94. Сурат АШ-ШАРХЬ

(Маккахь доьссина‚ дерриге а 8 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Оха д1а ца диллира /пайхамаралла даларца/ хьан дог /,хIай Мухьаммад/? أَلَمْ نَشْرَحْ لَكَ صَدْرَكَ
2 Аят
ДIабаьккхира хьуна тIера мохь 1 وَوَضَعْنَا عَنكَ وِزْرَكَ
3 Аят
Хьан букъ ша гIелбина болу. الَّذِي أَنقَضَ ظَهْرَكَ
4 Аят
Оха даз ма дира хьо хьехавар. 2 وَرَفَعْنَا لَكَ ذِكْرَكَ
5 Аят
Баккъалла а, халонца атталла хир ма ду. فَإِنَّ مَعَ الْعُسْرِ يُسْرًا
6 Аят
Баккъалла а, халонца атталла хир ма ду. إِنَّ مَعَ الْعُسْرِ يُسْرًا
7 Аят
Хьуо паргIатваьлча /ламаз дина/, къахьега /доIанаш дарца‚ я дуьненан рицкъ лахарца/. فَإِذَا فَرَغْتَ فَانصَبْ
8 Аят
Хьо Кхиош-Кхобуш волчуьнга хьастало (Цуьнгахь долчунна тIегIерта). وَإِلَى رَبِّكَ فَارْغَبْ
1 Пайхамар хилале хьалха хилларг. Тоьлашха дерг ду Сабунийс аьлларг: кхузахь وزر мохь бохург къа дац: къинойх элчанаш Дала ларбина бу. Кхузахь Далла луург пайхамаро ша къахьегарца дина цхьацца х1уманаш ду, т1аьхьа Дала шайх бехк баьккхина долу, т1аккха гечдина долу: мунепикъийн бехказлонашца царна г1азотах бухабиса бакъо ялар, Бадран йийсарш дуьхьал мах эцна парг1атбахар, б1аьргаш боцу 1абдуллах1 т1евеъча, юьхь хабаяр… Пайхамаршкара яьллачу ледарлонех мохь аьлла, Дала уьш царна хала хуьлуш хиларна.
2 Хьан цIе йоккхуш, Сан цIарал тIаьхьа молла кхайкхарехь а‚ ламазехь а‚ салот дуьллуш а и. дI. кх.