96. Сурат АЛ-IАЛАКЪ

ЦIийн улх
(Маккахь доьссина‚ дерриге а 19 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Деша хьо Кхиош-Кхобучун цIарца‚ Ша /Iаламаш/ кхоьллина волчу! اقْرَأْ بِاسْمِ رَبِّكَ الَّذِي خَلَقَ
2 Аят
Цо адам кхоьллина цIийн улхах[2]. خَلَقَ الْإِنسَانَ مِنْ عَلَقٍ
3 Аят
Деша! Хьо Кхиош-Кхобург ву уггар комаьрша верг. اقْرَأْ وَرَبُّكَ الْأَكْرَمُ
4 Аят
Иза ву Ша Iамийнарг /адам/ къоламца. الَّذِي عَلَّمَ بِالْقَلَمِ
5 Аят
Цо Iамийра адамна цунна цахуург. عَلَّمَ الْإِنسَانَ مَا لَمْ يَعْلَمْ
6 Аят
ХIан-хIа! Баккъалла а, адам тIехдолу /Делан дозанех/ كَلَّا إِنَّ الْإِنسَانَ لَيَطْغَى
7 Аят
Шена ша гуш хьал долчу хьолехь[3]. أَن رَّآهُ اسْتَغْنَى
8 Аят
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучуьнга ду /массеран а/ дIадерзар. إِنَّ إِلَى رَبِّكَ الرُّجْعَى
9 Аят
Хьуна гиний /хIай Мухьаммад/ и новкъарло еш верг (Абу-ДжахIал) أَرَأَيْتَ الَّذِي يَنْهَى
10 Аят
Лена (Мухьаммад-пайхамарна), цо ламаз деш? عَبْدًا إِذَا صَلَّى
11 Аят
Гиний хьуна, и (шена новкъарло йийриг Мухьаммад-пайхамар) нийсачу новкъахь хиллехь? أَرَأَيْتَ إِن كَانَ عَلَى الْهُدَى
12 Аят
Я /Делах/ кхерарца омра деш хиллехь? أَوْ أَمَرَ بِالتَّقْوَى
13 Аят
Хьуна гиний и /ша пайхамарна новкъарло еш волу Абу-ДжахIал/‚ /Дела/ харцвеш хиллехь‚ /бакъдолчух/ дIавирзинехь? أَرَأَيْتَ إِن كَذَّبَ وَتَوَلَّى
14 Аят
Цунна ца хиъна те Далла гуш дуйла? أَلَمْ يَعْلَمْ بِأَنَّ اللَّهَ يَرَى
15 Аят
ХIан-хIа! И ца сацахь‚ Оха дIаозор ву иза кIужалца /жоьжахате/‚ كَلَّا لَئِن لَّمْ يَنتَهِ لَنَسْفَعًا بِالنَّاصِيَةِ
16 Аят
Харц йолчу‚ къинехь йолчу кIужалца! نَاصِيَةٍ كَاذِبَةٍ خَاطِئَةٍ
17 Аят
Цо /гIо лоьхуш/ кхойкхийла шен гуламе[4]. فَلْيَدْعُ نَادِيَه
18 Аят
Оха кхойкхур ду забанияташка[5]. سَنَدْعُ الزَّبَانِيَةَ
19 Аят
ХIан-хIа! Цо бохург ма де ахь /хIай Мухьаммад/‚ /Далла/ сужуд де‚ /Цунна/ герга гIо /Iамал ярца/. كَلَّا لَا تُطِعْهُ وَاسْجُدْ وَاقْتَرِبْ
[1]Къуръанах уггар хьалха доьссина сурат ду хIара. Маккин уллохь йолчу Хьираъ олучу хьех (нокхе) чохь доьссира иза. И дара Мухьаммадан 40 шо дуьзча, 1ийса дуьненчу ваьллачул т1аьхьа 610 –чу шарахь. Джабраил-малико элира цуьнга, и Хьираъ чохь волуш: "Икъраъ!" – "Деша" бохург дара иза. Мухьаммада элира: "Суна деша ца хаьа". Цо и кхузза аьллачул тIаьхьа Мухьаммадан дагчу летира Делан дешнаш. Цунна хорша еара и сихха цIа вахара. Цо элира Хадижате: "ХIуманаш хьарчае суна т1е!" Ша меттавеъча, шех хилларг Хадижате дийцича , элира: "Со кхоьру сайна цхьа бохам хиларх". Хадижата элира: "Х1ан-Х1а! Цкъа а сийсазавийр вац хьо Дала: ахь гергарлонаш хутту, бакъдерг дуьйцу, шегахь бала болчунна г1о до ахь, хьаша лору. Кхаъ бу хьуна: хьох Дала элча хуьлуьйтуш ву". Т1аккха цо иза шен шичина, Делан жайнаш дешначу стагана, аль-Варакъа бан Навфална т1е вигира. Вукхо цунах Делан элча хилар ч1аг1дира. Иштта д1адоладелира вайн элчане Къуръан доссар. И доьссира цуьнга 23 шарахь: 13 шарахь Маккахь, 10 шарахь Мадинатехь. Дала уггар хьалха доссийнарг «Деша!» бохург хиларо гойту вайна Дала боккха тидам т1ебохуьйтуш хилар 1илманна, дешарна.
[2]Ц1ийн улх – дукъаделла ц1ий.
[3]Аят доьссина Абу-ДжахIалах лаьцна‚ шен хьолах а‚ доьзалх а дозалла деш‚ дин тIе ца оьцуш, хилла иза. Абу-ДжахIалехь доьссинехь а, аятан хьукам юкъара ду, массарах а доьзна.
[4]Гулам  нийсархой‚ доттагIий.
[5]Забаният  керстанаш жоьжахате д1алохкур долу маликаш. Билгалдаккхар: элчанан луьра мостагI Абу-ДжахIал хилла цунна новкъарлонаш еш, ламаз дан ца вуьтуш. Цо аьлла хилла: "Суна Мухьаммад ламаз деш гахь, ас цуьнан лаг Іовдур ду". Цкъа иза ламаз деш суьждане вахча, Абу-ДжахIала цуьнан коьрта тIе эмкалан боьха чокош Iанаяйтина хилла. Цунна инкарло еш, доссийна и аяташ.