92. Сурат АЛ-ЛАЙЛ

Буьйса

(Маккахь доьссина‚ дерриге а 21 аят).



Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.

1 Аят
Буьйсанах дуй боу Ас, /цо Iалам боданца/ дIахьулдеш‚ وَاللَّيْلِ إِذَا يَغْشَى
2 Аят
Дийнах а дуй боу Ас‚ иза серладаьлча, وَالنَّهَارِ إِذَا تَجَلَّى
3 Аят
Ша боьрша а, стен а адам кхоьллинчух (Делах) а дуй боу Ас 1 : وَمَا خَلَقَ الذَّكَرَ وَالْأُنثَى
4 Аят
Баккъалла а, шун къахьегар 2 тайп-тайпана ду-кх! إِنَّ سَعْيَكُمْ لَشَتَّى
5 Аят
Амма ша /шен даьхни/ д1аделларг а (харжаш еш Дала бохучу новкъахь)‚ /Делах/ кхийринарг а‚ فَأَمَّا مَن أَعْطَى وَاتَّقَى
6 Аят
Ша уггар хазаниг 3 бакъдинарг – وَصَدَّقَ بِالْحُسْنَى
7 Аят
Оха цунна атта дийр ду аттачунна (дикачу 1амална) тIе /вахар/. فَسَنُيَسِّرُهُ لِلْيُسْرَى
8 Аят
Амма ша пис хилларг‚ /дуьненан/ хьал лехнарг 4 а‚ وَأَمَّا مَن بَخِلَ وَاسْتَغْنَى
9 Аят
Ша уггар хазаниг харцдинарг – وَكَذَّبَ بِالْحُسْنَى
10 Аят
Оха цунна атта дийр ду халачунна (вочу дахарна дуьненахь а, эхартахь а) тIе (вахар). فَسَنُيَسِّرُهُ لِلْعُسْرَى
11 Аят
Цунна пайдан хир бац цуьнан бахам, иза кIелвисча /жоьжахате вохуьйтуш/. وَمَا يُغْنِي عَنْهُ مَالُهُ إِذَا تَرَدَّى
12 Аят
Баккъалла а, Тхуна тIехь бу нийса некъ /иза билгалбаккхар/. إِنَّ عَلَيْنَا لَلْهُدَى
13 Аят
Баккъалла а, Тхан ду тIаьхьарниг а‚ хьалхарниг а (эхарт а‚ дуьне а). وَإِنَّ لَنَا لَلْآخِرَةَ وَالْأُولَى
14 Аят
Ас кхерам тесна шуна алу кхуьссучу цIерца. فَأَنذَرْتُكُمْ نَارًا تَلَظَّى
15 Аят
ЧугIур вац цунна (-чу вага) уггар декъазаниг бен‚ لَا يَصْلَاهَا إِلَّا الْأَشْقَى
16 Аят
Ша /дин/ харцдина хилла волу, /цунах/ дIавирзина волу. الَّذِي كَذَّبَ وَتَوَلَّى
17 Аят
Цунах генавоккхур ву уггар /Делах/ кхоьруш верг‚ وَسَيُجَنَّبُهَا الْأَتْقَى
18 Аят
Шен бахам ша цIанвала (закатна, сагIина) д1алуш верг‚ الَّذِي يُؤْتِي مَالَهُ يَتَزَكَّى
19 Аят
Цхьаьнгара шена бекхамна дика ца лоьхуш 5 وَمَا لِأَحَدٍ عِندَهُ مِن نِّعْمَةٍ تُجْزَى
20 Аят
Уггар лакхахь волчу ша Кхиош-Кхобучун юьхь езар бен 6 . إِلَّا ابْتِغَاءَ وَجْهِ رَبِّهِ الْأَعْلَى
21 Аят
Т1аьхьа резахир ву иза /Дала ялсаманехь шена деллачу ниIматашна/. وَلَسَوْفَ يَرْضَى
1 Боьрша а, стен а, тайп-тайпана адам кхоьллинчу Шех дуй боу Дала.
2 Iамалш. Цхьаберш ялсаманина Iамалш еш‚ вуьйш – жоьжахатина.
3 Дика 1амал йиначарна Дала кечйина йолу ялсамани.
4 Сабунийс, Далла 1ибадат дарах мукъа хилларг аьлла, даьстина и дош. 1арбашха أستغنى кхачо яр, х1ума шена цаэшор бохург ду. Т1аккха аятан маь1на хуьлу:Делан новкъахь харж ца еш верг, Далла 1ибадат цадарах кхачо еш верг. Цхьа кхечанхьа, Ша шена доладан тарлур ду моьттуш верг аьлла, ду.
5 Ша нахана дика деш, цаьргара бекхамна хIума эца ца гIертарг. ХIара аят доьссина Абу-Бакран хьокъехь: керстанаша бусалба дин бахьанехь таIзар деш волу Билал, царна алссам мах белла, ийцира цо. Иштта Iазапах а, лоллах а паргIатваьккхира Абу-Бакра Билал.
6 Ша деш долу дика хIума Делан дуьхьа деш верг.