91. Сурат АШ-ШАМС

Малх
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 15 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Маьлхах дуй боу Ас‚ цуьнан лепарх а. وَالشَّمْسِ وَضُحَاهَا
2 Аят
Баттах а дуй боу Ас‚ иза цу /маьлхана/ тIаьхьахIуттуш /кхеташ, иза дIабуьзча/. وَالْقَمَرِ إِذَا تَلَاهَا
3 Аят
Дийнах а дуй боу Ас, иза цо (маьлхо) къагош. وَالنَّهَارِ إِذَا جَلَّاهَا
4 Аят
Буьйсанах а дуй боу Ас‚ цо и (малх) дIахьулбеш. وَاللَّيْلِ إِذَا يَغْشَاهَا
5 Аят
Стигалх а дуй боу Ас‚ и хIоттийнчух а (Ас Сайх). وَالسَّمَاء وَمَا بَنَاهَا
6 Аят
Лаьттах а дуй боу Ас‚ иза даржийнчух 1 а (Ас Сайх). وَالْأَرْضِ وَمَا طَحَاهَا
7 Аят
Сих а дуй боу Ас‚ иза дIанисдинчух а (Ас Сайх). وَنَفْسٍ وَمَا سَوَّاهَا
8 Аят
Цо (Дала) кхетийна и (са) къа дарах а‚ /Делах/ кхерарх а. فَأَلْهَمَهَا فُجُورَهَا وَتَقْوَاهَا
9 Аят
Декъалахили и /са дика Iамалш ярца/ ц1андинарг. قَدْ أَفْلَحَ مَن زَكَّاهَا
10 Аят
Декъазахили и /са вон Iамалш ярца/ бехдинарг. وَقَدْ خَابَ مَن دَسَّاهَا
11 Аят
Харцдира /Делан дин/ самудаша 2 шаьш тIех тиларца. كَذَّبَتْ ثَمُودُ بِطَغْوَاهَا
12 Аят
Сихвелира царах уггар декъазниг 3 /Дала яийтинчу эмкална урс хьакха/. إِذِ انبَعَثَ أَشْقَاهَا
13 Аят
Элира цаьрга Делан элчано (Салихьа): "(Шу ларлолаш зен дарх а) Делан эмкална, (новкъарло ярх а) цунна хи мала 4 ". فَقَالَ لَهُمْ رَسُولُ اللَّهِ نَاقَةَ اللَّهِ وَسُقْيَاهَا
14 Аят
Цара иза харцвира‚ цу /эмкална/ урс хьаькхира. Шаьш Кхиош-Кхобучо церан къа бахьанехь уьш хIаллакбира – /цу хIаллакбарехь/ цхьанисбира‚ فَكَذَّبُوهُ فَعَقَرُوهَا فَدَمْدَمَ عَلَيْهِمْ رَبُّهُم بِذَنبِهِمْ فَسَوَّاهَا
15 Аят
Цуьнан тIаьхьенах Иза ца кхоьру. وَلَا يَخَافُ عُقْبَاهَا
1 Латта даржийна ду бохург дуьхьал дац и горга ду бохучунна. Даржийна ду иза т1ехь нахана баха а, ялта ден а атта хилийта.
2 Самудаш – Салихь-пайхамаран нах‚ шайн къинош бахьанехь Дала хIаллакбина болу.
3 Цуьнан цIе хилла Къадар. Уьш реза болуш цо урс хьекхира Дала шаьш ехна яийтинчу эмкална.
4 Царна рагI хIоттийна хилла: цхьана дийнахь цунна хи мало дезаш‚ вукха дийнахь – кхечу эмкалашна.