95. Сурат АТ-ТИН

Инжир
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 8 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Инжирах а дуй боу Ас‚ зайтунах 1 а‚ وَالتِّينِ وَالزَّيْتُونِ
2 Аят
Синин 2 олучу ламанах а дуй боу Ас‚ وَطُورِ سِينِينَ
3 Аят
ХIокху тешаме йолчу гIалех а (Макках) дуй боу Ас: وَهَذَا الْبَلَدِ الْأَمِينِ
4 Аят
Оха кхоьллира адам уггар хазачу хьолехь. لَقَدْ خَلَقْنَا الْإِنسَانَ فِي أَحْسَنِ تَقْوِيمٍ
5 Аят
ТIаккха Оха дIадерзийна иза уггар бухарчу хьоле (къанлой‚ тишлой. Муъма стеган Iамал эшало, иза къона хиллачу замане хьаьжча‚ Дала цунна ял ло Шен дашца): ثُمَّ رَدَدْنَاهُ أَسْفَلَ سَافِلِينَ
6 Аят
Ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а боцурш – царна ю хедар йоцу ял. إِلَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فَلَهُمْ أَجْرٌ غَيْرُ مَمْنُونٍ
7 Аят
Стен харцдойту хьоьга /хIай керста/ цул тIаьхьа а дин? فَمَا يُكَذِّبُكَ بَعْدُ بِالدِّينِ
8 Аят
Ткъа Дела вац хьукам дечарах уггар /нийса/ хьукам деш верг 3 ? أَلَيْسَ اللَّهُ بِأَحْكَمِ الْحَاكِمِينَ
1 Инжир а‚ зайтун а – Iарбийн махкахь долу стоьмийн дитташ (смоковница‚ маслина).
2 Муса-пайхамаро Деле къамел дина болу лам - Синаъ.
3 Хьадисехь ду: Делан элчано, и дешна ваьлча, олуш хилла: " بَلى واٳِِنا على ذلك من الشاهدين Баля, ва ана Iаля заликя минаш шахIидийн" ("ХIаъ, ву. Со а цу тIехь тешалла дечарех ву-кх"). И сурат дешна ваьлча, и алар суннат ду.