Дешхьалхе.

БисмиллахIир- рахьманир- рахьим.

Хастам бу Далла – Iаламийн Дена. Иза ву сийлахь веза верг, Иза ву массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш верг. Цуьнга ду вайн тIаьххьара дIадерзар. Цо доссийна Шен сийлахь долу Къуръан массо а Iаламашна нийса некъ а, хьехамча а хилла.

Салот-салам хуьлда вайн элчанна Мухьаммадана а, цуьнан цIийнан охIланна а, цуьнан асхьабашна а, хазчуьнца цунна тIаьхьа мел хIоьттинчунна а.

Ткъа хIара болх - сийлахь долчу Къуръанан аятийн маьIна нохчийн матта гочдар – бина деккъа Делан деза дош вайнахана довзийтар Iалашонца, цуьнан маьIнех кхета царна атта хилийтархьама.

Делан дашах кIоргга ойла яр а, цуьнца адаман Делах кхерар алсамдаьлла ша кхиош-кхобуш волу шен Дела реза а вина и дуьненахь а, эхартахь а декъала хилар – и бу тхан балхан кIорга мах, и ду тхуна доккха хазахетар.

ХIокху балха тIехь Къуръанан аятийн маьIна гочдархочо къахьегна масийтта шерашкахь.

Дукха наха гIо лацарца аьтто хуьлу хIара жайна арахеца.

Жайна х1оттийнарг дукха лууш вара х1ара яздеш а, арахеца аьтто беш а, даржош а дакъа мел лаьцначун ц1е баркалла аларца яккха, Къуръан доьшучара уьш шайн до1ина юкъалацаре дог а дохуш. Амма кехатан барамо таро ца ло и кхочушдан, делахь а, со тешна ву: веза волчу Дала Шен къинхехтамца, Шегара комаьршаллица хьахор ю церан массеран а ц1ерш, лур ю царна массарна а кхоччуш ял. Дала мукъалахь!

Амма ца хьахича ца долу: дуьххьара жайна арахеца шен харжаца аьтто бира Германехь вехаш волчу бусалба дин т1еэцначу немсочо Ахьмад Коьллера (Kﱣﱣﱣὅller) Пхьаьрчхошкара вежарий Ибиевг1ар Рукъман а, Муса а бахьанехь. Ткъа х1ара жайна юьхьанца вовшахтоьхнарг ву Ширча-Юьртара схьаваьлла волу Гиласханов 1абдулзамид.

Дела реза хуьлийла царна массарна а, Дала цара йина харжаш а, хьегна къа а Шена дуьхьа лорийла.

Нагахь санна оцу жайни чохь тхоьгара ледарлонаш яьллехь, я гIалаташ гучудалахь, оха чIогIа доьху и доьшучаьрга тхуна къинтIерадовлар а, бехк цабиллар. Ткъа веза – воккха волчу Деле доьху тхайна гечдар Цуьнан жайница тхайгара яьллачу ледарлонашна.

Уьш, тхайна ницкъ ма кхоччу, нисдан хьовсур ду тхо, Дала мукъалахь. Оха тхан балхан таллам бира, кхечу жайнашца а, Iеламнахаца а дагадевлира. Цу тIехь шена хетарг мел аьллачунна доккха баркалла ду.

Жайна оха хIоттина Сабунийн тафсиран буха тIехь, дуьстина хIижран 1410 шарахь Мадинатехь ингалс маттахь арахецначу тафсирца. Иштта пайда эцна Джалалайн а, Ибн-Касиран а, Т1абарийн а, кхечу тафсирех а, оьрсийн матта гочдинчу жайнех а (И.Крачковскийн а, Абу 1адилан а, Э. Кулиевн), кхечарах а.

Делан дош инзаре кIорга кхетам болуш ду, адамна цуьнан кхоччуш маьIна далур дац. Везчу Дала Ша ма баххара, “массо а хIордех шекъа хилча а, и шекъа кхачалур дара Делан дош кхачадалале”.

Къуръан цIенчу Iарбийн маттахь доьссина ду. Иза цхьанна матта нийсса даккхалур а дац. Делахь а, шариIато дика лерина цуьнан аятийн маьIна нахе довзийтар уьш Дала бохучух кхетийтархьама. Оцу Iалашонашна лерина ду хIара жайна а.

Х1ара жайна а, Къуръан а доьшучаьрга тхан дехар ду: тхо, мисканаш дерриге а, шайн до1ина юкъалацар. Вайн тIаьххьара доIа ду: хастам бу Далла – Iаламийн дена.

ДоьалгIачу арахецарна лерина

ДЕШХЬАЛХЕ

Бисмиллах1ир-рахьманир-рахьим.

Алхьамду лиллах1и раббил 1аламин. Вассаляту вассаламу 1аля Мухьаммадин, ва 1аля алих1и ва асхьабих1и аджма1ин.

Хьоме бусалба ваша! Хьоме бусалба йиша!

Хьан карахь ду "Сийлахь Къуръан а, цуьнан аятийн гергара маь1на а нохчийн маттахь" жайнан доьалг1а арахецнарг.

Ткъа х1ун ду Делан калам дезарал а, цунах кхетарал а, цуьнца 1амал ярал а деза?

Къуръанан дозаллах лаьцна дуккха хьадисаш деана. Царах ду:

Иштта Къуръан дезарна а, цунах дика кхетарна лерина ду х1ара жайна а.

Дешархойн лаамашна жоп а луш, оха жайна хаъал тодина, гучудаьлла кхачамбацарш а д1адаьхна. Деша атта хилийта 1арбийн текстана билгала долу доккха шрифт хаьржина. Иштта вуно доккхачу йозанца язйина нохчийн текст а. Хьалха арахецначу жайни чохь доцу цхьацца мехала х1уманаш а х1окху жайна юкъадалийна.

Сийлахь долу Къуръан массо а нахана шех кхета а, шеца 1амал ян атта хуьлуш, ша Дала доссийна жайна хиларе терра, тхо хьаьвсира и нохчийн матта доккхуш массарна а кхета атта долу дешнаш юкъадало, тар ма ло юьстахтаьттира оха шира, кхета хала долу чолхе дешнаш. Иштта нохчийн маттахь тайп-тайпана лераш хиларе терра, массарна а девзаш долчу дешнех пайда эца хьаьвсина тхо. Вуьшта аьлча: тхан 1алашо яра муьлхха а нохчо, и арара хиллехь а, ламаро хиллехь а, миччахьара и хиллехь а, Делан каламах атта кхетар. Цу т1ехь тхан кхиам хиллехь- и Делера ду, Цунна хастам беш а ду. Ткъа цигахь кхачамбацарш гучудалахь – и тхан ледарло ю, цу т1ехь тхо къера ду. Дала мукъалахь, и нисдан хьовсур ду.

Жайна х1оттинчо даггара баркалла олу шайна хетарг аларца, мехала билгалдахарш гайтарца дакъа мел лаьцначу дешархочунна. Цхьанна а дешархочун цхьа а дош тидаме ца оьцуш ца дитина.

Х1окхул т1аьхьа а тхан доккха дехар ду массо а дешархошка, къаьсттина 1еламнахе, шайна жайни чохь хааделла кхачамбацарш а, аятийн маь1на нийса даккхарехь а, жайнин чулацам тобарехь а шайна хетарг авторе д1ахаийтар телефонан кху номерца: 89285920730. Шун мехала долу билгалдахарш а, хетарш а авторо баркалла аларца т1елоцур долуш ду.

Къамел д1адерзош, вай ч1ог1а дог дохуш ду жайно вайн Делан дашах кхетар алсамдаккхаре, т1аккха вай хиларе хьакъ-бакъ бусалбанаш: вовшаший дезаш, вовшех дог лозуш, вовшийн бала кхочуш. Дог дохуш ду вай хиларе, Делан элчано ма баххара, цхьа дег1 санна: цуьнан цхьана меженна лазам хилча, массо а дег1 лозуш.

И ду вайн Деле до1а: "Везан Дела! Ахь хилийталахь тхо Хьайна дукхадезачарах, Ахь нисделахь тхо Хьо реза волчу новкъа! Везан Дела! Ахь лолахь тхуна дуьненахь а диканиг, эхартахь а диканиг!" Ᾱмийн!

Жайна х1оттийнарг, 2009-чу шеран 1-ра июнь.

Довзийтар.

БисмиллахIир-рахьманир-рахьим.

Хастам бу Далла – Iаламийн Дена. Салот-салам хуьлда Мухьаммадана а, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а, цуьнан новкъа мел хIоьттинчунна а.

"Къуръан" – Iарбийн маттахь فرءان "дешар" бохург ду.

Иза вайн лекха-воккха волчу, сийлахь-веза волчу Делан къамел ду. Цо доссийна иза Мухьаммад пайхамаре, Делера салот-салам хуьлда цунна, Джабраил маликехула, салам хуьлда цунна, 23 шарахь: 13 шарахь Маккахь, 10 шарахь – Мадинатехь. Къуръан доьссина цIенчу Iарбийн маттахь.

Къуръан декъалуш ду 114 сураташка, ткъа сураташ – аяташка. Сурат олу шен юьхь а, чакхе а йолчу Къуръанан декъах (кийсаках). Ткъа сураташ аятех лаьтташ ду. "Аят" олу ша хьалхадогIучух а, тIаьхьадогIучух а къаьстина долчу Къуръанан суратан дāкъалгах.

ХIора суратан шен цIе ю.

Дуьххьара доьссина сурат "Аль-Iалакъ" ("ЦIийн улх") ду (1-5 аяташ). Къуръанах тIаьххьара доьссинарг "Аль-Маида" ("Шун") суратан 3-чу аятан "Тахана чекхдаьккхина Ас шуна шун дин, кхочушдина шуна Сан ниIмат, реза хилла Со шуна ислам дин хиларца", боху дешнаш ду, аьлла ду, я "Аль-Бакъара" ("Етт") суратан 278 аят, я цу суратан 281 я 282 аят, аьлла ду. Уггар деха сурат "Аль-Бакъара" ("Етт") ду, 286 аятех лаьтташ долу, ткъа уггар лоцаниг – 3 аятех лаьтташ долу "Аль-Кавсара" ("Дуккха диканаш") сурат ду.

Аятийн барам хийцалуш бу Къуръанан къирааташка (дешаран кепашка) хьаьжна. Вайна юкъахь шуьйра даьржинчу Куфийн къираатехь 6236 аят ду. Кхечу къирааташкахь – 6616; 6217 аят ду.

Къуръанан аяташ цхьацца бахьанашца доьссина ду, амма церан маьIна юкъара ду, массарах а доьзна. Къуръана чохь 77934 дош ду.

Бусалба динехь сацаделлачу 1адатехь Къуръан лаьтташ ду 30 декъех – джузъех. Х1ор джузъан (1арбашха: جزء дāкъа ) д1адоладалар жайни чохь билгалдаьккхина ду 1арбийн текстехь.

Къуръано кIоргга гойту Дела цхьаъ хилар, къастадо Цуьнан сибаташ, билгалбоху Делан динан баххаш, дуьйцу хьалха бахийтинчу элчанех, бусалбанашна тIедихкинчу декхарех, дан дезачу, ца дан дезачу хIуманех.

Дала Къуръана чохь далийна дуккха хьукамаш.

Къуръан массо а заманна, массо а халкъашна шеца куьйгалла дан мегаш Делан жайна ду.

Къуръана чохь хьукамаш Дала юкъара кепара дуьйцу, ткъа уьш билгалдахар, дахарехь кхочушдар вайн элчано, Делан салам хуьлда цунна, шен хьадисашкахь къастийна.

Бусалба динехь гIарабевллачу имамаша Къуръанах а, хьадисех вовшахтоьхна фикъхI Iилма. Цуьнан буха тIехь кхоьллина шариIат. И Iилма ца Iамийча, хьукам дан а, Iамал ян ца тарло. Масала, Къуръано масийтта меттехь боху “ламаз хIоттаде”, ткъа и хIоттадаран кепаш Дала хаийтина вайн элчане, Делера салам хуьлда цунна, Къуръана чохь ца къастийна – иза фикъхI Iилмаца билгалдолу. Къуръана чохь лекха-воккха волчу Дала вайга хоуьйту зуламаш дечарна дуьненахь таIзарш дан дезаш хилар, масала, хIума лачIкъинчунна куьйгаш хедор, и. дI. кх. Царах Делан дозанаш олу. Ткъа дахарехь уьш муха кхочушдан деза билгалдоккху Къуръанах а, хьадисех а хIоттийна долчу фикъхI Iилмано – шариIато. Муьлхха а Делан доза дохорна таIзар дарехь шариIато шартIаш хIоттийна, царах цхьаъ кхочуш ца хилча а, и хьукам кхочушдан ца мега.

Делан дозанаш дохорна таIзарш дар шариIато тIедиллина бусалба пачхьалкхан бусалба хьаькамна. Наха шайгара кхочушдан ца мега уьш, хьаькамо кхочушдеш дацахь а.

Ткъа Къуръанан цхьадолчу аятийн хьукам кхечара дIадаьккхина ду. Къуръана чохь уьш яздина хиллехь а, церан хьукам лелаш дац. .

Ткъа цхьа кхин аяташ Къуръана чуьра дIадаьхна, амма церан хьукам лелаш ду. И дерриг билгалдоккху фикъхI Iилмано – шариIато.

Цундела, Къуръана чуьра аят схьаэцна, хьукам дан гIерта мегар дац, шена шариIат ца хаахь.

Ша дешначунна мела хуьлуш, массо а бусалба стаг ша Iалашдан а, сийдан а декхарийлахь верг Iарбийн маттахь Дала доссийна хилла долу Къуръан ду. Ткъа цуьнан маьIна кхечу меттанашка гочдар а, цуьнан тафсир дар и цу Къуръанах дика кхетарна лерина ду.

Иза ю вайн коьрта Iалашо а. Дала нисдойла вай Шен новкъа тIе, Цо къинхетам бойла вайх. Цуьнга ду-кх вайн тIаьххьара дIадерзар, Цуьнга ду-кх вайн дехар. Ᾱмийн!

Кхин цхьацца билгалдахарш:

Нохчийн текстехь горга къовларш ( ) юкъаялийна, дешнаш цхьа кхечу кепара достуш.

Иштта нохчийн текстехь х1окху кепара йолчу къовларшна / / юкъадалийна 1арбийн текстехь доцу, амма шен маь1ница а, тафсирашкахь а дог1уш долу дешнаш.

1арбийн текстехь билгаляккхина, сужуд дан деза аят дешча, сужуд ден меттиг.