98. Сурат АЛЬ-БАЙЙИНА

Билгала делил
(Мадинатехь доьссина‚ дерриге а 8 аят)


Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца
1 Аят
Ца хилира жайнин охIлах а‚ мушрикех а болу керстанаш д1атуьлуш /шаьш тIехь хиллачу керста динах/ шайга къеггина делил далц 1 لَمْ يَكُنِ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ وَالْمُشْرِكِينَ مُنفَكِّينَ حَتَّى تَأْتِيَهُمُ الْبَيِّنَةُ
2 Аят
Делера элча (Мухьаммад- пайхамар)‚ ша дуьйцуш /царна/ цIена долу хьарчораш 2 . رَسُولٌ مِّنَ اللَّهِ يَتْلُو صُحُفًا مُّطَهَّرَةً
3 Аят
Царна чохь мехала долу яздинарш а (аяташ, хьукамаш) долуш. فِيهَا كُتُبٌ قَيِّمَةٌ
4 Аят
Шайга жайна доссийнарш бекъа ца белира шайга къеггина долу делил 3 деъначул тIаьхьа бен‚ وَمَا تَفَرَّقَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ إِلَّا مِن بَعْدِ مَا جَاءتْهُمُ الْبَيِّنَةُ
5 Аят
Цаьрга омра-м ца динера /деккъа/ Далла Iибадат де аьлла а бен‚ шаьш Цунна дог ц1ена хуьлуш _/дечу/ 1ибадатехь, бакъ долчунна (ИбрахIиман а‚ Мухьаммадан а динна) тIе тийжаш‚ ламаз хIоттаде‚ закат ло аьлла бен. Иза ду нийса долу дин. وَمَا أُمِرُوا إِلَّا لِيَعْبُدُوا اللَّهَ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ حُنَفَاء وَيُقِيمُوا الصَّلَاةَ وَيُؤْتُوا الزَّكَاةَ وَذَلِكَ دِينُ الْقَيِّمَةِ
6 Аят
Баккъалла а, жайнин охIлах а‚ мушрикех а болу и керстанаш жоьжахатин цIергахь хир бу‚ гуттар цу чохь лаьтташ. Уьш вон халкъ ду-кх. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ وَالْمُشْرِكِينَ فِي نَارِ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا أُوْلَئِكَ هُمْ شَرُّ الْبَرِيَّةِ
7 Аят
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – уьш дика халкъ ду-кх! إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ أُوْلَئِكَ هُمْ خَيْرُ الْبَرِيَّةِ
8 Аят
Церан бекхам шаьш Кхиош-Кхобучунна гергахь Iадн цIе йолчу ялсаманин бошмаш ю-кх‚ шайна бухахула оьхуш хиш а долуш‚ цу чохь уьш гуттар лаьтташ. Дела резахили царна‚ уьш а хили Цунна реза. Иза ду ша Кхиош-Кхобучух кхоьруш хиллачунна дерг. جَزَاؤُهُمْ عِندَ رَبِّهِمْ جَنَّاتُ عَدْنٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا رَّضِيَ اللَّهُ عَنْهُمْ وَرَضُوا عَنْهُ ذَلِكَ لِمَنْ خَشِيَ رَبَّهُ
1 Мухьаммад-пайхамар ﷺ веъча, жайнин ох1лах болчу а, мушрикех болчу а цхьаболчу керстанаша, шайн динах д1а а къаьстина, ц1ена долу Ислам-дин т1елецира.
2 Хьарчораш – кхузахь: пайхамарша шайга доьссина аяташ Iалашдеш хилла цхьана хьарчина хIуманан тIе яздина; жайнаш. Вайн пайхамаре Къуръан доьссича, керстанех цхьаберш бусалба хилира. Цаьргахь доьссина и аяташ.
3 Жайнин ох1лах берш а бекъабелира тобанашка. Х1ор тобано а харцдора кхидерг я шел хьалха хилларг. Иштта хьал хилча, Делан жайна доссийначаьргахь а, муха (гома) хила деза х1окху мушрикийн хьал, шайга цхьа а жайна ца доссийначу?