93. Сурат АД-ДУХЬА

Iуьйре
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 11 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Iуьйренах дуй боу Ас‚ وَالضُّحَى
2 Аят
Буьйсанах дуй боу Ас‚ иза бода бахьаш дIатийча: وَاللَّيْلِ إِذَا سَجَى
3 Аят
Хьо д1а ца тесна хьо Кхиош-Кхобуш волчо‚ вац Иза хьоь безам байна а[2]. مَا وَدَّعَكَ رَبُّكَ وَمَا قَلَى
4 Аят
ТIаьхьарниг (эхарт) тоьлуш ю хьуна хьалхарчул (дуьненал). وَلَلْآخِرَةُ خَيْرٌ لَّكَ مِنَ الْأُولَى
5 Аят
ТIаьхьа лур ду хьо Кхиош-Кхобуш волчо хьуна  хир ву хьо реза. وَلَسَوْفَ يُعْطِيكَ رَبُّكَ فَتَرْضَى
6 Аят
Хьо ца карийра Цунна бобер[3] ? Цо хьо тIеийцира. أَلَمْ يَجِدْكَ يَتِيمًا فَآوَى
7 Аят
Хьо карийра Цунна, (нийса дин довза) ваьлла лелаш[4]  Цо хьо нийсачу новкъа виллира. وَوَجَدَكَ ضَالًّا فَهَدَى
8 Аят
Хьо карийра Цунна къен  Цо хьо хьал долуш хилийтира[5]. وَوَجَدَكَ عَائِلًا فَأَغْنَى
9 Аят
Ахь ма белахь боберана ницкъ[6] فَأَمَّا الْيَتِيمَ فَلَا تَقْهَرْ
10 Аят
Ахь ма тохалахь /сагIа/ доьхург духа. وَأَمَّا السَّائِلَ فَلَا تَنْهَرْ
11 Аят
Ахь хьехаделахь хьайн Кхиош-Кхобучун ниIмат[7]. وَأَمَّا بِنِعْمَةِ رَبِّكَ فَحَدِّثْ
[1]Ад-духьа ألضحى Iуьйре (дийнан юьхь делкъе кхаччалц).
[2]Пайхамаре ﷺ аяташ ца дуссуш, цхьа 15 де а даьлча, керстанаша аьлла цуьнга: "ДIатесна хьан Дала хьо‚ хьоьга безам а байна Цуьнан". Царна жоп луш доссийна хIара сурат. И сурат шена дешча, пайхамара "АллахIу акбар" аьлла, дукха хазахетта. Цундела и дешначул тIаьхьа, цул тIаьха догIу дерриг сураташ дешначул тIаьхьа "АллахIу акбар" алар суннат ду. Сабунийс х1ара сурат доссоран бахьана лерина х1ара дийцар: Делан элча, дег1ехь шовкъ йоцуш, шина-кха буьйсана хьала ца г1аьттина. Абу-Лах1абан зуда Умм-Джамиль еана, олуш: «Со дог дохуш ю хьан шайт1ано хьо д1атесна хиларе! Хьуна гергадог1уш ца гина и суна шина-кхаа буса».
[3]Жима волуш да-нана а делла, байлахь висна хилла элча. Делан элчанан да 1абдуллах1 велира и ненан кийрахь волуш, нана Аминат д1акхелхира цуьнан ялх шо долуш. Т1аккха и кхебира цуьнан ден дас 1абдул-Мут1алиба ша валлалц, Мухьаммадан барх1 шо кхаьччалц. Т1аккха и т1елецира цуьнан ден вашас Абу-Т1алиба. Цо дика 1алашвора Мухьаммад и 40 шаре ваьлла пайхамар хиллачул т1аьхьа а. Абу-Т1алиба ч1ог1а г1о дора пайхамарна, цхьанна а мостаг1чуьнга цунна зен ца дойтуш, ткъа ша валлалц керстаналлехь виснехь а.
[4]Къуръанчохь ضالا Дзаллян аьлла ду. Цуьнан т1ехула маь1на Тилавеллачу хьолехь хуьлу. Амма пайхамарш нийсачу новкъах тилабаларх Дала 1алашбина бу. Т1акка Делан дешан маь1на хуьлу Делан ц1ена дин лоьхуш ваьлла лелаш бохург, Имам Джаляла иштта даьстина и аят: «Хьо карийра Цунна хьо х1инца шена т1ехь волчу Шари1атана генахь – т1аккха Цо т1енисвира хьо цунна». Ибн-1аббаса аьлла Тилавелла вара жима волуш, Маккин урамашкахула лелаш. Кхечанхьа: Тилавелира шен ден вешица Шам воьдуш новкъахь аьлла а ду. Тоьлуш дерг вай хьалха хьахийнарг ду, Далла дика хаьа.
[5]Дала боху элчане, хьо пекъар вара т1аккха, Ша хьуна йохк-эцар яран бахьанаш карадойтуш, хьал долу зуда Хадижат ялайойтуш, таро йолуш хилийтира хьо.
[6]Дала Ша пайхамарна делла ни1маташ дийцина ваьлча, кхаа х1уманца весет до цуьнга: боберашца дика хилар, мискачунна саг1а далар, Делан ни1мат хьехадар.
[7]Дийца нахе Делан къинхетамах а, Цо хьайна деллачу ни1матех а лаьцна. Делан ни1матах дийцар – Далла шукур дар ду. Аль-Алусичо боху, и аят туьдуш: хьо бобер дара, тиларчохь вара, миска вара – Дала т1еийцира хьо, Цо нийсачу новкъа ваьккхира хьо, Цо хьал долуш хилийтира хьо. Оцу кхаа хьолехь хьайна хилла Делан ни1маташ диц ма делахь: хьо а хилалахь бобераца кІеда-мерза, саг1а доьхучуьнца къинхетаме. Байлахь хилар а, мискалла а 1аьвшина ахь, х1инца нах нисбелахь нийсачу новкъа, Дала хьуо нисварх терра.