а маьждиг[62] дина берш – баъанне а дуйнаш ца бууш 1ийр бац уьш шайна диканиг бен лууш ма дацара хьуна‚ бохуш. Дала тешалла до: "Баккъалла а, уьш бу харцлуьйш"‚ аьлла. وَالَّذِينَ اتَّخَذُواْ مَسْجِدًا ضِرَارًا وَكُفْرًا وَتَفْرِيقًا بَيْنَ الْمُؤْمِنِينَ وَإِرْصَادًا لِّمَنْ حَارَبَ اللّهَ وَرَسُولَهُ مِن قَبْلُ وَلَيَحْلِفُنَّ إِنْ أَرَدْنَا إِلاَّ الْحُسْنَى وَاللّهُ يَشْهَدُ إِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ
108 Аят
Хьо ма хIотталахь цу /маьждига/ чохь /ламаз дан/ цкъа а. Дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна /Делах/ кхерарна тIехь хIоттийна долу маьждиг[63] мелхо а хьакъ ду хьо шена чохь (ламазна) хIотта – цу чохь бу шаьш цIанбала лууш болу божарий. Далла беза шаьш цIанлуш берш. لاَ تَقُمْ فِيهِ أَبَدًا لَّمَسْجِدٌ أُسِّسَ عَلَى التَّقْوَى مِنْ أَوَّلِ يَوْمٍ أَحَقُّ أَن تَقُومَ فِيهِ فِيهِ رِجَالٌ يُحِبُّونَ أَن يَتَطَهَّرُواْ وَاللّهُ يُحِبُّ الْمُطَّهِّرِينَ
109 Аят
Шен гIирс Делера кхерарна а‚ резаллина а тIехь хIоттийнарг ву дика‚ я шен гIирс йоьхна‚ охьаоьгуш йолчу (бердан) йистехь хIоттийнарг ву‚ цо шеца жоьжахатин цIерга вожийна волу? Дала ца нисдо-кх зуламе долу къам. أَفَمَنْ أَسَّسَ بُنْيَانَهُ عَلَى تَقْوَى مِنَ اللّهِ وَرِضْوَانٍ خَيْرٌ أَم مَّنْ أَسَّسَ بُنْيَانَهُ عَلَىَ شَفَا جُرُفٍ هَارٍ فَانْهَارَ بِهِ فِي نَارِ جَهَنَّمَ وَاللّهُ لاَ يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
110 Аят
Ца буьсу церан гIирс‚ цара шаьш бина болу‚ церан дегнашкахь шеко хилла а бен‚ церан дегнаш лилхина кийсакаш хиллалц[64]. Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву. لاَ يَزَالُ بُنْيَانُهُمُ الَّذِي بَنَوْاْ رِيبَةً فِي قُلُوبِهِمْ إِلاَّ أَن تَقَطَّعَ قُلُوبُهُمْ وَاللّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
111 Аят
Баккъалла а, Дала эцна муъма нахера церан синош а‚ церан бахам а царна ялсамани яларца. Уьш Делан новкъахь тIом беш бу‚ цара а бойу‚ уьш а бойу. И Цуьнан ваIда ю - Таврата чохь а‚ Инжила чохь а‚ Къуръан чохь а хьакъ-бакъ хилла йолу ва1да. Мила ву шен ваIда Дала ечул а дика кхочушъеш верг? Шу даккхийде шайн йохка-эцарца[65]‚ шаьш Цуьнца кхочушйина йолчу /ваIдица/. Иза – сийлахь-боккха толам бу-кх! إِنَّ اللّهَ اشْتَرَى مِنَ الْمُؤْمِنِينَ أَنفُسَهُمْ وَأَمْوَالَهُم بِأَنَّ لَهُمُ الجَنَّةَ يُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِ اللّهِ فَيَقْتُلُونَ وَيُقْتَلُونَ وَعْدًا عَلَيْهِ حَقًّا فِي التَّوْرَاةِ وَالإِنجِيلِ وَالْقُرْآنِ وَمَنْ أَوْفَى بِعَهْدِهِ مِنَ اللّهِ فَاسْتَبْشِرُواْ بِبَيْعِكُمُ الَّذِي بَايَعْتُم بِهِ وَذَلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
112 Аят
Тōба деш берш‚ Iибадат деш берш‚ /Далла/ хастам беш берш‚ /лаьттахула г1азотана я 1илма лоьхуш/ д1асалелаш берш‚ рукуIе-сужуде оьхуш берш‚ дикачуьнца омра деш‚ вочух /нах/ бухатухуш берш‚ Делан дозанаш Iалашдеш берш /уьш бакхийбер бу шайна ялсамани хиларца/, – кхаъ баккха муъма нахана. التَّائِبُونَ الْعَابِدُونَ الْحَامِدُونَ السَّائِحُونَ الرَّاكِعُونَ السَّاجِدونَ الآمِرُونَ بِالْمَعْرُوفِ وَالنَّاهُونَ عَنِ الْمُنكَرِ وَالْحَافِظُونَ لِحُدُودِ اللّهِ وَبَشِّرِ الْمُؤْمِنِينَ
113 Аят
Ца хилла /оьшуш/ пайхамарна а‚ ийман диллинчарна а мушрикашна гечдар дехар‚ уьш шайн гергара хиллехь а‚ шайна уьш жоьжахатин дай хилар билгалдаьллачул тIаьхьа[66]. مَا كَانَ لِلنَّبِيِّ وَالَّذِينَ آمَنُواْ أَن يَسْتَغْفِرُواْ لِلْمُشْرِكِينَ وَلَوْ كَانُواْ أُوْلِي قُرْبَى مِن بَعْدِ مَا تَبَيَّنَ لَهُمْ أَنَّهُمْ أَصْحَابُ الْجَحِيمِ
114 Аят
ИбрахIиман шен дена гечдар дехар ца хилла еккъа цо цуьнца йина ваIдина дуьхьа а бен. Шена и Делан мостагI хилар билгалдаьлча, цIанвелира и цунах. Баккъалла а, ИбрахIим ма ву хьасталуш верг а‚ дуккха собаре верг а. وَمَا كَانَ اسْتِغْفَارُ إِبْرَاهِيمَ لِأَبِيهِ إِلاَّ عَن مَّوْعِدَةٍ وَعَدَهَا إِيَّاهُ فَلَمَّا تَبَيَّنَ لَهُ أَنَّهُ عَدُوٌّ لِلّهِ تَبَرَّأَ مِنْهُ إِنَّ إِبْرَاهِيمَ لأوَّاهٌ حَلِيمٌ
115 Аят
Ца хилла Дела къам тилош, Цо Ша нисдинчул тIаьхьа уьш Шех ларбала дезарг царна билгалдаккхалц. Баккъалла а, Дела массо а хIума хууш верг ву. وَمَا كَانَ اللّهُ لِيُضِلَّ قَوْمًا بَعْدَ إِذْ هَدَاهُمْ حَتَّى يُبَيِّنَ لَهُم مَّا يَتَّقُونَ إِنَّ اللّهَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
116 Аят
Баккъалла а, Дела стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Шегахь долуш ву‚ дендолуьйтуш а ву И‚ долуьйтуш а ву – И воцург верас а вац шуна‚ гIоьнча а вац. إِنَّ اللّهَ لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضِ يُحْيِي وَيُمِيتُ وَمَا لَكُم مِّن دُونِ اللّهِ مِن وَلِيٍّ وَلاَ نَصِيرٍ
117 Аят
Дала тōба къобалдира пайхамаран а‚ дIакхелхинчеран а[67]‚ ансарийн а‚ халачу сохьтехь цунна[68] тIаьхьахIиттина хилла болчу‚ царах цхьана тобанан дегнаш дIатиладеллачул тIаьхьа‚ тIаккха Цо тōба къобалдира церан. Баккъалла а, И царах дог лозуш а‚ къинхетам болуш а ву. لَقَد تَّابَ اللهُ عَلَى النَّبِيِّ وَالْمُهَاجِرِينَ وَالأَنصَارِ الَّذِينَ اتَّبَعُوهُ فِي سَاعَةِ الْعُسْرَةِ مِن بَعْدِ مَا كَادَ يَزِيغُ قُلُوبُ فَرِيقٍ مِّنْهُمْ ثُمَّ تَابَ عَلَيْهِمْ إِنَّهُ بِهِمْ رَؤُوفٌ رَّحِيمٌ
118 Аят
Кхааннан а[69]Кхааннан а /тоба къобалдира Дала/‚ шаьш т1ахьатаьттина хилла болчу (пайхамаро, гечдар ца доьхуш, Делера хьукма далц), (уьш дукха пошме хилира) шайна латта гаттадаллалц‚ ша шортта хилла долу‚ шайн синош а царна гаттаделира‚ царна хиира Делах довдийла доцийла, Цунна Шена тIе а бен. ТIаккха царна тIевирзира Иза (церан тōба къобалдеш), цаьрга (нахе) тōба дайтархьама. Баккъалла а, Дела тōба къобалдийриг а‚ къинхетаме верг а ву. وَعَلَى الثَّلاَثَةِ الَّذِينَ خُلِّفُواْ حَتَّى إِذَا ضَاقَتْ عَلَيْهِمُ الأَرْضُ بِمَا رَحُبَتْ وَضَاقَتْ عَلَيْهِمْ أَنفُسُهُمْ وَظَنُّواْ أَن لاَّ مَلْجَأَ مِنَ اللّهِ إِلاَّ إِلَيْهِ ثُمَّ تَابَ عَلَيْهِمْ لِيَتُوبُواْ إِنَّ اللّهَ هُوَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ
119 Аят
ХIай ийман диллинарш! Делах кхералаш‚ бакълуьйчаьрца хилалаш. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ اتَّقُواْ اللّهَ وَكُونُواْ مَعَ الصَّادِقِينَ
120 Аят
Ца дезара Мадинатан[70] бахархошна а‚ цунна гонахьара д1асакхелхаш лелачу 1аьрбашна а Делан элчанах бухабиса а[71]‚ и (пайхамар) витина шайн синош деза а[72]. Иза ду – царах ца хьакхаялийта Делан новкъахь хьогалла а‚ хало а‚ мацалла а‚ уьш ца биссийта керстанашна кхерам тосучу меттиге‚ уьш ца кхиийта мостагIчуьнгара цхьанна а кхиаме, цуьнца шайна дика Iамал язъеш бен. Баккъалла а, Дала ца эшайо дикачеран ял. مَا كَانَ لِأَهْلِ الْمَدِينَةِ وَمَنْ حَوْلَهُم مِّنَ الأَعْرَابِ أَن يَتَخَلَّفُواْ عَن رَّسُولِ اللّهِ وَلاَ يَرْغَبُواْ بِأَنفُسِهِمْ عَن نَّفْسِهِ ذَلِكَ بِأَنَّهُمْ لاَ يُصِيبُهُمْ ظَمَأٌ وَلاَ نَصَبٌ وَلاَ مَخْمَصَةٌ فِي سَبِيلِ اللّهِ وَلاَ يَطَؤُونَ مَوْطِئًا يَغِيظُ الْكُفَّارَ وَلاَ يَنَالُونَ مِنْ عَدُوٍّ نَّيْلاً إِلاَّ كُتِبَ لَهُم بِهِ عَمَلٌ صَالِحٌ إِنَّ اللّهَ لاَ يُضِيعُ أَجْرَ الْمُحْسِنِينَ
121 Аят
Жима а‚ йокха а харж йийр ма яц цара‚ цхьа а тогIе хадор ма яц цара (некъ беш)‚ и шайна яздина долуш бен‚ Дала царна бекхам балархьама цара деш хиллачух хазачуьнца. وَلاَ يُنفِقُونَ نَفَقَةً صَغِيرَةً وَلاَ كَبِيرَةً وَلاَ يَقْطَعُونَ وَادِيًا إِلاَّ كُتِبَ لَهُمْ لِيَجْزِيَهُمُ اللّهُ أَحْسَنَ مَا كَانُواْ يَعْمَلُونَ
122 Аят
Ца хилла /оьшуш/ муъма нахана массо а /гIазотана/ гIатта. Царах хIора тайпанах цхьа тоба гIаьттича /тоьар ду/‚ /бисинчара/ динехь гIуллакхаш къастор ду‚ нахана, уьш шайна тIе бухабирзича, хьехам а бийр бу, – уьш /вочух/ ларбала /Iама/ мегара. وَمَا كَانَ الْمُؤْمِنُونَ لِيَنفِرُواْ كَآفَّةً فَلَوْلاَ نَفَرَ مِن كُلِّ فِرْقَةٍ مِّنْهُمْ طَآئِفَةٌ لِّيَتَفَقَّهُواْ فِي الدِّينِ وَلِيُنذِرُواْ قَوْمَهُمْ إِذَا رَجَعُواْ إِلَيْهِمْ لَعَلَّهُمْ يَحْذَرُونَ
123 Аят
ХIай ийман диллинарш! ТIом бе керстанех шайна гергахь болчаьрца‚ шуьгахь луьралла карайойла царна‚ шуна хаалаш‚ Дела /Шех/ кхоьруш болчаьрца вуйла. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ قَاتِلُواْ الَّذِينَ يَلُونَكُم مِّنَ الْكُفَّارِ وَلِيَجِدُواْ فِيكُمْ غِلْظَةً وَاعْلَمُواْ أَنَّ اللّهَ مَعَ الْمُتَّقِينَ
124 Аят
Царах бу сурат доьссича, олурш: "Шух мила соввоккху хIокхо ийманца?" Ийман диллинарш – уьш совбоху цо ийманца‚ уьш баккхийбоь. وَإِذَا مَا أُنزِلَتْ سُورَةٌ فَمِنْهُم مَّن يَقُولُ أَيُّكُمْ زَادَتْهُ هَذِهِ إِيمَانًا فَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُواْ فَزَادَتْهُمْ إِيمَانًا وَهُمْ يَسْتَبْشِرُونَ
125 Аят
Шайн дегнашкахь цамгар ерш – уьш совбоху боьха леларна тIе а боьха леларца‚ уьш белла шаьш керстанаш болуш[73]. وَأَمَّا الَّذِينَ فِي قُلُوبِهِم مَّرَضٌ فَزَادَتْهُمْ رِجْسًا إِلَى رِجْسِهِمْ وَمَاتُواْ وَهُمْ كَافِرُونَ
126 Аят
Царна ца го-техьа шаьш хIор шарахь цкъа я шозза питане[74] лоцуш хилар? ТIаккха а тōба ца до цара‚ ойла а ца йо цара. أَوَلاَ يَرَوْنَ أَنَّهُمْ يُفْتَنُونَ فِي كُلِّ عَامٍ مَّرَّةً أَوْ مَرَّتَيْنِ ثُمَّ لاَ يَتُوبُونَ وَلاَ هُمْ يَذَّكَّرُونَ
127 Аят
Суратах хIума доьссича, цхьаберш вовшашка хьовсу‚ цхьанна а шу гуш дуй-те бохуш‚ тIаккха дIабоьлху /и цахазархьама/. Дала церан дегнаш дIадерзийна /серлонах/, уьш ца кхеташ къам долу дела. وَإِذَا مَا أُنزِلَتْ سُورَةٌ نَّظَرَ بَعْضُهُمْ إِلَى بَعْضٍ هَلْ يَرَاكُم مِّنْ أَحَدٍ ثُمَّ انصَرَفُواْ صَرَفَ اللّهُ قُلُوبَهُم بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لاَّ يَفْقَهُون
128 Аят
Шуьга веана элча‚ шух шайх а волу‚ шуна хала хилларг шена дазлуш а волу‚ шу /иймане дар, шу дуьненахь а, эхартахь а декъалхилар/ ша ч1ог1а лууш а волу‚ муъма нахах дог лозуш а‚ къинхетаме а волу[75]. لَقَدْ جَاءكُمْ رَسُولٌ مِّنْ أَنفُسِكُمْ عَزِيزٌ عَلَيْهِ مَا عَنِتُّمْ حَرِيصٌ عَلَيْكُم بِالْمُؤْمِنِينَ رَؤُوفٌ رَّحِيمٌ
129 Аят
Уьш дIаберзахь‚ ахь āла: "Кхачо ю сан Аллах1, цхьа Дела‚ кхин дела вац И бен‚ Цунна тIетевжина со. И ву сийлахь-йоккхачу Iаршан Да". فَإِن تَوَلَّوْاْ فَقُلْ حَسْبِيَ اللّهُ لا إِلَهَ إِلاَّ هُوَ عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ وَهُوَ رَبُّ الْعَرْشِ الْعَظِيمِ
[1]ХIара сурат Бисмилла доцуш яздеш ду. Цуьнан бахьана тIаме кхойкхуш хиларна къинхетам дIабаьккхина хилар ду‚ аьлла ду. Кхечу тафсиран 1еламнахана гергахь иза хьалхадаханчу 8-чу суратан чакхе ю.
[2]Мушрикаш – Делаца накъост лоьцурш‚ дукха деланаш бу бохурш.
[3]Мушрикашка боху Дала: маьрша лела Iаьрбийн АхгIайрахь беа баттахь‚ тIаккха шуьца йолу юкъаметтиг дIайолу. Iаьрбийн АхгIайре – جزيرة ألعرب Джазират аль-1араб х1инца Саудин Араби, Йемен, Кувейт, Къат1ар, кхин кегий 1аьрбийн паччахьалкхаш шена чуйог1у Гергарчу Малхбалехь йолу ахг1айре.
[4]Беа баттахь – цхьаболчу тафсиран 1еламнахана хетарехь, уьш бу беза беттанаш (раджаб, зуль-къа1да, зуль-хьижжа, мухьаррам), шайна чохь хьалха дуьйна 1аьрбийн 1адатехь т1емаш бан ца магош хилла болу. Тоьлуш дерг хета и кхайкхам беъначул т1аьхьа бог1у биъ бутт хилар (сурат доьссина шаввал беттан юьххьехь, т1аккха уьш хуьлу: шаввал, зуль-къа1да, зуль-хьижжа, мухьаррам, царах т1аьххьара кхоъ беза бу.
[5]Доккха хьаж – Г1урбан де (10-г1а зуль-хьижжа). Оцу дийнахь кхочушдо хьаждехкаран уггар деза г1уллакхаш (Боккхачу барзана т1е т1улгаш кхиссар, г1урбадер, корта башар я ларгар, "Ифадат" т1аваф дар). Замахшарис аьлла Хьаждехкарх Доккха хьаж олу, 1умратах Жима хьаж аларх терра.
[6]1аьрбийн мушрикаш буьйлабелира пайхамарца ﷺ хилла барташ 1алаш а ца беш, тешнабехкаца бусалбанашна т1елатарш дан. Т1аккха Дала омра дира пайхамаре цаьрца бина хилла болу барташ бохабе, аьлла. Х1ижран 9-чу шарахь пайхамара хьажц1а баха новкъабехира дуккха бусалбанаш, шайн коьртехь Абу Бакар волуш. Цунна т1аьххье вахийтира 1ела. Цигахь 1елас дийшира массарна дукха хан йоццуш доьссина хилла долу х1окху суратан аяташ. Т1аккха цо кхайкхам бира нахе : 1) х1окху шарал т1аьхьа хьажц1енна (Ка1бина) гонахь г1ур вац цхьа а мушрик ; 2) Ка1бина т1аваф (даздеш гобаккхар) дийр дац верзина волуш; 3) ялсамани чу г1ур вац Далла муьт1ахь верг (бусалба) бен; 4) пайхамарна а, шайна а юккъехь хан тоьхна барташ бина хилларш – маьрша бу и хан чекхъяллалц – т1аккха Дела а, цуьнан элча а ц1ена ву мушрикех.
[7]Маршо ехар – ширчу 1аьрбийн 1адат хилла шайна юккъехь мостаг1алла долчу къомах волчо цхьаьнга маршо йоьхуш. Цо и елча , цунна кхерам ца хилла цхьаьнгара а.
[8]Муха хир бу Делан а‚ цуьнан элчанан а мушрикашца барт?
[9]Кхузахь а‚ кхечухьа а "керстаналла" бохург "христианство" бохург дац‚ Делах чIогIа цатешар бохург ду я Делан ни1матана инкарло яр ду. Керстанийн коьртехь берш байа юьхьанца, боху Дала, т1аккха мог1арера берш совца там бу.
[10]Цхьадолчу тафсирашкахь خبير хабир бохучун маь1на "зуьйш верг" аьлла дина. Т1аккха аятан дакъалган маь1на хуьлу: "Дела шу зуьйш ву аш дечуьнгахь".
[11]Т1аьххьара де – къематде. Дала массо а белларш ден а бина цара дуьненахь йина хиллачу 1амалашка хьаьжжина бекхам бан Шен хьалха д1ах1оттор болу де. Текстехь наггахь "эхар(т) де" аьлла дог1у.
[12]Хьунайн – Маккин а‚ ТIаифан юккъехь йолу атагIа. Цигахь Х1ижран 8 шарахь (Шавваль баттахь) тIом хилира бусалбаний а, мушрикуний а юккъехь. Юьхьанца бусалбанаш ийшира‚ тIаккха туьйлира. Уьш иэшаран бахьана дара шаьш дукха ду аьлла уьш курабовлар, мостаг1чун ницкъ цаларар. Толам деккъа дукхахиларца хуьлу моьттура дукхахболчу бусалбанашна. Дала хаийтира цаьрга толам луш верг Ша вуйла, ткъа бусалбанашна оьшуш дерг шайна ницкъ кхочу бахьанаш лелор а, Далла т1е таваккал дар а дуйла.
[13]Т1аьхьа Дала бахам лур бу шуна.
[14]Шайга жайна делларш – жуьгтий‚ насараш‚ церан хьукамехь берш.
[15]Жизъят – ясакх, бусулба пачхьалкхехь маьрша бехаш болчу жуьгташа а‚ насараша а‚ церан хьукамехь болчара а хIора шарахь х1ора сина т1ера дала деза гIуда. И лерина цхьана юккъера барамехь хьалдолчу сина тIера цхьаъ динар (4,8 г. деши‚ я цу механ ахча).
[16]Ахьбараш – жуьгтийн динан 1еламнах.
[17]Рух1банаш – насарийн динехь: дуьненан г1уллакхех хаьдда 1ибадат деш болу нах, монахаш.
[18]Х1ост дан – васт дилла, лалийна эчиг я кхин х1ума тоьхна дег1а т1ехь тап яр.
[19]Къинош ма де массо а беттанашкахь‚ къаьсттана безачу беттанашкахь.
[20]Важа цхьаъ Абу-Бакр вара. Пайхамар керстанаша вен хьовзийча, Абу-Бакра гIо а деш, и шиъ ведда. Савар ламанна уллохь цхьана хьехахь (нокхечохь) д1алечIкъира. Нокхе – хьех.
[21]Шен хьал долуш верг а‚ миска верг а‚ нуьцкъала верг а‚ гIийла верг а, жима верг а, воккха верг а.
[22]Мунепикъаш тIеоьхуш хилла пайхамарна шайна гIазоте ца баха пурба ло‚ бохуш‚ цхьацца бахьанаш а далош. Пайхамара луш хилла царна пурба – Дала цунна (пурба даларна) бехк боккху.
[23]Ибн-1аббаса аьлла и аят доьссина Къайсан к1ант Алжад бахьанехь. Делан элчано шега г1азоте кхайкхича, цо аьлла хилла: «Ц1ахь витахь со, зударшца питане ма лацахь со». Цуьнан маь1на хилла шен зудчуьнца ца хилча, шен дег1ана дола ца дало шега бохург.
[24]Я толам хир бара тхуна‚ я гIазот хир дара тхуна – уьш ший а дика ду тхуна.
[25]Саг1а – цо чулоцу массо а дикачу аг1ор еш йолу харжаш.
[26]Кхузахь Дала дуьйцург парз саг1а – закат – ду. И дала дезаш ду цу Дала хьахийначу борх1 тайпа нахана. Кхечанхьахь делча, кхочушхир дац. Долуш долу тайпанаш дерриге а юкъадало деза. Х1ор хьахийначу тайпанах кхаанга я сов стаге д1акхачо деза закат. Царах цхьацца тайпа дацахь, цуьнан дакъа дисинчу тайпанашка д1адерзор ду.
[27]Пекъар – 1арбашха: فقير (дукхаллин терахь – فقراء ). Пекъар ву шен к1еззиг х1ума долуш верг. Амма юкъарчу барамехь ваха цо кхачо ца йо цунна.
[28]Мисканиг – 1арбашха: مسكين (дукхаллин терахь – مساكين ). Шен долахь х1умма а доцург. Цхьа кхечу меттигехь мисканиг мелхо а пекъарал г1олениг ву, аьлла а ду.
[29]Имамо закат гулдан а, цуьнан барам х1отто а т1ебехкина нах.
[30]Цатешачарна, царна бусалба дин дезийтархьама а, и эцийтархьама а, я керла бусалба хиллачарна уьш цу тIехь чIагIбархьама лур ду закат.
[31]Лай азатваккхар – стеган долахь волу лай парг1атваккхар.1еламнехан бартхиллла х1окху заманахь леш долахь болу низам дуьненахь цхьанхьа а яц аьлла. Х1инца цхьанна а долахь вац лай. Цу тайпана дог1у закатан дакъа цхьа кхечахь дерзор ду.
[32]Декхарна к1елбиснарш – Шари1ато магийначу хьанал г1уллакхна декхар эцна, и ца такхалуш берш. Царна и декхар такха аьтто беш закат лур ду.
[33]Делан новкъахь – кхузахь: г1азотехь болчарна а, мостаг1чух махкан дозанаш лардеш болчарна а, т1аман г1ирс кечбан а ло закат (Шафи1ин мазх1аб). Абу-Хьанифата а, цхьа ехечара а "Делан новкъахь" бохучун маь1на мелхо а шуьйра лерина.Цо чулоцу массо а Дела реза веш долу, бусалбанашна пайдехь долу г1уллакхаш: маьждигаш дар, хьуьжарш яр, хи далор, некъаш тодар, больницаш яр …Цига закат дала магадо цара.
[34]Некъан накъост – цхьа кхечу меттигехь некъан к1ант аьлла а гочдина иза. Шен махках а, ох1ланах а хаьдда, вайна юккъехь 1аьш волу стаг. Цунна закатан дакъа дийр ду, цуьнан ц1ахь долчу хьоле ца хьоьжуш.
[35]Мунепикъийн дегнашкахь йолу шеко гучуйоккхуш.
[36]Царах хьакхаделира дуьненахь 1азап, шух и хьакхадала тарло, х1ай мунепакъаш.
[37]Мадъян – Шу1айб пайхамаран къам, Дала шен къинош бахьанехь х1аллакдина хилла долу.
[38]Муътафикаташ – ЛутIан къоман ярташ‚ Дала шайн лакхенаш бухатухуш йохийна хилла йолу‚ цу чохь бехаш хиллачу нехан къинош бахьанехь.
[39]Iадн – ялсаманин цIе, Эдем.
[40]Пайхамар вен‚ Дала дохийра и церан.
[41]Дала а‚ Цуьнан элчано а бохучух.
[42]ХьатIибан кIанта СаIлабата дехна хилла элчане шена Деле рицкъ ло але доIа де, аьлла, ша Далла Iибадат дукха дийр ду, аьлла. ТIаккха Дала шена и делча, рузбе вогIучух а, жамаIате вогIучух а юхаваьлла иза, сагIина хIума ца елла.
[43]Дала шайна ниIмат делча, уьш пис хилира‚ сагIа а ца доккхуш.
[44]Дала бохучух.
[45]Юьхьадуьхьал цхьаъ дийцар – кхин дар.
[46]Даггара алсам сагIа луш берш. Ибн 1аббаса дийцира: 1афван к1анта 1абд ар- Рахьмана делира пайхамаре ﷺ 40 авкъийа деши, саг1ина ло, аьлла. Ансарех цхьана мискачу стага, шен тароне хьаьжжина, цхьа сахь хурманаш елира саг1на. Т1аккха цхьаболчу мунепикъаша элира: «Валлах1и, 1абд ар-Рахьмана ма ца даьккхина и саг1а ша вийцийта а бен. Далла а, Цуьнан элчанна а оьшуш ма дацара и вукхуьнан сахь а». И элира цара, бусалбанех ца бешаш. Царна дуьхьал доссийра Дала и аят./ Тафсир ат1-Т1абарий/. 1 авкъийа = 28 грамм, 1 сахь = 2600 грамм.
[47]Шайн тароне хьаьжжина сагIа луш берш.
[48]ГIазотана ца гIовтуш бухасевцинарш.
[49]Табуке гIазоте боьлхуш. Ч1ог1а йовха хан а яра и, хала гена некъ а бара.
[50]Табукехь хиллачу г1азотера пайхамар ﷺ мунепикъаш болчу ц1а вирзича, кхечу г1азоте баха пурба доьхуш хилла уьш цуьнга.
[51]ГIазоте ца боьлхуш бухабитинарш – зударий‚ бераш‚ заьIапхой.
[52]ГIазоте ца боьлхуш болу зударий а ‚ бераш а, заьIапхой а.
[53] Д1асакхелхаш лелаш берш – гуттар цхьана меттехь ца бехаш берш, д1асалелаш берш: бедуинаш‚ кочевникаш.
[54]ГIазоте ца боьлхуш бухасовца.
[55]Миска нах‚ пайхамарна тIебаьхкина шайна гIазоте баха тIехаа говр я эмкал караяхьара, бохуш. Пайхамара ца карайо шена, аьлла, бухатоьхна болу.
[56]Боьха хIума‚ нажс.
[57]Д1акхелхинарш – Маккахь шаьш кхоччуш бусалба дин лело ца битча, Мадинате д1акхелхина хилла болу пайхамар а, цуьнан асхьабаш а ( المهاجرون ) мух1ажираш.
[58]Пайхамаран гIоьнчий‚ Мадинатан бахархой‚ шаьш шайна тIебаьхкина пайхамар а‚ цуьнан асхьабаш а дика тIелаьцна, царна гIо дина хилла болу ( ألأنصار ) ансараш.
[59]Уьш бу вон а, дика а 1амалш еш болу бусалбанаш. Хьалха пайхамарца ﷺ г1азотехь дакъалаьцна цара, ткъа х1инца, мало еш, Табуке г1азоте ца бахна. Оцунна уьш дохкобевла – Дела царна гечдан герга ву.
[60]Даггара саг1а деллачуьнгара къобалдо Дала цунна мела баларца.
[61]Ибн-1аббасана хетарехь, уьш бу Бадрехь дакъалоцуш хилла болу, х1инца г1азотах бухабисна хилла болу Ка1аб бин Малик, Марарат бин аль –Раби1, Х1илял бин Умаййа. Уьш бу Делан къинхетаме дог дохийла долуш. Церан хабар цхьа к1еззиг т1аьхьа дог1ур ду, Дала мукъалахь.
[62]Къубахь (Мадинатан уллохь йолу юрт) дуьххьара маьждиг дина хилла элчано (Делах кхераран маьждиг тIаьхьа шех олуш). Мунепикъаша цунна дуьхьал маьждиг дина бусалбанаш бекъа‚ хьалха элчанца Ухьудехь тIом бина хиллачарна (Абу-Iамир Рахьид) кечамна. مسجد ألضرار Масжид аль- зарар (зенан маьждиг) аьлла цунах. Цу чохь ламаз ма делахь, боху Дале пайхамаре.
[63]Къубахь дина маьждиг (مسجد قباء ).
[64]Мунепикъаша дина хиллачу маьждиго (Масжид аль-зарар) церан кийрахь шеко а, нипакъалла а алсамйоккхуш хилла, цундела Делан элчано ﷺ омра дина, и дохадайтира, дагадайтира, боьха х1уманаш т1екхуьссуьйтуш сийсаздаккхийтира. Мунепикъийн кийрахь оьг1азло йисира шаьш баллалц.
[65]Дуьне а доьхкина, шаьш эхарт эцарца – гIазотехь беллачарна.
[66]ХIара доьссина элчано шен девешина Абу-ТIалибана Деле гечдар дехча‚ иштта кхечу бусалбанаша а шайн гергарчу мушрикашна Деле гечдар дехча.
[67]Маккара Мединате.
[68]Пайхамарна Табуке гIазоте воьдуш т1аьхьах1иттинарш. Гена‚ хала некъ‚ йовха хан хилла иза.
[69]Уьш бу: Маликан кIант КаIаб‚ РабиIан кIант Марарат‚ Умаййатан кIант ХIилял. Уьш бахьана а доцуш Табукехь хиллачу гIазоте ца боьлхуш, цIахь бухабисина хилла. Пайхамаре ша ма-дарра дIадийцира цара шаьш бахьана доцуш бухадисина хилар. Кхечара цхьацца бехказлонаш ялийра пайхамаре. Цо цара дийцинчуьнца хьукам дира: массо а хIуманах д1ахадийра уьш‚ цхьа а бусалба стаг цаьрга вист ца хилира 40 дийнахь. ТIаккха Дала гечдира царна. И аят доьссина церан хьокъехь.
[70]СаIудехь йолу гIала‚ шен чохь пайхамар дIавоьллина волу.
[71]ГIазоте ца боьлхуш.
[72]Ца дезара царна шайн синош хьалхадаха пайхамарца гIазоте ца боьлхуш.
[73]Керста хьолехь.
[74]Церан мунепакъалла Дала аят доссорца гучуйоккхуш.
[75]И иштта хазчу сибаташца вуьйцу кхузахь Дала Мухьаммад пайхамар ﷺ.