99. Сурат АЛЬ-ЗАЛЗАЛА

(Маккахь я Мадинатехь /иза тоьлларг ду/ доьссина‚ дерриге а 8 аят)
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца


1 Аят
Латта ластийча, ласторца /къематдийнахь/‚ إِذَا زُلْزِلَتِ الْأَرْضُ زِلْزَالَهَا
2 Аят
Лаьтто /шена тIера/ йозаллаш (шена тIехь мел йолу хIума  адам а‚ бежана а‚ дитт а…) аракхоьссича‚ وَأَخْرَجَتِ الْأَرْضُ أَثْقَالَهَا
3 Аят
Адамо элира[1]: "Цунна хIун хилла?" وَقَالَ الْإِنسَانُ مَا لَهَا
5 Аят
Хьан Кхиош-Кхобучо шена хьехна ма-дду. بِأَنَّ رَبَّكَ أَوْحَى لَهَا
6 Аят
Оцу дийнахь нах тобанашца дIаоьхур ма бу шайн Iамалш шайга д1агайта. يَوْمَئِذٍ يَصْدُرُ النَّاسُ أَشْتَاتًا لِّيُرَوْا أَعْمَالَهُمْ
7 Аят
Мискъалан зарраттал[2] диканиг диначунна  иза гур ма ду. فَمَن يَعْمَلْ مِثْقَالَ ذَرَّةٍ خَيْرًا يَرَهُ
8 Аят
Мискъалан зарраттал вониг диначунна  иза а гур ма ду. وَمَن يَعْمَلْ مِثْقَالَ ذَرَّةٍ شَرًّا يَرَهُ
[1]Эр ду, къематде т1едог1уш. Дала яханчу заманахь дуьйцу и хиндерг и хилар Шегахь сацаделла долу дела.
[2]Мискъалан заррат – 1арбашха: مثقال ذرة Цхьа пайдабоцу жима х1ума, жимачу зингатан я жимачу буьртиган барамехь. Цхьана жимачу х1уманах олург. Цигахь Далла луург: адамо йина дика я вон 1амал, мел к1еззиг и елахь а, тидаме оьцур йолуш ю Дала къематдийнахь.