90. Сурат АЛЬ-БАЛАД

ГIала
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 20 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
ХIан-хIа! Дуй боу Ас хIоккху гIалих (Макках). لَا أُقْسِمُ بِهَذَا الْبَلَدِ
2 Аят
Хьо /хIай Мухьаммад/ хьанал 1 ву-кх цу гIалахь! وَأَنتَ حِلٌّ بِهَذَا الْبَلَدِ
3 Аят
Дех (Адамах) дуй боу Ас‚ цо дуьнена ваьккхинчух а (цуьнан доьзалх – нахах): وَوَالِدٍ وَمَا وَلَدَ
4 Аят
Оха кхоьллина адам халонгахь 2 . لَقَدْ خَلَقْنَا الْإِنسَانَ فِي كَبَدٍ
5 Аят
Цунна 3 моьтту-те шена тIехь цхьанна а ницкъ кхочур бац? أَيَحْسَبُ أَن لَّن يَقْدِرَ عَلَيْهِ أَحَدٌ
6 Аят
Цо олу: "Ас дуккха даьхни хIаллакдина 4 ". يَقُولُ أَهْلَكْتُ مَالًا لُّبَدًا
7 Аят
Цунна моьтту-те ша цхьанна а гина вац? أَيَحْسَبُ أَن لَّمْ يَرَهُ أَحَدٌ
8 Аят
Оха цунна ши бIаьрг ца бина? أَلَمْ نَجْعَل لَّهُ عَيْنَيْنِ
9 Аят
Мотт а‚ ши балда а /ца дина/? وَلِسَانًا وَشَفَتَيْنِ
10 Аят
Оха нисвина иза /дикачунна а‚ вочунна а тIе боьдучу/ шина новкъа. وَهَدَيْنَاهُ النَّجْدَيْنِ
11 Аят
Ирхо 5 яхьа хьала ца гIирти иза. فَلَا اقْتَحَمَ الْعَقَبَةَ
12 Аят
Хьоьга стен хаийтина‚ иза хIун ирхо яхьар ду? وَمَا أَدْرَاكَ مَا الْعَقَبَةُ
13 Аят
Лай азатваккхар 6 ду. فَكُّ رَقَبَةٍ
14 Аят
Я хIума яор ду мацалла йолчу дийнахь أَوْ إِطْعَامٌ فِي يَوْمٍ ذِي مَسْغَبَةٍ
15 Аят
Шен гергара долчу боберана‚ يَتِيمًا ذَا مَقْرَبَةٍ
16 Аят
ЧIогIа къоьлла йолчу мискачунна. أَوْ مِسْكِينًا ذَا مَتْرَبَةٍ
17 Аят
ТIаккха /иза дахь/ хир ву иза ийман диллинчарах а‚ вовшашка собаре хила олуш весет диначарах а‚ вовшашка къинхетаме хила олуш, весет диначарах а. ثُمَّ كَانَ مِنَ الَّذِينَ آمَنُوا وَتَوَاصَوْا بِالصَّبْرِ وَتَوَاصَوْا بِالْمَرْحَمَةِ
18 Аят
Уьш бу аьтту агIонан (ялсаманин) дай. أُوْلَئِكَ أَصْحَابُ الْمَيْمَنَةِ
19 Аят
Тхан аятех цатешнарш – уьш бу аьрру агIонан (жоьжахатин) дай. وَالَّذِينَ كَفَرُوا بِآيَاتِنَا هُمْ أَصْحَابُ الْمَشْأَمَةِ
20 Аят
Царна хир ю /шен неIарш царна тIехь/ д1акъевлина цIе 7 . عَلَيْهِمْ نَارٌ مُّؤْصَدَةٌ
1 Хьо вехаш ву. Цхьа кхечанхьа цуьнан маь1на иштта дина: хьуна хьанал ду хIинца Маккахь тIом бина и керстанех паргIатъяккха.
2 Дуьненахь а‚ эхартахь а (къинош диначара) баланаш хьоьгуш.
3 Къурайшех цхьа нуьцкъала стаг Абуль-Ашад бин Калда‚ пайхамарца къуьйсуш хилла иза.
4 Пайхамарца къуьйсуш‚ цунна дуьхьал.
5 Iамал еш, къа ца хьегна. Дикачунна т1е г1ерташ, шен синца а, шайт1анца а къийсам ца латти цо.
6 Лай паргIатваьккхина дIахецар.
7 Шена чу х1умма а йог1ур йоцу, шаьш цкъа а чуьра арабевр боцу жоьжахатин ц1е. И дешча, х1ара до1а дар дика лерина: اللهم لا تقتلنا بغضبك، ولا تهلكنا يعذابك، ونجتا من ذلك يا رب Везан Дела, Ахь ма дайалахь тхо Хьайн оьг1азаллица, х1аллак ма делахь тхо Хьайн 1азапца, хьалхадахалахь тхо оцунах, х1ай веза Дела!