97. Сурат АЛЬ-КЪАДР

Нуьцкъалалла

(Маккахь доьссина‚ дерриге а 5 аят).



Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.

1 Аят
Оха доссийна иза /Къуръан Лавхь махьфуз чуьра дуьненан стигала/ "Лайлат аль-къадр 1 " олучу буса. إِنَّا أَنزَلْنَاهُ فِي لَيْلَةِ الْقَدْرِ
2 Аят
Хьоьга стен хаийтина /хIай Мухьаммад/‚ и хIун буьйса ю Лайлат аль-къадр? وَمَا أَدْرَاكَ مَا لَيْلَةُ الْقَدْرِ
3 Аят
Лайлат аль-къадр буьйса дика ю эзар баттал 2 . لَيْلَةُ الْقَدْرِ خَيْرٌ مِّنْ أَلْفِ شَهْرٍ
4 Аят
Охьадуьссу маликаш а‚ Са а (Джабраил-малик) цу чохь шаьш Кхиош-Кхобучун пурбанца массо а гIуллакх эцна. تَنَزَّلُ الْمَلَائِكَةُ وَالرُّوحُ فِيهَا بِإِذْنِ رَبِّهِم مِّن كُلِّ أَمْرٍ
5 Аят
И (буьйса) маршо (синтем) ю сатассалц 3 . سَلَامٌ هِيَ حَتَّى مَطْلَعِ الْفَجْرِ
1 Лайлат аль-къадр – ليلة القدر нуьцкъаллин буьйса. Рамазан беттан 23-гIа‚ я 25-гIа‚ я 27-гIа буьйса – лекха-воккха волчу Дала 1аламашкахь хиндерг билгалдоккху буьйса. 27-г1а буьйса ю бохург алсамо дийцина ду. Цу буса Къуръан доссийна цкъа доссорца Лавхь махьфузера дуьненан стигала, цигара Джабраил-малико к1ез-к1еззиг доссорца пайхамаре ﷺ доссийна 23 шарахь.
2 Эзар беттан буьйсанел еза ю иза Iибадат дан.
3 Аль-Джалалайн тафсирчохь деана цу буса маликаша салам ло муъма нахе сатассалц, цундела аьлла цунах «салам» аьлла.